| Турпала кӀант |
| 1 | Бер а доцуш зудий, майрий хилла боху Ӏаш. Церан беран мета еана, эцна кхела бекъа хилла боху, зуд хилла боху. Зуьдо кӀезий деш цахилла боху, кхело бекъа еш цахилла боху, зудчо Бер деш цахилла боху. Ишттачу гӀайгӀанца къанлуш Ӏачу зудчунна гӀан дайна боху буьйсанна охьайижча. Боккхачу новкъа а яьлла хьо хьалайоьдуш цхьана беша Ӏаж карор бу хьуна, и Ӏаж схьа а эцна, схьа а беъна, цуьнах ахьа хьайни, оцу кхеланий. |
| 2 | Оцу зуьданий бекъа а бекъна, нийсса кхо ах а йина, ахьа и Ӏаж баабахь, ахь турпал кӀант вийра ву, кхело турпал бекъа йийра ю, зуьдо турпал кӀеза а дийра ду аьлла гӀан дайкха шена аьлла шен цӀийнадега дийцина цу зудчо. Дала диканна туьдийла хьан гӀан – аьлла цӀийнадас, хьайга аьллачу новкъа дӀагӀолахь, Дала мукъалахь и Ӏаж каро а мега хьуна. ТӀаккха и зуда цу новкъа яха а яхна и Ӏаж а бахьаш схьеъна боху. |
| 3 | Хаза ламаз дина и ламаз карахь а долуш, Ӏаж кхо дакъа а дина бекъна боху. ТӀаккха дукха хан ялале цо турпал кӀант вина, кхело турпал бекъа йина, зуьдо турпал кӀеза а дина боху. Иштта уьш Ӏаш, кӀентан ворхӀ шо кхаьчна. КӀант хьужаре деша дӀавелла. Цхьана дийнахь оцу зудчунна бекъа езаелла, цуьнан дог-пахе безам бахна боху. – Стаг, со оцу бекъин дог-паха дезаделла ю, и ца диъча мегар йолуш яц, и бекъа ен еза ахь – аьлла боху. |
| 4 | – Делахь, зуда, оцу кхаанна са цхьана кхоьллина ду, оцу цхьана Ӏожах кхоьллина а ду, бекъа йича цу вайн кантах хӀун хир ду техьа – аьлла цӀийнадас. – ХӀинца и кӀант лахь а, цу бекъин дог-паха цадиъча мегар йолуш яц-кха со – аьлла зудчо. Хьуьжаре ваханчохь кӀант сацаве аьлла моллица барт а бина, бекъа йен сацам бина кхара. Ӏуьйранна кӀант хьужаре дӀаваха араваьлча бекъа терсина кӀанте олуш: – Хьо цӀахь воцуш селхана со йен къамел дина хьуна цара, хьо хьуьжаре дӀаваххалц Ӏаш бу хьуна уьш. |
| 5 | Со божличуьра арайоккхуш цкъа терсар ю хьуна, охьатухуш шозлагӀа терсар ю хьуна, логах урс хьокхуш кхозлагӀа терсар ю хьуна, хьо Суна тӀе цакхиахь, со йиначу кхочур ву хьо. Делкъана бераш арадовлуш, кӀант ара ца валийтина боху кӀант. – Аравалийтахьа со, са а ма ду арахь гӀулкх – аьлла кӀанта. – Волуьйтур вац, валийта йиш яц – аьлла моллас. Бекъа терсина боху. Аравалийта ша элира боху кӀанта. Цавалийтира боху моллано. |
| 6 | ШоллагӀа а терсина боху бекъа. КӀант юха а ара ца валийтина моллано. КхозлагӀа бекъа терсина боху. – Хьоьх долу эхь-бехк Дала лоьрийла – аьлла – хӀара тӀара хьан бетах цатоьхча ца волу – аьлла, ласттийна тара тоьхна мола тӀекӀел а ваьккхина хьаьдда вахна цӀакхаьчна кӀант. ЦӀахь, говра дӀайихкина охьатоьхна, бисмилла-оллохӀуакбар доьшуш Ӏаш кӀентан да хилла. Ша тӀекхоччушехь тӀара тоьхна шен да кхоьссина дӀа а вахиӀтина кӀанта аьлла: – Хьуний, молланий ца тоьхча цавели-кха ша хӀара тӀара. |
| 7 | Бекъа хьалагӀеттина, хьо тӀе цакхаьчнехь юьш яра-кха ша кхара аьлла. ШоллагӀчу дийнахь шен хьуьжаре дӀавахна кӀант. Зудчо ойла йина, хӀара кӀант дӀовш тесна валийта веза ша, цу бекъин дог-пах цайиъча мегар йолуш яц ша аьлла. Зудчо дӀавш тесна чӀепалгаш дина кӀант цавале. КӀезанний, бекъанний хиъна иза, цара кӀанте дӀадийцина, тӀаккха аьлла: – Хьайна хьалха йиллина хӀума ма яалахь, ма дукха йиъна алий, хьайца чудеъначу цицигана дӀа а тассий аравалалахь. |
| 8 | КӀант цӀавогӀуш зуда дуьхьал а яьлла аьлла: – Нана яла хьан, хьо сайн цхьаъ бен воцу дела хьуна довха чӀепалгаш а дина Ӏаш ю-кха со. – Дика ду, мама, хӀинцца куьйгаш а дилина схьавогӀу со. Нана араяьлчи, шен юург цицкана дӀа тесна кӀанта, цициг оцу сохьта делла. Йисинарг къайла яьккхина. Зудчо ойла йина кхуьнах а цавели-кх хӀара, ас дера деза кхунна сийна цӀе лета догур долу коч-хеча эца аьлла. Ткъу бекъо юха а дӀадийцина иза кӀанте, шена тӀе цавогӀуш чу а ма гӀолахь аьлла, чу вахча коч-хечий тӀе а ма духалахь, хи тӀе а вахна, лийча а лийчина духур ду алий и шиъ хичу а тасий дӀададахийта, тӀаккха кхечу туькнара ишттанаш эций уьш тӀк а духий схьавола, аьлла хьехна бекъо. |
| 9 | КӀант цӀавеъча нана дуьхьала яьлла: – Ас хьуна коч-хечий эцна, тӀедухал хьайгахьа муха хета хьажа – аьлла. Бекъо ма-аллара хи тӀе вахна кӀант, коч-хечий хичу кхоьссина, уьш сийна цӀе летта дага а догуш хино дӀадаьхьна. ТӀаккха туькана а вахна, вукхарех терра кхин коч-хечий а эцна уьш тӀе а дуьйхина цӀа вахна. – Ваннах, хӀара вала а вела, сунна дог-паха гура дац, стаг, хӀинца кхин къамел цадойтуш, моллега кӀант саца а вайтина и бекъа кхана ен еза вай – аьлла зудчо шеен майрачуьнга. |
| 10 | Бекъо дӀааьлла кӀанте: – ХӀинца юха а со ен барт бина Ӏаш бу хьуна уьш, хьо хьуьжарехь саца вайтина моллега. – Цу хьуьжаре а гӀура вац кхин со – аьлла кӀанта – адам схьагулдан деза. Нах схьа гулбина, пхьоьгӀанехь аьлла цо: – Бер доцуш Ӏийна да-нана дара сан, Бера меттана хӀара зуд, хӀара кхела а яра кхеран лелош, иштта гӀан а гина, цу гӀенаца дас гӀо аьлла яхна Ӏаж а биъна, цу бахьанца дуьненачу даьлла а дара шаьш кхо са – кӀеза дийча ша лийра волуш, бекъа йийча а ша лийра волуш, со вийча уьш лийра долуш. |
| … |
Комментарии