X
Пользователь приглашает вас присоединиться к открытой игре игре с друзьями .
[{{mminutes}}:{{sseconds}}] Ожидаем начала...    
Кицнаш
(0)       Использует 1 человек

Комментарии

Ни одного комментария.
Написать тут
Описание:
Нохчийн кицнаш
Автор:
magasoft
Создан:
22 июня 2010 в 11:55 (текущая версия от 22 июня 2010 в 17:42)
Публичный:
Да
Тип словаря:
Фразы
В этом режиме перемешиваться будут не слова, а целые фразы, разделенные переносом строки.
Содержание:
1 Бии куог боллушиехьа говр а йолу гал.
2 Бух боцу шелиг хих дузур дац.
3 БIаьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул.
4 Валарах кхоьруш воцург лийр вац.
5 Вираца лаьттина эса вирах Iаьхна.
6 Воьдуш динарг хьесап дац, вогIуш динарг бен.
7 Денна ца яхьа хе чалх.
8 ДIагIоьртинчу стеран белкорта йоьйна, юхагIоьртинчу стеран маIа йойна.
9 Кепах тера йолу кибарчиг.
10 Керлачу норо нехаш цIена йоху.
11 Куьпчичо тIам шена луъучу буллу.
12 Къеначу барзо ши уьстагI баьхьна.
13 КIелахь гIура йоцуш, Iам тIехь ша бийр бац.
14 Ла ца дугIучунна дина хьехар хьакхина хьалха оьллина жовхIар ду.
15 Малх хьаьж-хьаьжначу хIу таса - хIу тес-тесначу IиндагI хIуттур ду хьуна.
16 Маха лиелачухула тай а лиела.
17 Нехин диегIах боллун пхуо хионах боллуш санна хиета.
18 Оза делахь а, жижиг тоьла.
19 Пхьеруо морзух лелабуо, куьг ца дагуон.
20 Саргах ца бина хIоз гIожух хир бац.
21 ТIам бойна леча ламанца тарлуш дац.
22 Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар.
23 Хийистехь вехачунна хин гечо девза.
24 Хьера йиллале, кIаркIар йиллина.
25 Цамгар, йогIуш, неIарх йогIу, йоьдуш, механ Iуьргах йоьду.
26 Цериг йоцуш буорз хир яц.
27 Цкъа кагъелла меже нийса ца хIоттаелла.
28 ЦIа дагахь а - цIе тоьла, кха дагахь а - малх тоьла.
29 ЦIарца бегаш ма бе, хих а ма теша.
30 ЧIеруо лоху хи чохь кIоргу меттиг.
31 Шен хеннахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь гIаьттинарг кхаа диканах кхиъна.
32 Iуьйре цIийелча - кхоллар кечъе, суьйре цIийелча - кхаллар кечде.
33 Вина мохк мазал мерза бу.
34 Дикачу пхьидо шен Iам хестабо.
35 Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна.
36 Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу.
37 ЦIийнах идда бежана берзан бага дахна.
38 ЦIийнах идда бежана неIарца дайна.
39 Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду.
40 Шен цIа - цIен цIа.
41 Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа.
42 Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.
43 Воккхачо аьлларг дайна дац.
44 Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла.
45 Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна.
46 ГIиллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.
47 Деца къамел ма де, нана юккъе лелае.
48 Дикачу гIиллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина
49 Къиг тIееъча, къиг а гIотту хьала.
50 Оьздачу стага шен цIахь а, хьошалгIахь волуш санна юу хIума.
51 Стеган мах ша хадийнарг бу.
52 Шена во диначунна дика динарг, шен мостагIчуьнан чIир эцнарг ву.
53 Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а жIаьла ду.
54 Дешар - серло, ца дешар - бода.
55 Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву.
56 Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.
57 Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду.
58 КIезахь Iеминарг, пхьарахь а ца дитина.
59 Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала.
60 Нахана юккъехь леларе терра бен хуьлуш дац хьекъал.
61 Стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.
62 Ткъа шарачохь ца хилла хьекъал цкъа а хир дац.
63 Хьекъал долуш верг мила ву? - аьлла. - Нахе хIума хоттург ву аьлла.
64 ХIума хаар - нахе ладогIар.
65 Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха хIуттуш велахь.
66 Ваша воцу йиша - IиндагI.
67 Вежарийн безам - тIулгал а чIогIа бу.
68 Дений-нанний муьтIахь боцу доьзал - гергара мостагI.
69 Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву.
70 Доьзал дика - беркат дукха.
71 Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна.
72 Марцхошца къийсина нус цIийнах яьлла.
73 Несана хьекхийна цергаш кIантана яхна.
74 Нуц валар - арахьара вон, нус ялар - чоьхьара вон.
75 Сунцхой а, ненахой а ца лоруш верг лай лерина.
76 Чохь ца хилла сий - арахь а хир дац.
77 Дикачу ненан - дика йоI хуьлу, хазачу ненан - коча йоI хуьлу.
78 Нанас йина чов лаза ца лозу.
79 Ненан оьгIазло ло санна ю: дуккха а догIа, амма сиха деша.
80 Ненан сий динарг махко а лерина.
81 ГIиллакхех бен хуур дац йоI дика муьлхарг ю.
82 Махмаран духаро хазъеш яц йоI, мел хаза заза хиларх къаьсташ бу баI.
83 Нанас хестийна йоI мехала ца яьлла.
84 Хаза йоI кхиъначу ден сий алсамдолу.
85 Хаза йоI тиша коч йоьхча а, товш хуьлу.
86 Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла.
87 Дика зуда - бахам, вон зуда - бохам.
88 Дика зуда ирс ду, вон зуда дов ду.
89 Дикачу зудчун майра тIехь беркъа хир вац.
90 Зуда елхочо - бераш делхадо.
91 Зудчо боьллинчу сардамо - йицйо тоьпан чов.
92 КIантана зуда ялийна - ненан кIудална тIе кIудал кхетта.
93 Тхов тIера чувоьжнарг - лазавой вуьсу, зудчун даг тIера воьжнарг - тIепаза вов.
94 Вуьзначу мутаIеламах дала ларвойла.
95 Гуттар ца лаьтта моллина мовлад.
96 Массо а стагана там бина дела а вер вац.
97 Меца волчу моллина бисмилла ца хеза.
98 Моллас сагIа даьккхича, шайтIано зурма лекхна.
99 Моллас, ша лелош дерг ма леладе, леладе бохург леладе аьлла.
100 Мурдана шайх веза, шайхана - шура еза.
101 Саьрамсекхан кIолла, хьаьжцIа баьхьча а, ца яйна.
102 Хила яздинчунна моллин дан хIума дац.
103 Цхьа а стаг вац зингатан бIаьргаш, лаьхьан когаш, моллин сагIа гина.
104 Чоме хьовсий вай аьлла гай даьттIачу моллас.
105 Шена хIума елча, жен-жIаьла а кешнашка дIадолла магийна моллас.
106 Шена хIума елча, моллас жIаьлина а даьккхина жайна.
107 Шина сагIийна тIаьхьаваьлла молла цхьа а доцуш висна.
108 Аьтто боцчохь юхавалар - стешхалла яц.
109 Аьхка лаьхьа гинарг - Iай карсах кхийрина.
110 БIаьрг стешха - куьг майра.
111 Вуьзначул тIаьхьа Iийнарг стешха лерина.
112 ГIаз тIаьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна.
113 Котам а хилла вехачул, нIаьна а хилла, велча тоьла.
114 Кхеравелча хиндерг, кхера ца велча а хир ду.
115 Ла мел дийгIи, татанаш сов хеза.
116 Ойла а ца еш, дош ма ала, аьллачул тIаьхьа, хьайн дашна тIера а ма вала.
117 Стаг тоьлла ву алий, хьайн бакъо ма йита.
118 Стешхачу жIаьло тIехьашха катуху.
119 Чохь майралла - арахь стешхалла.
120 Ша буьйш, дехко а юхку цергаш.
121 Шен кетIахь нIаьна а хуьлу майра.
122 Бедда боьдучу сена а аьлла.
123 БIаьргаш боцчунна нехан бIаьргара кIай гина.
124 Дика вахар - нах дика бовзар.
125 Дика нIаьна - ялкхан тIехь кхойкху, вон нIаьна - миччахьа а кхойкху.
126 Дикачу лулахочул дика хIума а дац, вочул вон хIума а дац.
127 Дикачу лулахочуьнан астагI йоI маре яхна.
128 ДоттагIалла хадо лиъча, нуьйран хIоа бехна.
129 Къунна ша санна волу къу вевза.
130 Къуьно бен хестор вац къу-стаг.
131 СовгIатана беллачу динна бага ма хьежа.
132 Уггар хазчу стагана а цуьнан ворта еха яра аьлла.
133 Хьайга далург нахе де ма ала.
134 Дов даьлча, дов ца деш верг стаг а вац, цул тIаьхьа ца товш верг а стаг вац.
135 Дов - шар-худар дац.
136 Зулам лоьхург вонах ца ваьлла.
137 ТIамо стаг вина вац, тIамо саг вийна.
138 Доггах билхинчу бIаьргех цIий даьлла.
139 Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна.
140 Яхь йолчу дагахь - хьагI хир яц.
141 Бацалла лаьллина вир баьIашка дахна.
142 Хьо Iовдал вуйла хаийтина-кх ахь, - аьяла цхьаьнге. - Аса-м ца хаийтира, царна шайна хиир-кх, - жоп делла вукхо.
143 Iовдалниг хье мел вин а Iовдалволу.
144 Ваша ваша вац и хьан доттагIа вацахь.
145 Генара доттагIа - йоьгIна гIала.
146 Генара хиларх, тешаме доттагI, бIов санна чIогIа ву.
147 Дикачу доттагIчуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац.
148 Дикачу кIантана доттагIий ца эшна.
149 ДоттагIа коьрте хьожу, мостагI когашка хьожу.
150 ДоттагIа шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу.
151 ДоттагIчун хьагI хала ю, мостагIчун ямартлонал.
152 Сакхт доцуш доттагI лаца хьо гIертахь, и воцуш вуьсур ву хьо.
153 Эзир доттагIа верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла.
154 Беже ма тIаьхьа воьду хьо аьлча, дIа тIаьхьа водахь а, цIа хьалхе вогIур ву ша аьлла.
155 ЖIаьло Iаьн тIехь чIагIо йо бах, бIаьсте ма-еллинехь шена бун йийр ю ша олий, ткъа бIаьста, юха а Iа тIекхаччалц ворданна кIел дуьжий Iуьллу.
156 Малонах мазал ца хилла.
157 Халонах кхийринарг, диканах кхетта вац.
158 ХIуманна мало ечо юьхь а паргIат юьлу.
159 Багахь дина хIоаш кхерзина дац.
160 Боца муш а тоьлу десачу къамелал.
161 Дукха лер - дети делахь а, ца лер - деши ду.
162 Дукха лер - хьекъал ца тоар ду.
163 Дог Iахар долчуо тIуо багахь боккху.
164 Ира мотт - совгIат, беха мотт - таIзар.
165 КIезиг дечо дукха дуьйцу.
166 Малар а доьттина дийриг - эрна къамел ду, меллачул тIаьхьа дийриг - дехна къамел ду.
167 Хабарал худар тоьла.
168 Хабар дукха дийцинчо болх кIезиг бина.
169 Хьайга догIург аьлла Iийча, нахана цкъа а кIордор вац хьо.
170 Церг - деши ду, мотт - бала бу.
171 Яьсса хIума чIогIа ека.
172 Виро "вир" аьлча, вир аьхка дахана.
173 Къахеташ ца лург дозаллина ло.
174 Ма гIерта бердан йисте, ва вир! Сан коча йогIур ю хьо, - аьлла старо.
175 Нехан юьртана наьIалт бохург - шен юьртах ваьлларг ву.
176 Сихалла - сонталла, собар - кхетам.
177 Сонтачу стага шен хьал хилча, - ши сте ялайо, хьекъал долчо - цIа лакхадоккху.
178 Сонтачу стеган хьекъал вист ца хилар ду.
179 ТIех аркъал ситтинарг букъ бойна висна.
180 Барт болу ши стаг барт боцучу юьртал а тоьла.
181 Барт болчохь - беркат, барт боцчохь - зулам.
182 Барт болчу цицигаша барт боцу берзалой эшийна.
183 Барт боцучу доьзалехь беркат хир дац.
184 Барт ийгIина доьзал - ка йоцу тIом.
185 Вуочу хIусамнанас, шина бIаьргана юккъе шад а бой, тIеоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху.
186 Къени вахна - къа дисна, хьаша вахна - иэхь дисна.
187 Ма хатта мила ву, вуза а вай, дIавижаве.
188 Оьзда воцу стаг хьошалгIа веъча, - дика кхаба, оьздачунна - ерг елча а, кхачам хир бу.
189 Сакъерделча, - хьаша паргIатволу, сагатделча, - хьаша сихло.
190 Хан яьлча вогIу хьаша - ахь лорург ву, шен хеннахь вогIург хьо лорург ву.
191 Хьаша веъча, дIа-схьа ма хьежа, шуьча хьажа.
192 Хьаша веъча хIусамден пхьор тоделла.
193 Хьаша ца везачу хIусамненан бераш доьлхуш хуьлу.
194 Хьаша ца везарг далла а ца веза.
195 Хьаша ца везнарг нахана а ца везна.
196 Хьаша ца вогIу цIа кошах тера ду.
197 Хьаша ца вогIучу цIа чу беркат ца догIу.
198 Хьаша ца леринарг хьошалгIахь а ца лерина.
199 Хьешана дуьхьал нуй хьекхар - хьаша ца эшаран билгало ю.
200 Хьешана шега дIакховдийна меттиг ларъян хаа деза.
201 Хьеший оьхучу новкъахь буц ер яц.
202 Хьо меца Iай а, хьаша вузаве.
203 Аьхка мало - Iай хало.
204 Аьхкенан дийно Iаьнан бутт кхобу.
205 Болх бар цхьа къинхьегам, цабар - ши къинхьегам.
206 Дехарал - беже хIоттар сийлахь ду.
207 ДIадийнарг - тIедалаза дуьсур дан.
208 Ирхе ца яьккхича, пурхе ца кхаьчча.
209 Къа ца хьегча, хи чуьра чIара а ца баьккхина.
210 КIайчу куьгишна наха къахьегнарг диеза.
211 Массо а хIуманал мерзаниг - хьанал къинхьегам.
212 Нехан хIумане са ма тийса, хьайн куьйгашка къахьегийта.
213 Охуш эллериг - оруш карайна.
214 Стеран маIа тIехь Iийначу мозано баьхна: гота аьхна богIу ша.
215 Хала дара алий, хIуманна бIо а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита.
216 Хьалххе гIаьттинчу Iуьнан жий шала бехкина.
217 Iиллинчу тIулга кIел хи ца кхаьчна.
218 Ахчано стигала боьду некъ лехна.
219 Ахчано Iай Башлам тIехь паста караяйтина.
220 Безам буьйцу - безам болчо, бахам буьйцу - са къен долчо.
221 Безамо Iехийнарг - дог-кIеда хуьлу, бахамо Iехийнарг - дог-Iаьржа хуьлу.
222 Дукха дерстина вир бердах дахана.
223 Карахь долчун хама барца кхуьу даьхни.
224 Къаьркъано вахийнарг - вастало, хьоло вахийнарг - ца вастало.
225 ТIех юьзна вир хьерайолу, говр - хьокханна тIейоьду, стаг - эккха.
226 Дин хецна битинарг - лома кхаьчна, лаьллина ваханарг - Iинчу кхаьчна.
227 Кхихкича, тIех ей а богIу.
228 Сатоьхначу салтичух эпсар хилла.
229 Сихалла а йохкий, собар эца.
230 Сихалла - сонтала, собар - кхетам
231 Сихалло - са даьккхина, собаро - лам баьккхина.
232 Собар - толаман меттимотт.
233 Стеган дикалла собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна.
234 Аьшпийн кIуьрехь бIаьргаш ца Iийжабо.
235 ВорхI шо даьлча а карабо аьшпаш шен баьрчехь.
236 Нахана хьекхийна цергаш шех яхна.
237 Нехан куй айхьа баьккхичи, хьайн куй чета болла.
238 Тахана харц дерг ахьа дийцахь, кхана хьох тешар бац.
239 Тешнабехк бинчух боьду.
240 Хьарам диъначуо къаьхьа Iеттина.
241 Цамоьттург хуьлу моттаргIанаш лелош волчунна.
242 Аьлча дохковер волу дош, ма ала.
243 Вон дош къорачунна а хеза.
244 ВорхI воI волчу ден пхьоьханахь дош лела.
245 Даггара аьлла дош дагах летта.
246 Дика дош сагIа лерина, вон дош къа лерина.
247 Къонаха ваханчара дош дахьа, къиг яханчара эхь дахьа.
248 Мел бехачу новкъа а, цкъа тоьхча, тоьа дикачу динна шед, мел йоккхачу майданахь а, цкъа аьлча, тоьа хьекъале дош.
249 Стеган дагара матто схьадуьйцу.
250 Тоьпо цхьаь бен ца вийна, матто эзар вийна.
251 "Хаац" - цхьа дош, "гира", "дайра" - эзар дош.
252 Хазчу дашо лам башийна.
253 Хазчу дашо лам дашо бина.
254 Хазчу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина.
255 Хьан дош - дош дацахь, дуй - дуй бац.
256 Хьалха хьажий бен ког а ма баккха, тIехьа хьажий бен дош а ма ала.
257 ХIор дешан а шен меттиг ю.
258 Шен метта ца аьлла дош хезна дац.
259 Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели - хьо цуьнан лай ву.
260 Бен сту белча, батта пах ца белла.
261 Дукха дезаро кIезиг дезийтина.
262 Латта кхача а дина, баларна кхийрина нIаьна.
263 Хи дехахь - меца вац, ца дехахь - марха ду аьлла сутарчу хIусамнанас.
264 Хиларо велийнарг - дацаро велхийна.
265 Шина сагIе хьаьдда молла цхьа а доцуш висна.
266 Дагна там тIех безнарг стогаллах воьхна.
267 Къелле ма хьажа, стеган стогалле хьажа.
268 Малар мала ахча лоьхучул - ца мала стогалла лаха.
269 Букурвоьлла стаг кашуо нисвиер.
270 Вохвелча, воьлучо, шелвелча,-садуу.
271 Да левинчо - нана а юхку.
272 Дог-Iаьржа стаг хуьлу питане, ца кхеташ верг - эладитане.
273 Къаьркъане марзвелларг баханах воьхна.
274 Лаьхьанна ца хаьа шен дIаьвшо хIун до, зударшна - шайн маттодийриг хаьа.
275 Нехан воне ца хьийзинарг, шен вонехь ша висна.
276 Ца лозу корта ма бехка.
277 Алаша хастае, дина хаа.
278 Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна.
279 Дика дин а боьду цкъа гор.
280 Дика дин - боьршачу стеган тIам.
281 Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед.
282 Дин некъаца бевза, кIант аренца вевза.
283 Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина.
284 Буьйса бодане мел хили, седарчий сирла хуьлу.
285 БIаьстенан мохо кIурз бахьа, гуьйренан мохо кIир бахьа.
286 Гурахь цхьана Iайг догIанах варда хатт хуьлу, аьхка варда догIанах Iайг хатт хуьлу.
287 Даима эхарх, хи кхачалур дац.
288 Коьртера дуьйна хьаьа хи.
289 Литтана тIе маккхал хиъча, гуьйре йоларан билгало ю.
290 Ло доцуш Iа а хир дац, йовхо йоцуш аьхке а хир яц.
291 Хи гуттара цхьана хорша ца лела.

Связаться
Выделить
Выделите фрагменты страницы, относящиеся к вашему сообщению
Скрыть сведения
Скрыть всю личную информацию
Отмена