[{{mminutes}}:{{sseconds}}] X
Пользователь приглашает вас присоединиться к открытой игре игре с друзьями .
Обычный чеченский
(1)       Используют 8 человек

Комментарии

HelixOfTheEnd 10 августа 2024
I заменены на 1
Ярий 8 августа 2024
На чеченской раскладке Ӏ (заглавная) и ӏ (строчная) — совсем не латинские. Это специальная палочка, была создана когда языки Северного Кавказа переводили на кириллицу. Когда нет возможности использовать эту палочку, чеченцы пишут "1" обычно. Так что лучше заменить латинскую букву или на палочку, или на "1". Последний вариант позволит не переключать раскладки.
HelixOfTheEnd 8 августа 2024
vnest писал(а):
Или в стандартной чеченской раскладке и есть латинская I?

Раскладки под чеченский я вообще не нашла (а если делать свою, то там не сильно важно какая будет буква I).
В базе текстов, которую я нашла, все I были английскими, поэтому я ничего не меняла.
vnest 8 августа 2024
А, не смог бы на белорусском, здесь же есть И тоже. Ну и фіг с нiм.
vnest 8 августа 2024
Как-то это неправильно, если алфавит для языка кириллический, и существует кириллическая І, вкрячивать латинскую.
Мог бы понабирать на белорусской раскладке, а так ерунда получается.

Или в стандартной чеченской раскладке и есть латинская I?
HelixOfTheEnd 8 августа 2024
Для справки:
I в этом словаре - английская.
Набор с переклюением между раскладками может быть не очень удобен, но словарь можно набрать на стандартных раскладках.
Написать тут
Описание:
Тексты на чеченском
Автор:
sashavirtual
Создан:
6 августа 2024 в 22:34 (текущая версия от 9 августа 2024 в 22:49)
Публичный:
Да
Тип словаря:
Тексты
Цельные тексты, разделяемые пустой строкой (единственный текст на словарь также допускается).
Информация:
(собирала HelixOfTheEnd)
Содержание:
1 Хьалхара дакъа. Дагийна латта. 1 корта. Владикавказехь (Дешхьалхенан метта). Кавказехь вайн урхалла данне а цхьаьна даг1ацара меттигерчу хьашташций, йукъаметтигашций... Н. А. Добролюбов. Тахана 1уьйранна дуьйна къаьсттина синтем байна хьийзара инарла-лейтенант Лорис-Меликов.
2 Хаза 1аьржа мекхаш долу цуьнан болатан басахь йуьхь хаддаза кхоьлина йара. Йуха, ц1еххьана ойланех самаваьлча санна, ц1енкъа баржийначу г1ажарийн к1едачу куза т1ехула, тата доцуш, цхьана эшшара г1улчаш йохуш, чухула д1асаволалора.
3 Х1окху «кавказски г1уллакхан» ойла алсам мел йо, коьртехь цхьа чолхе уьйриг х1уттура цуьнан. Дукхахчийн хабаре ладоьг1ча, кхузара т1ом чекхбаьлла, сагатдан а, ойла йан а бахьанаш дац олий, хетало. Амма кхузара хьал данне а тера дац генарчу Петербургера схьахьоьжучарна гуш долчух.
4 Царна-м кхузахь машар а, тийналла а хила лаьара, амма иза а, важа а хила аьттехьа а дац. Кхузара хьал шен б1аьргашна гуш волчу Лорис-Меликовна дика ма хаьа и дерриг а. Оцу нехан аьртачу хьекъало, б1аьрзалло, мехкан йистошка уьш биэндоцуш хьийсаро т1етт1а карзахвохура инарла.
5 Схьахетарехь, г1орасиз висинчу ша-шена барт беттара цо. Х1ара т1ег1ерта буьрса кхерам, иза сацо боцу ницкъ. Цуьнан кхерар бух боцуш ма дац. Кхузахь ц1еххьана х1оьттинчу тийналлех вогу иза... Шо а ца кхаьчна иза Теркан областан коьрте х1оттийчхьана.
6 Х1ара Нохчийчоь къарйина сацийначул т1аьхьа д1адаьллачу деа шарахь х1ара кхозлаг1а хьаькам ву областан. Х1ун дина цул хьалха кхузахь хиллачара? Х1умма а Йа ницкъ а бацара х1умма а дан Х1инца йерриг дегайовхо цунна, Лорис-Меликовна, т1ейиллина
7 Цуьнан хьекъалх, зиэделлачух тешна, ваийтина иза государа кхуза. Нохчийчохь машар, низам х1отто. Шо кхочуш доллу цо оцу г1уллакх т1ехь корта охку, амма новкъадаьлла х1умма а дац. Цул хьалха хиллачу графан Евдокимовн а, эла Святополк-Мирскийн а санна, динарг х1умма а доцуш, кхузара д1аваха дезахь?
8 ... Цхьанаэшшара г1улчаш йохуш, кабинет чухула волавелла лела Михаил Тариэлович. Барх1 г1улч д1ай, йухий. Букъа т1ехьа диллинчу шина куьйго ч1ог1а п1елгаш 1уьйду вовшийн. Амма оцу к1едачу озаца х1окхунна хезара цуьнан императоран сийлаллин болатан амал.
9 Кхин ц1е йац Нохчийчоьнан. Цигарчу къомо кхечарел йеха а, буьрса а дуьхьало йина вайна. Кхин а йеххачу хенахь вайн догъэт1о ницкъ а ларбелла цунна. Цундела кхин тактика а, стратеги а хаьржира вай. Х1инцалерчу хьелашкахь уьш битахь, кестта боьрзур бац вайн 1едална к1ел.
10 Ваьш 1ехаделла хиларна къера хила лаац вайна х1инца а. Х1етахь дуьйна шозза г1евттина нохчий. Амма ломахь хилла т1аьххьара г1аттам аренга ца болуш бисира, Теркан областехь лаьтташ шовзткъе йалх батальон г1ашлой, кхоъ Донан, цхьаъ драгунийн полкаш хиларна.
11 Биллина д1а Нохчийчоьнера кхерам латтарна, цигарчу эскарех кхоалг1а дакъа а д1адаккха ца даьхьа вай. Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий иэшна а ца сецна г1уллакх. Шайгахь герз а, стратегина аьтто болу мохк а ларбелла нохчий керлачу г1аттамна аьтто болу сахьт т1екхачаре ладоьг1уш 1а.
12 Йуха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тариэлович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар т1едуьллу хьуна. Хьан хьекъалх, доьналлех дозуш хир ду Кавказехь синтеман г1уллакх. Х1инца цкъа малхбузен пачхьалкхашца машар бу вайн.
13 Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн т1ом болалахь, Нохчийчуьра т1еман ах ницкъ д1абига дезар ду, т1аккха нохчий г1овттург хиларан шеко йац. Дукха хан йу оцу сохьте цара ладоьг1у. Цундела, Михаил Тариэлович, йоццачу хенахь цигахь низам х1оттор доьху хьоьга.
14 Цигахь вай дан дезачу г1уллакхийн хьокъехь инструкцеш лур йу хьоьга Александр Петровича. Дукха хан йоццуш цуьнан воккхалло ч1аг1йина уьш. Хьо областе д1акхаьчча, инструкцеш дагахь 1амайе, амма цигарчу хьелашка хьаьжжина хийцамаш бан бакъо а ло хьуна.
15 Дала аьтто болда хьан! Кхузахь ницкъ а, х1илла а оьшу Шед а, пряник а» Х1аъа, паччахьан правительство толамхо хилла д1а ца х1оттайелла Нохчийчохь Иза массарначул а т1ехдика хаьара Михаил Тариэловична Нохчаша т1ом сацийра, амма къарбелла ца севццера
16 Х1етахь Кавказан сардал хиллачу фельдмаршало эло Барятинскийс правительствон ц1арах нохчашна хьалха т1елацамаш бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара д1абаьккхина мохк йухаберзо а, церан г1иллакхаш, дин а лардан а, иштта д1а кхин а.
17 Ткъа нохчаша т1елецира 1едална дуьхьало ца йан. Шемал йийсаре лаьцча, Кавказ къарйар чекхдаьлларг леринчу правительствос Нохчийчохь т1еман-колониале режим х1отто йолийра. Сихха бицбира эло Барятинскийс оцу къомана хьалха бина машаран т1елацамаш а.
18 Т1еман хенахь нохчашкара д1абаьккхина мохк йуха-м муххале а ца берзийра, мелхо а, церан долахь дисина латтанаш д1а а дохуш, уьш та11ийна дерзинчу лаьмнашка, уьшалечу хьаннашка боьхкира. Цул сов, правительствона дага а ца дог1ура х1окху халкъан кхолламан ойла йан.
19 Шен оьрсийн халкъ къизачу 1азапехь латточу цо х1ун диканиг дохьур дара х1окхунна? Латта д1адаьккхина ца 1аш, шен коча т1еман-колониале уггар къиза кепаш 1итта йолийча, собар кхачийна халкъ, т1аьххьара ницкъаш т1е а гулбина, г1еттира
20 1860-чу шеран май баттахь Нохчмахкахь болабелла г1аттам сихха массанхьа а нохчийн лаьмнашка баьржира. Г1аттаман коьртехь бара Шемалан наибаш хилла Бойсаг1ар, Атаби, 1умма а. Ткъайасна баттахь дукхе-дукха дера дуьхьало йира г1аттамхоша паччахьан та1зарийн эскаршна.
21 Царна т1ехь масех толам а баьккхира. Амма, Нохчийчу керла-керла эскарш далош, и г1аттам хьаьшира йуьйцу ца хезначу къизаллица. 1861-чу шеран февралехь Бена уллохь, ламанан хьехахь, схьалецира, чов хилла, масех накъостаций, доьзалций къайлаваьлла Бойсаг1ар.
22 Г1аттам т1аьххьара а хьаьшна баьлча, шаьш бахьанехь адамашна та1зар ца дайта, шайн лаамехь инарла-адъютантна Святополк-Мирскийна т1евеара Атаби а, 1умма а. Бойсаг1ар ирхъоьллира Хаси-Юьртахь, цуьнан доьзал а, герггара г1оьнчий а Сибрех бахийтира.
23 Цхьак1еззиг ханна буьрса тийналла х1оьттира Нохчийчохь. Амма гена д1а ца йахара иза. Имаматан т1аьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул т1аьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, ч1аг1дарехь а жигара болх болийра.
24 Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу т1амо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, х1аллакьхуьлучу хьоле х1иттийнера ламанхой. Халкъ г1елделлера, к1адделлера. Цунна к1ордийнера и чаккхе гуш йоцу т1ом.
25 Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза г1азоте кхойкхура. Г1азотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура. Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура.
26 Иза сацамболлуш дуьхьал вара муьлххачу а т1амна, муьлххачу а тайпана 1азапна, ч1ир йекхарна, доцца аьлча, адаман ц1ий 1анорна. Адамашка, шайн дегнаш ц1анде, оьздангалла ларйе, г1иллакхе, къинхетаме хила, бохура цо. Оьрсийн паччахьна дуьхьал герз ма айъалаш, иза Делан лаамца лелаш ву шуна.
27 Нагахь шайга ж1ар лелайе бахахь, д1алелайе. Эчиг ма ду иза. Ц1а ма ду иза. 1едало шайга де боххург де, амма Дела даг чохь латтаве. Ша а, Шен пайхамар а аш даг чохь ларвичхьана, Цо и дерриг а гечдийр ду шуна. Х1етталц садетта, собаре хила.
28 Т1аккха Дела шуьгахьа хир ву, т1аккха Дала гечдийр ду аш 1анийна ц1ий. Кунта-Хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «г1азотан т1еман» идеологина. Шемалан гуонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам ца лоьхура.
29 Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу т1амо, талийна, ч1анабаьхна, г1елбина, к1адбина, х1аллакьхуьлучу хьоле баьхна, хьалхалерчу йукъараллин дахаран кепашка йухаберзарх гуттаренна а догдиллина нах доггах т1аьхьах1уьттура оцу керлачу шайхана.
30 Ткъа адамийн кхетамехь цо бечу к1орггерчу карчамо доккха тохар дора Шемалан идеологин бухна. Цундела Шемала йуьхьанца дуккха а хьийзийра Кунта-Хьаьжа, т1аккха, эххар а цо махках ваьккхина, иза 1859-чу шарахь Макка вахара. Мелхо а, уьш къобалдора.
31 Цхьа-ши шо хьовзале, Кунта-Хьаьжин мурде цхьабарт болуш йоккха динан тоба кхоллайелира. Амма Кунта-Хьаьжин бартахойн хьежарш а дацара цхьаьнадог1уш. Масала, устазо холбатан г1ийла дахар д1акхоьхьуш хиллехь, ткъа цуьнан герггарчу векалшний, г1оьнчашний иэшшане а ца оьшура г1ийла, къен дахар.
32 Кунта-Хьаьжин хьехамех пайда а оьцуш, цара цхьаболчара бацабора кхетамна т1аьхьабисина вирдан вежарий, Дала азаллехь йаздинчунна, кхолламна къера хилий, совца, бохучу хьехамашца боьй д1абоккхура маршонехьа къийсаман кхетам. Башха Далла г1уллакх дан хьаьгна а ца баханера уьш оцу вирда йукъа.
33 Кунта-Хьаьжина т1аьхьа бара хьалха Шемалан заманахь г1арабевлла хилла майра а, говза а т1еман баьччанаш, маг1ара т1емалой, халкъан а, маршонан а г1уллакхна тешаме к1ентий а. Йарташкахь т1етаь11ина кечдеш герз а, молха а дара.
34 И кечамаш гучубехира 1едална муьт1ахьчу хьолахоша. Лорис-Меликовга Тифлисера схьа масазза хаийтинера, Кунта-Хьаьжа Кавказера д1аваьккхича шайна бакъахьа хетар. Амма Лорис-Меликов реза ца хуьлура. Лорис-Меликов ша а ца тешара х1окху т1аьххьарчу шарахь Нохчийчохь х1оьттинчу тийналлех.
35 Айкхаша цунна т1екхачабора 1едал шекдолчу наха д1а мел боккху ког. Даймахка йухавог1уш Кунта-Хьаьжин Стамбулехь нохчийн, х1ирийн, чергазойн эмигрантийн тхьамданашца цхьаьнакхетар а, вовшашца къайлаха барт а хилла бохуш а, хазийнера цунна.
36 Т1аьхьа иза бале валахь, лакхахь шена диканиг эр доцийла хуучу Лорис-Меликовс лацийтира Кунта-Хьаьжа. Т1аккха карзахбевллачу цуьнан мурдаша, Шелан редуте а гулбелла, шайн устаз схьавийхира. Оцу т1ехь чекх ца далийтира Лорис-Меликовс ша долийнарг.
37 Цхьа к1ира даьлча, 26-чу январехь, цо Грозне гулбира Нохчийчуьра берриг наибаш, 1еламчаш. Цхьа а тайпа хьийзораш ца йеш, царна хьалха ультиматум х1оттийра цо: Шелахь йинчу хьовр-з1овран коьрта бехкениш а, хьалха махкахбаха билгалбинарш а шега схьабалар.
38 Кунта-Хьаьжин вирдан зуькар дихкира. Йуьртарчу цхьана стагах баьллачу бехкана йерриг а йуьрто жоп дала дезар хаийтира. И дерриг а кхочушдан цхьа к1ира хан йелира. Шен ультиматум кхочуш ца йахь, йерриг а йарташ х1аллакйан кхерам а тесира.
39 Цигара ц1а бирзинчу наибийн а, динадайн а г1оьнца Кунта-Хьаьжин велийх вейтта, гергарчех пхийтта стаг а лецира. Йартех жоп дала дезачу тхьамданийн спискаш Лорис-Меликовна хьалха 1охкура. Ша дийцинарг эрна доцийла хоуьйтуш, областера эскаран дерриг дакъош т1еман низаме а далийра.
40 Лорис-Меликовн омрица, г1арабевллачу молланашкий, къеданашкий 1едална мегачу чулацамца массарна цхьатерра хьехамаш а йазбайтина, улло шатайпа приказаш а тийсина, уьш массо йарташкий, маьждагашкий д1асабахьийтира. Ц1е лата кечйелла лаьттара Нохчийчоь.
41 Нохчашна шера хаьара Россин арахьарчу пачхьалкхашца йукъаметтигаш а, полякийн г1уллакхаш а. Областехь г1уллакхдечу ссылке бахийтинчу полякашца цхьаьнакхетачу нохчийн эпсарший, талмажаший халкъа йукъа даржадора полякаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсамах хабарш.
42 Масех бутт хьалха гуттар къармазечу нохчех вовшахтоьхна цхьа полк Польше йахийта дагадеара Лорис-Меликовна. Тифлисехь къобалйира Михаил Тариэловичан идея. Амма иза дахарехь кхочуш ца хилира... Х1окху з1уганийн биэнара ведда, Кубанан областе ваха аьтто нисбели цуьнан.
43 Цигара и абадзехаш, шапсугаш, бжедухаш, убыхаш, кхин, кхин а акхарой Турце а хьовсийна, шен кочара д1адехи. Дийцина х1ун до цуьнан, мекара цхьогал ду иза. И дерриг а мекарлонашций, тешнабехкаций дора. Ткъа кхалхоран г1уллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира.
44 Михаил Тариэловична дагайеара Тифлисехь цу г1уллакхан хьокъехь т1аьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Колонисташна мегар ду уьш. Цхьа б1е шо хьалха д1ахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла.
45 Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, т1ом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолг1а-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш т1ехь парг1ат колонизаци йойла хуьлу. Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра.
46 И ламанхой ловзарга хьовсош санна. 1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн г1оьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо б1е эзар Крымера г1езалой, ног1ий а т1еэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
47 Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши б1е эзар г1езало д1акхелхира цига. Царна т1аьхьа ног1ий а г1оьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Уьш нуьцкъаха д1абаха безара цигара. Англичанаш бара церан лерехь йиллина д1а и зурма лоькхуш.
48 Амма кавказски 1едал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов. Цхьанхьара д1а а баьхна, и вешан мостаг1ий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара ц1е йойъу, кхечахьа йуьллу.
49 Х1ан-х1а, ма-хуьллу генабаха беза! 1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича т1аьххьара а ч1аг1бира ламанхой кхалхоран г1уллакхах болу Кавказски комитетан сацам Т1акхха д1айолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди
50 Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало т1аьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а т1ом сацийра. Амма паччахьан правительствона к1езиг хетара церан муьт1ахьалла... Ламанхой д1ауьдура шайн даймахкара.
51 Ц1енош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. Цхьак1еззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Масех б1е эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме.
52 Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка. Кхелхачу ламанхошка х1оьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладег1нера Лорис-Меликовс.
53 Х1ордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. 1аьнна к1ел бахча, цаьрга х1оьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, 1аьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш.
54 Х1ордан йистаца д1асакхийсина 1охкура, ж1аьлеша диъна, дохийна, г1орийна, адамийн декъий. Оцу декъашна йуккъехь гора, чохь синош хилар бен, царах уьш къасто кхин билгало йоцуш, эгна 1охкуш, хевшина а, халла ирахь лелаш а адамаш.
55 Царах дуккха а, дег1ера са дала а кхиале, ж1аьлийн х1онс хуьлура. Ламанхой х1ордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна т1е буттура уьш. Мах коьртан ц1арах ма боккхура. Тулг1еша аратийсинчу декъаша дуьйдинера х1ордан шина а аг1орхьара дерриг бердаш.
56 Кхелхачарна г1оьнна кхо б1е эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьак1еззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
57 Цхьадолчу кеманашна буха 1уьргаш а дохий, ламанхой т1ебутту, ткъа уьш х1ордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн 1едалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора.
58 Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна т1ебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш х1аллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь.
59 ... Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца г1ертара массо а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. Б1е шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, 1ехош, х1окху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.
60 Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин 1едалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.
61 Т1аьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, т1еман а лаккхара г1уллакхаш д1алийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира. Х1аъ, Михаил Тариэловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах.
62 Амма империн г1уллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, б1аьрнег1ар ца тухуш, т1аьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига д1акхалхо а реза ву иза. Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран г1уллакхна т1ехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу.
63 Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даь1ахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина д1а сагатдо правительствон Цкъа а ца хилла цигахь машар, х1инца а бац
64 Хир а бац и, Нохчийчоь т1аьххьара гуттаренна а гора ца х1оттайахь. Ах б1е шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна. Йа нохчашка безам болуш, йа вайца мостаг1алла долуш а дац иза. Г1ебарта х1ун йу? Х1умма а йоцург!
65 Шайн к1ордамечу ловзаршца вай девне-м кхойкху г1ебартоша. Амма цхьана ханна уьш лан деза сан. Нохчий д1аьвше лаьхьарчий ду. Лаьхьарчаша ц1ий муьйлуш хилча, чуьркийн араш хаалац. Уьш къарбой, Кавказ къарлур йу. Не1алт хилла къам!
66 Х1ара т1аьххьара зама т1екхаччалц оццул дукха а ма бацара уьш. Шайн махкахь цхьацца зуламаш дина, бевдда баьхкина кхечу къаьмнех болу шаьш санна талорхой г1адбоьлхий т1елоцу цара. Уьш т1елецна 1аш белара. Вайн салтий а ма уьду Нохчийчу.
67 И нохчий, цхьа а 1едал къобал ца деш, шайн лаамехь маьрша болу дела. Уьш санна, шаьш а талорхой болу дела. Цундела, г1адбоьлхий, вовшашна мар-мара лелха! Массо тайпанчу талорхойн, вайн уьдучу салтийн а бен ма бу и Нохчийчоь Цкъа а цхьа салти а схьа-м ца велла!
68 Цундела ас х1аллакйора церан йарташ. Цул сийдоцуш, боьха къам кху маьлха к1ел хир дац. Кху дуьненахь адам хьоькхуш лела и 1аьржа ун а къехка царах, церан вуолла. Со 1ебар вац царах, т1аьххьара веллачу нохчочун чарх Ставрополан музейхь сайн шина б1аьргана гичий бен!
69 ». Оццу жам1ашна т1евеара, Ермоловн къизалла т1ехйаьлча, иза мукъа а ваьккхина, Николай 1-чо «ламанан къаьмнаш къарде, ткъа ца къарлурш х1аллакде» аьлла, кхуза ваийтина фельдмаршал Паскевич. Халаниш нохчий бу... Баккъал а, хьекъале корта хилла Александр Петрович Ермоловн.
70 Халахета государа хьалххе иза кхузара д1авигар. Т1ехула т1е, цуьнан т1ех къизаллина цунна барта ч1ог1а та1зар а деш. Х1етахь цхьана масех шарна иза кхузахь витина хиллехьара, цо шен къинхетамзачу куьйгашца тоххара кара1амийна хир йара и не1алте Нохчийчоь.
71 Кубанан областехь а ирс хили Евдокимовн. Цигара ламанхой х1орда т1е та1ийра цо. Царах цхьак1еззигчарна лаа там бу, шайн исбаьхьчу 1аламан даймохк а битина, Кубанан йаьссачу аренашка д1акхалха. Х1етахь, и мог1анаш дешча, дегнаш к1адделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.
72 Амма, и масех б1е эзар стаг х1ордал дехьа муха вер ву, хаац-кх. Карцовс атта тардира и г1уллакх. Кхелхарш д1абига дог1учу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка х1итта бакъо йалар бакъахьа хета суна... Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара д1акхалха лууш.
73 Цара г1оьнна шайн кеманаш дахкийта а мега. Евдокимовн ирсана, г1уллакх т1ехдика д1адоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой х1ордал дехьабаха. Ткъа Михаил Тариэловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара д1аваккха!
74 ... Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг Амма, шен пхи п1елг санна, ламанхойн 1ер-дахар а, г1иллакхаш, амалш а йевза Х1аъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар
75 Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш к1елбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн т1еман тактика. Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «к1ур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
76 Йарташ, йалташ, хьаннаш, бошмаш, дежийлаш, цанаш, даьхний, докъарш х1аллак а йай, йухадовла. Мацаллой, шелоной карабалор бу уьш... Т1еман т1аьххьарчу шерашкахь коьрта тидам айкхашна т1еберзийра Евдокимовс. Оцу т1ехь баккхий кхиамаш а бехира графо.
77 Фельдмаршало Барятинскийс масех дашца сурт диллира Евдокимовн: «Вуон хьехархо вацара граф...». Ша йечу ойланашна шех иэхь хийтира Михаил Тариэловична. Оцу солдафонан карьерех иза х1унда хьоьгу? Х1ан-х1а, дайшкара схьа дворянех волчу Михаил Тариэловича ша лахвийр вац цунах хьегарца
78 Т1ом чекхбаьлча, аддамна а мичхьа ву а ца хууш, массарна а вицвелла, шен графан титулца вуьсур ву Евдокимов, ткъа Михаил Тариэловича шен хьекъалца гойтур долуш дуккха а г1уллакхаш ду. ...Лаьмнийн баххьех хьерчачу к1айчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тариэлович.
79 Г1арг1анан дуькъачу г1ашна йуккъехь «к1ур-к1ур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И г1айг1ане ойланаш д1алахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо... Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху.
80 Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу г1аттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна т1аьхьа х1инца цкъа кегийрхой бен ца х1уьтту. Баккхийчарна иэрна хета 1едалца къийсар. Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.
81 И ун къоначу т1аьхьенан дегнаш чохь дисар ду зуламе. Цхьана минотехь вист ца хуьлуш лаьттира и шиъ. Баркалла. Полковникна т1аьххье не1 т1еч1аг1айелча, 1аьржа лак хьаькхна, куьзга санна, къегачу стоьла т1е йуха а вирзина, лекха г1овла йолчу к1едачу г1анта охьахиира Михаил Тариэлович.
82 Меллаша сургучан мух1ар д1а а даьккхина, жимачу уьрсаца пакет а йат1ийна, оцу чуьра деалха диттина шера кехаташ схьадехира цо. Т1аккха, ц1еначу йовлакхца ц1андина, дашочу х1азаршца кечдина куьзганаш шен стомма-бехачу мера т1е а дехкина, кехаташ схьадаржийра цо.
83 Дуолорна т1е б1аьрг кхарстийна, т1аккха цхьацца меттигаш леррина йеша вуьйлира иза. «...Т1еман министре, цуьнан локхалле, инарла-адъютанте Милютине... ... Кхечу хьолехь бу дагестанхой. Майра т1емалой а, динан фанатикаш а болчу церан вайга цабезам массерчул т1ех ч1ог1а хила мега.
84 Амма оцу шайн мехкан къечу, буьрсачу 1аламан 1аткъамна к1ел кхиъначу цигарчу халкъийн 1ер-дахаро вайн боккха аьтто бо уьш вайна муьт1ахь латто а, оцу махкахь вешан урхалла латто а. Лаьттан къоьлло къинхьегамна 1амийна ламанан дагестанхой.
85 Церан лаьмнашкахь мелла а т1ехь йалта кхио мегаш йолу х1ор а кийсак, дайша инзаре ч1ог1а къахьоьгуш тарйина и кийсак, т1аьхьарчу т1аьхьенаша, йо1б1аьрг санна, ларйо, иза шайн рицкъанийн цхьаъ бен доцу хьоста хиларна. Нохчаша вайца биначу бехачу т1амо цуьрриг а бакъахьа ца хийцина церан амал.
86 Оцу шина а аг1оррий, йуха вовшашлахь бечу т1амой х1аллакбина церан оьздангаллех болу кхетам а, вовшийн лерам а. Кхерам-м хьовха, 1ожалла а дош ца хета царна. Кхерамах а, 1ожаллех а боьллачу царна оцу шина а б1аьргаш чу хьоьжуш дерг бен дахар а ца хета.
87 Мохк йалтина дика, токхе хилар бахьана долуш х1аллак ца хуьлуш дисина и халкъ, амма адамашха терра дахар бохучух кхетам а, тешам а байна церан. Демократизм уггар а лакхарчу т1ег1ан т1ехь йара церан даим а. Иза-м хьовха, «приказ» боху дош а дац нохчийн шайн маттахь.
88 ...». «...Оцу амалшца йукъараллин з1енаш йоцчу нохчийн долахь массо тайпанчу зуламашний, мятежашний аьтто беш мохк бу. Йуькъа хьаннаш а, 1аламан кхин дуккха а ч1аг1онаш йолу йерриг меттигаш нохчийн долахь йисина. Оцу меттигашкахь карадо обаргашна шайна кхерамаза туш.
89 Оцу хьолехь йолчу Нохчийчоьнера вайна кхерам ма-барра гучу графо Евдокимовс, Малхбале Кавказ къарйар чекх ма-деллинехь, 1аьржачу ломан когашкахула д1а вайн станицийн а, ч1аг1онийн штаб-квартирийн а керла лини йилларца, нохчийн аренашкара йарташ ламанца йолчех д1акъасто план х1оттийра.
90 ...»... «...Вай дан г1ертачух кхеттачу нохчаша луьра дуьхьало йира. Ичкерински а, Аргунски а округашкахь г1аттам хилира, йерриг а хьаннашкахь обаргийн г1еранаш йаьржира. Г1аттам хьаьшира, къаьсттина бехкейолу аьккхийн, бенойн йарташ арен т1е кхалхийра, аьрстахошка д1ахьедира Жимачу Г1ебарта кхалхар.
91 Графо Евдокимовс йуьхьарлаьцна и хала, амма вешан 1алашонна т1едуьгу доккхачу маь1не система сацамболлуш цо д1айахьар йукъахдисира иза Кубанан эскарийн командующи х1оттор бахьанехь...». Нохчий арен т1е кхалхор Евдокимов цига х1оттавале долийнера!
92 ... «...кхид1а а уьш Г1ебарта кхалхо дагахь, церан махка т1е г1алг1азкхийн станицаш йехкира Евдокимовс. Цхьа а б1аьсте чекх ца йолу йарташна йуккъехь дов ца долуш, вовшах ца леташ, виэр-ваккхар ца хуьлуш...». «...». Коьртаниг ца гина.
93 Х1етахь кортошца ойла йан йезара, хьомсара государаш. Цхьа а низам доцуш туземцашна йуккъе баржийначу оьрсийн бахархойн ницкъ бац х1оьттинчу хьолана т1е1аткъам бан. Х1инца оцу 1овдалша кегийна худар ас даа деза. Ц1ий а 1енош.
94 ... Дешна ваьлла кехаташ, деалха а тоьхна, оьг1азе конверта чу та1ийра цо. 2 корта. Дагахь доцу г. 1. о. (Дешхьалхенан т1аьхье). Зиэделларг ду, шайгара девлла зуламаш шайн карарчу 1едалан г1оьнца т1екхуьучу т1аьхьенах къайладахалур ду моьтту нах телхина хилар.
95 Корнелий Тацит. Михаил Тариэловичан ойланаш йукъахйехира т1улг хьажош тобиначу урамехула гергадог1учу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьг1на а валале, йиллинчу г1опах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере.
96 Хьалха сирачу динахь вог1ура х1окху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дег1ара, куьце х1ирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина д1а цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а. Каде динара а воьссина, кхин д1асахьажар доцуш, ц1а чу волавелира Кундухов.
97 Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша т1еэцар доьху, элира. Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара.
98 Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, х1окху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. Х1етте а, цуьнга ладоьг1ча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний т1аьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Мича махо валий-те хьо со волчу!
99 ... Б1аьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг д1аса а тесна, кегийра г1улчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, г1иллакхехь к1едачу г1анта т1е валийра цо. Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тариэлович.
100 Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь? Гоьл т1е ког а боккхуш, г1антан г1овли т1е куьйгаш дехкира Кундуховс Уьш кхузара, Владикавказера, д1а ма кхочу тхоьга Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тариэлович, хьайн г1уллакхаш муха ду? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна
101 Жам1аш дан т1ех к1езиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг к1езиг ду. Цо гойту, иза хьох ч1ог1а тешаш а, догйовха а хилар. Цхьана минотана коьртера д1айевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира.
102 Лорис-Меликов, везза хьала а г1еттина, доца ши куьг т1ехьа а диллина, кегийра г1улчаш йохуш, чухула д1асаволавелира. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац х1ара шайт1анийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий.
103 Кхузара т1ом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. Х1окхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла т1еэцна, дуьхьало йоцуш 1едална текхамаш а бо.
104 ... Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапарг1ат дийцалац соьга. Закавказера а, Дагестанера а къаьмнаш къардан атта хилира вайна. Цигара хьалхалера 1едал вайчуьнца хийцичхьана, дерриг а д1анисделира.
105 Церан т1улган лаьмнаш колонизацина дезар дацара. Вешан г1орторашна цигахь оьрсийн цхьа йурт йа штаб-квартира йилларо, мохк шуьйра хиларна, меттигерчу халкъийн бахамаллин д1ах1оттамна новкъарло ца йира. Шолг1а-делахь, д1асабовла меттиг бац церан.
106 Оцу хьелаша вайна некъ боьхку гражданство т1еэца 1емина доцу и къармазе къам областал арахьа даккха. Амма к1елхьарвала цхьа ков доцуш хало а хилац. Йерриг Кавказехь вешан 1едал х1оттийна вай, Нохчийчохь а х1оттор ду... Кундуховс даррехь жоп ца делира, командующин собар зиэн г1ерташ санна.
107 Кхин некъ каро беза... Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах к1езиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. Кара1амозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна. Таркхойн шамхало х1ун дора шен ахархошна?
108 Г1ожмаш йеттара, б1аьргаш бохура, т1уьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш ц1ийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна т1е кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура.
109 Церан и акха г1иллакхаш буххенца, гуттаренна а д1адаьхна Россин культуро. Кундухов цавашаре велавелира. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий б1озза халачу, къизчу хьолехь бара.
110 Арслан-хана шен ахархойн йо1арий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш иэрех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-иэцарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Кундуховс б1аьрнег1ар а ца туьйхира
111 Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах г1уллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн ц1ий 1ено «кара1амийна акхарой» ду. Х1аъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.
112 Меллаша т1е а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс. Барт бийр бу вайша: суна х1умма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера д1айаьхча.
113 Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца к1езигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу г1уллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу.
114 Ах-акхачу г1иллакхашца, амалшца беха х1орш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу.
115 Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха д1ахьажал хьо. Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна т1ехула йукъ-йукъа б1аьрг а тоьхна, даьржинчу хот1аца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо.
116 Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов. Т1аккха хуур ду хьуна, со бакълоьй. Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх. Ткъа ц1ий 1ац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу.
117 Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла к1елсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара д1акхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме т1аьхье хир йу.
118 Хьан плано шовзткъалг1ачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, х1етахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу т1аьххьарчу ткъа шарахь лаьттина ц1ий1еноран т1ом хилла хир бацарх. Изза г1алат йуха а далийта ойла йу хьан?
119 Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла! Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс Шена хьалха хиъна 1ийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи Вайгахь х1илла а, само а ца хилахь, г1уллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь
120 Иштта стаг б1ешарахь цхьаъ волу дуьнен чу. Лорис-Меликов велавелира. Со къера ву Шемал х1окху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а.
121 Вайца т1амехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн г1оьнца вай д1а ма-воьллинера иза. Кхузахь нохчаша туш делира цунна.
122 Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара г1аттам хилира. Ахь ц1е йаьккхинчу Пуллон г1алаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулг1еша айъира Шемал.
123 Т1аьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна т1емалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий т1емаш а церан махка т1ехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара.
124 Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна т1е гуттаренна а шен ц1е йазйина цо. Шемал саннарг карор ву х1инца а, амма х1етахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац х1инца. Оцу бехачу т1амехь х1аллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра т1емалой а.
125 Бисинарш Шемала талхийна. Керла г1еттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, т1аьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна к1ел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.
126 Ша д1асатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов. Рыцарийн, витязийн зама д1айаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. Х1окху т1аьххьарчу ткъа шарахь шина ц1арна йуккъехь латтийра иза.
127 Шина а аг1орчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш. Ши инарла цхьана йукъана д1адаханчу шерийн ойла йан вуьйлира. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул т1аьхьа йуьйхира имаман т1аьххьара ч1аг1о.
128 Цигахь 1ожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу к1ентан. Ворх1 накъостца к1елхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара. Цхьана йоццачу ханна соцура т1ом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш.
129 Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина т1елецира цкъа хьалха Г1еза-молла. Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка. Цунна шен бахьанаш дара командованин. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.
130 Цуьнца цхьаьна, кхузахь т1еман ч1аг1онаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн бирг1анашна к1ел, кхалхо йолийра. Т1аккха Нохчийчохь йукъара г1аттам болабелира. Г1еттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь к1езиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, т1еман баьччанаш а.
131 Амма г1еттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн 1едалан 1азапна к1ел дохку лулара къаьмнаш. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал.
132 Сацам хилира иза г1аттаман коьрте х1отто. 1едалца дерг чекхдаьлча, т1ехьа мийра а тоьхна, Дагестане д1ахьажо атта хир ду, бохура. Т1аккха, хьалха санна, д1анислора дерриг а. Шемала воккхавеш т1елецира нохчаша шега кховдийна имамалла.
133 Дукха хан йара х1окхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу б1аьхаллин къоман коьрте х1отта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. Нохчийчохь баккхий иэшамаш хила буьйлира оьрсийн эскарийн. Шо-шаре мел дели, кхузахь сирла къиэгара Шемалан седа.
134 Х1инца т1екхечира дег1астанхой т1еберзо хан а. Шемала 1аламат говза, х1иллане пайдаоьцура оцу дагца шалхо йоцчу нохчех. Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо. Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам ч1аг1велла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.
135 Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра д1абевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен т1аьхьенга долуш кхайкхо г1оьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, 1еламчаш а гулбина, цигахь цо д1ахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална.
136 Хьо велла йа д1аваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга д1алур ду шаьш аьлла. Шемалан имаматан т1аьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна т1емалой а латториг Нохчийчоь йара. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.
137 Шовзткъалг1а шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а ц1ийнех схьабевлла нах. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан к1ант Г1еза-Махьма а.
138 Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн 1алашо йара. Дениел-бека а, Хьаьжа-Мурда а оьрсийн инарлашца къайлаха барт бора, Шемал царна вохка. Нохчийн наибаш дакъалоцуш бацара Шемална дуьхьал къайлаха барташний, интригашний йуккъехь.
139 Нагахь Дениел-бек а, Хьаьжа-Мурд а, оьрсийн правительствона Шемал а воьхкина, шайн хьалхалера хьал, сий а йухадерзо г1ерташ хиллехь, нохчийн наибийн дацара йамартлонан мехах иэца х1умма а. Правительствоца барт хилча, дерриг а довра церан, амма х1умма а кара ца дог1ура.
140 И кхоьрург кхин дара. Оцу къоман доккхалла а, ницкъ а, церан мехкан потенциалан хьелаш а, церан политикин а, экономикин ницкъаш а, и къам кху лаьмнашкарчу кегийрачу къаьмнех дозушцахилар а. Стоьла т1ехь лаьттачу жимачу графин чуьра хи стаки чу а доьттина, сутара д1амелира командующис.
141 Къаьмнаш «доькъуш 1едал латтаде» боху ширачу римлянийн принцип йара цуьнан политикин бух. Цо Нохчийчохь и политика д1а ца йаьхьнехь, нохчашца дерг чекхдала х1инца а мел гена хир дара. Атталла церан хьуьжаршкахь бераш 1амо нохчийн молланашна тешам ца лора, цига а дагестанхой балабора.
142 Нохчийчоьнан бахархой вовшашна айкхбийла, шпионаж лело 1амийра. Дуьхьало йинчийн даьхна кортош хуьлура диллина д1а кертийн хьокхаш т1ехь дохкуш. Халкъ, талош, ч1анадаьккхира наибаша. Адам г1азотан т1аме кхойкхуш. Шемал ца г1еттинехьара, ламанхошний, оьрсашний йуккъехь тоххара машар хилла хир бара.
143 Кундухов оьг1азвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза. Цхьана хенахь кху лаьмнашкахь барамехь уггар доккха а, нуьцкъала а халкъ хилла иза. Татаро-монголийн, Тимуран мехкашд1алецархошна къар ца белира уьш. Нохчий а, г1алг1азкхий а дика лулахой бара.
144 Йукъараллин д1ах1оттам, г1иллакхаш, амалш а цхьаьнайог1ура церан. Вовшийн дика г1иллакхаш д1аса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца 1аш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттаг1алла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара.
145 Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. Т1аккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла ц1ейахана Алдара жа1у Ушурма. Иза д1аваьлча, цуьнан г1уллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман г1уллакх шен караийцира церан ц1ейахханчу баьччас Таймин Бийболата.
146 Вайн инарлийн а, чиновникийн а къизалло мостаг1алла доьллира ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йукъа. Оцу т1ехь к1езиг бехк бац вайшиннан а, хьомсара государь! Кундуховс дуьйцург шена ца хууш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладоьг1ура Лорис-Меликовс
147 Ладоьг1ура, амма ойланаш кхечахьа генахь хьийзара. Инарлас дуьйцучо цунна дагайаийтира шен дайн истори. Персин шахийн эскарша сих-сиха т1елатарш дора шахьарна. Цкъа цара д1айоккхуш, т1аккха гуьржийн паччахьаша йухайоккхуш, кар-кара йоьдуш, талайора иза.
148 Оцу талорах к1елхьарбовла г1ерташ, 1602-чу шарахь бусалба дине бирзира Лорис-Меликовг1ар. Ткъа и шахьар т1аьххьара а гуьржийн паччахьийн дола йаьлча, бусалба дин д1а а тесна, керста бакъдинан т1ома к1ел бирзира. Амма царна а, вукхарна а шаьш к1елнисделлачунна доггах а, тешаме а г1уллакх дора.
149 Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-Меликовг1арна... Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам.
150 Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма бог1у. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон ц1арах лелайора оцу командираша.
151 Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза г1уллакхаш, мелхо а, шена х1умма а ца хуучуха, б1аьргаш хьаббой, 1ара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь г1аттар. Х1еттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара!
152 Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, х1окху т1аьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман ц1ий 1енна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Амма нохчашна дага а ца дог1ура къизаллина к1елсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах.
153 Шо-шаре мел долу, к1арглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, д1овш туьйсуш, мостаг1алла марсадохура.
154 Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу г1алатан, къизачу политикин хинйолу т1аьхьало. Амма т1аьхьа гира. Т1аьхьа делахь а, кхузахь д1акхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. Амма правительствос ла ца дуьйг1ира оцу хьекъалечу хьехамашка.
155 Мелхо а, т1етт1а т1е алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира Мансург1ар, Бийболатг1ар, Шемалг1ар. Лорис-Меликовс собаре ладуьйг1ира Кундуховн дахделлачу къамеле. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца 1аш, оцу заманахь тешам боцуш а бара.
156 Кавказ д1акхалла г1ерташ Турци а, Перси а хилла ма ца 1ара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика д1акхоьхьуш. Вай лелориг Россин а, х1окху ламанхойн а йукъара г1уллакх хилар гойтур ду историно.
157 Дерриг а 1аламан законашца д1адоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг. Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира. Амма вайн правительствос иза ца дира. Цкъа диначу цхьана тохарца дерриг чекхдаккха лиира цунна. Жам1 муха ду?
158 Маситта шарахь, вовшийн х1аллакбеш, т1ом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостаг1алла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк д1абаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ б1е эзар десятин гергга цаьргара д1абаьккхина мохк г1алг1азкхашна д1абелла.
159 Доцца аьлча, х1окху т1аьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка т1е ткъа сов станица а, оццул т1еман ч1аг1онаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг а бохург санна, ламанхой Турце д1акхалхош бу. Бакъду, мохк боькъуш, лоьман дакъа-м дина царна.
160 Амма ламанхойн латта д1акхаьллинарш цхьа г1алг1азкхий хилла ца 1а. Хьан долахь мел мохк бу, Муса Алхазович? Кундухов вуьйхира Иза нохчийн латта ма дац Вай ламанхой ма буьйцу Ткъа х1инца беккъа цхьана нохчех дуьйцур вай Элаша Таймазовссий, Бекович-Черкасскийссий мел д1акхаьллина?
161 ... Циггахь д1адоьллина и ж1аьла! Важа, шайн долахь шина б1е десятин кхаччалц латтанаш долу совдегарш, молланаш, кхидолу кег-мерса ц1убдарш-м хьехор а дацара вай Х1ета, нохчийн бохамна бехке цхьа г1алг1азкхий хилла ца 1а Г1алг1азкхийн-м бехказло а йара
162 Уьш-м, нуьцкъаха балийна, охьаховшийна нохчийн махка т1е. Ткъа шун компанис, Муса Алхазович, шайн лаамехь д1а ма лаьцна ламанхойн мехкаш. Шайн вежарех цуьрриг къа а ца хеташ. Иэхь а ца хеташ. Нохчийн цабезам, мостаг1алла а беккъа цхьана г1алг1азкхашций бен дац, моьтту хьуна?
163 Х1ан-х1а, хьомсарниг, кхузахь г1алатваьлла хьо. Нагахь нохчий г1овттахь, уьш толахь, цара уггар хьалха мийра шун компанина тухур бу! Т1аккха шайн поместьех девлла 1ийр дац, сонтачу кортойх довла а мега Сонтачу коьрто бен дийр дуй ткъа, российски пачхьалкхан бух ласто г1ерташ, ахь ден къамел!
164 ... Шен дагахь дерг лачкъо хаьара цунна. Кундуховна гуш ма дара оьг1азлоно кхехко цуьнан дог. Лорис-Меликовн метта кхин стаг хилча, стоьла т1е буй а бетташ, мохь хьоькхур бара цо, ткъа х1ара сапарг1ате ву. Вела а воьлу, забарш йеш волуш санна.
165 Ахь айхьа мел х1аллакбина уьш? Х1ай-х1ай, хьесап ца дало! Латта доцчу нохчех дог лозу? Х1ета, хьо оццул адамалле велахь, лакхахь ц1ераш йаьхначу элашца а, керла кхоллабеллачу нохчийн помещикашца а барт бай, нохчийн латтанаш царна йухадерзаде!
166 Аш шайн долабаьккхина мохк нохчийн лаххара а шовзткъе итт эзар доьзална логгелц тоьур бу! Кундухов цхьаъ ала г1оьртира, амма инарла-лейтенанто, омране куьг а ластийна, сацийра Х1окху махкахь российски урхалла х1оттош, правительствос дикка г1алаташ дилийтина хиларна къера ву со
167 Амма, дерриг а схьалаьцна аьлча, правительствон политика йуьххьехь дуьйна нийса, импери 1алашйарна, шорйарна, ч1аг1йарна а т1ехьажийна йу. Шайх Мансуран заманахь г1евттинчу нохчашна йа т1аьхьа кхечу ламанхошна а правительствос автономин урхалла деллехь, х1ун хир дара?
168 Полякашна, малороссашна, гуьржашна, эрмалошна, финнашна, кхеч-кхечарна а изза дезар дара. Уггар хьалха оьрсийн муьжгаша шайна маршо йалар схьахьедийр дара. Халкъаш а, адамаш а оцу т1е ма тоьтту тайп-тайпанчу революционераша, демократаша.
169 Лакхахь дийцинчу бахьанашца, правительствон йиш йац империна чохь дехачу къаьмнашна а, халкъашна а йуккъехь барт а, гергарлонаш а хилийта. Къоман а, пачхьалкхан а хьашташ нохчашна, адыгашна, кхеч-кхечарна саг1ина а декъна, импери йохо йиш йац.
170 И адамаш мел гениальни делахь а, уьш доцуш цаторуш делахь а. Акхтарган дуькъачу г1ашна йуккъехула схьа1ийдалуш, диллинчу корах чу хьаьвсира д1абуза г1ертачу маьлхан йуткъий з1аьнарш. Г1ала а самайелира. Цхьана йукъана цаьрга ладоьг1на, д1атийра ши инарла.
171 Суна хетарехь, цунах лаьцна дискусси йан веана хир вац хьо? Айса деанарг доккхачу маь1не г1уллакх хета суна Х1инца-м хан а йаьлла дикка Кундуховс, стенна т1ера долор ца хууш, жимма ойла йира Нагахь къарбинехь а, машар хилла ца севцца
172 Ц1е йайна, амма овкъарш к1ел йогуш алу йисина. К1еззиг мох ма-беллинехь, йуха а лата кийча йу иза. Наггахь цхьаццанхьа суйнаш а лелха. И алу йайъа долахь, т1аьхьало белхаме хирий-техьа? Ас ма аьлла хьоьга, хьалхалера Нохчийчоь д1айаьлла
173 Цара дуьхьало йийр йу. Таханлерниг кхин зама йу, кхин хьелаш а ду. Хьуна дицделла, Муса Алхазович, Соьлжан, Теркан аьтту аг1онна т1ехь х1инца г1алг1азкхийн станицаш а, Нохчийчохь маситта т1еман ч1аг1о а хилар. Иза к1езиг ницкъ бац.
174 Нохчийчоьнан муьлххачу а маь11ехь ц1е латарх, шина-кхаа к1иранах йайъалур йу вайга. Цара и дийр ма дац. Даим санна, шайн доьзалшца лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а бевлла, вайна дуьхьал партизански т1ом бийр бу цара. Ткъа ишттачу т1амна цул говза а, каде а къам дац дуьненахь.
175 Т1аккха, бохий ахь, кхаа к1ирнах-м хьовха, кхаа шарахь а ларор дац вай... Оцу халкъах ах сов божарий х1аллакьхилла. Цуьнан уггар дикачух ах мохк д1абаьккхина вай. Йукъараллин д1ах1оттам бохийна, мохк д1абаьккхина. Керла хьелаш, вайн урхалла, низам т1еэца ницкъ а, кхетам а бац.
176 Гой хьуна, Михаил Тариэлович, нохчаша а лоьху к1елхьарбовла некъ. Мичахь бу иза? Лорис-Меликовс ойла йира, хьажа т1е нана-п1елган гола а хьоькхуш Ткъа иза даррехь т1ом бу Кундухов зуьйш, хаттаре цунна т1евог1авелира Лорис-Меликов
177 ... Нохчийчохь ц1ейаххана лоруш волу масех стаг ахчанах иэца. Цаьрга нахана йукъа туркойн султанан ц1арах прокламацеш йаржайайта. Уьш шортта ма йу вайгахь. Тифлисехь нохчийн ц1арах зорба тохийта уьш. Вай иэцначу наха, кхузахь хиндолчу дахарх догдоккхуш, нахана Турце кхалхар хаздеш, эладита даржор ду.
178 ... Г1ебарта уллехь ма йу церан даймахкана. Дин политикин корта бу массо а пачхьалкхехь. Вайна къайле ма йац, Закавказера керста халкъаш шайн лаамехь Россех схьакхетийтинарг а, Балканерчу халкъийн ойла вайгахьа йоккхург а дин хилар.
179 Закавказехь Эрмалойн область кхоьллича, бусалба Иранерий, Турцерий ведда маситта эзар эрмало веара цига. Россин, Турцин т1ом масазза хуьлу, Балканера итт эзарнаш болгараш, сербаш кхелха Россе. Иза бусалба пачхьалкх йолу дела кхелха Малхбузера ламанхой Турце.
180 Герзан ницкъ ца тоьллачохь ахчано г1уллакх до. Со тешна ву, вайн правительство гуш йукъа а ца г1ерташ, нохчий Турце кхалхалург хиларх. Ткъа хьан лоцур ду и г1уллакх шена т1е? И дерриг вовшахтоха а, чекхдаккха а шатайпа стаг ма оьшу
181 Правительство а, нохчий а тешаш. Оьрсийн эскарийн инарла велахь а, нохчий ч1ог1а теша сох. Амма хала а, дукха хан йезаш а, шекончохь а г1уллакх ду-кх хьуна дагадеанарг. Тхоьгара х1ун оьшур дара хьуна? Мекхийн йуьхьигаш хьийзош, жимма ойла йира Лорис-Меликовс
182 Ткъа туркойн правительство реза хир йуй-те нохчий т1елаца? Кубанера д1абаханчу ламанхоша сийсош йу Турци Уьш д1атарбан а ницкъ боцуш, гатйелла хьийза султанан правительство Ткъа кхелхарш х1инца а йуккъе а ца бевлла Д1акхаьчнарш мича хьолехь бу?
183 Йерзинчу стигала к1ел, цамгарший, мацаллой хьоькхуш. Бухарчу бахархойх леташ, талораш деш, дахарехьа къуьйсуш. Цаьргара хьал ца хууш хир ма бац нохчий. Кхиаме догдоху ас.». Эххар а хаттаза ца 1евелира иза... Х1инца, ц1еххьана царах хьуна къахетта аьлча, мила тешар вара?
184 »... Нагахь, нохчийн уггар къармазечу декъана коьрте а х1оьттина, сайн доьзалца цхьаьна со Турце вахча, правительствона доккха г1уллакх дац иза? Цундела правительстве дехар хир ду сан цига д1аваха сайна пурба далар а, сан мохк д1аэцар а
185 «Х1уъу йелахь а, цхьа къайлаха 1алашо йу х1окхуьнан. Кху махкара д1авала воллу. Хьо вагахьара жоьжахатин ц1ергахь, и хьере нохчий сан кочара бевлчхьана. Турце кхелхинчу ах миллион ламанхочунна т1аьххье цхьа х1ири вахарх, тхан х1ун галдолу».
186 Т1улгах доьттина ц1а а, г1ишлош а... «Нах 1овдал белахьара, ма хьекъале стаг вара-кх хьо. Пхийтта эзар соьмал лакхара бац-кх цуьнан мах»... «Дела, эххар а сан до1анна жоп дели-кх ахь!» Хьан идея ас сихха д1акхетор йу Цуьнан Императоран Локхалле Михаил Николаевиче
187 Ший а инарла хьалаг1еттира. Вовшашна резахилла, доггах куьйгаш а лаьцна, д1асакъаьстира и шиъ. Хьаша д1авахча, х1окху масех баттахь дуьххьара самукъадаьлла, Михаил Тариэлович сихха Карцовга кехат йаздан охьахиира. «... ...
188 Нохчашца дерг чекх ца даьккхича, вайн г1уллакх цкъа а ч1аг1лур дац Теркан областехь а, Дагестанехь а... ...Амма луьра дуьхьало ца йеш нохчий цигара д1абевр бу бохург хьехо а ца оьшу. ... ... ...Цул т1аьхьа нийсса итт де даьлча Лорис-Меликовга телеграмма кхечира.
189 Сийлахь-Воккха Эла реза ву инарлин К. предложенина. Буьззина кхиам хуьлийла а лаьа. Гена мел бехи, дикахо ду. Ка. 3 корта. Машаре шолг. 1. а шо. Вайн 1алашо маршо йу, цуьнан, дуьхьа ду вай мел дийриг. Сенека. Б1аьсте... Массо а садолчу х1уманна ирс, доккхадер дохьуш йог1у иза.
190 Цунах даккхийдеш, олхазарш дека, ламанийн басешкахь, вовшашна карраш детташ, акха гезарийн буьхьигаш ловзу, бовхачу малхехь дег1ана там хилла пхьагалан к1орнеш 1охку, зурманах дека шийла шовданаш, шабаршца техка къена хьаннаш.
191 Лайн йийсарера схьахецаделла, стамделла, терсаш охьадог1у генахь ц1е йоккхуш доцу, амма дуккха а бала лайна, эрчонаш гина, хийлазза шен к1ентийн ц1ийца ц1ийделла Нана-Нохчмехкан Яьсса-хи. Цуьнан йистойх летта 1охку цхьа-ши шо хьалха сецначу бехачу т1амо ирча лар йитина миска йарташ.
192 Б1аьсте йу-кх, даим санна, маьлхан, зезагийн, сийначу 1аламан б1аьсте. 1аламо шениг дитац, цунна бала бац адамийн мостаг1аллин, безаман, бохаман, ирсан. 1аламехь даим а шен хенахь хийцало шеран йиъ раж. Хийцало денош, буьйсанаш.
193 1аламо, цхьа цуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша схьакхийдадо шен токхе рицкъа. Амма иза массаьрга а нийса ца кхочу. Ницкъболчара шайн сутарчу м1арашца дерриг а маракъуьйлу иза, г1орасизнаш т1ехьа лаьтта. 1аламан ницкъ бац адамашна йуккъехь нийсо йан, харцо хьаша, бакъдерг толо.
194 Ткъа 1елина башха хета т1аьххьара ши б1аьсте. Иштта б1аьстенаш цунна ца гина д1адаханчу дерриг а шен дахарехь. Гина-м хир йу цунна, амма тидам ца хилла. Ган а, цунах марзо эца а лиъна цунна, ткъа аьтто ца хилла... Д1айели хьо, тхан маршо, д1айели.
195 Д1айаха хьо, тхан дай, йижарий, вежарий эцна. Цунна х1инца а ца го малхо хьоьсту б1аьстенан 1алам, ца хеза олхазарийн самукъане эшарш, нох ца озалуш, шина стеран биэхьар, уьш чехош мохь беттачу Айзин йишхаьлла аз. Дала эхарт декъалде шун!
196 Суьйранна ша д1авахале цхьанхьа йуьстаха лаьттах йухкур йу цо уьш. Цунна биэн дац, и даь1ахкаш бусалбанийн хилча а, керстанийн хилча а. Цхьана Дала кхоьллина адамаш ду уьш. Амма, мича дикане кхача г1ерташ, летта-те шу? Аш х1ун къийсира?
197 Дуьне доккха ма дара, латта шорта ма дара, малхо вай дерриш а ма дохдора! Мала хи, сада1а х1аваъ ца тоьура шуна? Х1унда веа хьо тхан мискачу лаьмнашка, оха х1ун динера хьуна? 1елас жоп ца делира Бераш дийшина 1охккучуьра, д1алахка ахь
198 Цхьаъ гаьнгали чохь, важа аганахь бераш к1ел долчу кхуре б1аьрг а тоьхна, стерчий човхийра Айзас. Г1ушлакхе баьлла малх, б1аьрса дайъа санна, къегаш хьоьжура. Маь1-маь11ехьара схьахезара ахархоша стерчий а, буг1анаш а лоьхкуш, вовшашка кхойкхуш, бетта маьхьарий.
199 Хезара цуьрриг адаман дог хьаош доцу Чорин сингаттамечу иллин къора аз: ...Йуткъачу г1одайукъах. Дихкина ва доьхка. Бухкарах хийца, бах. Паччахьан 1едало! Дег1ана т1еоьзна Исхаран ва чоа Г1абалех хийца, бах Паччахьан 1едало!
200 ... Ас коьрта тиллина. Холхазан горга куй. Т1апанах хийца, бах. Паччахьан 1едало! Дендайха дисина Болатан ва герзаш Сарагах хийца, бах Паччахьан 1едало! Соьцанна кхиъначу Динара чувоссий, Г1ашсалти хила, бах Паччахьан 1едало! Сан вежарий байъинчу
201 Цу Делан мостаг1ийн. Лай хилий, саца, бах. Паччахьан 1едало! Цаьрцанна охьавуьжуш, Метта-мотт цхьаъ болуш, Цхьана шуьнахь важа, бах Паччахьан 1едало! Сан Дала, хьарамйеш, Ва суна йихкина Хьакхарчий йаа, бах Паччахьан 1едало!
202 ... Чорас наггахь бен ца олура илли. Ша ламаз-марха дика лелош велахь а, зуькаран мукъам ца бора цо. Йа, 1елина хетарехь, и ша х1инца эриг доцург, кхин хууш илли а дацара цунна. Амма г1орг1ачу мукъамца цо илли долийча, хаа дара цуьнан кийра хьийзаш цхьа сингаттам хилар.
203 Гуо кхаьчча, стерчий а совцийна, хьаланисвеллачу 1елас рег1ан басешка б1аьрг туьйхира. Цхьа моллин Шахьбин а, Хорт1ин а кхаш т1ера боцурш, берриг а ахархой, шайн готанаш д1а а хоьцуш, делкъе йан а, ламазна а кечлуш бара. Хьан туьха дац, моьтту суна?
204 ... Деши санна, даздели иза. Герка туьханах гирда хьаьжк1аш йоьху Хорт1ас. Адамийн г1аддайча, Дала ло-кх цунна. Делахь, нитташ бахахьа. Хьо йухайаллац, ас берашка ладуг1ур ду. Айза 1инехьа варша йисте йахара. Багах чопаш охкийна, 1еле хьаьвсира г1елделла стерчий.
205 Шина стеран ира букъан сирташ, т1ейевлла хенан маь1игаш, п1ендарш, деттало чож гиначу 1елина къахийтира цаьршиннах. Дукъера баьлла и шиъ, бегабелла, бажа х1оьттира. Озачу шина старана аха хала дара ирзо. Абубакар вийнера 1ела дуьнена волучу буса.
206 Т1амо хеназа баьхьна цуьнан воккхахволу ваша а, нана а, йижарий а. Д1айаханчу б1аьста и къона хьун а хьаькхна, гоьргаш бух а йаьхна, латта охкуш йийра цара хьаьжк1аш, ткъа кху шарахь аха воьлча, орамаша новкъарло йора нахарна.
207 Нисдеш дукъ чадакх хорша а диллина, дукъарцаш шайн метта д1а а доьхкина, дечиган нох хьалаайъира цо. Нахаран пхатоьда, артделлехь а, мегар долуш дара. Берашка ладог1а дагахь, кхор болчухьа волавелира 1ела. Ши к1ант самавалаза, ч1ог1а набарш кхетта 1уьллуш карийра дена.
208 Гаьнгали чохь 1уьллучу 1умаран бесни т1ехула бедда лела моза д1а а эккхийна, аганарчу 1усмане хьаьжира. Стерчашна хи а малийна, ламаз а эцна, шийла хи дохьуш йухавеанчу цунна нитташ хьакхийна 1аш карийра Айза. Цо кхача хьалха билларе хьожуш, верта а даржийна, цу т1е д1атевжира майра.
209 Амма кхача хьалха буьллуш дукха хан ца йийзира. Т1улган экъан т1ехь йакъош йеттинчу сискалан ах шина декъе а йекъна, доккхахдолу дакъа майрачунна хьалха теттира зудчо. Суьйранна оьшур ду вайна иза. Сарахь хьолт1амаш йийр йу ас, т1аккха балор вай.
210 Чора а, Жовх1ар а сада1а сацаза дара. Чора хьалхавоьдура, ирбинчу хьокхица лаьттах к1аьгнаш дохуш, ткъа, кучан йуха чу хьаьжк1аш лаьцна, ги бер доьллина т1аьхьах1оьттинчу Жовх1ара царна чутуьйсуш, т1е ког хьокхуш, д1акъуьйлура буьртигаш.
211 Чора, беттачуьра хьокха а сацийна, хьалатаь1ира... Шуьгахь доллу дабаг1а ду тхойшингахь а. Суьйранна цхьаъ дер вай. И шиъ схьа ца дог1уш сецча, 1ела йуучунна т1ехилира. Шена хьалхара сискалан доккхахдолу дакъа зудчунна хьалха а диллина, цуьнниг шена хьалха уьйзира цо.
212 Соьца болх бина ахь, х1инца, со сада1а аг1орваьлча, берашна гуонаха хьийза а деза. Цул сов, айхьа йуург бераца а йоькъу. Кхача мел миска белахь а, цул чомехь х1ума ца хийтира 1елина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Йолахошна йал а ца ло цара.
213 Ткъа шаьш, наггахь цара х1ун до хьовса а бог1уш, ц1ахь бийшина 1охку. Делкъе йиначул т1аьхьа 1ела сада1а д1атевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалаг1аттийра аганахь самаваьллачу к1анта. Цунна т1аьххье меттахъхьайра 1умар а.
214 Шен декъах йаьккхина сискал кара а йелла, 1умар д1а а тевина, аганан г1ожа т1е тевжира Айза. Шурех буьзна, пхенаш сенделла к1айн накха беран бага а боьллина, вукхунна йоьссина шура сацо г1ерташ, т1е куьг а диллина, к1анте хьоьжуш, д1атийра иза.
215 Б1аьстенан махо 1аржйинчу йуьхьа т1ехь х1иттина, тхи санна, хьацаран т1адамаш. Ч1агарш хилла, хьийзина хьаьжа т1ехулара месаш. К1айн лаг хьоьстуш, т1ехьаьрчина 1аьржа-стомма к1ажар. Къинхетаме, эсала, 1аьржа баккхий б1аьргаш.
216 Шабарца к1ант хьоьстуш, меттахъхьера малхо эт1ийна балдаш, горгачу йуьхьан беснеш т1е х1иттинера кегий к1аьгнаш. Дуьненахь ас хьегна бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ к1ант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзо а ду.
217 Кхин суна оьшуш х1умма а дац. Дела, Хьо дика ву-кх. Амма, Аьрзу... Цо х1инца а зуда ца йалийна...». Гати-Юьртахь цхьаъ бен йуй Эсет? Цаьршинна х1инца а деза вовшийн Иза йеза декхар дац Аьрзун Цаьршимма дицдан деза вовшийн Марехь зуда йу Эсет
218 Стаг оьзда хила веза... Хиъча, иэхь а ду. Хьо, хьайна йеззарг а йалийна, охьахиъча, дезаш вовшехдаьллачу цаьршиннах дог ца лозу хьан? Азаллехь рицкъанаш цхьаьна йазделла ца хилла-кх цаьршиннан Шина а некхах декхначу берана йуха а наб кхийтира
219 Аганна т1е шен тиша, боьзан кортали а тесна, гаьнгали лестош, 1елина улло охьахиира Айза. Генна рег1ан баса а вог1авелла, ойлане велира 1ела. Х1аъ, дукха хан йара байлахь висинчу шина вешин зударий бало хан йуьзна. И не1алт хилла т1ом бара дерригенна а бехке.
220 Оцу т1амо ца вуьтуру и шиъ ц1ийнан лаппаг1а йог1а а, денза дисинчу ирзо т1е хьовза а. Дерриг халкъо санна, цаьршимма а мерза сатийсира т1ом чекхбаларе. Виэзачу шиннан аьттоне хьоьжуш, мехкарийн хенал т1ехтилира Айза а, Эсет а.
221 Амма Нохчмахкахь т1аьххьара т1ом хуьлучу шарахь винчу йуьртахь, шен ворх1 бер салтийн къизаллех лардеш, букъа т1ехьа а лаьцна, шен не1саг1и т1ехь вуьйжира Эсетан да Билал. Шел кегий йижарий, вежарий ларбеш, Билала дахар санна, цавезачу стаге а йахана, шен ирс д1аделла цо».
222 Зуда йоцуш мегар вуй иза? Шен са къоман г1уллакхна д1адала нигат дина, сецна Аьрзу Айзас, агий, гаьнгалий шена т1е а озийна, шен 1аьржа баккхий б1аьргаш дехаре стигала хьовсийра Стаг, шайн Дела дуьша ма хьедайша и герз, кху берийн дуьхьа совцийша
223 ... Тхуна ца лаьа, тхешан бераш леш хилла дехийла. 1ела, вертанна т1е бертал а вижина, д1атийра. Кхаш т1ера хьалххе ц1абирзира 1елаг1ар. Шина-кхаа дийнахь аха латта дерш буьйсанна т1ехь севцира, амма 1елина ца лиира оцу цхьана уьрдан дуьхьа дукъахь буьйса йаккха.
224 Божа берстина биъ сту хилча, цхьана дийнахь аххал бен дацара цуьнан ирзо. Амма озалла халла ирахь лелачу шина старца 1ела шина дийнахь а ца велира иза аьхна. Аьрзуна сагатлуш, болх карара баьлла сан. Ваша ц1ера ваьлча, даим цунна сагатдо кхуо.
225 ... Ша йуххехь воцуш йуьртара ара к1езиг волуьйтура иза. Цкъа-делахь, 1едална ца везара Аьрзу, шолг1а-делахь, дуккха а нах бара цуьнца гамонаш йолуш. Амма, тахана Шела воьдуш, шеца 1ела ца ваийтира цо. Цуьнца Маккхал вара, ткъа аха деза ирзо а дитина, 1ела вига ца лиира.
226 Аьрзу ц1ахь ца карийра. Ц1ахь хила йиш йацара цуьнан. Шелахь ши-кхо де даккха дезаш г1уллакх хилла, ваханера и Маккхалца. Ц1а чу а хиъна 1ен дог ца дог1ура 1елин. Самукъадала х1ума дацара мискачу х1усамехь. Иштта бег1ийла дара.
227 1аьнан дохалла товхано тийсинчу к1уьрой, к1урзаший дуьзна пенаш а, тхов а серлабала башха лууш а вацара иза. Айза ша аьлла хьолт1амаш йан йуьйлира. Дан оьшуш, сихо йолуш х1ума ца карош, д1аса а хьийзина кех ваьллачу цунна лулахочун Васалан кет1ахь цуьнца къамел деш лаьтташ йуьртда 1оса гира.
228 Васалан зуда Мархет цомгаш меттахь 1уьллу дукха хан йара. Цуьнга хьовса адамаш дукха оьхура, амма 1оса ишттачу меттехь шена хьалхенгахь ца гаро цецваьккхира иза. Оцу шина-кхаа дийнахь ша Мархетна т1е ца х1оьттина дела, цига д1аволавелира 1ела.
229 Ша т1екхочуш, цунна хезира вукхушиммо йохка-эцар хьехош... Хьан-х кертахь, беа кога т1ехь хьайба хьовха, атталла цициг а дац. Ткъа ас хьуна цунах гали хьаьжк1аш лур йу. Со лахь, берашна а дезар ду иза. Наха аьтто бахь, охур ду ас, ца бахь, стохка санна, дуьсур шена.
230 Васал воьхна хьаьвзира... Йа сан хьаьжк1аш схьало, йа хьан кха ас сайна оху. Кхо де хан йу хьуна. Ас х1ун дан деза ц1а дуьззинчу берашна? Хьайга кхабалуш доцу синош дуьнен т1е ма даха! Суьйре дика хуьлда хьан, Васал! Хьо ирзо аьхна велин?
231 ... Кхана делкъале вер ву... Х1инца дан х1умма а дац. Цхьаммо а со шайна балха ца вуьту. Цуьнца барт бу Шахьбиг1ерийн, Хорт1аг1ерийн. Кет1ахь 1уьллучу гула т1е а хиъна, луьлла томкех йуза волавелира Васал. Мархет толахьара цкъа.
232 Васал арахь а витина, чувахара 1ела. Боданечу ц1а чохь цхьана сонехь, т1ехула мекха текхийча санна, этт1а, маь1-маь11ехула т1арг1а арасийсинчу йург1анна к1ел меттах ца хьовш аркъал 1уьллура Мархет. Йуххехь хи чу боьллина иттех кхор чохь кхийра кад лаьттара.
233 Мархета шен йуьхь 1елегахьа йерзийра. Иштта д1а 1уьллуш ма йу со-м. Хьо ма хьевели чу ца вог1уш? Ас-м, цхьа сингаттам хилла виси-те аьлла, сагатделла хоьттура Айза а, бераш а х1ун деш ду, могаш буй х1орш? Уьш а бу-кх соьца оцу дукъа хьийзаш
234 Тхан кха-м кхушара а денза дуьсуш доллу. Со йоцчу новккъа йу, х1окху берийн да а, вайна ма-хаъара, ах стаг... Тхайн-м ойла ца йора ас, берех дог лозу. 1елина гира цомгашчун хьех чуэгна кхоьлина б1аьргаш хих бузуш. Б1аьргийн кедаш дуьзна, уьш йакъайеллачу беснеш т1ехула меллаша охьахьаьлхира.
235 Даим а ненан г1евлангахь 1ен йоккхахйолу кхойтта шо хенара Хьоза цунна йуххег1оьртира. Х1етталц кетар к1ел вижина 1ийна жима к1ант, к1ез-к1езиг волуш оцу бухара схьа а ваьлла, 1елина т1е а веана, цуьнан коьртара схьабаьккхина куй шен коьртах буста х1оьттира.
236 Цхьаъ ца лайна дерзина гай дистина, озачу к1антана т1ехь йоккха хеталора х1уъу а. Васалан важа диъ бер, ловза дахана, ц1ахь дацара. Нах шайн кхаш аьхна бевлча, шун г1айг1а бийр бу вай. 1елин месала куй бехха ловзийначул т1аьхьа, иза болчун коьрта а тиллина, йишина гуонах хьаьвзира к1ант.
237 ... Хьозас, кхин йист ца хуьлуш, терхи т1е а йахана, цигахь лаьттачу дечган саьхьара эцна, буйнахь к1еззиг ахьар делира вешина. Шен ахьар буйна а къевлина, вахана, кетара к1ел когаш а боьхкина, т1е меттан буьхьиг 1уьттуш, ахьар дууш, д1атийра к1ант.
238 Тахана цхьажимма кхорех церг йитти. Х1умма а ца оьшу суна. Хьоза, берех х1ун хилла хьажахьа, арайалий. Х1инца ц1а боьрзу хан хилла церан. Хьуна со йевза. Да-нана, йижарий-вежарий х1аллак а хилла, цхьа йисина со. Йелча, коьрте хаа нана а, йелха йиша а йац сан.
239 Тезета хьийза вежарий а бац. Ткъа 1ожалла дено-дено гергаг1ерта. Со х1инца дукха йехар йац. Тахана-кхана бохуш, 1а. Хьох, Аьрзух сайн вежарий а тарбина, 1ийна. Кху деношкахь, шуьшиъ ца гуш, со йаларна кхерайеллера со. Хебна чкъор т1елетта цуьнан пхьаьрсан ч1у шен каралецира 1елас.
240 Цомгаш ма-хиллинехь, леш-х ца хуьлий! Хьуна-м г1оли хир йай Мархета шозза-кхузза корта ластийра Дукха дуьйцуш, хьо сецор вац ас Йо1 чуйаг1ахь, дийцаза йуьсур йу Хьоьга а, Аьрзуга а доцца весет ду сан Со йелча, суна т1аьхьа саг1ина даккха х1умма а дац тхан долахь
241 Х1инццалц-м уьш йо1ана бохуш, 1ийнера со. Йала гергайахча, д1айолларан ойла йан а дийзи. Царах дан дезарг-м кху стага ша дийр дара. Маккхална дегаза ца хилахь, цуьнга, кху х1усаме а вог1уш, ворх1 буса суна йеса дешийтар доьху шуьга.
242 Ткъа шуьшинга дехар ду, тезета оьху адамаш совццалц, сан вежарий хилий, тезета хьийзар... Цуьнан дог а эцалаш... 1елин б1аьргех к1ез-к1езиг лешаш 1ийдалу хиш, беснеш т1ехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладуьйлура. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а таь1на 1ара иза.
243 Х1окху йалх беран дуьхьа а, хьо ца тойелча йиш йац. Амма 1ожалла вайна т1аьхьа а х1оьттина лела. И де тхаьш дийна а долуш даг1ахь, ас дуй боу-кх хьуна, хьан весет кхочушдан. Ма 1е, д1аг1о. Дукъара ц1а веана, к1адвелла хир ву хьо.
244 Кхид1а цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу 1ела, цуьнан 1одика а йина, аравелира... Амма, х1ун дер, хаац. Т1ейог1учу гурахь йухалург цхьа гали хьаьжк1аш йеанера ас цуьнгара. Йа уьш, йа кха ло, боху, шена. Таро йоьхна ву со. Со-х тховса берашна сискал йан а цинц боцуш ву.
245 Вайн рицкъанаш Делехь ду. Наха д1атесна вуьтур вац хьо. ...1ела ц1авирзича, йуург кийчча лаьтташ йара. Очакх т1ера схьаэцна боккха ц1еста йай ц1енкъа а х1оттийна, т1ера нег1ар д1аайъира Айзас. Чух1оьттинчу к1уьрах д1ауьйш, чоме 1аь йаьржира.
246 Дас шена бина дечиган жима м1ара а эцна, йена гуонаха хьаьвзира 1умар. Айза цецйелира... Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад т1ех1оттийна йай а эцна, арайелира. Йилхина ши б1аьрг ц1ийбина, цхьа ах сахьт далале йухайеара иза.
247 Йуьртан керла дай. «...Муьлш бу кхузахь пурстоьпаш шаьш? Иэхь, оьздангалла х1ун йу, ца хууш, амма карахь дерриг 1едал долуш, бодане нах бу Цара х1итто йуьртдай а хуьлу оьздангаллех боьхна, халкъо шен йукъараллех хадийна даххаш
248 Хьалха къуй, зуламхой, айкхаш хилла нах...». Я. Абрамов. Дийнахь сарралц болх бина йуьртахой, шайн къуьданаш д1а а байъина, хьалххе охьабийшинера. Амма йуьртден 1осин ц1енойн кораш, даим а санна, серладевлла гора тховса а. 1осин х1усамехь хьеший бара тховса а.
249 Дилхалахь, лоха Шахьбий, векъана, г1уркх санна, веха Товсолтий, поппаран терхи т1е даржийначу къорзачу истангаш т1е а хиъна, йуучух т1аьххьара кадетташ воллура. Даьттан чохь г1орийначу ч1епалгашка наггахь сутара б1аьргаш хьажабора шина хьешо, амма уьш цкъа д1акхалла а гай чохь меттиг бацара.
250 Миччахьа а адам цхьаьнакхеттачохь саццаза жайнин хабарш дуьйцуш амал йара Шахьбин. Нахе хаьттича, цул суьпий, цуьнга шега хаьттича, цул воккхий 1еламстаг вацара, Яьссин тог1ица хьовха, йерриг Нохчмахкахь а. Сайн накъостел аьрхо волу со г1уллакх долуш а, доцуш а сих-сиха моллаг1аьрга оьхура.
251 Эвхьаза забарш йара суний, оцу зудчунний йуккъехь, амма цкъа а цунах куьг ца 1оьттинера ас. Нахала валарна кхоьрура. Цхьана дийнахь ваха со и йолчу, цуьнца эвхьазвала ч1аг1о йина...»... Не1 йиллина, чоьхьайаьллачу х1усамнанас Реба1ата Шахьбин дош къамкъаргехь сацийра.
252 ... Цкъа кху чу ма г1ерталахь, тхо хаза сакъоьруш дохку! Церан самукъане йаххьаш гича, уьш цхьа ларт1ехь доцург дуьйцуш бохкийла хиъна Реба1ат, резайоцуш корта а хьовзийна, арайелира Стенна хоьтту ахь кхид1а? Та11ийна мара а воьллина, писволлалц со хьекхийра-кх цо!
253 ... Дерриг а цо ша деш хилча! Там хиллачу Товсолтас, шен мекхийн мерцхалгех ка а детташ, балдех мотт хьоькхура Цунах ца кхета-кх со Хьажа т1е а, логах а даьллачу хьацарна г1овталан т1ам а хьаькхна, чайнах буткъа къурд а бина, 1осега хьаьжира Шахьби
254 Сайга баа аьлча, ас, исс Къуръан т1ек1ел а диллина, дуй буур ма бара, оцу зудчух айса куьг ца тоьхна аьлла! Царна-м цхьа со тайпа бух безий! Хьорзам тов! Делхьа, ма нийса элира ахь иза, ала х1ай! Вахь-хьа-хьа! Товсолтин деган кураллин мерзах м1ара хьакхайелира
255 Хьо-м, цхьанна гучуваьллехь, к1елхьара ца валавала а мегара, ткъа иштта меттиг сайна 1оттайелча, со ц1енна чекхваьлла! Хьо-м вовзара вайна! Со цхьана зудчуьнца лелла аьлла, цкъа цхьа х1ума кхоьллира Амма ас т1е ца лоцура Дуй баа хьовзийра
256 Суьйранна дуй баа цхьанхьа кхайкхинера со. Цига вахале, тхешан х1усамнаний, берашший чуьра ара а даьхна, агана вижира со, когаш чекх а бохуш. Т1аккха, цу чуьра хьала а г1еттина, сайн йоккха стаг чу а кхайкхина, иза хьостуш, цунах куьг-х1ума а тоьхна, дуйне ваха со.
257 Д1акхаьчча, Къуръан кховдий соьга, шайн зудчух куьйгаш тоьхна дац алий, дуй баа аьлла... Со аганара г1еттичхьана, сайниг йоцчу зудчух куьг кхетта дац сан аьлла! Цхьа хьал цахуучунна моьтту, шу Делан маликаш ду! Гайшна там хиллера
258 Цхьа самар чай мийлира. Забарш а йира, 1осин йуьхь шен даим а хуьлучу суьрте йирзира. Томкано маждина б1оржамаш санна долу мекхаш, куьг хьаькхна, шардина, ц1ен ши б1аьрг Товсолтина т1ебуьйг1ира цо. Амма уллохь Васалан ши урд хиллал меттиг йисина.
259 Д1адаханчу шарахь а ахаза йисина иза. Дохка реза а вац. Цуьнгара и схьадаккха некъ карабейша суна. Ши хьаша ойлане велира. Кху 1ай соьгара йухалург йаьхьна цунна т1ехь цхьа гали хьаьжк1аш йу сан. Ахий, т1ек1елтаса ахь ирзу..
260 . Йа ирзо цо даьккхина а дац. Стундех дисина. Товсолтас, резахилла, корта та1ийра... Цо и стенна хоьтту хиъна, ши хьаша сема хилира. Марха даьстина а даьлла, уьш меттахъхьовш а бац. Церан дагахь х1ун ду ца хууш, сагатделла округан начальникан.
261 Бисинчех дукхахберш царах д1акъаьстина. Суна хетарехь, т1амна цара вовшахдетта г1уллакхаш, кхин ваьштадог1ур доцуш, даьржина. И хаа деза вайна. Шахьбис доккха садаьккхира... Шахьбина т1етовш, корта те1абора Товсолтас. 1оса оьг1азвахара.
262 Чай, борззий вовшахлоьтуьйтуш, шаьш даьттан гуьмалк йууш, г1уллакх чекхдер ду шуна моттахь, и бакъ хир дац. Товсолтел майро волу Шахьби цавешаш велавелира. Хьуна а тоьлу иштта 1ийча. Хьан мекарло бахьана долуш, ца вуьйш, таханенга ваьлла хьо, амма адам цкъа а ца хиллачу тайпана дера ду х1инца.
263 Наха ловзор вац хьо. 1осин ши хьаша г1елвелира. Кхоалг1аниг новкъа вара царах х1оранна а. Шиъ цхьаьний бен ца хилча, атта хин болу барт, ца хуьлуш, бахбала буьйлира. Ши хьаша, дуьхьало йан ца х1уттуш, д1атийра. Х1окхунна башхо йац шен да а, ваша а, доьзалхо а.
264 И царна хуу дукха хан йу. Къа ца хеташ, танг1алкхах хьала-м дера уллур ву. Амма 1едалал а кхераме бу вуьш. Кхаъ ца кхачахь а, ц1ока-х 1алашлур йарий. Йуххехь теш волуш мукъана, х1унда хоьтту х1окхо... Араваьлла х1усамда сихха чувеара, Хорт1а а валош.
265 Сох дуолаза дуьсуш дохку-кх и ж1аьлеш. Эцца хьо ара ца ваьллехь, верина, кескаш йина, охьавуьллура-кх цара со. Ой, хьо волчохь-м хьеший хилла! Ассалам 1алайкум! Шахьби а, Товсолта а шаьш 1ачуьра халла хаалуш меттахъхьайра Керташкахь сингаттам боцуш 1а-кх?
266 ... Хьо ц1а маца вирзи? Охьавижале, цхьана г1уллакхна 1осех дагавала-те со аьлла, веана Мелхо а, шу цхьаьна карийна дикахо ду Т1аккха, 1оса, керташкахь сингаттам боцуш 1ай? Йуьртахь х1ун ду керла? Дийцахьа, х1ун ду оцу Борг1анехь хилларг?
267 ... Оцу самара чохь чай дуй-те? Цхьа кад мер бара ас 1осас, кеда чай а доьттина, шура а тоьхна, т1е даьтта а диллина, д1акховдийра цуьнга Мута1еламаш, цхьаъ воцург, ц1уьх1арш хилла, кху шарахь дуьххьара хьуьжаре баьхкина Тентакваьлла мута1елам ша волччу голаш т1е охьалахвелла
268 Коьртах оьху ц1ий йуьхьа т1ехула охьадоладелча, хьалаиккхинчу цо цхьанна пхьаьрсах, вукхунна настарх шаьлта тоьхна. Т1аккха шина г1алг1азкхичо орца аьлла. Карахь шаданаш, дагарш, тоьпаш йолуш хьуьнхарий, йуьртарий схьахьаьлхина г1алг1азкхий гича, д1асабевдда х1етталц кхерабелла лаьттина ц1уьх1арш.
269 Т1аьхьабевллачу г1алг1азкхаша кара мел кхаьчначунна йиттина. Масех топ кхоьссина берашна, цхьадика, цхьанне а кхетта йац. Корта бойна мута1елам вала воллуш 1уьллу, веа к1ентан п1ендарш кегдина. Цхьана г1алг1азкхичун чов луьра йу, важа д1алелаш ву, боху.
270 И тайпа девнаш къаьсттина дукха хуьлура Соьлжа-Г1аларчу базарахь. Гонд1ара йарташкарчу нохчаша кхуза базара кхоьхьура шайн йалта, хасстоьмаш, стоьмаш. И ца тара гонд1ара станицашкарчу г1алг1азкхашний, г1аларчу совдегаршний. Цхьана нохчочо ша дохка деана дечиг хийцинера г1алг1азкхичун хорбазех.
271 ... Хорбазаш ах вордан т1ехь, вуьш лаьттахь 1охкура. Г1алг1азкхичун ворданара хорбазаш шечунна т1е а йехкина, лаьттарниш т1ейотта волавеллачу нохчочунна бетах буй туьйхира г1алг1азкхичо. Уллохь лаьттачу нохчочо буй балийтира г1алг1азкхичунна.
272 Т1аккха шаьлтанаш йаьхна схьахьаьлхира базарахь болу шина а къомах нах. Буйнаш, г1ожмаш, кара мел йеанарг вовшашна йетташ, уьйриг хилла хьаьрчира уьш. Виэр-ваккхар ца хуьлуш д1адирзира и дов, полиций, цига нисвелла полковник Чермоеввий йукъа а воьлла.
273 Дала хьукма долда царна! Хила-м г1еххьа болх хиллера хьуна! Оьг1азвахана Хорт1а Шахьбига д1ахьаьжира Меха йохка ирйеш санна, шен сирачу мекхийн йуьхьигаш а хьийзош, гоьла т1е баьккхина ког а ловзош, аркъал г1айби т1етевжина 1уьллура Шахьби
274 Халла хаалуш делакъежначу стаммийчу, хьеначу балдашна йуккъехула схьакъедара можа, баьхьанаш санна, шуьйра цергаш. Оьг1азечу б1аьргаш чохь дог 1абар а, къайллаха воккхавер а гора. Мидалш-молла, х1ун, сол 1илманна лакхаваьлла дира ахь иза?
275 Суна хаьара, хьаьвззина хьо сайна т1е вог1ур вуйла! Чай довха хилар диц а делла, ц1еххьана боккха къурд бина вагийначу Хорт1ина сихъиккхира Г1овталан кочера ветанаш д1а а даьхна, г1ина диллинчу мекхех куьг а хьаькхна, Шахьбина т1евирзира иза
276 ... И дац ткъа со воккхавевийриг. Хи т1е а кхачале, шарбал д1айаьккхина бохург ду ахь лелориг. Зама хийцайелла. Ц1ен к1архаш буьйхина, д1айаха шун зама. Шун жайнаша нах бийр бац сан к1ентех. Цхьа кица ду-кх, хьо т1ехиъначу ворданан ден илли ала, бохуш.
277 Вай керстанан вордана хевшина. Со церан йир ала воллу. Хорт1ас къедочух ца кхетта, чохь берш цецбевлла цуьнга хьаьвсира. Цара ишкол олу цунах. Цигахь 1амориг оьрсийн 1илма ду. Воккхахволчу к1антах Асхьабах-м 1илманча хир вацара, Петарбухе вахийтича а.
278 Иза сайца туьканахь а сацийна, важа, жимахверг, цига деша д1авала сацам хилла сан. Ахь х1ун олу цунна, 1оса? Сан а делира цига д1адала бераш, ас минот йоккхуьйтур йацара цаьрга ц1ахь! И г1уллакх дика дагадеана хьуна, Хорт1а Халла хаалуш йегайора некха т1е йижина к1айн, шуьйра маж
279 Керстанан кара бер ло, ша хьера ца ваьлча? Кху йуьртахь дин латторах, шар1 латторах Далла хьалха жоп дала дезарг со вац? Хьо, велча, лийчо везарг, д1аволла везарг со вац ткъа? Хьан к1ант ахь керстанийн буйна д1авелча, иза, бусалба динах а, нохчийн г1иллакхех а хаьдда, ц1а воьрзурий-те, бохий цо-м
280 Харцахьа ма ийзал ахь. Керстанний, бусалбанний йуккъехь цкъа а хир бац машар. Томкин к1уьро маждинчу сирделлачу мекхех куьг а хьоькхуш, вист ца хуьлуш, девне ладоьг1уш, тевжина 1ен 1оса охьахиира. Вайн мохк д1алоцуш оцу оьрсашна г1о диначу к1еззигчу нахах цхьаъ ву со.
281 Дуьххьара цаьргахьа ваьлларг со хила а мега. Со царна т1евоьдуш а ца безара суна уьш б1аьрга бан, х1инца совхе а ца беза. Амма, эз-эзар шерашкахь вайн къам дахарх, уьш вайн кочара бевр бац. Вай цхьадолчарна тоьлург, оьрсаша куьйгаш тоьхча, хелха а дуьйлуш 1ер ду.
282 И цахуург кхоччуш 1овдал ву. Т1ехула т1е, Шахьби, хьо кийрахь жимма вехко хета суна. Цкъа марах даьрий-те хьуна и? Ас ца элира олу дац вайн Шу дерриш а сан йуьртахой хилла ца 1аш, йиш-вошалахь нах ду Оцу наха, шаьш керстанашца ларадахь, вай а дуьтур дац кхоийна
283 Ас бохург аш дой, кху йуьртана т1е а хевшина 1ийр ду вай, амма и дан ца лаьа-кх шуна, нах вайна т1е ховшур бу. Далла хьалха ас жоп ма ло цунах. Суна биэн а дац 1едал керста нехан хилча а, жуьгтийн хилча а, иза сайна аьттоне хилчахьана.
284 Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешийтича, х1ун хир йара сан к1антах? Йуьртан молла Нехан закаташка са а туьйсуш, беллачийн т1елхигаш а лехьош, лелар ву-кх иза Оьрсийн школехь дешча, сан к1антах эпсар хир ву Мичча хенахь суна а, шуна а т1етовжа г1овла
285 Т1ехиндолчун ойла йел аш! Дегнаш дац шун Вайн дай, йижарий, вежарий байъина, вайн махках чим бина, вайн йаь1ни т1е хевшинчу оцу Делан мостаг1ийн йалхой лела Делах а, нахах а иэхь ца хета шуна Цара-х вай б1аьн некъал лаха довла ца дуьту
286 Цара-х, дага йуккъера мохк д1а а баьккхина, кху дийнарг ца кхуьучу к1ажа а дерзийна, вайн къам х1аллакдеш лаьтта, уьш-х вай керста дине дерзо г1ерта! Нах мацалла леш бу, боху ахь, ткъа хьуо, масех урд латта дола а даьккхина, дийнна бажа даьхний керта а лаьллина, 1а
287 Нах 1едална дуьхьалтоьттуш, хьайна йуьстах 1ан лаьа хьуна. Нахана ц1ий а дог1уш, хьуна шура хир йац. Цулла а, 1адъ1е, диканиг, 1едало хьайга боххург нахе д1а а кхайкхош. Оцу хьан багано ваьхьна Сибрех тасахь, цхьана а Далий, диной ц1аверзор вац хьо.
288 Шахьби, дуьхьало йан ца х1уттуш, д1атийра. Тховсалера дов дуьххьара дац йуьртан дайшна йуккъехь. 1едална хьалхах1оьттича, к1еза санна, хьесталахь а, Шахьбина валлал ца безара оьрсий а, цара деана керла 1едал а. Багахь х1уъу бахахь а, хьалхалера маршо йац.
289 Д1адолийна динан муьлхха г1уллакх, 1едална дуьхьал а лорий, молланаш хьийзабо. Дан мел могуьйтучунна сиз а хьаькхна, цул т1ехваьллачун 1ожалла Сибрех хир йу, аьлла цаьрга сардало. Цхьа а де дац тешам болуш. Бакъду, 1едало боххург деш 1ийча, гай т1е м1араш хьоькхуш, таккхал вехийла-м дара.
290 Кху 1ай Шелана уллохь хиллачу г1уллакхо дуккха а молланаш кхетаме балийна. Уьш кхиъна шайн некъ оьрсийн 1едалца хиларх. Амма Шахьби кхета тигац. Церан 1едало лаьцна вигна цуьнан устаз Киши-Хьаьжа. Шелана уллохь байъина Киши-Хьаьжин уггар тоьлла мурдаш.
291 Сибрех хьовсийна Нохчийчуьра уггар баккхий молланаш. Х1ан-х1а, Шахьбин цкъа а машар хир бац керста 1едалца. Машар хир бац цунна муьт1ахь болчаьрца а. Амма кхин т1ехваьлла х1ума дан ницкъ а бац-кх. Оцу буса оццул хаза къийрина са кхолийра т1аьххьа йукъадаьллачу г1уллакхо.
292 Цул т1аьхьа, мел г1ертарх, къамел ца дозаделла уьш, х1усамден 1одика а йина, арабевлира... Муц. 1. ин. 1. Дуй биира т1аьххьарниг кхаччолац лиэта. Шайн йуькъачу хьаннашкахь вохийна цара, Кхолламо иэхь дина, хьо ц1ехьа вирзира.
293 Шорта бу Нохчийчохь къонахий майра, Шайн дуйнна, шайн дашна тешаме нохчий, Набарна буьйшуш а йукъах герз ца достуш. Мел буьрса ду церан терс-маймал тарраш, Ткъа дой ду ламанан лечанал маса... Мохьмад-бек Аварский. Бакъду, 1осин ц1е йоккхучо иза не1алтаций бен ца йоккхура.
294 Г1еза-Махьма имам валале жимма хьалха, Нохчийчохь цхьа а шайх воцчу хенахь, нахана мичара веана а, мила ву а ца хууш, шеца кхо накъост а волуш Яьссица хьала Гати-Юьрта веара зоьрталчу дег1ахь, шовзткъе итт шо хенара, йуьхь т1ехь ц1ен бос богуш безамехь стаг.
295 Цо буьйцург г1умкийн мотт бара, амма цунна улло ваьллачу кхаа нохчочо ч1аг1дора, цо буьйцург туркойн мотт а бу, и схьаваьлла меттиг хууш стаг а вац, Нохчийчохь шар1 кхайкхо Дала ваийтина эвлайаъ ву иза бохуш. Реза ца хуьлийла а дацара.
296 Цкъа-делахь, Къуръан т1ера цхьацца айаташ а далош, цо бохура, ша аьлларг дина, шена т1аьхьа ца х1оьттинчу стеган дуьне а, эхарт а декъаза хир ду. Иза эвлайаъ а вац, йа цунна хууш х1ума а дац, д1аэккхаве иза кхузара! Итт шо дара, Теркаца г1аьпнаш йоьг1на, оьрсийн паччахь Нохчийчу г1ерта
297 Шаьш диканиг ца дохьийла цара хьалххе хаийтинера. Х1инца а нехан лерехь декара Ярмол-инарлас йагийначу йарташкара зударийн, берийн маьхьарий, х1инца а к1ур туьйсуш йара Соьлжан йистонца цара йаго йарташ, хьаннаш. Гати-Юьртахой теша кийча бара, хьаъа х1уъу аьлча а.
298 Цара догдохура Делан орцане, ткъа и орца, мичара дели ца хоуьйтуш, цо кхиийра царна. Т1аккха кхин т1е а оьг1азваханчу 1осас, Гихт1а а вахана, цигарчу нахе орца элира. Амма орцанца йухавеана 1оса шен мостаг1, Гати-Юьртара д1а а ваьлла, дуккха бартахошца Сесана-Коьртехь ч1аг1веллачу кхечира.
299 Цаьршинна йуккъера мостаг1алла, де дийне мел дели ч1аг1луш, марсадуьйлура. Де дийне мел дели, 1осин тоба лахлора, Ташу-Хьаьжиниг стамлора. Цхьа-ши шо хьовзале Ташу-Хьаьжа, шена т1аьхьа масех б1е мурд волуш, Нохчмахка ондда ког тесна д1ах1оьттира, ткъа 1оса цхьалха висира.
300 Бакъду, цаьршинна йуккъехь т1ом бацара. Г1еза-Махьма вийра. Амма Ташу-Хьаьжас ца сацийра Нохчийчохь халкъан маршонехьа, бусалба динехьа къийсам. Х1инца цо аьрру куьйга Къуръан, аьтту куьйга тур лецира. Шен бартахошца цо луьра дуьхьало йора Нохчмахка г1ертачу паччахьан эскаршна.
301 Т1ом болчу хенахь динарг х1уъу а мегаш ду. Ташу-Хьаьжина дагавеара шен шира мостаг1 1оса. Кхид1а а Гати-Юьртахь висар шена кхерамехь дуйла хиъна, 1оса доьзалца ведда Таьшкичу-г1опе вахара. Цигахь лаьттачу эскаран эпсаршца гергарло тасаделира 1осин.
302 Цунна ницкъ оьшура ша винчу йуьртах ваьккхинчу мостаг1чух бекхам эца. Цо сатийсина де т1екхочуш лаьттара. 1осин хьекъалечу коьртана гуш дара оьрсий тоьлург хилар. Дагестанера наггахь йурт бен йацара Шемална тешаме. Иза цо х1уьттаренна до, бохура 1осин даго.
303 Х1етахь паччахьан эскарехь урядник волчу цо, Внезапни-г1опе а вахана, инарлега Граббега дийхира лам чу йечу походехь шега дакъалацийтар. 1оса дика вевзара инарлина. Цунна хаьара, иза шен халкъах хаьдда ваьлла стаг вуйла. Ткъа иштта нах паччахьан инарлаша, лоьхуш, лехьабора.
304 1839-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь паччахьан эскарш хьала а далийна, Ахьмат-Толлехь ч1аг1велла Ташу-Хьаьжа а вохийна, цуьнца Гати-Юрт сийначу ц1арах йагийра 1осас. Оцу т1ехь бекхам сацийтинехь а мегаш дара. Амма цкъа ц1ийн чам хиъна экха ц1ий муьйлуш бен магац.
305 Дуьненна а моьттура, Кавказан т1ом чекхбаьлла. Паччахьна дуьхьалйевлла Нохчийчоьнан, ламанан Дагестанан йарташ когаш к1ел йара, ведда вахана имам нохчийн хьаннашкахь лечкъаш лелара. Амма 1840-чу шарахь йерриг а Нохчийчоь паччахьан 1едална дуьхьал г1еттира.
306 1осин дуккха а гергара нах бара. Гати-Юьртахь шиъ ваша а, цхьаберш зударий балийна, бераш долуш пхи к1ант а вара шеца Таьшкичохь. 1осас йечу йамартлонаша йуьхь1аьржа х1итто цуьнан вежарий шайн ницкъ ма-кхоччу иза виэн г1ертара.
307 Амма церан аьтто ца болура паччахьан г1опехь 1ен ваша виэн. Т1амехь а аьтто ца болура цунна т1екхача. Т1аккха шина денвашас шайн вешин берашка д1ахьедира, шайн да виэй йа иза д1атасий, шайна т1едуьйла, йа, шайх а, диначу йуьртах а, халкъах а хадий, нехан не1алт т1ехь гуттаренна цигахь совца аьлла.
308 Дений, к1енташний йуккъе мостаг1алла х1оьттира. Бераша бохучунна т1е ца воьрзура да. И виэн ца лаьара к1енташна. Эххар а, иза д1а а тесна, Гати-Юьрта а баьхкина, охьахевшира уьш. Пхоьалг1ачу к1ентан, зуда йалозчу Дакашан, шен ц1енош дацара.
309 Гуобаьккхина хезара оцу т1елатаро дай-нанойх, йижарех-вежарех баьхначу зударийн, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш, оцу эрчоно 1адийначу хьайбанийн 1ехарш. Бист ца хуьлуш, 1осин вежаршкий, берашкий оьг1азе хьуьйсура йуьртахой.
310 «Къонахий ду шу? Массо т1амехь хьалха, уггар кхерамечу меттехь ву шу ворх1 Амма х1унда ца доь аш и шайн йамарт, стешха ж1аьла? Дакаш вилхира Боьхна лаьтта уьш а битина, эвлах бевлира йуьртахой Дукха хан йалале, царна гира йуьртахь дисина йалх ц1а догуш
311 Иза 1осин вешин Мидин болх бара. Уггар хьалха шен ц1ийнах, т1аккха вешин Мусин, цул т1аьхьа шен вешин берийн ц1енойх ц1е йиллира цо. Йуьртахой боьлхуш, ткъа хьан вежарийн, берийн доьзалш боьлуш хир дац х1ара. Хийла йуьйцу хезна 1845-чу шарахь лаьмнашка графо Воронцовс йина поход.
312 Исторехь, «Сухарийн экспедици» йа «Даргински поход» аьлла, ши ц1е йахана цуьнан. Цхьанне а ца хаьа, оцу походехь мацалла дала ламанхойн гуонна йуккъехь дисина Воронцовн эскарш дуьззина х1аллакьхиларх йа нохчийн йийсаре дахарх к1елхьардаьхнарг Муц1ин 1оса хилар.
313 ...Нохчийчохь хиллачу г1аттамо ткъа шарна йухаболийра Кавказски т1ом. Ахульгохь велла имам йуха а денвелира. Паччахьан инарлийн г1уллакх кхиам боцуш д1адоьдура. Дуьххьарлерчу пхеа шарахь масех наместник хийцира Кавказехь, амма толам гуш бацара.
314 Т1аккха Николай 1-чо, Кавказан наместник вина, цига хьажийра Красни уллохь Наполеонна т1ехь толам баккхаза висина бохуш вуьйцу 1812-чу шеран т1емийн г1араваьлла турпалхо граф Воронцов. Массо а тешна вара паччахьо шена т1едиллина декхар инарла-адъютанто Воронцовс нийса кхочушдийриг хиларх.
315 Цундела, иза Петербургера схьаволуш, цунна т1аьхьах1иттира нохчийн хьаннашкахь чинаш а, совг1аташ а лахьо ойла йолу столицера дуккха а дворянийн кегийраш. Цуьнца Кавказе веара императрицин ваша, немцойн принц Александр Гессенский.
316 Цунна лаьара графо Воронцовс акха ламанхой х1аллакбеш а, церан баьчча схьалоцуш а хьажа. План иштта йара: Нохчийн, Дагестанан шина отрядан декхар дара, Дагестанахула хьала 1аьнда а йахана, цигара охьа Нохчийчу а йирзина, Шемалан резиденци Даьрг1а д1а а лаьцна, Нохчмахка а йохош, Шелахьа д1айаха.
317 Оццу хенахь шайна хьалхах1иттийначу некъашца т1амца Нохчийчоьнан к1орге кхача йезара важа отрядаш. Оцу пхеа отрядал сов, Грознехь резервехь йитинера шен коьртехь инарла Фрейтаг а волуш цхьа отряд. Йерриг отрядийн декхар дара, г1уллакх чекхдоккхуш, Шела уллохь цхьаьнакхета.
318 31-чу майхь Внезапни-г1опана уллохь лаьттачу Нохчийн отрядна т1евеана Воронцов, иза эцна Хуббаре а вахана, цигахь Дагестанан отрядах кхетта, лаьмнашка хьалаволавелира. Наиб Т1елхаг коьртехь а волуш бисина цигара наибаш декхарийлахь бара йоккха Нохчийчоь ларйан.
319 Наибашна Элдарна а, Уллубина а т1едиллира Нохчмахка 1алашйар. Дагестанхойх, къаьсттина 1аьндойх, ца теша Шемал, шеца йалх эзар б1аьхо а эцна, Воронцовна дуьхьал вахара. Дагестанехь г1уллакхаш дика дацара Шемалан. 1аьнда к1егарвала дийзира имаман.
320 Кхузахь цунна гира ша хьалххе дуьйна кхийринарг: паччахьан эскарш т1екхачаре сатуьйсуш, царна туьха-бепиг кечдина 1аш карийра цунна 1аьндой. Уьш карахь совцо дагахь Шемала, 1аьндойн наибаш шена т1е а кхайкхина, цаьрга, йамартло ца йан т1елоцуьйтуш, дуйнаш баийтира.
321 Амма, т1ом болало хан т1ех1оьттича, 1аьндоша, шайн наиб та11ийна чу а воьллина, имам йарташка витарна дуьхьало йира. Т1аккха шаьш а, паччахьан эскарш гергаг1оьртича, герзаш охьа а туьйсуш, цаьргахьа бийла буьйлира... Дарвеллачу Шемала кхоъ 1аьндо вийра.
322 Амма Шемала луьра дуьхьало йиначул т1аьхьий бен ца йитира 1аьнда. Даьрг1а д1а ца луш, ч1ог1а дуьхьало йира Шемала. Шайн коьртехь принц Гессенский а волуш столични кегийраша йиначу штурмо цуьнгара д1айаьккхира Даьрг1а т1е кхачале йолу цуьнан коьрта ч1аг1о.
323 Цунна т1аьххье т1елеттачу инарлин Белявскийн г1ашлоша Даьрг1а к1егарваьккхина Шемал, иза а йагийна, хьаннашлахь къайлавелира. Шемалан б1аьхойн дегнаш дуьйхира. Цхьаннахьа а толам ца баккхабелира цаьрга, амма, мостаг1чунна цуьрриг зиэн ца деш, шаьш дуккха а х1аллакьхилира.
324 Цхьа а тайпа хаам бацара нохчийн наибашкара. Амма Шемала дог ца дуьллура. Тешалаш сох, цхьа а гаур нохчийн хьаннашкара аравер вац. Цунах кхоьрура кавказски эпсарш а. Оцу бенан цхьана маь1игах хьакхаделла вай. Кхерам а, т1ом а хьалха бу.
325 Х1аъ, Граббена дика йевзара нохчийн хьаннаш. Ши шо хьалха йоккхачу отрядца цига г1оьртина иза ц1онтаройн Шо1ипа аьтта д1авахийтира. Х1етахь эзар барх1 б1е салтичун дакъа кхузахь а дуьтуш, цхьак1еззиг салташца халла к1елхьарвелира иза.
326 Шен дош ч1аг1деш, оьрсийн эскарех ша ца кхоьрийла хоуьйтуш, инарлашна гуччохь маневраш йан вуьйлира Шемал. Маневраш йийриг цуьнан цхьаъ бен йоцу бевдда шегахьа бевллачу оьрсийн салтех кхоьллина батальон йара. Амма, дараш к1езиг хиллехь а, Воронцовн отрядан г1уллакх а дацара х1умма а дика.
327 Императоран омра кхочушдеш, Шемалан мехкан дегге а веана, имаман резиденци д1алаьцнера цо. Амма х1ун пайда бу цуьнан? Имаман резиденци кхечу йартел цуьрриг башха йоцуш йурт йара Имамо х1умма а дош ца хеташ йагийра иза, х1унда аьлча иштта резиденци цунна нохчийн муьлххачу йуьртахь а карор йу
328 Доллучул холчах1оттийнера Воронцов карахь доцчу кхачанан сурсаташа. Обоз х1инца а элаца Бебутовца 1аьндахь лаьтта, ткъа салтий мацаллина герга бара. Хьалха д1адаха а ду кхераме. Йуханехьа 1аьнда дерзаделча-м, к1елхьардовла хьесап дара, амма т1емаш хилла хьаннаш сийсош х1инца Шемалан б1аьхой бара.
329 Х1инцале а кхуза кхаьчнера Шемалан эскарехь т1еман говзаллица г1араваьлла майра наиб шелахойн Т1елхаг. Цул сов, кхуза гулбелла йоккхачу Нохчийчуьра дуккха а нохчий. Йуха к1егардовлар хьехочохь а дацара. Хьалха д1адахча а, кийчча лаьтташ 1ожалла йара.
330 Амма уггар хьалха салташна йуург йезара. 10-чу июлехь Даьрг1ана лакхахь, 1аьндойн ломахь, Реч1ел ц1е йолчу дукъахь йоккха топ йелира. Обозца ша цига кхачар хоуьйтуш, инарло Бебутовс бина хаам бара иза. Оцу отрядан авангард т1ехь куьйгалла дар инарлина Пассекна т1едиллира.
331 Иза дара Шемална луург. Цо ма-аллара, Граббес ма-ч1аг1дарра, т1ом х1инцца болабелира. Клюгенаун отрядна т1е шелахойн Т1елхаг хийцира цо. Жимачу дег1ахь, инзаре каде, даим а этт1ачу чоица хуьлу Т1елхаг, оцу дийнахь цхьана минотана а са ца до1уш, динара ца вуссуш, шийтта сахьтехь лийтира.
332 Буьйсанна, велла а, дийна а воцуш, этт1ачу мундирца Воронцовна т1евеанчу Клюгенаус хаам бира, шен цхьа эзар ворх1 б1е салти а, эпсар а вийна цаьрца байъина инарлаш Пассек, Викторов йуккъехь, ша цкъа кхалла а сухар ца йеана аьлла.
333 Цигахь дакъа доцуш вайра Россехь шолг1а Суворов хирг хиларх массо тешна волу майра, къона инарла Пассек. Кхид1а кхузахь сецар 1ожалла йара, хьалха д1аг1ертар санна. Воронцовс шолг1а некъ къастийра. Цо сацам бира Яьссица охьа Гезлой-г1опе г1орта.
334 Иза дича, цуьнан йухавалар массарна а гергахь Шемална т1елатаре доьрзура. Ша цигара меттахвалале, цо инарла Бебутовна омра дахьийтира, 1аьндахь а, Гумбетахь а йолу йерриг этапийн пункташ д1а а йахий, Шура-г1ала к1егарвала аьлла.
335 Х1инца йерриг а догдохийла Кавказски линин аьрру фланган начальниках инарла Фрейтагах тешна йара. Амма муха хаийта деза цуьнга кхузахь х1оьттина хьал? Оза, йеха йуьхь, аьрзунан з1ок санна, хьаьвзина мара болчу къоначу Т1елхага сема тергам латтабора Воронцовн отрядаша д1а мел боккхучу когана т1ехь
336 Графо Воронцовс Фрейтагна т1ехьажийнчу пхеа стагах цхьаъ Гати-Юьртара Муц1ин 1оса вара. 13-чу июлехь 4 сахьт долуш Даьрг1ара меттахвелира Воронцов. Воронцов шен отрядца Майртуьпехьа ваха воллу моттаделла Т1елхаг, Ц1оьнтарна уллохь позици а лаьцна, ч1аг1велира.
337 Амма, отряд рег1аца охьайолайелча, иза Гезлойн-г1опе г1ертий хиъна, чехкка цул хьалха а ваьлла, Шоьна а, Т1урт1и-К1отарна а йуккъехь долчу Коьжалкан-Дукъахь ч1аг1велира. Даьрг1ара охьа цига кхаччалц хаддаза т1елетарш дечу 1исас, Уллубис г1елйинера отряд.
338 Коьжалкан-Дукъахь йуха а болабелира къиза т1ом. Кхузахь лен чевнаш хилира графана Бенкендорфна, графана Гейденна, графана де Бальменна, элана Эристовна, баронна Дельвигна, полковникашна Бибиковна, Завалийскина. Доллучул новкъарло йора чевнаш хиллачара.
339 Уьш т1ехь болчу х1ора бармана т1еч1аг1вина вара йалх-йалх салти. Ницкъ бора салташна йукъайаьржинчу чуьйнан цамгаро а. Сан х1инца а куринцаш, кабардинцаш бу! Деле до1а де! Суна т1аьхьа, ура! Туркойн гома тур баттара а даьккхина, нохчийн ч1аг1онна т1еволавелира къена инарла
340 Массарел хьалха майра инарла гина салтий, йуха ца бовла ч1аг1о йина, цунна т1аьхьах1иттира. Коьжалкан-Дукъахь дуккха а дараш хилла отряд, халла Шовхал-Берда улле а кхаьчна, сецира. Кхид1а г1ерта ницкъ кхачийна, кхузахь сецира отряд.
341 Йерриг а дегайовхо х1инца Фрейтагна т1ехь йара, амма цуьнгара хезаш х1ума дацара. Суьйранна графо Воронцовс эскаран дакъошка кхайкхам йазбира: «Массарна а гуш ду вайн отрядан хьал. Амма йерриг а догдохийлаш йайна йац вайн. Вайгара хьал д1ахаийта, инарлина Фрейтагна т1е нах бахийтина ас.
342 Массарна а хаьа иза низам долуш, майра инарла хилар; со тешна ву цо вай к1елхьардохург хиларх. Отрядан лагерь Шовхал-Берда уллохь, Яьсси-хин йистерчу цхьана экъан т1ехь, йара. Ткъа цунна жоп дала отрядан цхьа а снаряд йацара.
343 Цхьана метте йаккхийчу тобанашца гулбала кхоьрура салтий. Хьалха тоьхна хаьлжиг йолуш бердан йистехь лаьтта графан четар, цигара д1а а даккхий, т1ехьа х1оттаде бохуш, Воронцовна т1еоьхура эпсарш. Амма, уьш тергал ца беш, Воронцов, английски газеташ доьшуш, четар чохь вижина 1уьллура.
344 Эххар а, 18-чу июнехь, делкъал т1аьхьа, Мескитана т1ехула ирхйаханчу ракето дукха сатийсина кхаъ беара отрядна. Оцу дийнахь а, буса а хезара Мескитахь а, Гати-Юьртахь а хаддаза бен т1ом. Ткъа йерриг а отряд х1аллакьхиларх йа йийсаре нисйаларх к1елхьарйаьккхинарг Гати-Юьртара Муц1ин 1оса вара.
345 Воронцовс Фрейтагна т1ехьажийначу пхеа стагах виъ нохчаша схьалаьцнера. Оцу меттигашкахь вина а, кхиъна а волчу 1осас, бага эрз лаьцна, Яьсса-хин бухахула охьа Гезлойн-г1опе а веана, цигара инарлина Фрейтагна т1е Воронцовн отрядах лаьцна хаам кхачийра.
346 «Даргински экспедици» иэхье чекхйаьллехь а, императоро Николай 1-чо графах Воронцовх, Сийлахьчу Элан дарже а воккхуш, цунна дукхайезачу Курински полкан шеф вира. Ткъа 1осин некха т1е мидал оьллира. Паччахьан эскарш Яьсси а, Ямсу а хишца йолчу йарташна т1елеташ даим а царна хьалха хуьлура 1оса.
347 Наха дуьйцура, и эскарш цо доьхий даладо бохуш. Иштта-м дацара иза. Шен жимачу чинах 1ехавелла лелара а, йа ша кхин а лакхаваларе сатийсара а хаац, йа шен халкъана йукъа а вирзина, ша машаре вехар ву бохучух догдиллина лелара а хаац, амма 1осас къиза бекхам оьцура нохчийн йартех.
348 Паччахьан эскаршца ша лома вог1уш, деккъа цхьа х1ума дара цунна новкъа: даим а цунна дуьхьалвуьйлура цуьнан ши ваша а, пхи к1ант а. Гуттар а цунна новкъа хирг, и кхоьрург шен жимахволу к1ант Дакаш вара. Мел къизачу экханна а йеза шен к1орнеш.
349 Ша мел къиза велахь а, 1осина дезара шен бераш. Къаьсттина дукхавезара цунна дуткъачу дег1ара, шуьйра белшаш, йуткъа г1одайукъ а, сийна ши б1аьрг а болуш, даим а самукъане, хьекъале, майра Дакаш. Вежарий а, важа виъ к1ант а валарх башха новкъадог1ур дацара 1осина.
350 Масане вежарий, к1ентий байъина оцу т1амо, амма, хьомсарчу Дакашна х1ума хиларна кхоьруш, дог детталора даим а. Цхьана дийнахь 1оса сапарг1ат вог1ура Нохчмахка. Иза дара Дакашан нускал гучудоккхуш ловзар хуьлу де. Мини-Тог1ех а ваьлла, Бехачу Боьрахула дукъа т1е хьалаваьлча, цунна гира Гати-Юрт.
351 Хезара ловзаран г1овг1а а, дуьйлу герзаш а. Цунна хаьара, цхьа сахьт далале и ловзар соцур дуйла а, цигара нах, цхьа иттех минотехь дойш т1е а хевшина, Яьссил сехьабевр буйла а. Г1алг1азкхийн отряд Аьккхийн дукъах хьалайолучу хенахь гуттар м1аькделира ловзар.
352 Бакъду, кхузахь х1иттийна даарш-маларш дацара. Локхуш зурма а йацара. Ловзарш а, маларш а, томка а, хелхарш а Шемала дихкинера нахана. Хьарам кхайкхийнера мостаг1чун г1иллакхаш, амалш, духарш, ловзарш, дерриг а. Х1ораннан а йукъахдихкина герзаш, нуьйраш техкина, кийчча лаьтта дой.
353 Сахьт дац кхераман. Массо минотехь цунна кийча хила веза. Амма йаххьаш йелайелла, йекхайелла йу. Мехкарша хелхаран эшарш лоькху, массара т1араш детта. Йукъахара герзаш а сецош, каде хелхахьийза кегийраш. Шайн 1аьржачу б1аьргашца церан дегнех алу йетташ, гонаха хьийза мехкарий.
354 Ши куьг даржийна, ловзарна йукъа а оьккхий, самукъане богу сийна ши б1аьрг мехкарийн йаххьаш т1ехула а кхерстош, байн ког шаршош, гуо хьо лекха, элдара дег1арчу хьаьрсачу жимачу стага. Амма цунна т1ехь дерг дерриг а нохчийн духар дац.
355 Иза, дукха хан йоццуш ведда нохчашкахьа ваьлла, Гати-Юьртахь сецна къона салти, Дакашан доттаг1 Василий Лопухов ву. Нохчийн хелхарх шен г1уллакх ца хуьлий хиъча, киверан лалам оьзна ч1енга к1ел балийна, хьаьрсачу мекхех куьг а хьаькхна, оьрсийн халкъан хелхар до цо.
356 Цуьнца гуонна йукъайаьлла йо1, ша х1ун дер ца хаьий, йукъара д1айолу. Кегийрхоша т1араш детта... Г1адбаханчу баккхийчу наха, доьхкарех схьайохуш, х1аваэ лоьцуш, тапчанаш йетта. Тхов т1ехь ц1евнаш йуккъе а лечкъина, доттаг1чуьнга а хьоьжуш, воьлу Дакаш а.
357 Дакаш воккхаве. Хилча х1ун ду т1ом? Тахана чекхдолу ловзар Тховса моллица мах бийр бу, т1аккха Далла а, нахана а хьалха цуьнан зуда йу х1инца кирхьанна т1ехьа лаьтта Малика Т1аккха и шиъ маьрша дехар ду Хьуьна йуккъехь ирзо доккхур ду, ши сту а денбийр бу, йетт а хир бу, доьзал а кхуьур бу
358 ... И ойланаш йо ловзарга хьоьжуш 1ачу Дакаша. Ца хаьа, и эшарш лоькху мехкарий кестта шайн дайн, вежарийн декъаш т1ехь боьлхур буйла, дуккха а къонахех дуьне дуьсур дуйла, иттаннаш байш, жоьра бисина зударий суьйранна шийлачу х1усамашка декъашна гонаха ховшур буйла.
359 Дехьа рег1аца ха дечу б1аьхоша, кхерам герга буйла хаийта, к1ур беш, ц1ераш латайо. Зударий, бераш орца довла! Хаам х1ор а х1усаме кхочу Ца хеза кхузахь боьхна, кхерабелла хьоькху маьхьарий Оцу кхерамашлахь бахчабелла зударий а, бераш а
360 Кертех тийсинчуьра схьа а достуш, т1емалойн дой т1еийзадо божабераша. Безачийн дегнаш г1овтто, цаьрга а хьуьйсуш, эсала белакъиэжа мехкарий. Минот йалале дойшна т1ебевлла к1ентий маьждиган майдана хьолху. Шай-шайн ц1а д1асабекъало зударий.
361 Дакашан керт йассало. Герз буйна лаца ницкъ берг массо а мостаг1чунна дуьхьалвахана. Веккъа цхьа Дакаш, майра Дакаш ву-кх йуьртахь зударшца виснарг... Дакаш, дег1 ма-дду нислуш, хьалаг1отту тхов т1ехь. Иза цуьрриг шек вац эскарш далош вог1ург шен да хиларх.
362 ... Тхов т1ера охьаиккхинчу Дакаша, божала воьдий, нуьйр туьллий, шен сира дин араозабо. Т1аккха, воьдий, нускал долчу чуоьккху иза. Нускалца цхьаьна ц1а чохь йу Дакашан йиъ нус. Цуьнан хьажарх кхетта уьш йиъ йист ца хуьлуш арайолу.
363 ... Маликин кийра хьийзаш сийна ц1е йу. Шен дог алу т1ехь доттуш, морцуш, хебаш хетало цунна. Амма цо садетта, цо майра къурдаш до логе х1уьттучу шодана. Йезарг къастош, г1алатваьлла хилла-те со? Йа наха, зудчунна т1екхаччалц бен къонах ца хилла Дакаш, ала лаьа хьуна?
364 ... Хьо х1инццалц хилла Дакаш хила лаьа суна даим а. Д1аг1о, Дакаш, баьлла бехк боцуш вай хьийзочу Делан мостаг1ех бекхам иэца! Маликас, пенах кхозучуьра схьа а оьций, д1акховдадо Дакашан герзаш Уьш йукъах къовлий, къоначу нускална барт лой, шен сирчу дина а волий, иза маьждиган майдана хоьцу Дакаша
365 Кхузахь бу цуьнан денвежарий, нийсарой, кхузахь бу цо сий деш лера беза йуьртан тхьамданаш. Б1аьрг бузий, Дакаше хьожу ц1арна а ц1ейахана майра 1аба... Шен хьарг1ачу динан чож дагош, шед туху 1абас. Амма Дакашан сира дин хьалха бу.
366 Цкъа-шозза шед тухий, т1аккха басех охьа Яьссин тог1и чу хоьцу цо иза. Яьсси чу а ца тосуш, цунна тиллинчу готтачу т1ай т1ехула дехьаоьккхуьйту сира дин. Доттаг1чунна т1аьхьакхиа г1ерташ, шен расха дин къинхетамза лоьллу Василийс.
367 Ах сахьт далале Аьккхийн дукъа кхочу уьш. Кхузахь дений, к1антаний вовшийн го. Буьгур бац ахь и гаураш тахана лома! Суьйранна, шен керлачу х1усаме а деана, ц1енкъа йуккъе охьадиллира шелделла Дакашан элдара дег1 Къинхетам боцчу тоьпан д1аьндарго бен бинера цуьнан майрачу дага йуккъехь
368 Ткъа къона Малика, зуда хила а кхиале, жоьра йисира оцу дийнахь... ...Шераш д1аоьхура. Нохчмахка сийначу ц1арах йагош хьалаваханчу инарло эло Барятинскийс Гунибехь йийсаре вигира Шемал. Оцу т1амо Дакашна т1аьххье д1аваьхьира 1осин ши ваша.
369 Йагийначу йартех туьйсу к1ур сацале т1едеара паччахьан 1едал а. Шена т1етовжа г1ортор йуьрта йеанийла хиъна, 1оса Гати-Юьрта вирзира. Х1етахь дуьйна кхузахь йуьртда вара иза. Амма, паччахьан инарлашна а, 1осина а ма-моьтту, Шемал йийсаре вахарх чекх ца белира т1ом.
370 Гунибехь паччахьан эскарийн гуо а хадийна Нохчмахка вирзинчу бенойн Бойсаг1ара керла г1аттам болийра. Йуха а татолашца 1ена дуьйлира ц1ий. Амма оцу т1амехь герз кара ца ийцира 1осас. Шен берриг а ницкъ Гати-Юьртахь паччахьан 1едал ч1аг1дарна т1еберзийна, сецира иза.
371 Цхьанне а ца хаьара, цуьнан къиза дог ц1ийх 1абийнарг х1ун ду. Т1амо вийначу шина вашас а, виэзачу к1анта а к1аддинера йа т1ег1ертачу къаналло кхерийнера, хаац, цуьнан т1улган дог, амма оцу т1аьххьарчу шина-кхаа шарахь цо йитира шен къиза амалш.
372 Делахь а, машар бацара цунний, йуьртахошний йуккъехь. Цуьнан ц1е йаккха дезачо йамарт ж1аьла олура. Ца везара иза цуьнан шен к1енташна а. Х1етте а, царна ца лаьара да вийна боху ц1е т1еэца. Саьмбин б1аьргаш чохь 1осина гора оьг1азе йогу мостаг1аллин ц1е.
373 Х1етте а, вешин ч1ирана к1анта ша вен магар дагадаийта ца ваьхьара. Г1уллакх гена а даьлла, шаьш нахала довларна кхеравеллачу 1осас, Бойсаг1аран г1аттам хьаьшначул т1аьхьа нах лоьцуш, шен к1антана къайлаха пурстоьпе мотт бира.
374 Х1етахь лаьцна Сибрех вахийтина Саьмби т1епаза вайра... Салтичун кхоллам. «Акхачу нохчел х1умма а к1езиг зуламе бацара машаре нохчий а...». А. П. Ермолов. Дуьхьалнисделла гаьннаш, синтарш шен могашчу аьтту куьйга д1а а сеттош, сих ца луш хьалха д1аоьхура Васал.
375 Сийна тхов бина стигал къайла а йаьккхина, курра т1амарш йаржийна лаьттара, ч1у санна, нийсачу, стаммийчу пепнийн йуькъа хьун. Воьдуш, наггахь т1енислора гаьннаш йуккъехула чекхйевллачу з1аьнарийн асанна. Цунна гуонаха уьйриг хилла х1аваэхь хьийзара кегий мозий.
376 Цо безза боккхучу кога к1ел чуте1ара к1еда г1овда. Когаш к1ел нисло декъа ч1еш кагделча, къаьхкий, тарсал, попан к1айн-къорзачу г1ода т1ехула каде хьала а хьодий, ц1оганах ч1уг йой, разйолий, сема цунна т1аьхьахьожура, иза къайлаваллалц.
377 Шен болх сацабора хенак1уьро. Декъачу г1ашна бухахула шур-шур деш д1ауьдура дехкий. Амма кхузахь дика дара. Йалсаманехь санна. Латта морцуш, т1е1еткъа бовха малх бу-бац ца хаьара. Дег1ана там беш шийла, ц1ена х1аваъ, олхазарийн бес-бесара эшарш, шакарш.
378 ... Амма Васална ца гора и исбаьхьа 1алам. Цунна ца хезара и эшарш а. Йукъ-йукъа сийна корсамаш тийсина нийсачу пепнийн к1айчу г1аддаша ойланца гена д1аваьхьнера иза. Х1ун дара а хаац, тахана карладелира гуттаренна а цуьнан даг чохь дисина беран хенахьлера цхьа де.
379 Х1етахь цуьнан пхи шо хир дара. Таханлерниг санна, аьхкенан де дара иза. Бовхачу малха к1ел, дохделла, малделла г1аш охкийна лаьтта к1айн акхтаргаш. Тийна акхтарган хьун. Д1атийнера олхазарш. Ца хаалора диттийн г1аш лесташ. Ненан кара корта а биллина, цо шарйе месаш ловзош, аркъал 1уьллура Вася.
380 Йерриг ойла шен балхана т1ейаханчу нанна а, цуьнца ловзаваьллачу Васина а ца гира, хьуьнхара араваьлла, шайна т1евог1у барин. Т1едеана ши ж1аьла гуонаха хьаьвзича, и шиъ девзина, кхерайелла хьалаиккхина нана, шен месашций, шина куьйгаций накхош лачкъош, д1ах1оьттира.
381 Васина гира, коча тесна топ йолуш, дуькъачу мекхех куьг хьоькхуш, там хилла, воьлуш лаьтта барин. Ц1е санна богучу цуьнан сутарчу б1аьргаша х1умма а диканиг ца хьоьхура. Вагийча санна хьалаиккхина, да вулавелла д1ах1оьттира.
382 Ден корта охьабахара, амма иза меттах ца хьайра. Т1едог1учу к1ирандийнахь бен, кхин кхуза балха вог1ийла хир дац. Ткъа вуьшта а ледара сан сула асаро дукъдина... Баринан йуьхь кхохкийра, ши б1аьрг ц1ийбелира. Ас оцу шина ж1аьлега эккхийна вуьгуьйтур ву хьо цига.
383 Т1ехула т1е, хьо д1а ма-кхеччи, кучере Захарке хьайн ц1оганах шовзткъе иттаза сара тоха а ала. Корта а оллийна, когаш текхош, йуьртахьа волавелира да. Хьуьна йистехула ша д1ахьаьвзаш, йуха а хьаьжна, т1аккха волавелла къайлавелира иза.
384 ... хьайн Делан дуьхьа... Ас, месаш лаьцна, текхош йуьгу хьо! Барин т1ег1оьртира, ткъа нана, ши куьг некха т1е а та1ийна, к1егаръоьхура Со маре йоьдучу буса айхьа дайъина сан сий ца тоьу хьуна! Оцу берах мукъане а иэхь хетахьа
385 Иза-х дерригенах кхета. Барин, ка хьалха а тесна, т1екхета санна, т1ег1ертара. Х1инца хьо муха йу хьажа лаьа суна. Ас бохург де, г1овг1а а ца йеш... Йа, ас уггар къиза помещикаш лехна, цхьаццанхьа д1адухкур ду хьо а, хьан майра а, к1ант а!
386 ... Барино, ц1еххьана катоьхна, пхьарс лаьцна, д1аозийра иза. Баринан андий п1елгаш чудиссинера цуьнан к1айчу, к1едачу пхьаьрсах. Иза шена т1аьхьа ца йог1ий хиъча, схьалаьцна, цуьнан месаш куьйгах хьарчийна, д1атакхийра цо. Орцахвалахьа, Ва-ня!
387 Васяс, ша х1ун до ца хууш, кхоссавелла настарх хьаьрчина, лекхачу эткан бертигал лакхо цергаш тесира. Лазийначу барино ластийна мийра чоже кхетта Вася, керчина, масех метр д1авахара. Васютка! Сан бер! Хьуьн чуьра араваьлла Васал, ши куьг букъа т1ехьа а диллина, меллаша ц1ехьа волавелира
388 Дукъа т1е хьалаваьлча, кешнашка нисвелла, сецча, доцца до1а дира цо. Баьрзийн г1овлешка дийг1ина г1айракхах кечдина т1улгаш а, 1арждала доьлла х1олламаш а дара. Васална бевзара баьрзнаш к1ел бохкурш. Х1инца йац цигахь и йурт.
389 Лаьттаца д1ашарйелла. Дохийначу ц1енойн баьрзнаш ду охьадилхина довлаза пенаш хаалуш йукъ-йукъа. Ирахь дакъаделла йурт йагийначу ц1аро чахчийна стоьмийн дитташ. К1ора хилла даьгначийн йуьхкех. 1уьйранна са ма-тесси помещикан кхаш т1е балха боьлхура, суьйранна бода боллалц цунна букъ сеттабора.
390 Цуьнан йалта ца дийча, шениг доьйла йацара, цуьнниг чу ца дерзийча, шениг чудерзадойла йацара. Т1аьхьа д1адийна йалта мегарг ца кхуьура йа йокъано х1аллакдора. Хьийкъина кхиъна йалта лай к1ел доьдура дукха хьолахь, баринан йалта чу ца дерзийча, шайчунна т1ег1ойла доцуш.
391 Мацаллел а, къоьллел а садетта халаниг бариний, цуьнан йалхоший сийсазбар дара. Бераллехь хьоьгу хало-м х1ун дара, иэхье мел дерг ловра цара къоначу хенахь. Васалан а йара йиэза йо1. Цуьнан дуьненан самукъе, вахаран 1алашо. Цунах ваьлча, ша лийр ву а моьттуш.
392 Аьрха Маринка. Амма барино къанвелча а ца йуьтура шен акха амалш. Лела а йина, цо луларчу помещикца тоьллачу ж1аьлех хийцира Марина а, Васалан жимахйолу йиша Полина а. Ткъа Василий салтана Кавказе хьажийра. Нохчийчу. Кхузахь цунна хьалхах1иттира цкъа а дуьйцу ца хезна буьрса лаьмнаш.
393 Сийначу вертанах хьаьрчича санна 1охку шуьйра раьг1наш. Цигахь деха х1окху маситта шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсу нохчийн жима халкъ. Къиза дара кхузахь иза 1азапе лаца веанчу салтичун дахар. Цхьа минот а йацара кхерам боцуш.
394 Амма йоллучул хала йара т1еман муштра, походни дахар, эпсарийн йаппарш. Суьйренашца казармашкахь салташа шайн иллешкахь олуш ма-хиллира: Г1оли йу дуьнен чу цавалар, Салтичун дукъ уьйзуш лелачул. Дуьне мел ду лоьхуш леларх, Карор дац цул къиза дахар.
395 Со Даймехкан г1арол ву, Ц1еша буьзна сан букъ бу. Со Даймехкан г1ортор йу, Буй-т1ара суна совг1ат ду... Схьавеана шо далале цуьнга кехат кхечира, нана йелла аьлла. Шолг1ачу шарахь да кхелхира. Василийн догделира дуьненах. Нохчийчохь йу, бохура, цара а, церан дайша а дукха сатийсина маршо.
396 Цигахь дехарш маьрша, майра, тешаме адамаш ду. Цигахь бац помещикаш. Дац стага стаг вацор. Адамех йохк-иэцар ца йо. Цигахь хьоло ца къестабо къонахий. Цигахь стеган сий до. Цигахь лакхара лору хьекъале, майра, оьзда, хьуьнаре верг.
397 Цигахь т1емалочун сий ду. Т1ехула т1е, цара бийриг бакъонан т1ом бу, шайн къоман маршонехьа. Царна ца лаьа оьрсийн паччахьан къиза 1едал т1елаца, крепостной 1азапан дукъ кочадолла. Уьш харцонна дуьхьалбуьйлу. Оцу лаьмнашка вада аьтто лоьхуш, масех шо делира Василийн.
398 Аьтто бохийнарг иза артиллерехь хилар дара. Нохчий йаккхийчу тоьпашна т1аьхьа ч1ог1а бовлу дела, батарейш леррина 1алашйора эпсарша. Цкъа цхьана буса хехь лаьттина ц1а веача, шеца г1опал аравалар дийхира цуьнга поручико Косолаповс.
399 Цундела дуьйцу ас хьоьга айса дагалаьцнарг. Кхузахь нохчийн д1аьндаргаша вожор ву вайша йа церан шаьлтанаша ворур ву. Шемала шегахьа бевлла салтий, дукха лерина дола деш, 1алашбо, боху. Къаьсттина цунна дукхабеза, боху, артиллеристаш.
400 Вай х1аллакьхуьлу, дворянийн эпсаршна чинаш, совг1аташ доькъу. Кхузахь 1ожалла ца хуьлуш ц1а верзахь, цигахь йа доьзалш а, йа бахам а, атталла ц1а-ц1е а дац вайшиннан. Шайгахьа бевллачу салташна цара йиллина йу Мужичоь а, Даьрг1а уллора слобода а.
401 Цигахь кустарни белхаш беш, доьзалш болийна, хаза маьрша беха уьш. Вада сацам хилла сан. Кхана сарахь. Суна тешаме накъост веза. Резавацахь, вайша х1умма а ца дийцина. Шайна ха деш веанчу шина накъостах цхьаьнца, Дакашца, сихха гергарло тасаделира Василийн.
402 Иза куьцехь, каде жима стаг вара. Цуьнгий, командирей безам баханчу Василийс дийхира ша оцу отрядехь витар. Амма Аьрзус, г1айг1ане вела а велла, корта ластийра. Василий артиллерист вацахьара-м, цо иза шеца сацор вара. Амма артиллеристаш д1асабаха йиш йац Шемалан бакъонций бен.
403 Имаман омра ду, ведда сехьаваьллехь а, йийсаре валийнехь а, артиллерист коьртачу наибна Т1елхагна т1евига аьлла. Нагахь Василийна и ч1ог1а лаахь, цо наибе иза шеца витар доьхур ду. Цуьнан б1аьнан ма йу цхьа йоккха топ. Кехат йаздан г1ирс а бац.
404 Доьхна г1уллакхаш ду. Цхьадика, Косолаповгахь кехат а, къолам а нисбелла, Аьрзус, масех дош т1е а йаздина, иза Дакаше делира. Уьш Шела кхаьчча, Аьрзун кехат а дешна, Т1елхага, Косолапов шеца а сацийна, Василий Дакашца йуха, Аьрзун б1аьне, хьажийра.
405 Цул т1аьхьа наггахь бен вовшашна ца гора Василийний, Косолаповний. Т1аьхьо Косолаповх Т1елхаган герггара г1оьнча а, цуьнан артиллерин начальник а хилира. 1851-чу шарахь Т1елхага х1оттийна Шелара окоп паччахьан эскарша д1алоцуш тамашийна х1ума хилира Косолаповца.
406 Т1еман хьалхарчу шерашкахь шайна дуккха а зиэнаш хилча, паччахьан эскарийн командовани кхийтира Къилбаседа Кавказ карайерзоран дог1а Нохчийчохь хиларх. Оцу цхьана шарахь Нохчийчу йоккха йиъ экспедици йира. Цо царна д1акъевлира Йоккхачу Нохчийчоьнан йуккъерчу йарташна т1ебоьду некъ.
407 И окоп ларйечу Т1елхагна г1оьнна кхуза баьхкира нохчийн дошлошца наибаш Г1ойтамар а, Ботакъ а, Со1ду а, Эски а, суьйлийн дошлошца Хьаьжа-Мурд а, г1ашлошца Лабаза а. Резервехь лаьттачу хьуьнаршца ц1ейаханчу Аьрзун б1оца волчу Василийна шера гора т1амна кийча шина а аг1орхьара эскарш.
408 Махо ловзадо Т1елхагна т1ера 1аьржа верта. Хетало, иза махо айъина лелош санна. Цуьнан свитица массарел хьалха цунна т1аьхьавог1у элдар дег1ара куьце къонах. Х1аваэхь ловзу цуьнан карара 1аьржа байракх. Стенна алахь а, оьрсашлахь артиллерийски аьлла ц1ейахана иза Т1елхаган байракх йу.
409 Ткъа и куьце къонах Косолапов ву, бусалба дине вирзинчул т1аьхьа нохчаша Жабраил аьлла керла ц1е тиллина. Цуьнан говран гоа т1е муц1арш йехкина дог1у Т1елхаган шина к1ентан дой. Амма Т1елхага ладег1на т1ом оцу дийнахь ца хилира.
410 Хи чу тесча санна, дайра цо масех баттахь хьегна къа. Штурм йолалуш оьрсаша дуьххьара тоьхначу йаккхийчу тоьпийн х1оьънех цхьаъ молханан склада чу кхийтира. Дуьне къардан санна, тата делира ц1еххьана. Хеталора, латта, семанна т1ера а даьлла, цхьана бух боцчу йесалле хецаделла.
411 Г1опан баролна чоьхьара лаьттан тархаш, т1улгаш, чхаьрнаш, дукъош, гоьргаш стигала х1аваэ хьалаоьхура. Цаьрца хьалаоьху адамаш, лакха х1аваэхь хьаьвзий, масех 1уьнц1алг а боккхий, 1ода кхийсича санна, йуханехьа лаьтта охьахьолхура.
412 Хьалахьоьжучу Василийна оцу къематденна йуккъехь гира говрахь байракх карахь, ирхвахана, хьаьвзина, масех гуо а баьккхина, цхьа стаг йуха лаьтта охьавог1уш. Иза Гавриил-Жабраил вара. Кхин хуьлийла а дацара. Иэккхар д1атийча, оьрсаша штурм йолийра.
413 Оцу иэккхаро хьалхалера планаш йохийна Т1елхаг йухавелира. Оьрсаша дуьхьало йоцуш д1алецира окоп. Цул т1аьхьа масех бутт баьлча цкъа Василийна гира Т1елхагна уллохь 1аьржа байракх буйнахь Косолаповх къаьстар воцуш цхьа нохчо.
414 Василий цецвелира, йа иза жин ду, йа шена б1арлаг1аш х1уьтту аьлла. Велла Косолапов денлойла дацара. Ткъа иза велла хиларх Василий цуьрриг шек вацара. Вала муха ца ле, б1аьрго ма-лоццу ирхкхоьссина, охьавоьжна стаг. Лахьо даь1ахк-м йисина хир йацара.
415 Амма къаьрззина шега х1ара хьоьжуш кхетта важа, ши куьг даржийна, т1ехьаьдда, веана маракхийтира. Иза Гавриил-Жабраил вара. Цо Василийна йийцира шеца хилла истори. Х1аъ, иэккхаро стигала хьалакхийсинчу адамашна йуккъехь Василийна гинарг иза вара.
416 Цо д1а ца хийцира Т1елхаган байракх, цуьнан эскаран сий. Охьавоьжча, вуон лазийра иза. Шинхьахула аьтту пхьарс а бойра, коьртаний, букъаний контузи а хилира. Амма дийна висира. Синкхетамехь воцуш карийна, схьаэцна, иза оьрсаша Соьлжан г1оперчу лазартне охьавиллира.
417 Буьйцучу маттах царна со нохчо вацар гучудаларна кхоьруш, со вист ца хуьлура. 1аш-1аш, дуккха а хан йаьлча, цкъа чувеанчу эпсаро, со оьрси хилар бакъ дуй хаьтти. Вист ца хуьлуш 1ара со, ца кхетачух. Цара со хьийзош, ас даре ца деш, дикка хан йелира.
418 Лазутчикаша мотт ма беанера, со оьрси ву аьлла. Массарал х1илла долуш хилира цхьа салти. Хьаьвси. Дуьхьало йан ницкъ ма бацара соьгахь. Хилча а, цаьрца мила ларор вара. Доцца аьлча, гучувелира со. Василийна цкъа а ца дицлора шена и т1аьххьара гина денош.
419 ... 1859-чу шеран июлехь Нохчмехкан т1аьххьара йурт ницкъ эшна паччахьан эскаршна к1ел сецча, Дагестанехь ша хьалххе кечдинчу туьша, Гунибе, сихвелира Шемал. Имам д1атаса ца лууш, цуьнца Дагестанан лаьмнашка бахара Василий йукъахь волу Аьрзун жима б1о а.
420 Бевдда баьхкинчу салтех цхьа а ца висира Нохчийчохь. Берриг а имамца Гунибе д1абахара. Т1аьххьара минот т1ех1отталц лата, къийсамехь иэга. Кхин некъ бацара царна. Хаьара, паччахьан инарлийн каракхаьчча, шайх хиндерг. И сацам кхочушбира цара.
421 Дагестанан лаьмнашкахь уьш ийгира турпала леташ. Василийна дагайеара Шемалан т1аьххьара а диван. Июлан къовкъаме де дара иза. Гунибе йухабуьйлурш суьйлийн цхьана йуьртахь сада1а севццера. Имам чохь сецначу ц1ийнан не1арехь хехь лаьттара Василий.
422 Йиллинчу не1арехула цунна гора оцу шина баттахь къанвелла, азвелла, букархьаьвзина Шемал. Макхйеллачу йуьхьа т1ехь х1инца генара а гора луьста, борц санна, даьржина кегий т1едарчий. Белшаш йу г1орасиз охьайахана. Дикка хан йу имам иштта тийна, ойлане 1ен.
423 Хьанна хаьа, оцу къеначу имамо стенан ойла йо. Шен дахаран тептар цхьана маь11ера дуьйна хоьрцуш хила а тарлора. Ткъа и тептар дуьзна ду цуьнан ирсечу а, бохамечу а денойх, толамех, иэшамех. Дукха ду оцу т1ехь турпала хьуьнарш а, ледарлонаш а.
424 Доцца аьлча, хийцалуш ду дуьненан г1уллакхаш. Къоьлла къикъвоьллачу шен ден Доного-Махьмин к1антах, шех, Дагестанан имам муха хилира. Т1аккха цигахь, цхьанна т1аьхьа кхин хуьлуш, хилла шен иэшамаш. Махкахоша иэккхийна вахана ша Нохчийчохь туш лахар.
425 ... Хийцалуш ду-кх дуьненан х1ума. Тахана воьлу, кхана воьлху. Тахана, пайхамаран санна, сий ду хьан, кхана, саг1адоьхурган санна, сий дов, наха йуьхьа т1е туйнаш детта хьуна. Йуьхьанцарчу шерашкахь дагестанхоша айъира иза. Т1аккха нохчийн г1оьнца йуха а когавахара иза.
426 Цара цунах имам вира Нохчийчоьнан а, Дагестанан а. Гена мехкашкахь ц1е йоккхуш г1араваьлла стаг вира. Адамаша пайхамар санна лоьрура иза. Нохчаша, шайн шайх а кхайкхийна, цуьнан ц1арца дуй боура. Ткъа шарахь Нохчийчоь а, Дагестан а шен буйнахь латтийра цо.
427 Дуьненан баккхийчу паччахьийн санна сий дара цуьнан. Шена а, т1аьхьенна а тоъал хьал а 1а1ийнера цо. Каратахь шовзткъе итт эзар соьмана деши, дети ду цуьнан, ткъа Дениел-бек волчохь цхьа миллион соьмана хазна йу. Нагахь х1инца талоза йелахь.
428 ... Х1окху гаурел тола Дала ницкъ лахьара! Оццул къахьегначул т1аьхьа, 1ийжамаш лайначул т1аьхьа, шар1ан 1едал ч1аг1деллачу хенахь, сий лакхадаьллачу хенахь дерриг хаьрцина, т1ек1елдала доллу-те? Ваха дукха шераш ма ца дисина цуьнан
429 Шен 1едал масех шарна дахден долу гауршна т1ехь цхьа толам боьху цо Деле. Т1аккха цуьнан метта к1ант д1ах1уттур вара... Атта г1уллакх дац паччахьалла, амма мерза ду. Зингаташка санна, адамашка лакхара охьахьоьжуш. Цкъа иза дан а г1оьртира.
430 Иттех шо хьалха. Амма оцу курачу нохчийн наибаша йохийра цуьнан 1алашо. Т1аккха и г1уллакх цхьана аьттоне д1атеттира цо. Цунна хаддаза кечам а беш. Шемал къанвеллера, к1адвеллера, Г1еза-Махьма къона, майра, хьекъале ву. Коьртаниг Шемалал а т1ех иза нохчашна везаш а, лоруш а хилар дара.
431 Х1етте а, нохчий сацамболлуш дуьхьалбевлира имамалла цхьана доьзалехь дитарна. Х1инца дерриг д1адели. Нохчийчоь йоьжна. Имаман дог а доьжна цуьнца. Хьан долийра иза? Цуьнан уггар а тешаме ву бохучу Кибит-Махьмас шен т1илит1лахошца Гумалахь а, Урутехь а талийна цуьнан бахам
432 Гаурашна дуьхьало-м муххале а ца йора кхузахь, мелхо а, зурманца царна дуьхьалъоьху. Шайн варх1ий дай денбелла схьабог1уш санна... Дукха хан йалале диване гулбелира имаман везираш, 1еламчаш, наибаш. Т1аьххьара а, цхьаъ бен боцу пхьарс лаьцна, Г1еза-Махьмас чувалийра Бенойн Бойсаг1ар.
433 Ах гуо бина Шемална дуьхьалбирзина хевшинчу 1еламчашний, наибашний йуккъе д1а а х1оьттина, шен туьра т1е тевжира иза. Т1аккха, к1ез-к1езиг хершнаш шарлуш, буьрса йуьхь йекхайелира, балдаш к1оршаме делаозийра. Бойсаг1ар йуьхьанца тата доцуш вела вуьйлира, т1аккха, к1ез-к1езиг хецалуш, к1ажвахара.
434 Имам цкъа вуьйхира, т1аккха, оьг1азвахана, кондарш санна, ц1оцкъамаш ирхдахара, хьажа йуккъе буьрса шад гулбелира. Амма, хаалахь, собар кхачалуш х1ума йу хьуна! Баьллачу б1аьргах хи тассалц вийлина Бойсаг1ар, дог 1аьбна, эххар а сецира
435 Амма кортош даха дезарш кхебира ахь, хьоьстуш, т1е куьг хьоькхуш. Со стенах воьлу, хоьтту ахь? Дагестанера иэккхийна хьо т1е а лаьцна, хьох имам вина, ткъа шарахь гехь лелийначу нохчех воьлу-кх! Ткъа шарахь хьуна тешаме г1уллакх дира оха
436 Ткъа шарахь хьан сий лардира тхан наибаша. Амма оцу ткъа шарахь цхьа а нохчийн наиб а, 1еламча а хьайн диване ца хаийра ахь! Царалахь уггар г1ийлачу, сонтачу санний, 1усманний кхаж бели-кх дуьххьара кху чу охьахаа! Ва-хьа-хьа-хьа!
437 Вахьа-хьа-хьа! Ва-хьа-хьа-хьа! Бойсаг1аран веларо дог1машка зуз хьадийтира чохь болчу нехан Массо а кхеравелла д1ахьаьжира цуьнга Царна хаьара, имамо Бойсаг1аран сий дойла Амма имаман буьрса амал а йевзара царна Ша оьг1азваханчу минотехь бехкбаьлла стаг воьйтура цо
438 Виллина д1а йоккха шаьлта а карахь шена уллохь лаьттачу чаьлтаче. Майралла ц1ейахана Шо1ип, Т1елхаг, Бота, Эска, Г1ойтамар, Ботукъа, Со1дулла, Дуба! Ва-хьа-хьа-хьа! Шемална йевзара Бойсаг1аран йухахьара амал Иза кхеро, къарван ницкъ бацара дуьненахь
439 Шена дуьхьало мел йин, дарлуш, карзахвуьйлура иза. Эриг ала витар бен, кхин дарба дацара. Мичахь ву б1аьрзе Коьр-Мохьуммад? Хьан стунда Джамаьлда? 1аьмарха, Дибир-Хьаьжа, Метлакъ-Муртаз1ела? Яхьйа-Хьаьжа? Ахь чета а боьхкина лелийна наибаш Кибит-Махьма, Денел-Бек, Албаз-Дибар?
440 ... Тхан наибаш т1ера гаурийн ц1ий а дакъадалаза тарраш а, к1ур туьйсу топ-тапча а карахь бахана йийсаре. Царах шимма, Дубас а, Со1дуллас а бен, шайн герз хьуна дуьхьал а ца дерзийна. Ткъа тхайниш д1а а тоьттуш, айхьа сий деш, лоьруш лелийначу дагестанхойн наибаша хьайна динарг гой хьуна?
441 Хьох йамарт бевдда ца 1а! Нохчийчуьра д1а а ваьлла, Дагестанан лаьмнашка воьллачу шолг1ачу дийнахь, ц1иййина котам санна, хьо тилийна цара Уггар хьалха, хьан воцуш ца торучу Кибит-Махьмас а! Шех чим хиллачул т1аьхьа бен, тхан цхьа а йурт к1ел ца сецна гаурашна
442 Оха цхьа буй латта а д1а ца делла иза мостаг1ийн ц1ийца хьандаза! Ткъа кхузахь дечуьнга хьажал? Массо а йурт, цхьа топ ца кхуссуш, зурманаш лоькхуш, ц1огарчий лестош, меттанаш даьхна, хьесталуш, гаурашна хьалхах1уьтту! Шемалан йуьхь кхоьлира
443 Йуха а карладелира шен дахаран уггар хала масех де. Ахульгохь иэшна иза ведда Нохчийчу вог1у денош. Уггар цунна тешаме ву боху ворх1 мурд вара цуьнца: Юнус, Салихь, Мохьуммад, Нур-1ела, Химат1ил, Мурт1ади, Муса... Т1амца гонна йукъара бовлуш чов хиллера Шемална.
444 Салихьан гихь валочу ворх1 шо долчу Г1еза-Махьмин настарх салтичун цамза кхеттера. Цхьана лекхачу, готтачу ч1ожа т1ехула, дукъо а тесна, дехьабовла дезаш нисделира. Охьа чухьаьжча, халла къаьстара бухахь г1ерг1а Г1ойси. Т1ай дацара, амма, мухха девлла а, дехьадовла дезара.
445 Ца довлахь, 1ожалла йара кийчча. Шемал кхоьрура к1ант гихь дукъо т1ехула дехьавала. Цо шен мурдашка дийхира, цхьамма к1ант дехьаваккхахьара аьлла. Амма уьш цхьа а вист ца хилира. Шен чевнна са а детташ, к1ант гихь дехьавелира иза.
446 ... Т1аккха, шайна т1аьхьатоллуш бог1учу Хьаьжа-Мурдан ал Хунзахин, Ахьмат-Ханан ал Сахалин б1аьнах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа г1ерта х1орш мацалло а, хьогалло а б1арзбира. Йарташка баха а ца баьхьара. Схьа а лецна, 1едале д1абаларна кхоьруш.
447 Лаьмнашкахь шаьш т1енисделлачу шина жа1уьнера дуккха а мах белла хи ийцира цара. Кхаа тобане бекъабелла боьлхура мух1ажарш. Жима Г1еза-Махьма хьалхарчу тобанца воьдучу Салихьан гихь вара. Т1аьхь-т1аьхьарчара, к1ез-к1езиг хи а молуш, баттам хьалха д1алора.
448 Кхано сада1а севцча, шен к1ант г1ийло гича, Шемална хиира, мурдаша, оцу жимачу к1анте цхьа къурд а ца бойтуш, дерриг хи шаьш д1а а мелла, йассийна баттам бердах чукхоьссина хилар... Амма дог ца 1ийра ца к1адлуш а, шечаьргахьа ца узуш а.
449 Х1инца деш дерг а... ...Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка. Чергазийн Ибрах1им, г1ебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн 1усман а вара имаме майрра хьоьжург. Шемала б1аьргаш т1екъевлира. Т1аккха 1аьрбийн маттахь меллашчу мукъамца г1ийлла байт элира: Сайн дег1ан г1аг1 хетта.
450 Со тешна вежарий, Де доьхна висинчохь, Мостаг1ий хилира. Со ларван кечдина. Уьш пхерчий хеттера, Амма уьш сан даг т1е. Хьовсийна хиллера... Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладог1а.
451 Собар доцуш, сиха стаг ву Бойсаг1ар. Шемалан пурба доцуш цунна т1евог1ург а, шен дагахь дерг дуьххьал схьаала ваьхьаш верг а веккъа и цхьаъ ву. К1иллолла бохург х1ун йу ца хаьа Бойсаг1арна. Иза майра а, доьналла долуш а, тешаме а хиларна, дерриг а гечдо цунна имамо.
452 Къармазечу Бойсаг1ара доьхначу т1е а дохийнера имаман дог, х1орш чукхойкхуш ала кечдинарг, даьржина, дайра. Х1инца шайн берриг ницкъаш Дагестанна дуьхьал гулбина оьрсаша. Вайн к1ажаш хьоьшуш, т1аьхьавог1у Уч Коьз. Салатавехула, Темирхан-Шурахула цунна дуьхьалдог1уш ду инарлин Врангелан эскарш.
453 Гуьржехара схьадаьхкина эскарш ду Г1ойсица схьадог1уш. Кхаа аг1орхула гуо беш бу вайна. Гаурш-м хала а ца хетара суна. Халаниг а, 1аьткъарг а кхин ду. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха санна, кхузара йерриг йарташ, цхьа а тайпа дуьхьало ца йеш, мостаг1чуьнгахьа йуьйлу.
454 Со мегарг Даьрг1ал аравала а кхиале, шаьш царна муьт1ахь хиларна тоьшалла деш, гауршна т1е векалш бахийтина 1аьндоша, ашильтоша, сог1рат1лахоша, г1имроша, унц1ук1лахоша, гоц1ат1лахоша, хунзахоша, дарадахоша а. Кибит-Махьмас суна дуьхьалйаьхна т1илит1лахойн а, карахийн а йарташ.
455 Дениелбека лаьзгийн йарташ г1овттийна суна дуьхьал. Ахь ма-аллара, со даймехкан лаьтта т1е ма-веллинехь, байтулмалан а, сан сайн а мулк талий... Цхьана чами ахьарх! Амма шен багара араэккха кечделла шога дош, цергаш та1ийна, сацийра Шемала
456 Т1ехула т1е, х1уьттаренна ца алахь, Бойсаг1аре ала х1умма а дацара. Бакъ ма лоьра иза. Ц1а чохь тийналла х1оьттира. Цхьаммо а хаттар ца деш йа дуьхьал дош ца олуш. Имаман омрина резахилира а хаац, йа кхерабелла 1ара а хаац..
457 . Уьш санна, Гуниб а д1айала доьлху вай цига? Шуьца Гунибе д1авог1ур ву со Шу г1азотехь леташ леш хьажа И дийр ма дац аш Т1аккха, Дибир, со йухавоьрзур ву тхешан хьаннашка Летар ву, т1аьххьара саоззалц Со 1емина вац ида Ткъа шу 1емина
458 Кеста-кестта девне бовлу и т1ехбеттамаш кху т1аьххьарчу шерашкахь к1езиг ца хуьлура нохчашний, дагестанхошний йуккъехь. Дагестанхой а ца 1ара ала кхоабелла. И ший а халкъ ма дара майра, оьзда, къинхетаме а. Некъана кечам бан арадовла.
459 ... Василийна хьалхах1оьттира имам йийсаре воьду дей, миноташший. Оцу цхьана-шина баттахь къанвелла букархьаьвзира Шемал. Коьртах хьарчийна йеха к1айн чалба. К1айчу г1овтална т1ехула дихкина кхелина шаьлтий, доьхкий. Биэндоцуш т1ехьа доьхкарх йоьллина кечйина ши тапча.
460 Зоьртала, амма хаъал букъ сеттина, нуьцкъала дег1. Сирйала йоьлла г1ин диллина йуькъа маж. Йийсаре ваха сацам хилла араваьллачу цунна дуьхьалваьлла буьрса наиб Бойсаг1ар. Х1аъ, доьхна де дара иза имамна. Итт эзар салтичо гуо бинера Гуниб ломана.
461 Ткъа оцу т1ехь Шемалца вацара пхи б1е стаг бен. Лома к1ел лаьттачу эло Барятинскийс и имам дийна шена т1евалийнчунна совг1ат кхайкхийнера. Элаца вара т1еман суьрташ дахка веана Мюнхенера художник Гершельт. Кхехкачу т1амехь гоьбевлла эпсарш кхуззахь чинна лакхабохура.
462 Эзар туьма совг1ате сатуьйсу салтий, хьерабевлча санна, ломаца хьалаг1ертара. Виснарг виъ б1е мурд, йиъ йоккха топ бен йац. Ткъа деха ламеш, машшаш, эчиган м1аранаш карахь хьалаг1ерта Апшеронски полкан салтий, йаххьаш къаьсташ, гергахь бу.
463 Т1ом Дагестанан махка баьлча, имаман кхузара наибаш, цхьа топ ца кхуссуш, бевдда паччахьан инарлашкахьа бевлла. Цхьана а йуьрто дуьхьало ца йира эскаршна. Кхузара бевдда дуккха а. Мурдашна бала ца лаьа, царна машар беза. Машар бийца эла волчу тешаме нах бахийта бохуш, т1ег1ертара уьш.
464 Амма Шемала дуьхьало йира, шен к1анта Г1еза-Махьмас деххалц. Т1аккха са ца тохаделира. Цо сардална т1евахийтира Чиркойн Юнуссий, Чохойн Хьаьж1елий. Доцца кехат йаздина: «Сардале эле Барятинскийга. Дала 1алашвойла нийсачу новкъа воьду стаг.
465 И кехат эцна вахана шиъ йухавеара, имаме шена т1евола боху сардало аьлла. Цаьрца баьхкира полковникаш Лазарев а, Къурмин Къосам а. Йийсаре ваха имаман сацам хилла баьллийла хиъча, шен цхьана кога т1е хьалаиккхира буьрса Бойсаг1ар.
466 Чевнаша йеринчу йуьхьа т1ехь, седа санна, богура цхьаъ бен боцу б1аьрг. И дойла йац хьан! Наха доьху соьга Зударий а, бераш а эрна х1аллак ма хилийта, боху соьга Кху ткъа шарахь х1аллакьхилларш дацара адамаш? Эзарнаш! Б1е эзарнаш!
467 Б1аьрг тохал Нохчийчу! Шо хьалха, стохка, массо хенахь цунна тешаме хила, иза тесна ца йита, хьо дийна а волуш гаурша и д1алоцур йац бохуш, дуйнаш биънарг хьо вацара ткъа? Йицйелла хьуна айхьа тхуна йина ч1аг1онаш? Х1окху шайн лаьмнийн лакхенгара д1а б1аьрг тохал цига
468 Делах санна, хьох тешначу, хьуна доггах т1аьхьабаьзначу, хьо ларвеш сийлахьчу т1амехь эгначу майрачу к1ентийн баьрзнаша аьхна Нохчийчоьнан латта! Х1инца а йогуш йу иза, 1аьржа к1ора хилла цунах! Имам лаьттан б1аьра вог1авеллачохь висинера
469 Иза йара со кога вахийтинарг. Шун халкъ къар ца делла гауршна, иза к1адделла, цуьнан ницкъ бац дуьхьало йан. И хиъна шун наибаш кхушара оьрсашкахьа бевлира. Хьо цхьаъ тешаме висина суна, сан майра Бойсаг1ар. Вуьш, оьрсашкахьа а бевлла, суна дуьхьал т1ом беш бу.
470 Со дийна йа вийна шена т1евалийначунна эзар туьма ахча кхайкхийна цо. Йа вуьйр ву цара со, йа йийсаре лоцур ву. Цул, сайн лаамехь со т1евахча, тоьлашха хета... Халкъана къинхетам беха... Хьо вацара ткъа тхуна сийлахь г1азот кхайкхийнарг?
471 Хьо вацара ткъа исламан дуьхьа керстанех леташ 1ожалла т1еэцнарг Дала даржехь лакхавоккхур ву, кхеравелла, кара а вахана, царна муьт1ахь хилла к1елсецнарг жоьжахатин ц1ергахь вогур ву баьхнарг? Иштта хьехамаш ца бора тхуна хьан 1еламчаша?
472 Ахь а, хьан наибаша а ца олура ткъа т1емалошка, вешан Даймохк гаурашна д1алучул, летта далар г1оли йу вайна? Х1ета, ахь а, хьан 1еламчаша а адам 1ехош хилла-кх? Стешха к1иллой хилла-кх шу? Хьо а царна т1аьхьа д1ахьаьддийца! Х1инца дицделла шуна шайн халкъ а, шайн латта а, шайн дин а
473 Тахханалц кху лаьмнашна хьо вевзара майра б1аьхо, тешаме к1ант, хьекъале баьчча санна. Ткъа турпалш дийна йийсаре ца боьлху. Нагахь хьо мостаг1ийн караг1ахь, 1аьржа кепек мах бац хьан! Кху лаьмнаша, шаьш мел лаьтта, не1алт кхайкхор ду хьуна!
474 ... Х1окху бехачу т1амо со а г1елвина... Дерриг чекхдаьлла х1инца... Со летта валарх, х1ун нислур ду? Дерриг эрна ду Со воьду, Бойсаг1ар Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дуг1уш, оьрсашкахьа д1аволавелира Дохковала, имам!
475 Ма диэ иэхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан не1алт! Амма Шемала ла ца дуг1ура Цунна хьалха д1ах1оттийра цуьнан хьоме сира дин Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дег1 Хьаьдда т1евеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, д1аозийра дин
476 Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш т1ехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъ1абар а, йоккха г1айг1а а. Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна д1абехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а.
477 Лазаревс говран урх д1аозийра. Шемална т1аьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг... Василийна х1инца а шена хезаш санна хетара цуьнан т1аьххьара доца къамел. Шуна дика хаьа, имамна т1аьхьа а х1оьттина, кху суьйлийн лаьмнашка со сайн са дадийна ца веанийла.
478 Вайн ницкъ ца тоьи вешан маршо, латта ваьшкахь сацо. Амма вайх цхьаммо а сий ца дайъи вешан дайн. Ваьш царна дуьхьалх1иттинчу дийнахь, оха тхешан декхар кхочушдина, и т1аьххьара минот т1ех1отталц вайн хьомсара латта мостаг1ех лардина ала йуьззина бакъо йу вайн.
479 Суна ца лаьа мостаг1чун караваха. Йа кхузахь летта вала, йа, и кхолха гуо а хадийна, ц1а верза сацамбина ас. Са ч1ог1а дерг суна т1аьхьах1отта. Кхузахь 1ожалла йерг вужур ву, дийна висинчо, вайн хьаннашка а вирзина, вайн мехкан, вайн халкъан, вайн бакъдинан дуьхьа къийсам латтор бу.
480 Оцу Делан мостаг1ийн гуо хадо хьовсур вай... Цо баттара даьккхина болатан тур ткъесах къегара малхехь. Оцу минотехь иза халла вевзира Василийна. Цуьнан ц1ен бос богу беснеш к1айеллера, ц1еллех х1ума дацара балдаш т1ехь. Цергаш йара ч1ог1а т1етт1ата1ийна, лаамах буьзна майра ши б1аьрг ц1арах богура.
481 Иэккхийта санна, буйнахь къуьйлура детица кхелина туьран мукъ. Барх1 шо хьалха иза ведда йийсарера йухавеача, имамо цунна делла совг1ат дара иза. Цунна т1ехь дашо варкъ доккхуш 1аьрбийн йозанца йаздина дара масех дош: «Х1ара турпал а, говза т1емало а ву, лом санна, дера мостаг1чунна чукхоссалуш».
482 Бекхаман лаамах дуьзна дегнаш кхехкачу оцу йуккъехь веккъа цхьа Аьрзу лаьттара, лам санна, собаре, вист ца хуьлуш, воьг1ча санна, шен хьарг1ачу динахь. Тамаша бара, оцу шен б1аьхоша детта маьхьарий цунна хаза а хазахь. Лекхачу хьаж т1ехь гора к1орга ойла.
483 Шемалан эскарехь шен хьуьнаршца а, майраллица а г1араваьллачу оцу кхааб1аьнчо, схьахетарехь, мостаг1чун гуо хадо мела меттиг лоьхура. 1ожалла йа маршо! Оцу болатан гоьргана т1аьххье чухецайелира дошлойн жима ковра Амма царах цхьа ткъех стаг бен ца велира гуонах ара
484 Чевнаш хиллачаьрца вара некхах тоьпан х1оъ бисина Косолапов а. Т1аьхьадаьллачу орцанера бевлча, ламанан чехкачу хил дехьахь сада1а севцира уьш. Косолапов вала гергавахча, чевнаш хилла вуьш а битина, берриш а цунна т1е гулбелира.
485 Коьрте хиъначу Маккхала шабарца йеса доьшура. Бисинарш тапъаьлла 1ара. Косолаповн к1айделла балдаш халла хаалуш диэлаозийра... Со воккхаве кху дийнахь... ламанан аьрзу санна, маьрша а волуш, айса 1ожалла т1еэцарх... Бераш даккхий хиллалц, церан доладер аш, шаьш дийна дисахь.
486 ... Сан к1анте, со муха ваьхна а, муха велла а дийца... Ша къастор цо... муьлхачу новкъа ваха веза... Сан дакъа... Т1елхагна т1е кхачаделаш... йуьртан кешнашка д1адоллийта... Тхо дийна а долуш, Косин Жабраилан берашна х1ума оьшур дац хьуна.
487 Тхайн доьзалш мацалла балийтина а, хьайниш бузор бу оха. Косолаповс шен ши б1арг Василийна т1ебуьйг1ира. Косолаповс ши б1аьрг хьаббира. Шен махкана генахь 1ожалло хьовзийначу стеган дог суна дика хаьа. Цо сатосу винчу махке, ненан маттахь стаг вистхуьлу хазаре.
488 Оьрсаша а, нохчаша а Далла г1уллакхдар баш-башха делахь а, амма Аллах1на хьалха цхьаъ ду вай. Тхох бехк лаций ца 1аш, хьайна луъучу маттахь Васале хьайн дагара далхаде. Хьо винчу махкахь йижарий-вежарий а ма бу хьан. Шуьшиъ парг1ат вуьту оха.
489 Косолаповс халла хаалуш корта ластийра. Цо ч1ог1а та1ийначу нег1аршна йуккъехула б1аьрхиш 1овдаделира. Хьо тера вац кхечу молланех. Х1аъ, бу, дера, сан-м винчу махкахь йижарий а, вежарий а, гергара нах а. Суна уллера цхьа а д1а ма вала.
490 ... Сан даймохк, йиша-ваша, сайн халкъ ца дезаш ца ваьлла со шуьгахьа. Бусалба дин керста динал тоьлуш хетта а ца вирзина со цуьнгахьа. Сан даймахкахь харцо йу. Сан халкъана т1ехь латтош къиза 1азап ду. Оцу харцонна, оцу къизаллина дуьхьалваьлларг т1епаза войъу цигахь.
491 ... Шу шайн коча йоьллинчу харцонна дуьхьал маршонехьа г1евттинера. Иза дара со шун аг1онгахьа ваьккхинарг... Амма кху ткъа шарахь цхьа минот а йацара суна сайн даймохк, халкъ, сайн йиша-ваша дицделла... Васал, Вася... Со цуьрриг дохко ца ваьлла кхаьргахьа волуш айса тесначу г1улчана.
492 ... Варийлахь, Вася, хьо а ма ваьллахь дохко... Вайн узарш ца хезачу дворянийн эпсарша вайна даймехкан йамартхойн ц1е тиллина... Амма и бакъ дац... Косолапов ц1еххьана д1атийра, г1ора кхачийна. Кхехкаш к1ежтуьйсу кийра сацо ницкъ ца тоьъна Василий, цуьнан некха т1е а воьжна, дог1анах вилхира.
493 ... Василийн ч1ог1а доттаг1алла тасаделира Дакашца. Гати-Юьрта веана иза Дакашан х1усамехь сецира. Дукха хан йалале хиллачу йуьртан гуламехь гатийуьртахоша, цуьнга има а диллийтина, шайн йукъаралле д1аийцира иза. Оцу дийнахь цунна керла ц1е тиллира Лапин Васал аьлла.
494 Бакъду, нохчийн а, оьрсийн а шина к1ентан вошалла гена ца делира. И шиъ цхьаьнакхетта шо кхачале Дакаш вийра. Х1етталц даим а самукъане, векхавелла хуьлу Васал Дакаш вийначу дийнахь дуьйна кхоьлина, ойлане висира. Ц1етоьхначу вешица д1айахара цуьнан дуьненан самукъе.
495 Делахь а, Дакашан вежарша, шена Мархет йалийна, бахам вовшахтоьхча, цо берриг шен ницкъ а, т1амах мукъаваьлла хан а д1алора доьзалний, бахамний. Амма цуьнан кертахь даьхний ца кхуьура. Цамгарх лара халла денбина йетт а, сту а, говр а.
496 Паччахьан эскарш Гати-Юьртана т1елетча, дагочу ц1еношна йукъахь нислора даим а Васалан миска х1усам. Шо-шаре мел дели, бахам иэшара, ткъа доьзал стамлора. И дара Васал дакъазваьккхинарг. 1. осин. 1. ожалла. Къахетац дуьнена ваьллачу йа веллачу стагах.
497 Къахетац бахам, ц1ай, ахчий дайначу стагах а. Уьш цхьа а цуьнан ма дац. Эпиктет. Кешнийн кертара араваьлла Васал шен кха долчухьа д1аволавелира. Амма шен доьзалан дахар цунах дозуш волу иза, хьаьвззий воьдий, цунна т1ех1уттура.
498 Моьттура, кху маьршачу лаьмнашкахь шена маршо карор йу. Амма оьрсийн помещикийн д1аьвше м1араш кхуза а кхечи. Цхьана кога г1амий, вукху кога ж1арий лаьцна, кху лекхачу лаьмнаш т1е хии ши корта болу ц1ий муьйлу аьрзу. Хьаннаш, ч1ажаш декадо паччахьан т1еман-колониальни г1уллакххойн йаппарша.
499 Вадарх ца вели Васал оцу харцонера, къизаллера, къоьллера. Амма кхузахь иза шен дег1ан да ву. Цуьнан зуда цхьаммо а сийсазйийр йац, цуьнан бераш толлучу ж1аьлех а, говрех а хуьйцур дац. Кхузахь адамаш къоьллина, къизаллина, харцонна к1ел ца совцу.
500 Цара дера дуьхьало йо харцонна. Леш хилла ца баха, герз буйнахь леташ ле. Кхузахь цхьаммо а цхьаьнгге а шен ц1оганах серий ца доьттуьйту. Ша сийсазвинарг тухий вожа а вой, обарг волу. Маьрша а волуш къийсамехь 1ожалла т1еоьцу.
501 Иштта валар ловзар ду. Васална биц ца ло генара вина мохк. Цунна бус-буса г1енах дуьхьалх1уьтту иза. Боккха там хуьлу г1енах иза гуш, ша цигахь ненан мотт буьйцуш. Ткъа самаваьлча, дуьне кхоьлина хетало. Йетт а, йеара старг1а а йоьжна, урд аха г1ерташ воллучу М1аьчигна т1е1оттавелира Васал.
502 Йуьхь лаьцна, хьайбанаш хорша д1аийзадора дерзинчу дег1а т1е машин этт1а чоа а дуьйхина, баь1аша йеринчу настаршца когаш1уьйра волчу пхийтта шо хенарчу к1анта Коьрас. Ткъа цул жимахйолчу йо1а, пхонан сара бетташ, хьацар к1ур хилла, т1елоьхкура уьш.
503 Амма М1аьчига шина а куьйга баьлча мел ч1ог1а те1айарх, нох ца летара кхарзаделлачу, т1е къух даьллачу лаьттах. Дела резахуьлда хьуна а, Васал! Во-о-хьа! Совцал, бераш Жимма сада1ийта цаьрга Ахь х1ун до, Васал, хьо лаа вуй? Нох д1а а карчийна, шен г1арло доьллачу куьйга Васалан куьг лецира цо
504 ... К1адделла багах чопаш туьйсу хьайбанаш дажа а ца кхевдара. Йетт ша болчче охьабижира. Бераш могаш дуй? Мархет мича хьолехь йу? Валлах1, ва биллах1, Васал, х1окху т1аьххьарчу деношкахь шун цига х1отта кхиош ма вац со Бераш а дика ду
505 Зуда а, иштта, шен цамгар токхуш йоллу. Жимахволу к1ант Юсуп вара тхан кху некъехь хорша оьхуш. Цунна а х1инца г1оли йу. Хьо-м цхьа хаза г1уллакх деш воллу. Х1окху хьардашна т1ехула нох хоьхкуш, котамаша м1араш тийсича санна йо-кх.
506 Т1ехула т1е, аха кха мичахь ду? Делан балица д1айийнарг хьалакхиахьара а йара цхьа лар Цхьана а шарахь ши гали хьаьжк1аш а ца йевлла суна х1окху т1ера Дена не1алт хиларна, Хорт1ина декхарийлахь вай со-м Амма со дийна а волуш-м хир дац иза
507 М1аьчиг цецваьлла Васале хьаьжира... Макхвелла Васал, доьхкарх доллу жоммаг1а катоьхна схьа а даьккхина, некъ ца лоьхуш, дуьхьал дол-долчухула шен кха долчухьа д1ахьаьдира. Д1адаханчу шарахь-м Васал воцчийн а дукха дисинера ахаза ардаш.
508 Нахарна дожа сту-буг1а долуш иттех доьзал а бацара йуьртахь. Амма цул т1аьхьа, шишша ца нисбеллехь а, цхьацца сту нисбеллера дукханна а. Т1ом сецначул т1аьхьа маршо йелира аренца йолчу оьрсийн йарташка эха. Оьрсашца тасаделлачу хьошалло дуккха а пайда белира нахана.
509 Х1етталц царна х1ун йу ца хиъна аьчган нох а, мекха а деара йуьрта. Бакъду, уьш 1осин а, Хорт1ин а бен дацара х1инца цкъа. Амма церан мекханаш гиначу цхьаболчу наха, иштта аьчган цергаш а йетташ, дечиган мекханаш кечдира шайна.
510 Шайн стерчий долчу йуьртахойх цхьаъ бен вацара 1елин т1еваха б1обулуш. Иза вара лахо чохь вехаш волу Акхболатан Ахьмад. Амма цаьршимма вовшийн ч1ог1а г1о лоцура. Амма аьрру куьйга а болх балуш волчу Ахьмада башха даз ца дира шен чолакхвисар.
511 1уьйранна хьалххе г1еттина 1ела, ша ирзу т1е вахале, Ахьмадах кхета дагахь, охьачувоьссира. Амма балхана т1ера зоьртала Ахьмад ц1ахь ца карийра. Цигара йухавирзина вог1учу 1елина урамехь дуьхьалкхийтира т1ехула ховшийна бераш а, т1аьхьатесна йетт а болуш сал-палах йоьттина йог1у стерчийн ворда.
512 Стерчий геннара девзира цунна. И шиъ Жаьнтамаран ши сту бара. Жаьнтамар а, цуьнан ши к1ант а т1аьхьа вара, шаьш новкъадохучийн 1одика йеш соьцуш... Шина Терка йуккъе. 1елин чам байра. Вуьшта а к1езиг бара йуьртахь бисина нах.
513 Вешан латта г1алг1азкхашна а, вешан эпсаршна а далийтина, х1инца иза йолах йа йукъахь лело, цига эха дуьйладелла-кх вай. Амма цунна дика вевзара кураллех чо шен дег1аца боцу догдика 1ела. Хаьара, цо х1уьттаренний, гамонний дош эр доцийла.
514 Ткъа тхан долахь т1е верта даржжол а латта дац. Хьун хьакха а ницкъ бац. Марша г1ойла, некъ дика хуьлда шун! Далаза дисахь, гур ду вайна Жаьнтамар ша Гати-Юьртара вацара Иштта хьалабаьхкина доьзалш 1аламат дукха бара Нохчмахкахь
515 Вуьшта а гаттехь бохкучу кхузарчу бахархошна лаьттан къоьлла йаьллера оцу адамех. Цара сатуьйсура, т1ом толамца чекх а баьлла, шайн махка йухадерзаре. Кхузахь гуттаренна а совца ойла йоцчу церан дог ца летара хийрачу йуьртах, адамех.
516 Т1ом болчу хенахь церан догъоьцура бухарчу наха. Иза чекх ма-беллинехь д1аг1ур болуш, цкъачунна т1ебаьхкина хьеший лорура уьш. Т1ом чекхбелира х1орш оьшуш. Г1алг1азкхийн йарташ йисира кхеран лаьтта т1ехь, ткъа хьошалара бевллачу Жаьнтамарг1еран сий дайра кхузарчу йарташкахь.
517 Йуьртахоша боькъуш мехкан дакъа а, кхеташонехь куьйган бакъо а йацара церан. Дерригенан ойла йича, 1елас бехк ца буьллура царна кхелхина бахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг мохк наха д1алаьцнера Хьалха-м, доьзалехь к1ант кхиъча йа йуьртана т1е стаг веача, цунна дакъа доккхура, хьун хьокхий
518 Х1инца хьун хьокхур йу олийла а дацара. Йерриг хьун 1едало шен дола йаьккхинера. Тахана Айза ц1ахь а йитина воьдура 1ела шайн ирзе. Цигахь дан дезаш ладам боццу г1уллакх бен ца дисинера. 1аьрчхехь делкъан ламаз дина, Ахьмад волчу вахара 1ела.
519 Мекха д1ахецна, стерчий дажа д1а а лаьхкина, кхура к1ел бай т1ехь аг1орваьлла 1аш карийра цунна иза. Могаш-парг1ат хаьттинчул т1аьхьа ша деана г1уллакх дийца вуьйлира 1ела... Стохка а висина иза шен кха денза. Чохь йалх бер ду.
520 Тховса лер, кхана йу ца хууш, к1елйисина меттахь 1уьллуш зуда а йу. Васал ша заь1ап стаг ву. Чохь хьакхо рицкъа дац, кхушара кха денза бисахь, мацалла балар бен дац церан. Мел ойла йарх, уьш диэха хьоьгачул б1обулуш стаг ца карийна, веана со.
521 Шина стараца ахалур долуш кха ма дац цуьнниг. Дукха хан йу иза ахаза 1уьллу. Маца деза шуна? Хабарна т1ера воцу Ахьмад 1елин хеттаршна доцца жоьпаш луш 1ара 1елин г1уллакх чекхдаьллий хиъча, г1еттина, кхуран генах кхозу таьлсаш схьа а эцна, оцу чуьра сискаллий, к1алддий схьайаьккхира цо
522 Кхин меца воццушехь, к1олде безам бахана, т1ехилира 1ела. Ирх-пурх а, йалта иэца деза. Ас-м цуьний бен ойла ца йо. Кертахь бежанаш, уьстаг1ий долчара-м оьцур дара иза, тхо цхьадолчара х1ун дер хаац-кх. Цара гурахь дийна к1а хаза т1едаьлла.
523 Цара дуьххьара дийна и вайн махкахь. Шортта латта долчара дийча тарло иза, амма, со санна, цхьа ирзон коржам бен йоцург, цу т1е к1а а дийна, охьахаа ваьхьар вац. Цул сов, эвсаре доцуш йалта а ду, хьаьжк1ел иттазза-пхийттазза к1езиг долу а, боху, иза.
524 Дала дуьне делла стаг ву уьш кхоъ. Устазаша шайна улло а уьш хийшабо, 1едало а уьш лоьру. Вай пекъаршна дуьне а доьхна, эхартахь хиндерг а хаац. Ши-кхо де хьалха 1оса веанера Васал волчу. Кха дохка бохуш, хьийзаво цо иза. Сискал 1уьйшучуьра а сецна, 1елега хьаьжира Ахьмад.
525 Резахуьлий ткъа важа? Цхьанне а цуьнан боьха ц1ий шена т1елаца ца лууш, кху хене йаьлла и хьакха Д1адаханчу 1ай йухалург 1осера цхьа гали хьаьжк1аш йаьхьна цо Йа и хьаьжк1аш схьало, йа кха шена дита, боху х1инца 1осас Делах ца кхоьру, нахах хеташ иэхь а дац
526 Эххар а цхьана декъазчун карах лийр ву хьуна и! Кхуран бухе х1оттийна кхийра ч1уьжалг схьа а эцна, цуьнан бертера 1аь1ийн хьокхаргийн горгам д1айаьккхира 1елас Ша вог1уш стерчий дехарал сов, кхин а дара цуьнан дагалаьцна Амма Ахьмаде и хьахо дарехь ца х1уттура 1ела
527 1осина д1адала йалта дац. 1едало а, шар1о а, вайна ма-хаъара, 1оса толор ву. 1ела, шен къамел а сацийна, Ахьмаде хьаьжира. Ахьмадан йеха йуьхь макхйелла гора, дукъ сеттинчу бехачу меран 1уьргаш оьг1азе сийсара. Вайна ма-хаъара, Васал цхьа пхьарс чолакх, шен тайпа-тукхам доцуш стаг ву.
528 1осин бераша шайна т1е-м лаьцнера иза, амма царах а кхоъ бен дийна вац. И гали хьаьжк1аш 1осина йухайерзоран ойла йора асий, Чорассий. Тхойшиннан ц1ахь дац гирда кхочуш а йалта. Нахера жим-жимма вовшахтоьхча, цхьа гали гулйала мегара.
529 Аьрзуй, Маккхаллий ц1ахь хилча-м, царна цхьа некъ карор бара, и шиъ кестта ц1а кхочий хаац. Ткъа 1осас Васална делла кхо де селхана чекхдаьлла. Ахьмад хьалаг1еттира. Суьйранна со аравер ву оцу г1уллакхна. Амма 1осина моьттург чекх-м дер дац!
530 ... 1ела д1авахча, дикка х1оьттина лаьттира Ахьмад. Цкъа ойла хуьлура цуьнан, мекха баккхар дитина, ши сту хьалха а лаьллина ц1а ваха, Васална орцахвала. Т1аккха, ши сту бала 1елина делла дош дага а дог1ий, соцура. 1осас лелочу х1уьмалгаша доллучух догдаьккхира цуьнан.
531 «Йа Аллах1, боккха болх бу-кх кху адамийн сутаралла. Гонд1арчу къаьмнашлахь элий бу, цара нах бацабо бохуш, тхо кхаьрдинарг х1инца тхуна т1едог1уш лаьтта-кх. И ц1убдарш довларна кхоьруш ма лецира оха Шемал тхайна т1е, маршонан дуьхьа ма 1енийра тхан халкъо кху дезткъа шарахь шен ц1ий!
532 Амма уьш йукъадаржа доьлла. Дела, Хьуна хастам бу-кх...». Ахьмадах д1акъаьстина 1ела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа д1авахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-к1еда, т1е колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.
533 Шайн ардаш т1ехь белхаш бечу нахаца т1екереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана т1е дог1анан т1адам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина к1еззиг йокъа а кхераме йара.
534 Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо к1еззиг йокъа а тоьура. Амма иза йуххешха т1ехваьлла Хорт1ин кха кхечарех къаьстара. Аьчган нахарца к1оргга б1ал боккхуш, т1ехула аьчган мекха хьийзош шардина иза, к1алд санна, гора.
535 Хьаьжк1аш йийначу цунна уллохула д1а кхин цхьа урд дара цуьнан т1едаьллачу к1ено сендина лаьтташ. Кхечахьа цхьанхьа-м бийна мукх а бара Хорт1ин. Цул сов, йуьртарчу пхеа-йалхамма вовшахтоьхна, аьхкенна лам т1е дигна даьхний а дара.
536 И бахам т1еман заманахь 1а1ийнера Хорт1ас. Йуьхьанца цхьа кег-мерса х1уманаш йухкуш баккхал лело волавеллачу цунах иттех шо далале, шен долахь туька а йолуш, ц1ейаххана совдегар хилира. Цунна дуьхьало йацара паччахьан 1едалера.
537 Бакъду, Шемала ч1ог1а дихкинера, эчиг оьцуш бен оьрсашца махлелор, амма Хорт1а даим а ахчанца к1елхьарволура. Х1инца Шемал а вацара цунна новкъарло йан. Соьлжа-Г1алахь а, Г1изларехь а Хорт1ин сий дара. Геннара гира 1елина Васалан кхан йуьхьиг.
538 И охуш, йалх сту а боьжна, х1инцале ткъех гуо баьхьна, ши стаг воллура. «Мила ву-те оцу мисканех сайчул дог лезна араваьлларг?» Амма дерриг кха гучудаьлча, цунна гира вукху йуьххьехь говрахь лаьтта 1оса 1ела кхийтира дерригенах а
539 Сиха вахана 1ела уггар хьалха ахархошна т1ех1оьттира. Охуш волу шиъ цхьанхьара-м йолах веана ши къехо вара. Ши стаг 1оса волчухьа д1ахьаьжира. Ахархой боьхна хьаьвзира. 1осега хаттахьа иза... 1елас, стерчашна хьалха а х1оьттина, дукъа т1е куьг диллира.
540 Йа ахь нуьцкъала дохкийтина? Ваша ву, шича ву, тайпанан ву? Цо мухха доьхкича а, ас мухха эцча а, хьан х1ун г1уллакх ду? Цунна эшначохь цуьнан ваша! Кхузахь г1овг1анаш хезча, лулара кхаш т1ера нах, цхьацца-шишша вог1уш, т1егулбелира
541 Царах цхьаберш, г1уллакх мичахьа долу хьуьйсуш, ладоьг1уш, оьг1азе х1иттина лаьттара, ткъа г1еххьачул тароне цхьа-шиъ масла1атна йукъавуьйлира... Х1ара х1ун ду? Шен да хьахош 1елас ц1е йаьккхича, йуьхь т1ера бос хийцабелира Ловдин
542 ... Оьг1азе шен дега хьаьжира Ловда. Амма 1оса, цхьана луьйтанна т1евазлуш, ах сонара а вирзина, шеквоцуш хьоьжуш лаьттара шена гуонаха хуьлучуьнга... 1осин йаккхий мер1уьргаш севсира, шад х1оьттира хебначу хьажа йуккъе... Генавала суна.
543 Х1ун до ахь, Мулкалмот санна, т1евекаш! Амма Ловда ша лаьттачуьра меттах ца велира Васална лаац цхьа урд бен доцу шен латта дохка Айхьа ойла йехьа, Ловда, кху уьрдах ваьлча, цо х1ун дан деза? Ахь а, ас-м а хьун хьаькхна а доккхур дара
544 Ткъа заь1апчу Васала? Иза реза вац кха дохка Иштта дуй иза, 1оса? Гурахь йухалург йеллий ахь? Собарде х1етталц Кху т1ейевллачу татеша хьаьжк1аш латорга дог-м ца доху ахь? Д1айаккха кхузара гота! Ма х1иттаде тхо йуьхь1аьржа! Б1оча, д1айахийта гота!
545 ... Т1ехьаьддачу Ловдас 1осин говран урх лецира. Ма х1иттаве со нахана йуккъехь йуьхь1аьржа. Ма кхачаде сан собар! 1осас к1антана шед айъира Амма йукъабоьллачу наха, озийна, Ловда йуьстахваьккхира Ма х1иттаде вай йуьхь1аьржа Х1инца мукъана тоийта
546 Хьох тхо къаьстина дукха хан йу, нахах мукъана ма даха тхо. Цхьа ваша вейти ахь тхан, важа, Сибрех хьажийна, т1епаза вайна. Тхо висина кхоъ уьш дицделла 1аш вац хьуна. Ма иэгаде тхо къила. Хьо-м цхьа ког кошахь лелий. Ма байъа вуьшта а хьайга к1езиг болу нехан безам вай массарех.
547 ... Амма 1осина ца хезира к1анта доху бехкаш, туьйсу кхерамаш, диэн дехарш. Доьхкарх йоллу тапча схьа а йаьккхина, з1ок йуха а оьзна, буьххьерчу мокхазарей, лергарчу молханей хьаьжна, сутара ши б1аьрг к1антана т1ебуьйг1ира цо.
548 Оцу готанна аьттехьа ваханарг ас тоьхна вожор ву. 1осин важа ши к1ант гучу ца волу-те аьлла д1ахьажавеллачу 1елина гира, гоьлех йеттало йоккха шаьлта шен чолакх куьйга сеца а йеш, каралаьцна ж1оммаг1а а долуш, охана т1ехула схьахьаьдда вог1у Васал.
549 Махо ловзайора цуьнан этт1ачу чоин бехчалгаш, йуьхьа т1ехь къегара хьацар. Моханечу цо цхьа доьхнарг дарна кхеравелла, 1ела цунна дуьхьалвелира. Амма девне вала ойла Васалан шен а ца хиллера. Сан доьзал мацалла х1аллакбан г1ерта хьо?
550 ... Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш? 1ела цецволуш собаре хиллачу Васална х1инца моха йеара Делах а, нехан не1алтах а ца кхоьру иэхь дайна г1изби! Д1айаккха кхузара хьайн гота! Стерчашна т1ехьаьдда Васал царна б1останехьа ж1оммаг1а детта вуьйлира
551 1осин ши ахархо йуьстахъиккхира... Амма йуьхьа т1ехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь т1е ц1ен арс х1оттийра. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Къаьхкина, ткъех г1улч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.
552 Х1инца а к1ур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна т1ехула д1а хьуьнха воьлла, къайлавелира... Доттаг1ий. ...Хастам лекхачу лаьмнашна, Шийлачу шаша хьулдинчу! Хастам хуьлда турпалхошна, Дала ца бицбинчу! Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам, Сийлахь маршо а шуьца йу!
553 ... Т. Г. Шевченко. «Кавказ». Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, сада1ар х1ун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина г1аттам корта боцуш бисира. Х1ор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн т1еман тхьамданаш.
554 Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн б1аьхой т1аьхьа а х1иттийна, йиллинчу метте д1агулбала. Амма 1ай Шелана уллохь хиллачу г1уллакхо доккха ков даьккхинера церан т1еман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара г1аттамна т1ехь куьйгалла дан деза масех стаг.
555 Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех 1еламстаг а д1аваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. Т1ехула т1е, Нохчийчу далийна керла эскарш... «Нагахь оьрсийн паччахьан кхечу пачхьалкхаца кестта т1ом болалахь? Де, стигалахь марха йоцуш, къегина малх хьаьжна дара
556 Хезара ахархойн г1ийла иллеш, йукъ-йукъа стерчий чехош детта маьхьарий. Берешца цхьаьна ойлане йаьлча санна, г1ийла кортош а охкийна йог1ура цаьршиннан говраш. Хьалхаваьлла вог1учу Данч1ин к1анта Болата, цхьана минотана а сацам боцуш, шена дага деъ-деънарг дуьйцура.
557 Сту Бийначу Ара бевлча, берешна хьалха схьах1оьттира Шелара редут. Кху арахь ц1ий 1анийра церан накъостийн. Шиннен а б1аьргашна хьалхах1уьттура оцу дийнан ирча сурт. Суна сайн шина б1аьрга гира и дерриг а! Хьуна муха ца вевза иза?
558 Тахана а ма вара иза-м тхоьгахь! Хьалхарчу дийнахь дуьйна вара тхойша наха лелочуьнга хьоьжуш Дуккха а адам гулделлера Шела Маь1-маь11ера баьхкинера уьш Зударий бара дуккха а Шина дийнахь дехарш дира цара инарле, Киши-Хьаьжа схьавоьхуш
559 Ткъа инарлас шина а дийнахь 1ехийра уьш, схьалур ву бохуш, амма эххар а элира, паччахьера пурба ца хилча шен иза йухалойла дац. Киши-Хьаьжа генна Сибрех д1авигна, иштта сиха схьакхачалур вац аьлла. Наха дуьйцура, инарла харцлуьй, Киши-Хьаьжа Соьлжа-Г1алин набахтехь ву бохуш.
560 И набахте х1ун йу, Маккхал? Жима ву хьо, ас дийцича а, х1инца кхетар вац Шен хаттарна дуьхьал кхачамболлуш жоп ца хезча чам байна Болат, доккха са а даьккхина, сецира, амма, шена гинарг дийцаза ца 1авелла иза, йуха а къамеле велира
561 Кхечу йарташкара баьхкинарш нахе пхиппа, йалх-йалх д1атарбелира. Нагахь дала дезаш меттиг х1оттахь а аьлла, наха хьалххе шайн дог1маш ц1андира. Цхьаберш Басса чохь лийчира. Охх1ай, ма шийла де дара иза! Х1етте а лийчира уьш шийлачу хи чохь!
562 Цхьаболчаьргахь шайна кечдина марчонаш дара. Зуькарца, 1асанашна т1е а тийжаш, кху арахула г1опе буьйлабелира уьш. Цаьрца вара со а, Соип а. Моьттура, хьалха санна, х1умма а ца хуьлуш, тхаьш ц1а доьрзур ду. Г1азот даккха, к1ентий!
563 » Ткъа дошлой, тарраш даьхна, хаьн т1ехула гуо лаца бог1ура. Т1аккха йукъ-йукъа нехан маьхьарий девлира: «Йа Аллах1! Йа устаз! Киши-Хьаьжи!» Йаккхийчу тоьпашна уллорчу салтийн карахь к1ур туьйсура милташа Салтий гуттар а гергаг1оьртича, шаьлтанаш а йаьхна, нах царна чухьаьлхира
564 Т1аккха сой, Соиппий йухаведира. Т1ейетта йолийра кегий а, йаккхий а тоьпаш. Оцу дийно дегнашна йиначу чевнашна моьнаш хьовзазчу Аьрзун а, Маккхалан а кийра ц1е кхерстира. Цаьршинна карлабелира Кунта-Хьаьжа лаьцна вигначу деношкахь Эвтарахь хиллачу кхеташонера шайн къовсам.
565 Кунта-Хьаьжа лаьцначу йукъах пайда а эцна, бенойн Солтамурд а, зумсойн Залма а, гиххойн Вара а г1аттам д1аболо беза бохуш, оцу т1ехь сецира, ткъа Кунта-Хьаьжин герггара векалш молланаший а, хьаьжой а бара. Кунта-Хьаьжа Делан лаамца лелаш стаг ву, иза лацар а Делан лаам бу.
566 Шун г1уллакх дуй ткъа, Делан кхиэл йохо г1ерта? Г1аттамехь дакъалоцучу нехан 1алашо бусалба дин ч1аг1дар йац Адамашна латтий, маршой оьшу Цундела тхуна лаац, Кунта-Хьаьжа лацарх доьзна, цхьа а кечам боцуш, ц1еххьана г1аттам боло
567 Иза цхьана-шина дийнахь хьошур бу. Эрна ц1ий 1енар ду. Баьччанаш лецна Сибрех бохуьйтур бу. Х1инццалц хьегна къа дов. Цул сов, тхо цхьадерш дуьхьал ду паччахьан 1едале дехаре даха а. Г1аттаман т1еман тхьамданех Солтамурд а, Залма а, кхин масех стаг а Берсиний, цуьнан бартахошний т1етевжира.
568 Биснарш, шайна йуккъехь массарна дарвелла Вара а волуш, Къаьхьарма-Хьаьжегахьа бевлира. Оцу дийнахь боьхначу барто Сту Бийначу Арахь ц1ий 1анийра бехкбоцчу дукха адаман. Цул сов, Шелахь ц1ий1анор чекхдаьлча, паччахьан 1едало д1алийцира хинболу г1аттаман ах куьйгалхой, цаьрца бертахь болу 1еламнах.
569 Маьрша бисинчех дуккха а коьртахой, тайпанийн т1еман тхьамданаш а, кхерабелла, севцира. Х1инца дерриг а йухадоло дезара. Цуьнан ойла йора Маккхалий, Аьрзуссий, хаддаза цхьаъ дуьйцучу жимачу Болате ла а доьг1уш. Хьанна хаьа, вайга ладоьг1уш цхьаъ хилахь.
570 ... Хьоьга ладоьг1начо цхьаммо а эр дац, хьо шозза лам чохь хилла. Самонна дика ца 1амийна хьо къеначу Залмас. Шен г1алатна бехкалвахана Болат, иэхь хетта, корта а та1ийна, вист ца хуьлуш сецира. Болата, саца а сецна, охьа чу п1елг хьажийра.
571 Царна к1ел шовда ду. Говрашна церг хьакха бай а бу цигахь. Шуна ца гуш стаг т1евог1ийла а дац. Ший а цигахь саца, со сихха йухавог1у. Цигара цунна дика гора ша Аьрзуй, Маккхаллий т1ехьажийна шовда а, лаьхьа санна, сетташ ломах охьабог1у г1ашлойн некъ а.
572 Оцу новкъа схьаван везара Берса. Амма гуш х1умма а дацара. Гонд1а б1аьрг бетта к1ордийначу Болата шен этт1ачу г1овталан чухула хечин борчах йоллу тапча схьайаьккхира. Вуьшта а ц1еначу цунна леррина б1ег1аган куй хьекхна, мокхазан иралла а зийна, цхьацца х1уманна нийсалла хьежо велира иза.
573 Амма цо сих-сиха б1аьрг тухура г1ашлойн новкъа хьала, охьа, шовдане. Дукха хан йалале г1ашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йог1ура. Болатна б1аьрг ма-кхийтти бевзира к1айн сет а, к1айн когаш а болу Берсин расха дин.
574 Даим г1айг1ане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина к1ожам бага а лаьцна, г1одаца охьа а веана, лахарчу гаьн т1ехь сецира Болат. Попа к1елхула волучу Берсина букъах цхьа х1ума кхийтира.
575 Болат б1аьрнег1ар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа т1е дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча. Кхеравелин хьо! Ша т1ехь 1ачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат Хьий, йилбаз, йа1! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?
576 ! Данч1ин к1ант хир вацара, сан доттаг1 а, жима т1емало а вовр вара! Низам талхорна та1зар дан деза хьуна Кхеравеллачу Болата шен к1есарк1ога м1араш хьаькхира Ма т1емало а ву, ц1улла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший? Амма таханлера г1алат йуха далийтахь
577 ... Берса, вела а велла, к1анте хьаьжира. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостаг1аша дерзинчу куьйгашца а д1алоцур вара... Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, б1аьрг сирла хила беза.
578 Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гуонаха тийна хиларан. Схьадог1у олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, д1адоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вог1урий.
579 Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна ц1ен-к1айн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, б1аьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а.
580 Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со. Ведда вахана, новкъа а иккхина, хьала-охьа б1аьрг а тоьхна, Берса т1евоьхуш, куьг ластийра цо. Амма ахь дийцина сан г1алаташ нийса ду. Хьан 1амийна хьо иштта? Цхьа б1е гергга вара тхо цо 1амош
581 Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла 1амийра тхо Нека-м сиха 1емира суна, амма бедарш, герз а коьрта т1ехь, уьш ца дашош, хих вийла хала дара
582 Тоьпан а, тапчанан а лергара молха т1унделлачунна х1ума тухура Залмас. Дечгаш вовшахтуьйсуш, бурам бан а, цуьнца хи т1ехула лела а 1амийра. Доллучул самукъане дара акхарой йойъуш, церан ц1окарчех катташ дар... Дусий, уьш пхи-йалх вовшахдоьхкий, Органах довлура тхо-м царна т1ехь.
583 Г1уллакх д1адаьлча, чуьра мох д1а а хоьций, таьлсаш чу дохкура. Бурмана дечгаш хедош, уьш вовшахтуьйсуш, уьйъуш лелочул атта а, самукъане а дара иза. Б1аьста-м йаа х1ума а карайора, миччахьа охьавижа а мегара. Амма 1ай хала дара.
584 Тхаьшна даа а, йа говрашна дала а рицкъа доцчу дигира тхо. Лаьмнашкахь каро дезара тхуна дерриг а. Йуьхьанца 1аламат хала дара. Шело, мацалла! Лайн саьнгарш, шан тархаш! Амма т1аьхь-т1аьхьа атта хилира Лай к1ел говрашна йао буц карайора, толлуш, тхаьшна напхина таро а йалора
585 Охх1ай, ма сатийсира оха сискале! Амма сатоха дезара Т1амехь иштта меттигаш дукха нисло, боху Хало-м, дера, лайра оха, делахь а, тхох цхьа а дохко ца ваьлла цигахь 1ай, аьхкий цхьацца бутт баккхарх Нохчийн божабераш физически кхиорах лаьцна оьрсийн эпсарша дуьйцуш дукха хезнера Берсина
586 Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа цхьана-шина шарахь тесна йитина и шатайпа школаш д1адаханчу шарахь дуьйна йуха а болх бан йолайеллера. Церан болх муха д1абоьду хьожуш, цкъа Берса ша а хиллера ломахь. Цо самукъадолуш ладоьг1ура Болата дуьйцучунга.
587 ... Талла, нийса топ тоха, тур-шаьлтанца, говраца хьуьнарш гайта, к1оргачу лай т1ехула, чу а ца воьдуш, лиэла. Бердана, т1улган а, шан а тархашний, дитташний т1евийла. Хьо 1амийний иштта? Хьан леларехь а хиира суна, хьуна х1умма а ца хаьийла!
588 ... Ас-м доьшур дацара цигахь, со вийчи а! Цигахь мел дешнарг мунепакъ хуьлий вог1у ц1а, т1аккха, керстанийн лай а хуьлий, вайнах байъа х1утту Берсас доккха садаьккхира Массарех эпсарш хила аьлла-х даций Дешар-м кхитайпа а дай
589 Амма Болатна хаза а ца хезара Берсас дуьйцург. Вуй, ваши? Дадас цуьнан хьуьнарш дуьйцу суна Аьрзус а 1амийна суна дуккха а х1уманаш Хечин борчах схьа а йаьккхина, Берсе тапча кховдийра Болата Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешна цо
590 Цуьнан коьртехь санна, к1оргера 1илма долуш молла вац Нохчийчохь. Болат цецваьлла Берсе хьаьжира. Ой, иштта делахь, цуьнан коьрта тиллина туркойн пес а, т1ейуьйхина оба а, каралаьцна суьлхьанаш а хила ца дезара? Молла Идиг, молла Махьмуд а, Муьстапа-къеда а паччахьна дукхавеза
591 Маккхал х1унда вац уьш санна? Уьш а, уьш саннарш а вайн халкъан йамартхой бу Ткъа Маккхал санна, майра, хьекъале а, халкъан дуьхьа бала кийча молланаш дукха бац Нохчийчохь Керста а, бусалба а ца къастош, дика адамаш дерриш а дукхадеза Маккхална
592 Цул сов, оьшучу меттехь оцу шен маттал а дика герз леладо хьуна цо, Болат. Хьол тоьлий иза, ваши? «Х1аъ, Аьрзу дукха тоьлу сол Цуьнан хьекъалний, майраллиний т1еоьшург т1еман 1илма дара И шиъ шовдане кхача дукха йукъ ца йисинера
593 Болатна лаьара, Берсица ша цхьа виссинчуьра, дерриг а хетта, дийца. Иза ц1а веача, церан чохь Данч1а йа хьеший боцуш меттиг ца хуьлура цкъа а. Болатна кхин нислур бац иштта аьтто... И къам г1еттинера шена маршо йаккха. Оьрсийн паччахьо шен эскарш дахийтира цига орцах.
594 Оцу эскарца вара со а. Цигахь хьуьнар даьлла, йеллера-кх. Ахь хьайниш х1унда ца лелайо? Йайъина ахь? Йа д1айаьхна хьоьгара? К1анта дуьйцучо цхьа хан карлайаьккхина, г1айг1ане хиллачу Берсас корта хьовзийра Болатан догдуьйхира
595 Д1а а йехкина, ц1ахь йитинехь. Вайшинна оьшуш х1уманаш йацара уьш, Болат. Адамийн ц1ий 1енорна йелла ордалш вайшиннан некха т1ехь товр йац... Ницкъболчо г1орасизниг вуу. Тоьлларг веха, иэшнарг ле. Амма кхечу мехкашкара адамаш кхетам болуш, говза ду.
596 Царна хаьа шаьш лело дезарг. Вайн дайша а ца дешна 1илма, шу а дац доьшуш. Цо галдоккху дерриг а. Вайнахана, дуьххьалд1а майрра латий бен, мостаг1ашца къовса кхин некъ ца хаьа. Цундела вай б1аьрзе х1аллакьхуьлу, 1ехо атта ду.
597 Болата ойла йира. Цунна хаа лаьара и школа бохург х1ун йу. Хьуьжаре х1ун йу-м хаьара. Уьш-м Шелахь а йара. Амма хеттарш дан хан йацара. И шиъ т1екхачаре хьоьжуш, шовданна уллохь х1оьттина лаьттара Аьрзу а, Маккхал а. Доттаг1аша вовшийн доггах маракъевлира.
598 Доцца хьал-де а хаьттина, лекхачу попа к1ел сийначу бай т1е охьа а хевшина, г1уллакхах къамелаш долийра цара. Маккхала резавоцуш корта ластийра. Шелахь йинчу хьовр-з1овро т1ек1елтоьхна дерриг а. Билтойн тхьамданаш Шахьболат а, Умалхьат а, зандакъойн Нуркиша а, Б1аг1ало а шина дага бахана.
599 Вайн барта йукъара д1абовла а лаац, вукху аг1ор, 1едална ц1оганаш а лестадо. Шахьболат а, суьдан къано Саьмби а вовшийн гергара ву. Гезлойн Хасу а стохка дуьйна 1едалца къайлаха йукъаметтигаш йолуш вуй-те, моьтту тхуна. Бакъду, вайн г1уллакхах лаьцна 1едале х1умма а ца олу цо.
600 Шахьболатций, Саьмбиций йолчу гамонна лела. Доцца аьлча, царах тешам бац. Момин Хьотас шен гендарганой, ткъа Ойшин Чомакха шен г1ордалой буйна боьхкина. Малхо йохйинера к1еда буц. Коьрта к1ел куьйгаш дохкуш, ша волччохь аркъал а тевжина, диттийн баххьашна т1ехула д1а стигала хьежа х1оьттира Берса.
601 Хьуьн т1ехула хьийзара талла арадаьлла 1аьржа куьйра. Царах къаьсташ вац Шахьболат а. Цуьнан бага хьаьжна ву Нуркиша а. Молла Б1аг1алона оьрсий б1аьрга ган ца безийла, хаьа суна. И ду уггар зуламениг. Амма, шена дашо сом кховдийча, 1едална вохкавала кийча ву.
602 Ас даим а олуш ма ду, вайн берриг бохамаш оцу цхьаццаболчу стешхачу нахера схьабуьйлу. Делхьа, ма ца воьлху-кх со, царах цхьаберш д1адаханчу 1ай лецна Сибрех бахийтарх. Цара г1азоте кхайкхамаш бар дац ткъа вайн халкъ дакъаздаьккхинарг?
603 Халкъан кхоллам динадайн кара а белла 1ийча, цунах х1ун хир ду? Йа хилларг ца го хьуна? Дуьненахь хуьлуш дерг х1ун ду а ма ца хаьа царна Дерриг церан хьекъал а, кхетам а ламазций, до1анашций бу-кх Йуха а йа г1азоте, йа 1едална муьт1ахь хиларе кхойкхур ду-кх цара
604 Шаьш йовхонехь а, буьзна а хилчахьана, адамашкара бала царна бен ма бац. Т1е, вай д1атоьттур бац кхечу динехь болу нах. Маршонехьа къийса луург, иза муьлххачу къомах, динехь велахь а, вешан байракх к1ел х1оттуьйтур ву. Берса велавелира.
605 Хьуна дика ца бевза уьш. Цаьрга ладоьг1учу халкъана а ма-моьтту шен бохамашна, шегарчу 1азапна а бехке керстанаш бу! Халкъ дацара ткъа паччахьан эскарера уьду салтий т1еоьцург? Вайца цхьана маг1ара а х1иттина, летарш, лийраш и керста салтий бацара ткъа?
606 Муха летара? Турпала! И дерриг дицделла хьуна? Уьш мичахь карор бара-те? Аьрзу вуьйхира 1едало кхерийна уьш Ас дукха ойла йина оцу т1ехь Эрна 1еламнах дуккха а бу, амма къонахий к1езиг бу царна йукъахь Цхьаъ мукъане а вешан, халкъаниг, хила ца мега?
607 ... Макка хьаьжц1а а г1ой, цигара цхьа баьццара оба а, иттех дол чалба а йохьуш, ц1а вола. Некъахь туркойн пес а эца. Кийчча шайх хир ву хьох. Некъана ахча а вайн долуш ду. Хьо реза вуй, Аьрзу? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!
608 ... Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий д1аваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, саг1адоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво.
609 Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах Мел адам х1аллакьхилла уьш бахьанехь? Х1унда боху уьш лакха? Вешан 1овдалалла! Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал Амма иза тахана санна оьг1азе цкъа а ца гинера Аьрзуна
610 Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа г1еттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан г1аттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.
611 Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, г1аддайна веанарг вешан ваша вина т1елаьцна. Оьрсий, гуьржий, х1ирий, г1ебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна 1овдал нах лоьхуш, вайн махка бог1урш.
612 Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а бог1ий, вайн коча ховшу уьш. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу аг1ор д1асахьийзадо. Къуръан т1ера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу.
613 Кара а оьций, куьйгаш т1ехь лелаво. Даош, малош, т1едухуш кхобу. Вешан Мансурах х1ун дира вай? Оцу т1ебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу
614 Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьг1наш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Х1инца иза а йа важа а дац. 1у воцу бажа санна, даьржина лела. Даим д1а т1емаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам.
615 Шаьш б1арздича, х1ораммо а к1елхьарвала некъ лохура. Боьхий, ц1ений ца къестош. И имамаш кхечу къаьмнашлахь х1унда бац? Масала, Х1ирийчохь, Г1ебартахь, Чергазехь? Бахьана стенах доллу? Кхетамах Хьекъале стаг ша саннарг 1ехо ца г1оьрта
616 Г1уллакх хир доцийла хаьа. Шел 1овдалниг лоху цо. Ас ц1ераш йаьхначу мехкашкахь, Нохчийчохь санна, бодане къаьмнаш ма дац. Къуьно къола серлонгахь ца до. Къуьнна бода а, барт а боцу меттиг йеза. И ший а Нохчийчохь долуш ду. Цундела нах 1ехо луург кхуза вог1у.
617 Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай 1ехош, т1ум санна, даа. Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, к1уьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах. Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар.
618 Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан 1илма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. Х1оранна а ша эла хета. Т1елхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.
619 Берса охьахиира. Иза лоьрура сирбеллачу къеначара а. Цунах дагабийла бог1ура Х1ирийчуьра, Г1ебартара, Чергазойн махкара. Иза вуьйцу хезна, ган веана гена махкара цхьа эла. Цуьнан куьце, ницкъе, хьоле а, бахаме а хьажа. Веана кхаьчна иза воккхачу стеган йуьрта.
620 Д1аса б1аьрг тоьхна. Хаьттина эло, х1окху эвлара мукъане а вуй и ц1арна а ц1ейахана хьенех. Цунна цхьа лаппаг1а гайтина, кхечарах къастам боцуш. Х1ара кет1ахь сецча, т1евеана дукхе-дукха безамехь воккха стаг а, куьце виъ к1ант а.
621 Иэца ма-веззара т1еэцна хьаша. Х1усамна чувахча, кхин а цецваьлла иза. Гуобаьккхина къоьлла. Хьаша кхача биъна ваьлча, г1уллакх хаьттина х1усамдас. Ас лоьху стаг наха, хьо ву, боху. Къечу стагана хала ду къонах хила. Махкахь а, махкал арахьа а вевзаш стаг муха хилла хьох?
622 ». Воккхачу стага жоп делла: «Суна а, сан х1усамнанна а вовшийн дезара. Охашимма вовшийн сий дора. Иза гучу тхан бераша а лийрира со. Доьзало сий деш, лоьруш гича, лулахоша а лийрира. Лулахошна со стаг хетча, йуьртана а хийтира.
623 Йуьрто сий деш гича, махко а сий дира сан. Махкахь йахана ц1е гена мехкашка а кхечира. Нахана со ву моьтту стаг сох винарг уггар хьалха сан х1усамнана, т1аккха доьзал а бу, хьаша». И хабар а дийцина, цунах жам1 ца деш, йуха а д1атевжира Берса.
624 Вай хьалха ма-аллара, стеган сий шегара, шен доьзалера долало. Уггар хьалха ваьш лера хаац вайна. Эрна ца аьлла Шемала: нохчийн шайн диканиг лакхавоккхуш гу а бац, вуониг чутосуш ор а дац. Б1аьрзе ду вайн халкъ. Гихь элий а боцуш.
625 Варх1ий дайшкахь дуьйна дуьненан цхьана а паччахьна хьалха корта а ца та1ийна. Х1инца а та1о ойла а йац. Оццул дакъаздаккхий а ма дийцал аш вайн г1уллакх. Царал сов, т1ебаьхкина элий а, не1 хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш.
626 Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. Х1ор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна г1аролехь лаьттара вайн 1адаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, 1азапехь дахкадо
627 ... Шайн халкъаш а доьхкира. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу т1амах, эрна х1аллакьхиларх к1елхьардехира цара. Х1инца церан 1еламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.
628 Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаь1ни т1ехь. Паччахьан 1едал т1едеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча. Иза даим а машаре хилла лулахошца. Боккха лерам бара массо а халкъе а. Берриг бохамашна бехке х1ара не1алт хилла паччахьан 1едал ду.
629 Амма хилларш, лелларш, цатемаш, мостаг1аллаш дицдийр ду вай. Х1инца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттах1отторна т1ехьажо беза. Хьан ойла паччахьан 1едалехьа д1а ца хьаьвзинехь!
630 ... Оьрсашца машар бар, гергарло ч1аг1дар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала г1ертарг. Хан д1айоьдура.
631 Попан дахделлачу 1индаг1е а хьаьжна, доттаг1ий сихбира Берсас... Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь... Цуьнан 1едалан къизалло галдаьккхира дерриг а. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна г1азот.
632 Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, х1ирий, х1окху аг1орхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу г1азото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш.
633 Х1етахь мунепакъ-молла аьлла ц1е тиллира суна. Вайн г1уллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш. Айхьа карабе... Маккхале лахийта. Цунна дика бевза уьш. Тахана-м хьо цхьаъ ву вайца. Кхин барх1 хьуна мичахь карор ву, Цхьа Дела воцчунна хаац.
634 Арен т1ерачу йарташкара динадайх догдилла. Уьш дукхахберш кхерабелла. 1едало шайн г1уллакхех бохийначех а ма теша. Уьш а, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, х1инцале инарлина Тумановна суждане оьхуш бу. Дехьо йежа говраш ларйеш лаьтта Болат т1екхайкхира Берсас.
635 ... Садовш лаьтта. Баккхийчаьрца жимма 1ан лаьа к1ант дегаза ц1ехьа волавелира. Совдегарш, эпсарш кхуьуш бу цигахь, нитташ санна. Йерриг вайн дегайовхо Нохчмахкана а, Ч1ебарлана а т1ехь йуьсу... Амма, цхьа чо а вайн г1уллакхна йамартло йахь, уьш кортойх бевр буйла а хаийта.
636 Церан метта муьлш х1иттор бу-те? Цунах дага а девлла, цхьа некъ лохур бу-кх Г1аттаман тхьамданаш лахар, даим санна, хьуна т1ехь дуьсу, Аьрзу Доттаг1ийн цхьаьнакхетаран коьрта бахьанаш дийца деза хан т1екхаьчнера Вайн махка т1е керла станицаш, т1еман ч1аг1онаш йахка ойла йу 1едалан
637 Цецваьлла Аьрзу бага г1аьттинчохь висира. Маккхал сихха кхийтира оцу планан 1алашонах. Оцу г1уллакх т1ехь зиэделларг ду 1едалан. Мацах цкъа Соьлжа т1ехула иштта цхьа мог1а станицаш а йехкина, вайн вежарий г1алг1ай вайх д1акъастийра.
638 Йуккъе зайл а тоьхна. Кхузахь керла х1умма а ма дац. Даимлера политика. Т1екхеттарг х1инца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх. Т1аккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан т1аьхье б1аьрзечунна а гур йу. Лорис-Меликовн план йу иштта.
639 Амма, паччахьан вашас х1инца а иза ч1аг1 ца йина бохуш, хаамаш бу. Цхьана ханна къамел сецира церан. Аьрзу а, Берса а д1атевжира, ткъа Маккхал синтемза волавелира. Кхааннах цхьа Берса вара сапарг1ат. Накъостех дага ца ваьллехь а, цо сацам т1еэцнера хьалххе.
640 Цундела доттаг1ашка ойла йойтуш 1ара иза. Уьш стерчийн ворданашкахь а, гихь а дечиг дохьуш бог1ура. Берсина хаьара и дечиг цара шайн ц1ерачу кхерчахь даго ца дохьуьйла. Иштта дечиг духкуш йаьккхинчу к1еззигчу шай-кайнах шайн доьзалшна т1ейуха цхьацца т1елхиг а, туьха-мехкдаьтта а оьцу цара.
641 Д1асакъаста деза хан т1екхаьчнера... Хьаьшна уьш... Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лаг1луш йу. Цаьрга догдохийла а д1айаьлла. Паччахьан арахьа т1ом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь 1едал кхузахь и шен 1алашо кхочушйан г1ортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн.
642 Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа б1аьрзе ду вай. Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна т1евирзира. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Йа, вуьшта аьлча, нагахь 1едал йарташ кхалхо долахь, сихха г1аттам боло.
643 Нагахь йарташ кхалхо йолайахь, вай г1аттам болор бу. Амма со буххенца дуьхьал ву вайн йуьхьанцарчу бартана... Цундела вай къасто йеза вешан къийсаман т1аьххьара 1алашо. Вайн вешан ницкъаца Нохчийчуьра паччахьан 1едал д1адаккхалур дуй вайга?
644 ... Амма иза а шеконехь г1уллакх ду. И т1ом даим лаьттар ма бац. Росси тоьлла йа эшна, чекхбер бу. Т1аккха паччахьан 1едало, шен берриг ницкъаца вайна т1е а дирзина, къамкъарг 1овдур йу-кх. Мозий санна, х1аллакдийр ду. Кхид1а?
645 Т1аккха х1ун дан деза хаьий вайна цхьанне а? Мансуран, Бийболатан замане йухадоьрзур ду? Доьрзийла йац Цкъа делахь, цул т1аьхьа б1е шо даьлла Х1инца кхин зама, кхин хьелаш, кхин адамаш ду Кху т1аьххьарчу т1амо вайн халкъан ах боьрша нах х1аллакбина, ах латта вайгара д1адаьккхина
646 Шолг1а-делахь, станицашний, г1аланашний уллохь йолу арен т1ера йарташ, шайн кхолламна къера а хилла, севцца. Керлачу хьелех боьлла цигара бахархой. Кхозлаг1а-делахь, вайн халкъана йуккъехь шена т1етийжа керла ницкъ карийна 1едална.
647 Ас буьйцурш нохчийн эпсарш, совдегарш, кегийра долахой а, 1едалан г1уллакхчаш а бу... Халкъ, адам санна, хенаца кхуьу. Ницкъ а, кхетам а цхьана дийнахь йа цхьана б1е шарахь а баг1ац цуьнга. Оцу г1уллакхна дукхе-дукха йеха хан йеза.
648 Т1амал хьалха хиллачу хьелашка вайн халкъ йухадерзор стаг шен бераллин хене йухаверзар санна хир дара. Вайна вешан хенаца, х1окху заманца нисдалар оьшу. Амма, кхечу къаьмнех а къаьстина, Россех къаьстина-м муххале а, вешан дахар хийца ницкъ а, кхетам а, аьтто а бац вайн.
649 ... Догдохуьйла к1езиг йу. Со тешна ву, паччахьан 1едалан 1азап к1ел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал г1овттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Иштта ч1ог1а дацахь а, изза дарц делира Россехь а.
650 Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь 1азапдаллорхойн 1едал дуохо. Амма х1инца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а т1ехула. Кестта дарц дала герга ду, к1ентий... Ваьшкахь дисина латта а д1алур ду вай?
651 ... Т1аккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах д1акхалхор а, г1алг1азкхий схьакхалхор а чолхе г1уллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу 1едална. Вайн декхар х1ун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, г1аттамна кечамбар Амма ларлуш хила
652 Солтамурд, Вара, Залма, Шо1ип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза.
653 И г1уллакх 1аьне тоттур вай. Ткъа х1инца, малхбузан ламазаш дина, д1асадаха деза. Доттаг1ий хьалаг1евттира. Шовданна йисттехь ламазаш иэцна, г1уллакх сихха чекхдаьккхира цара. Хьуна хууш ма ду, цо х1инцале а маситта стаг вийна хилар.
654 Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа 1едало адамаш хьийзадо. Варега д1ахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостаг1ий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо. Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг х1оттаво.
655 Цунах, зиэн бен, пайда балац. Иза х1инца йа нахах а, йа 1едалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту. Цо бицбан ца беза д1адаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй.
656 Д1ахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул т1аьхьа адамна сингаттам балийтахь, иза шен коьртах вериг хилар. Х1ораммо а шена луъ-луург лелийча, вай вовшахдетта г1уллакх х1аллакьхир ду, ткъа иза хуьлийтийла дац, муьлххачух х1уъу хилла додахь а.
657 Вайх х1ораммо, дуйнаца ч1аг1деш, пурба делла, нагахь шегара йамартло йаьлла, бартах воьхна меттиг х1оттахь, кхиэл йоцуш шен ц1ий хьаналдеш. Аьрзун богучу б1аьргаша а, оьг1азечу къамело а гойтура цо дуьйцург цуьрриг забаре цахилар.
658 И 1оса боху ж1аьла делла шен к1ентан карах... Маккхала доцца дийцира Гати-Юьртахь хилларг. Кхузахь Васалан бехк болуш х1умма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха ж1аьла дийна д1адаккха деза. Куьг бехке Ловда к1елхьарваккхалур вац.
659 Амма Васал к1елвахийта йиш йац, х1уъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу 1едалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу ц1а дуьззина. Шолг1а-делахь, шен дег1ан дола ца далуш, зуда цомгаш йу.
660 Нагахь вай и ца дахь, 1едале царна ницкъаш байтахь, т1ейог1учу ханна вайх тешам бовр бу церан... Оха-м, 1едалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза. Т1аккха а ц1ахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дег1 маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вог1у, боху, Къурмин Къосам.
661 Цуьнан ч1ог1а гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладуг1ур ду Къосаме. Оцу Къосамца и г1уллакх дийца а, нисдан а деза ахь. Берса вехха 1ийра жоп ца луш. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.
662 Тхан йуьрто т1елаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. Г1уллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал. Берсас корта ластийра. Шуна лаарна, г1оьртур-м ву со... ... И г1уллакх сихха къастор ч1ог1а оьшуш ду.
663 Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу т1аьххьарчу а, ч1ог1ачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Цундела кху т1аьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу 1едалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина. Цуьнан чулацам ч1ог1а тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах.
664 Вайн дика нохчий оцу прокламацех 1ехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга.
665 ... М. Лорис-Меликов. 18 июнь 1864 шо». 110 корта. Къайлаха цхьаьнакхетар. Хьуна гина-кх дерриг г1уллакхаш хийцалуш хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво. Салих ар Ронди. Беттаса кхетале бохуш сихвелла вог1у Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира.
666 Тховса иза кхуза вог1ура Маккхалг1еран дехар кхочушдар 1алашо йолуш. Винчу йуьрта вог1уш, даим а цуьнан невцо Данч1ас шен к1ант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт г1улч хьалха воьдура Данч1а.
667 Пурстоьпан конторин ц1еношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, х1иттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе д1атийнера. Йукъ-йукъа ц1еношкахь, гаттий кораш г1ийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура.
668 Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. Кет1ахула х1орш чекхбовлуш меттахъхьов ж1аьлеш, жимма бага а тухий, совцура. Сема дара тховса Данч1ин мискачу х1усамехь. Царна лахахь йоллура «Нохчийчоьй, Дег1астий карайерзорна» мидал.
669 Голашна йукъа а лаьцна, ирах1оттийна дара «Майраллина» т1ейаздина дашо тур. Цо лаххьийна 1амийнера к1уьрзо 1арждинчу дерзинчу пенаш т1ера массо дот1ана а, сиз а. Цхьана секундана цуьнан хьажар т1ехь сецира не1арехь х1оьттина лаьттачу жимачу к1антана.
670 Амма, берзан к1езанан санна, къегачу цуьнан б1аьргашна дуьхьал хьажавелча, эпсаро шен хьажар сихха ц1енкъа дуьйг1ира. И к1ант цунна тарлора хеса йуг1учу мунданах. Йоьхна калдайаьлла, летийна къарзйелла, стенах йина ца хуучу йаьлла г1овтал.
671 Цунна т1ехула йихкина жима шаьлта. Доьхкарх йоьллина тапча. К1айчу кхакханан тишачу куйна бухара схьахьоьжу майра ши б1аьрг. Царна чохь гора само, оьг1азло, цабезам. Куьг а ду, воккхачо санна, шаьлтанан макъарна т1едиллина. Эпсар дагахь велавелира.
672 «Шек д1а а вуй иза? Т1екхуьучу чкъуран а безам бац тхоьга Д1абаханчу бехачу т1еман халонаш 1аьвшинчу баккхийчу наха-м дог ма диллина толамах» Шен кисанара схьадаьккхина шалхатоьхна жима кехат, даржа а дина, чиркхан серлонга хьалалецира хьешо
673 Цуьнан б1аьргашна хьалха х1иттира хазачу хот1аца ц1еначу оьрсийн маттахь йаздина нийса мог1анаш: «Господин полковник! Кху стага жоп ло хьан дег1ан маршонах» Кехат т1ехь ц1е йацара иза йаздинчун Амма полковникна хаьара и йаздинарг сонтачех стаг воцийла
674 Кехат ч1ог1а ларлуш йаздинера. Цхьаннан карадахарх, хуур дацара и хьан йаздина а, хьаьнга йаздина а. Йиллинчу метте ша ца вог1уш 1ийча, к1иллолла висина аларх кхоьрура. Дукха хан йац цо, элана Тумановна улле а х1оьттина, Кунта-Хьаьжин мурдаш байъина.
675 Царах дерочунна т1енислахь, тоьхна 1ункар вохуьйтур ву. Амма полковник а вац к1иллочех. Цул сов, х1усамда йукъара хилла цуьнан маршонна. Д1а ойла йича, кехат йаздинарг а ву оьзда стаг. Кехат, шалха а тоьхна, хьалхарчу кисана а диллина, схьадаьккхина, сахьте хьаьжира иза.
676 Цхьайтта сахьт дала итт минот йара. Х1усамда чуьра араваьлла а йара сахьт гергга хан. Кертахь х1оьттинчу тийналло а, ц1а ван хьевеллачу х1усамдас а, ц1оькъалоьман к1орни санна, цабезаме шега хьоьжуш лаьттачу к1анта а даг чу г1еххьачул кхерам туьйсура цунна.
677 Делахь а, дехьа чохь кхача кечбеш текх-цаций, пхьег1ашший вовшахйеттачу х1усамнанас синтем бора полковникна. Арахь ж1аьлин буьрса г1овг1а йаьлча, шен голаш йуккъехь лаьттачу туьрах катуьйхира цо. Цуьнан тидам хиллачу Болатан къайлаха велавалар иккхира.
678 Иза тосаделлачу полковнико, шен даг чу иккхина кхеравалар къайладаккха г1ерташ, тур нисдо кеп а х1оттийна, йайн йовхарш туьйхира. Ж1аьлин г1овг1а сихха д1атийра. Когийн дайн тата не1аре деара, дукха хан йалале дуьхьаларчу ц1а чу адамаш девлира.
679 Шо гергга хан йара Берса винчу йуьртахь хилаза. Кхуза кхаьчча, карлайолура генна д1айахана бералла. Амма кхузахь вац цуьнан цхьа а. Йеккъа цхьа денвешин йо1 Хеда йоцург. Йижарий, вежарий Берсин хилла а бац. Нана а йелла иза жима волуш.
680 Ткъа да, дийна велахь а, цо велла лору... Дуьхьал ц1а чохь ах бодашкахь ц1еран серлонехь текхахь мижарг хьакхош йоллу Хеда, Берса не1арх чоьхьа ма-веллинехь, схьахьажайелла, хьала а иккхина, шен ахьарх, мижаргех дуьзначу куьйгашца иза мара а вуллуш, цунна т1екхийтира.
681 Докку! Дела йала хьан нанас ца йина йиша! Хьо мичахула лела-те, лела мукъана? Шен некха т1е а таь1на, йоьлхучу Хедин коьртах дай куьг хьоькхуш, цуьнан догъэца г1ертачу Берсин б1аьргаш т1унделира Дог 1ийжара т1амо да а, шиъ ваша а вийна, цхьа йисинчу оцу декъазчу зудчух
682 Берриш а бу Делан белхаш... Шина шичин вовшашка болу безам а, марзо а, ткъа иштта наггахь цхьаьнакхетча, хилларш карла а долий, цаьршиннан ойла хуу Данч1а не1арехь, вист ца хуьлуш, х1оьттина лаьттара. Эххар а, шех хьерчачуьра Хеда меллаша д1а а йаьккхина, хьешан ц1а чу велира Берса.
683 ... Цавевзарг чоьхьаваларе хьоьжуш 1ачу полковнико, ша 1ачуьра парттал хьала а г1еттина, шен аьтту куьйгара к1айн кара д1а а даьккхина, хьешо шега кховдийна куьг меллаша схьалецира... Полковнико леррина б1аьрг туьйхира цуьнга.
684 Амма, йуьхьа т1е та1ош коьртах хьарчийначу башлакха йукъара схьахьоьжу догц1ена майра ши б1аьрг, к1еззиг хаалуш дукъ т1едаьлла боккха марий, цунна к1елхьара дуькъа, 1аьржа, хаза хьовзийна мекхаш доцург, х1умма а ца гора... Шу а деца могаш?
685 ... Суна бехк ма биллалахь, сайл ханна воккха а, йукъараллин меттигца лакхахь а волу хьо ас схьакхайкхарна... Дуьххьалд1а нохчо Барзин Рохьмадан Берса ву со. Полковнико тидаме а ца ийцира Берсин йуьхь т1ехь а, къамелехь а шерра гун к1оршамалла.
686 Фельдмаршалан Паскевичан эскарша венгрийн мятеж хьошуш, инарлин Лиддерсан отрядехь г1уллакхдеш хилла капитан Барзоев вай хьо-м. Со г1алат вацахь, цигахь доггах г1уллакхдарна капитанан чин а, орденаш а йелира хьуна. Хьан да гергара стаг ву сан.
687 Кхоалг1ачу гильдин совдегар. Дена хьалха к1ентан декхар ахь кхочуш ца дой-те, моьтту суна. Барзоев, тов. Россера ц1а вирзича, Соьлжан-г1опехь гина суна хьо. Йуха, Гермачигахь хиллачу т1амера дезертир хилла, ведирий хьо? Да хьахош дина хаттар шена ца хезначух дитира цо
688 Оцу дийнахь сайн декхаршна т1е йухавирзира. Суна а дог1у и де дага. Оцу дийнахь дуьххьара суна а гина хьо элан Барятинскийн свитехь. Курумовс цецваьлла корта лестабора. Вайшинна-м вевзаш хилла... Мухха делахь а, сан халкъ ду иза.
689 Оцу саг1адоьхургийн кийрахь, муьлххачу а просвещенни адамийн санна, дог ду. Церачел т1ех майра, къинхетаме, адамаллин ду ала а мегаш. Оцу саг1адоьхургаша шайн маршонехьа къуьйсу. Ткъа вайн халкъ оцу хьоле дожийнарг Россера 1едал, цуьнан йолахой шу а ду.
690 Ши хьаша ма-хуьллу къамел к1еда-мерза дан г1ертара. Амма иза иштта ца нислора. Дуьнене шайн хьежамашца, стигаллий, латтий санна, цхьаъ вукхунна геначу цаьршиннан ницкъ ца кхочура вовшашка болу цабезам къайлабаккха. Бодане къам маьрша хила йиш йац.
691 Иза даим а дозуш хуьлу культурехь, йукъараллин д1ах1оттамехь шел лакхарчу къомах. И ца хаьа йа хаа кхетам а боцу вайнах шаьш бу шайгарчу бохамашна бехке. Вайнехан сонталлин т1аьхье йу иза. Сила йоккхачу Россин пачхьалкхна дуьхьало йийр йарий ткъа, сонта ца хилча?
692 Б1е шарахь гергга эрна 1енийна ц1ий. Кхета дагахь буй ткъа х1инца а? Б1аьрг т1ера тиллачу минотехь, тухий, эпсарш, чиновникаш бойъу Дийнна рота салтий уллохь боцуш х1окху махкахула д1асавала йиш йац Х1ун г1уллакх ду эрна ц1ий 1ено?
693 ... Хазахета ца лела. Шайгара уггар тоьллачуьра ах мохк д1а а баьккхина, лаьхкина хьаннашка, 1аннашка боьхкича а ца йина, цара дуьхьало маца йан йезара? Шаьш адамаш ца хетча, цара х1ун дан деза? Уьш совцо дукха х1ума ца оьшу, господин Курумов
694 Йаа сискал, жимма лерам а. Шен оьмарехь дуккха а девзинчу Курумовс шеквоцуш ладоьг1ура Берсе. Т1аьххьара а собар кхачийра цуьнан. И сискал а, лерам а Росси кхерийна йаккха ойла йу шун? Иза аьттехьа а дац Кхечу къаьмнашна дерг хир ду вайна а
695 Россис серло йохьу лаьмнашка. Ваьшка эзар шарахь цададелларг цуьнан г1оьнца цхьана йоццачу хенахь дийр ду вай. Дукхе дика хаьа. Вайн халкъана шена а ца хаьа ша 1аламан мел доккхачу хьола т1ехь деха. Хенан йохалла Нохчийчохь заводаш, фабрикаш, аьчган некъаш, телеграф хир йуйла а хаьа.
696 Шена мел ца лаахь а, ламанхошна школаш йахка а дезар ду 1едалан. Промышленностна белхалой безар ма бу. Йоза-дешар ца хуучу белхалочух белхало хир ма вац. Амма кхузара дерриг хьал к1еззигчу дворянийн а, буржуазин а г1еранан карахь хир ду Россехь а, дуьненан массо махкахь а санна.
697 Цо вайн халкъан хьекъал, кхетам, дахар хийцина, б1ешерийн бодашкара схьадоккхур ду, Берса. Иза ма дицдел ахь! Ас-м ахьчул а, хьо санначу массарал а т1ех лоьрий оьрсийн халкъ а, цуьнан лакхара культура а Иштта ойла цхьана вайшиннан хилла ца 1а
698 Вайн халкъан оьрсашка лерам б1ешерашкара схьа бу. Нохчашна цадезарг-м оьрсийн халкъ а, цуьнан культура а йаций, ткъа оьрсийн паччахьан 1едал ду. Оцу 1едале цабезам цхьана нохчийн хилла ца 1а, оьрсийн халкъана, цуьнан прогрессивни адамашна а ца деза иза.
699 Ахь культура, боху. Шекспиран, Байронан Англис Индехь, Америкехь а, дуьненан кхечу декъашкахь а дийриг ца го хьуна? Ткъа ша дуьненан культурин корта бу бохучу Францис Алжирехь дийриг? Оцу мехкийн правительствоша шаьш лело къизаллаш шайн халкъашка хоьттуш лелайо моьтту хьуна?
700 Йа оьрсийн халкъо къобалдо паччахьо а, цуьнан правительствос а х1окху Кавказехь дийриг? Х1ан-х1а, господин Курумов, ас йуха а боху хьоьга, ас даггара лору оьрсийн халкъ, цуьнан культура Уггар хьалха, нохчашна сискал, нийсо, лерам оьшу
701 Т1аккхий бен культура т1еэца хан, аьтто, ницкъ а хир бац церан. Гай меца хилча, культура дагайаг1ац. Оьзна йаьлла луьлла д1айайча, д1аса а хьаьжна, чим д1акхосса меттиг лехира Курумовс. Луьлла схьа а эцна, чим соне д1а а 1анийна, йухайелира Берсас.
702 Оцу некъо уьш мича бигна хаьа-кх хьуна? Эшафоташна, танг1алкхашна, гильотинашна т1е Ткъа уьш просвещенни нах бара Т1еман, пачхьалкхан, политикин деятельш Шаьш санначу кхетамна лакхарчу халкъашна т1етийжина ца 1аш, арахьарчу пачхьалкхашца йаккхий з1енаш а йолуш
703 Дала маршалла дойла хьан цамгарна! Полковникца къийса а, дов дан а 1алашо йолуш ца веанера Берса кхуза Амма доладелла даьлла дов толам цуьнгахь буьсуш дерза дезара Ша бакъ волу дела Амма зама а, адамаш а, шо-шаре мел долу, хийцалуш ца го хьуна?
704 Адамашна а, халкъана а хаа доьлла шайн мостаг1 а, доттаг1 а мила ву. Ахь ц1ераш йаьхнарш а, ца йохуш бисина а турпалхой х1аллакьхилла, Къосам. Амма, мацца хилла а, декабристийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн, Некрасовн, кхечийн а сатийсамаш кхочушхир бу Россехь.
705 Халкъийн дац вовшашца мостаг1алла. 1едалан политико уьш хердина вовшех. Амма уьш кхетта дог1у. Россех йоккха набахти йина монархис. Халкъаша, цхьаьна а кхетта, йохор йу иза. Т1аккха цуьнан херцорашна т1ехь Республика х1оттор йу, Къосам.
706 Ахь акха бу боху нохчий а кхета боьлла. Царна цхьатерра б1аьрга бан ца беза Чермоевг1ар, Курумовг1ар, Ипполитовг1ар, Мустафиновг1ар, Белликг1ар. Амма Иванг1аьрга хьошалг1а оьху, уьш шайга а кхойкху. Жимма хан йаьлча, уьш вовшахкъасталур бац шун 1едале.
707 Ларлолаш, господин Курумов! Берсега телхинчу стаге санна хьоьжура Курумов Халкъийн вошалла! Х1ун йу т1ом? Цуьнан ойла ца йина ахь? Хьере ойла! Шина халкъана йа шина лагере декъаделлачу халкъийн мостаг1алла ма кхуллу т1амо Цаьршиннах ши экха, ши мостаг1 хуьлу
708 Цаьршиннан цхьа 1алашо хуьлу: вовшийн виэн, ша-ша тола, ша-ша дийна виса. Леташ болчу салтийн хилла ца 1а и цабезам а, мостаг1алла а. Оцу т1амехь леташ боцчу шайн-шайн ц1ахь машаре 1ачийн дегнаш чохь а кхоллало изза акха, къиза ойла.
709 Х1унда аьлча оцу т1амехь летарш, бойъурш а оцу ц1ахь болчу машаречу нехан дай, к1ентий, вежарий, майранаш ма бу. Х1оранна а лаьа шайн да, ваша, к1ант, майра тола, уьш дийна ц1а берза. Царна дуьхьал летачу халкъана не1алт хьежадо йа иза иэшор доьху.
710 Дукха хан йоццуш чекхбаьлла иттанаш шерашкахь лаьттина, итт эзарнаш нохчийн а, оьрсийн а синош д1адаьхьна къиза т1ом. Хатта хьайна нохчочуьнга йа оьрсичуьнга, хьан да, ваша, майра хьан вийна? Хьоьга эр дац, уьш Ивана йа Ахьмада байъина, оьрсаша а, нохчаша а байъина эр ду
711 Шийтталг1ачу шарахь Россе баьхкира французийн мехкашд1алецархой. Исторехь суна ца хаьа, оцу т1амна ша бехке делахь а, цхьа а халкъ цунна къера хилла меттиг. Дуьхь-дуьхьал летачу шина а халкъана ша-ша бехке ца хета... Цаьршиннан хьекъал ма дац иштта к1орга ойла йан.
712 Кхин ойла йан г1ортал. Сихха вуьйр ву. Хьо вежарий бан г1ертачу ламанхошна а, оьрсашна а т1е йухаверзий вайша. Дуьззинчу дезткъа шарахь вовшийн ц1ий 1енийна цара. Оцу т1амна бехке паччахь а, правительство а хуьлуьйтур вай. Амма ахь хаттал г1алг1азкхичуьнга йа ламанхочуьнга?
713 Цара паччахьаш бехке бийр бац. Г1алг1азкхичо эр ду, ламанхой шайн станицашна т1елетара. И дезткъа шарахь бахбелла ц1ий1еноран т1ом селхана чекхбаьлла. Ламанхо иэшна, г1алг1азкхи тоьлла. Цаьршинна йуккъехь машар ца хилла. Оцу шиннан дегнаш чохь вовшашка цабезам лаьтта.
714 Ткъа хьо, оцу т1амехь беллачийн кешнийн баьрзнаш дакъадалале, йагийначу йартех туьйсу к1ур д1а а бале, адамаша ч1ир а йастале, царах вежарий бан г1ерта! Х1инцалерчу адамийн масех т1аьхье хийцайелча Хьуна ма-моьтту, итт, ткъа шо даьлча-м хир дац иза
715 Цхьа а. Мелхо а, мостаг1алла марсадоху. Шайн мохк схьа ца белча, законехь шаьш муьжгашца ца нисбича, даг чуьра вас д1айер йуй ламанхойн? Йа цхьана а пачхьалкхан правительствос а ца дина иза шен колонешкахь Россин правительствос а дийр дац
716 Цундела массанхьа а метрополин а, колонийн а халкъашна йуккъехь диллина д1а мостаг1алла, цабезам, цатешам, къийсам бу лаьтташ. Иштта къийсам бу Азехь, Африкехь, Америкехь. Ахь сатуьйсу халкъийн доттаг1алла, вошалла ц1ена утопи йу, Берса.
717 Ницкъ ма бу истори хьалхатоьттург. Нуьцкъалниг даим бакъ хилла, даим г1орасизчунна т1ехь 1ийна. Иштта хир ду даим а. 1аламан закон ма ду иза. Шина хьешан дов хадийра ц1естан тас, г1умг1ий, гатий дохьуш чоьхьаваьллачу Болата.
718 Цунна т1аьххье йуург йохьуш йеара х1усамнана. Дечиган доккхачу шуьнахь т1ера 1аь а г1уьттуш ахьаран галнаш, царна т1ехула йехкина уьстаг1ан дерстинчу жижиган т1ассаш йара. Х1усамнанна томана, цкъа-шозза деккъа жижиг а кхаьллина, цхьа-ши 1айг чорпа т1е а мелла, шуьнара д1ахилира Къосам.
719 Цуьнца йахь а лаьцна, ша меца воллушехь, Берса а сецира, т1аьхьа Данч1ица парг1ат йаа дагахь. Схьадийцал хьайн г1уллакх. Къийсамаш буьтур вайша. Уьш дерриг замано къастор. Хьоьга дехар ду сан. Берсас д1адийцира Гати-Юьртахь хилла зулам.
720 Амма цо лачкъийра Васал има диллина оьрси хилар. Цара диннарг хир ду цунах. Т1ехула т1е, суна хетарехь, ахь вуьйцу Васал бевддачу салтех волчух тера а ду. Хууш ма-хиллара, 1едало схьа а лоьхуш, луьра та1зарш до ишттачарна. Хьуна лиъча, хьан дерзо ницкъ болуш г1уллакх ду иза.
721 Хьан гергарло ду, элаца Тумановца-м хьовха, Лорис-Меликовца а. Ахь полковнике Головаченке цхьа дош аьлча, цо, къамел доцуш, д1ахоьцур вара иза. Гатийуьртахоша ч1ог1а доьху хьоьга. Цара шайн тайпанна т1елаьцна стаг ву Васал. Йуха а, цунна дагах 1отталахь а аьлла, сецира.
722 Цомгаш зуда а йу, тахана йаларан а тешам боцуш. Т1ера ваьккхина, да бехк-гуьнахь доцуш Сибрех хьажийча, х1аллакьхир бу-кх и миска доьзал. Шен сирачу мекхех куьг а хьоькхуш, Курумов вехха 1ийра жоп ца луш. Ас дина г1уллакх эрна довр дац.
723 Т1ехула т1е, да а ву кхуьнан вехаш стаг. Нагахь нийсачу новкъа валахь, ша а ву хьаькамаллехь гена г1ур волуш. Х1ан-х1а, х1окхунна дина г1уллакх эрна довр дац». Шуьшинна йуккъехь машар бар а дехнера соьга Рохьмада. Иза т1аккхахула дуьйцур вайша.
724 Ас кханнахье Головаченке д1акхетор ду хьан дехар. Тховса ахь суна бина йуьхьк1ам хьуна диканца йухаберзо аьтто хуьлда-кх сан. Х1ара шиъ араваьлча, Данч1а т1евеара. Со 1едалан г1уллакхехь стаг ма ву. Сайна кхеравелла 1ийна ца алийта, веара.
725 Хьайна хуур ду-кх хьуна. Хьо кхуза вар къайлехь дуьсур ду. Т1аккха Берсина т1евирзира Къосам. Ц1ий ду хьан сиха. Тешалахь сох, хьуначул а т1ех лаьа суна вайн халкъ ирсе хуьлийла. Амма т1аьхьайисинчу Турцина суждане оьхучу вайн динан дайша лурий-те халкъана и ирс?
726 Х1ан-х1а. Лур дац. Эз-эзар шарахь ладег1арх. Вайн кхоллам цивилизованни пачхьалкхашца йа, вуьшта аьлча, Россица бу, Берса. Йуха а боху ас, со Россина дуьхьал вац. Йа вайн халкъ цунах къасто а ца г1ерта. Шемалан заманахь дарий ткъа иза ирсе?
727 Йа хиларе догдохуьйла а йарий? Йацара, Берса Хьуна хьайна а ма хаьа иза Суначул а дика Шемала а, цуьнан 1едалчаша а къинхетамза хьоьшура халкъан уггар сийлахьниг Йуккъерчу б1ешерийн кепашца таладора халкъ Ша шайх, эвлайаъ ву бохучу Шемала шена хьал 1а1ийнера
728 Важа цуьнан компаньонаш а ца буьсура т1аьхьа. Имамна уллохь виллина д1а чалтач лаьттара. Х1ор а йуьртарчу кертийн хьокхаш т1ехь адамийн кортош доцуш де ца хуьлура. Уьш дерриш а х1умма а доцурш ду, цо халкъан культурина динчу зуламе хьаьжча.
729 Шемала оцу ткъа шарахь дихкира халкъан иллеш, эшарш, пондарш а. Даррехь варварство йара иза! Ахь барта х1уъу дийцахь а, дагахь хьо а теша Россис вайна серло, машар, синтем а лург хиларх И ца хууш ма вацара Берса Дукха хан йара хуу
730 И 1едал жимма а адамалле ца хилча, машар а, синтем а хир ма бац йа кхузахь а, йа Россехь а. Ахь ма-аллара, халкъийн барт бан ца г1ерта 1едал. Мелхо а, царна йукъа зайлаш детта, цабезам, цатешам буллу. Цуьнан харц, зуламе политика ма йу вайнаханий, г1алг1азкхашний йуккъе мостаг1алла доьллинарг!
731 ... Х1етте а, халкъ доккхаде ша Шемалан, цуьнан наибийн 1азапах маьршадаларх. Ведана д1алаьцча, цига вог1учу элаца Барятинскийца вара со. Царна йицйеллера Шемалан дехачу олалло шайга х1оттийна къоьлла, мацалла. Иштта ду г1уллакхаш, Берса.
732 Марша 1ойла хьо... Вай цхьаьна ган лаац суна. Полковник д1а а хьажийна, Данч1а чувеача, цуьнца охьахиъна, вуззалц х1ума а йиъна, эвлара д1авала сихвелира Берса. Берса соцунг1а хилира не1арехь... Мухха велахь а, иза хьан да, ткъа хьо цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант ву.
733 И хаа деза хьуна. Кху деношкахь Шела вог1ур ву иза. Цуьнца цхьаьнакхетахьа. Х1ан, марша 1ойла, Хеда. Ган доьг1нехь, йуха а гур вайна... Ураме ваьлла Берса, ах йуьхь д1ахьулйеш коьртах башлакх а хьарчийна, шуьйрра сиха г1улч йоккхуш, Эвтарехьа д1аволавелира.
734 Сема воьдучу цунна дукха генаваллале шена т1аьхьадог1уш когийн чехка тата хезира. Сихха йуьстаха а иккхина, йуьйцинчу керта уллорчу комарийн дитта т1е а таь1аш, д1ах1оьттира Берса. Беттан серлонехь цунна гира новкъахула дедда дог1у жима адам.
735 Дитте нисвелча, саца а сецна, д1асахьаьжира к1ант. Хьайн 1индаг1е хьажал. Гой хьуна, иза некъана пурхаллашхьа дижина? Цхьаьний воьдуш некъ а бацлур Эвтара кхаьчча, х1ун дан ойла йу хьан? Йухавог1ур ву? Буьйсанна йуккъехь ц1а г1ерта 1овдал-Х ваций со
736 ... Цхьа а новкъа а воцуш, хьоьца хьайцца 1архьама вог1у-кх... Гомий, гаттийчу урамашкахула вахана и шиъ эвла йистерчу ц1енойн кет1ахь сецира. Болат урамехь а витина, керта вахана Берса говр йалош схьавеара дукха хан йалале.
737 Хьалхий-т1ехьай говра а хиъна, цхьана боьрахула чу а воьссина, Бассах дехьа а ваьлла, хьуьн чу вуьйлира и шиъ... хаархьама. Мацца а цкъа суна оьшур ма ду иза. Мотт беха бу хьан. Багахь сацалур бац. Болат д1атийра... йо1 эли суна.
738 ... Амма ас хьуна бехк ца буьллу. Хьо г1азкхашна йуккъехь ма кхиъна. Вайнехан г1иллакхаш ца хаьа хьуна... Мотт беха хьенан хуьлу? Зудаберийн Аьшпаш буттург а со хили Вайн устазора, ваши, хьо ненан ваша вацахьара, ас хье йуккъе тапча тухур ма йара хьуна!
739 ... Берса г1адвахана велавелира. Ахь-м баккъал а виэн там бу! Болата дегабаам бира Берсин букъа т1ехьа мара сийсабора цо Амма иза гена ца дахара Цхьадерг-м хезира суна, амма дика ца кхийтира Хьайна лаахь, сан к1есарк1аг чу тапча а тухур ахь, Болат, амма бакъдерг ца аьлча 1елур вац со
740 Наха дуьйцучуьнга къайлаха ладоьг1у боьрша стаг зудчул а оьшу хьуна! Хьан дех а, хьох а тешна, Къосам шун х1усаме веана Ткъа хьо, цо х1ун до хьоьжуш, къайлаха толлуш лелла! Хьан йуьртан махка т1ера д1аваллалц, хьан мостаг1 вац иза
741 Хьуна ца хаьа-кх вайнехан г1иллакх. Декъаза Данч1а! Цхьаъ бен к1ант а вац, иза а йамартхо кхуьуш ву Иэхь дина ахь хьайн дена а, нанна а, тайпанна а Къонах даим догц1ена хила веза доттаг1ашца а, мостаг1ашца а Йамарт хилахь, доттаг1ий хир бац хьан, мостаг1ий а кхаьрдар бу хьох
742 Йекхначу стигалахь меллаша нека дечу батто серладаьккхира 1алам. Кхушиннан некъ хадош, наггахь чекхъоьккхура цхьогал йа пхьагал. Ша Берсица къамел дахь а, Болата сема ладоьг1ура хьуьнан дахаре. Ша къамеле ца ваьлча, и к1ант соцур воцийла хаьара Берсина.
743 Цунна ара ма-ваьллера иза. Сан а, Къосаман а оьрсий тайп-тайпана бу. Х1орамма а шен-шенчаьргахьа г1о дохура. Со-м ца кхета ахь дуьйцучух. Ахь дешахь, кхетар ву. Тохара а дийца долийнначохь висира вайша. Школашкахь вайнах шайн халкъ ца деза 1амабо, элира ахь.
744 ... Цкъацкъа воккхачо санна ойла йора к1анта. Цуьнан ц1еначу даго сиха д1ахудура баккхийчаьргара хезнарг, гинарг. Оьрсех а, оцу эпсарех а шен ойла кхоллайеллера к1ентан. Т1аккха хьох вайн халкъан маршонехьа къийсаман б1аьхо хир ву, моьтту суна.
745 Даймахкал, шен халкъал сийлахь х1ума дац стагана. Цуьнан сий лардарал, цуьнан маршо ларйарал лакхара а, сийлахь а декхар дац стеган. Амма и декхар кхочушдалур дац шен даймехкан, шен халкъан доттаг1 а, мостаг1 а мила ву ца хуучуьнга.
746 Маршонехьа къуьйсу стаг б1аьрзе хила ца веза. Вайнахана моьтту, и берриг оьрсий гаурш, шайн мостаг1ий бу. Цунах йоллу вайн йерриг дакъазалла. Иштта ойла аьттехьа а йита ца йеза. Вуон халкъаш дац дуьненахь, Болат. Амма вуон, зуламе 1едалш, адамаш ду.
747 Цара тилийна, зуламечу новкъа дуьгу халкъаш а. Муьлш бу и оьрсий? Вай санна, машаре, къинхетаме, тешаме адамаш ду уьш Амма, йа оьрсий а, йа кхин халкъаш а шайн лаамехь дац 1едало шен буйнахь латтадо уьш Суна гина, Болат, оьрсийн муьжгичун дахар
748 Вайчул тоьлуш дац х1умма а. Цигахь а йу харцо, къоьлла а. Помещикан кога к1елахь ву муьжги... Х1ара вайн Къосамг1ар санна, хьалдолу нах бу-кх уьш. Вайниш х1инцца дуьнен чу бевлла, цергаш йовлаза бу. Ткъа оьрсийн помещикаш болу масех б1е шо ду.
749 Россера дерриг латта а церан долахь ду. Дай белча, берашка долу иза муьжгашца цхьаьна... Бацийна а ца буьту. Къинхетамза йетта, бухку, оьцу. Сибрех хьийсабо... Даим д1а паччахьна, помещикашна дуьхьал г1уьтту. Герз карахь. Амма толац.
750 Эххар а, ши-кхо шо хьалха жимма маршо йелла муьжгашна. Х1инца царах йохк-иэцар йан а, царна йетта а бакъо йац помещикийн. Амма маьрша бац уьш х1инца а. Латта ма дац муьжгийн долахь. Иза помещикийн долахь дитина. Х1инца а цунна букъ сеттош лела муьжгий.
751 Паччахьо т1аме лоьхку уьш. Шена а, помещикашна а керла мехкаш д1алеца. Цигара халкъаш лолле дерзо. Муьжгий х1аллакьхуьлу, ткъа паччахьан а, помещикийн а хьал диэба... Набахте кхуьйсур бу, Сибрех бохуьйтур бу. Иза-м х1ун дара, дуьхьало йинчунна тоьпаш туху, ирхъухку.
752 ... Болат вист ца хуьлуш вехха 1ийра. Схьахетарехь, Берсас дийцинчун к1орггера ойла йора цо... Иза кхечара до. Вовшийн ца бевзачу, гена д1абуьгу. Росси йоккха ма йу. Дикачу динахь некъ бича а, шарахь цхьана маь11ера вукху маь11е а ца кхачалуш.
753 Цхьанхьарниш кхечарна дуьхьалбохуш, вовшийн хьоьшуьйту. 1едалан коьртехь дерш мел къиза, х1иллане, стешха адамаш ду. Адамашна, халкъашна йуккъе д1овш туьйсу цара. Цхьа нохчий хилла ма ца 1а 1азапехь, шайн маршонехьа къуьйсуш.
754 Россехь маситта къам ду. Вай санна, 1азапехь. Вай санна, маршонехьа къуьйсуш. Амма паччахьаша, хьоладайша уьш буйнахь латтадо. Муха, боху ахь? Царна йукъа д1овш туьйсуш, цабезам, цатешам буллуш Церан вовшашца барт ца хуьлуьйтуш
755 Уьш цхьацца хьоьшуш. Халкъаш цхьаьнакхетча, церан цхьабарт хилча, паччахьаш, хьоладай отур ма бу. Амма мацца а цкъа и барт хир бу халкъийн. Т1аккха цара лоьхкур бу шайна т1ехь 1азапдаллорхой. Ткъа эпсарш а бац цхьатера. Уьш дуккха а бу паччахьан.
756 Цхьаболчарна ца лаьара вайна дуьхьал лиэта. Масала, инарлина Раевскийна. Ахь ц1ейаьккхинарг ца вевза. Цкъа цхьак1еззиг эпсарийн барт хиллера паччахь д1аваккха. Царна йуккъехь и Раевский а вара... Тхьамданаш ирхъоьхкира. Бисинарш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра.
757 Вайн махка кхечира Раевский а. Кхуза кхаьчначарна гира вай муха лета а, стенан дуьхьа лета а. Царна къахетара ламанхойх. Х1етте а, т1ом бира. Нуьцкъаха лоьтуьйтура. Ткъа инарло Раевскийс дуьхьало йира вайца т1ом бан. Т1аккха, ц1а вахара иза?
758 ... Ламанхошца т1ом бан ца беза, царна школаш йахка йеза, уьш мах лело, бахамаш кхио, шайн махкарчу хьолах пайдаэца 1амо беза, цаьрца хаза дийца деза, бохура цо... Хьуна хаахьара, Болат, вайнахана дуьненан 1илма мел ч1ог1а оьшу!
759 Вайна, хьуьжаршкахь дешарх, дуьненан 1илма ма ца 1ема. Г1аланаш йан, латта лело, цомгашчарна дарба лело, доцца аьлча, стагана хаза а, дика а ваха ца 1амадо. Уьш а, кхин а оьрсийн школехь хьоьху. Оьрсийн элпашца. Ши шо хьалха цара Соьлжа-Г1алахь нохчийн маттахь бераш 1амо школа йиллира.
760 ... Цигахь цхьа а вац доьшуш. Ши к1ира даьлча, д1ач1ег1ира. Хьан? Паччахьна а, цуьнан хьаькамашна а лаац муьжгийн а, кхечу къаьмнийн а бераша доьшийла Стаг бодане хилча, 1ехо атта ма хуьлу 1илма ца хуу стаг хьайба ма ду Тхойша нахал оьшу?
761 ... Цигахь деша ахча ма деза. Цундела, хьолахойн берийн бен ницкъ бац цигахь деша. Данч1ин ахча дуй дуккха а? Дац? Х1ета, хьан ц1ахь 1ан деза Цул сов, хьан да 1едална муьт1ахь воций а хаьа Цига деша воьдучун да-нана 1едална тешаме хила а ма деза
762 Болата доккха садаьккхира. Х1инцца вара хьо кхин дуьйцуш... Цхьана ден-ненан бераш а ца хуьлу цхьатера. Цхьана куьйган п1елгаш а дац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Цхьаццаверг, шен г1уллакх нисделчхьана, да-нана а духкур долуш хуьлу
763 Ишттаниг оьшу 1едална. Ишттачу нехан г1оьнца халкъашна т1ехь урхалла латтадо цо. Кхиверг нисло даймехкан, халкъан дуьхьа шен са д1адала кийча. Некъ беттасино серладаьккхинчу ирзуна т1екхаьчча, жимма сада1а сецира и шиъ. Говр йажа д1ахийцира.
764 К1едо буц йолу меттиг а лехна, верта а даржийна, ул-улло охьахиира. Стаг догц1ена, оьзда велахь, оцу шен оьздангаллех вохац иза, мел йаккхий халонаш т1енисйаларх. Доьналла а, оьздангалла а йоцу стаг ву кхералург, вухург, йамартло, тешнабехк бийриг.
765 Шайх Мансуран заманахь Алда йоккхуш, лаьцна ши к1ант йийсаре Россе вигнера салташа. Цаьршиннах цхьаъ вайша вийцинчу инарлин Раевскийн доьзале нисвелира. Иза, шайн к1ант санна, везаш, хьомсара кхиийра цара. Воккха хилча, эпсарийн школехь дешийтира.
766 Цхьана паччахьан эскарш т1амца Россе даьхкича, царна дуьхьал т1амехь йоккха майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтарна, сихха инарла вира цунах. Х1инца оьрсийн эскарехь сий деш, лоруш турпал ву иза... Оьрсаша Нохчийн Александр аьлла ц1е тиллина цунна.
767 Ша велла д1аваллалц цхьана минотана а ца бицбира цо шен даймохк а, ша вина йурт Алда а. Кхин а ишттаниг хилира Бийболатан заманахь, ахь вуьйцучу Ярмол-инарлас Дади-Юрт йоккхуш. Йелла 1уьллучу нанна уллохь жима к1ант карийра салташна.
768 Цхьана салтичо, къа а хетта, шеца д1авигна к1ант. Цо ги а воьллина лелош к1ант гича, Ярмолан шичас шена д1авигира иза. И к1ант кхиира оьрсичун доьзалехь. Воккха хилча, цунах Россехь г1араваьлла художник хилира... Цо 1аламат говза адамийн суьрташ дохкура.
769 Стагана т1е а хьожуш. Иштта цо а сатийсира шен даймахке... Сан хенара волуш велла... Амма со шек ву оцу цамгарх и велла бохучух. Цунна кхеттарг даймахке сатийсаман цамгар хилла аьлла, хета. Инзаре хала цамгар йу иза, Болат. Суна хаьа цуьнан хьал.
770 Со а лелла даймахках къаьстина, цуьнга сатуьйсуш. И шиъ цамгаре боьрзу. Цхьа шатайпа ц1е йоцчу цамгаре. Дог а, хье а к1ез-к1езиг бакъало. Ас уьш х1унда дуьйцу, хаьий хьуна? Хьуна адамаш тайп-тайпана дуйла хаийта 1еламчаш, эпсарш, хьоладай
771 Гой хьуна, Раевский воккха хьолахо а, инарла а вара. Х1етте а цо дуьхьало йира ламанхошца т1ом бан. Шина вешех схьабевлла шичой бара Ермоловг1ар. Цхьаммо инзаре йоккхачу къизаллица вайн йарташ х1аллакйира, шолг1ачо, нохчийн жима к1ант кхаьбна, цунах сийлахь-воккха художник вира.
772 Дуккха а оьрсийн назманчаша, вайх къахеташ, вайн турпала къийсам хестош, вайца т1ом бен 1едал сийсаздеш, иллеш йаздо. Уьш а бу хьолахой, эпсарш а. Х1инца хаьий хьуна, Болат, цхьа а халкъ вуон ду ала мегар доцийла? Цхьа стаг, б1е, эзар стаг вуон ву, зуламхо ву, оьзда вац ала мега
773 Амма халкъ бехдан, бехке дан, цунна т1ехь кхиэл йан а бакъо йац цхьаннен а. Вало, говр схьайалайе. Д1авоьду вайша. К1ант т1ехьа а хиъна, меллашчу боларехь новкъавелира и шиъ... Захаров Петр олура цунах. Иза схьаэцначу салтичо шен ден ц1е тиллинера цунна.
774 Амма, ша нохчо вуйла, шен даг чохь даймахке а, нохчийн халкъе а безам ларбеллийла хаийта, ша мел диллинчу суьртана буха «Нохчех схьаваьлла Петр Захаров» олий, куьг йаздора цо. Ша верг иштта хьекъале, тешаме, оьзда а хуьлу-кх, Болат, цо оьрсийн школехь дешарх.
775 Захаров Петран ц1е йехар йу, вайн халкъ мел деха. Тамашийна х1ума ду хьуна иза, Болат. Паччахьна, хьолахошна вайнах хьекъал, кхетам боцуш, цхьа акха адамаш ма хета. Даккхий эскарш т1аме дига...! Кхин ду цхьаъ, Болат Уьш Нохчийчуьра д1алахкарх а ма ца тоьу, Болат
776 Кхузара д1абаьхча, кхечахьа цхьаьна а кхетта, йухабог1ур бу уьш. Россехь, Гуьржех, массанхьа а. Амма иза дан ницкъ кхочур бац цхьана нохчийн... Иза хир ду, мацца хилла а. И хирг хиларх теша Россера а, дуьненан кхечу мехкашкара а хьекъале нах.
777 Гор, Болат, йа1! Дуьнен чохь хуьлуш дерг хаахьара нохчашна! Т1аккха уьш кхетар бара шаьш х1инццалц бина къийсаман некъ нийса цахиларх, иза хийца безарх! Амма цунах кхетац йа вайнах а, йа кхидолу халкъаш а Шен маршонехьа къийса, маршо йаккха, йаьккхича, ларйан 1илма, серло ма оьшу адамашна
778 Ткъа уьш тахана бодане, б1аьрзе ду, Болат. Шиммо а г1айг1ане доккха садаьккхира. Болата хеттарш совцийра. Схьахетарехь, шена хаа луург хиънера цунна. Х1инца, мел лаххара а, цхьана шарахь шен нийсархошна хьеха а, дийца а х1ума дара цунна.
779 Болат луьйчура сецча, Къосамца шен хиллачу къамелна т1е йухавирзира Берса а. Цхьацца хаттаршна т1ехь бакъ вара Курумов. Россис кхуза серло йохьийла-м Берсина дика ма хаьара. Шемалах лаьцна цо аьллачунна а дерригенна реза вацара Берса.
780 Къиза-м, дера, вара Шемал. Тап ша малхбален деспот. Амма кхин цхьаъ хаьа Берсина. Исторехь дукха меттигаш хилла, халкъийн уггар хьекъале, кхетаме, адамалле баьччанаш даймехкан, халкъан дозушцахиларан дуьхьа, цуьнан хинболчу кхолламан дуьхьа цуьнан мостаг1ашца, йамартхошца къиза хуьлуш.
781 Шайна ца луъушехь. Дегнаш а къуьйлуш. Изза дира французийн революцин тхьамданаша а. Иштта хила дезар ду т1ейог1учу хенахь а. Шемалан байракх к1ел х1иттинчу халкъаша латтийнарг шайн маршонехьа бакъонца, сийлахь къийсам бара. Оцу къийсамехь йоккха турпалалла а гайтира цара.
782 Оцу хьекъалечу, майрачу ламанан к1ентан ц1е Наполеонан ц1арна улло а йуьллура Берсас. Амма цхьаъ дара Берсина новкъа. Берсина хаьара къаьмнийн маршонехьа боламийн дукхахболчу тхьамданаша къийсамехь даим а, массанхьа а шайгара турпала хьуьнарш а, халкъан г1уллакхна тешамалла а гайтар.
783 Халкъан г1уллакх иэшна де т1ех1оьттича, цхьа а тайпа осалалла, кхерар доцуш, шайн кортош майрра эшафотна, гильотинина т1едехкира цара, танг1алкхашна к1ел, йуьйлинчу тоьпашна хьалха х1иттира уьш. Хьекъале, майра а, доьналла долуш а шен заманан, шен халкъан к1ант вара Шемал.
784 Амма, халкъана тешамалла гайта деза т1аьххьара де т1ех1оьттича, кхеравелла, корта а та1ийна, мостаг1чунна хьалха х1оьттира. Шена иза мел дукхавезахь а, ша иза мел ч1ог1а лерахь а, амма и шалхо Шемална гечйан ницкъ бацара Берсин.
785 10 корта. Сутарчу куралло хьекъал кхолийначу стагана шена т1ебог1у кхерам гац. Эзоп. Инарла-майоран Муса Алхазович Кундуховн доларчу йуьртан а, мехкан а ц1е Скут-Кох йу. «Хадийна раг1» йа «Хадийна куьг» бохург ду иза х1ирийн маттахь.
786 Ша ц1ейаханчу х1ирийн элийн, тагиатийн, тайпанах хилла ца 1аш, ткъа оцу тайпанехь а тоьллачу ц1ийнах схьаваьллачу Кундухов Алхазан Мусин долахь йалхошца йоккха йурт а, т1улгах доьттина исс ц1а а, дуккха а бахаман г1ишлош а йара.
787 Йуьхьанца мохк к1езиг бара Кундуховн. Шен дех бисинарг. Цунах а, да веллачул т1аьхьа бахам боькъуш, ах гергга Мусел воккхачу вешина Афакона кхаьчнера. Бакъду, дуьнен чу волучу хенахь ирсе кхаж баьллачу Мусин дахар тоделира. Цундела Муса а вахара т1еман школе деша.
788 Дуккха а эпсарш шех хьоьгуш, куьцехьчу дег1ахь а, хьекъале а, т1ех майра а волчу Мусин аьтто хилира оцу новкъахь баккхий кхиамаш баха. Къаьсттина атта дара и кхиамаш баха иза виначу Кавказехь. Кхузахь цунна мохк а, къаьмнаш а, церан амалш а дика йевзара.
789 Массо хенахь а оьрсийн эскаран командованин воцуш цатерг вара Муса. Шо-шаре мел дели, т1екхетара чинаш, совг1аташ. Паччахьо, дуьххьалд1а чинаш, орденаш йелла ца 1аш, шортта латта а лора шен инарлашна. Оцу совг1аташа Алхазан Мусин мохк ши эзар барх1 б1е десятине баьккхинера.
790 Бакъду, оцу шен йуьрта а вирзина, чомахь ваха аьтто ца хуьлуш йаьккхира цо шен дахаран нийсса ах хан. Цо дакъалецира Шемалан заманан берриг а Кавказан т1амехь. Венгрин революци хьошуш а уггар жигарчех цхьаъ вара иза. Ши-кхо шо дара, Х1ирийн округан начальник хилла, шен ц1ахь хан токхуш иза волу.
791 Тахана, цкъа а ца хиллачу тайпанара, цкъацкъа воккхавеш, т1аккха г1айг1ане вужуш, башха вара Алхазан Муса. Х1ан-х1а, Муса х1уманна а дарвелла вацара. Йа цхьана сингаттамо дуьне кхолийна а. Церан хьошалла тасаделлера Алхазан Муса Нохчийн Округан начальник волчу шарахь.
792 Цигара Муса ц1а вирзинчул т1аьхьа 1успин Сайдулла масазза а хиллера иза волчохь хьошалг1ахь, амма, тахана санна, иза леррина т1еэца цкъа а ца кечвеллера Муса. Ша даьхьна г1уллакх кхиамца чекх а даьккхина, Константинополера Муса ц1а вирзина цхьа к1ира сов хан йара.
793 Шена ма-ттов и чекхдериг хиларх цуьрриг шек вацара иза воьдуш дуьйна а. Алхазан Мусина Петербург а, Константинополь а цхьаъ йара. Шиннахьа а бара цуьнан герггара хьеший. Бакъду, цо х1инца даьхьна г1уллакх, цунна ма-моьтту, атта ца хилира.
794 Туркойн правительствона даггара лаьара Кавказан ламанхойх уггар карзахе, доккхачу къомах нохчийн пхи эзар доьзал шайн махка т1еэца. Амма дерриг дохийнера цигахь лаьттачу хьоло. Кисанахь шортта ахча а долуш баханчу церан г1уллакх цигахь д1анисделлера.
795 Амма кхин хьал х1оьттира д1адаханчу шарахь цига кхелхинчу нахе. Парижски бартаца, 1аьржачу х1орда т1ехь кеманаш хила бакъо йоцчу Россин Малхбузе Кавказ д1алоцуш т1еман базаш кубански г1алг1азкхий болчохь йахка дийзира. Иза мич-мичхьахула бацара.
796 Цундела цо, уьш арахьарчу дуьненах хадорхьама, и некъ х1орда т1ехула битира. Т1аккха ламанхошна хьалха х1оттийра: йа, цхьа а тайпа хабар доцуш, Россина муьт1ахь хилий, шаьш доллучохь совца, йа охьакхалха. Ткъа цушинна резавоцург Турце д1аг1о аьлла.
797 Ламанхой холчах1иттинчу оцу муьрах пайдаэца г1ерташ, цаьрга Турцех д1акхойкхуш прокламацеш йаржош, Кубански ламанхошна йукъабаьржира туркойн эмиссараш. Уьш дукхахберш паччахьан правительствос иэцна балийна агенташ бара. Уггар хьалха д1акхалха буьйлабелира таронаш йолу нах.
798 Даим а, ойла ца йеш, б1аьрзе царна т1аьхьах1уьттуш лела къехой х1инца а изза дан сихбелира. Вуьшта а т1амо ч1анабаьхна уьш, деккъа цхьа даьхний доцург, важа берриг шайн миска бахамаш д1а а туьйсуш, карахь ахча а, т1ехь мегарг бедар а йоцуш, уьдуш, х1орда йисте д1агуллора.
799 Ткъа цигахь кеманашка ладоьг1уш цара хьоьгу бала цабийцабаллал къиза бара. Деккъа цхьана 1863-чу шарахь х1ордаца туркойн махка воьссира виъ б1е эзар гергга ламанхо. Турце д1акхаьчна ламанхой х1аллакьхуьлура, мозий санна. Мангало буц санна, адам хьоькхуш, къиза йукъадаьржира тифан, морзгалийн ун.
800 Б1арзбинера уьш мацаллой, махкаллой. Оцу хьола т1е нисвелира Алхазан Муса паччахьан правительствос т1едилларца нохчийн пхи эзар доьзал д1аэцаран хьокъехь туркойн Портица дийцарш дан ваханчу хенахь. Цигара хьал дика доцийла-м Мусина хьалххе дуьйна а хаьара.
801 Цунах хаамаш Мусин шен карахь а бара, цул сов, цигара йухаоьхучу наха дуьйцурш д1асадаьржара лаьмнашкахь сиха. Бакъду, ахберзина, мацалла мажбелла, саг1адоьхуш дийна бисинарш а, д1адохказа цхьанхьа 1охку декъий а шен б1аьргашна Турцехь галлац, оцу ирчачу хьолан сурт цунна ма-дарра ца х1оьттинера.
802 Стамбулехь мел даккхий гергарлонаш шен хиллехь а, и сурт гича, Мусас догдиллира шен г1уллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Эххар а туркойн правительствон арахьарчу г1уллакхийн министр 1ела-Паша резахилира нохчийн пхи эзар доьзал т1еэца а, Саганлуг ломаний, Ван 1оманий йуккъе баха хао а.
803 Оцу т1ехь барт хилла баьлча, шен г1уллакх дийцира Кундуховс. Тохара цкъа ша Лорис-Меликовга, нохчий Турце кхалхоран г1уллакх айъина Россин дуьхьа а, нохчех къахеташ а лела цо аьллехь а, иза ц1енна харц дара. Кавказски т1ом чекхбаьллера, Росси ч1ог1а когаш т1е х1оьттинера кхузахь.
804 Хьалхалера сий хирий-те х1инца х1ирийн алдарийн? Х1ан-х1а, шайна оьшучуьра бевлча, паччахьан 1едало йуьстахтеттира гуьржийн дворянаш, абхазийн элий Изза хиларна кхоьрура Кундухов шех а Мел иза хьекъале, хьуьнаре инарла велахь а, кхид1а карьере догдохийла йацара цуьнан
805 Цул сов, Россехь крепостной ахархой мукъабаьхнера. Х1инца изза деш ду Закавказехь а. Кестта и закон Къилбаседа Кавказан лаьмнашка а даьржар ду. Долахь леш боцуш эла муха хуьлу? Т1ехула т1е, ахархой ца хилча, ши эзар барх1 б1е десятин лаьттах цо х1ун дан деза?
806 Хьанна хаьа, 1едало мукъабаьхначу ахархоша, т1ехьа мийра а тоьхна, д1акхосса тарло. Иза хилла меттигаш дукха йу. Цунах кхоьруш, шайн долара ахархой мукъабовлале, цаьрца хьалххе Турце кхелхинера Кубанерчу ламанхойн мехкадай. Амма Кундуховна иштта ведда ваха ца лаьара.
807 Хьанна хаьа, цигахь ма-луъу ца нислахь, йухаверза ма деза. Цундела Россера д1авала везара, правительствона хьалха дикачу ц1арла а хуьлуш, безачу мехах цунна шен латта, бахам а бухкуш. Шен доларчу йуьртан ахархошца ваха а ца лаьара Кундуховна.
808 Иза т1емало ву. Ткъа цуьнан ахархой, латталелорна бен, кхин пайденна бац. Турцехь царна лело латта хир дац Мусина, уьш т1аьхьа а х1иттийна Турце вахарх, цигахь карьера йалур йац цуьнга. Хьанна хаьа, цуьнца цига вог1ург-м масех эзарне кхача а мегий.
809 Цхьа дивизи нохчийн дошлой! Уьш-м цо дуьненан муьлххачу а пачхьалкхан дийнна эскарх а хуьйцур бацара Цаьрца дан цунна шортта г1улакхаш ду Балканехь а, Анатолехь а Нагахь Турцис цхьаьнца т1ом болабахь? Т1аккха цаьрца Месопотамехула, Аравехула, Египтехула чекхвер ву иза
810 Ткъа Россица-х т1ом цкъа а хедаш бац. Т1елхаг а, Бойсаг1ар а дийна велхьара, 1умма а, Атаби а лацаза велхьара. И ойланаш дукха йинера Мусас оцу т1аьххьарчу шарахь. Турцехь нохчий т1еэцаран г1уллакх а цо д1анисдинера. Цигахь цунна сацамболлуш дош деллера эскарехь лаххара а пашин чин дала.
811 Цкъачунна и тоьур ду. Иза ламин хьалхара т1ег1а ду, цигахь оцу т1ера хьалаволалур ву Муса. Амма уггар коьртаниг хьалха ду: нохчий цига д1акхалхор. Нагахь Сайдулла а, 1елаха а т1етахь, цаьршингахула бисинарш т1еберзо ницкъ кхочур бу цуьнан.
812 Тахана къасто деза Мусас дагалаьцнарг кхочушхир ду йа дац. И ойланаш а йеш, шен доза доцуш шуьйрачу махке б1аьрг а бетташ, накъосташна иттех г1улч хьалха воьдура иза. Ломан дукъа т1е хьалаваьлча, цунна гира дехьа басахула меллашчу боларахь чувуссу ши бере.
813 Д1айахана и зама, хьан маршо а, сий а эцна. Хьо шайгахьа валарна, хьан куьйга хьан халкъ д1атедан оьрсаша майоран чин делла хьуна. Амма вайша мел хьекъале, мел майра, мел хьуьнаре велахь а, царна гергахь, акха ши туземец бен, х1умма а вац вайша.
814 Кхузахь кхин лакхаваларе догдохийла д1айаьлла. Хьуна уьш мел ца беза суна-м дика хаьара, амма цаьрга болу сан цабезам хьуна хаахьара! Вайшиннан ирс Турцехь ду Бакъду, хьан махкахойн баккъашна т1ехулий бен вайша цига ваха-м лур вац
815 Х1ун дийр ду ткъа, цхьаннан бохам кхечуьнан ирсан лами ма бу. Хьайн ирачу туьрций, болатан дагций суна улло хьо х1оттахь, сайн хьекъалца ас хьо хьайна г1енах а ца гинчу дарже кхачор ву...». Уггар хьалха цкъа делкъан ламазаш дарца Делан декхар д1а а делла, т1аккха токхечу шуьне хевшира хьеший.
816 Кавказан ламанхошна йуккъехь б1еннаш шерашкахь схьадог1у г1иллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш 1ара х1усамда. Т1ерачу дерстинчу дилхах ц1анло даь1ахкаш декъаза шуьна оьгура. Б1аьрг т1ех1отта ца кхиош лахлора жижиган, галнийн баьрзнаш.
817 Х1инцале дассийнера гуьржийн Цинандалин кемсийн дикачу чаг1аран масех шиша. Амма хьаж т1ей, логаххий дайн хьацар тохар бен, кхин шек бацара элдара дог1маш долу зоьртала х1усамдай а, хьеший а. Т1аьххьара а кад хьала а лаьцна, дош ала пурба дийхира х1усамдас Алхазан Мусас.
818 Сайн дешнаш хьуна т1едерзадо ас, Сайдулла. Цкъа-делахь, шуьшиннах хьо воккха ву, шолг1а-делахь, вайша шира ши доттаг1 ву. Суна хьо вевзина йа, нийсса аьлча, хьо гина, йалхитта шо хьалха Хьалха-Мартана уллехь. 1елаханна а хезна хила тарло цигахь хиллачу т1амах лаьцна.
819 Хьалха-Мартант1ехь оха х1оттийнчу г1опо салаьцнера шун. Жимачу Нохчийчоьнан дог ма дара и йурт. Цигара д1а шун йарташна т1елета тхо совцо, Т1елхаган меттана дагестанхойн наиб Абкар-Дибар ваийтира имам Шемала. Амма цуьнан цхьа а г1уллакх новкъа ца долура.
820 Х1етахь Т1елхаган хьекъалний, тхан дивизиний йуккъехь лаьтташ б1аьрзе Абкар-Дибар ца хиллехь, тхо дерриш х1аллакьхилла хир дара. Кхин х1ун дийр ду а ца хиъна, дерригенна куьг ластийна, шайна ма-хуъу шаьш ларде аьлла, 1адбитира цо нохчий.
821 Ша цига наиб х1оттийчахьана дуьйна цо т1еэцначех уггар хьекъале сацам бара иза. Цхьамма т1ехь куьйгалла дан доьлча, цуьнан бага а хьуьйсуш, когаш-куьйгаш дихкича санна, 1а нохчий. Амма шайн лаамехь буьту-кх! Дала 1алашвойла царах!
822 Массо кулла к1елхьара, шерачу лаьттах бухбуьйлуш, къинхетамза йетташ, дуьне-м, дера, гатдора. Абкар-Дибара шаьш шайн лаамехь битиний хиъначу нохчех йуха а нохчий хилира. Т1аккха, бахий ахь, шайн даимлерчу майраллица, мекарлонца шаьш шайн ларбан буьйлира уьш.
823 Тхан дукхахдолу дараш оцу йуккъехь хилира. Деллахьа, ма дохковаьллера-кх Шемал Жимачу Нохчийчуьра Т1елхаг ша д1аваккхарна. Амма имамо шен г1алат нисдира, Абкар-Дибаран метта хьо а х1оттийна. Х1етахь тхоьца ца ларийра Абкар-Дибар.
824 Тхо йуха ца дахаделира майрачу, ас даим лоруш волчу хьекъалечу полководце шелахойн Т1елхаге а. Амма ахь, Сайдулла, коьртах х1ума туьйхира тхуна. Цкъа тоьхна ца 1ийра, дуккха а йиттира. Х1аъа, ахь ц1ена этира тхан эпсарш. Берриш инарлаш цецбуьйлура хьан майраллех.
825 Дала лардойла вай йамартлонах, Дала ма дуьтийла вай къонахалла д1аэцна! Кедахоша шайн ма1аш, йасса а йина, охьайехкира, амма Сайдуллас шениг, йуха а йуза аьлла, Афаке д1акховдийра Т1елхаг тхан нохчийн эскаран хье бара, тхо, важа наибаш, цуьнан куьйгаш дара
826 Хьуна нийса хаа лаахь, Т1елхаг нохчийн эскаран хье хилла ца 1ара. Дуьненна а хаьа Шемал аш вина стаг хилар. Ахульгохь Шемал вохийначу дийнахь Россин когашка йуьйжира Дагестан. Х1етта йаьккхина Шемалан ц1е йайра. Тхо тешна дара Къилбседа Кавказ гуттаренна а тхешан карахь хиларх.
827 Т1аьххьарчу ткъа шарахь лаьттина т1ом шу бахьанехь хилира. Шовзткъалг1ачу шарахь шу ца г1евттинехь, билггал чекхбаьллера иза. Ахульгохь велла Шемал денвинарш а, цуьнан т1еман сий айъинарш а шун наибаш ма бара шайн коьртехь Т1елхаг а волуш.
828 Шо1ип, Бот1укъа, Бота, Со1ду, Г1ойтамар! Маса вара уьш! Ткъа Юсуп-Хьаьжа Сапаров? Алдара шайх Мансуран йуьртахо Иза тхоьгахьа ваьлча вевзира суна Кхузаманан т1еман 1илма дара цуьнан коьртехь Шера хаьара цунна туркойн а, 1аьрбийн а, Кавказан итт къоман а меттанаш
829 Кхойтта мотт! Юсуп-Хьаьжа вара Шемалан генеральни штабан начальник а, цуьнан премьер-министр а Доцца аьлча, имаман хье, аьтту куьг Шемалан йаьржина имамат европейски пачхьалкхан кепе йалийра цо Ломара йерриш т1еман ч1аг1онаш цуьнан куьйгаллица х1иттийнера
830 Амма правительшна везац шайл хьекъале, хьуьнаре стаг. Шемална а ца вийзира и хьекъале, хьуьнаре нохчо. Боцу бехк т1е а 1оьттина, х1аллакван дагахь, лаьцна, зиндан чу воьллира цо Юсуп-хьаьжа. Амма иза, ведда, тхоьгахьа велира.
831 Со реза ву царна т1ера кад мала! Цхьа а чу ма вита аьлла, Мусас омра дарна, хьешашна г1уллакх деш цхьа а йалхо вацара Цундела царна кад буттург Мусин ваша Афако вара Чаг1арх йуьзна ма1аш массара буйна йоьхкича, Сайдулла вистхилира
832 Цхьана а нанас ма войла йахь йоцу, тешам боцу к1илло к1ант, вича, ма вехийла и х1ара маьлхан дуьне даа. Х1ара нана-лаьмнаш мостаг1ех лардеш, хеназа беллачу къонахашна Дала эхарт лойла, дийна бисинчара х1ара 1аьржа латта г1оза хьоьшийла!
833 ... Веа стага ма1аш йуха а хьалайерзийра. Чохь малар дуьсуш уьш охьах1итто йиш йацара. Иза дуккха а мийла 1еминчу Мусассий, Афакоссий, сихха йассийна, охьатийсира шайн карарниш. Дагара ца хаийта, нуьцкъаша д1амелира 1елахана а.
834 Цигахь шайна хиллачу зиэно Чехкара-Г1ала йухадовла дезийтира шун. Амма тхан цкъа а меттиг ца хуьлура тхешан толамех даккхийде. Шаьш Хьалха-Мартант1ера к1егардовлуш аш къиза х1аллакйира йарташ, бошмаш, йалташ, цанаш. Г1унаш чу тийсира говрийн чархаш.
835 Тхан халкъо б1еннаш шерашкахь къахьоьгуш кхиийна йарташ, бошмаш паччахьан инарлаша цхьана дийнахь чим беш йагайора. Х1инца, саг1адоьхургаш санна, лела тхо. Берриг нохчий ломан к1ажа та1ийна, ткъа мегаш долу латта г1алг1азкхашний, эпсаршний д1адекъна.
836 Ц1убдар санна, тхох векхаш ву массо а. Масех б1е урд латта делла 1один Вах1абна, Къурмин берашна, Чермин Орцина, кхин иттаннаш писашна. Эла санна, веха Шамурзин Бота, Жукин Дуба, Ботукъа, кхиболу оьрсашкахьа бевлла наибаш а.
837 Хьо вац иштта, и наибаш санна? Уьш санна, Шемалан наиб хилла хьо, х1инца, уьш санна, майоран чинехь паччахьна г1уллакх деш а ву хьо! Суна ца хаьа, царна санна, халкъана йамарт хила! Уьш санна, Шемал д1а а тесна, хьо а ма велира паччахьехьа
838 Сайдуллин йуьхь ц1иййелира, дуьхьал ц1ийдина хи тоьхча санна. Бота шен лаамехь велира оьрсашкахьа. Цул сов, сол хьалха Евдокимовна т1евахара мичкахойн наиб Эски а, шотойн наиб Ботукъа а. Доцца аьлча, халкъан тешам байна шух, 1едална хьалха сий а дац шун.
839 Шаьш мел дукха дахарх, ахь ц1ераш йаьхначу нохчийн эпсаршка кхочур дац шу. Ткъа уьш хьан 1аьржачу м1еран меха нах а бац. Суна иэша а ца оьшу ахь дуьйцу сий. Паччахьна сайн къам а духкуш оьцу чин, бахам ца оьшу суна. Йа хьуна биэн ца хета иза?
840 Суна-м, ала дашна, со церан гихь лелаш бег1ийла хета. Жимма сатухур ду оха. Сихалло са диъна, собаро лам биъна, боху кицано. Цхьа де дог1ур ду, уьш гира охьа а кхийсина, тхешан халкъ оха маьршадоккхуш. Ахь ма-аллара, тхан нах сох тешац.
841 Оьрсашна г1уллакх дечу тхох цхьаннех а ца теша уьш. Церан г1уллакх къайлах ду. Амма тера ду цхьаъ вовшахдеттачух. Мусиний, Сайдуллиний йуккъера къамел сецира. Мусас 1оттар йеш аьллачу дешнаша Сайдуллина карладаьккхира ша, Шемалах д1а а къаьстина, оьрсашкахьа ваьлла де.
842 ...Иза дара 1858-чу шарахь. Шемалан т1еман ницкъан хьоста, цунна оцу ткъа шарахь г1ортор хила лаьттина Нохчийчоь, ц1аро йукъахьарчийна йогу г1ишло санна, т1аьххьара б1ог1амаш даьгна, кеглуш, т1ейетталуш йара. Мацаллой, цамгарший, къоьллой г1елбина нах б1аьрзе хьийзара.
843 Цаьргарчу хьолах кхеттачу паччахьан инарлаша марсайаьккхира шпионаж а, агитаци а. Нуьцкъаша а, 1ехош а, оьцуш а, нохчийн йарташ шайгахьа йаха г1ертара уьш. Цхьайолчу йарташкара дийна бисина доьзалш г1алг1азкхийн станицашна герга кхалхабоьлча, ша ваьгначу вала воллийла хиъна Шемал а хьайра меттах.
844 Нохчех хаьдча, шен оьмар чекхйолийла хуу Шемал, вагийча санна, хьийзара. Кхузарчу наибашка дехаран кехаташ оьхура денна: «Деган доттаг1чуьнга, сан наибе Т1елхаге бусалба халкъийн тхьамданера Шемалера. Вайн ницкъболчу Делера маршалла хуьлда хьуна!
845 ... Вайн везачу Делан ц1арах массаьрга а т1аме кхойкху со. Шайн дайша санна, майра дуьхьало йелаш мостаг1чунна. Болх Далла т1ебилла, Цо 1алашдийр ду шу. Амма, хаалахь, хьомсара доттаг1, нагахь санна гиххойн виллает вайх д1айалахь, йерриг Нохчийчоь йужург хилар.
846 ... Делан жима лай Шемал». «Вежаршка Атабига, Сайдуллера, Дубега, Т1елхаге имамера Шемалера. Маршалла ду шуьга массаьрга а. Т1ейог1у йеара кхачале нохчийн дерриг а дошлойн эскарш Шела йолчу гулдар т1едуьллу шуна. Далла лаахь, оцу дийнахь со хир ву цигахь.
847 ...». «Деган доттаг1чуьнга, сан наибе Т1елхаге. Вайн везачу Делера маршалла хуьлда хьуна. Вайша йиллинчу меттиге вар доьху хьоьга. Цигахь ас шадерриг дуьйцур ду хьуна...». Имамо шен омраллин аз хийцинера. Х1инца иза дехаршка ваьллера.
848 Нохчийн наибаша шайн т1аьххьара ницкъ вовшахтуьйхира. Июнехь кхехкабуьйлира т1ом. Йалхитта чаккхарма йукъ лаьцна, хьалхатаь1ира паччахьан эскарш. 13-чу июлехь къоначу Ботукъин дошлойн б1аьно атака йира Тенгински полкана. Дийнахь-бусий ца лаг1луш боьдура т1ом.
849 Кхойтта дийнахь ца соцуш хьалхате1ара мостаг1. Оцу йуккъехь г1евттира паччахьан 1едало хьаьшна лаьтта г1алг1ай. Оцу рейдан толам нохчех бозуш буйла хуучу имамо, Бородино арахь Наполеона шен гварди санна, кхоош кхобура уьш. Х1етте а, имаман сатийсар кхочуш ца хилира.
850 Боьхна йухахьаьлхинчу г1алг1аша атака йан аьтто бохийра нохчийн дошлошна. Кхузахь вийна виъ б1е б1аьхо а вуьтуш, к1егарваьлла, Шемал Ведана вирзира, ткъа инарла Евдокимов, Органан ч1ожахула хьала цкъа а оьрсийн салтичун ког кхачазчу Шотойн дукъа велира.
851 Оцу хала деанчу шарахь къаьсттина хьерайелира тиф, хоршанаш. Т1амочул дукха синош дехира цамгарший, мацаллой. Де дийне мел дели, херлуш бара нохчийн а, дагестанхойн а барт. Оцу омрано, Шемалх тоьлла наибаш хербина ца 1аш, кхин т1е а марсадаьккхира шина халкъана йуккъера мостаг1алла.
852 Нохчийн йарташ оьрсийн аг1онгахьа кхалхар кхин т1е а чехкаделира. Шемала дехарш дора нохчашка. Оцу шеран гурахь цо Шела улло бийхира нохчийн берриг наибаш а, 1еламнах а. Ма мотталаш, шаьш д1а а тийсина, со лам чу г1ур ву! Х1ан-х1а, со кхузахь, шун лаьтта т1ехь, лийр ву!
853 Шул майра, хьуьнаре халкъ дац дуьненахь! Собаре хила, сатоха! Оьрсаша хьесап ца далла дукха ахча дайъина, дукха салтий х1аллакбина шун мохк д1алаца г1ерташ, шу салтдаха, шун зударех меташкаш бархьама Цара герз д1адоккхур ду шуьгара, атталла урс а дуьтур дац
854 Шун берриг а къонахий Сибрех бохуьйтур бу, бисинчех муьжгий бийр бу. Т1аккха кхетар ду шу, амма т1аьхьа хир ду! Оцу йуккъехула, шайн дерриг тукхам паччахьна муьт1ахь ду аьлла, Евдокимовна т1евеара шотойн къеда Сурип-молла Х1инца ша-шаха херца йолайелира Нохчийчоь
855 Иза йагайора мало йоцчу х1ораммо а. Йагайора Сурип-моллас, Дугас, имамах веддачу наибо Хьамзата, Шемалан к1анта Г1еза-Махьмас, инарла Евдокимовс. Оцу йогучу ц1ергахула чевнаша деринчу дег1аца, к1ур туьйсучу чоица Соьлжа-г1опе Евдокимовна т1евеара майра Ботукъа.
856 Инарлин цкъа а ойла йацара наибаш байъа йа Сибрех хьовсо. Мелхо а, цунна лаьара цкъачунна уьш даржехь лакхабаха. Т1аккха цунна т1ебог1ур бара бисина наибаш а. Цундела, хьалха санна, Ботукъа шотойн наиб витира инарло, ткъа Сурип-молла цуьнан суьдхо х1оттийра.
857 Евдокимовс сатийсинарг кхочушхила дуьйлира. Нохчашний, дагестанхошний йуккъе луьра мостаг1алла х1оьттира. Цхьаъ вукхунна т1аьхьа Евдокимовна т1еоьхура нохчийн наибаш. Евдокимовн воккхаверан доза дацара. Инарло даггара сий дора оцу майрачу т1емалочун.
858 Цо иза вовзийтира мацах цкъа Хьалха-Мартана уллохь Сайдуллас йиттинчу эпсаршна. Т1аккха, Жимачу Нохчийчоьнан наибан чин а делла, 1асс а, Фартанг а хишца йолчу хьаннашкара обаргийн тобанаш йохо хьажийра цо Сайдулла. Бутт хан йалале Сайдуллас цигахь цкъа а ца хиллачу кепара тийналла х1оттийра.
859 Ницкъ иэшна нохчийн йарташ т1аьхьий-хьалхий оьрсийн караоьхура. Хьаннаш хьоькхуш, шуьйра некъаш дохуш, т1е мел нисвелла йурт йагош, Нохчмахкан к1орге оьхура инарла Врангель. 1859-чу шеран апрелан хьалхарчу дийнахь йуьйжира йеххачу хенахь имаман столица лаьттина нохчийн йурт Ведана.
860 Ведана д1алаьцча, инарло Барятинскийс приказ кхайкхийра эскарна: «Сийлахьчу Дала толамца совг1ат делла шуна аш хьегначу къина: х1инццалц иэшо вайн ницкъ ца тоьъна дуьхьалонаш хирци, Ведана схьалаьцна, къарйина Нохчийчоь Сийлахьчу Государан когашкахь 1уьллу.
861 Хастам хуьлда инарлина Евдокимовна! Баркалла цуьнан г1оьнчашна!» Толам декъалбеш, шатлакхна оцу дийнахь коьртакомандующин омрица Метехски г1опехь б1е цхьаазза йаккхий тоьпаш кхоьссира Шемал б1аьрга сара кхетча санна хьийзара
862 Веданий, Даьрг1ий йоьжначул т1аьхьа ша нохчех догдиллинехь а, Шемална йуха а нохчех кхета лиира. Х1инца Эрсана бийхира цо уьш. Аш когадахийтира кху лаьмнашкахь доьжна ислам! Аш дукха ц1ий 1енийна оьрсийн, дукха х1онс йаьккхина цаьргара, церан ц1арна ц1ейахана нах йийсаре лецна аш!
863 Шух кхоьруш детталора церан дегнаш! Хаалаш, со дийна мел ву, со шайн накъост, хьаша вуйла! Ас вайн везачу Делах дуй боу шуна, Нохчийчохь цхьа дитт ирахь мел ду, кхузара д1а лам чу ца ваха! Амма имаман хабар эрна дуйла хуу нохчий д1асабахара
864 12-чу майхь йерриг Нохчмахка, оьрсийн эскаршна къарйелла, к1елсецира, йеккъа цхьа Бений, цунна гонд1ара к1отаршший йоцург. Цул т1аьхьа дукха хан йалале, 25-чу августехь, дийнахь кхо сахьт даьлча, имаман къоьжа корта элана Барятинскийна хьалха х1оьттира.
865 Т1еман оцу т1аьххьарчу шарахь Барятинскийс лоьруш лелийра Сайдулла а, бевдда шайгахьа бевлла важа наибаш а. Амма, т1ом чекхбаьлла, нохчийн лаьмнашка ондда ког г1ортийна, шаьш д1ах1иттича, паччахьан инарлашна бицбелира уьш. Тхуна маршо йезара, кхетий хьо?
866 Тхешан ворх1е дайшкахь лаьттина маршо! Ца лаьара тхаьшна йуккъера элий бовлийла, тхаьш цхьаннен а йалхой хуьлийла Цундела х1оттийра оха Шемал коьрте Цул хьекъале, хьуьнаре, майра нах тхаьшлахь шортта боллушехь Оьрсашца дерг сихха чекх а даьккхина, т1аккха имам шайн Суьйлийчу д1аэккхо дагахь
867 Амма дерриг а ца нисло ма-моьтту. Т1ом бахбелира, Шемал тхуна нуьйр тилла вуьйлира. Тхуна ца везара йа иза а, йа паччахь а. Хьуна ма хаьа, оцу ткъа шарахь тхоьгахь даллийнарг. Имамца а, паччахьца а, вовшашца а ца тарлуш, вовшахлеташ, х1аллакьхили тхо.
868 Ткъа шо. Хаддаза т1ом. Шаберг тхан махка т1ехь. Д1адийна йалта чудерзадойла ца хуьлура. Т1амехь даьккхинарг бен рицкъа дацара. Зударий бераш дан ца кхуьура. Нийсса ах сов х1аллакьхилира тхан къам. Тхо кхераделла ца севцира, ткъа ницкъ кхачийна, г1елделла, доьза х1аллак ца хила, севцира.
869 Кхетий хьо, Муса? Адам эрна х1аллак ца дан вахара со инарлина т1е! Гечделахь Ткъа со иэшнарг ву Хьо паччахьан инарла ма ву Хьан цхьаннан долахь бу нохчийн пхи эзар доьзалан боццучул бахам Хьан сий ду Хьуна а хиъна хьайна некъ баккха
870 Ахь Россехь дешна. Хьайн вежарий байъа... Диц ма делахь вайша Мусин х1усамехь хьаша хилар! Ша 1ачуьра хьала а г1еттина, к1едачу кузаш т1ехула чехкка д1асаволавелира Сайдулла Кхетий хьо, Муса? Тхох х1ораннан а дег1 дуьззина чевнаш, моьнаш ду
871 Ма хьейе уьш, ма йе 1иттарш, тхан чевнаш 1ийжайо аш! Шаьш йина чевнаш йерза йита! Лом карзахдала доллийла хиъначу Мусас, хьалаг1еттина т1е а вахана, цуьнан белшаш т1е куьг диллира Вай дерриш а ламанхой, цхьа вежарий ду Цхьанна иккхина лазар массеран а дег1е кхерста вайн
872 Со мила ву? Инарла! Кхид1а х1умма а вац! Цхьана хенахь, хьо санна, со а оьшура паччахьна, х1инца со а совваьлла Хьох тешшачул а ца теша сох Сан кийрахь бац, моьтту хьуна, бала? Айса шун халкъан 1енийначу ц1ийно буса наб кхета ца вуьту
873 Оцу къих хьалхавала некъ лоьхуш, синтем байна хьийза со. Цунна виэхна ас шуьша схьа а. Нагахь, теша а тешна, ашшимма ас аьлларг дахь, ас хоуьйтур ду-кх шуьшинна нохчийн дуьхьа са д1адала а со кийча хилар! Сайдулла, сиха Мусигахьа а вирзина, б1аьрса схьаэца санна, леррина цунна т1евог1авелира
874 Амма царна чохь цунна ца гира йа йамартло а, йа вуохар а, йа к1иллолла а. Вай дуьйцу дерг к1езиг г1уллакх дац. Сайдулла а эцна вахана, Муса йуха а шен метте охьахиира. Сайдулла, ас шуьшинга дуьйцу долчух а, вайн хинболчу бартах а доьзна хир ду шун къам маьрша дехар ду йа х1аллакьхир ду бохург.
875 Цул сов, сан багах девлла дешнаш 1едалх д1акхетахь, со х1аллакьхир ву. Иза вуьшта а ца теша даьлла сох. Нагахь хьо тхох ца тешахь, Къуръан схьада, дуй буур бу хьуна. Амма жимма вешан къамкъаргаш т1унйийр йу вай. Д1алацал ма1аш.
876 Дала барт цхьаъ бойла вайн! Йассайелла ма1аш Афаке д1а а кховдийна, шен 1аьржачу мекхех куьг а хьаькхна, забарш йитина, хьешашна т1евирзира Муса Шун дикане даха дог а, шун вуонах кхера меттиг а бац сан Амма и ший а шуна дан ницкъ бу соьгахь
877 Сайдулла, йуха а моха т1ейог1уш лаьтта хьуна. Собаре а хилий, ладог1а соьга. Ас иштта х1унда боху аьлча, суна шун къайленаш хаьа йерриш а. Россехь суна 1илма делла, амма дог ца хийцина. Шу санна, т1емало а, ламанхо а ву со. Шуьшинна б1аьрга бан ца беза оьрсий.
878 Цул сов, суна шера хууш ду нохчий керлачу г1аттамна кечлуш хилар. Цаьрца бозабелла цхьа хьаса а бац тхойшиннан. Амма шуьшиъ цара йуьстахтесна. Уьш тешац шух. Царна диц ца делла масех шо хьалха шу оьрсашкахьа довлар, аш паччахьна доггах дина г1уллакх.
879 Хинболчу г1аттамна коьртехь хир бац хьалхалера наибаш а, динадай а. Царах тешам байна халкъан. Цуьнан тхьамданаш кхин нах бу, цкъа а оьрсийн 1едалций, шуьций машар хир боцуш. Амма зиэне хир йу оцу г1аттаман т1аьхье. Эзарза г1овттарх, шун ницкъ кхочур бац шайн махкара оьрсий д1абаха.
880 Шелана уллохь хиллачу г1уллакхо баьккхина хинболчу г1аттаман корта. Амма оцу г1аттаман дог х1инца а 1алашделла, и нах 1овдал нах бац. Царна хаьа, нохчашка шайн ницкъаца маршо йаккхалур йоцийла. Цара адам г1азоте а ца кхойкху, керстанашна дуьхьал а ца доху.
881 Уьш, мелхо а, керста халкъашца бертахь паччахьна дуьхьал г1овттаре кхойкху. Цул сов, говрашна нуьйраш а техкина, уьш кийчча 1а, Россин кхечу пачхьалкхашца т1ом ма-болабеллинехь, чухахка. Амма и царна биэза т1ом хир бац герггарчу иттех шарахь.
882 Цундела цигахула шайна маршо хиларе догдахар эрна ду нохчийн. Йуха а ц1ий 1енар ду, йуха а сийначу ц1арах йогур йу шун йарташ. Эххар а, къарделла к1елсовцур ду шу. И муха хета хьуна, Сайдулла? Суна ца лаьа адам эрна х1аллакьхуьлийла
883 Амма адам сох тешац. Ас х1ун дийр ду царна? Амма, паччахьна муьт1ахь а хилла, севцича, шаьш маьрша дехар ду а ма мотталаш Шун маршо д1айахана, кхин цкъа а йухайог1ур йоцуш Ас дийца ца оьшу шуна, шу мел гаттехь дохку Цундела 1едало шу новкъара д1адаха некъ лоьху
884 Цунна и карийна. Арахь г1овг1анаш йевлира. Хезира хьуьхьйоьллачу говрийн йиэхьар, хоьтту маршаллаш, х1усамден йоху ц1е а. Мусин чам байра. Церан г1уллакхе хьажахьа, Афако. Со волчохь хьеший хилар а, х1орш д1а ца бирзича, сан шайца охьахоуьйла доций а хоуьйтуш, х1ума дехьа.
885 Кху чу ма виталахь цхьа а. Йуха а боху ас, нагахь вай дуьйцу дерг вай кхаанна йуккъера д1адалахь, со х1аллакьхир ву. Со теша шуьшиннах. Г1уллакх муха ду аьлча, паччахьо ч1аг1йина лаьтташ Лорис-Меликовн план йу 1аьржачу ломан когашкахула д1айолу йерриг а шун йарташ цигара д1айаха.
886 Изза дагахь г1ебартой туркойн махка кхалхош бу. Ткъа, и йарташ д1айаьхна, мукъадаьккхинчу лаьтта т1е керла г1алг1азкхийн станицаш йахка ойла йу. Цул сов, Органца хьала а, Ведана хьала а йолу гарнизонаш кхин т1е а ч1аг1йан сацам бу.
887 Т1аккха хиндерг хаа хала дац. Цкъа-делахь, нохчий нийсса ах шайн махкара д1абоху, бисинарш, кхаа декъе боькъуш, г1алг1азкхийн станицашна йукъа1овду, Нохчийчоь Дагестанах д1акъастайо. Цул т1аьхьа шун аьтто хир бац 1едална дуьхьало йан.
888 1елахас доккха садаьккхира. Доцца аьлча, шу шайн мехкан дай дац-кх. Тхо зударий-х даций? И хир дац! Тхо летта лийр ду Т1аьххьарчу стагана т1ех1итталц Со-суо вер ву г1аттамна хьалха Ас хоуьйтур ду халкъана со цунна тешаме вуйла!
889 ... Х1инца т1ех1оьттинера Мусас ша дагалаьцнарг д1адийца деза хан. Х1инца къаста дезара цо т1аьххьарчу шарахь ша дукха ойла йинарг, Тифлисехула, Стамбулехула ша айъина лелийнарг... Ши хьаша цецваьлла х1усамдега хьаьжира... Шун халкъ ткъе пхиъ шо хьалхалерниг дац.
890 Нийсса ах х1аллакьхилла. Дийна бисинчех цхьаберш Россехь бу, цхьаберш къаналло к1елбитина. Хьалхарчу чкъуро догдиллина ша тоьлург хиларх. Дерриг а меттахъхьедийриг къона чкъор ду, амма уьш хинйолчу халонех ца кхета. Къастабе царах цхьаъ.
891 Сайдулла а, 1елаха а ойланашка вуьйжира. Дагца йолчу цамгаро дуьненах догдаьккхина волу 1елаха цкъа а т1ера вацара къамелна. Цуьнан 1аьржачу аматахь озачу йуьхь т1е хьаьжча, хаалора цамгарочул т1ех цуьнан садууш кийрахь кхин бала хилар.
892 Хеназа къежделлачу шен месалчу мекхех куьг а хьаькхна, ахь жоп лохьа бохуш санна, Сайдулле а хьаьжна, хьала а г1еттина, халла хаалуш цхьана когана астаг1 те1аш, вахана коре д1ах1оьттира иза. Амма ахь халкъана т1ера жоп доьху.
893 Цунна векал ца вина тхойша цхьаммо а. Шуьшиъ церан корта бу, цул сов, суна тешаме ши стаг а ву. Нагахь шайн халкъана дика болх шаьш лехахь, хьекъале жоп ло. Хьалхах1оттийначу халачу хаттаро ларйоцуш йайъира Сайдуллин челакхалла.
894 Х1инца цуьнан йуьхь ца йогура ц1ечу басахь. Б1аьргаш чохь ца йогура ц1е. Тахана дуьххьара х1оьттинера цунна т1е дийнна халкъах дош дала дезаш хала киртиг. Д1адаханчу ткъа шарахь иза майра т1емало вара. Цо ша ма-аллара, иза Т1елхаган куьйгаш дара, ойла Т1елхаган коьртаца йора цо.
895 Ма атта дара иштта! Хьарг1ачу дина а хиъна, баттара тур даьккхина, дошлойн б1аьна хьалха а ваьлла, мостаг1ий цеста Х1етахь иза даим а толамца йухавоьрзура Ткъа х1инца? Х1инца цунна уллохь бац цуьнан б1аьхаллин накъостий, баккхий тхьамданаш
896 «Уьш хир бац кхузахь. Цаьрга йуьйцур йац Мусас шен къайле. Тхо цхьа масех ву царах вохкавелларг. Х1ун дан деза? Д1а а вахана, царах дага а ваьлла, веача? Амма царна а ца веза-кх со Царна гергахь со дохкаделла ж1аьла ма ду» Ц1а а вирзина, цхьаццаннах дага а ваьлла, иттех де далале йухавог1ур ву со
897 Ас вовшахдеттарг къайлаха г1уллакх ду. Хьуна х1инца а дерриг ца хаьа. Кху чуьра шаьшшиъ аравалале, сецна жоп ло суна. Сайдулла йуха а д1атийра. Иза ша а вацара керла г1аттам кхиамца чекхбериг хиларх тешаш. Шелахь хиллачу г1уллакхо х1аллакбина цуьнан коьрта тхьамданаш.
898 Нохчашна йуккъе охьахаийна герзах воьттина б1е эзар г1алг1азкхи ву. Г1аьпнашкахь лаьтташ дуккха а эскарш ду. Стаг чу ца вита атта ду, веанчул т1аьхьа аравоккхучул. Дуьххьалд1а эрна х1аллакьхир ду адам. Иза хуьлуьйтийла дац. Т1аккха а доху-кх тхо махках.
899 Керстанех д1аэдинчу тхох цхьа б1е шо хьовзале керстанаш хир ду. Х1ун дан деза? Туркойн махка кхалха деза? Муха буьтур бу вина мохк? Коьртехь уьйриг хилла хьийзачу ойланаша хорам бина Сайдулла, хьала а иккхина, чухула чехка д1асаволавелира
900 «Х1ун эр дара-те нохчийн тхьамданаша? Тхо-х, саг1адоьхургаш санна, ч1ана а девлла лела Тхан-х сий дайна!» Уьш, мозий санна, цигахь леш бу Цара-х, мецачу 1ожаллин к1елхьарбовла г1ерташ, шайн бераш духку! Муса кхоьрург цунна дуьхьалтуьйхира хьешаша
901 Амма дерригенна хьалххе кечдина жоьпаш дара цуьнан. Шолг1а-делахь, цхьа а низам доцуш кхелхина уьш. Дуьххьалд1а керстанаша хьийзош, махкахбевлла, шайн не1ар т1е баьхкина бусалба вежарий д1ачовхо а ца тарделла, т1еэцна уьш туркойн паччахьо.
902 Уьш бог1ур бу бохуш, царна меттиг кечйина ма ца 1ара иза. Цундела нисбелла уьш халачу хьоле... Султанан визир 1ела-Паша герггара доттаг1 ву сан. Тхойша цхьаьний султан 1абдул-Межид волчу вахча, нохчех лаьцна къамел хилира тхан.
903 Ас дийцира шуьга х1оьттина 1аьржа 1азап. Ткъа шун майраллех а, шун турпалчу къийсамах а лаьцна, ас дийца ца оьшуш, царна шайна дика хаьара. Султанна ч1ог1а къахета шух. Цунна ца лаьа шен майра бусалба вежарий керстанаша хьийзабойла.
904 Цунна ца лаьа шу, керстанашна йукъа а даржийна, Мухьаммадан умматах д1акъастадойла. Цушимма т1едиллира суна, нагахь шун барт хилахь, шу туркойн махка кхалхар шайна ч1ог1а лууш хилар шуьга д1ахаийтар. Мусас дуьйцучух шекваьлла, ши хьаша вовшашка хьаьжира.
905 Хьала а г1еттина, сейфа т1е ваханчу Мусас, цу чуьра схьа а эцна, Сайдуллега д1акховдийра Лорис-Меликовн дехарца Тифлисехь йазйина прокламаци. Сайдуллас, йух-йуха а доьшуш, дийшира кехатан 1аьрбийн йозанца нохчийн маттахь йаздина мог1анаш.
906 Мухха делахь а, цигахь берш бусалбанаш ма бу. Кхузахьчул вуон хирг хир дац вайна. И г1уллакх Маккара бог1учу шун молланашка Уьстамалахь хьехийна меттигаш йу. Амма адам т1е ца тевжа цара дуьйцучунна. Шелахь хилла г1уллакх тхьамданаш а лецна дуьтур ду, моьтту шуна?
907 Х1ан-х1а, к1ентий! Суна шера хаьа, Кунта-Хьаьжин берриг мурдаш а, цхьацца карзахе адамаш а шайн доьзалшца Сибрех йа Жимачу Г1ебарта кхалхо 1едалан сецна йаьлла ойла хилар Т1аккха а довлу-кх шу махках Ткъа Россех хьовсадахь? Хьанна хаьа шух цигахь хиндерг?
908 ... Х1инццалц молланаша дуьйцург а тергал ца дина цара. Шолг1а-делахь, уьш резахилча а, паччахьан 1едало кхузара д1ахоьцур буй-те уьш? Муса велавелира Цул сов, Кунта-Хьаьжа а, т1аьхьа лецна цуьнан мурдаш а Россера д1а Одессехула х1ордаца Уьстамале буьгу кестта
909 Ткъа паччахьо шаьш д1а ца хецарна ма кхералаш. Шу мича даьхьна новкъара дохур ду ца хуучу цунна боккха кхаъ хир бу шу Турце кхалхар. Иштта хилийта ас сайна т1елоцу. Россе д1а а кхоьхьуш, шу цигахь д1атардан г1ертачул, хецна Турце д1адахийтича атта дац 1едална?
910 ... Со реза ву х1окхо дуьйцучунна. Стаг шен дег1аца а хала воьду цига. Т1ехула т1е, Хонкаран паччахьо йаздинчу кехатах тешна, адам меттах муха хьадийр ду? Хьан лоцу шена т1е, и дерриг а дуьйцуш ма-хиллара чекхдер ду аьлла? Уьш, пхи эзар доьзал хилахь, кхин хир бац
911 Уьш а буьгур бац берриш цхьаьна. К1ез-к1езиг тобанаш йина, х1ордаца ца буьгуш, ткъа Гуьржийчухула шайн даьхница, сал-палца. Новкъахь, Ша Делера доцург, кхин зиэн-зулам ца хуьлуьйтуш, туркоша царна къастийначу лаьтта т1е д1акхачо а т1елоцу ас.
912 ... Т1ом чекхбаьлча, цхьана шарахь тхуна т1ехь къиза куьйгалла а дина ахь... Суна хаа луург кхин ду. Х1ун ду-те хьоьга тхан бала кхачийнарг? «Изза хаттар дира соьга Лорис-Меликовс а, инарло Карцовс а, 1ела-Пашас а Х1ун г1уллакх ду-те сан дагахь долчуьнца?
913 Далла г1улакх ца деш а лелла, дуккха а адамийн синош а даьхна. Доллучул дагна 1аьткъинарш шун т1аьххьара г1аттам айса хьашар ду. Маса нохчийн йурт йагийра ас, маса доьзал, шен бенах бохийна, аренга кхалхийра, мел синош х1аллакдира.
914 Бакъду, айса лелийнарг дерриг а сайл лакхарчу хьаькамийн омра кхочушдеш-м лелийра ас, х1етте а оцу шаро хеназа къанвеш лаьтта со. Х1етахь айса бехкбоцуш дайъинчу адамийн г1аларташ буьйсанна набарха дуьхьалх1уьттуш, ц1ийн 1оврашла керчаш, хорам хуьлий, хьалалелха со.
915 Дуьненахь ваха дукха хан ца йисина сан. Кестта Далла дуьхьалх1отта деза. Кху дезткъа шарахь къиза бала лайна шун халкъ т1ебог1учу баланех хьалха а даьккхина, цунна сайн ницкъ кхочу дика болх а бина, къинойх ц1анвала лаьа суна.
916 Т1аккха мукъана а йалсаманига догдохуьйла хир йацара-те олий, хета. Сайдулла тийшира х1усамдас дуьйцург даггара хиларх. Амма х1етте а цунна ца лаьара резахуьлуш т1аьххьара дош дала. Сайдуллина-х вац цигахь вевзаш стаг. Сайдуллина-х ца хаьа бухарчу къаьмнех цхьаннен а мотт, г1иллакхаш, амалш.
917 Гихт1ера Г1ойт1а кхалхар а, йа Нохчийчуьра Х1ирийчу кхалхар а ма дац иза. Хонкара шина беттан некъ бу. Д1акхаьчча, мичахь совцур ду, хьанна т1едуьссур ду? Х1ан-х1а, иштта атта реза хир вац Сайдулла Амма сан вац цигахь вевзаш ц1ейахана хьаша, хаац цигарчу къаьмнийн мотт а, г1иллакхаш а
918 Хьанна хаьа, хьоьца барт бинчу Хонкаран паччахьо а, цуьнан визиро а, цига д1акхаьчча, тхо кет1ара д1ачовхадойла? Нагахь санна шуьшиннан пхи эзар доьзал шаьшшинна т1аьхьах1отто кархдалахь, со шуьца д1авог1ур ву Ши хьаша цецвелира
919 Т1ехула т1е, хьо-х паччахьан сийлахь инарла ву. Уьш дерриш а дитина, Хонкара махка ваха ойла йу хьан? «Сийлахь инарла!» Ас х1ун до цунах? Кханалерчу дийнахь Далла дуьхьалх1иттош, чинашца къестор дац адамаш, ткъа цара кху харцдуьненахь диначу дикачу а, вуочу а г1уллакхашца къестор ду
920 Сайн латта а, бахам а, оьцуш стаг хилахь, бухкур бу ас. Рицкъанаш Делан карахь ду, к1ентий, цигахь лохур ду вай вешан рицкъанаш. Шуьшиннан г1уллакх цигахь вуон ца хилийта дош а ло ас. Кхузахь шуьшиъ х1умма а вац, ткъа цигахь шуьшинна лаххара а пашин чин далийта ницкъ бу сан.
921 Сайдуллин б1аьргаш чу сутара ц1е кхерстира. Баккъал а, кхузахь, шен даймахкахь, мила ву иза? Мацах цкъа хиллачу наибан 1индаг1 а, саг1адоьхурган т1елхигашна т1ехула дихкина дешица, детица кхелина герзаш а, цунах биэла санна, делла майоран чин а
922 Ша мел дукха вахарх, кхин лакхавер вац иза. Ша мел дукха вахарх, паччахьан 1едална хьалха кхин сий хир дац цуьнан. Хьанна хаьа, шен ирачу туьрций, болатан дагций цо-м Турцехь ирсанна т1е шена некъ билла а мегий. Шайна и ца лаахь, цаьрца цхьаьна шийлачу Сибрех даха кечло йа 1ожаллина йукъ йехка.
923 Ц1а а вирзина, наха х1ун олу, хьожур ву тхойша. Маца хир ду цига кхалхар? Амма хьовсур ду бохург дуьйцур дац вай Дохо йиш йоцуш ч1ог1а вовшашна дош делла бен, д1асакъаьстийла дац вайн тахана И г1уллакх ашшимма дахь, шуьшинна дуьсур ду иза, нагахь накъостий лецахь, цаьрца диэкъа дезар ду
924 Амма нахана г1уллакх ма-дарра довзийта: йа, шайн даймахкахь леш хилла, саг1адоьхургийн хьолехь дахар, йа шийлачу Сибрех кхалхар, йа Турцехь, бусалба вежарашна йуккъехь, маьрша, ирсе дахар. Шу дерриш а х1аллакьхирг хиларан шеко йац вуьшта.
925 ... Меллаша сейфа т1е а вахана, цу чуьра Къуръан а, цхьа туп ахча а, хьарчийна кехаташ а дохьуш йухавирзира Муса. Нагахь со сайн дашах вохахь, сайн дуй къарбахь, кху шина стагана ас сайн ц1ий хьаналдо. Тоьий шуна сан дуй? Сайдулла, х1ара Къуръан ду-кх хьуна
926 Дуй баал шиммо а, ас шайга йийцина пачхьалкхан къайле цхьаьнгге а соьгара йуй хоуьйтур дац, шаьш суна делла дош кхочушдийр ду, ас оцу дуйнах маьршаваккхалц, даима, массанхьа ас шайга аьлларг дийр ду алий. Шега кховдийна Къуръан схьа а ца оьцуш, Мусига хьаьжира Сайдулла.
927 Цкъа-делахь, ахь хьалха элира, нохчашца цхьаьна хьайн доьзалца хьо туркойн махка кхелхар ву аьлла. Иза дуйнаца ца ч1аг1ди ахь. Тхох хьо ца тешча, тхан а йу хьох ца теша бакъо. Кхин х1ун оьшу шуна? Сайдулла, резахилла, велакъежира
928 Амма кхин а ду цхьаъ. Ахь тхайга йийцина пачхьалкхан къайле-м хьан ц1е ца йоккхуш йуьйцур йара оха, амма нахе Хонкара махка кхалхаре кхойкхучу хенахь, хьан ц1ера т1е ца тийжича, тхан г1уллакхан кхиам хир бац. Цунна пурба дуй тхуна?
929 ... Сайдуллас, Къуръан шена хьалха а оьзна, иза билггал Къуръан хиларх теша лиъна, схьа а диллина, кехаташ хаьрцира. Со йамарт хилахь, кхушинна сайн ц1ий хьанал до ас, кхушиннах йамарт хиллачунна т1ехь кхиэл х1отто т1е а лоцуш!
930 ... Оццу дешнашца 1елаха дуй биъна ваьлча, Мусас цаьршинга ахча кховдийра. Дисинарг д1аоьцур ду ашшимма вайн г1уллакх д1адахаре хьаьжжина. Цара боккха аьтто бийр бу шуна г1уллакх кхиамца вовшахтоха. Вай схьалаьцначу некъа т1ехь Дала аьтто бойла шун!
931 ... Вайна буьйса йоьлла. Тахана сарралц некъ бина шуьшиъ а к1адвелла хир ву. Цул сов, соьга хьоьжуш хьаша а ву. Ас, Афока волчу а вахана, иза схьавоуьйту шуна. Тховса дика сада1а, кхана хиндерг Делан карадуьллур вай... Мартан хьалхарчу дийнахь хьо волчу Владикавказе д1авог1ур ву со.
932 Даггара хьо лоруш волу Хьан Локхаллин тешаме лай Муса Кундухов. 26 февраль, 1865 шо. Скут-Кох эвла». Россехь ша лоллехь далло халкъаш т1емашбарца кхин т1е а алсамдаха, царна т1ехь шен олалла ч1аг1дан, цуьнца цхьаьна оьрсаша шайн маршонехьа латто къийсам йухабаккха г1ерта царизм.
933 В. И. Ленин. Шолг. 1. а дакъа. Чаккхенан йуьхь. 1 корта. Тифлисехь. (Дешхьалхенан метта). В. И. Ленин. Гуьйренан т1аьххьара бутт хаза беара цу шарахь. Кхоларш йоцуш декхна денош, дег1ана там беш къилбе бовха малх. Амма суьйранна-1уьйранна, лергийн т1илдигаш зийзош, шело хуьлура.
934 Дукха хан йара лаьмнийн баххьаш сирделла. Де дийне мел дели, лаьмнийн когашка г1ертара ло. Х1инца а кхераме дара Гуьржийн-Б1аьн новкъахула д1асаваха. Делахь а, Кавказехь вина, кхиъна волу Михаил Тариэлович ца кхоьрура кхузарчу 1аламан буьрсаллех.
935 Цунна дош ца хетара лаьмнашкахула, ч1ажжашкахула т1ешарша кийчча кхозайелла лаьттачу лайн токхамаш к1елхула и кхераме некъ. 1ай б1озза Тифлисе вахар г1оле йара иэккха йоллучу Нохчийчу ладоьг1уш 1ачул. Тифлисе селхана кхаьчнера Михаил Тариэлович.
936 Иза Кавказан столице валийнарг к1езиг г1уллакх дацара. Бакъду, йа Коьртачу штабан начальникна Александр Петрович Карцовна а, йа коьртакомандующина цуьнан Императорски Локхаллина воккхачу элана Михаил Николаевична а гуш бацара Кавказан 1едалшна хьалха лаьтта кхерам.
937 Коьртакомандующис инарлина Кундуховна бакъо йелира Константинополе ваха а, нохчий Оттоманан империс чуэцаран, уьш цигахь д1атарбаран хьокъехь туркойн правительствоца къайлах дийцарш дан а, бартбан а. Бутт сов хан йара, г1уллакх кхиамца чекх а даьккхина, Кундухов ц1а вирзина.
938 Константинополехь волчу оьрсийн векалан инарла-майоран Игнатьевн г1оьнца цо диначу дийцаршца церан барт хилира кхузара нохчий д1акхалхо, ткъа туркойн правительствос т1елаьцнера уьш шайн махка д1аэца а, билгалйеш къастийначу меттигашка уьш д1атарбан а.
939 Коьртакомандующи а, цуьнан штабан начальник а тешна вара Кундуховн мисси кхиамца чекхйаьлла хиларх. Амма Кавказ а, Азин Турци а, кхузахь дехаш долу дерриг къаьмнаш а, церан амалш а, г1иллакхаш а, шен пхи п1елг санна, дика девза Лорис-Меликов резавацара бартан цхьана аг1онна.
940 Оцу г1уллакх т1ехь шина а правительствос шен-шен аьтто, пайда лоьхура. Хиллачу барта т1ехь Портан арахьарчу г1уллакхийн министро 1ела-Пашас хаза кхоччуш 1ехийнера инарла Кундухов а, граф Игнатьев а. Йуьхьанца цкъа оцу хьокъехь Михаил Николаевиче кехат йаздан ойла хилира Лорис-Меликовн.
941 Т1аккха, дика ойла а йина, 1аддадитира цо иза. Воккхачу эло кехат биэндоцуш дита а тарлора йа кху халчу новкъа д1асадоьдуш хьедала а мегара иза. Ткъа г1уллакх, д1атетта йиш йоцуш, сиха дара. Цундела, дерриг г1уллакхаш тесна а дитина, Тифлисе веара иза.
942 Даим санна, дуьххьарлера буьйса Баронски урамехь, шен ден ц1еношкахь, ваша волчохь йаьккхира цо сийсара. Цара карлайоккхура цунна шен бералла. Дуьхь-дуьхьал йерзош йиначу туьканийн шина мог1анах лаьттара эрмалойн базар. Массо туьканан ши ц1а дара.
943 Йукъ-йукъа европейски стилехь дина ц1енош го. Амма цара и базаран г1ишлош ч1ог1а тарйо, шена т1ера т1елхигйевлла бедарш д1а а кхийсина, кхин керланаш иэца ахча кхоош, т1е ц1ена йоманаш йетташ лелачу хьалдолчу б1аьрмециг стагах.
944 Базаран т1ехула аг1орчу декъа т1ехь стоьмийн туьканаш йу... Дашов аддам! Урамашкахь ловзу бераш Буйнаш бетташ а, охьатохарех а Тротуарашца го шашлык йотту пешмаш Царна т1ера схьаоьхучу чомечу хьожано т1еийзабо уллехула т1ехбуьйлурш
945 Эрмалойн базархула чекхйаьлла, пайто Татарски майдана йелира. Кхузахь г1ажарийн базар йу. Майда готта, массо аг1ор т1екхозайелла цкъа а, шозза а, кхузза а т1ек1елйина г1ишлош. Когаш к1ел йоцуш х1ума йац. Дахкаделла стоьмаш, тиша мачаш, т1елхигаш, хатт, 1аьмнаш.
946 И майда сийсош адам. Царна т1ехула корта а айъина йог1у киранах йоьттина 1ожа эмкал. Мара лазо эмкал, г1ийла узарш деш, месала корта а лестош, гора йоьжна, корта д1аса а хьийзош, нох даха йуьйлира. Эрмалойн базарна уллохула чекхволуш Лорис-Меликовна хьалха схьах1оьттира азиатски дуьне.
947 Атлазан г1овталш, д1а мел боккхучу когаца шах-ших деш, позументаш тегна атлазан шуьйра шарбалш, буьхьигаш ирххьаьвзина лекха эткаш йуьйхина гуьржий. Йоккха, горга гай, доца лергина мекхаш. Цунна гац гуонаха дерг цхьа а. Схьахетарехь, цуьнан йерриг ойла д1алаьцна шен коммерчески г1уллакхаша.
948 Иза къеста шен б1ег1аган куйнаца. Йеха маж йолу г1ажари ву цхьа аьрша лекха хьаьрса куй коьртахь, шуьйрачу г1овтална т1ехула оба а кхоьллина, г1овтал т1ехула дихкинчу т1ерг1ан йовлакхах йоккха шаьлта а кхозуш. Адамашна т1ехула а хьоьжуш, вог1у чергази.
949 Йуьстахъх1оьттина лаьтта къона курд. Цунна т1ехь йу сийна а, можа а чимчарг1аш т1етегна ц1ен куртка. Нахе, некъ бита бохуш, мохь бетта хи чохь доккха ши китт т1ехь долчу говр-1аспаран йуьхь лаьцна вог1учу тулухчас. Йаккхийчу мажошца оьрсийн муьжгий, стаммий зударий.
950 Сих-сиха дуьхьал нисло т1ехь формица салтий. «Х1ун оьцу аш? Схьадуьйла, йорах лур йу! Цхьанхьара схьахеза зурманан йишхаьлла г1овг1а, детта т1араш, йетта вота Цигахь хелхарш ду Кхузахь го тайп-тайпана ворданаш Шиъ, дукха хьолахь, йалх сту йа буг1а йоьжна схьаг1ерта гуьржийн йеза ворда
951 Цуьнан стаммий йеза чкъургаш семанца хьийза. Дукъа т1ехь сераца буг1анаш лоьхкуш вог1у т1елхигваьлла к1ант. Ши метр лекха чкъургаш йолу х1ирийн а, лезгинийн а ворданаш ц1ийза, лерга поттанаш х1иттош. Урамо голатухучухула д1ахьаьвзича, пайто Эривански майдана йелира.
952 Кхузахь иттех г1улч тесча, Азера Европе волу. Амма кхузахь а йац ц1ано. Гуонаха даккхий ц1енош дина, т1улг хьажоза, йукъ-йукъа гоьллец дог1уш оьрнаш дийлла майда. Аьхка кхузахь урамашца гоьллец йог1уш чан хуьлу, ткъа тахана хатт бу, нит1а а хилла лаьтташ.
953 Майданна йуккъе йоьттинчу дечгаш т1е а хевшина, вовшашка эладитанаш дуьйцуш 1а мукъа г1алахой... Семинарна уллошха т1ех а йаьлла, коьртакомандующин резиденцин корпусашна уллорчу Коьртачу штабан ц1еношна хьалха сецира пайтон.
954 Цуьнан ширачу доттаг1чо Александр Петровича, даим а санна, везаш т1еийцира Михаил Тариэлович. Вовшийн доьзалшкара хьал-де а, беза-бевзарш а хиттинчул т1аьхьа г1уллакхех лаьцна дийцарш долийра цаьршиммо... Лорис-Меликов, резахилла, велавелира.
955 Вайн агенташа доггах болх бо цигахь. Цхьаццаберш гуттар т1ех а бевлла, масала, Сайдулла. Селхана ду-кх цуьнан императорски локхалло цигарчу хьолах лаьцна соьга доклад йоьхуш. Эло Тумановс а, инарло Кундуховс а йаздо, кхалха луучийн барам денна алсамбуьйлу бохуш.
956 Суна хетарехь, кху сахьта х1оьттинчу хьолаца дуьстича, г1уллакх ма-дарра царна довзийтича, вайн галдала х1умма а дац, мелхо, т1аьхьалонна уьш шаьш бехке а хуьлуш доьрзур ду. Оцу эладитано, вайца машаре боцурш хьовха, вайна муьт1ахь хилла к1елсевццарш а карзахбаьхна, боху.
957 Майоро Ипполитовс йаздо, вайн 1алашо кхочушйарехь Сайдулла нийсса харцахьа хьийза, цо бечу некъо нохчий Турце-м муххале а кхалхор бац, мелхо а, уьш г1аттамна т1ебуьгур бу бохуш. Карцов резавоцуш меттахъхьайра. Суна хетарехь, шен наибан чинца сихха йа Турце, йа Россе д1ахьажо веза иза.
958 Ша цигахь коьрте вала, Малхбузе Кавказехь г1аттам кечбеш ву-те иза? Лорис-Меликовс, корта а хьийзош, куьг лестадора Керлачу г1аттамна коьрте а х1оьттина, кхузахь вайн болчу ницкъашна дуьхьал шина шарал т1ех ша латталур ву боху стаг хьераваьлла хила веза
959 Ткъа инарла Кундухов хьекъал долуш стаг хилар вайна дика хаьа. Цул сов, ц1е йезаш волчу цунна дуккха а тоьлу, цхьак1еззигчу ханна кхузарчу г1аттаман баьчча хуьлучул, кхелхачу нахана коьртехь Турце вахар. Суна дика ма бевза сайн нохчий.
960 Х1инца цаьрга х1оьттинчу хьолехь кхин халкъ хилча, вай лелориг кхиамца чекхдериг хиларан шеко йацара. Амма ойланаш мох санна хийцалучу сонтачу нохчех цхьана минотана а тешийла йац. Шайн сал-пал йоьхкина, уьш новкъа бевлча, т1аккха а тешар вацара со цара лелориг баккъал а хиларх.
961 Къийвелла, Турцера йухавеанчу кхелхинчо, йа моллас, йа цхьана хабарчо йуьртахь аьлла дош тоьур ду уьш дохкобаха. Цундела, кху цхьана йуккъехь вай ч1ог1а лерг сема ладуг1уш хила деза церан эшаре, массо а минотехь церан муьлхха а дуьхьало кагйан.
962 Эло Тумановс йаздо соьга, шенний, полковникан Муравьевнний агенташа нохчаша д1а мел тосучу кога т1ехь тергам латтабо, цара дуьйцург а, дагахь дерг а сихха шайна т1екхачадо бохуш... Ткъа карабог1учу беттан хьалхарчу деношкахь, 1аморан кеп х1оттош, ши отряд Нохчийчу лагершка х1отто ойла а йу сан.
963 Оцу кечамо ши г1уллакх дийр ду вайна: шайн махках дог а диллийтина, уьш Турце кхалхарна т1етоттур бу, йа, церан дагахь керла г1аттам белахь, цунах шайн г1уллакх хир доцийла а хоуьйтур ду. Цуьнан Императорски Локхаллина боккха кхаъ бу ахь беанарг.
964 ... Хьоьга ца кхаьчна ткъа Милютинан кехатан копи? Ас д1а-м ма йаийтина иза Хьо ц1ера ваьллачу кхаьчна хир йу-кх» Сайн записки т1ехь ас-м ма ца гайтинера, берриш а нохчий шайн махкара д1абаха беза аьлла? Ас сайггара т1етоьхна»
965 ... Т1еман министр инарла-адъютант. Милютин». Лорис-Меликовс, цхьаъ ала лууш, амма муха долор ца хууш, чухула д1аса пенашка б1аьрг тоьхна, жовх1арша кхалийначу п1елгашца стоьла т1ехь йайн вота йолийра. Карцовс бете хьош йолу луьлла сацийра.
966 ... Сан хан йац иза цигара ц1а верззалц 1ен. Х1инца цо лун долчу жоьпах дозу нохчий кхалхо болоран г1уллакх. Ткъа кху сохьта Нохчийчохь х1оьттина хьал кхин хилча цамаггал кхераме ду. Мел жимачу г1алато а, г1уллакх бохамехьа дерзорца, вай итт баттахь хьегна къа т1епаза дайъарна кхоьру со.
967 Цул сов, хьомсара Александр Петрович, х1ара г1уллакх д1адолорхо вайшиъ хиларе терра, вайша жоп дала дезар ду х1окхуьнан т1аьхьалонах. Цундела д1а мел дийриг, дика узуш, сих ца луш, дан лаьа суна. Со реза ву хьоьца. Амма кхеташ вац-кх бартах галдаьллачух.
968 Хьан г1уллакх дукха дахлур дуй? Воккха Эла новкъавала кечвелла 1аш карийра цаьршинна Карцовс шаьшшиъ схьаваран бахьана дийцича, г1еххьачул чам байра цунна Сан дехар ду хьоьга хьайн г1уллакх сихха дийцар Хьуна новкъарло хилахь а, пурба лохьа суна, ма-дарра дийца
969 Амма кхелхина нохчий вайн Азиатски Турцин дозанца йолчу областашка д1атарбан туркойн правительствос т1елацаро вайн г1уллакх буххенца хуьйцу. Теркан областера кхалхийна туземцийн пхи эзар доьзал оцу меттигашка охьахааро машаран а, т1еман а заманахь вайна доккха зулам дийр ду.
970 ... Вайн, Турцин дозанаш къастош болчу Арарат ломан къилбаседехьарчу аг1онца кхелхаш лела вайн 1едална к1ел болу курдой. Евфратан тог1ин лахенца а, Эрзерумехьа а меттигаш йу эрмалой бехаш. Дукхахболу курдой 1а даккха цига кхелха.
971 Цул сов, цигахь йиллина лаьтташ йаккхий эскаран гарнизонаш йу. И т1еман ницкъ к1езиг а хетта, дукха хан йоццуш, тхоьга йехна, Кубански областера ши полк йалийна ахь цига. Х1етте а ву хьо хьайн ницкъах ца тешаш? Ас йуьйцург, Хьан Императорски Локхалла, цхьана а маь1не йоцу машаре зама йу
972 Амма т1еман заманахь кхузахь кхин сурт х1утту. Шайн схьабовларца османски къомаца йукъара дерг к1езиг долуш йа данне а дац ала мегачу курдойн даим туркошца мостаг1алла ду. Доцца аьлча, вайца нохчий санна бу туркошца и шайн курдой.
973 Иштта туркойн правительствоца мостаг1алла ду Карски пашалыкан дозанашца дехачу каракалпак къоман а. Та1ийна кхобу и керста халкъаш цабезаме хьуьйсу шайна т1ехь 1азап латточу османски къоме. Цундела туркошца вайн цхьа 1отта-баккхам иккхича, и къаьмнаш вайгахьа довлу.
974 Иза ду оцу меттигашкахь лелхачу т1емашкахь вайн кхиамаш хиларан коьртачу бахьанех цхьаъ. Масала, туркошца вайн т1аьххьарчу т1амехь курдойх ах вайн эскарийн маг1аршка х1иттира, важа ах нейтральни севцира. Карцов х1инцца кхийтира Лорис-Меликов мича г1ерта.
975 Леррина ладоьг1ура Михаил Николаевича а. Партизански т1амна, лаьмнашкахь-хьаннашкахь бечу т1амна нохчел говза нах бац тахана дуьненахь. Иттаннаш шерашкахь Нохчийчохь хаддаза лаьттинчу т1амо зийна бакъдерг ду иза. Церан майралла а, аьрхалла а вайна дика йевза.
976 Х1инца ойла йел шайна, Нохчийчуьра уггар карзахе, вайца цкъа а машар хин боцу пхи эзар доьзал туркойн правительствос вайн дозанца областашка баха охьахаийча, хинйолчу т1аьхьалонан. Михаил Николаевича, резахилла, корта те1абора.
977 Лорис-Меликовс дуьйцу бакъдерг хьалххе ца гина штабан начальник, шена хьалха 1уьллучу ц1еначу кехат т1е къоламца цхьацца суьрташ дохкуш, тийна 1ара. Шеко йац, т1ейог1учу хенахь вай д1адолийна муьлхха а г1уллакх цара сецориг хиларан.
978 Шолг1а, нохчаша атта шайна т1аьхьах1иттор бара туркойн аг1онгахьара курдой хьовха, вайниш а. Бандитийн барт атта ма хуьлу. Йа уьш, шайна т1аьхьа а х1иттийна, вайна дуьхьал ца бахалахь а, амма, х1инццалц санна, курдойн баьччанаш вайгахьа буьйлучуьра атта совцор бара.
979 Иза, цхьа а тайпа шеко йоцуш, бакъдерг ду. Кхин к1езиг кхерам хир бацара вайна машаран хенахь а. Нохчий цига баха ховшийча, дозанашкахь вешан кордонаш х1инца йолчел шозза-кхузза алсамйаха дезар ду вайн. Амма т1аккха а цигара доза 1алашдар х1инцалерчул вуочу хьолехь а хир ду.
980 Нохчийчуьра пхи эзар туземни доьзал д1абаьккхича, Теркан крайхь вайна хуьлуш болу пайда т1епаза бойъу туркойн правительствос уьш Россин дозанашца йолчу шайн областашка охьаховшоро. И барт биначу инарло Кундуховс, графо Игнатовс шайгара доккха г1алат далийтина, амма иза нисдан вайн х1инца а хан йу.
981 Михаил Николаевич, хьала а г1еттина, чухула д1асаволавелира. Лорис-Меликов т1еоьцуш цо тоьхна хан тоххара чекхйаьллера. Х1ара х1инций-х1инций чукхочу бохуш, собар кхачийна 1аш хир йу Ольга а. Амма графо дуьйцург а ду доккхачу маь1не г1уллакх.
982 Д1атетта йиш йоцуш. Ша 1ачуьра хьала а г1еттина, х1оьттина лаьттачу шина инарлина уллохь саца а сецна, Лорис-Меликовна т1евирзира иза... Суна хетарехь, нохчий кхалхоран кхо некъ х1утту. Хьалхара, туркойн правительствос инарлина Кундуховна гайтинчу меттигашка нохчий кхалхо резахилар.
983 Т1аьххьара некъ, нагахь кху карахь йолчу хенахь туркойн правительство вайга оцу барта т1е ца йаккхалахь, нохчий кхалхоран г1уллакх цхьана аьттоне д1ататтар. Х1инца ц1ера ваьлча, со хьелур ву, Александр Петрович. Сихонца. Кхин хеттарш дуй, Михаил Тариэлович?
984 ... Инарле Кундуховга х1ун ала ас, Хьан Императорски Локхалла? Кхалхийнарш ахь бохучу меттиге Турцехь д1атарбарна т1екхочур вай Мел гена далахь а, декабрехь Игнатьевгара жоп дог1ур ду суна Туркошна ч1ог1а оьшу кхузара шайн динан вежарий
985 ... Х1ара мохк дика бевзаш, кхузахь дукхий, даккхий гергарлонаш долуш, лаьмнашкахь лоруш, т1ехула т1е, вайн т1еман система дика йевзаш, лаккхара т1еман говзалла йолу хьуьнаре инарла вай гуттаренна а Турце д1ахецча, т1аьхьа вайна ваьшна бале верий-те?
986 Турцица вайн т1ом болабелча, мостаг1ийн лагерехь вайна уггар кхераме стаг хир ву иза. Цкъа а т1ом ца хилча а, ша цигахь воллушехь Теркан крайхь синтем, машар хила буьтур бацара цо. Цундела суна бакъахьа хета, нохчий кхалхоран г1уллакх, ницкъ кхочуш, Кундухов кхузахь а сацош, чекхдаккхар.
987 И дерриг эрна хили сан. Ша нохчашца кхалха везаран хьокъехь цо далийна бахьанаш, суна хетарехь, бух болуш ду. Цул сов, суна 1аламат дика хаьа, нагахь Кундухов Турце кхалхахь, шаьш а кхелхар ду аьлла, Сайдуллас а, 1елахас а Къуръан т1ехь дуйнаш биъна хилар.
988 Х1инца ахчанах дерг. Нах Турце кхалхарна т1етоьттуш эладита лело царалахь цхьа ц1ейаххана масех стаг иэца, цкъачунна харжана хьуна итт эзар сом д1ахеца айса бакъо йелла, моьтту суна? Михаил Тариэловича, стоьла т1ехь 1уьллу шен фуражка схьа а эцна, коьрта тиллира
989 Вай долийначу г1уллакхна ахча ма кхоаде-кх. Нохчийн цхьа эзар доьзал цигара д1абалар а ду итт эзар соьман меха. Кхин а ду цхьаъ, Михаил Тариэлович. Кху деношкахь Кундуховс хаам бина соьга, Кунтин ваша Мовсар Турце кхалха реза ву, ткъа берриг зуькархой цунна т1аьхьах1итта кечлуш бу аьлла.
990 Т1аккха шуьшиннан хьокъехь сайн веше, Цуьнан Императорски Воккхалле, дош ала т1е а лоцу ас. Ткъа хьоьга дехар ду сан, Александр Петрович, вайн хиллачу бартан хьокъехь йаздина леррина кехаташ Михаил Тариэловиче д1адалар. Шуна ма-хаъара, со новкъа вала кечвеллера.
991 Кхин хеттарш дацахь, шун пурбанца со новкъа волу. Хьо д1авахале йуха гур ду вайна, хьомсара Михаил Тариэлович. Дехар ду хьоьга, вайн йеза, лоруш йолчу Ольга Федоровне соьгара маршалла далар... Хьан Императорски Локхалло пурба лахь, шу новкъа даха а лаьара суна.
992 ... 2 корта. Стамбулехь, Лондонехь. (Дешхьалхенан т1аьхье). Паччахьийн хьашташкий, лаамашкий хьаьжжина, халкъаш духкура, оьцура, къестадора, цхьаьнадеттара. Ф. Энгельс. Оттоманан Портин арахьарчу г1уллакхийн министр 1ела-Паша карзахе д1асахьийзара шен резиденцин уггар дика кечдинчу ц1а чохь.
993 Цо уоза дагахь йаийтина калйан хьайаза лаьттара. Цхьа сахьт хьалха-м иза уоза ойла йара цуьнан. Амма хийцайелира. Дукха ца 1аш цо т1еэца везара Стамбулехь волу оьрсийн чрезвычайни полномочин векал инарла-адъютант граф Игнатьев.
994 Ткъа мекарчу графца къамел дан сирла корта, могаш хьекъал а дезара. Иза воккхавийна ца волура йаханчу б1аьста инарлица Кундуховца шен хиллачу бартах. Кхиамца чекхбаьлла и барт бара 1ела-Паша султанна хьалха айъинарг. Доцца аьлча, дукха хан йара туркоша Кавказехь йуха а шаьш ч1аг1баларе сатуьйсу.
995 Малхбузе Кавказехь а кхиамаш хилира церан цхьана ханна. Бусалба дин ч1ог1а долчу элийн 1едална к1ел йолчу Дагестанца а г1уллакх дог1ура туркойн султанан. Амма Къилбаседа Кавказерчу ламанхойх барамехь массарел дукха нохчий цаьргахьа ца бовлура.
996 Г1о-м дезара царна. Герз а, кхиболу т1еман г1ирс а боьхура цара. Г1оьнна дуьхьал мах бала ца лаьара. Нохчийн ахча доцийла хаьара туркошна. Церан хилча а, туркойн правительствона и ца дезара. Султанна мохк безара. Кавказан дегехь йоллу Нохчийчоь, цигахь деха майра къам оьшура цунна.
997 Амма нохчашна лаац цхьаннен а 1едал т1елаца. Царна, цхьаннах а цабозуш, маьрша баха лаьа. Бертахь, дуьхьало йоцуш цхьа буй латта цхьанне а лур дац шаьш йа, цхьаннен а йалхой хилла, чу а х1уьттур дац шаьш, боху. Туркойн эмиссарашка ког ца буьллуьйту шайн махка т1е.
998 Вуьшта, багахь моз-м дутту. Кху дуьненахь мел дерг шаьш царна д1алур ду моттуьйту. Шайх Мансурна а, Бийболатна а моттийтира. Амма х1инццалц схьа, кху дезткъа шарахь цара ц1ий 1енош, царна г1оьнна цхьа хьостам а белла бац. Йа х1инцачул т1аьхьа бала ойла а йац.
999 Хабар-м дуьйцур ду. Цунах ма олу политика, дипломати. Ткъа х1инца уьш шаьш т1ег1ерта. Иштта пусар доцуш кхуза кхелхина малхбузера ламанхой а. Кавказера бусалба ламанхой ч1ог1а оьшу туркойн 1едална. Кху т1аьххьарчу заманахь карзахбевлла Балканера керстанаш.
1000 Оттоманан имперех д1акъаьстина Греци, Серби, Дунайн олаллаш. Туркойн не1алт хиллачу мостаг1чун Россин болх бу иза. Болгарех а изза дан г1ерта Александр 11-ниг. Ткъа Кавказехь? Д1ахудуш, къамкъаргехула ах чоьхьайаьккхинчу хенахь, озийна багара д1а а йаьккхина, бити
1001 Массанхьа а, массо хенахь а Портана новкъаг1ерта Росси. Х1инца туркойн махка т1ехь беха гуьржий а, эрмалой а шайх д1атоха а г1ерта. Питанаш туьйсу царний, туркошний йуккъе. Амма царна дан х1ума а ду 1ела-Пашин. Хьалха схьакхелхина ламанхой Болгаре хьовсийра цара.
1002 Бакъду, к1езиг бара уьш. Оьрсаша туьрций, ц1арций церан даймахкара д1алаьхкина, цхьа а тайпа низам доцуш, бевдда кхуза баьхкина ах миллион ламанхой, берриш бохург санна, х1аллакьхуьлуш бу. Декъий. Дийна адамаш-декъий... Цхьа шатайпа боьха хьожа.
1003 И хьожа х1инца а шен мерах кхетча санна, муц1ар ч1ачкъийра цо... ...Малхбузера ламанхой Турце кхалхор европейски пачхьалкхийн йукъарчу политикин коьртачу г1уллакхех цхьаъ хилла д1ах1оьттинера. Амма царах цхьаннен а бала бацара ламанхойн кхолламца.
1004 Россина дуьхьал шайн политикин, дипломатин, т1еман къийсамашкахь Турцис а, Европас а къинхетамза, говза пайдаоьцура ламанхойн шайн къоман маршонехьа боламех. Цига оьрсийн колонисташ баха ховшийча, Росси т1аьххьара а, гуттаренна а ч1аг1лора Кавказехь.
1005 Т1аккха Кавказах т1аьххьара а, гуттаренна а догдилла дезара Турцин а, европейски пачхьалкхийн а. Цундела х1инца ламанхой Турце кхалхар сацо г1ертара уьш. Схьакхелхаш болу ламанхой совцо бахьаненна, Турцерчу французски посольствон лор Бароцци коьртехь а волуш санитарни инспекци вовшахтуьйхира цара.
1006 Кхелхинарш дукха гулбеллачу Самсунерчуй, Трапезундерчуй, Варнерчуй лагершка а хьаьжна, ламанхой Турце кхалхор сацо дезар, 1аьржачу х1ордан шина а бердашна йуккъе карантин х1отто йезар д1ахьедира цо туркойн правительстве. Амма и карантин ц1енна моттарг1а йара.
1007 Кавказера схьабог1у ламанхой совцийнера, ткъа кхидолу адамаш д1асалелар маьрша дитинера. Йийцина ца валлал балхаме т1аьхьало йитира карантино. Мецачу, берзинчу, цомгашчу ламанхойх доьттина Турцин бердашка схьа мел дог1у кема, кхузахь т1е ца оьцуш, йуханехьа хьажадора.
1008 Ткъа дехьа, Кавказан бердашкахь, итт эзарнаш адамаш лаьттара кеманийн рог1е х1иттина. Кхузахь а, цигахь а тифан, морзгалийн, чуьйнан а уьно къиза хьоькхура и г1орасиз адамаш... Йуьххьехь дуьйна доладелира адамех йохк-иэцар йар.
1009 Цхьайтта-шийтта шо долчу беран мах кхоъ-диъ туьма бара. Йалх-барх1 туьманах уггар хаза мехкарий оьцура меттигерчу феодалаша. Цхьана стага шовзткъа, шовзткъе итт йо1 оьцуш меттигаш а нислора. И чергазий кхузахь шина декъе бекъабеллера: тхьамданаш а, лайш а.
1010 Тхьамданашна лаьара, и адамаш д1огахь, шайн даймахкахь санна, цхьа а дуьхьало йоцуш, кхузахь а шайна муьт1ахь хуьлийла. Амма шайн дахарехь хилла хийцамаш хууш болу и шолг1аниш резабацара тхьамданийн б1аьрзе лайш хилла совца, цара шайн адамаллин бакъонашкахьа къуьйсура.
1011 Кхечу дипломато Канитца дуьйцура, Турце кхаьчначу ламанхойн феодалашний, церан лайшний йуккъехь хаддаза тасадаларш хуьлура, цкъацкъа уьш т1аме а доьрзура бохуш. Кхелха ламанхой х1окху Турцехь цхьана гулахь д1атарбан ойла а йацара правительствон.
1012 Иза туркойн 1едална а, йукъараллин синтемна а кхераме хетара. Цундела Босне, Герцеговине, Сире, Иордане, Ливане, Месопотаме, Египте д1асабаржийра кхелхарш. Оцу колонеша, славянаш дакъошка боькъуш, царна йуккъе бусалбанех дийна пенаш х1иттадора Балканашкахь.
1013 Ламанхошка х1оьттинчу халачу хьолах пайда а оьцуш, кхалхоран йуьххьехь дуьйна шен 1алашо кхочушйан йуьйлира султанан правительство. Амма х1орш Турцин махка т1е ма-бевллинехь, царах вовшахтоха йолийра «чергазийн дошлойн полк» а, султанна «чергазийн гварди» а.
1014 Мацаллин 1ожаллех к1елхьарбовла г1ерташ, цхьана йоццачу хенахь кхо эзар ламанхо х1оьттира туркойн эскаре. Эскарехь г1уллакхдан луурш хилийта, божарий бохкар-иэцар а дихкира. Эскаре д1а ца оьцура зуда а, бераш а долу стаг. Дийна бисинчех пхийтта процент зударий, бераш а лоллина доьхкира.
1015 Важа дакъа Жимачу Азехь, Балканашкахь, Месопотамехь, Къилбаседа Африкехь а, борц санна, даржийра. Оцу 1ай малхбузерчу ламанхошка х1оьттина ирча хьал гиначу Императоран Академин академико А. П. Иштта суьрташ дуккха а гора...».
1016 Шен паччахьаллин лаам кхочушбеш, цо граф Евдокимов хаьржира, ткъа иза пачхьалкхана дечу г1уллакхашка шен хьежаршца 1аламат лакхахь вара герцогал Лермел а, муьлххачу Дон-Жуан-де Рибайрал а...». Кхелхинчу ламанхошна а, церан т1аьхьенашна а гуттаренна а байра шайн даймохк.
1017 Тахана х1окху исбаьхьчу дворецан тхов к1ел изза кхоллам нохчашна а кечбан ойла йара шина пачхьалкхан правительствийн. Амма цхьа ламанхой хилла ца 1ара паччахьан 1едалан а, помещикийн а къизаллех, харцонех к1елхьарбовла г1ерташ, Россера д1ауьдурш.
1018 Даймохк буьтуш, д1аоьхура оьрсий, украинцаш, белорусаш... Дуьненан йеа а маь11е. Ирс лаха. Сискал а, цхьанххьа йоцу маршо а, нийсо а лаха... Х1аъа, уьш х1аллакьхилла. Хуьлуш а бу. Инзаре дукха а, иэрча а. Хилча, х1ун ду? 1ела-Пашин нанас бина-х баций уьш
1019 Шайн мохк гауршна д1а а белла, йевдда йаьхкина к1иллой! Хьайбанаш! Саг1адоьхургаш! Лиэн шайна К1иллой, г1орасизниш лийр бу, майраниш, андийниш дийна буьсур бу Дийна буьсучара г1уллакх до султанна Цара низам латтадо болгарийн йарташкахь
1020 Церан отрядаш хьийсайо, империн чоьхьарчу эрмалошна, гуьржашна а та1зарш дан дезаш меттиг нисйелча. Х1ара латта эрна хьоьшуьйтур дац цаьрга 1ела-Пашас. Ткъа х1инца Россица доза ч1аг1дан деза. Цара шайн буйна къовлур бу т1ом хилча наггахь оьрсашкахьа буьйлу курдойн баьччанаш.
1021 Иза дина а 1ийр бац. Шайца цхьаьна уьш Россина дуьхьал а бохур бу. Эрмалой а латтор бу та1ийна. Шатайпа амал йолуш, акха къам ду и нохчий. Цхьана а олаллина к1ел доцуш, ламанан аьрзунаш санна, маьрша даха 1емина. Церан цкъа а машар хир ма бац оьрсашца.
1022 Цигахь а, кхузара д1а а. Амма кху махкахь шайна маршо карор йу царна моттахь, иза бакъ дац. Уьш бусто т1елоцуш ма бац оха а. Тхуна оьшург церан майралла, т1еман говзалла, оьрсашка цабезам бу. Уьш летар бу, шайна мел и ца лаахь а.
1023 Уьш-м хьовха, церан т1аьхьенаш а. Россин Кавказерчу провинцешка бахийта мел дика разведчикаш хир бу уьш! Церан г1оьнца цигара ламанан халкъаш латтор ду гауршна дуьхьал Доцца аьлча, кертахь кхобучу ж1аьлин декхарш кхочушдойтур ду цаьрга
1024 ... Амма, схьакхелхар буй-те уьш? Шайн даймахке безам къаьсттина ч1ог1а бу церан бохуш, дуьненахь а ц1ейахана ма бу и нохчий Оцу бехачу т1амо шаьш мел г1елбинехь а, мел б1арзбинехь а, маршонах дог ца дуьллуш, гауршна дуьхьалойар сацош бац
1025 Россица цкъа а машар хир боцчу мостаг1ех пхи эзар доьзал шеца схьабало тхуна дош делла цо. Уьш, лаххара а, пхи эзар т1емало ву. Буьрсачу т1емашкахь вахчавелла. Кхерамна а, 1ожаллина а хьалха б1аьрнег1ар тухур доцуш. К1иллолла боху дош х1ун йу ца хууш.
1026 Х1ан-х1а, х1инца хуур ду тхуна ламанхой т1еэца. Йовхачу хенахь, кегийрачу тобанашца. Х1орда т1ехула ца балош, лаьттахула схьа а балийна. Х1ара-м Дала бина къинхетам бай! Воккха эла Михаил дуьхьал ву, боху, схьакхелха нохчий дозанца баха ховшорна
1027 Цуьнан шен коьртана дага ма ца деана иза. Лорис-Меликов боху и гаур-эрмало ву цунна и дерриг дагатуьйсург. Х1умма а дац, реза ца хилахь а. Уьш шаьш ма бу и ламанхой схьакхалхор долийнарш. Цкъа дозанал сехьабовлахьара. Оцу нохчашка а, вукху гауршка а.
1028 ... Лорис-Меликов Тифлисе ваханчул т1аьхьа бутт балале Оттоманан империн арахьарчу г1уллакхийн министран дворецехь шина державин дипломаташна йуккъахь ира къийсам болабелира. Х1уъу а биэн йацара, цо толаме бигчахьана. 1ела-Паша к1едачу кресло чохь, леррина ла а доьг1уш, партал хиъна 1а.
1029 Оьрсичо дукха дуьйцу, 1аламат дукха. Эрна ду, граф. Ахь х1уъу дийцахь а, и разбойникаш оха тхаьшна луъучу д1атарбийр бу. Кундуховца барт ма-хиллара. Х1ундий? Иза пачхьалкхан къайле йу, хьомсара граф Хаьа, шу царах кхоьрий, мел ч1ог1а кхоьру
1030 Цкъа а ца хиллачу тайпана шайн доза ч1аг1дан дезар ду шун х1инца. Иза а тхоьгахьа ду. Кавказера 1едал реза дац? Ца хин шена Тхуна хастам бе, уьш т1еэца резахиларна Тхо дац дехарш дийраш, шу ду» Николай Павлович дагахь хьалххе воккхавера шен хинболчу толамах
1031 Х1ораммо а сатуьйсура важа 1ехо. Цундела баккъал йолчу 1алашонах дош ца олура цхьаммо а. Амма Игнатьев шех тешна вара. Масала, Кубань. Нохчий Кубане кхалхо хала, ткъа Турце кхалхо атта дуйла-м ца хаийтина цо. Хоуьйтийла а дац.
1032 Ткъа 1ела-Паша а вац ша майрра дуьйцучух дукха тешаш а. Кундуховца шайн къайлах хилла барт оьрсашна хаьий-те бохуш, шек ву. Цундела цкъацкъа, шен дош лакхадаккха ца г1оьртуш, дуьхьало ца йеш 1а иза. Х1аъа, хьомсара граф, тоьур ду.
1033 Вуьшта а Кубанера схьахьовсийна ах миллион саг1адоьхургаш т1елаьцна оха. И нохчий боху разбойникаш ма хьехабелахь. Дала ларвойла уьш мехкан к1оргехь баха охьаховшорах! Массанхьа а ц1ийн тачанаш дуьтур ду цара «Х1етте а, кхера-х ма кхоьру хьо, оха нохчий схьа ца бахкийтарна!
1034 Ткъа тхуна биэн дац аш уьш т1елаьцча а, ца лаьцча а. Тхо-м х1умма а уьш совбевлла ца лела. Царна шун махка кхалха лууш хилча, тхо дуьхьал дац. Европехь эладитанаш даржийна, тхо, ламанхой махках а баьхна, церан латтанаш тхешан доладаха г1ерта бохуш.
1035 Хьуна хаьа-кх, рейс-эфенди, иза бакъдоцийла. Эрна 1охкуш латтанаш тхан дуккха а ду. Кхин дацахь а, нохчашна тоъал... Хьуна ма хаьа ткъа тхан мехкан шорталла... Кубанехь а, Ставрополехь а йу йаьсса аренаш. 1ела-Пашин цавашаре велавалар иккхира.
1036 ... Тхо стенах кхоьру? Амма дуьненан халкъийн не1алтах кхоьру И къаьмнаш Сибрех йа къилбаседе губернешка кхалхийча, цигахь х1аллакьхир ду Т1аккха сий довр ду шун пачхьалкхан Т1ехула т1е, оцу г1уллакхна йаккхий харжаш а оьшу Халонаш-м хьехор а йацара
1037 Цул а, атта дац ткъа, шаьш йуьстах а лаьтташ, хало, харж йоцуш, уьш тхо долчу схьахьовсийча? Граф вуьйхира Европо ца дина а, ца лелийна а х1ума ца дисина, оха дича, тхуна иэхь хета Нохчийн мохк царах мукъабаккха лууш хилча, Сибрех ца буьгуш, улле Кубане а, Ставрополе а буьгур бара оха
1038 Амма тхан адамалла... Нагахь аш, оьрсаша, шаьш д1а мел лаьцначу керлачу махкара халкъаш, иштта ахь ма-аллара, адамаллин некъашца д1адахахь, мукъа латтанаш-м, дера, оьшучул а т1ех хир ма ду шун даим! Туркочо йина 1оттар дагах кхетта Игнатьев вусавелира
1039 Шун динан вежаршна шайна лиъна кхуза кхалха. Х1орда чу лелха безара? Х1ан-х1а, иштта варварийн г1иллакх долуьйтур дацара шегара адамаллечу Европо! Бехк кочататта даим а кхин караво цунна: ц1ийнна сутара Турци Варварш, стешха, йамарт, къиза адамаш аьлла ц1е ма йахана туркойн
1040 Х1окху лаьтта т1ехь, туркой бен, къиза адамаш ма дац. Тхан адамалла даим а марахдолу тхуна, граф. Цул а шайга а хьовсийша. Шаьш лелийначуьнга, лелочуьнга. Т1аккха лоьхур бац аш нехан б1аьргахь чо. Шу европейцаш а ма дац данне а маликаш.
1041 Стешхаллина, йамартлонна, къизаллина т1ехь иблис а ларор дац шуьца. Америкехь, Азехь, Африкехь г1аланаш йохош, халкъаш лолле дерзош, туьрций, ц1арций чекхдевлларш шу, керстанаш, европейцаш дац ткъа? Тхешан пачхьалкха чуьрчу къаьмнашна т1ехь оха 1едал латтадо тхайна нийса ма-хеттара
1042 Къиза-м, дера, ду иза, х1ун дийр ду ткъа. Амма, Далла бу хастам, европейцаша санна, оха цхьа а къам даймахках ца даьккхина... Цхьак1еззиг исторех лаьцна дуьйцур вайша, граф. Шун правительствос г1алг1азкхийн бунташ масазза хьошу, Россера бевдда эзарнаш г1алг1азкхий т1еийцира оха.
1043 Церан а, вукхеран а т1аьхьенаш х1инца а йеха тхан махкахь. Европин монархаша революцеш хьошуш, церан дакъалацархошна тоьпаш йетта, ирхъохка болийча, «ц1ийна сутарчу» туркоша шайн махкахь туш делира французашна, венграшна, австрийцашна, полякашна, немцошна.
1044 Шун правительствос иэхьечу тешнабехкаца полякийн революционераш та1зарна австрийцийн 1едалан кара д1алучу хенахь ду хьуна иза. Аш лоьллуш, хьийзош, Европин цхьана а пачхьалкхо т1е ца лоцуш лелачу поэтна Мицкевична, кхин дуккха а полякашна туш карийра «туркой-варварийн» махкахь.
1045 Кхузахь, Стамбулехь, ду цуьнан каш. Х1инца х1ун до аш? Йуьхьанца Малхбузе Кавказерчу ламанхойн ткъе пхи эзар доьзал т1еэцар дийхира аш тхоьга Тхо резахилира Амма царна т1аьххье, цхьа а низам доцуш, аш талийна ч1анабаьхна ах миллион ламанхой таттабели тхан махка
1046 Царна хьалха не1 т1еч1аг1ар адамалле ца хийтира тхуна. Х1инца нохчийн пхи эзар доьзал т1еэцахьара а, боху. Т1еэцча а, 1ай ткъа! Тхан махкахь уьш д1атарбан меттиг гайта а г1ерта Х1ара х1ун ду ша, дан мукъане а? Х1ара тхан мохк-м Нохьа-пайхамаран кемане бирзи
1047 Х1етте а, оха «хьийзо» керстанаш ларбан г1ерта европейцаш. Ойла йел аш т1аккха, шаьш тхол къиза варварш хилла карор ду шуна. Ткъа ахь, хьомсара граф, хьан правительствос ойла йиний-те, ж1аьлина кхоьссина даь1ахк санна, шаьш тхуна схьакхийсина миллион адам оха мича, муха д1атардан дезаран?
1048 Царна латта, тхов, кхача а ма беза! Аш мел хьовзийнарг оха иштта дуьхьало йоцуш т1еэцча, кхана 1уьйрре Йуккъерчу Азера туркойн къаьмнаш а х1уьттур ма ду тхан не1аре Х1инца цига ма г1оьртина шу Шайна нехан латта дезахь, цигарчу халкъашца а тарло
1049 Х1инццалц муха хилла? Иштта тарлур дац, хьомсара граф! Тхуна ца оьшу и шун разбойникаш нохчий Цигахь ца тарлучу цара, схьабаьхкича, кхузахь ден дерг Ша Аллах1 воцчунна хаац! Ц1а чохь тийналла х1оьттира, шен дагара а 1еттийна, парг1атваьлла 1ела-Паша г1айби т1е д1атевжира
1050 Шун дакъа а дац х1умма а к1езиг. Тхо дац ламанхойн йарташ йагийнарш, йалташ х1аллакдинарш, масех къам, цхьа стаг бухахь ца вуьтуш, махках даьхнарш. Даим д1а царний, тхуний йукъа питанаш туьйсуш. Уьш ницкъ иэшна к1елбисча, кхуза схьакхойкхуш, царна йукъа прокламацеш йаржийра аш.
1051 Бакъ дац! Тхан цхьана а тайпа з1е йацара нохчашца! Кхуза схьакхалхахь, шаьш Дала долуьйтур ду аьлла, дош ца деллера аш царна? Амма ца аьллера тхаьш масех халкъ т1елоцур ду-м! Иэхь ца хеташ, 1ехийна Ламанхошна йукъа султанан ц1арах прокламацеш а йаржийна
1052 Аш йазйинарш керла зорба а йетташ, йаржийна. Шуьга къа ца хьегийта. Доцца аьлча, рейс-эфенди, шун кхайкхамаш ца хиллехьара, ламанхой бог1ур бацара кхуза. Амма, схьакхаьчча, не1 т1е а къевлина, йуханехьа а ца хьовсийна. Бакъдерг кхечахьа доллу.
1053 Шун ши корта болу аьрзу цига ца хьаьвзинехь, и ламанхой цкъа а шайн лаьмнашкара д1абевр бацара. Шун къизаллех бевдда, уьш а кхелхира Россе... Х1ета, нисдели-кх вай. Хийцамаш буьсу. Делахь а, кхин къуьйсур дац вайша, граф. Нагахь санна тхуна, туркошна, варварш хила лаахь, европейцех 1ама деза тхо.
1054 Цхьана ханна д1атийра и шиъ, ойланашка а ваьлла. «Нагахь, баккъал а, х1окхара нохчий, схьа ца бохкуьйтуш, совцабахь? Т1аккха оха гуттаренна а догдилла деза Кавказах Х1ан-х1а, жимма малвала веза со Т1ехула т1е, суна Х1ун хуьлу, кхара бохург т1елоцуш, дош даларх?
1055 Дозанал сехьабевлча, тхан карахь бац уьш? Тхаьшна луъучу уьш баха ховшор тхан карахь ца дуьсу т1аккха? Россин дозанашкахь совцор бу-кха!» Араволу кеп х1оттош хьалаг1еттина Игнатьев, ши куьг букъа т1ехьа а диллина, карзахе чухула д1асауьдучу 1ела-Паше а хьоьжуш, х1оьттина лаьттара
1056 Цо леррина тергалдора пашин дерриг аматаш, амалш. Йехо йекъана йуьхь, г1алмакхойн уьстаг1чух тера мара, хаза хьовзийна 1аьржа ши мекх, дуткъий балдаш, нийса дег1, сиха лер. Цуьнан къамелехь, леларехь цхьа а моттарг1а ца хетара Игнатьевна.
1057 «Баккъал а, х1окхара нохчий т1е ца иэцахь? Нохчий цигахь буьтийла-м дац Цу т1е, кхузахь дуьххьара суна т1едиллина доккха г1уллакх кхочушхилаза а дуьсу сан Жимма кхин а йухаг1оьртур со Собар, собар, йуха а цкъа собар» Аш хьалхах1итточу некъашна Кавказан хьаькамалла реза дац
1058 Со тешна ву, цо цхьа а нохчо Турце схьахоьцур вацарх. Нохчий схьакхалхоран г1уллакх, кхин хьехо ца оьшуш, оцу т1ехь чекхдолу. Кхузахь кхачаделира 1ела-Пашин собар. Цуьнан ницкъ ца кхечира кхид1а моттарг1анаш лело. Оцу нохчийн дуьхьа.
1059 Нагахь аш и нохчий, важа ламанхой санна, х1ордаца а ца балош, лаьттахула шайн даьхница, йийбарца, герзаца дозане схьа а балийна, могаш-маьрша тхайга схьалахь. «Далла бу хастам! Т1аьххьарчу уьрсан м1аьчиган биста х1отталц» Стеган шуьйрачу белшаш т1ера месала корта, ло санна, к1айбеллера
1060 Амма болатан бос бетталучу цуьнан йуьхьан чкъоьргана гуо беш хьийкъинчу можаний, мекхашний йуккъехь х1инца а 1аьржа чоьш хаалора. Х1етахь оцу г1айри т1ехь ши стаг вара чехка керча историн чкъург мича йоьду а, мичахь соцур йу а хууш, цунна т1ехь терго латтош.
1061 Кху т1аьххьарчу ткъа шарахь и 1аьржа б1аьргаш леррина хьуьйсура генарчу Кавказан ламанхоша шайн къоман маршонехьа латточу турпалчу къийсаме. Дахкаро сирбинчу урамера схьа т1уьна, шийла х1аваъ хьаьдира ц1а чу. Вехха лаьттира иза, бодашка б1аьргаш боьг1на, ойлане ваьлла.
1062 Т1аккха, кораш т1е а ч1аьг1на, шен метте охьа а хиъна, т1аьххьара к1ур а баьккхина, цигаьрканан йуьхьиг чимтосурга та1ийна д1а а йайъина, къолам караийцира цо. Къоламо кехат т1ехь т1ехьатуьйсура к1еззиг аьрру аг1ор тийжачу элпийн мог1анаш: «.
1063 ... Ишттачу арахьарчу политикехьа къийсам белхалойн класс маршайаккхарехьа йукъарчу къийсаман дакъа ду. Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!» Йалх де дара Карл Маркс Хьалхарчу Интернационалан Ханна устав а, Учредительни манифест а йазйеш волу
1064 Манифестан т1аьххьара мог1а йазбина, парг1атваьлла, хецна садаь1ира цо. Манифест йазйина вала г1ерташ, делкъе йан а ц1а ца вахара Маркс. Кхуззахь чохь бутербродца кофе а мелла, минотана а са ца до1уш, йуха а балхана т1евуьйлира иза.
1065 Маркс азвеллера кху т1аьххьарчу хенахь. Цкъацкъа йуург а, сада1ар а дицлора цунна. Тховса а накъосташа, ц1а г1ой, сада1ахьара ахь бохуш, дийхира цуьнга. Амма Маркс, уьш д1абахча а, болх беш висира кхузахь. Маркс сахьте хьаьжира.
1066 Пхиъ даьллера. Бода боьлча хала ду ц1а ваха. Маден виллерчу Мейтленд-парк Род ураме. Арахь бодаш, дохк а ду. Ши г1улч генара стаг а ца къаьста. Амма ц1а г1ойла дац. Фридрих ву схьаван везаш. Не1 йоьллу хезна, д1ахьажавелира Маркс.
1067 Амма дехий т1емагаш долу фетран шуьйра шляпа а коьртахь карахь трост йолуш чоьхьаваьлла зоьртала стаг Фридрих вацара. Стеган шуьйра йуьхь йерриг а йекхайелира, Марксах б1аьрг кхетча... Хьуна хилла берриг цатемаш хиира суна, амма г1о дан ницкъ бацара.
1068 Охьахаал. Схьадийцал. И ший а ца хилийта, шайн ницкъ мел кхочург дира кхаа тирано. Ткъа хьо-м, хьомсара Карл, верриг к1айн ма ву! Мича йахана со даим а хьегна 1аьржа месаш, маж а? Т1аьххьара суна хьо гичахьана, йалхитта шо даьлла
1069 Иза х1умма а к1езиг хан йац. Т1ехула т1е, болх а бу логгец. Т1аккха, оцу кхаа хьехархочо дукха х1уманах кхиийна хир ву хьо? Шуьйра йуьхь, лекха хьаж, месала маж йолчу зоьрталчу Бакунинан аьрха амалш хаалора б1аьрг ма-кхийтти
1070 Ткъе итталг1ачу шерашкахь оьрсийн революционни-демократашна гергавахана иза шовзткъалг1а шераш долалуш паччахьан а, цуьнан правительствон а цкъа а машар хир боцу мостаг1 хилла д1ах1оьттира. Амма Бакунин кхин Россе схьа ца веара.
1071 Германехь революци йолуш Дрезденехь хиллачу г1аттаман куьйгалхойх цхьаъ волчу цунна прусски правительствос, цкъа, виэн суд йина, йуха а, велла д1аваллалц набахтехь валло сацам бира. Дукха хан йалале цара австрийски императоран каравеллачу цунна цигахь а изза кхиэл йира.
1072 Австрийски правительствос шен рог1ехь Николай 1-чуьнга д1авелла иза, цкъа Шлиссельбургски набахтехь валлийна, т1аккха Сибрех хьажийра. Кхо шо хьалха цигара ведда, Японехула, Америкехула хьаьвзина, Лондоне веанера иза. Россех йоккха дегайовхо йара Марксан.
1073 Тахана цкъа царизман буйнахь йоллу Росси дуьненайукъарчу реакцин ч1ог1а г1ортор йелахь а, Маркс тешна вара т1ейог1учу хенахь дуьненан халкъийн революционни центр цига йоьрзург хиларх. Цундела цигарчу революционерашца хаддаза з1е латтор ч1ог1а оьшура цунна.
1074 ... Зудчуьнца Итале воьдуш ву со... Ойла-м, са а до1уш, цхьана шарахь цигахь 1ан йу. Маркса, лата а йина, сирник кховдийра Бакунине. Хьан корреспонденташ ма бу цигахь. Г1уллакхаш дика дац хьан декъазчу даймахкахь. Польски г1аттам а хьаьшна хилар суначул дика хаьа хьуна.
1075 Кавказан ламанхошца дерг а чекхдаьккхина. Ах миллион чергазий, лоьхкуш, Турце, х1ордал дехьа боху. Реформина резабоцуш карзахбевлла муьжгий а ц1арций, шпицрутенашций, серагашций берта балош бу. Доцца аьлча, оьрсийн царизм шен сатийсамийн лакхенга кхаьчна.
1076 ... Бакунина, боккха баьккхина к1ур, чу а оьзна, татанца арахийцира. Аш кхоьллинчу организацех ч1ог1а воккхавиэ со. Цхьа а тайпа д1асахьийзар доцуш, цуьнан маг1аре х1уттур ву-кх. Польски г1аттам д1абаьллачул т1аьхьа социалистически боламехь дакъалаца сацам хилла сан.
1077 Маркс леррина Бакунинан хьекъалечу б1аьргаш чу хьаьжира. Новкъа ду вайн идейни хьежамашна йуккъехь йаккхий галморзахаллаш хилар. Цигаьркан йуьхьиг чимтосурга чу а та1ийна, гоьл т1е ког баьккхира Бакунина... Герцен вуьззина панславист ву, ткъа хьо а, хьомсара Михаил, цунна дукха гена ца ваьлла.
1078 Ахь славянашка немцошций, венграшций цхьана барте кхайкхарх, хьох интернационалист ма ца хуьлу. Ахь хьесапе ца оьцу пролетариатан революционни ницкъ а, цуьнан гегемони а. Хьан «ахархойн социализм» дуьххьалд1а утопи йу. Цигара схьахедийна мехкаш Россина т1ехотта дезаш хуьлу.
1079 ... Цуьнан ницкъ кхин иттазза стамлург хиларан? Цул т1аьхьа, шайн т1ехиндерг ч1аг1дархьама, йерриг Европа кога к1ел йерзо дезар дара славянийн Шен долахь барх1 б1е эзар цхьамза болу панславизм, динан символ йолчуьра д1а а йаьлла, политически программе йирзина тахана
1080 ... Бакунина, вист ца хуьлуш, схьаэцна, цигаьрка латийра. Европа шайга идиотски хьежначу паччахьан Россис польски г1аттам хьашар а, Кавказ д1алацар а кху т1аьххьарчу шовзткъе итт шарахь хиллачех уггар доккхачу маь1нин ши г1уллакх лору ас.
1081 ... Иэшарий-те и бодане ламанхой революционни кхетам болчу полякашца цхьана маг1ара х1итто? Маркс, шен к1айн цергаш гучу а йохуш, г1адвахана велавелира Ткъа хьо-хьуо-м ма ву беккъачу цхьана оьрсийн ахархойн ницкъаца социализм х1отторан идейш кхайкхош!
1082 ... Бакунин вуьйхира. Маркса, шен велар а сацийна, леррина къамел долийра. Цул сов, европейски масех махкахь хиллачу революцехь дакъалаьцна ас... Ас даре до дерриг хьайн дахар революцин г1уллакхна хьажийна, майра, хьуьнаре стаг хьо хиларна.
1083 Амма идейни г1алаташ, хьомсара Бакунин, идейни г1алаташ. Ахь хенан йохалла уьш нисдийриг хиларх теша лаьа суна. Х1етте а, вайшиннан къамел Россина т1ера доладаларна а, социалистически боламехь дакъалаца хьайн сацам хилла ахь аларна а, къоман г1уллакхна т1евоьрзу со.
1084 Коммунистийн 1алашо дуьненахь коммунистически йукъаралла кхолларца дерриг а халкъашна ирс кхоллар йу.» Цундела, коммунистийн а, йа социалистийн а бакъо йац революционни боламехь халкъаш динций, расашций къесто... Амма 1789-чу шаро къона, ницкъах вуьзна дуьхьалонча кхоьллина цунна.
1085 Ас йуьйцург европейски революци йу. Оьрсийн царизман толам революцин а, демократин а иэшам бу. Оьрсийн царизман иэшам революцин а, демократин а толам бу. Кавказан ламанхойн къийсам бахьана долуш, т1аьххьарчу кхузткъа шарахь цигахь лаххара а кхо б1е эзар салти латто дийзира царизман.
1086 Цундела оьрсийн царизмана дуьхьалбаьккхина муьлхха а ницкъ декъалбар вайн, революционерийн, сийлахь декхар ду. Амма шуна лаац царизм массанхьа а оьшийла. Масала, т1аьххьара хиллачу оьрсийн-туркойн т1амехь. И т1ом шина а аг1орхьара агрессивни 1алашонашца бара.
1087 Х1етте а, суна даггара лиира цигахь Росси оьшийла. Оцу т1амехь тоьллехьара, Россин ницкъ, йа, вуьшта аьлча, революцин мостаг1чун ницкъ, шозза алсамболура. Цхьадика, и ца хилира. Цигахь хьуьнарш гайтина инарлаш хесто лиънарш а гучубевлира.
1088 Доцца аьлча, шайн даймехкан тешаме к1ентий ду шу. Шун доглозу шайн крепостни ахархойх. Аш къинхетамза 1орадоху иэхье крепостни долалла. Шу орцахдовлу Оттомански имперехь 1азап хьоьгучу славянашна. Шу орцахдевлира г1евттинчу грекашна а.
1089 Уьш шайца православин цхьана динехь хиларна а, Россин мостаг1чунна, Турцина, дуьхьал уьш г1овттарна а. Амма оьрсийн царизмо кху т1аьххьарчу кхузткъа шарахь Кавказан лаьмнашкахь лелочу варварски г1улакхашка биэндоцуш хьуьйсу.
1090 Цо б1арздина, даймахках даьхна, лаххьаделла Турце кхелхачу масех чергазийн къомах доглезна, аш дош олуш ца хезна суна, х1унда аьлча уьш шун ц1ийх, шуьца цхьана динехь бац. Уьш азиаташ, басурманаш бу. Х1ан-х1а, хьомсара Бакунин, хьан революционни хьежарш цхьаьна ца дог1у коммунистически идейшца.
1091 Чуваьллачу Энгельса йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел. Бакунин а ву кхузахь?! Бакунине куьг а ца луш, шен шляпа а, трост а вешалкех хьала а оьллина, мукъачу г1анта охьахиира Энгельс Суна-м хьовха, оьрсийн революционерашна а Йа Россина а
1092 Энгельс доттаг1чуьнга хьаьжира. Шу масеханнан цхьацца идейни хьежаршна со резацахилар Россина а, берриг оьрсийн революционерашна а т1е ма теттал ахь, Михаил. Бакунин цецваьлла висира... Беккъа цхьана ахархойн ницкъаца революци йалур йац, социализм х1отталур йац.
1093 Ахархойн класс хьалха йига кхин ницкъ оьшу. Пролетари. Х1ета, тхан къийсам иэрна бу. Историн чкъург йу чехка хьалхахьа керчаш! Цаьршинга ла а доьг1на, къамела йукъавуьйлира Энгельс Тахана цкъа-м ахархойн мохк бу Росси Амма иза капитализман новкъа йаьлла
1094 Суна хетарехь, кестта йолчу хенахь, дуьненахь а хийцамаш беш, уггар мехалчу меттехь хир йу иза. Х1ан-х1а, ас йуьйцург царизм, крепостной Росси йац. Доцца аьлча, оьрсийн 1789-г1а шо герга ду. Цунна т1аьххье 1793-г1а шо дог1ур ду.
1095 Цуьнан т1аьхье мухха хилахь а, революци ношйелла Россехь. Революцино йукъаозор бу муьжгий а. Т1аккха французийн 1793-г1а шо дицдеш сурт х1уттур ду Россехь. Оцу суьрто йуьхь хуьйцур йу йерриг а Европин. Бакунина корта ластийра.
1096 Х1аъа, х1инццалц шира Росси европейски реакцин т1аьхьалонан эскар дара. Массо революцехь а. Амма цунна дуьхьал керла ницкъ кхоллабелла Европехь. Цуьнца ларор йац царизм. Россехь сийса революцин ц1е йайъа ницкъ хир бац цуьнан.
1097 Иза цхьана-шина шарна т1аьхьа-м тоттург хир йу цо. Оьрсийн революци йеккъа цхьана Россехь правительство а хийцина 1ийр йац. Французийн революци хилчахьана дуьйна схьа цхьаьнакхеттачу европейски деспотизман букъсурт хилла лаьттина и инзаре йоккха т1еман держава лаьтта т1ера д1айоккхур йу цо.
1098 Т1аккха баккхий хийцамаш хир бу Европехь. Тхан халкъо жоп ца ло правительствон зуламех. Оцу т1ехь къаьсттина а баккхий кхиамаш хилла Германин. Англин дешех немцойн ландскнехташ хьовсийра цо шайн бозушцахиларехьа къуьйсучу къилбаседехьарчу американцашна дуьхьал.
1099 Французийн революцеш хьошуш уггар иэхье чаьлтачалла т1елецира Голландехь, Швейцарехь. Венгрехь г1овттамаш, революцеш хьошуш дакъалецира. Ткъа Австрис Неаполе, Турине, Романье йина походаш? Германис ца йуьтуш, Францис Испанина дуьхьал бина харцонан т1ом?
1100 Английски реакцин йолахой болчу дон Мигельна а, дон Карлосна а дина г1о? Германин г1оьнца дакъош деш йекъна Бельги? Россин к1оргехь паччахьан г1ортораш, кегийра деспоташ хилла лаьтта немцой? Йерриг Европа т1анкаьлла йуьзна Кабургаша!
1101 ... Шен кийрахь 1аь1аш йолу и оьг1азло хиъна 1аччохь йийца ца йелла Энгельс, хьала а г1еттина, ши куьг букъа т1ехьа а диллина, д1асаволавелира. Немцойн ц1ийца а, ахчанца а лоллехь латтайо Ломбарди, Венеци. Мел дукха ду и зуламаш, къинош.
1102 Цадийцар г1олехь хета. Германин г1оьнца немцойн правительствоша кхечу мехкашкахь диначу иэхьечу г1уллакхийн бехк, доккхачу декъана, немцойн халкъана т1ехь буьсу. Лулара халкъашна маршо йаларе терра бен ша маьрша хир йац Германи.
1103 Цхьана а пачхьалкхна арахьа демократин политика д1айахьалур йац, нагахь чоьхьа оцу демократин куьйгаш, когаш дихкина делахь. Цундела, хьомсара Михаил, шайн правительствийн зуламечу г1уллакхех шен халкъо жоп ца ло боху стаг ч1ог1а г1алат ву.
1104 Чохь цхьана минотана тийналла х1оьттира. И бекхам кхуллурш а, кхочушбийраш а зуламхоша 1азапехь далло адам ца хуьлу, ткъа царна т1ехь и 1азап латточу зуламхоша шаьш шайна кхуллу. Шайн колонешкахь шаьш-шайна каш оьхку колонизаторша.
1105 Ткъа немцойн халкъах дерг аьлча, шен б1аьрзаллин, шайн къораллин амал бахьана долуш, хийла бекхам такха дезар ду цуьнан. Цкъацкъа цхьаьнайог1у уьш, галморзахаллаш хилаза а йисац. Х1оранна а шен-шениг 1ама а, нисвала а т1аьхьа дац, моьтту суна.
1106 Ницкъ ма-кхоччу нисвала хьожур ву-кх. Некъ дика хуьлда хьан а, х1усамненан а! Доьзалшка маршалла ло Тамаша бу-кх, кошо бен хьо нисвахь 3 корта Г 1 айг 1 анийн 1а Н В Шелгунов Адамашка цхьа бохам беача, къаьсттий карзахдолу 1алам а
1107 Йа, царна хиллачу бохаман дакъа кхочий, дарлой, г1еллой, уг1уш хьаьвза а хаац, йа, адамаша шен пусар цадарна, хаддаза шена т1ехь латточу къизаллина бекхам иэца г1отту а хаац. Иштта деара х1ара шо а. Карзахе, йокъане йара д1айахана аьхке.
1108 Буькъачу бодано хьулдинера гонд1ара лаьмнаш. Ца гора къилбаседехьара шера аре а. Товно йагийнера дог1анах догдиллина ораматаш. Кхарзаделлачу лаьтта т1ехула хьийзара довха х1аваъ. Йокъано даржийначу дехкаша орамаш цоьстура марг1алйелла лоьдгаш охкийна лаьттачу можачу хьаьжк1ийн.
1109 Кхаш т1ехула марха а х1оттийна хьийзара къилбехьара схьаоьху ц1оз. Цамгаро х1аллакдинера даьхний. Д1а араваьлла хьаьжча, урамашца, некъашца аддам горий ткъа?! Массо садолчу х1умано сатуьйсура дог1ане Амма и ца деара, йалташ а, буц а йакъайелла, йаьгна д1айаьллачул т1аьхьа бен
1110 Бохамашна аьхкенца къуьйсуш санна, буьрса т1едеара 1а а. Цхьа к1ира дара цкъа, дулий, де-буьйса лоций, семса ло дуьллуш, т1аккха чехкачу махо иза, х1аваэ ойъий, лоьллуш, б1аьрг белла меттиг ца буьтуш, дуьне ма-дду хоьхкуш. Цо дуькънера йарташна йуккъера некъаш.
1111 Цо к1елхьарчийнера коьллийн керташ. Месала к1айн куйнаш т1еоьхкича санна, лаьтта йуьйцинчу кертийн хьокхий, кевнашкара утармаш а. Буьйсанан тийналла йохайора лайн дозаллина к1ел «т1аххехь» лелхаш, кеглуш охьадетталучу диттийн гаьннаша.
1112 Лайн саьнгарша д1адуькънера йуьртара гаттий, гомий урамаш. Шелоно хьовзийна йурт д1атуьйра маьрк1ажан бодашца. Яьссил дехьара схьахьаьжча, серло ца гора иттех ц1а чохь а. Амма тховса сема ду Шахьбин кертахь. Арахь шийла дарц хьийза.
1113 Цуьнца къуьйсуш йогу раг1ун маь11ехь, мох ца кхеттехь, стаммийчу гажаршна т1ехула пурх биллинчу г1уркхах з1енаца хьалаоьхкинчу йешна к1елхьара ц1е. Хьерабаьлча санна кхехка х1оранна чу кхоккха к1удал йоьду ц1естан кхо йай. Амма бераш ц1а ца доьлху.
1114 Мовладе баьхкина баккхийниш х1ума йиъна бевлча, царна а кхочур йу сискалан йуьхк, чорпин кад. И хьал царна ганза дукха хан йу. Ц1енна гуо туьйсуш лела кхерста ж1аьлеш, цицигаш. Тахана бешахь бежанна шаьлта хьаькхначохь сих-сиха вовшахъхьаьрча уьш.
1115 Кепа тоьхча санна, адам ду хьешан ц1а чохь а, сени чохь а. Адам ду йиллинчу не1арна т1ег1оьртина а, корашкахь а. Дог1мех чекхбуьйлу бекъа мох. Иза ца сецало беркъачу бедаршка. Шелоно лахийна когаш. Х1етте а, уьш д1а ца бовлу не1арера, корашкара.
1116 Ткъа чиркх чу а оьзна, ахбодаш х1иттийначу чуьра тулг1ешца бурко йеттало. Цуьнца схьаоьху к1он-муьста хьацаран хьожа. Оцу чу гулбелла тховса Гати-Юьртара Кунта-Хьаьжин мурдаш. Къена а, къона а. Масех зуда а... Хетало, и дерриг адам, уьйриг хилла, керчаш, ткъа и ц1а царна гуонаха хьийзаш санна.
1117 Ч1уг х1инцца йолайелла. Х1ор а керлачу гуонехь, т1ера схьа а йохуш, йуьстахтуьйсу кетарш, чоэш, г1овталш. Хьаж т1ехь гучудийлла хьацаран т1адамаш б1аьргашна йуккъехула, марошна к1елхула меллаша охьа1ийдало... Шовкъаца массарех а къеста тховса кхуза веана мичкахойн Мада а, билтойн Нуркиша а.
1118 Мезал дег1арчу Мадина хала ду ч1агарехь хьийза. Хьуьхьвоьлла иза. Лелалац деза дег1. Амма Нуркиша шек а вац. Векъана, веха, дайн дег1 долу иза х1инца а гена ву к1адвала... Ч1агаран гуо йуханехьа хьаьвза... Шовкъ хилла царах цхьаъ, кертал арахь гуотуьйсуш, воду.
1119 Цунна хаа а ца ло йоьхначу не1армачашна чудеана ло. Семсачу лайлахь к1оргга лар йуьтуш, уьду иза. Цхьацца, шишша х1уттуш, цунна т1аьхьах1уьттуш, беха мог1а бо бисинчара. Арабуьйлу сени чуьрниш а. Цхьа масех минот йалале кертал арахь зуькаран йоккха ч1уг хуьлу.
1120 ... Зуькаро йукъа хьо зударий. Г1абалин т1емгаш йукъах хьала а те1ош, ч1агаран маг1аре х1уьтту уьш... Цхьанаэшшара кхийсалуш, нехан идаро дегадо ц1енош. Арахь ц1ийза иттанаш когаша, хьоьшуш, датадо г1орийна ло. Цаьрга хьуьйсучу берийн йаххьаш т1ехь кхерам, г1орасизалла го.
1121 Ирча ду и сурт. Шело. Дарцан ц1ийзар. Махо йетта шок. Бодашкахь, ц1еран серлонехь, синкхетамах девлла, маьхьарий детташ, кхийсалуш, уьду и т1елхигдаьлла адам. Зударийн узарш... Чуьрчу а, арарчу а мурдаша ц1еххьана сацайо ч1уг.
1122 Амма цхьа хан йолу кортош метта ца дог1уш. Цхьаберш шаьш лаьттачохь тиэхка, кхийсало. Х1ораммо а ша-шена зуькар до. Амма х1инца йац йуьхьанцарлера г1овг1а. Йишхаьлла, к1адбелла, х1иттина. Кхекхийн месала куйнашна к1елхьара беснешна, мажошна т1ехула, хи санна, охьа1ийдало модане хьацар.
1123 Ц1ен а, мокха а, к1айн а беснаш. Б1аьргаш, б1аьргаш. Оьг1азе, пхенийн хьесий ц1ийх дуьзна, къаьрзина схьалелха бохкурш а. Дехаре стигала хьовсийна, къера хилла, севцца, делча саннарш а. К1адделла, х1иттина, б1аьрнег1арш т1е а оьзна.
1124 Зуькар ма-сеццинехь, йуург хьалхайилла йолийра. Йаккхий кхийра кхабанаш карахь йайшна т1евеара масех жима стаг. Йешна т1е хьийзачу йоккхачу стага боккхачу дечиган чадица схьаоьцучу г1урмех йузура кхабанаш. Уьш йохйалале бохуш, чехкка чууьдура кегийраш.
1125 ... Йуучунна шолг1ачу рог1аца нисвелира М1аьчиг. Дукха хан йара цо оцу миноте сатуьйсу. Далла духахьара а ма хезийла иза, ша ч1агарехь волуш цуьнан ойла Далла а, устазна а генахь, ткъа арахь кхехкачу йешна т1ехула хьийзара.
1126 Бакъийначу кхорийн цу а биъна, ц1ера араваьллачу цуьнан дог, мустделла, керчара. Ламаз т1ехь суждане а вахана, хьалатаь1ча, б1аьргашна дуьхьал бода х1уьттура. Ч1уг жимма а йахйеллехь, ницкъ а иэшна, билггал, охьавужур вара иза.
1127 Амма цунна ницкъ лора гай йузо кестта шен аьтто хир буйла хааро. Къеначарний, къоначарний йуккъера болу М1аьчигаг1ар, баккхий нах чохь болчу кечдинчу ц1а чу а ца буьгуш, цхьа сов-ков сал-пал чохь 1алашйечу тишачу, доккхачу, шийлачу ц1а чу бигира.
1128 Накъосташна хьалха чуваьллачу М1аьчига, ц1енкъа йуккъехь а сецна, чухула б1аьрг туьйхира. Цо ма-лоьхху, бодане чоь йара х1ара. Терхи т1е х1оттийначу, махо хьийзош, к1ур туьйсуш богучу хьакхаран чиркхо шена гонд1ахьа г1ийла серло йеттара.
1129 Цхьа хан йаллалц, боданах б1аьргаш боллалц, са ца гора чохь. Дукха хан йалале царна хьалха диллира йуккъе х1оттийна г1урмех дуьзна бога а долуш сискалан йуьхкех дуьзна доккха, горга дечиган текх. Г1урми чуьра схьакъедара жижиган цуьргаш, хьожайог1у бецаш.
1130 Мацалла йоьхьаш уьйриг хилла хьерчаш хетахь а, иза т1е ца кхевдара йуучунна. Вокх-воккхачо хьалха д1а ца эцча, хьалха а иккхина, йаа волавалар г1иллакхе дацара. Цуьнан б1аьргаш ткъесах кхерстара шена хьалха 1уьллучу шуьнна а, цунна гуолаьцначу нахана а т1ехула.
1131 Бисмиллах1и-рохьмани-рохьийм! Шен ма-хуьллу сих ца вала г1ерташ, сискалан йуьхк, т1аккха дечиган 1айг схьа а эцна, т1ехула йаьгна йакъайеллачу сискалх, оьккхуьйтуш, цергашца йист а йаьккхина, иза 1овша а ца 1овшуш, т1е чорпа мелира М1аьчига
1132 Шен мацваларе ладоьг1ча, цунна моьттура и сискал шега дийнна д1акхаллалур йу. Амма х1инца, къурдаш дарх а, къамкъаргах чоьхьа ца йолуш, багахь йехха керчийра цо дуьххьара 1аьвшинарг. Б1аьргашна хьалхара д1а ца довлура ц1ахь кхорийн цу а биъна охьадийшина бераш.
1133 Мокха йаххьаш, т1ехь кхозучу т1елхигашна йуккъехула схьакъеда п1ендарш, пханарш. Ч1ораш санна, йуткъий настарш, пхьаьрсаш... Шеца шуьнехь болчу накъосташка хьаьжира М1аьчиг. Уьш йууш бара, амма церан б1аьргаш чохь а гора изза г1айг1а.
1134 Хьанна хаьа, церан доьзалш йиъна бийшина хила а мега. Цкъа ойла хилира М1аьчиган цхьа-ши йуьхк къайллаха чета та1о. Цхьанна гахь, х1ун дан деза? Ца гойла-х дац Т1аккха-м иэхь ма ду кийчча Мовладе вахча, сискалан йуьхкаш лечкъайо бохуш, вуьйцур ву
1135 Амма бераш иштта дуьтийла-м йац. Мовлад доьшуш йуккъе диллинчу бепигах даьккхина шена делла цастар-м дитинера цо царна. Амма иза цхьанна логах хьаккхал а дац. Ткъа кхуьнан ц1ахь уьш йалх ду... М1аьчигна х1инца а шена гуш хетара ша ц1ера араволуш г1ийла т1аьхьахьийсина берийн кхоьлина б1аьргаш.
1136 Амма текх дассалора, чу нуй хьоькхуш санна. Чуьра жижиган цуьргаш кхачийна йисинчу чорпи чухула дуьхь-дуьхьал 1айгаш хьоькхура накъосташа. Ткъа М1аьчиган къамкъаргал чоьхьа х1инца а цуьрг ца даьллера. «Т1ейохьург хир йу цара.
1137 ...». Х1ей, мила вара хьо, Янаркъа! Кхузе сискал а, г1урма а дал Ший т1ам лаьцна, кхаба а айъина, цхьанхьа-м хьаьдда воьдучу Янаркъас, т1е а веана, кхарна хьалхара бога, дуккха а жижиг дуьллуш, г1урмех дуьзира Т1аккха ц1еххьана йаа вуьйлира М1аьчиг
1138 Йоккха йоккхий сискал, цкъа-шозза 1овшуш, т1е чорпа а молий, гай чу оьхуьйтура. Сихбелла д1асалелара логан ира шад. Йуха а ши сискал а, цхьа кхаба г1урма а деара Янаркъас. Х1инца шеко йацара йуург царах йуьсург хиларан. Царна т1аьххье йахара жижиган масех цуьрг а.
1139 Цара накха багабора М1аьчиган. Амма цо садеттара. Сатухур дара, ц1ийделлачу эчиго санна, накха чахчош хилча а. Х1инца-м майрра ц1а г1ойла дара цуьнан. Чехкка чекхдалахьара х1ара мовлад! Йаханчу гурахь дуьйна схьа корта тентакбаьлла М1аьчиган
1140 Цкъацкъа моттало цунна, ша хьераволуш воллу. Х1ор а Делан дог1учу дийнахь керл-керла хабарш хеза. Цхьаъ вукхул а ирча. Цхьаболчара дуьйцу, б1аьсте йаьлча 1едало нахера герз д1аоьцу, боьрша нах салт бохур бу, цигахь царна хьакха йаор йу, уьш керста дине берзор бу бохуш.
1141 Вукхара дуьйцу, нохчий берриш Сибрех а бахийтина, церан мохк оьрсашна д1алур бу бохуш. Ой, Сибрех бахийтича, царах хиндерг хьалххе дуьйна гуш ма ду. Махкалло, мацалло, шелоно, мозий санна, х1аллакбийр бу-кх. Шайн ненан мотт а, лаьмнийн г1иллакхаш а дицделла, керстанаш хилла д1ах1уьттур ду бераш.
1142 ... И дуьйцург мил-милла а ма вац. Иза-х ц1арна а ц1ейаханчу Сайдуллас дуьйцу. Шеца цхьаьна Хонкара кхалха бохуш, нахе кхойкху иза. Цуьнца цига кхелхаш ву х1ирийн эла Алхазан Муса а, аьрстхойн Цугин 1елаха а. Шайца цхьаьна шайн йиша-ваша а дуьгу, кхузахь царах керстанаш ца хилийта.
1143 Цаьрга хьакха ца йаийта, маларш ца мийлийта. Зударех т1ехь шарбалш йоцу кхахьпанаш ца хилийта. Цхьанхьа вахана йуьртахо ц1а вирзича, йа эвла кхечахьара хьаша веача, г1айг1а хуьлу М1аьчигна. Х1ун хезна-те цунна, х1ун шийла кхаъ беана-те цо?
1144 Наха тоххара догдиллина дикачух. Мовлад чекхдаьллачул т1аьхьа, х1ума а йиъна, ц1а бахана дикка нах. Бухахь севццарш берриг а Кунта-Хьаьжин мурдаш бара. Тховса кхуза веана Киши-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ волу Мада. Лаа ма ца баьхкина уьш.
1145 Х1ума йиъна, кайаьлларг лачкъийна, парг1атваьлла М1аьчиг баккхий нах чохь болчу ц1ийнан не1аре г1оьртира. Буьхьар х1оьттина, пхенаш т1едийлла шен дуткъа, деха лаг а дахдина, не1аре г1оьртинчу нехан кортошна т1ехула чухьаьжира иза.
1146 Баьрччехь 1ара ши хьаша. Кхалкъе беснеш, г1ина диллина ц1ен маж-мекх долуш стоммачу дег1ара Мада, меллаша суьлхьанаш хьийзош, ц1енкъа ши б1аьрг боьг1на 1а. Шен мукъамечу, лохачу озаца нахе цхьаъ-м дуьйцу Нуркишас... Хьаннаш дагарца хьокхуш, ц1арца йагош, ч1анабоккхуш бу мохк.
1147 Вайн мехкан массо маь11е б1аьн некъаш дохку, массо маь11ехь г1аьпнаш йоьг1у. Йарташ арен т1е лоьхку, йуккъехула вайн мохк ирх а, пурх а боькъуш, г1алг1азкхийн йарташ йехкина. Цига баха ховшийначу г1алг1азкхашкахь герз дуьту, доцчунна ло, ткъа вайгара д1адоккху.
1148 Оцу харцонна дуьхьало йинарг тухий воь йа йуха ца вог1учу сийначу Сибрех хьажаво. Дуькъачу, къоьжачу ц1оцкъамашна бухара цуьнан сийначу б1аьргаш чохь доза доцуш йоккха г1айг1а гора М1аьчигна. Чохь тапъаьлла тийна дара. Вай ца дира иза.
1149 Вай тийшира вешан ницкъах, вешан майраллех, вешан мехкан ч1ог1аллех. Вайн ницкъ эшна, мохк талийна. Х1ан-х1а, сан муъма вежарий, иза бакъ дац, шуна моттахь а. Лаьцна вайн устаз Киши-Хьаьжа. Лецна Делан бакъ дин лардан х1иттийна вайн динан тхьамданаш а.
1150 Б1аьсте йаьлча, вайнах берриш Сибрех д1а а кхалхийна, вайн махка т1е керстанаш ховшо ойла йу 1едалан. Цара сийсаздийр ду вайн дайн кешнаш. Ткъа Сибрех кхалхийначу вайн бераш ца дерзахь а, берийн бераш керста дине доьрзур ду.
1151 Бицлур бу вайн къоман мотт... Дицлур ду вайн г1иллакхаш. Ц1е йоцуш дуьненара д1адовр ду вайн къам. Х1инца вайна хьалха ши некъ лаьтта: йа, керстанах летта, г1азотехь далар, йа, царна муьт1ахь хилла к1ел а севцца, жа1арна корта тохар.
1152 ... Маситтама ца йог1у йовхарш туьйхира, ткъа М1аьчигна т1ехьа лаьттачу зударшлахь къорра белхар иккхира. Т1аккха а вайл т1аьхьа кегий бераш ма дуьсу, къенаниш ма буьсу. Дола дан дай боцуш бисина уьш сийсазбийр бу-кх керстано?
1153 ... Цхьаберш байъина, цхьаберш Сибрех хьовсийна, бисинарш 1едалехьа бевлла! Хоттург хаьттина а, ала луург аьлла а валлалц, ши б1аьрг хьаббина, ладоьг1уш 1ийначу Нуркишас, уьш д1атийча, йуха а къамел долийра Луучарна к1елхьардовла кхоалг1а некъ бу
1154 Цаьршимма хьоьга хоттур ду: «Йа 1абдуллах1 ибн Адам, х1ай Делан лай, Адаман бер, хьайн махкахь дийнал-ислам хьийзочу дийнахь хьо мичахь вара? Ва амма, хьалий-охьий, цхьана дийнахь пусар доцуш шех буьсуболчу шен махках ца валавелла, керстанна к1ел сецначунна Ша хьукма а дийр ду-кх
1155 ... Х1етталц вист ца хуьлуш, суьлхьанаш хьийзош 1ийначу Мадас, карахь гулдина суьлхьанаш, хьарчийна, г1овталан кисана а тийсина, доцца до1а а дина, ши куьг йуьхьах а хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира. Цундела вайна т1ех1оьттинчу кху халачу киртигехь тхаьш ала хьакъдерг д1аолу оха.
1156 И кхозлаг1а некъ дийнал-ислам маьрша долчу, бусалба паччахь волчу Хонкара махка д1акхалхар бу. Вола бохуш, цхьанне а ницкъ бийр бац, цига кхалхар цхьанне а т1е а дожор дац. Амма тхо цхьадерш цига кхелхаш ду. Нохчийчохь ц1арна а ц1ейахана нах бу уьш.
1157 Мацалла г1аддайна а, 1едало б1арзбина а ца боьлху уьш цига. Дуьххьалд1а, кхана шайх хиндерг, шайн вежарех, къомах хиндерг гуш, боьлху. Цига кхелхаш ву шуна Киши-Хьаьжин ваша Мовсар а. Цига д1авоьдуш ву устазо шел т1аьхьа верас витина Салам а, М1аьчиг а.
1158 Цига воьдуш ву шуна атаг1ойн Вара а. Ас ц1ераш йаьхна и берриг нах шайн доьзалшца, йиша-вешица д1акхелха цига. Дерриг шайн тайпанца д1абоьлхурш а бу. Нуркишас а, Мадас а дуьйцург х1умма а керла дацара гатийуьртахошна. Дукха хан йара и хабарш кхуза 1ийдало.
1159 Яьссица хьала а, лакхара охьа а, дукъал т1ехьара схьа а. Амма бакъ ца моьттура. Эладита а хилла, дисарга догдохура. Ткъа тховса церан лергашна хезнарг бакъ ца хуьлийла дац. Далла к1ел а хиъна, харцдерг дийца йиш йоцуш 1елам ши стаг ву.
1160 ... Шу-м, дахча, г1ур дара цига, ткъа оха, къечара, х1ун дан деза? Т1ейуха а, когайуха а йац Дохка даьхний дац Жоп дала кечвелла 1ачу Мадина хьалхаиккхира Шахьби Йаа шортта хьакхарчий хир йу шуна Зударшна, йо1аршна шарбалш йеш, къахьега а дезар дац
1161 Эцца, салташца хьат1ари а беш, д1алелар бу! К1ентий салтбохур бу Ц1ахь 1е шу, ц1ахь! Шахьбин шогачу дешнаша догдат1ийнчу М1аьчиган и човхо ойла хилира Амма, ша цуьнан х1усамехь а, х1инцца цуьнан шуьна т1ера г1еттина а хилар дага а деана, сацавелира
1162 Четарчу сискалан йуьхкаший, жижиган цуьргаший хаийтира тховса М1аьчиг цуьнца г1иллакхе хила везар. Хаьа, аьтто боцчарна хало хир ду. Амма кхин цхьаъ ду. Мухха а цига д1акхачавелларг ша махкахваларх дохковер воцийла-м хаьа суна.
1163 Хонкаран паччахьо ша волчу д1абоьху шен динан вежарий. Х1ара кехат ду цуьнгара. Мадас, г1овталан хьалхарчу доккхачу киснара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат шена уллорчу Шахьбига кховдийра. Шахьби цуьрриг цец ца велира оцу кехатах.
1164 Схьахетарехь, цунна хьалха а гина, цо дешна дара иза. Шена уллохь хиъна 1ачу Зуре делира цо иза, т1ехула б1аьрг тоьхна. Цхьа элп а цахуучу Зурас, иза 1аьрбийн йозанца йаздина дуйла хиъча, бисмилла а аьлла, шена уллерчуьнга д1акховдийра.
1165 Кехат, кар-кара доьдуш, чухула гуо а баьккхина, йуха а Мадин г1овталан кисана дахара. Мохк къастийна, х1ор а доьзална шена-шена ц1енош дойтуш ву ша, боху. Б1аьсте ма-йоллура новкъа довла, боху. Цкъачунна дуучу йалтин а, дуьйчу х1унан а г1айг1а ма хила, боху.
1166 И дерриг а маьхза лур ду, вай кога ирах1итталц г1о дийр ду ша, боху. Хаза резадоллуш шу даха ховшшалц, 1едало шуьга цхьа а тайпа текхамаш бойтур бац, боху. Шун даймохк шун бац, иза гаурша шуьгара д1абаьккхина. Шу, Сибрех дигна, даржор ду, керста дине дирзина, шун къам довр ду, боху.
1167 Шу, шен махка даг1ахь, дерриш а цхьана гулахь даха ховшор ду, т1аккха шун аьтто хир бу шайн къам, г1иллакхаш, дин 1алашдан. Шен т1ома к1ел мел ду, дуьненан цхьана а паччахьера кхерам хир бац шуна, боху... Изза ма хилахьара вайнахах а.
1168 Сила долу адам дан а деана шен махка охьадоьссича, уьш д1атарбан а, церан доладан а ца кхиавелла Хонкаран паччахь. Вайниг ша ду. Д1айаханчу аьхка Уьстамала а вахана, цигахь Хонкаран паччахьца вайн г1уллакх дийцина, ц1а веана х1ирийн Муса.
1169 1абдул-Межеда шен кехат т1ехь ма-йаздарра, цигахь вай т1еэца кечам беш бу цигара вайн бусалба вежарий. Оьрсийн 1едало г1о даре догдохуьйла а йу. Ц1а чохь г1овг1анаш йевлира... М1аьчиг, вист ца хуьлуш, х1оьттина лаьттара. Х1инца иза ца г1ертара хьеший ган.
1170 Цо дахдина лаг, меттадеана ца 1аш, белшашна йуккъе охьа чутоьхча санна, хебна, дацделлера. Малйелла, йегайора настарш а. Амма, муха вер ву винчу йуьртах, махках? М1аьчигна ца хезара мурдаша долийна керла зуькар Ца хиира ша араволуш а
1171 Ойланаша д1алаьцна иза меттавалийра, кертал араваьлча, цуьнан йуьхьах а хьаьрчаш, кочах чухьаьддачу лайн шийлачу дарцо... Хьеший. А. Линкольн. Хьалхарчу буса диллинчу лайно х1иттийна саьнгарш йохош, махо датийна ло гай к1ел х1уьттуш, хьуьхьдоьлла хьалха г1ертара стерчий.
1172 Хеталора, церан маройх туьйсучу 1аьнаро новкъара ло, дашийна, татолашка дерзор долуш санна. Шийла йара дукъаца. Стерчийн вортанех, накхойх дуьйлу хьацар, оцу минотехь ша а бой, чоьш т1е к1ац лоций, д1адовра. Некъ дукъах охьа Гати-Юьртехьа чухьаьвзича, атто хилира хьайбанашна.
1173 Цхьанаметта кхаа дийнахь 1ийра 1елаг1ар цигахь дечиг кхоьхьуш. Шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна ваханера иза, Бена некъ баккха ца вахархьама. Долахь сту-ворда йерг мукъавоккхура некъаш т1ехь болх бечуьра. Инзаре хала болх бара иза.
1174 Г1орийна, жаг1ане латта. З1окберг тоьхча, суйнаш а туьйсуш. Дуьххьалд1а латта ахкар бен, кхин болх бацахьара а, дацара хала. Цкъа хьалха т1ера хьун, хьаькхна, йуьстаха а йаьккхина, йаго дезара. Кхааннан а мара ца тарлуш, стигала мархашка хьалаихна къена пепнаш.
1175 Т1ейуха йоцу йовха бедар, и йекъа шело. Цигахь когаш а бахьийна ц1а веанера Гати-Юьртара йалх стаг. Царах цхьаъ миска Васал вара. Эвла кхаьчча, гаттийчу, гомачу урамашкахула д1асайекъайелира салазаш. Шаьш ц1адерзарх башха воккхавеш а вацара кхо стаг.
1176 Кхана 1уьйрре ваьккхина кхечахьа хьажо тарлора. Керла йуьртда Хорт1а шен къизаллица 1осел т1ехваьллера. Мел къиза велахь а, 1оса майра стаг вара. Хьаькамашка бийца мотт а карабора цунна, цаьрга ша ларийта а хаьара. Хьаькамаша ша хастош дош эр дуьйла хиъча, и йерриг Гати-Юрт йаго реза хир вара иза.
1177 Стерчийн йуьхь а лаьцна 1ела кет1арчу з1арах чоьхьаваьлча, йедда цунна т1ейеара Айза. Зудчун йекхайелла йуьхь а, йоккхайеш богу б1аьргаш а гича, цецвелира майра... Цхьа б1аьрнег1ар тухучу йукъана 1елин коьртехь масех хаттар а, царна жоьпаш а х1иттира.
1178 Сан белларш денлойла а дац, суна т1едан кхин йиша-ваша сан а дац. Аьрзус зуда йалийна-те? Хьехош х1ума-м ма дацара Атто старг1а йа кхело бекъа йина ала меттиг а бац Х1ун ду-те хилларг? Сийсара дуьйна меран буьхьиг к1амлуш-м вара-кхий со
1179 Цхьа хазахетар ца хуьлу-те? Со верриг а хьан ву-кх Кхин хьуна дала со да волуш х1ума дац-кх сан Майрачун карара дуьхьлоцу схьа а лаьцна, шен эсала 1аьржа ши б1аьрг лахара хьала 1елина т1е а боьг1на, ховха балдаш, халла хаалуш дегош, хьалхакховдийра цо
1180 ... Иза мила ву хьажа сагатделла 1ела, стерчий Айзехь а дитина, чухьаьдира. Амма ц1а чохь цхьа а вацара. Хьаъа винехь а, цхьамма вина дечган жима пелхьо а ловзош, товханна хьалха хиъна 1ен 1умар, шен ловзарехьа ваьлла, схьа а ца хьаьжира дега.
1181 Аганахь ховха наб йеш 1уьллура 1усман. Амма ц1а тахана ма-хуьллу ч1ог1а кечдинера Айзас. Баьрчерчу поппаран маьнги т1е даржийна дара хийра хьаша веача бен схьа ца оьцу Айзин цхьаъ бен доцу къорза истанг. Товхана оьллинчу ц1естан йай чохь к1ежтуьйсуш кхехкара котамаш.
1182 Иштта чомехь кхача сих-сиха ца хуьлура 1елаг1еран х1усамехь. Ц1а чохь томканан к1уьран хьожа йог1ура. Хьаша ара д1асаваьлла хир ву-кх аьлла, дагадеана, йухахьаьвзаш воллучу 1елин цхьамма, т1ехьашха куьйгашца б1аьргаш д1а а къовлуш, корта лецира.
1183 1елас меллаша куьйгаш хьаькхира шен б1аьргаш т1ерачу куьйгех. Даккхий, айраш санна, декъа дара уьш. Лакхо кхевдича, карадаьхкира стаммий нуьцкъала пхьаьрсаш. Коьрте кховдийна куьг йуькъачу, морсачу можа йукъа дахара. Цхьаццаннан йоккхуш, шен генарчу доттаг1ийн ц1ераш йехира 1елас.
1184 Амма т1ехьа лаьттарг вист ца хуьлура. Стага, б1аьргаш д1а а хецна, шегахьа а верзийна, къевллина маравоьллира иза... Х1инца цо иза къуьйлура шен мара. Кхо шо дара-кх суна хьан хабар хазаза. Кхин суна гучу ца волуш 1евеллий хьо!
1185 ... Иза мел майра, хьуьнаре, хьекъале велахь а, ши кепек а мах бац цуьнан кху заманахь. Охьахаахьа, Андри. Ох1, ма дика ду-кх хьо веана. Вохий ма хьовза хьо! Хьуна хьалха сайн декхар кхочуш ца дина ас Ца 1ийна хьуна со ахь дина г1уллакх дицделлий, шу ца дезашший-м
1186 Тхан нохчашна цкъа а дицлац шайна дина дика а, вуон а. Дуьххьалд1а, кху не1алт хиларо, къоьлло, та1ийна, меттах ца волуьйтуш, 1ийна-кх. Т1аккха, Андри, хьо-хьуо веана? Сан г1оьнча Яшка Хьуна вевзар вац, керла ву иза И шен нисделла бепиг а доттуш, 1а хир йу х1инца а?
1187 ... Амма, ахь гергарло д1атасарна, ч1ог1а хьуна оьг1азйахана! Х1етта д1адаьлла вуохар йуха а гучуделира 1елин йуьхьа т1ехь Г1опехь ворданца болх бан, йа некъ баккха, йа цхьа хьаькам цхьанхьа оьций, вохуьйту Йа хьажжийначу д1аваха веза, йа г1уда такха деза
1188 Шортта хьал делахьара-м, 1едална г1уда а тоькхуш, ц1ахь 1ийр ма варий. Зуда-м ца йалийна х1окхо? Стохка зуда а йалийна оха цунна Кхин иэхь ца хетий хьуна! Шен коьртара баьккхина куй баьрче кхоьссира цо Х1орш дага а дитина Дийца оьшуш дац, ледара хьеший ду вай
1189 Къонах вац вайша ший а! Воьхна Андрей шен йуькъа 1аьржа маж, ахкарца санна, п1елгашца шарйан вуьйлира Шун шайх лаьцна, Шелахь нах байъина йукъ ма йара иза Х1инций-х1инций т1амца шу станицашна т1едог1у бохуш, буса тоьпаш марахь буьйшура г1алг1азкхий
1190 Вуьшта а г1оьртина долу вайна йуккъера хьал! Цхьана вуьзна хьерваьллачу г1алг1азкхичо шуна зулам дича, соьга лалур ма дацара 1едалца къийса ницкъ ма бац со санначу мисканан Тохара хьой, Айзий дуьххьара тхан станице деача, шаьшшинна т1ехь х1оттийнарг дицделла хьуна?
1191 ... Стерчий парг1ат а даьхна, чуйеанчу Айзас йукъахдаьккхира кхушиннан къамел... Амма 1умарца сихха йукъара мотт карийра тхуна. Къаьсттина ч1ог1а доттаг1алла тасаделла кхуьнан сан накъостца Яшкица. Айза дуккха а хийцайелла хьалхачул.
1192 Тхан зударий баккхий мел хуьлу стамло, шуьниш азло. Веллавала со дела1, уггар хьалха хатта везарг вицвина 1аш ву-кх со! Х1ун деш ву сан орцахо Корни? Цуьнан доьзал буй могаш? Логгец оцу шен къоьлли йукъа а вахана воллу-кх Цкъацкъа, буьйсанна д1асаволий, катуху
1193 Шун обаргашца бертахь ву иза. Амма майра к1ант ву-кх! Оцу дийнахь иза майдана ца нисвеллехь, йуьхь1аьржо хуьлура суна Дела реза хуьлда цунна! Дала аьтто бойла цуьнан! Чу чоьлпа а хьовзийна, чуьра котаман т1ам схьа а эцна, иза кхихкинийла хьожуш, п1елгашца оза а бина, галнаш йан тохайелира Айза
1194 Сан галнаш сихха схьайевр йу. 1ела, шена т1е кетар йуьйхина, кога мачаш туьйдина, аравелира. Чохь шаьш дисина Андрей, Айзий вовшашка бийца мотт боцуш д1атийра. Ахьаран мижаргах галнаш йеш йоллучу Айзин кадечу куьйгашка хьоьжуш а 1ийна, т1аккха 1умарехьа вирзира Андрей.
1195 Шен пелхьо ловзо г1ерташ, амма г1уллакх ца хуьлуш, мара хьалауьйзуш, вехьаш воллу иза, шена т1е а вехна, караийцира хьешо. Мера к1ел седа а кхетта! Схьайтал! Х1ай-х1ай! Вуьззина къонах ву! Обарг! Таппа ша 1ела! Амма Дала т1е ма доуьйтуьйла хьуна хьайн ден, дендайн новкъа лелар
1196 Дала ирс лойла шуна мукъа а! Дала 1алашдойла шу кху дуьненан харцонех! Ша межарг хьакхо йоьллачул т1аьхьа бен ца гира Айзина к1ентан бехбелла мара Галнаш йина ца йаьлча, и ц1анбойла доцуш 1ийна иза, х1инца, Андрейх иэхь хеташ, текха т1е йуьхьар йоьлла йоллура
1197 Оцу йуккъехула самавелира аганара 1усман а. Лари т1е ког а те1ош, Айза ага техко йоьлча, иза шена улло уьйзира Андрейс. Хьеше бийца мотт боцчу Айзина шарал йахйеллера майра араваьлла и к1езиг хан. Цхьадика, дукха ца 1аш, Яшкица чувеара иза.
1198 ... Со ц1ера араваьлла кхо де а дара. Х1инца, Яшка, хьайна т1ера сов бедар д1а а йаккхий, парг1атвалал... Хаац, тахана-кхана кхача мега. Шена т1ера дабаг1а динчу кхекхийн тиша кетар, когара лиэтийна йеза эткаш д1а а йаьхна, маьнги йисте охьа а хиъна, Андрейгара аганан г1аж схьаийцира Яшкас.
1199 Кхузахь а йу, бохура, йоккха йокъа? Дуьххьалд1а латта, кхарзаделла, паста санна, лилхинера Цхьаннахьа а гуш соьналла-м, дера, йацара Халла хилларг а х1аллакдира стигалахь бода бина деанчу ц1азо Хаац, Далла хьалха оцу та1зарна тхо мича бехке хиллера
1200 Молланаша бохура, тхан 1есаллина Дала боссийна бала бу иза. Далла хьалха а, 1едална хьалха а вуонаш хилла-кх тхо пекъарш. Доцца аьлча, г1уллакхаш доьхна ду. Дерриг галдаьккхина латта к1езиг хиларо. Тхан долахь дисинарг а дац дуьйш-дерзо мегаш а.
1201 Къена хьаннаш, бердаш, токхамаш. Халла лаьттах хьалайаьлларг а мажлой д1ах1утту. Адам, бохий ахь, дукха 1аь1на. Тхо ца леш а, йа бераш дебаш а дац иза. Хьалха Теркаций, Соьлжиций хиллачу нохчийн йарташкара нах, 1едало шайгара мохк д1абаьккхича, дукхахберш кхелхина тхуна йукъа, лам чу, баьхкина.
1202 Т1ек1ел кху к1ажахь дохку-кх. Х1инца б1аьсте йаьлча, кхузара а д1адоху, боху. Тхо Сибрех а кхалхийна, кхуза г1азкхий балор бу бохуш, дуьйцу. Цундела дуккха а нах Хонкара кхалха кечлуш бу. Амма билггалдерг цхьанне а ца хаьара.
1203 Цхьаберш баккхийбера нохчий кхалхош, амма дукхахболчу г1алг1азкхийн дегнаш лозура царах. Гора цаьргара 1азап, г1ело. Ткъа цунна бехке шаьш хетаро дегнаш огура. Со кхетавехьа цунах. Тхайга х1оьттинчу къоьллой, мацаллой б1арздина лела-кх.
1204 Тхоьгара д1адаьккхина уггар тоьлла латта шун г1алг1азкхашний, тхоьца хиллачу т1амехь шена г1о динчу тхан къомах йевллачу цхьацца писашний декъна шун 1едало. Оццул мохк ца оьшура г1алг1азкхашна. Церан долара ах мохк, цхьаммо а оьцуш дезар доцуш, т1е къух даьлла лаьтта.
1205 Ткъа тхо, латта ца тоьуш, мацалла 1уьйшуш ду. Дерриг тхан рицкъа лаьттаца ма ду. Цунах хаьдча, тхо делла. Къоьллина а сатухур дара оха. Амма 1едало тхаьш сийсаздар ца лало. Муьлххачу а оьрсичунна ша тхан хьаькам хета. Ша тхуна х1уъу дан мега, моьтту.
1206 Тхан лаг ши корта болчу аьрзуно 1уьйду. Де дийне мел дели, м1араш къуьйлу цо. Хьаннаш, хьоькхуш, йагош, х1аллакйо. Тхан ч1аг1о д1айаккхархьама, массо маь11е г1аьпнаш йоьг1на, уьш эскарех йуьзна. Кхана 1уьйрре эр ду, х1ан-х1ани, нохчий, охьадиллал герз, довлал салт, дитал шайн дин.
1207 Резавоцчунна сийна Сибрех йу шуна. Хиндерг ма ду иза. Цунах бевдда боьлху нах. Андрей вист ца хилира. 1елас дуьйцург цхьадерг бакъ дара. Андрейна тахана дуьххьара гинера нохчийн йурт, церан 1ер-дахар. Цхьана а корана тоьхна ангали дац.
1208 Цигашха лецна стерчийн ахкаргаш ду йа т1елхигашца, йа хьардашца дуьхьалонаш йина. Чекх дарц хьийзош не1арш. Чохь йиллина товханахь йагочу ц1аро 1арждина дерзина пенаш. 1аьнан заманахь чуьра арадовла йиш йоцуш, оцу к1уьрехь хан тоькху дерзина бераш.
1209 Баккхийчарна т1ехь а дац мегарг чоа, кетар. Т1ехула аьчган мекха текхийча санна, кердигаш тийсина йу бедарш. Тахана Андрейг1ар баьхкина йуьрта кхаьчча, дуьхьал мел кхеттачо, сецош, кхушиннан куьйгаш лоьцуш, маршалла-деналла хоьттура.
1210 Шайгий-шайгий кхойкхура. Иза церан г1иллакх дара. Гуттар т1ом карзахбаьллачу шерашкахь а иштта т1еоьцура цара машарца шайн йуьрта веана оьрси. Цуьнан г1уллакхе а хьовсий, и кхочуш а дой, могаш-маьрша ц1а хьажавора. Бекхам цара кхечахьа оьцура.
1211 Т1еман арахь. Герз карахь шайна дуьхьалваьллачохь, герз карахь т1амца шайн йарташна т1ег1оьртинчохь. Царна х1инца а хаац оьрсийн халкъан шайца мостаг1ала доцийла, шаьш санна, иза а паччахьан 1едална к1ел г1ело хьоьгуш дуйла.
1212 Оцу жимачу халкъана т1ехь х1оттийначу харцоно, къизалло дог огура Андрейн. Цунна ша бехке волуш санна хетара. Стенна делахь а, тахана цунна дагадеара дуьххьара шена 1ела вевзина де. Теркан г1алг1азкхийн шатайпа столица йара Оьрза-Г1ала.
1213 Кхуза хьажа-х1отта чуверзаза т1ех ца волура Кавказе веана муьлхха а ц1ейахана стаг. Кхузахь хиллера инарла Ермолов а, эла Гагарин а, Воккха Эла Михаил Николаевич а, г1араваьлла Александр Дюма-да а, Лев Толстой а. Нохчмехкан дозанерчу станицех уггар хьалдолуш йара иза.
1214 Б1е ткъа чаккхарма д1асадаьржина дара цуьнан ши б1е эзар десятин латта. Х1ор а г1алг1азкхичун доьзална, йуккъерчу хьесапехь, б1е итт десятин. Ткъа оццу хенахь нохчийн долахь бисина берриг мохк кхузткъе итт йеак1ов миль бен бацара.
1215 Оьрзг1алахойн мохк цхьа шатайпа вуон амалш йолуш бара. Йоккхачу г1овг1анца цо г1атточу чено мокха дохк х1оттадора б1аьрго ма-лоццу. Оцу йуккъехула стигалахь гуш хуьлура, ц1естан шун санна, горга маьлхан ц1ен х1оз. Ишттачу деношкахь арахь гуш садолу х1ума ца хуьлура.
1216 Дарц санна, х1аваэхь хьийзачу г1амаро б1аьрг белла а, сада1а а ца вуьтура. Иза г1ертара б1аьргаш чу а, мера чу а, бага а, лергаш чу а. Хеталора, иза пехаш чу оьхуш санна. 1ела дуьххьара цига вахара т1ом чекхбаьллачу шолг1ачу шарахь.
1217 Х1етта Айза а йалийна ваха хиъначу кхунна бахамехь оьшуш дукха х1ума дара. Сту-ворда хьовха, атталла марс-мангал а, бел-шада а дацара церан долахь. Оцу шерашкахь лам чохь къаьсттина къен дара эчиг а, туьха а. Уьш каро-м хала а дацара, д1адала ахча хилча.
1218 Ткъа 1елин долахь дацара бурмах вала шай а. Айзас хьаннашкара лехьийна кхораш, хьаьмцаш, ц1ахь бина б1аьлланган к1ора а эцна, шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна, Айзица Оьрза-Г1ала вахара иза. Цига герга мел г1оьрти, дохковуьйлура иза новкъаваларх.
1219 Цхьаьнгге а чуьра дечиг ца хьадойтуш, ч1ог1а 1алашйеш. Чуоьхучу сирлачу шовданийн хиша буьзна куьйга баьккхина боккха хаза 1ам. Цунна гуонаха, бурсанечу дитташ к1ел, т1е охьаховша дина г1анташ, тховк1елош, лекха бираьнчикаш.
1220 Дуьнен чохь цхьаннахьа мацалла а, иэшам а боцуш санна, оцу исбаьхьчу хьаннашкахула сакъоьруш доладелла лела адам. Б1аьрго ма-лоццу йийг1ина кемсийн бошмаш... Ломахь санна, т1елхигдевлла дацара кхузара адамаш а. Зударшна т1ехь шуьйра пхьуьйшаш а, йаххаш а йолуш кучамаш.
1221 Дег1ана хьажош йиначу чилланан кофтанаш т1ехь лепара чаьразийн тайпа дина дато туьйдаргаш, йукъ кховллуш дихкина шуьйра дато доьхкарш. Коьртахь бес-бесара чилланан корталеш. Ши чаккхарма йеак1ов йоккха йара Оьрза-Г1ала. Х1ор а ков лардеш пхийтта-йалхитта шо хенара божабераш.
1222 1елаг1ар станици чу а буолале, массарна а хиира х1орш бог1ийла. Х1орш къилбехьарчу кевне ма-кхеччинехь, ведда станице ваханчу цхьана к1анта, х1орш х1ун нах бу хьажа, г1алг1азкхи валийра. Вовшашка маьхьарий а бетташ, кет1а буьйлура зударий а, нах а.
1223 Цигахь дара Червленски г1алг1азкхийн полкан канцелярин шозза т1ек1елдина ц1енош. Уллорчу гауптвахтин не1арехь баттара даьккхина тур буйнахь лаьттара г1алг1азкхи. Гауптвахтех тоьхна дара полкан командиран ц1а. Цхьа массанан йаххьашна т1ехь шега цабезам гича, шен доьхна дог ца хаийта г1ертара 1ела.
1224 Шен дахарехь иза дуьххьара ма вара станицехь. Баккхийчу нахера дукхе-дукха довха дешнаш хезнера 1елина хьалха нохчашний, г1алг1азкхашний йуккъехь хиллачу гергарлонан йукъаметтигех лаьцна. Цара йийцинчу а, таханлерчу а шина заманна йуккъехь бехачу т1еман ц1еран лекха арц лаьтта.
1225 Оцу йуккъехь масех т1аьхье а хийцайелла. Д1айаханчу заманахь шина а аг1орчийн дай, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна. Ткъа церан т1аьхьенех вовшийн мостаг1ий бина паччахьан 1едало. Оцу т1амо а, 1едало а хийцина адамийн амалш, г1иллакхаш, дог-ойла а.
1226 Адамаллех бохийна, акхаройн амалшка берзийнарш а бу. Хьанна хаьа, 1еле оьг1азе хьоьжучийн да, ваша, к1ант нохчаша вийнехь а? Царах цхьанна ч1ир йекха дагадаг1ахь? Хьерадевлла адамаш массанхьа а ма ду Шиннахьарчийн йарташкахь
1227 Йуккъе мостаг1алла, цабезам, цатешам буллу. Изза до мозг1арша а, молланаша а. Бусалбанашна а, керстанашна а йуккъехь машар-барт хила йиш йац, боху. Церан массеран а меттанаш, г1уллакхаш бахьана долуш мостаг1алла доьлла нохчашний, г1алг1азкхашний йуккъе.
1228 Х1унда дора иза? Шиннахьарчийн дай ма баьхна, цхьа доьзал санна, бертахь Кхид1а а даха х1унда ца мега? Мега, дера-кх, амма дитац-кх Оцу питанчашна оьшу хир ду-кх иштта мостаг1алла 1ела г1алатваьлла ца хилла Лачкъо х1ума йуйла хьажа ваийтина!
1229 ... Айза букъа т1ехьа а лоцуш, ворданна т1е йухавелира 1ела. Цуьнан шен бертаза вертанна чухула доьхкарх йоьллинчу шина тапчина т1екхевдира куьйгаш. Амма цо йухаозийра уьш. Собар дара коьртаниг. Айза мукъана а ма йелара цуьнца.
1230 Берах ма йу иза... И дерриг а б1аьрнег1ар тухучу йукъана хилира... Хьоьга ца боху ас йухавала! Тобанна йукъара схьаваьлла цхьаъ 1елиний, Фроловний йуккъе х1оьттира Ас силу йийр йу хьан иза! Шина г1алг1азкхичо, буйнаш бина чукхоссавала кийча хьалхакхийдаш, охьа а таь1на, гуотуьйсура
1231 И мезаша йуьзна нохчийн т1уьйлиг бахьана долуш, вовшийн диркхаш ата дохку шу? Шина тобане бекъалуш, лата кечбелла г1алг1азкхий совцийра оццу минотехь правленин ц1еношкара ара уча ваьллачу станични атамано полковнико Беллика Хьуна ма-хаъара, хьан сийлалла, нохчаша цкъа а ца долуьйту ишттаниг шайгара
1232 Цул сов, нохчий, шайца вай бертахь даха дезаш лулахой хилла ца 1аш, ткъа, вай санна, Цуьнан Императорски Воккхаллин 1едална к1ел нах бу. Т1ом чекхбаьлла, вай цаьрца бертахь даха деза. Мила вара дов долийнарг? Фролов ву-кх Ткъа ахь, Корней, хьошалла де хьайн нохчочунна!
1233 ... Хьайна корта безахь, хьайн ши куьг, зударийн мотт а сацабелахь. Тхо дерриш иштта сийдоцуш ду, ма мотталахь. Хьоло дузийна цхьа ткъех ц1а ду кхузахь, тхан йаь1ни т1е а хевшина, тхо хьийзош. Тхуна, мисканашна, ца оьшу шуьца мостаг1алла.
1234 Вайн дай, вовшашца цхьа а тайпа мостаг1алла доцуш, бертахь, чукаре, доттаг1алла а, гергарлонаш а долуш баьхна. 1едало, 1ехош, питанаш туьйсуш, мостаг1алла доьлли-кх йукъа. Тхо цхьадерш х1инца кхетта. Кхин 1ехалур дац. Тхо а ма ду, шу санна, тхешан синош дезаш адамаш.
1235 ... Корнейс куьг ластийра... Хьуна хьалха йуьхь1аьржа х1отта герга ву-кх со... Сайн кунакан ц1е а ца хаьий суна-м? Нохчмахкарчу Гати-Юьртара ву со Гезлой-г1ап лаьттинчуьра д1а лакхо, Яьсси йистехь йу иза Аьрзу ц1е йолуш ваша а ву сан
1236 Нагахь, цхьа г1уллакх хилла, хьо цу аг1орхьа ваг1ахь, тхойшиннан герз а, синош а хьан долахь хир ду. Лам чохь шуна йуккъехь дуккха а кунакаш бу сан. Х1инца Дала хьо а вели суна. Дика доттаг1ий цкъа а сов ца бовлу... Бахам вовшахтоха доьлча, массо х1ума оьшуш карий.
1237 Цхьацца бахаман г1ирсаш кхузахь атта каро там бара-кх аьлла, г1аддайна, схьанехьа ваьллера со. Кхузахь тиша-киша х1ума иэца дагахь. Цо и хаттар дича, иэхь хетта, ц1ийвелира 1ела. Амма аьшпаш буттийла дацара... Амма со а ву, хьо санна, къен стаг.
1238 Д1о разйаьлла тоьла гой хьуна? И тоьла т1анк-аьлла йуьзна бераш доцург, кхин х1ума дац со да волуш Шу оцу тоьли чу дигар Х1инца хиира 1елина, шен керла хьаша стенна г1елвелла Хьан деган ц1еналла дерриг дуьненан бахамал йеза йу
1239 Ма дийцалахь! Иза мел дика адам ду, хьайна хаахьара! Цуьнга бен далур дац шун г1уллакх Цига д1аг1ур ду вай 1елина дика хаьара къечу стеган хьал Хьаша-стаг шена мел везахь а, цунах ида деза цуьнан Г1иллакхна а шен х1усаме вола ала ца ваьхьа, иза варна кхоьруш
1240 Доцца аьлча, иза мел воккха турпал велахь а, къен стаг воцчу новкъа ву. Оцу дийнахь бевзира 1елина Андрейн оьзда доьзал. ... Цигахь севцца береш гина, араваьллачу Корнейна ца вевзира б1аьргашна т1ета1ийна куйнаш техкина, коьртех башлакхаш хьарчийна, герзах воьттина лаьтта к1айн ши стаг.
1241 ... Ткъа суна моьттура, хьо йа вукху дуьнена кхелхина, йа тоххарехь ахь со вицвина! Х1етахь дуьйна х1инцца машар ма х1оьттина тхан Нохчмахкахь 1ела д1а а хецна, цуьнан накъосте хьаьжира Корней Хьуна а, Андрейна а баркалла ала веана тхойша леррина
1242 Оцу буса Корнейн а, Андрейн а х1усамашкахь доттаг1аллин безамна йисира Аьрзус, цаьршинна совг1атана аьлла, даьрг1ойн пхьерашка леррина йайтина уггар тоьлла детица кхелина ши шаьлта... Хьеший буьзна парг1атбевлча, церан г1уллакхах лаьцна хеттарш дан вуьйлира 1ела.
1243 Хьошалг1а вахар а хир, нагахь белахь, кхузахь мехах жимма болх а бер вайша аьлла, веара-кх. Хонкара кхалха г1ерташ нах а бу, шайна некъана оьшу г1ирсаш кечбеш. Кху эвлара пхьар ца ларош, дехьа-сехьа оьху нах. Т1ехула т1е, эчиг а ца тоьу.
1244 Цхьа таро йийриг хир йу-кх. Т1ейог1уш суьйре а йу, арадевлла, жимма йуьрте б1аьрг тоьхча, х1ун дара-те, 1ела? Оцу чохь чоа а, куй а ду сан Шен безамна лелайе алар суна т1едиллина цо 1ела, хьо а ца вицвелла йоккхачу стагана Хьуна ч1ог1а дукхадезаделла шен бепиг даийтина цо хьуна
1245 Шен совг1ат кара а лаьцна, д1асахьийзадора Айзас. Куьг хьоькхура, ло санна, к1айчу к1едачу т1ерг1ах. Хазахетар т1ехдаьлла, ши б1аьрг къегара, т1аккха, к1ез-к1езиг бузуш, хих буьзна и шиъ т1ехбеара. Царна чуьра меллаша схьа1ийдалучу т1адамашка дирзина б1аьрхиш беснеш т1ехула охьахьаьлхира.
1246 Цунна дага ца дог1ура уьш ловчкъо. Ма ч1ог1а лаьара цунна, и бой х1инцца коьрта а тиллина, ша леррина ларбеш лелочу куьзганан б1аьрга хьажа! Амма цо сатухур ду божарий арабовллалц Т1аккха, коьрта а тиллина, дог 1аббош хьоьжур йу цуьнга
1247 Шайн оьрсийн доттаг1чун зудчо совг1атана йаийтина бохуш, дозалла дийр ду. Хьесан чимчарг1ашца бертигашна тикманаш йаьхна ц1ен ши этка Яшкин г1оьнца кога а оьзна, чухула д1асаволавелира 1умар а. 1ела дуьнен чу ваьлчахьана, тахана и дуьххьара хазахетар деанера цуьнан мискачу х1усаме.
1248 ... Х1етта чубуза рег1а т1е лахбеллачу 1аьнан маьлхан шийлачу з1аьнарша оцу дийнахь т1аьххьара хьоьстура лайн шаршу к1ел къайладаьлла 1алам. Суьйренан шелоно лергийн т1илдигаш а, меран буьхьиг а, беснеш а къийзайора, ира маха 1итталуш санна.
1249 Амма ламанан ц1ена х1уо дег1ана там беш дара. Х1етте а, йуьртан гомачу, гаттийчу урамашкахь д1асалелаш адамаш а, суьйранна хи т1е лоьхкуш хьайбанаш а гора. Шелонна чидам боцу гомашаш, хи мелла йовллушехь, ц1а уьдура, шайн даккхийчу, дезачу дог1машца кхийсалуш.
1250 Охьа чохь эвла йуккъехь, йуьрта т1ехула стигала ира бухь кховдийна, лаьттара маьждиган момсар. Говза цостуш т1улг буьллуш диначу доккхачу маьждигна хьалхарчу йеак1ов майданан пхьоьхана гуллуш бара нах. Кхуза пхьоьхана а, хин коьрте а дохьура наха дерриг а эладитанаш, керла хабарш.
1251 Кхузара йуьртан х1ор а ц1а чу д1аса а даьржара уьш. Хьешийн берриг а тидам генадоццуш дехьа басахь салазаш хоьхкучу берашна т1ехь сецира. Церан салазаш цхьа шатайпа башха йара. Гу т1ера охьа чу уьш хецабелча, мотталора, уьш цхьана нуьцкъалчу 1одаца кхуьйсу.
1252 Цхьаццанхьа, залк-мулк йолчохь, кхийсалуш, х1аваэхь айъалой, масех г1улч гена боьлхура. Махехь ловзура этт1а г1овталш, кетарш, коьртара дуьйлуш, д1акхийсало кердагдийлла кхакханан куйнаш. Этт1ачу бедаршна йуккъера схьакъедара шелонна ц1иййелла, сенйелла меженаш.
1253 Охьабетталора, лазабора, амма, шайн салазаш белшех туьйсий, йух-йуха а гу т1е хьалабуьйлура уьш. Салазаш шайга а наггахь хахкийтарга догдохуш, милла бегош, х1иттина лаьттара шайн уьш йоцурш. Андрейна тахана дуьххьара гора нохчийн эвлан машаре дахар.
1254 Нохчех лаьцна зорбанехь йаздийриг, цхьаболчу станичникаша дуьйцурш, х1инца х1окхунна гуш дерш аьттехьа а цхьаьна ца дог1ура. Андрей цкъа а ца тешара оцу аьшпех, амма х1инца шена ма-гарра х1орш хир бу а ца моьттура. Х1окхарна-м ца оьшу цхьаьнцца а мостаг1алла.
1255 Х1орш-м бац шайн мискачу тоьланашкара арабовла де долуш. Х1ор а воллу милла, мацалла ца вала г1ерташ. Къизачу т1амо аьтта, талийна, ах х1аллакбина. Дийна бисинчийн синош а цхьа тай тасаделла кхозу. И тай ца хадийта г1ерташ, шайн ма-хуьллу цунах тийсалуш бохку.
1256 Гора, адаман сутаралла, йа1! Ма боккха болх бу ахь нахе вовшийн 1енадойту ц1ий Адам кхин х1оккхул б1е эзарза алсам хилча а, тоьур йара кху 1аламан токхо Амма тоам ца бо Сутара ду адам Вовшийн къамкъаргаш хедош бен, сатец Адамаш дукха дайъинарг даржехь лакхавоккху
1257 Цунна чинаш, орденаш ло. Цунна мохк ло. Цара, цуьрриг иэхь ца хеташ, шайн накхошна т1е а ухкий, лелайо и эчигаш. Иэхь-м мича хетара царна, мелхо а, дозалла до. Йог1ур йуй-те и хан?» Андрейн г1айг1ане ойланаш йукъахйехира лакхо дукъахь шийлачу х1аваэхь декъа лилхинчу тоьпийн татанаша
1258 Уьш хезча, 1ела, йухавоьттича санна, ц1еххьана хийцавелира. Кхеравелла бос баьхьна Яшка Андрейн шуьйрачу букъа т1ехьа иккхира. Кхерам хаабеллачу 1елин б1аьргаш ткъесах кхерстара дукъара охьа йуьрта дог1учу некъашца. Кхоссадала кечделла цуьнан дег1 оцу минотехь ч1ог1а тера дара ц1оькъалоьмах.
1259 Амма Андрей шек вацара. Цунна хаьара, кху сохьта паччахьан эскарш даьхкина, цара и йурт сийначу ц1арах йагийча а, кхузарчу наха шаьшшиннах п1елг хьакхор боцийла. Х1орш-м тхан бераш ма хилла! Оцу б1аьрнег1ар тухучу йукъана йуха а тохарлерра догц1ена, эсала 1ела хилира цунах
1260 Марсадевлла дой урх хецна а дитина, х1аваэ тоьпаш, тапчанаш йетташ, лахо боьрахула т1ехлилхира уьш. Берриш а цхьатерра къона, дейтта-пхийтта шо хенара бераш. Махо ловзадора церан вертанаш, башлакхийн т1аьмгаш. Х1орангахь а дег1о ма-ллов герз дара.
1261 Дуьйлу герзаш а, хьаьсарте баханчу береша детта маьхьарий а йуьртана гергаг1оьртича, боьхна хьаьвзира майданахь пхьоьхана гулбелла нах. Амма уьш д1асахьаьвзина бовлале, йуьртан майдана лилхинчу береша сацийра и хьовр-з1овр. Цхьана йукъана, баккъал а т1ом болуш санна, кхехка йуьйлира йурт.
1262 ... 1елас сихха жоп ца делира. Т1ом чекхбаьллехь а, тхан машар бац 1едалца. Х1уъу цхьа меттиг йеача, д1а а х1иттийна, лата т1емалой оьшу тхуна. Цундела оха пхийтта шаре г1оьртина бераш т1еман говзаллина 1амадо... 1елас корта ластийра.
1263 1ай цига боьлхуш, цара шайца йа даа х1ума а, йа говрашна х1оъ-докъар а ца хьо. И ткъе итт де-буьйса эрна арахь даккха деза цара х1усамехь боцуш. Шайна баа кхача акхарошна толлуш каро беза... Сатоха деза. Бакъо йац йовха бедарш йахьа.
1264 Шаьш денна ц1ахь леллораш хила йеза. Шелонах, мацаллех, муьлххачу халонех а болийта. Муьлхха а хало 1оттайелча, иза лан, цунах к1елхьарбовла 1амо. Уьш иштта 1амо, лаьмнашкахь уггар кхераме меттигаш лоху. Шан тархаш, лайн токхамаш, чехка хиш.
1265 ... 1ела г1айг1ане велавелира. Иза йу ткъа забар? Къа ду-кх церан Х1ун дийр ду ткъа? Иштта бу-кх тхан кхоллам Цигахь хала хилла царна, ткъа кхана т1аме нисбелча, атта хир ду Шаьш мацаллий, шелонний лахь а, церан бакъо йац эвла баха а, йа, 1уйшкара йехна, йаа а
1266 ... Кхо стаг меллаша ирх хьала ц1ехьа волавелира. Цуьнан йац х1ара эвла, цуьнан дац кхузахь ц1енош, доьзал? Ларйан йеза йурт тхан массеран а йукъара ма йу Бакъду, и цаьрца ваханчу баттахь цуьнан ц1ахь цхьа г1уллакх-болх нисбелча, иза-м до оха
1267 Яьссил дехьарчу дукъа т1ехула схьаг1ертара ц1емза буьйса. Стигалахь х1етта гучубаьлла маьрк1ажан седа г1ийла къегара. Тахана бинчу некъо г1елвинчу шина хьешо сада1а сатуьйсийла хаьара х1усамдена. Дитац-кх. Ца дитича, ца летча ца довлу.
1268 Ша ца битча, дехко а йухку цергаш бохуш, кица ду тхан. Т1аккха оха сийна ц1е йуьллур йара оцу помещикийн ц1оганаш к1ел. Х1умма а дац. Тхо а дог1у кхетта. Дукха 1ехор дац цара тхо...». Кхолламаш. ... В. И. Ленин. 1оса вийначул т1аьхьа дуккха а хийцамаш хилира Васалан дахарехь.
1269 Кхоалг1ачу дийнахь Ойшин Чомакх коьртехь йуьрта лилхинчу стражникаша, лаьцна, Ведана д1авигира Ловда а, Васал а. Цхьана к1иранах набахтехь а латтийна, ц1а хийцира Васал. Схьагарехь, Курумовс кхочушдинера шен дош. Г1уллакх иштта дерзарх воккхаве везара Васал.
1270 Амма, шен карах стаг велча санна, са логе кхаьчна хьийзара иза массо хенахь. Итт шо хан тоьхна Сибрех вахийтира Ловда. Кхин а хьалха цига хьажийна Васалан ц1етоьхна шолг1а ваша Саьмби а доьза вайна. Пхеа вешех шиъ висина дийна.
1271 Амма, Ловда дийна ву-вац, хаац. Цуьнга лалур ма дац Сибрен буьрса 1алам. Наггахь ламанхо а ца вог1у цигара дийна ц1а. Бехк шена т1е а лаьцна, Ловда к1елхьарваккха г1иртира Васал. Иза бахьанехь ма вийра Ловдас шен да. Бакъонна т1ег1иртича, Сибрех ваха везарг ша ву, бехира Васала.
1272 Амма Ловдас иза аьттехьа а ца дитира. Т1аккха, ахбехк шена т1еэцарца, хан а йекъна, цуьнца Сибрех ваха а г1оьртира Васал. Цунна а реза ца хилира Ловда. Иза шеца д1аварах, шен х1ун нисло? «Хьан ц1ахь цомгаш зуда а, кегийра бераш а ду
1273 Нана лахь, бераш байлахь дуьсу. Кестта шо кхочу Ловдера цхьана а тайпа хабар доцу. Ша а вац, хабар а дац. Цхьа бохам хилла хир бу. Атта ма дац Сибрен багара схьавала. Ведча, хьаннашкахь тилавелла, шелонна велла йа жандармийн д1аьндарго вожийна а хаац.
1274 Мотт ца хаьа. Йуьхь-сибатах а вевзар ву атта... Декъазчунна ден ц1ера а дог1у, олу. Оцу бохамна т1аьххье кхин цхьаъ а кхечира Васалан мискачу х1усаме. Васал ц1а веана дукха хан йалале Мархет кхелхира. Майра лацаро йайъира цуьнан дег1ера т1аьххьара а йовхо.
1275 Шен дерриг дахарехь санна, ч1е1амаш, балхамаш ца беш, тийна д1акхелхира Мархет. Цуьнан весет леррина кхочушдира Аьрзус, Маккхала, 1елас а. Ворх1 дийнахь тезет латтийра. Буьйсанна т1аьххьалц, Васалан догъэца г1ерташ, иза волчохь а 1ара уьш.
1276 Айзас, кхечу зударша а кхача латтийра тезета а, кадаме а оьхучу адамашна. Даим кхаьбна валац веллачун ч1ир. Висинарг ваха веза. Иттех де даьлча, севцира Васалан керта лестало адам. Не1 ч1аьг1ча, арахь дуьсург вуон ма дац. Хено йерзайо хала чов а.
1277 Васалниг а йирзина. Къегина малх хьаьжна хаза де деана тахана. Х1аваэхь б1аьстенан хьожа йог1ура. Ло дешаш ду басешкахь. Б1аьстено кхин т1екхетта самукъа-м ца дохьура церан х1усамашка, амма дахар аттачу доккху. Т1аьххье комарш, баьллаш, кхин-кхин стоьмаш а хуьлу.
1278 Мукх хиллалц гайна таро йало. Т1аккха хьаьжк1аш а йоттурш хуьлу. 1аьнан шелоно ша а чувуллура Васал. Йовхачу хенахь ша санна г1аддайначу накъосташца цхьаьна Терка т1е къолаха воьдура иза. Станицашкахь доттаг1ий бу церан. Д1айаханчу гурахь Хорт1ин а, Шахьбин а говраш йигира цаьршимма Оьрза-Г1ала.
1279 Аьрзус а, 1елас а магадац Васалан кхерстар. Х1ан-х1а, нохчийн а, г1алг1азкхийн а хьолахойх къахетар дацара иза. Уьш талийча-м, мел хир бара. Т1аккха кегийра бераш байлахь ма дуьсу. Гурахь т1аьххьара а говраш йигна, и болх сацийра Васала.
1280 Х1инца т1ехаа говр а, берашна шура йаккха йетт а бу цуьнан. Кегийчу берийн дола дало Хьозега а. Юсуп а воккха хуьлуш ву. Кхойтталг1а шо доладелла. Кестта дена г1оьнча хир ву цунах. Ахьаран худар а диъна, ловза д1асадахара бераш.
1281 Г1ар-г1овг1а йоцуш, тийна ду х1усамехь. Керт-ковхь цхьацца г1уллакхаш деш, йолайелла лела Хьоза. Ма тера а йу-кх иза ненах! Иза масазза го, Мархет карлайуьйлу Васална Ма халачу хенахь, ма жима йолуш хилира цунах Васалан х1усамнана
1282 Вовшашка балхам ца беш, нахана шайн дагара ца хоуьйтуш, текхира цаьршимма т1еман шерийн халонаш, къоьлла а, мацалла а. 1ожаллин а ницкъ ца кхечи цаьршиннан безам бен. Сингаттам бу-кх дог охкуш. Дуьненан самукъа д1адаьлла-кх Васалан.
1283 Къеналла а йу къайллаха т1ехьерчаш. Васалан шерашца дуьстича-м, хьалхе ду къанвала. Шовзткъе итт а ца кхаьчна х1инца а. Амма стаг къанвийриг шераш хилла а ма ца 1а. Дахарх а дозу дуккха а. Ткъа Васалан дахарехь дукха к1езиг ду стаг хьаьгар волуш денош.
1284 Кет1а ваьллачу Васала урамца хьала-охьа б1аьрг туьйхира. 1елин х1усамехь а, шен доттаг1 М1аьчиг волчохь а жимма садекъало цуьнан. Дукха воьду цаьрга. Ша к1ордорна а кхоьру. Керта уллохь лаьттачу боккха к1айчу т1улга т1е охьахиира Васал.
1285 Кхузахь дика йало ойланаш. Г1овталан кисанара тиша, модаша йуьзна кисет схьа а йаьккхина, луьйдигах г1ели хьарчийра цо. Т1аккха, ц1етуханца к1ожам латийна, г1ели а латийна, боккха баьккхина к1ур чу а тоьхна, ойланашка велира.
1286 Ши б1аьрг духьал лаьттачу лекхачу г1арг1анний, бурсанечу хьорматний т1ебоьг1на белахь а, цунна кхин гора. Генарчу къилбаседера къорзачу акхтаргийн боьлакаш, суланан аренаш, сийна хьаннаш, сирла хиш а... Васале т1екереш йеш, уллохула т1ехбуьйлура гихь дечиг йа к1удалш йолуш зударий.
1287 Цкъацкъа, берзина когаш ченала а бетташ, бераш т1ехлелхара. Васала ла ма-дегг1ара, веана М1аьчиг, салам делла, улло охьахиира. Вист ца хуьлуш, меллаша Васалан кисана куьг дахийтина, кисет схьа а эцна, шена г1ели хьарчийна, йуханехьа чуйиллира цо.
1288 Т1аккха, Васалан г1елица шениг а латийна, боккха баьккхина к1ур чутуьйхира... Х1ун дара а, хаац, Гати-Юьрта деана керла хабар М1аьчигна хаьара уггар хьалха... Вайн эвла йисттехь йайна иза. Мила ву-те уьш йалийнарг? Васала ойла йира
1289 Х1окху аг1орхьара берриг къуй уьйзира цо. Т1аккха корта ластийра... Хьаъа а. Г1алг1азкхаша шаьш дина хир ду. Вайчул дукха къуй бу церан. Корней санначара ца до вайна зуламениг. Цара шаьш дина къола нохчашка схьало. Кхечара, лар кхуза а йалайой, къола къайладоккху.
1290 Вайга такхийта... 1едало къахьоьгур дац бехкениш лоьхуш. Вай тало бахьана лоьхуш лела. Хьуна мичара хезна и? Цунна Ахьмадера хезна Хорт1а ву, боху, оьг1азвахана, стигал къекъош Нагахь кхо де далале къу схьа ца лахь, ткъа туьма охьадилла, боху, тов
1291 Васала йайн шок туьйхира... Теркан областехь лелаш дацара империн йукъара «Суьдан уставан» законаш. Кхузахь шатайпа бакъонаш х1иттийнера администрацис. Областан муьлххачу а маь11ехь дина зулам ламанхошна т1етоттура 1едало. Г1алг1азкхийн станицашкахь къола динехь, лар уллорчу йуьрта йуьгура.
1292 Нагахь оцу йуьртана и лар шел дехьарчу махка т1е йигалахь, хьалхарниг к1елхьарйолура бехкана. Лар шен махка т1ехь сецна йурт декхар йара къу каро а, станицина дина зиэн меттах1отто а. Амма, белахь а-бацахь а, бехк царах цхьана йуьртана т1ехь биса безара.
1293 Шайна т1еч1аг1йинчу станицера стаг вехь а, цигахь къола дахь а, муьлххачу а зуламах жоп лора оцу йарташа. Цара шаьш лаха везара бехкениг. Амма и ца караво-кх, йа хилла а вац-кх иза, т1аккха а зуламах жоп дала дезара церан. Яьсси т1ехь йайначу говрийн лар Гати-Юьртан махка т1ехь сецнера.
1294 Цхьамма кхузахула хьовзийна д1айигнера говраш. Бехк белахь а, бацахь а, гатийуьртахоша такха йезара уьш. Шина говран болучул кхузза-доьазза лакхара мах а луш. Дерриг эладитанаш дийцина ваьлча, г1еттина, 1елаг1аьргахьа д1авахара ши доттаг1.
1295 Цигахь даим а карадо керла хабарш. Цигахь адам лаьтта 1уьйрре дуьйна сарралц. Шайн тиша-киша дагарш, шаданаш, белаш, целаш, хьонхалш, пхатоьданаш, чкъургийн милкаш, х1азарш дохьуш бог1у нах. Мискачаьргара мах ца боккху Андрейс.
1296 Андрейг1ар цаьрга баьхкичхьана, 1елаг1аьрга лилха воьдура Васал. Уьш цабезар а, ган цалаар а дацара иза. Амма ша х1ор а дийнахь сих-сиха уьш болчу ихча, йуьртарчу нахана х1ун хетар-те олий, ойла йора. Х1етте а, ц1ера ара ма-веллинехь, цуьнан шен бертаза когаша цига д1авуьгура Васал.
1297 Ша къамел к1езиг дора цо хьешашца, наггахь хаттар а деш, церан къамеле ладоьг1уш 1ара. Иза а доккха ирс хетара цунна. 1елаг1арна гергаг1оьртича, цигара схьа ж1аьвнан а, варзапан а татанаш ца хезча, цецвелира Васал. Дийнахь сарралц болх кхехкаш ма хуьлура цигахь.
1298 Ткъа х1инца тийна дара. Делкъе йен хан а ма йац. Берсин каралаьцна йиллина книжка а йара. Массеран куьйгаш лоьцуш, маршалла а хаьттина, тишачу ворданан 1аьрчеш т1е охьахиира Васал а, М1аьчиг а. Берсе хьал-де хаьттира Васала.
1299 1едало пурстоп вина, леррина вайн имамна т1ех1оттийначу. Дуккха а тамашийна х1уманаш дуьйцу цо. Вай кхузахь цецдуьйлура, паччахьо шайх Мансур а, Бойсаг1ар а вийра, ткъа Шемал дийна витина бохуш. Бехкбуьллийла дац паччахьна. Шен муьт1ахьалла гайта г1ерташ, баттара вуьйлу.
1300 Паччахьан инарлаш уггар гергара доттаг1ий бу цуьнан. Вайн къамкъаргаш 1ийда 1амабо уьш. Шемал къиза-м, дера, вара. Шел хьалхалера а, х1инцалера а дуьненан паччахьаш санна. Иза шен заманах, шен халкъан кхетамах возавелла стаг ву.
1301 Кху т1ехь господино Руновскийс йаздинчех цхьадерш бакъ ду, амма цхьадерш и сийлахь-воккха ламанхо сийсазван, ламанан къаьмнашна йуккъе мостаг1алла долла, цо ша йа официозни гайтамашца йаздиний-те олий а хета. Доцца аьлча, Андрей Никитич, кху чолхечу заманахь хала ду бакъ а, харц а къасто.
1302 Андрей велавелира. Хьешашна лаьара х1окху халкъан д1адахнарг а, тахана долуш дерг а хаа. Маккхала а, Аьрзус а дийцира Шемалан, цуьнан наибийн а б1аьхаллин г1уллакхаш. Т1аккха хьаьвззина таханлерчу дийне баьхкира. Керлачу 1едалан харцонаш, къизаллаш йукъайевлира.
1303 Халкъе хоьттуш х1умма а ма дац 1едалан. Цо лелориг халкъан бертаза ду. И харц 1едал латточаьрга доьхур ду жоп а. Ткъа кхечу къомах волчунна т1ехь оьрсийн 1едало мел йаккхий къизаллаш лелайарх, биэндоцуш хьоьжу. Сан ц1а йуьстаха ду бохуш.
1304 Далла гергахь а нийса дуй иза, Никитич? Вайн дерриг халкъо! И ца хаьа хьуна? Г1о дан луучунна аьтто а карабо Масала, хьо схьалоцур вай Х1окху нохчашца хьайн баьпкан йуьхк йоькъуш 1а хьо 1едал б1аьрга дан а ца деза хьуна К1езиг буй хьо саннарш?
1305 Бац. Миллионаш хир бу. Ткъа иштта 1ахь, шайна а марах дер ду. Тахана нохчий хьийзабо, кхана муьжгичун къамкъарг лоцур йу. Масех б1е шо дац ткъа цара муьжгашна т1ера ц1ока йоху! Вай сонта долу дела Барт бац Цо галдаьккхина дерриг а
1306 Бисинчара тапъаьлла ладоьг1ура къовсаме. Цкъацкъа Яшкин бага г1аьттара, цхьаъ ала ойла хуьлий, йуха а соцура, баккхийчарна йукъаг1орта г1иллакхе а ца хетий. Ма хьалхе дицделла хьуна айхьа баринна букъ сеттийна. Хьан барий цуьнца къийса ницкъ?
1307 ... Ас къийсам а ца сацийна цкъа а. Атталла Андрей Никитична а ца дийцина ас, со Терка т1е муха кхаьчна. И дерриг дагадеача, дег1е зуз хьоду суна. Ас лелийнарг хиъча, 1едало лаьллина каторге вохуьйтур вара со. Йа ирхъолла а мегара.
1308 Цундела 1ийна со баганна дог1а а тоьхна. Х1инца дийца тарло, шу дерриш сан сайн нах ма ду. Аш д1авуьйцур вац со. Собарна йал ло Дала. Ц1ерга тиллинчу т1едачу дечигах тера ву иза. Сийсаш, дакъалуш а 1ай, т1аккха йоккха ц1е лета цунах.
1309 Иштта, садеттий-деттий, эххар а собар кхачадой, т1аккха ц1еххьана г1отту. Т1аккха дог1мех къестадо помещикийн кортош, сийна ц1ераш лета церан бахамех. Паччахьо шен лаамца д1айаьккхина, моьтту хьуна, крепостной бакъо? Муьжгичо йаккхийтина
1310 Халкъо. Иштта кхетал хьо. Бакъду, дядя Вася, масех миллион бу муьжгий. Амма, б1аьргаш белланза йолу цициган к1орнеш санна, шаьш мича боьлху а ца хууш, хьалхахьа д1аг1ерта. Бодане ву муьжги. Хьаъа а 1ехаво. Паччахьо маршо кхайкхийра тхуна.
1311 Ткъа барино х1ун элира? Цкъа хьалха шайн маршонах мах а лой, т1аккха дуьненан йеа а маь11е г1о Латта ца хилча, маршонах х1ун до? Латта а иэца дезаш хили Х1ара стенах оьцу, ахча ца хилча? Ахча долчунна духкург а х1ун латта ду?
1312 Ахь хьакхар хьекхарх а, т1ехь йалта хиндоцург! Т1аккха карзахбевлира муьжгий Паччахьо муьжгий, латта а луш, маьршабаха аьлла, йаьккхина грамота помещикаша д1алачкъийна бохуш, эладита даьржира Тхуна луларчу Безднахь вехаш вара Петров Антошка ц1е йолуш цхьа муьжги
1313 Йоза-дешар а хууш. Чекхдаллалц Забур, Инжил дагахь а хууш. Эвлайаъ ву бохуш, вуьйцура иза. Паччахьо муьжгашна йелла грамота цуьнгахь йу, бохура. Муьжгашна маршо, латта, хьаннаш д1ало, бертахь йала цалуучуьнгара нуьцкъаха йаха аьлла.
1314 И хезна йарташкара муьжгий, цхьаьна а кхетта, Бездна бахара. Цига гулделла адам шайн б1аьрга гинехь, цецдевр дара шу. Маситта эзар стаг. Зударий, бераш а. Сацам хиллий, кхочушбан беза. Д1а аралилхина, тхо помещикийн бахам тало дуьйли.
1315 Т1аккха хилира доьхнарг. Губернаторан омрица тхан Спасский уезде инзаре доккха эскар хьажийра. Бакъду, тхан йуьртахоша дуьхьало йора. Герз-м дацара тхан. Дагаршна т1е йехий даганаш тоьхна, шаданаш, мангалш карахь отрядна дуьхьалдевлира тхо.
1316 Амма, ира цамзанаш буьххьехь тоьпаш хьалха а лаьцна, нийса ког боккхуш салтий т1ебуьйлабелча, тхо доьхна хьаьвзира. Тхо д1ахуда санна, и шен 1аьржа бага а г1аттийна, т1ехьоьжура килсана хьалха х1оттийна чаччамех йуьзна йоккха топ.
1317 Т1аьхь-т1аьхьарниш д1асауьдуш, хьалха волу тхо иттех стаг висира салташна дуьхьал. Оха а баккъаш берзийра... Барино шайга х1умма а аларе а ца хьоьжуш, цунна балха бахара муьжгий. Шаьш лелийнарг иштта дуьсур ду моьттуш. Ткъа тхан ж1аьлина тоам ца хилира г1уллакх иштта д1адерзорах.
1318 И хьовр-з1овр вовшахтухуш жигара хиллачарна та1зар дан долийра. Килсан майдана адам а гулдина, оцу йуккъехь ахверзина а воккхий, бертал охьа а вижавой, ц1оганах ч1ораш, серий деттара. Баринан дехарца, цхьак1еззиг х1ума а тоьхна, со 1адвитира.
1319 Оцу г1уллакхо даьллачу т1е а карзахдаьккхира сан дог. Муьжгий кхийтира сох биначу къинхетамах. Цхьа хаза йо1 йара сан т1ехьийзаш. Марфа ц1е йолуш. Дукха хан йара тхойшинна вовшийн диэза. Дийнахь, буса а къахьоьгуш, оцу шина-кхаа шарахь ахча 1а1ийнера ас, иза йалийча ловзарна, бахамна бохуш.
1320 Барин к1адван а везара, жимма даьтта-х1ума а хьаькхна. Цуьнан бертахь бен йо1 маре г1ойла а, к1анта зуда йалайойла а ма дацара. Берриг кечам сайн хилла баьлча, баринера бакъо йеха аьттонна меттиг лехира ас. Цхьадика, и аьтто а нисбелира сан.
1321 Цуьнан говраш кхобу стаг цомгаш хилча, и товаллалц цуьнан метта балха х1оттийра со. Цхьана дийнахь барин говрашка б1аьрг тоха божала веача, дийци ас сайн г1уллакх... Иза хьан зуда хила реза йуй хатта деза сан. Кхана иза а йалош вола».
1322 Шолг1ачу дийнахь Марфица цхьаьна барин волчу ваха со. Учахь, б1ог1амах а тевжина, х1оьттина лаьттара барин. Тхойша т1едеача, леррина, вехха Марфе хьийжира иза. Цуьнан йуьхьадуьхьал хьажа ца х1уттуш, лаьтта б1аьра а дог1аделла, тхойша а лаьттара.
1323 Марфас халла хезаш жоп делира. Хьо реза йуй Яшке йаха? Х1етталц сан кертахь болх бан реза йуй хьо? Хьан дега-нене а ас хаам бийр бу Кхана дуьйна схьайог1ур хьо Ткъа, Яшка, соьгара пурба ду хьуна Марфа йало Шиммо а, цунна хьалха охьа а доьжна, цуьнан когарчу эткашна барт а белира охашимма
1324 Барино, охьа а таь1на, Марфа хьалаг1аттийра. Суна гира баринан б1аьргаш чохь цхьа сутара ц1е. Оцу хьажарна реза ца хилла, кийра шелбелира сан. Амма зуда а, бераш а долчу воккхачу стагах цамегарг дер дац-кх аьлла, сайна масла1ат дира.
1325 Марфа шолг1ачу дийнахь баринан керта балха йеара. Г1арбаш хилла. Цхьа-ши к1ира даьлча, соьга аьрзнаш дан йолайелира иза. Барина сов забарш йо шеца, ша лело г1ерта, т1аьхь-т1аьхьа ницкъ бан а воьлла бохуш. Ас ойла йира. Кхерийна, барин сацавойла а йа Марфа цигара д1айоккхийла а дацара.
1326 Сан лаамехь г1уллакхаш ма дацара уьш... Т1аккха иза иэхь ма ду... Кхузара д1адада вайша... Т1аккха додур вайша. Иштта ала ахь цуьнга. Цул т1аьхьа дукха хан йалале хилира Марфа кхийринарг. Б1арзйелла Марфа ша-шен ирхъолла г1оьртича, т1екхаьчначу цуьнан дас-нанас йаларх к1елхьарйаьккхинера иза.
1327 Барино дикка самг йожийначу цара и г1уллакх д1а а та1ийна дитира. Атталла суна а ца хаийтира. Марфас а лачкъийра иза сох. Ша соьга дийцича, ас йа барин виэрна кхерайеллера а хаац, йа дас-нанас кхерийнера а хаац. Цхьана дийнахь ша волчу ц1а чу кхайкхира со барино.
1328 Ванах, х1окхо х1ун до-те сох бохуш, ойла йеш ваха со... Баккъал аьлча, суна дикка ахча оьшура... Барино, стоьлан г1утакх схьа а оьзна, цу чуьра даьккхина, б1е соьман кехат схьакховдийра соьга. Зуда йалоран г1уллакх сихде. Марфин деца-ненаца а, мозг1арца а, массаьрца а дийцина ду хьан г1уллакх.
1329 Кху шина-кхаа дийнахь чекхдаккха. Цхьа к1ира далале, мозг1арца мах бина, ловзар дина, г1уллакх чекхдели тхан. Ловзар чекхдаьллачу буса гучуделира Марфина т1ехь барино лелийнарг. Амма йо1е х1умма а олийла дацара. Цуьнан х1ун бехк бу?
1330 Цо ма бехира соьга ша кхоьрург. Хилларг хилла даьлча, оцу хьолехь суна хьалха ца х1отта, ша-шен йиэн а ма г1иртинера иза. Нагахь и г1уллакх нахала даккхахь, барино со т1епаза войур ву, хьо а сий дайна лелар йу. Ж1аьла суна ца моьттучу тайпана каде хиллера.
1331 Со диг т1етоха кхиале, йуханехьа а иккхина, суна т1е йуьйлина тапча леци х1окхо. Х1ун г1уллакх ду оццул хазачу, къоначу нускалца цхьа буьйса а йаьккхина, иза а дитина, вала? Кхин х1ун дийр ду а ца хиъна, сайн ницкъ ма-ббу ч1ог1а ластийна, диг карара д1а а хоьцуш, цунна т1едахийтира ас
1332 Сан карарчу дагаре хьоьжуш 1ен барин, иза д1ахецалушшехь, сихха голаш т1е охьалахвели, ткъа диг, цунна т1ехтилла, дахана, б1ог1амах дог1аделира. И дерриг а хилира оццу минотехь божалан не1аре х1оьттинчу цуьнан урхалчин б1аьргашна хьалха.
1333 ... Когаш, куьйгаш дихкина, гали санна, ц1енкъа д1а а кхетта, шийлачу ларми чохь 1уьллура со. Маьрк1ажал т1аьхьа со волчу чувоьсси барин. Ас, вист а ца хуьлуш, цергаш хьакхийра. Цунна теш ву Иван Моисевич. И ца хилча а, тешаш суна дуккха а карор бу.
1334 Хьо хьайн барин виэн г1ортарна, каторга йог1у хьуна. Лаххара а итт шо хан. Цигахь къиза вуьйр ву хьо. Хьайна лаьий хьуна, ас салтана д1алур ву хьо. Т1аккха, т1амехь ца вехь, ткъе пхеа шарахь йорт йетта йеза ахь. Къена 1аспар хилла, ц1авоьрзур ву хьо.
1335 Т1аккха Марфа а оьшур йац хьуна. Хьайна лаьий хьуна, хилларг дицдай, хьайн нускалца ваха. Амма, хьо Сибрех йа эскаре д1авахале, цкъа хьалха сан б1е сом охьадуьллур ду ахь. Къастабел суна оцу кхааннах цхьа некъ. Барин г1адвахана велавелира.
1336 Х1ун хилла хьан Марфина? Х1умма а ца хилла-кх Дуьххьарлера буьйса хьайн галйаларх, шек ма вала хьо Мерза йелахь а, чаьмза йелахь а, и цхьа буьйса йу-кх хьан йайнарг Цул т1аьхьа йерш йерриг цхьатера хуьлу уьш Х1умма а дац, Яшка
1337 Машар бер вайша. Кхин а цхьана баттахь кхузахь балхахь йита, т1аккха ц1ахь 1ер иза. Нагахь лаьий хьуна, ший а гуттаренна а сан кертахь балхахь саца. Ма кхералахь, суна кестта к1ордор ду хьуна хьан нускал. Т1ехула т1е, хьо а кхуьур ву и к1ордо.
1338 Барт хиллий вайшиннан? Жоп ца луш, вехха 1ийра со Реза вац аьлча, х1ун новкъадолу? Лаьллина Сибрех вохуьйтур ву йа салт воккхур ву Салт волучул-м, Сибрех итт шо даккхар а тоьлу Т1ехула т1е, цигашха д1авахча, оцу ж1аьлех бекхам иэцаза а ма вуьсу со
1339 Цул-м, со, къера а хилла, к1елсецначуха, тапъаьлла д1а а тийна, бекхам иэца аьтто нисбан хьажар г1оли ма йара. Тхойшиннан барт хилира-кх. Вуьшта аьлча, цунна луучунна корта а та1ийна, сецира. Со оцу буссахье маьршаваьккхира.
1340 Оцу буса дуьйна д1а цунах бекхам иэца аьтто лоьхуш, бутт хан йелира сан. Кхин сан аьтто ца нислуш, ваьлла Петербурге сакъера вахара иза. Цигара цуьнан ц1аверзар а, тхан бунт а цхьаьна нисделира. Схьахетарехь, шен махка т1ехь х1оьттина хьал а хиъна, веанера иза.
1341 Х1инца хаьий шуна, барино сох къинхетам х1унда бира? Ша сан зуда лелош а хилча, т1ехула т1е, суна луьра та1зар а дича, нийса ца хетта-кх Со шена къинт1ера валийта воллура-кх Цунах-м кхета ма кхеттера муьжгий Царна ма хаьара Марфица цуьнан йолу йукъаметтиг
1342 Ткъа цуьнан «къинхетамо» со кхин т1е а карзахвохура. Цунна и дерриг д1адекха йуха а ч1аг1о йина, шарбал хьала а оьзна, нитташ хьекхча санна догу ц1ога д1а а хьулдина, йуьстахвелира со. Х1етталц д1асавала бакъо ца хиллехь а, х1инца со маьрша ма вара.
1343 Оцу дийннахье, сайн Марфа а эцна, Бездне вахара со. Т1аккха Бездна вахара со, сайн зуда а эцна. Ас дагалаьцнарг чекхдаьлча, вада атта дара цигара. Амма кхузахь а 1оттавелира со доьхначу хьола т1е. Йурт д1алаьцна лаьтташ салтий бара.
1344 Ткъа цигара муьжгий, тхайниш санна, к1илло ца хиллера. Антошкин ц1енна гуонаха гулделла адам. Керт а, урам, тхевнаш а, дитташ а дуьзна. Масех эзар стаг. Инарла Апраксин ша а веанера кхуза. Ткъа наха йаппаршца жоп лора церан дехаршна.
1345 Т1аккха, мозг1ар а кхайкхина, иза масла1атна йукъаваьккхира. Мичара! Ладуг1ий хьуна Яппарш йеш, виэн кхерамаш туьйсуш, иэккхийра мозг1ар а Адам къар ца лой хиъча, царна т1е тоьпаш тохийта аьлла, омра дира инарло Тоьпаш йевлча, тобанна йуккъера масех стаг охьавуьйжира
1346 Цкъа тоьпаш а йассайой, т1аккха а адамаш машаре кхойкхура инарлас, Антошка шайн кара а лой, д1асадекъало бохуш. Наха, йаппарш йеш, дуьхьало йора. Йуха а тоьпаш тухура. Т1аккха а барте кхойкхура. Масех б1е стаг велла охьавоьжча, кхерабелира нах.
1347 Бовда меттиг йерш, йуьстаха берш, бевдира, йуккъехь белхаран маьхьарий девлира, «оха д1ало, оха д1ало!» бохуш Йиэтта тоьпаш, хьоькху маьхьарий, 1ена ц1ий Д1асабовда меттиг йоцуш, хи чу а лелхаш, оцу шийлачу хих неканца дехьабуьйлура
1348 Йуьртахь тоьпаш йийла йоьлча, ц1а хьаьлхира наха хьалххе хьуьнха бигна д1аловчкъийна зударий, бераш. Майданахь 1охку декъий гича, цара хьаькхначу ц1ог1анаша дуьне 1адий-кх хьуна. Эххар а, шен ц1а чуьра аравелира Антошка. Шена г1ели а хьарчийна, кисет Яшке кховдийра Васала.
1349 Кхид1а х1ун хилира? Муьжгаша йуха а шайн вортанаш помещикийн дукъа к1ел йоьхкира Массара а бохура, кхузахь латта шорта ду, адам маьрша деха Ткъа уьш берриш а аьшпаш хилла Цхьатерра ду массанхьа а Амма дика адамаш а ду дуьненахь массанхьа а
1350 Меца, т1елхиг а даьлла тхойша кхуза кхаьчча, Андрей Никитича а, Наталья Кузьминичнас а, Дала ирсаца оьмар йахйойла цаьршиннан, т1елецира. Х1инца даа бепиг ду, коьрта т1ехь тхов а бу. Далла хастам беш 1а тхойша... Цхьаболчара дуьйцу, иза а, цуьнца кхин пхи муьжги а тоьпаш тоьхна вийна бохуш.
1351 Ткъа кхечара дуьйцу, инарло, шен духар цунна т1е а дуьйхина, шен орденаш а йелла, шен пайтон т1е а хаийна, паччахь волчу д1авигна, паччахьо иза ч1ог1а везаш т1еэцна бохуш. Антона паччахье дийцина помещикаша муьжгашна бина ницкъ, цара Безднахь адамаш дайъар.
1352 Т1аккха паччахьо омра дина, муьжгашна тоьпаш йиттина дворянаш, леца а леций, Сибрех бахийта аьлла. Йуха а Антонан дехарца паччахьо, ша ц1ахь а 1ийна, шен денваша Константин хьажийна Антонца. Веана кхаьчна и шиъ цхьана йуьрта.
1353 Ткъа оцу йуьртара муьжгий шайн дворянаш бойъуш хилла. «Собар, к1ентий, х1ун деш дохку шу? Кестта паччахьан бакъ грамота а йохьуш, шен йуьрта вог1ур ву, боху, Антон Хьанна хаьа, и бакъ ду, харц ду Яшкин дийцар 1елина а, М1аьчигана а гочдира Васала
1354 Васала а, М1аьчига а к1ур бира г1елих. Жимачу уьрсаца ч1ешалг цоьстуш 1ара Аьрзу. Шен карарчу Руновскийн «Шемалах йозанаш» книгина т1ехьежа х1оьттира Берса. Яшка лаьттан б1аьра а вог1авелла 1ара. Амма иза парг1ат вара, ша гира цхьа боккха мохь охьатесча санна.
1355 Цхьацца дуьйцуш 1аш, ларамза хан йахара. Маккхал стигала хьаьжира. Малх г1ушлакха баьллера. Иза лаьцча, схьавеха цига г1опе дахана дуккха а адам, т1е йаккхий тоьпаш а тоьхна, даржийра. Яшкас йийцинчу генарчу Безднахь санна. Амма адамаш хьаннах а цхьаннах тешаш хила деза.
1356 Йа Делах, йа динах, йа цхьана стеган ницкъах. Цхьаннах а тешаш воцу стаг адам дац, иза гуттар а акхачу, къизачу акхарошна йуккъехь а къиза экха ду. Шайн ницкъаца маршо йаккхалург хиларх догдиллинчу адамаша шайн болх Далла т1е биллина, цуьнгахула и лаам кхочушбан Кунта-Хьаьжа а къастийна.
1357 Мацца а цкъа цунах догдиллина, т1аккха йуха а герз караоьцур ду цара. Халкъ оцу т1е дига деза вай, собаре а хилла. Т1аккха атта хир дара вайна вешан маршонехьа къийса... Муьжгийн гехь цхьа помештик бен вац. Ткъа кхузахь тхуна т1ехь массо а ву хьаькам.
1358 Паччахьан хьаькамаш а, тхан тхешан хьолахой а. Царна цхьанне а тхо адамаш хетац. Ткъа тхан халкъ 1емина дац харцо а, 1азап а лан. Х1окхеран болх а бу. Ткъа ахь, Яшка, ц1ом ма оллабе. Тхан мог1аршка а х1иттина, б1еннаш салташа къийсира шун а, тхан а маршонехьа.
1359 Амма уьш а, тхо а нийсачу новкъахь дацара. 1ехаделира. 1ехийра-кх. Тхуна маршо лун йолу нах бацара къийсамна коьртехь берш. Адам кхето, нийсачу некъа дига ницкъ берш. Къаьмнашна а хуур ду, шайн доттаг1ий а, мостаг1ий а муьлш бу.
1360 Массо а къаьмнийн къехой цхьаьнакхетар бу. Т1аккха хир бу инзаре т1ом. Оцу т1амехь тоьлур ду вай. Сацам. Лаьмнашна т1ехьа лаьмнаш ду, Мархашла хьаьрчина, Балано 1аьвдина, Довха ц1ий хуьйдина. Вайн къинхетамо д1адаьккхина. Мисканийн долахь мел хилларг, Маршонах хадийна, Экха санна, хьийзабо.
1361 Т. Г. Шевченко. «Кавказ». Шуьйрачу товханахь туьнкалгехула охьайаийтинчу стоммачу з1енах кхозучу ц1естан йай к1ел лелхаш догура ножан декъа дечиг. Йай чохь бурош хьийзош кхехкара ц1ен-къорза йаккхий кхоьш. Дукха хан йалале шен кхача кийча хилар хаийтира цо.
1362 Коьрас а, Къайсара а з1ена т1ера схьабаьккхина йай шелонга не1аре х1оттийра. Йай чу кхарзар а йоьттина, шинхьа горга дечиган шаннаш а х1иттийна, царна чу йоккха цхьацца сискал йиллира Айзас. Т1ехиллачу Маккхала, бисмилла а аьлла, кегийра йуьхкаш йеш, йохийра сискалш.
1363 Шина а шуьн чу кхоьйх дуьзна доккха цхьацца бога а, дечиган 1айгаш а дехкина, божаршка х1ума йаа, элира Айзас. Баккхийниш а, кегийрхой а къаьст-къаьстина шуьн т1е охьахевшира. 1аьлбаг хьаша ву кхузахь. Цуьнан х1инца а пхийтта шо а ца кхаьчна, амма хьаша лара веза, мел жима велахь а.
1364 Вежарий Аьрзу а, 1ела а йа Маккхал волчу а ца веана иза. Д1адаханчу шарахь 1амо лаьмнашка бигча, цигахь тасаделла церан доттаг1алла. 1аьлбагг1еран доьзал йа къен а, йа хьалдолуш а бац. Йукъанеккъара бу. Олдаман йалх к1антах йуккъера ву 1аьлбаг.
1365 Лома дигначу берашна йуккъехь майраллиций, доьналлиций къаьстара и болатан басахь горга йуьхь йолу к1ант. Майра бере, т1ехдика иччархо. Тешаме, къинхетаме накъост. Бераш д1акхаьчна масех де а далале, уггар а майрачара, кадечара, нуьцкъалчара, хьалхе д1а а йелла, массеран а тхьамда вира цунах.
1366 Массаьрца а йукъаметтигаш дика йара 1аьлбаган, амма берашлахь Коьра а, Къайсар а къастийра цо. Цхьа гушдоцчу пхенаша хиттинера оцу кхааннан дегнаш. Буьйсанна, к1адбелла накъостий набарна охьабийшича, уьш кхоъ 1ара ца вуьжуш.
1367 Ламанан буьрсачу хи йисте а хуий, дайн турпалчу хьуьнарех лаьцна хабарш дуьйцуш. Шаьш даккхий хиларе сатуьйсура. Иштта хьуьнарш гайта. Даймехкан, халкъан маршонехьа къийсамехь. Т1аьххьарчу дийнахь, лекхачу лома т1е а ваьлла, дуй биира оцу кхааммо, шайн дахар халкъан маршонна д1адала.
1368 Тховса а вац уьш кхоъ шайн нийсархошца, ткъа 1елин х1усаме веана, баккхийчаьрга ладог1а. Кхузахь дуьххьалд1а баккхийниш хилла ма ца 1а. Масала, Аьрзу. Даим буьрса, ойлане йуьхь, шуьйра белшаш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, амма г1араваьллачу нойбоьрахойн Эскин б1аьнехь уггар майра пхиб1енча хилла иза.
1369 Цунна уллохь ву молла Маккхал. Молла ц1е йелахь а, амма иза молла вац. Дуьххьалд1а 1аьрбийн лакхара дешар дешна цо. Шен хаарш, дахар маршонан г1уллакхна д1аделла. Йийсарехь хилла гена Россехь. Уьстамала а вахана, дуьненан дуккха мехкаш, халкъаш а гина.
1370 Амма массарел а тамашийнаниг Берса ву. Хьалдолчу совдегаран к1ант. Петарбухехь эпсарийн ишкол чекхйаьккхина цо. Генна мехкашкахь а хилла. Майраллина паччахьо ордалш а йелла цунна. Оцу кхаангара дукхе-дукха тамашийна а, хьекъале а хабарш хезар ду кхаа к1антана.
1371 Баккхийчийн хьехамаш мацца а цкъа, х1орш кхоъ воккха хилча, пайдехьа хир бу царна. Уьш маршонехьа къийсаман новкъа бевлча. Х1орш х1ума йиъна бевлла а, Айзас шун д1аэцна а дукха хан йара. Кхаа к1анта леррина ладоьг1ура Берсин а, Маккхалан а дийцаршка.
1372 Коьрина а, Къайсарна а керла ца хила а мега и хабарш. Уьш цхьана йуьртахь ма беха. Амма д1ога къорачу лаьмнашкахь, жимачу йуьртахь вехачу 1аьлбагна хьалха оцу хабарша керла дуьне схьадоьллу. Россехь, кхечу мехкашкахь йаккхий шахьарш, хаза г1аланаш йу, боху.
1373 Даккхийчу хиш т1ехула лелаш кеманаш, эчиган некъаш т1ехула лелаш ц1ерпошташ. Ц1еран ницкъаца лела, боху, уьш. Вовшашна генахь болчу наха эчиган сераш чухула вовшашца къамел до, боху. И дерриг 1аламат 1илманчаша кхоьллина, тов, цхьана йаккхийчу ишколашкахь дешначу.
1374 Доллучул а 1аьлбаг цецвоккху оцу хьолечу мехкашкахь дехачу адамех дукхахдерш къен, цхьа а тайпа бакъо йоцуш деха, ткъа и сила долу хьал цхьак1еззигчу нехан карахь ду бохучо. Теша хала ду герз карахь Нохчийчу бог1у и майра оьрсий шайн даймахкахь лайн хьолехь беха бохучух.
1375 И Росси йоккха йу, ма боху, дикачу дойшна т1ехь шарахь цхьана маь11ера вукху маь11е а ца кхачалуш. Ткъа муьжгийн латта дац, тов, цхьа буй а! 1аьлбаг ца теша сила долчу оьрсийн доккхачу халкъана т1ехь к1еззигчу помещикаша къиза 1азап далладо бохучух
1376 Цхьа а тайпа жоьпалла доцуш, стагана муха йетта, цунах йохк-иэцар муха йо, виэн муха вуьй ткъа? Хьалдолчара къечийн зударий хьийзабо, тов? Халкъ ца г1отту-те оцу къизачу йовсаршна дуьхьал? Дукха г1иттина, боху Берсас Дукха т1емаш хилла, боху, къечарний, хьолахошний йуккъехь
1377 Амма хьолахой тоьлуш дирзина даим а. Уьш к1езиг боллушехь. Паччахь, 1едал, эскарш хьолахошкахьа ма ду. Эскарш ду дика герзаца кечдина, царна т1ехь куьйгалла деш говза инарлаш. Муьжгийн х1ун ницкъ бу? Дагарш, шаданаш, мангалш
1378 Царна коьртехь а, дера, хилла хьекъале, майра тхьамданаш. Барт бац. Цундела паччахьан инарлаша уьш рогг1ана хьоьшу. Малхбузе мехкашкахь маршонехьа къийсамехь адам бертахь г1отту, боху Берсас. Цигахь заводаш, пабаркаш йу дуккха а.
1379 Цигара белхалой мелла а кхетаме а, цхьабарт болуш а бу. Цхьа х1уьнехдинчу Германехь цхьа-ши стаг ву, тов, хьекъале. Халкъаш шайн маршонехьа къийсамна 1амош. Хьолахой, къехой, 1азапдаллорхой, 1азапехь берш а боцуш, массо а цхьатерра бакъонаш йолуш адамийн йукъаралла х1отто г1ерташ.
1380 Оцу шина хьекъалчин тоба стамлуш йу шо-шаре мел долу. Малхбузехь-м хьовха, кхузахь, Россехь а. Цаьршиннан жайнаш ду оьрсийн матте гочдина. Хьекъале, майра къонахий. Уьш паччахьний, цуьнан 1едалний дуьхьалбуьйлу. Оьрсийн-м хьовха, кхечу къаьмнийн а маршонехьа къуьйсу.
1381 К1езиг бац ламанхошкахьа г1о доккхуш шайн аз айъинарш а. Цара а йаздо жайнаш, назманаш. Иштта назманаш нохчийн маттахь йийшира Берсас: Маршалла хьоьга, къоьжа Кавказ! Хьан лаьмнийн хийра некъахо вац со Цара со жимчохь дуьйна хьистина, Стигалан йесаллех а волийтина
1382 Х1етахь дуьйна ас сатуьйсу даим. Къилбенан стиглане, лаьмнийн баххьашка, Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк, 1аламо кхоьллина паччахьаш... 1аьлбага ладоьг1ура, сада1а а кхоьруш. Охх1ай, ма хаза аьлла цо: «Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк.
1383 ...»... Иэрча ду хиллачех дийцарш. Казбекан баххьийн мискачу к1анта, Лаьмнашкахула суна некъ гойтуш, Мацах цкъа хиллачух дийцира суна... Берсас йоьшура, йоьшура назманаш. Массо а йийсаре лаьцнера цара. Ши б1аьрг д1а а хьаббина, назманийн боларца шовкъе д1асатехкара Маккхал.
1384 Мостаг1 т1елетта ламанхошна. Бахархой д1аоьху даймахкара... Х1ун ду-те, дайн кешнаш дитина, Къарбелла уьш махкахбовлуьйтург, Хийраллехь ирс лаха уьш арабаьхнарг? Мухьаммадан оьг1азло? Йа шайхийн хаамаш? Лаьмнашка шийла кхаъ кхаьчна
1385 Кхераме, дог къиза мостаг1 вог1уш ву, боху, Дерриг дуьне а цунна к1ел ду, боху, Хьесап дан ца ларрол цуьнгахь ницкъ бу, боху... Хийрачу махка д1аоьху ламанхой, даймехкан кешнаш а дуьтуш... Амма маршо, маршо турпална. Сийлахь йу даймехкан синтемал: «Оьрсашна х1уьттаренна, цадашаре.
1386 Дуьтур вай дерзина лаьмнаш, Буьрса Бештау, хьуна т1едохка. Хьовсур уьш болатан буржалш...». Мел доккха хьекъал, къармазалла йу иза! Ламанхошка ма боккха безам бу оцу стеган! Цуьнан ч1ог1а дог лозура ламанхойх, царна дуьхьал т1ом бен паччахь, сийсазвеш, 1оравохура цо
1387 ... Дерриг а х1аллакдин оьрсийн т1емалочо... Йарташ йогу: орца дац царна, Мостаг1аша байъина даймехкан к1ентий. Ц1ерийн меттанаш метеорех догу, Б1аьрг кхеттарг 1адавеш, мархашлахь ловзу. Дерачу экханха цамзанаш буйнахь. Машаре х1усамашка толамхо лелха.
1388 Къенаниш, берашший цо къиза дойъу, Ткъа ц1еша ц1ийдинчу куьйгашца. Цо къона наной а, мехкарий а хьоьсту... Дукха хенахь дуьйна б1аьрхиш х1ун йу ца хиъна 1аьлбаган б1аьргаш хих буьзира. Кхечахьа-м, уьш нахана ца гайта, лийр вара иза.
1389 Амма х1инца цунна ца гора чохь берш. Чу дохк х1оьттинчу цуьнан б1аьргашна хьалха х1уьттура кхехка т1ом, йагийна йурт, зударийн, берийн, къеначийн а декъий. Цхьана генна к1оргера оьрсийн къоначу эпсаран аз а хезара... 1аьржачу хьуьнхула тхо чекхдовлуш;.
1390 Ц1арца садоь1уш, тхуна т1ехула богура. Сийна-йекхначу стигланан тхов... 1аьлбагна йуха а хеза йаккхийчу тоьпийн къекъар, тоьпийн лелхар, болатан татанаш. Царна йуккъехула изза аз: Ас ойла йора: «Декъаза стаг, Х1ун лоьху цо! йекхна стигал, Стигала к1ел массарна а шорта бу меттиг, Амма хаддаза, эрна
1391 ». Берса сецира назманаш йоьшучуьра. Амма цхьа а вист ца хуьлура. И буьрса тийналла йохийра 1аьлбага, ша-шена и т1аьххьара байт а аьлла. Оьрсийн оцу догдикачу эпсаран санна, ойла х1унда йац массеран а? Мичахь ву и турпал? Берса г1айг1ане велакъежира
1392 Иштта адамаш дукха ца деха... Вийна. Уьш-м къен, бакъо йоцуш болу дела г1овтту. Амма паччахьан, 1едалан харцонна, 1азапна дуьхьал хьолахой г1овттуш меттигаш а хуьлу. Ишттаниш к1езиг-м нисло, амма хуьлу. Церан хьал ду, царна хьалха йиллина йу ирсан не1арш.
1393 Амма къен, миска, декъаза халкъ гучу церан шайн хьолах а, ирсах а догдолу. Уьш халкъехьа бовлу. И к1еззиг хьолахой бу оьрсийн халкъан бакъболу к1ентий. Ишттачех дийцира Берсас. Цхьа х1уьнехдинчу Радищевна т1ера схьаволавелла.
1394 Паччахьо шена гергаозийна иза. Жайнаш а йаздора цо. Амма шен жайнаш т1ехь паччахь, цуьнан 1едал ца хестадора цо. Халкъерчу баланех, 1азапах йаздора. Нажжаз бора паччахь, помещикаш. Паччахьо гена, шийлачу Сибрех вахийтира иза.
1395 Шена тоьхна хан а йаьккхина, ц1а веара. Т1аккха а ца витира иза паччахьо. Даим д1ате1ош, сийсазвеш. И дерриг лан а ца делла, д1овш мелла, ша-шен вийра цо. Петарбухехь а, кхечу шахьаршкахь а паччахьна дуьхьал эскарш г1овттийра цара.
1396 Амма к1езиг дара цаьргахьа долу эскарш. Уьш сихха хьаьшира. Коьртачех пхиъ ирхъоьллира. Эзарнаш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра. Кхуза, ламанхошца т1аме. Царна х1уьттаренна. Цкъа-делахь, паччахьна хаьара, ламанхошна дуьхьал т1ом бан царна ца лаьийла.
1397 Шолг1а-делахь, кхузахь т1амехь уьш байъаре догдохура... Салт баьхна ма бахкийтинера уьш кхуза. Кара тоьпаш йелира. Дуьло, ламанхой байъа аьлла. Аш уьш ца байъахь, оха шу дойъур ду аьлла. Васал, Жабраил, кхин дуккха а санна? Мацца а цкъа иза, къардина, к1елсацор дуйла
1398 Паччахье, инарлашка вайн ц1ий ма 1енаде, бохура цара. Вайн халкъаца 1едал адамалле хилчахьана, халкъ ша т1едоьрзур ду, бохура. Ламанхошна ишколаш йахка, царна лоьраш ло, мах лело, кхечу говзаллашна 1амабе, кхузара хьоле маь1данаш халкъана пайдехьа хьовзайе, бохура.
1399 Х1аъа ткъа, паччахьаша, инарлаша ла ца дуьйг1ира цаьрга. Паччахьийн, хьолахойн бала ма бац халкъан хьаштийн. Кхечу халкъийн-м хьовха, шайн, оьрсийн, халкъан а... Дуккха а. Шо-шаре мел долу, дебаш. Шо-шаре мел дели, хьекъале кхуьуш.
1400 Шайл хьалхарчийн г1алаташ гуш, нийсачу новкъа баха 1емаш. Х1инца а кхойкху уьш ламанхошца адамалле хиларе. Вайн къоман г1иллакхашца, амалшца дог1уш урхалла ло, боху, вайна. Т1ом чекхбаьлча мукъана, ламанхошний, оьрсашний йуккъе питанаш туьйсуш, мостаг1аллаш ма кхолла, боху.
1401 Оцу бехачу т1амо халкъашна йина чевнаш, бохамаш, кхоьллина мостаг1алла а дицдалийта г1орта, боху. Массо а ойлане ваьлла д1атийра. Стеран ахкаргаш тоьхна къевлинчу корехулий, не1аран херошкахулий чуоьху шело ц1ийнан массо маь11е кхочура.
1402 Мокха дохк х1оттийнера хьакхарлахь чиркхан метта йогучу т1елхиго а. Х1ораммо а ойла йора х1инцца Берсас бийцинчу турпалхойн. Шайгарчу доьхначу хьолан а. Амма, х1ун пайда бу, и цхьа масех стаг воцург, шайн ойла а лачкъийна, бист ца хуьлуш 1аш хилча?
1403 Шаьш, уьстаг1ий санна, кхуза т1аме а лоьхкуьйтуш. Бакъду, т1ом чекхбаьлла х1инца. Вовшийн дойъучуьра севцца. Вайн миска йарташ а ца йагайо х1инца. Вай къарделла севцца дела. Амма пайда буй ткъа х1окху машаран, вайгара латта д1адаьккхина хилча?
1404 Оцу т1е оьрсий ма ховшийна. Т1еман г1аьпнаш ма йоьг1на. Вай кху хьаннашка, ч1ажашка а лаьхкина. Т1аккха вайгахь такха ницкъ боцу йасакхаш т1ейетта. Т1ехула т1е, д1а ког мел баьккхинчохь вай сийсаздо. Адамаш ца хета. Г1овталан кисанара схьаэцна, суьлхьанаш хьовзо кечвелира Маккхал.
1405 Кхо к1ант рогг1ана баккхийчаьрга хьоьжура. Х1ун аьлла жоп лур-те цара 1елина? Халкъана т1ехь кхиэл йан бакъо йац цхьаннен а Дерриг зулам паччахьера, хьолахошкара схьадолу Хьо-м чемхалг, адамийн х1орда чохь т1адам бен баций Адамаш, халкъаш вовшийн коча ма туьйсу 1едало
1406 Д1ога ворх1 х1ордал дехьа вехачу оьрсийн муьжгичунна ма ца хаьа нохчий х1ун йу. И нохчий къиза адамашдайъархой бу, уьш шайн луларчу оьрсийн йарташна т1елета, зударий, бераш дойъу, йийсаре дуьгу, талораш до, уьш байъарх къа дац, мелхо а, мел хир бу хьуна, боху цуьнга.
1407 Оцу муьжгичунна б1аьрга а ма ца гина нохчо. Иза теша ма во. Т1аккха ма хаьа цунна, шега ма-дийццара вай цахилар! Амма т1аьхьа хуьлу Йуханехьа некъ д1акъовлу цунна Цуьнан къамкъарг эпсаран буйнахь хуьлу Аьлларг ца дахь, йиэтта
1408 Г1ибаваллалц. Нагахь ахь нохчочунна топ ца тохахь, шаьш хьуна тухур йу, олу. Ткъа вукху мисканан, лаахь а, ца лаахь а, т1ом бан дезаш нисло. Ткъа т1еман, шуна ма-хаъара, кхин г1иллакхаш ду. Ши дуьхьалонча дуьхь-дуьхьал нисвелча, шаьшшиннах бакъ а, харц а мила ву, ойла ца йо.
1409 Вовшийн виэн сихло и шиъ. Ша-ша дийна виса г1ерташ. Цхьаъ, шиъ вийча, адамаш дайъа 1ема. Дукха адамаш дайъинарг турпал ма лору. Цунна ордалш, мидалш, совг1аташ ма ло. Ша санна, цхьа пекъарш байъарна. Цо дозалла до шен ордалех, мидалех.
1410 Хазахета, майра ву, турпал ву бохуш, шен хьуьнарш кхайкхош хезча. Гой хьуна, 1ела, кхузахь чолхе х1умма а дац. Халкъаш дац бехке. Не1алт хилла 1едалш ду бехкениш. Берса Аьрзуна т1евирзира... Харц 1едал ловш 1арна. Х1унда латтабо цо шен коьртехь къиза паччахьаш, 1едалхой а?
1411 Х1унда буьту цо уьш и къиза харцонаш лело? Х1ан, хьой, сой къиза адамаш хуьлуьйтур вай Кхин а эзар, итт эзар нохчо а Ткъа вайн зударий, бераш, къенаниш? Дийнна халкъ хила йиш ма йац къиза а, сийдоцуш йа стешха а Цунах теша стаг йа б1аьрзе, йа к1илло ву, йа иза адам дац
1412 И стаг декъашхо ву шен паччахьан, 1едалан харцонийн, къизаллин. Нагахь шена т1ера 1едал нийса дацахь, д1акхосса деза халкъо. Берсас, ла а доьг1уш, резавоцуш корта лестабора. Паччахьан харцонаш а гуш, тийна-таь1на 1аш бац Россехь.
1413 Халкъо не1алт кхайкхадо шен 1едална. Вайца биначу т1амна а. Шайн паччахьна а, 1едална а реза а ца хилла, амма иза дохо йа нисдан ницкъ ца кхаьчна, ца буьйлура б1еннаш салтий, эпсарш вайгахьа? Паччахьан эскаршна дуьхьал леташ, вайн лаьтта т1ехь турпал ца ийгира уьш?
1414 ... Дийнна оьрсийн халкъ, цхьана дийнахь г1еттина, вайгахьа дер ду, моьттура хьуна? Х1окху карахь йолчу заманахь ишттаниг хир ма дац Вайн дай а, Терка т1ера г1алг1азкхий а, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна масех б1е шарахь
1415 Муьжгашца а. Арахьара кхерам т1ег1оьртича, цхьаьна а кхетий, йукъарчу мостаг1чунна дуьхьал а буьйлуш. Вовшийн диканан, вуонан дакъа а кхочуш. Т1аккха Терка т1е паччахьан 1едал деара. Цо зайлаш туьйхи оьрсашний, вайний йуккъе.
1416 Йуккъе мостаг1алла доьлли. Б1ешарахь гергга лаьттинчу т1амо ц1еран арц х1оттий шина къомана йуккъе. Амма хенан йохалла халкъашна хуур ду х1окху бохамашна бехке мила ву. 1елас товхана масех дечиг кхоьссира. Ткъа х1инца муха ду?
1417 Церан оьшучул а т1ех латта ду, вайга лаьттан мацалла х1оьттина. Суьлхьанаш хьовзийна ваьллачу Маккхала, ши куьг хьала а лаьцна, доцца до1а а дина, йуьхьах куьйгаш хьаькхира. Хьоьга ладоьг1уш 1ен и кхо к1ант а тиларчу вуьгу ахь.
1418 Вайца т1ом барх цуьрриг а дика болх ца хилла муьжгичунна. Уьш а белла оцу т1амехь. Вайл а дукха. Дийна биснарш шайн хьалхалеррачу къоьллехь, 1азапехь, харцонна к1ел узарш деш 1а. Б1е, ши б1е, эзар шо хьалха санна. Бакъду, г1алг1азкхий вайн махка т1е ховшийна.
1419 Амма хьуна хаац и мохк паччахьо царна белла цахилар. Иза пачхьалкхан дола ма баьккхина. Нагахь г1алг1азкхичо паччахьна г1уллакх ца до-кх, латта а, бахам а схьа а баьккхина, шен дерзинчу дег1аца дуьненан йеа а маь11е д1ахоьцур ву.
1420 Мацах, шайх Мансуран заманахь, Россин паччахь зуда йолуш, Г1изларна уллора мехкаш шен элашна совг1атана белла цо. Итт эзарнаш урдаш цхьанна а луш. Х1аъ ткъа, элашна латта лело. Т1аккха элаша д1ога Россехь шайн долара муьжгий схьакхалхо болийна.
1421 Доьзалшцанна. Анд-андийниш. Масех эзар чаккхарма генара. Цига схьакхачале, новкъахь ах х1аллакьхилира шаьш бохуш, дуьйцура цо. Дийна биснарш йа церан т1аьхьенаш йу цигахь бехарш. Оцу элашна бецаш. Новкъахь беллачех а хьоьгуш.
1422 Иштта балийна кхуза и г1алг1азкхий а. Шайн дог1мийн дай бац уьш. Ца г1ахь, Маккхала ма-аллара, ц1ийнах-ц1арах бохур бу. 1елас кхерча техкина дечигаш даьгна довлуш дохкура. Котам дека дуьйлира арахь. Ц1а даха деза хан хиллера тоххара, амма кхаа к1антана ца лаьара г1атта.
1423 Г1алг1азкхичунна цхьа масех урд дакъа делла. Вайн доларчул алсам а ду иза. Амма цхьа чим латта доцурш а бу царалахь. Ткъа Органан округан начальникан Ипполитовн долахь эзар урд латта ду. Полковникна Белликна делла эзар урд сов.
1424 Ткъа Бурит1арчу цхьана полковнико Свистуновс Мазлакна к1ел пхи эзар урд гергга д1алаьцна. Таймазг1арна, Беккаг1арна, Элдарг1арна, Т1урлог1арна? Пхиппа б1е урдаш латта делла царна а Гой хьуна, 1ела, г1алг1азкхий а, муьжгий а нуьцкъаха балийна охьаховшийна вайн лаьтта т1е
1425 Бовла меттиг йац церан. Ткъа вукху элашна, инарлашна, эпсаршна совг1атана белла вайн мохк. Вай а, оьрсий а, кхин къаьмнаш а те1о, дацо, 1азапехь далло паччахьна, 1едална дика г1уллакхдарна. Церан долара латта вайна йухадерзийча, лаххара а б1е эзар доьзална логгелц тоьур дара.
1426 Оьрсий кхузара д1абохур бу бохург дага а ма даийта. И элий, инарлаш, эпсарш, йисина ц1убдарш а йу вай лахка йезарш... Ткъа х1инца охьадийша деза. Со а к1адвелла. Массо хьалаг1еттира. Накъостий арабовлуш, соцунг1а хилла 1аьлбаг Берсина т1евахара.
1427 Ахь цхьа ц1е-м ма йаьккхира цуьнан... И далург хиларх тешна ву оцу Германехь веха ас вуьйцу ши хьекъалча... Амма шуна, къоначарна, Дала мукъалахь, гур йу. Х1ан, 1одика хуьлда! Суна ца гуш д1аг1ахь а, Олдаме маршалла ло! Шен онда куьг жимачу 1аьлбаге кховдийра Берсас
1428 Йеха йу 1аьнан буьйса. Йахлур йацара, гай йузош бовха кхача а биъна, йовхачу х1усамехь к1едачу метта охьавуьжуш велахьара-м. Йеха йу, къоьлла къикъйоьллачу кху лаппаг1аш чохь ларйан воьлча. К1ур бина сийса товханара т1уьна гуьйриг.
1429 Шийла йу чохь. Хьерадаьлча санна, чуг1ерта дарц. Товханан шуьйрачу туьнкалгехула чу а иза доьлху. Попан аннех йиначу дечиган к1ажаш т1ехь лаьттачу боьжагйийллачу не1аран хераллашкахула чу а иза хьоькху. Зазус цига ца 1уттуш т1елхиг ца йисина, амма дарц чекхдуьйлу, йуьйцинчу кертах санна.
1430 Г1еххьачул саьнгарш х1иттина дуьхехь. Махо, тоттий, цкъа чудоуьйтуш, т1аккха, т1ерадаккха санна, араийзадо коре тоьхна стеран ахкарг а. Когаш мере оьзна, горгамаш санна, горгделла 1охку бераш. Гуш бац церан кортош. Садо1у а ца хаало.
1431 Наггахь царах цхьамма ха хорцуш меттахъхьайо и т1елхигийн оьла. Жимма а йовхо лур йу аьлла хета х1ума йерриг царна т1етоьхна. Хьалаайъича, чуьра кан цхьана аг1ор доьдий, ах дуьзначу галех тарло этт1а, т1ехула мекха текхийча санна, калдадаьлла, летийна къарзделла, боьза доккха йург1а.
1432 Цунна т1ехула тийсина кхекхий а, гезарийн ц1окарчий а, даьсса галеш а. Жимахдолу диъ бер-м хала а дацара, андадаьлла шиъ ду хала. Маре г1урриг хилла Зару. Коьра а ву пхийттара волуш. Берашца цхьаьна йург1анна к1ел дижа ийзалучу цушинна къаьст-къаьстина мотт халла тарбина.
1433 Жимма адамашка терра, дег1 хьулдина, арадала а лаьа цаьршинна. Хазаниг духуш, мерзаниг дууш сакъоьру хан йара, М1аьчиган таро йелахьара. Кхуьнан дас-нанас а, М1аьчига а, Зазус а иштта къен диъна дуьне. Изза дакъа берашка а кхаьчна.
1434 М1аьчиг ша а ву верзина. Цхьаъ бен йоцу цуьнан кетар а йу, берзалоша кадиттича санна, лилхина, коржамаш тийсина, чухулара кан маь1-маь11ехула т1е а дийлла. Миска, хебна, жимйелла иза. Муха ца хеба, дийнахь сарралц дог1анехь, дарцехь хилча, буса сахиллац товхица хьала пенах кхаьзча.
1435 Керлачу йуьртдас Хорт1ас туркх ваийтина, кхана, нагахь дарц техь, Бена боьду некъ баккха ваха веза аьлла. Цига баханчех масех стаг когийн п1елгаш дахьийна веана. Шена а изза хиларна кхоьручу М1аьчига, шен не1армачаш дика йакъа а йина, йоькаш хьаькхна, йекъа лоьдгаш чу а йехкина, д1ах1иттийна.
1436 Боккха болх бу-кх цигахь итт де даккхар. 1а, шело, дарц. Къаьсттина дукъаца буьрса хуьлу шело, дарц. Хьун хилла а ца 1ай иза-м. Нана-даккхий пепнаш, пха. З1окберг тоьхча, суьйнаш туьйсуш, г1орийна латта. Дег1ерчу ницкъах а, т1ерачу т1елхигех а воккху оцу балхо.
1437 Итт дийнахь маьхза болх бан деза-кх, оьрсийн эскарш, хьаькамаш а мичча хенахь а, мичча метте а бахалурриг некъ боккхуш. Зазун коьртарчу 1аьржачу чухти к1елхьара схьакъиэда сира гиччош. Голаш мере а оьзна, царна т1е корта а биллина, букархьаьвзина йоллу иза.
1438 1аддарг1а санна, хьаьвзина цуьнан буткъа букъ. Хьалхе ду. Шовзткъа шо а кхачале, къанйелла. Цхьана хенахь Гати-Юьртахь уггар товш йо1 йара иза. Къоьлло ца деш х1ун ду! Куьйгаэшара лоьхуш, схьа а дохуш, баь1аш йуьстахтуьйсу цаьршимма
1439 Цхьа тамашийна, мара багош, к1он хьожа йог1у т1ерг1ан тхонкех. Шело, мацалла, муьста хьожа. Т1елхигийн барз меттахъхьайра. Ха харца г1оьртинчу йо1а меттахйехира нанас леррина гуонаха те1ийна т1елхигаш. Йуьстаха 1уьллучу к1ентан дерзина дег1 гучуделира.
1440 Ч1ораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, хада доллу 1аьржа лаг. Букъа т1е летийча санна, т1ехевшина пханарш, тур санна, ира букъан сурт. Хьала а г1еттина т1ейаханчу Зарус д1ахьулдира вешин дерзина дег1. Шахьбиг1аьргахь мовлад хиллачул т1аьхьа бутт сов хан йаьллера.
1441 Эвлара дикка нах бара Хонкара кхалха сацамбина. Амма М1аьчиган ойла йиллина керчара. Бус-буса хуьлура цуьнан Зазуца оцу г1уллакхах лаьцна къамел. Йа х1аъ а, йа х1ан-х1а а ца олура зудчо. Хьайна луъург де олий, йоьлхий д1айоьдура.
1442 Амма тховса т1аьххьара а сацам т1еийцира М1аьчига. Къечу кхерчахь г1ийла йогучу ц1аре б1аьрг а бетташ. Хала-м, дера, ду винчу махках валар. Иштта а, вуьшта а, цунах воккхур ма ву иза, пусар доцуш. Т1аьхьа салтий а х1иттийна.
1443 Лаьллина хьалха а ваьккхина. Эзар шарахь кхузахь вахарх, чу са а дог1ур дац, муха дог1у, дуьйш-дерзош кха а, керта дог1уш хьайба а ца хилча. Уьш хир ду ала меттиг а буй ткъа? Кху 1едало догъэт1ош вуьйр ву кхузахь-м Кхин х1ума дацахь а, латта-х лур дай цигахь
1444 Лаьттаца ма ду цуьнан дахар. Латта ца хилча, велла ву иза. Ц1енош дар М1аьчигна дош ца хета. Уьш-м цо оцу т1аьххьарчу ткъа шарахь лаххара а ткъозза дина. Цхьана дийнахь паччахьан эскарша дагош, шолг1ачу дийнахь оцу овкъарш т1ехь цо йухах1иттош.
1445 Сибрех лахь, ша а кийрахь лийр ву иза, т1аьхьадуьсучу берех керстанаш хиларна кхоьруш. Ткъа бусалбанан махкахь валар-висар цунна болх ца хета. Не1аран тайпа, г1орийна тата а доккхуш, йеллайелира. Шело, дарц дохьуш чувелира Коьра.
1446 Коьртара схьабаьккхина кхакханан месала куй а бегийна, чои т1ера ло а дожийна, пенах тоьхначу дечган хьостамах уьш хьала а оьхкина, мачаш д1айаха охьахиира иза... Берса а веана цига... Олдаман к1ант 1аьлбаг. Д1айаханчу аьхка ломахь цхьаьна дара тхо.
1447 Х1аъ, М1аьчигна хезнера и к1ант вуьйцу. Аьрзус вийцира иза. Хене хьаьжна воцуш, хьекъале, хьуьнаре к1ант ву, бохура. Мачаш д1а а йаьхна парг1атваьлла Коьра, охьа а ца вуьжуш, берзинчу когашца чухула д1асахьийзара. М1аьчигна хаьара, иза цхьаъ ала лууш, амма ца х1уттуш лелийла.
1448 Дисинарг М1аьчигна кхеташ дара... К1антана хаалора ден аз т1аьхь-т1аьхьа оьг1азе стамлуш... Хьуна иза х1инцца хиъна? Хьо цигахь вуйла а хууш, лергаш та1адай, 1адъ1е Шога жоп делла, к1ентан дог дохо а ца лиъна, вист ца хуьлуш сецира да
1449 Амма к1ант човхо ца лаьара. Г1иллакхе дац йух-йуха а йехар. Т1ехула т1е, хьо цигашха д1авохуьйтийла а дац вайн. Вайгарчу хьолах х1унда ца кхета хьо? Хьо-х жима а вац, Коьра Ца го хьуна, тховса п1ерасканан буса Айзас саг1ина деанчу ахьаран канах йина чорпа а мелла, охьадийшина и бераш?
1450 Узуш бежана дац вайн, дожа хьайба дац. Тховса даго дечиг а гихь деана ас. Ткъа ахь лома вахар хьехадо. Чохь тийналла х1оьттира. Т1елхигаш к1ел 1уьллучу деа берах цхьамма, мара уьйзуш, хур-т1ур дора. «Хушшехь» сийсара кхерчара т1еда гуьйриг а.
1451 Хьерадаьлча санна, массо маь11ехула чуг1ертара дарц. Дега ала х1ума дацара Коьрин. Иза бакълоьра. Коьрина шена а дика хаьара шайн боцу аьтто. Готанна йетт, старг1ий доьжна, хала аьхначу ирзо т1ера х1умма а ца йелира царна. Йокъано дагийра йалташ.
1452 Йетт, старг1ий ду церан. Йетт боьхкича, берашна хинболчу шурин 1айгах хеда. Старг1а йоьхкича, йужучу х1умане догдохийла д1айолу. Цхьаццангара йалта кхоьхьуш, декхарийла боьлла уьш. Ткъа тахана карахь йалтин цинц а бац. Керла йалта т1едан хьовха, б1аьсте йала а бу ши бутт.
1453 ... Бус-буса цхьаццанхьа тобанашка а гуллуш, аш йен хьаьжар-гуьжарш цуьрриг товш вац со. И дерриг эрна ду. Б1е шо кхочуш доллу вай г1азкхех лиэта. Сан денда Ма1аш а, сан да Маьнтак а велла церан карах. Со а къанвелла оцу т1амехь.
1454 Ц1енкъахь берзина когаш шелбелла Коьра, шена к1ел цхьа гуьйриг оьзна, когаш кхерча а берзийна, охьахиира. Ч1ог1а тата доккхуш къевкъира чуьйраш. Хеталора, йоьхьаш, вовшийн худа г1ерташ, хьерчаш санна. Коьрас б1аьрг туьйхира ден а, ненан а, йишин а йаххьашка.
1455 Холбатахь йаьллича санна, йуьхьа т1ехь бос бац шина зудчун. Шовзткъа шо долу нана а, вуьрх1итта шо долу йо1 а цхьатерра къена хета. Хебарша аьхна ден мокха йуьхь а. Сирйелла маж. Сийна пхенаш т1едевлла, г1арладоьлла куьйгаш.
1456 Хебна белшаш, царна чуийзина, дацделла лаг. Биллина т1ехь лаьттачу безачу балано саттийна букъ. Б1аьргаш чохь дохк йу. Цара догдиллина дуьненах... Церан терго тховса дуьххьара ца йинера Коьрас. Дукха хан йара цо пхийттара валаре сатуьйсу.
1457 Стага стагаца санна, деца къамел дан шена бакъо йаларе сатуьйсу. Х1инца т1екхаьчна и хан. Хьо воккха хилла. Сан дог деша, мацалла мажбелла, берзина сайн йижарий, вежарий гича. Г1айг1анаша к1елвитина хьо а. Ден йуьхь йекхайелира к1ентан т1аьххьара дешнаш хезча.
1458 Тховса ши сацам бинера цо: Хонкара кхалха а, Коьра б1аьсте йаллалц йолах Хорт1аг1арна балха вахийта а. И ший а сацам доьзале д1акхайкхо а безаш, амма ца х1уттуш 1ара иза. Кхалхар-м цара доьзалехь дукха хьехийна г1уллакх дара, иза-м хала а ца хетара цунна, т1аьххьара х1аъ аьлла чекхдаккха.
1459 Халаниг важа дара. Шен к1ант нахана йалхо х1оттор. Иза дара цуьнан дайшна дуьйцу а цахезнарг. М1аьчигна шена г1енах а цагинарг. Ша санначу боьршачу стагана ваца шен к1ант х1оттор. Амма кху къизачу дуьнено т1е ца х1оттош, ца гойтуш х1ун ду?
1460 ... Зударий, шайн т1арг1а а къажбеш, тапъаьлла 1ара, шина боьршачу стеган къамеле ла а доьг1уш. Х1уъу таро йина а, б1аьстенга довла деза... Коьра, вагийча санна, хьалаиккхира. Шагат1улгаш хилча санна, т1арг1а д1асаоззийначохь лацаделла дисира зударийн куьйгаш.
1461 Г1енах цхьана иэрчоно кхерийначу йоь1ан, нене кхойкхуш, 1адийна мохь белира т1елхигаш к1ел. Зару цунна т1ехьаьдира. Баттахь жа дажийча, мазала хьаьжк1аш ло цо. Коьрин оьг1азаллех богу б1аьргаш ц1еххьана кхоьлира. Беран бос богу ховха балдаш, чуьра са д1адаьлча санна, к1айделира.
1462 Цхьана безачу мохьо та1ийча санна, настарш йегош, охьаоьхура дег1. Иза йуха а гоьрга т1е охьалахвелира. Хорт1аг1арна же х1оттар! Х1ан-х1а, цо иза дийр дац, х1окху дуьненан дерриг хьал шена схьадаларх Цуьнан шина к1антана хьалхара
1463 Т1ехула т1е, Ровза... Оцу минотехь Коьрина хьалхах1оьттира къайлаха йезачун хьомсара сурт. Дуткъа, х1инцца хецаделла, меженаш йузайоьлла дег1. Г1ург1езан санна, дехо к1айн лаг. Цкъа а Коьрега ма-дарра сурт ца х1оттало оцу тамашийна, цхьа шатайпачу куьце йуьхьан.
1464 Урамехь дуьхьалкхетча, Коьра шега хьаьжча, ц1ийлора цуьнан ховха беснеш. Къоьзан-1ам санна, сийна, ц1ена, к1орга цуьнан ши б1аьрг д1ахьулбора дуткъачу 1аьржачу ц1оцкъамаша. Иза т1ехйаьлча, саца а соций, къайлаха цунна т1аьхьахьоьжура Коьра.
1465 Дайн болар, букъ буьзна стаммий, йеха, дешин бос беттало к1ажарш. Дукха хан йу Коьрина иза къайлаха йеза. Вовшашка дош аьлла дист ца хиллехь а, хаьара Ровзина мелла а кхуьнан шега безам буйла. Амма Коьрина кхин а хаьара. Х1етте а, цо дог ца дуьллура шен безамах.
1466 Х1инца иза пхийттара волуш воллу. Цхьак1еззиг хан йаьлча, миччахьа д1ах1отта бакъо йолуш, вуьззина стаг хир ву цунах. И санна къоьлло хьийзораш Теркал дехьа, г1алмакхойн аренашка а къолах боьлху. Бакъду, шайн доьзална напха даккхар бен, кхин хьал-м ца лоьху цига боьлхучара.
1467 Наггахь накъостийн декъий а, дог1маш т1ехь луьра чевнаш а йохьу наха цигара. Цуьнан-м ойла ца йора Коьрас. Тховса ду цара илли аьлча: Вай, делча, денлур дац, Къанделча, къонлур дац. Вай динчу наноша. Вай йуха дийра дац. Жимачохь цабиънарг.
1468 Безам вайн мерза бац, Ша висча лахьти чохь. И биъна стаг ма вац... Хьанна хаьа, накъосташна коьрте а х1оьттина вахча, паччахьан почта йа г1алин банк йаккха аьтто нисбала а там бу цуьнан. Оцу цхьана дийнахь цуьнан аьтто бала тарло и ворх1 лам хадо, оцу саьрмакан исс корта божо.
1469 Т1аккха цо Ровзе майрра д1ахьебийр бу ша даг чохь оццул лерина къайлехь латто безам! Амма Коьрас ша йа да, Хорт1аг1еран хьовха, хьеннан а чух1оьттича, цо Ровзех догдилла деза Коьрин т1аьхьенна а т1ехь йуьсур йу и ц1е Йеккъачу цхьана Зазуна хаьара вешин къайле
1470 Цо а сатуьйсура, вашас зуда а йалийна, ша ловзарга хьийзаре. Мел Ровзега догдохуьйла йацахь а, т1екхаьчча, Зазус хьестара иза. Вешин безам. Вешин самукъе. Вешин дуьне. Хорт1ел хьо а ца оьшу, Яьлбикел сан нана а ца оьшу. Сан вешел куьце, майра к1ант кху йуьртахь вац.
1471 Сайн нийсаршца йахь йу сан. Да цуьрриг оьг1аз ца вахара. Ах оьзна д1а а йайъина, ша охьайиллина лоьдгах хьарчийна цигаьрка бага а йоьллина, хаьштигца и лата а йина, боккха баьккхина к1ур чутуьйхира цо. Хьоло толийна-кх. Цунна къера ца хилча ца довлу вай.
1472 ... Дукха дийцина вай. Бус-буса дуьйцуш. Тоьур ду. Мичча девлла а, рицкъа ца лехча ца довлу. Со-суо а вац нехан йолахо хила реза. Амма кхин некъ бац. Т1аьххьарчу шиннал г1оли го хьалхарниг. Коьра, шен берзина когаш ц1енкъа а бетташ, чухула д1асахьаьвзира.
1473 ... М1аьчига, жоп ца луш, доккха садаьккхира. Царна и хьал шаьш хьегначу къих ца 1аь1нийла хаар дара цуьнан садуург. 1аь11а-кх, нах бухкуш, шаьш духкуш, г1ийланиг хьошуш, х1аллаквеш. Шайн ден марчо а дуур дара цара. Амма ахь бохург ца дича-м ца довлу тхо.
1474 Г1алг1азкхий, паччахьна йохкайелла вайнехан писашший кхузахь ког хецна 1айтархьама, со винчу махках вала веза-кх? Цхьаболчара, Сибрех дохуьйту, боху, вукхара Хонкара кхелха, боху Цул цхьаннахьа а ца дахча? Кху вешан махкахь летта делча?
1475 ... Амма церан хьехамаша нахана зулам дийр ду. Цаьрга ла ма дег1а. Мацалла, махкаллаш дина! Со х1унда волу сайн махкара д1а? Кхузахь вай новкъа дерг д1авала! Цулла а, вайгара д1абаьккхина мохк схьало! Йа г1азкхашца дов а Х1ан-х1а, тхол кегий долуш герз караэцна аш!
1476 Оцу къийсамо къандина шу! Шу йуьстахдовла Къоначу чкъурехь Шун некъ оха д1ахьур бу «Гора, Аьрзу, йа1! Х1ун дан г1ерта-те шу?!» Йа, летта, лийр ду! Ткъа рицкъа ас вайна оьшуьйтур дац! Амма оцу веларца дозадоцуш йоккха г1айг1а гора
1477 Шен дега цо дина хила а тарло изза къамел! Х1ан-х1а, Коьра, кегий ду шу х1инца а Селхана йина хьозанан к1орнеш Т1емаш-м хьехор а дацара вай, атталла тхинчо а божаза Вайна кхузахь маршо хир йу бохург д1адаьлла Дукха бу керстанаш
1478 Байъарх уьш совца а ца белла, диси вай. Вайнехан масех т1аьхье лиэтта царах. Тхол баккхийниш тхоьга кхойкхура шайн метта х1иттаре. Уьш тешара толамах. Х1етахь мостаг1 вайн махкахь вацара. Х1етахь цунна дуьхьало йан х1инцачул атта дара.
1479 Х1инца оха, даккхийчара, догдиллина толамах. Зингат санна, вайн махка ваьржина мостаг1. Ц1езо санна, талийна, х1аллакбина вайн мохк. Вайна йукъа г1алг1азкхийн йарташ йехкина. Церан г1ап, эскарш доцуш маь1иг йац. Лаг лаьцна вайн.
1480 Денна т1екъуьйлу иза. Садукъош лаьтта. Кхалха гуонна йукъа доьхкина. Шу карзахдохуш Аьрзуг1ар бу. Цаьрга ла ма дег1а. Вешан устазо бохург дер вай. Дала цайелларг маршо йац. Вешан болх Даллий, элчанний, устазний т1е а биллина, б1аьста нахаца Хонкара кхелхар ду вай.
1481 Хьанна хаьа, цигахь г1уллакх вуон ца хила а мегий. Кхузахьчул хала-х хир даций. Мухха делахь а, вайца цхьана динехь бусалбанаш ма бу уьш. Бусалба паччахь ву цигахь. Оцу т1ехь сацам чекхболуьйтур вай... Дас биначу сацамо харцийра Коьрас йоьг1на дашо г1ала.
1482 Гулам. А. А. Бестужев-Марлинский. Областан эскарийн командующин Лорис-Меликовн омрица Нохчмахка веана полковник Муравьев а, цуьнца кхин цхьа керла эпсар а валош, тахана Гати-Юьрта кхаьчнера Ичкерински округан начальник полковник Головаченко.
1483 Керлачу йуьртдас Хорт1ас доккха шун х1оттийра хьешашна. Ишттачу меттигна цо Соьлжа-Г1алара эцна чохь сурт го 1аьржа лак хьаькхна йоккха стол, т1е к1айн шаршо а йаржийна, даарех, маларех йоьттина йара. Хьозанан шура а карор йу вайна!
1484 Хьан оьздалла, хьо йуьстара кхийдаш ма хетало? Х1ара чаг1ар доттий ас хьуна? Бота, шозлаг1а ца олуьйтуш, Хорт1ица цхьаьна аравелира Полковник Муравьев велавелира Гвардейски эпсар ву иза Нийсса аьлча, хилла-кх Фон Клингер цецваьлла ладоьг1на висира
1485 Со керла ма ву кхузахь... Дукха йийцина, к1ордийна суна... Цхьацца ца дийцахь, кху 1уьргахь сагатделла а лийр ву. Амма цкъа хьалха къамкъарг т1унйан йеза. Фон Клингера, каде хьалаиккхина, чаг1арх шайн кхо стака дуьзира. Иза а карийнера чов хилла 1уьллуш.
1486 Салташа шайца г1опе веана иза, чов йирзича, х1етахь корпусни командир хиллачу баронан Розенан вашас шен доьзале д1авигийтира. Боккхачу кхиамца эскаран школа чекх а йаьккхина, башха эпсар хилира цунах. Цкъа цхьанхьа Бота гинчу воккхачу эло Константина шен свите вийхира иза Розене.
1487 Х1етахь Польски паччахьаллехь ша наместник волуш. Паччахьан вешин дехар кхочушдан дийзира баронан. Кестта воккхачу элан уггар гергарчех цхьаъ хилира Ботех. И майра, хьекъале, куьце эпсар даггара везавеллачу наместнико, цунна зуда йало дагахь, шена иза керста дине верза лаар хьахийра цуьнга.
1488 Амма Ботас, баркалле хьовзош, ша цу балхана резавацар хаийтира. Берахь ша ваьккхинчу махке сатуьйсучу Ботас Кавказехь г1уллакхдечу эскарехь хила шена лаар хаийтира говза далийначу дехарца. Х1етта йукъаваьллачу Шемалан Дег1астанахь цкъа кхиам, йуха иэшам хуьлучу шерашкахь дара иза.
1489 Дег1астанахь вохийна имам ведда Нохчмахка вар а, кхузахь шовзткъалг1ачу шарахь хилла г1аттам а, вайн йуьхьанцара иэшамаш а хьуна хууш хир бу. Ломахь хуьлучу г1уллакхашка леррина хьоьжу Бота вайн эскарийн йуьхьанцарчу иэшамех, нохчийн кхиамех 1ехавелира.
1490 Шемал тоьлур вуй, т1аккха ломахь феодальни пачхьалкх кхоллалур йуй, хьалххе цигахьа ваьлларг оцу пачхьалкхехь имамал дукха лахахь хир ваций моттаделла Бота, вайн администрацица дов а даьккхина, ведда нохчашна т1е вахара. Ботех наиб а, шен разведкин начальник а вира имамо.
1491 Дукха хан йалале цуьнан кара велира Нохчийчуьра масех наиб. Царна йуккъехь вара г1араваьлла мичкахойн Эски а. Шен мах хуу Бота сихха куравелира. Шен куьйгалли к1ел болу наибаш хьийзо а, Шемал ца лера а вуьйлира. Иза а к1езиг хийтира цунна.
1492 Хьолана сутарчу цо муьлххачу а некъаца стамдора шен хьал. Наибашлахь уггар майра а, хьекъале волчу цуьнан мостаг1ий де дийне мел дели алсамбуьйлура. Хаддаза имамна т1еоьхура Ботина ден аьрзнаш. Маг1арчу нахера хьовха, наибашкара а.
1493 Царна йуккъехь интригаш йолайелира. Оцу интригашкахь дакъалоцуш вара Эски а. Д1ателлича, Ботина ден аьрзнаш бакъ карийначу Шемалан иза коьртачу наибан декхарх мукъаваккха дийзира. Ботас ч1ог1а лечкъадора шен имаме а, мостаг1ашка а, наибашка а цабезам г1аттар.
1494 Аьтто лоьхура бекхам иэца. Т1ехула т1е, Шемалан г1уллакх а йуханехьа дирзира. Кавказски Линера берриг т1еман ницкъ Нохчийчу берзийначу вайн эскарша хаддаза толамаш бохура. Ботина гира Нохчийчоьнан оьмар йеха цахилар. Хиира, цунах хаьдча, Шемал д1аволийла.
1495 1851-чу шарахь вайн командованис Нохчийчу йоккха экспедици кечйеш йуйла а хиъна, Шемал цунна дуьхьал ницкъ вовшахтоха вуьйлира. Нохчийн эскаршна г1оьнна Дагестанера масех эзар стаг гулве аьлла, омра а дина, царна сурсаташ иэцар т1едуьллуш, Ботига дуккха а дато ахча делира имама.
1496 Оццул ахча каракхаьчча, цунах йалта иэцаран меттана, оцу ахчанца ведда веана, тешамций, бакъдолчуьнций Барятинскийна г1уллакх дан х1оьттира иза. Хилларш дагалоьцучун б1аьрг болийла аьлла. Колонешкахь машаре заманахь а оьшу. Фельдмаршал, хьаха, вара хьекъале.
1497 Оцу дийнахь дуьйна Бота шена уллора д1а ца ваьккхира цо. Нохчийчоь йохочу 1852-чу шарахь Бота шена уллохь ца хиллехь, вайн кхиамашка догдохуьйла йацар ч1аг1дора Барятинскийс. Доцца аьлча, оцу дийнахь дуьйна вайн инарлийн карахь дийна къилба, топографически карта дара Бота.
1498 Некъаш гойтуш иза хьалха ца хиллехь, къемата а кхачалун доцчу йукъаршка дуьгура цо вайн эскарш, зиэн-зулам ца хуьлуьйтуш. Чувог1уш ву иза... Оцу минотехь Хорт1а т1аьхьа а волуш ц1а чу ваьллачу Ботас хаам бира, йуьртара берриг боьрша нах маьждиган майдана гулбелла лаьтта аьлла.
1499 Капитан даррехь Боте хьежа х1оьттира. Бакъдуй иза? Амма шена хетаделларг цуьнан б1аьргаш чохь ца тосаделча, бос хийцира Ботас, вела а къежна, белшаш саттийра Амма, хьуна вуьйцу ма-хаззара, т1еман стратег вацара Изза вара-кх Шемал х1окху ламанхоша вайна дуьхьал биначу т1амехь
1500 ... Цхьана а т1амна т1ехь цо куьйгалла цадарна. Амма Шемал ша хьекъале администратор а, говза идеолог а вара, ламанан халкъашлахь доккха сий долуш. Цундела халкъаш, Делах санна, тешара цунах. Хьо-м вацара? Цаьрца цхьаьна со а Х1ета, и шен ткъайасна чов мичара йаьлла цунна?
1501 ... Шийтта чов Чобаьккхинарчу б1аьрзечу нохчочо Г1убаша йина. Важа йисина йиъ чов ламанан нохчаша йина, иза шайна ницкъ бан воьлча. Клингера, цецваьлла, корта хьийзабора... Йоь1ан бертаза. Йоь1ан нана йацара, ткъа да, т1аме вахана, ц1ахь ца хилла.
1502 Имаман дагара хиъначу йоь1ан ненан шичас, б1аьрзечу Г1убаша, буьйсанна ха д1атийначу хенахь Шемал волчу ц1а чу а вахана, жима а, йоккха а шийтта чов йина цунна. Иштта йу, бохуш дуьйцу, оцу чевнийн истори... Бакъ муьлха ду-м, хаац.
1503 Хорт1ас чай доьттира массарна а. Амма суна цхьаъ хаьа бакъ а долуш. Шемал фанатик цахилар. Динан фанатик оцу шен динан идейн дуьхьа ле, б1аьрнег1ар ца тухуш. Ткъа Шемал даим а ларлора кхерамах, эрна 1ожаллех. Цуьнан дуьхьа даим а шен са лардора цо.
1504 Массанхьа а к1елхьарвала хьекъал а, мекарло а хуьлура. Хунзахерчу маьждиг чохь дов даьлча, цо динарг хезний шуна? Хьамзат-бека а, Шемала а Хунзахера бекаш бойъу хан йу иза Буьйсанна хилла и дов Бодашкахь Ма-хаъара, Хьамзат-бекан уггар гергара г1оьнча вара Шемал
1505 Цундела уггар хьалха и ши коьртахо виэн г1оьртина бекаш. Гуттар дов марсадаьлча, цхьана беко мохь тоьхна: «Шемална тоха, к1айн куй болчунна!» И мохь хезначу Шемала, шена уллорчу мурдан коьртара 1аьржа куй катоьхна схьа а баьккхина, иза шен коьрта, шен к1айн куй цуьнан коьрта тиллина
1506 Мурд вийна, ткъа Шемал, йайн чов хуьлуш, к1елхьарваьлла. Цхьана йукъана тийналла х1оьттира чохь. Ткъа Шемалан, оцу боданечу ламанхочун, г1алаташ, ледарлонаш, и сийсазвеш, аьшнашвеш, кхайкхайо. Иза нийса дац, господа, данне а нийса дац.
1507 Фон Клингерна тоам ца хиллера хеттарех а, жоьпех а. Х1ета, цунна а, хьайн халкъана а уггар хала киртиг т1ех1оьттича, и шиъ д1а а тесна, церан дуьхьалончин аг1онгахьа х1унда велира хьо? Нагахь иза къайле йацахь, цунна жоп лохьа
1508 Ботин велар иккхира. Схьахетарехь, и хаттар дуьххьара ца хезнера цунна. Амма, и къийсам эрна буйла хиъча, оцу къийсамехь сайн халкъ х1аллакьхила гергадахча, боданечу имамо а, цуьнан наибаша а сайн халкъана цкъа а маршо, серло лур йоцийла хиъча, Шемалах д1акъаьстира со.
1509 Сехьа а ваьлла, сайн берриг ницкъ оцу иттанаш шерашкахь эрна 1енош долу халкъан ц1ий сацорна т1е, кху лаьмнашкахь ма-хуьллу сиха машар, синтем х1отторна т1ебахийта... Цхьаболчара адамаш дойъура, йарташ, йалташ, бошмаш, цанаш йагайора, ткъа со сайн ницкъ ма-кхоччу и къизаллаш ца хилийта г1иртира.
1510 И дерриг а Далла дика хаьа. Кхин цхьа бахьана а дара со оьрсашкахьа валаран. Девлатукъа ц1е йолуш майра, тешаме, оьзда доттаг1 вара сан. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш, цхьана нехан харц маттаца иза виэн кхиэл йира имамо. Амма имамо со тергал ца вира.
1511 Сан доттаг1 вийра. Суна хаьара, сайх а изза хир дуйла, со а коьртах вала гергавуйла. Имамна б1аьрга ван ца везара шел майра, хьекъале, оьзда а стаг. Шен аьтту куьг, шен коьртан хье хилла лаьттинчу алдахойн Юсуп-Хьаьжех х1ун дира имамо?
1512 Лаьцна, Дег1астанан къорачу лаьмнашка а вигна, зиндан чу тесира. Ведда Барятинскийна т1е ца веанехь, цигахь холбатахь велла хир вара иза. Изза кхоллам кечбинера Шемала суна а. Фон Клингер, белшаш хьала а тухуш, муц1ар а саттийна, д1атийра.
1513 Муравьев хьалаг1еттира. Историно а, хено а къастор ду харц мила хилла а, бакъ мила хилла а. Ткъа х1инца, господа, кху комаьршачу х1усамера арадовлале, х1усамден ц1арах цхьацца кад малар вайн декхар хета суна. Д1алацал бокалаш.
1514 Хьомсара Хурда, цкъа а ирс, беркат ма оьшийла хьан х1усамера! Ахь дагалаьцнарг дерриг кхочушхуьлда хьан! Цуьнан локхаллин областан начальникан Лорис-Меликовн ц1арах ас баркалла олу хьуна тахана ахь доггах динчу г1уллакхна Со воккхаве сан мискачу х1усаме шу дахкарх
1515 Цуьнан локхалла Лорис-Мелик а, Туману а тешна хила мегар ду тхо оьрсийн 1едална муьт1ахь леш хиларх. Оцу т1ехь кхид1а а ахь, хьайн ницкъ, хьекъал, хаарш ца кхоош, хьайн халкъана а, Россина а г1уллакх дийриг хиларх теша со. Дала аьтто болда хьан!
1516 ... Гати-Юрт йилличхьана дуьйна, мел доккха а, жима а г1уллакх дийца, къасто дезаш меттиг нисйелча, рузбанан маьждиган майдана гулло гатийуьртахой. Т1еман заманахь даим а, орцанан хаам ма-хеззинехь, кхуза гуллора адам. Кхузара д1абоьлхура уьш т1аме а.
1517 Цуьрриг даг т1ехь кхерам боцуш. Х1оранна а хаьара, цхьанахьашха шайн йуьртана т1евог1уш мостаг1 вуйла. Нагахь шаьш и ца сацавахь, цо йурт йагор йуйла. Цкъа дина ца 1ара ишттаниг. Гатийуьртахой боьлла дерригенах а, 1ожаллех а.
1518 Уьш цунах кхерац, цкъа а ца кхийрина. Кхерар-м х1унда хьехадора, цунах боьлуш, цуьнца ловзура уьш. Амма х1инца маьждиган майдана кхойкхуш йуьртан туркхан аз хезча, церан кийра ша лацало. Куьйгаш малло. Дегнаш 1ийжаш хьуьйсу уьш шайн ахдерзинчу берашка.
1519 Т1аккха, церан б1аьра а ца хьовсалой, сихха д1абоьрзу. Хьалха т1ом бара. Дуьхьал а х1оьттина мостаг1чух латар кхераме дацара, мелхо а, хьурмате дара иза. Шен даймехкан дуьхьа са д1адаларал доккха ирс хила йиш йац. Къонахчун декхар ду иза.
1520 Амма, даймохк, дайн кешнаш дитина, генарчу, хийрачу Хонкара йа, тоьпана хьалха а ваьлла, шийлачу Сибрех вахар. И хала ду. Д1айаьлла церан дуьненан самукъе. Царна гина а дац ирсан денош. Амма кху т1аьххьарчу кхаа т1аьхьенна ца хиъна цуьнан чам.
1521 Дала массарна а цхьатерра лепа кхоьллина малх царна д1абуьзна дукха хан йу. Дерриг 1алам доккхаде цунах: схьакхетачу хенахь и декъалбо цара, чубузучу хенахь, 1одика йой, д1ахьажабо. Ткъа гатийуьртхошна бан а бац иза. Х1инца дуьйна д1а йиллина буьйса хир йу царна.
1522 Х1ан-х1а, муьлхха а буьйса йоцуш, ткъа хийрачу махкахь 1аьржа, 1азапе буьйса. Цкъа молланаш, т1аккха хьаькамаш бог1уш, т1аьхье ца хедаш мог1а бу Гати-Юьрта оьхучу нехан. М1аьчиган корта хьовзийна цара. Тахана а веана, боху, ши полковник а, цхьа эпсар а.
1523 И Шамурзин Бота а валош. Х1ун дохьуш баьхкина-те уьш? М1аьчиг маьждиган майдана кхаьчча, кхузахь гулбелла бара берриг гатийуьртахой Беак1ов цостуш тобинчу г1амаран можачу т1улгах доьттинчу маьждиган лекхачу пенаца диллинчу дукъо т1ехь 1ара йуьртан тхьамданаш
1524 Вокх-воккхачо царна уллохьа шен-шена меттиг д1алоцуш, йуккъехь баьсса гуо буьтуш, д1ах1иттира нах. Царна йуккъехь бара хено тишбина, шуьйра накхош хьулдина к1айн мажош йолу баккхий нах, г1еметтах1иттина къонахий, х1инцца маж-мекх даладоьлла кегийраш.
1525 Беркъачу барзакъна т1ехула йихкина шаьлтанаш, коча тийсина тарраш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш. Кхоьлина йара къонахийн йаххьаш. Уьш синтемза хьуьйсура полковникаша къамел долоре. Ткъа вуьш шекбоцуш лаьттара. Малхехь лепара белшаш т1ера дашо варкъ диллина погонаш.
1526 Лергашна лаха довллалц дуькъа, хьийзина гиччойн кан дуьтуш, ц1ена йаьшна мажош, йуьхьигаш ирхъхьийзийна мекхаш. Дусаделла ц1оцкъамаш, хабийна хьажан йаккъаш. Деза, стаммий, лекха дог1маш. Дерриг церан арахьарчу куьцо гойтура царна шаьш кху мехкан дай хетар.
1527 Лен чов йина охьадиллина экха шена т1ех1оьттинчу таллархочуьнга санна хьуьйсура цаьрга майдана гулделла адамаш. И хьаькамаш санна, Шамурзин Бота а лакхара хьоьжура шен махкахошка. Горга, йуьзна йуьхь-марш, йоца 1аьржа маж, шина аг1ор дехха охкаделла 1аьржа мекхаш.
1528 Бага кхевддина нийса мара, лекха хьекъале хьаж. Айъаделлачу дуькъачу ц1оцкъамаш к1елхьара 1аьржа, кегий, буьрса б1аьргаш сих-сиха ткъесах кхерстара тобанна т1ехула. Оьрсийн сийначу машех диначу чоина т1ехула оьзна г1одайукъ 1овддуш дихкина кхелина доьхка а, цунах тесна кхелина шаьлта а.
1529 Соьлжа-Г1алара веана полконак къамел дан воллу! Муравьевс, ши г1улч хьалха а тесна, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, къамел долийра Шен маьхьаречу озаца, амма паргг1ат, чам боккхуш санна, массо дош дахдеш, цхьана ткъех минотехь къамел дира цо
1530 Гулбеллачу наха тапъаьлла ладоьг1ура. Царна йуккъера ши-кхо стаг воцург, цхьа а ца кхетара цо дуьйцучух. Бакъду, иза туркойн а, Мусин а ц1е йаха воьлча, царна хиира цо дуьйцург нах Хонкара кхалхарх лаьцна дуйла. Полковник, шен къамел чекхдаьккхина, Ботега хьаьжира.
1531 Корта та1ош, цуьнга д1а а хьаьжна, гуонна йуккъе ваьлла, д1ах1оьттира Бота. Вайнахана йуккъехь эладита даьржина, б1аьсте йаьлча нохчашкара цкъа герз, т1аккха латта д1адоккху, йуха, махках баьхна, оьрсийн махка а бигна, цигахь дуьне ма-дду уьш баржор бу, кхуза баха г1алг1азкхий ховшор бу бохуш.
1532 Оцу эладитано догдаьккхина дуккха а нах б1аьсте йаьлча дийнна йарташца Хонкара кхалха кечлуш бу. И ойла йолуш нах бу шун кхузахь а. Шу махках даха ойла йац 1едалан. Шу салт даха дага а ца деана. 1едалан х1ун г1уллакх ду, шу махках дохуш, шена бала бан?
1533 Амма кхин цхьаъ ду, боху х1окхо. Шайна латта тоац бохуш, диллина 1едале деш аьрзнаш ду, боху, шун. 1едалан дац шуна дала латта... Дийцина валийта! Т1аккха буьсучу нахана лаьттан шорто хир йара аьлла Д1абоьлхучийн а, бухабуьсучийн а дуьхьа
1534 Амма 1едална биэн дац, нах цига бахча а, бисча а... Цигахь Хонкаран паччахье цо дийцира, Дег1астанера хьан динан вежарий холчохь бохку, латта доцуш, мацалла б1аьрзе хьийза, уьш хьайн махка битахьара аьлла. Хонкаран паччахь 1абдул-Межед резахилла вайнах т1еэца.
1535 Мусина цо дош делла, цига бог1учу нохчашна хаза, х1окху махкаца бог1уш, къастийна мохк бала а, ц1енош дан а, уьш кога-метта х1итталц, йалтиций, х1уций кхачо йан а. Оцу хьокъехь цо хаам бина Тифлисерчу сардале. Йуха а боху шуьга, нах!
1536 1едало нуьцкъаха цхьа а стаг цхьаннахьа а воккхур вац, амма ваха луучунна шуьйра некъ буьту. Бакъду, Хонкара кхалхар, цхьаболчарна ма-моьтту, атта а хир дац. Шуна моьтту хир ду, шайн сал-пал хьарчийна, ворданаш т1е а хевшина, х1айда аьлла, шаьш д1адахчахьана, чекхдолу.
1537 Х1ан-х1а. Кхечу паччахьан махка воьдучун карахь оцу паччахьо д1авоьхуш кехат а, кху 1едалан паспорт а хила деза. Дерриг адам цхьанаметта д1акхелхича, туркойн 1едалан ницкъ кхочур бац шуна а, шайна а йуьхьк1ам боллуш шу т1еэца а, д1атардан а.
1538 К1ез-к1езиг тобанаш йохуьйтур йу. И ца дахь, шайх х1ун хир ду хаьий шуна? Стохка цхьанаметта, т1ек1ел масех б1е эзар цига кхелхина эдагий нийсса ах х1аллакьхилла Шух и ца хилийта г1ерта 1едал И боху кху полковнико Ботас, ша ваьллийла хоуьйтуш, корта а та1ош, полковнике цхьа-ши дош элира
1539 Нах цхьана йукъана ладоьг1на бисира. Амма ша-ша хьалхаг1орта г1иллакхе ца хетара. Церан хьийсарш соьцура йуьртан тхьамдина Бештона а, тхьамданашна уллохь лаьттачу Маккхална а, Аьрзуна а т1ехь... Ботас хаттар гочдира. Полковнико сихха жоп делира.
1540 Новкъахь даьхнина докъар а... Цул сов, шайн сов-ков х1ума йохка луучарна аьттонна Шелахь, Несарахь, Оьрза-Г1алахь а базарш йехкина. Амма ц1еношший, латтий дохка бакъо хир йац... Майданахь г1овг1анаш йевлира. Мила хьаьнга лоь ца хаьара.
1541 Цхьаболчара эпсаршка маьхьарий беттара, вукхара вовшашлахь къуьйсура... Тоьур ду, тхоьгара д1адаьккхинарг йухалахь! И нахана д1а х1унда ца ло ахь? Шу ма г1иллакхах доьхна? И стаг мел, мухха велахь а, вайн йуьрта веана ву Шен х1усаме веанчу стаге йуьйцу и хабарш?
1542 Шайн цуьнца нисдан дерг Ботин к1отара а г1ой нисде! Кхузахь аш г1овг1анаш йарх, геш йузур йац шун Тоийта, Бота, тхо кхеташ ду полконако дуьйцучух Кхин хеттарш дац тхан Ша ца везаш наха кхуьйсучу дешнаша йуьхьах ц1е летайора Ботин
1543 Кхечу хьолехь цара и хабарш дийцича-м, дан вуон дара цуьнан а. Ша циггахь верина вовшахвоккхург хилча а, т1е а вахана, оцу бетах х1ума тухур йара. Амма лакхара охьа омра дара, нахе ма-хуьллу хаза хабар дийца, царна йуккъехь масла1ат де аьлла.
1544 Цундела, мел хала делахь а, садетта дезара... Мила вара хьо, Хорт1а, х1орш Г1оьрдала бига салазаш кечйиний ахь? Говрийн ши салаз Хьаькамаш д1абахарх ца буьйхира гулам Мелхо а, адам ваьштатаь1ира Йацара хьалха хилла г1овг1анаш а
1545 Гуонна йуккъе ваьллачу Маккхална т1ехь сецира массеран а б1аьрг. Шайх Мансуран заманахь дуьйна вай хьегнарг г1ан хуьлуш лаьтта. Хьалхалера ницкъ бац вайн. Т1амо нийсса ах кхачийна. Дийна бисинчийн дегнаш эгна. Маршонах догдиллина.
1546 1едало кхерийна. Т1ебазбеллачу балано хьаьшна. Кху масех баттахь Нохчийчохь а, Г1алг1айчохь а дуьйцург цхьаъ ду. Кхечара дуьйцу, кхуза массо йуьрта эскарш оьзна, массо х1усаме салтий а х1иттийна, вайнах керста дине берзо ойла йу бохуш.
1547 Цунах кхерабелла нах Хонкара баха кечлуш бу. Суна хаьа, т1ехьа аг1орхьара дийнна йарташ, дийнна тайпанаш ду цига даха кечлуш. Кху вайн йуьртара а бу дикка нах и дагахь. Цхьаммо а б1аьстенна йалташ диэн беш г1айг1а бац. Ца элира олу даций шун, нах, цкъа доьлхур ду вай кху г1уллакхах.
1548 Махках ваьлла, кхуьнга сатийсарал доккха 1азап дац стаге х1отта. Суна хиъна цуьнан хьал. Ас йийсарехь к1еззиг йаьккхинчу хенахь сан дагна хилла цамгар х1инца а къастаза йу сох. Ванах, летта велла велара со йа накъосташка вейтина велара, кхарна кара а веана, махках воккхуьйтучул бохуш, 1ара.
1549 Ч1аг1онаш йора, х1инца ц1а вирзича, дег1а чохь са а долуш, кхин махках ца къаста. Ма хьехаде, нах, Хонкара кхалхар. Иза бусалба паччахь хиларх, вайн тодала х1ума дац. Ц1а-ц1е а, даймохк а боцуш, саг1адоьхургаш санна, оцу хийрачу махкахь нехан не1аре х1уьттуш, делла д1адевр ду вай.
1550 Уьш тарлур бу цигахь. Ткъа ши куьг ластийна царна т1аьхьах1иттина шу х1аллакьхир ду... Дала хуьлуьйтур дац ишттаниг... Маккхала п1елгаш даьхна конжех тера шен аьтту куьг хьалалецира. Хаьа, делла д1а ца довлуш, вай сауьйзий.
1551 Хаьа, вайн махка эскарш уьйзуш дуй а. Цуьнан шеко йац. Амма Сибрех буьгур бац. Иза бакъдерг ду. Ва амма, 1едало, хьалха а даьхна, д1асалехка, вай уьстаг1ий-м дац? Уггар тоьллачуьра вайн мохк д1а а лаьцна, 1а уьш Г1умкийн, г1ебартойн элашна бекъна вайн мохк
1552 Уьш кхузахь а битина, саг1а деха арадовла деза-кх вай? Хонкара а дахана, дала деза-кх вай? Йа вайгара боьршалла д1айаьлла? Вешан мохккий, вешан маршой схьайоккхур вай, йа зударий, бераш цхьаьний летта, дерриш лийр ду вай! Керстанах летта вала луучунна уьш а бу, абаде кхаччалц байъарх кхачалур боцуш
1553 Шайна луъург дан бита нах. Кхузахь вуон хьегна а, таро ца хилла а ца воьду. Сайн устазна т1аьхьа, 1алай салата васаламу, Делан салават хиларна, Делан элчанан весет кхочушдеш, воьду. Шена ийман чохь виса луург, шена устаз везарг бусалба махка д1аваха кечло!
1554 ... Кхузахь шайн г1уллакх д1адаьлча, кхид1а хан йайа ца лиъна йуьртан тхьамданаш д1абахча, майданахь г1овг1анаш йевлира... Летта лийр ву, амма винчу махкара д1а-м вер вац! Хонкара дахар тоьлу Ца г1ахь, эххар а Сибрех дуьгур ду
1555 Цигахь вайн доьзалш хьан кхобур бу, церан дола хьан дийр ду? Цул сов, миска нах талош, хьал а 1а1ийна ахь Дерзинчу берашца, даьссачу кисанца со мича воьду? Йуьртара къехо Дасу, суйн метта тхьум йоллу совра тиллачу баттара, г1алакх санна, йоккха шаьлта а йаьккхина, совдегарна Мазина чуг1оьртира
1556 Амма уллохь лаьттачу Акхболатан Ахьмада, шен ондачу куьйга пхьарс лаьцна, сацийра иза. Шена луург г1он шена дуьненан йеа маь11ехула д1а! Вай кхузахь 1ийр ду Цхьа ког д1а-м боккхур бац цхьаннахьа а! Йа Хонкара а, йа Сибрех а!
1557 ... Гирзаш даьлла уьстаг1! Х1инца динах хадо а воллу Иза хилийта йиш йац сан Нагахь туркойн паччахьо баккъал латта лахь, дика ду, ца лахь, х1ун дийр ду, иза кхузахь а дац-кх сан Со ийманехь а волуш, т1аьхьадуьсу бераш а, церан т1аьхье а бусалбанаш хир буйла а хууш-х лийр вай со
1558 Сайн сал-пал а эцна, кханнехь Шела воьду! Кхелхачарна г1оьнна базар йиллина, боху, цигахь Вайна гонд1арчу къаьмнийн совдегарш бу, боху, кхерста ж1аьлеш санна, марош айъина, хьожа йохуш, массо йарташкахула буьйлабелла лелаш цигахь
1559 ... Цуьнан Сийлалле Эле Александр Георгиевиче! Жимачу Нохчийчоьнан наибо Османов Сайдуллас туземцаш Турце кхалхо 1алашо йолуш шен эмиссарашкахула халкъа йуккъехь цхьа аьттехьа доцу зуламе эладитанаш даржадо И эладитанаш мел бух боцуш делахь а, сонта ламанхой царах теша
1560 Уьш царах тешаран бахьана и эладитанаш наиб а, оьрсийн эскаран эпсар а волчу Сайдуллехула схьадийлар ду. Цо дуьйцучух дерриг халкъ теша бохург ч1аг1дац ас, амма дукхахберш даггара теша цунах. Чантински а, Шатоевски а наибствашкарчу бахархоша йалташ дерна беш цхьа а тайпа кечам бац.
1561 Хьан сийлалле д1ахаийта лаьа суна, уьш цхьа а бертахь Турце кхалха ойла йолуш цахилар: шайн хиллачу йукъарчу гуламехь цара схьахьедина, шаьш Турци кхелхар ду, нагахь йерриг Нохчийчоь кхалхахь йа нуьцкъала кхалхадахь аьлла. .
1562 ... Нагахь и эладитанаш вай орамца д1а ца хедадахь, хуьлуш долчу т1ехь кхетамца куьйгалла дан таро-м муххале а хир йацара вайн, ткъа ваьш а цунах дозучу хьолехь хир ду. Хьан Сийлаллин тешаме йалхо. А. Ипполитов. Шатоевски г1ап».
1563 Обарган варин т1аьххьара де. Церан кхетамций, амалшций, г1иллакхашций, дахаран кепашций цхьаьна ца бог1у вайн лехамаш кхочушбан царна цалаарна. Вай уьш бехке бора, царна т1ехь ца товчу, аз шогачу, шайн само къарйечу вайн шедагна к1ел хелхабийла царна цалаарна.
1564 Инарла М. Я. Ольшевский. Кхоьлина гергаг1ерта шийла 1а. Дукха хан йу Ч1ебарлойн лома ло диллина. Ломан когашка а к1ац йиллина сийсара. Шийла а, сингаттаме а ду йерзинчу хьаннашкахь. Шийла йу т1улгийн ширачу б1аьвнаш чохь, т1уьначу хьехаш чохь.
1565 Амма обаргийн кхин меттамотт бац. Цецах санна, чекх мох буьйлу зарзйелла т1елхигйевллачу бедарех. Мотт-г1айба йицйелла дукха хан йу. Тахана кхузахь хуьлу, кхана мичахь хир хаац. Кхин б1аьвнаш, кхин хьехаш. Уьш йерриш а цхьатера йу.
1566 Шийла, сингаттаме. Кхераме доллушехь. Амма обаргашна лаац йарташка г1ерта. Цкъа-делахь, 1едална и хааделча, уьш т1еэцначу йуьртана луьра та1зар до. Шолг1а-делахь, х1инца цхьа а йурт йац шена чохь, цхьаъ хилла а, даррехь йа къайлаха паччахьан 1едалан айкх воцуш.
1567 Уьш кийчча лаьтта 1едална т1е мотт бахьа. Ткъа Варин коьртах пхи б1е туьма ахча кхайкхийна инарло Тумановс. Г1араваьллачу обарган коьртах и ахча к1езиг хета айкхашна. Ткъа инарло Тумановс боху, паччахьо Шемалан коьртах кхайкхийнарг а дацара эзар туьма бен.
1568 Пхи б1е туьма. 1едало цхьана дийнахь доккху Нохчийчоьнера эзар туьма. Цхьанхьа цхьана йуьртан махка т1ехь вийначу паччахьан йалхочун дакъа карадахь, б1е туьма г1уда доккху. Инарлин ахча шортта ду. Х1умма дац. Собар дийр ду. Йуьхьанца кхайкхийнарг б1е туьма дара, х1инца пхеа б1е туьмане даьлла.
1569 Жимма 1ийча, эзарне а дер ду. Шемалан коьртах санна. Собардинчуьнгахьа ву Дела. Иштта ойла йо Варин мостаг1аша. Халкъан мостаг1аша. Амма Вара, мел кхераме делахь а, тховса йуьрта г1ерта. Цуьнан доьзал Жимачу-Атаг1ахь бу. Ши-кхо де хьалха бара-кх.
1570 Нагахь, цхьа гушбоцу кхерам т1е а г1оьртина, кхечахьа ца баьллехь, х1инца а цигахь хир бу. Дукха хан йу Варина шен зуда а, бераш а ганза. Дукха хан йу иза ша винчу йуьртахь хилаза а. Валлал к1ордийна цунна, меца борз санна, хьаннашкахула, лаьмнашкахула лела.
1571 Амма ц1а воьрзийла а дац. Цуьнан машар бац паччахьан 1едалца. Х1унда? Оцу хаттарна жоп доца ду: Варина а, дерриг халкъана а маршо йеза И ду оцу дезткъа шарахь цаьрга герз охьа ца дуьллуьйтург, цаьрга шайн а, кху шайн махка а баьхкина шайх летачийн ц1ий 1енадойтург
1572 Цхьана а инарлин, цхьана а паччахьан бакъо йац, Варин х1усаме а иккхина, иза а, цуьнан доьзал а, ара а баьккхина, кхузахь долахо хилла охьахаа. Вара а, цуьнан да а, дендай а, цуьнан халкъ а ца г1иртина цхьаннен а х1усаме, цхьаннен а махка, цара куьг ца айъина цхьана а халкъан маршонна т1е.
1573 Шайн лаьттан коржамаш т1ехь болх беш, шайна кхачанна дийначу экханан бен, кхечу садолчу х1уманан ц1ий ца 1анош. Ц1еначу дагца безаш хьеший т1е а оьцуш, шаьш хьошалг1а а боьлхуш. Варин шовзткъе итт шо ду. Т1еман ц1ергахь ваьлла иза дуьнен чу.
1574 Ша хаъал хилчахьана, даим а цунна гург цхьаъ ду. Т1ом. Ц1ий. Ц1е. К1ур. Маьхьарий. Узарш. Вара витац шен х1усамехь ваха. Хьо вац оцу х1усаман да, шаьш ду, боху. Т1аккха эцна Варас дайх дисина герз кара. Ницкъболуш ву оьрсийн паччахь.
1575 Хьесап далур доцуш, дукха ду цуьнан эскарш, йаккхий тоьпаш. Вара ца ларийна цаьрца. Вара а, цуьнан дай а тешна бара шайга герзаца и мостаг1 лаьмнашка ца воуьйтуш сацалург хиларх. Инарлаша х1аллакйора йарташ, бошмаш, хьаннаш, дагадора йалташ, докъарш.
1576 Дерзинчу лаьмнашка а йехачу ханна ца лардели шен бераш. Т1улгаш т1ехь кхиалац йалта. Лаьмнашкахь меца 1ожалла йу цаьрга хьоьжуш. Вара Делах тешара. Цундела, кхузахь а шен б1аьхаллин доттаг1ех д1а а къаьстина, 1еламнахана т1аьхьах1оьттира иза.
1577 Устаз схьавоьхуш дехаре даханчу адамийн хьалхарчу маг1арехь а вара иза. Ша хаъал хилчахьана, оцу дийнахь дуьххьара йукъахара герз охьа а диллина, баьццара жима байракх кара а лаьцна, ницкъболчу Деле орца а кхойкхуш, мостаг1чун г1опе волавелира Вара.
1578 Ткъа г1опан пена т1ера, 1аьржа багош а г1аттийна, цунна т1ехьуьйсура йаккхий тоьпаш. К1ур туьйсу милташ карахь царна уллохь лаьттара зоьртала салтий. Г1опан баролал арахьа нийсачу маг1арашкахь х1иттина лаьттара г1ашлой, дошлой.
1579 1аьнан шийлачу малхехь къегара ира цхьамзанаш, дерзина даьхна тарраш. Синтем байна, лаьттах т1а деттара дерстинчу дойша. Ткъа Вара, мохь бетташ Деле, пайхамаре, эвлайаашка а кхойкхуш, ша санначу эзарнашца, карахь герз доцуш, оцу буьрсачу ницкъана т1е хьалхаоьхура.
1580 Вара тешара, Дела а, пайхамарш а, эвлайааш а шайна г1оьнна орцахбевриг хиларх, цара шаьш оцу къизачу мостаг1ех лардийриг хиларх. 1еламнаха тешийнера уьш цунах. Устаз схьаваллалц, х1уъу хилахь а, цигара йуха ма довла, аьллера.
1581 Оцу дийнахь керстанан х1оъ-молханах латта хир ду, Дела а, пайхамарш а, маликаш а вайна орцах девр ду, аьллера. Вара тешара 1еламнахах. Цундела иза, йуха ца хьожуш, майрра г1улч йоккхуш, хьалхахьа д1аоьхура. Амма царна цхьа а орцах ца веара, гаурийн х1оъ-молханах латта а ца хилира.
1582 Д1адаханчу дезткъа шарахь санна, 1ожаллин сийна ц1е туьйсуш, йийлира йаккхий а, кегий а тоьпаш, дог1мех оьхура ира тарраш, цамзанаш. Татолашца 1енара довха ц1ий... Оцу дийнахь адамех тешам байра Варин. Даг чу г1еххьачул 1есалла а йоьссира.
1583 Хиира, даймохк а, маршо а шайгара гуттаренна а д1айаьллийла, иза а, важа а йухайерзо шайгахь ницкъ боцийла а. Амма... ва амма... Т1аккха, ша боьрша ву аьлла, зудчуьнга вист муха хила веза Вара? Х1ан-х1а, мостаг1чунна т1ехь толам ца баккхалахь а, иза къарвелла соцур вац
1584 Иза ша цхьаъ летар ву, цо цхьамма бекхам оьцур бу шен халкъерчу бохамна бехке болчех. Дукха а, йеха а ойланаш йинчул т1аьхьа, и сацам т1е а эцна, шен ц1а а, доьзал а битина, дарйина борз санна, кхерсташ лела хьуьнха вахара Вара.
1585 Вара, атаг1ойн Вара, хьалхара вара халкъан бекхамхойн новкъа ваьлларг. Т1аьхьа ц1арна а ц1ейаханчу нохчийн обаргийн дуьххьарлера сирла седа хилира цунах. Варас къинхетамза бекхам оьцура олаллахойх, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу динехь белахь а.
1586 Хьолахочун бахам схьабоккхура, мискачунна д1абоькъура. Иза кхочура Теркал дехьа а, салойн аренашка а, т1елатарш дора нохчийн йарташна, т1еман гарнизонашна, к1елонаш йора хьаннашкахь, ч1ажашкахь. Массанхьа накъостий, доттаг1ий бу цуьнан.
1587 Г1алг1азкхийн станицашкахь а, Гуьржийчоьнан, Дагестанан, Х1ирийчоьнан лаьмнашкахь а. Цигахь массанхьа цкъа а машар хир боцуш мостаг1ий а бу. Паччахьан инарлаш т1е ца кхуьучу, б1аьргана гуш доцчу доккхачу эскаран баьчча ву Вара.
1588 Цуьнан б1аьхой бу кху 1едале, цуьнан йолахошка цабезам болу нохчийн, луларчу къаьмнийн а берриг къехой. Шелахь ц1ий 1аьнначул т1аьхьа шина тобане бекъабелла нохчийн баьччанаш. Шена йуккъехь лаккхара динадай болчу цхьана тобано Эвтарахь туп тоьхна.
1589 Оцу тобано 1едалца барт-машар а лоьху. Царах д1а а къаьстина, Бенахь туп тоьхна Нохчмехкан б1аьхаллин баьччанаша: бенойн Солтамурда, майртуьпхойн Шо1ипа, зумсойн Дадас, гатийуьртахойн Аьрзус, Маккхала, шелахойн Берсас а. Вара Бенарчу тхьамданашна т1аьхьах1оьттира.
1590 Амма д1айаханчу аьхка, шайна т1е а кхайкхина, цара сацамболлуш дихкира Варина паччахьан хьаькамаш байъар. Уьш байъарх кхачалур бац. Вийначун метта цул къизаниг валаво. Йарташкара даккхий г1уданаш доху. Оцу балхо малбо г1аттамна беш болу кечам.
1591 Х1ор а б1аьхо цуьнца оьзначу дешин меха вайн б1еннаш къонахий Сибрех д1ахьийсабо, паччахьан эскарша йарташка йечу та1зарийн экспедицеша цкъа а меттах1уттур доцу зиэн до кху т1аьххьарчу хенахь дийнахь а, буса а къахьоьгуш кечбечу г1аттамна.
1592 Вара кхета веза цунах. Нагахь баьччанийн кхеташонан сацамаш къобалбан Варина ца лаахь, цара хьакъдоллу та1зар дийр ду цунна. Варас Къуръан т1ехь дуй ма биъна кхеташонан сацамаш кхочушбан. Х1аъ, Варина ца бицбелла ша биъна дуй.
1593 Лурчах 1ай дара иза. Бенахь, дуьхьарлерчу кхеташонехь. Ас дуй боу, тховса кхузахь а, тховсачул т1аьхьа а тхьамданийн кхеташонехь дийцинарг, гинарг, хезнарг къайлехь латто. Амин!» Х1аъ, иза лурчах дара Цул т1аьхьа Варин дог-ойла буххенца хийцайелла, т1ек1елйаьлла
1594 Вара догдика, къинхетаме стаг ма вара. Амма къинхетамечу даг чу йуссуш а хилла-кх и къизалла. Цуьнан шен бертаза. Вара къиза хилар цуьнан бехк бац. Паччахьан 1едал ду и къизалла, оьг1азло, харцонаш адамийн дегнаш чу йаржош. Х1инца а т1е буц йалаза ду т1аьххьарчу т1амехь байъинчийн кешнаш.
1595 Дийна бисинчийн дог1маш т1ехь чевнаш а ца кхиъна муо хьовза. Уьш лозу, уьш даим а лозур йу. 1едалан харцонаша йитац уьш йерза. Даим д1а кегош, дарйеш. Д1а ког мел баьккхинчохь, кешнаш, йохийначу, йагийначу йартийн херцораш, садоцу адамийн чархаш санна, ирахь лаьтта дагийначу диттийн ханнаш.
1596 ... Вара а, кхин эзарнаш адамаш а машаре дехар ма дара хаза а хеташ. Х1окхеран къамкъаргаш 1уьйдуш, мацалла бераш уг1уш болу машар хьашт бац царна. Уггар хьийкъина арен т1ера мохк цаьргара д1а а баьккхина, х1орш уьшалечу хьаннашка а, т1улгийн лаьмнашка а та1ийна.
1597 Кху къеначу хьаннашкахь, т1улган лаьмнашкахь ирзойн коржамаш йохуш шаьш кхиочу йалтица 1аьнах а ца бовлало нах. Царна-м даа а, т1едуха а дезий. Иза а, важа а иэца дезаш хуьлу. Стенах оьцу, ахча а, даьхни а ца хилча? Даьхний кхаба дежийлаш, цанаш ма йац
1598 Хьалха церан дайша аьхка лам т1е, 1ай аренга дуьгуш, кхобура шайн даьхний. Х1инца аре церан йац. Иза цаьргара д1айаьккхина. Шаьш а, шайн доьзалш а хене баха некъ лоьху цара. Кхузахь пхи некъ х1утту: хьун йохкар, йолах балха х1иттар, къоладар, саг1адехар йа мацалла далар.
1599 Хьун шортта йу. Амма кхузахь иза цхьаммо а д1а ца оьцу. Соьлжа-Г1ала, Оьрза-Г1ала, Чахкаре, Г1изларе йахьа йеза. Муха? Гиххьий? Хьенан бу ши сту йа буг1анаш? Цхьа наггахь волчун Хьолахошна йолах болх бан реза берш к1езиг карабо
1600 И хьолахой халкъан мостаг1ий ма бу. Х1окхеран берриг бохамашна бехке болу. Бисинарш йуьстаха лаьттина, йарташ йагош биэндоцуш хьуьйсуш. Халкъан бохамах пайда а оьцуш, 1а1ийна цара шайн хьал, бахам. Болх лаха, бахамера цхьацца х1ума йохка, оьшург иэца маьршша г1ала ваха бакъо а йац.
1601 Цига воьдуш пурстопо, йуьртдас йа наибо делла билет хила деза карахь. Иза а доцуш цхьанхьа караво-кх! Схьа а лаьцна, та11ийна набахте вуллур ву Ткъа и билет боху кехатан цуьрг а ма ца ло, шайна кхаъ ца белча Иштта ду кхузара 1едал
1602 Г1алахь дуккха а бу белхаш, амма цигахь ваха саца бакъо йац мог1арчу нохчочун. Билет а карахь вахча а, вуьтий ткъа цигахь мегарг волавала? Дуьхьал мел кхеттачо нанна йаппарш хьежайо Уьш боьлу хьох, цара сийсазво хьо а, хьан къам а, хьан Дела а, дин а
1603 ... Ткъа Варас саг1адоьхур ду бохург хьехо а ца оьшу. Саг1адехар доккха иэхь лору нохчаша. Х1инццалц схьа оцу халкъах цкъа а ца ваьлла саг1ина куьг кховдош стаг. Мацалла вала веза? Х1ан-х1а, Варин ойла йац мацалла вала Цо а, и санначара а т1аьххьара некъ къастийна
1604 Къола. Аренца бехачу хьолахойн шортта даьхний ду, шайн хьал нохчийн халкъ талош 1а1ийна цара. И йамартхой, талорхой талор къилахь дац. Ткъа цхьаццаболчу молланашна къола дича-м, мела хила а мега. Цундела инарло царна мидалш а, латта а делла.
1605 Доцца аьлча, нийсо йац цхьаннахьа а. Вара х1инца тешац цхьаболчу молланех. 1едална товччу аг1ор д1асахьийзадо цара шари1ат. И гаурш Делан а, бусалба динан а мостаг1ий бу, бохура цара иттех шо хьалха. Ткъа х1инца керста паччахь а, цуьнан хьаькамаш а кхечу басар бина.
1606 Паччахь Дала х1оттийна, иза а, цуьнан хьаькамаш а Делан лаамца лелаш бу, боху х1инца. Царна муьт1ахь цахилларг, царна дуьхьалваьлларг жоьжахатин ц1ергахь вогур ву, боху. Хьеначу кхачанах дуьзна гай а, ахчанах дуьзна киса а долчу моллина атта ду и дийца.
1607 Амма Вара оцу туьйранех 1ехавалийта хала ду. Акхарой санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь лечкъаш лелла бевр ма бац уьш. Т1ехула т1е, Нохчмахкара схьа цуьнга т1аьххьара ма хаийтина, нагахь и айхьа д1акхоьхьу некъ 1ад ца битахь, айхьа биъна дуй ца ларбахь, шаьш хьуна т1ехь нийса хьукма дийр ду аьлла.
1608 Петарбухехь оьрсийн 1илма а дешна, церан г1иллакхаш девзаш стаг ву Берса а. Ший а догц1ена, оьзда ши къонах а ву. Халкъалахь сий а ду церан.». Цуьнан самоно лоьцура гонд1а мел тийна а шур-шур. Варин мостаг1ий бу дуккха а. Царах уггар кхерамениг Ч1ебарлара Г1удантан Мудар а волуш.
1609 Стешха, йамарт ж1аьла ду иза. Ч1ебарлахь наиб волчу цуьнгахьа ду 1едал а. Мудар санна, къиза, сийдоцуш хилла цуьнан ваша вийна Варас. Амма иза т1екхиац Варина. Буьрса терсаш, т1улгийн бердах леташ, охьахьаьдда доьду Орга. Аренга мел дели, к1адлуш, г1еллуш, чож детташ, тийналле доьрзу иза.
1610 Адаман амалх тера. Къоначу хенахь дахарехь маршо лоьхуш, иштта карзахе некъ бо стага а. Т1аккха, шовзткъа шарал т1ех ма-тиллинехь, хийцало. Наггахь йовхарш тухуш, ша висча, лазаршна узарш деш, кхин г1ар-г1овг1а йоцуш, тийна лаьтте воьрзу.
1611 Эхарта. Варин хьажар йуьртан лаха йистехь г1ийла ша къегачу серлонна т1ехь соцу. И къуьда богучу ц1а чохь вехаш ву цуьнан доттаг1 Вагин Паша. Къайлаха обарг ву иза. Обаргашна къайлаха г1о а до Пашас, наггахь цаьрца къола дан а вог1у.
1612 Шена и шен доттаг1 дика вевза моьтту Варина. Варина хаац и шен доттаг1 Г1удантан Мударна ахчанах вохкавеллийла... Цо х1инца кхечу х1уманан ойла йо. Цунна дагах гилгаш дуьйлу, шена кестта шен доьзал гург хилар дагадеача. Ойланца цо хьоьсту шен жимахйолу йо1 Беди.
1613 Хетало, ша цуьнан 1аьржачу, к1едачу месашна куьг хьоькхуш санна, иза кегийчу куьйгашца йуькъа йаьлла сирйелла шен маж кегош, хебаршка ихна лаг мара а къуьйлуш, йоьлуш санна. Кхо йо1 йу цуьнан. К1ант вац. Варел т1аьхьа цхьа а боьрша стаг ца вуьсу церан доьзалехь.
1614 Варел т1аьхьа оцу зударийн дола хьан дийр ду-те? Наха дуьйцуш ирча эладитанаш ма ду Кестта берриг божарий салт бохур бу, халкъ керста дине дерзор ду, т1аккха гаурша зударий сийсазбийр бу бохуш Йалх шо хьалха т1амехь вийна Къона, куьце, майра, хаза к1ант вара Леча
1615 Нохчмахкан хьаннашкахь воьжна. Зуда йало а ца кхии... Йа оцу паччахьан, цуьнан инарлийн, эпсарийн, хьаькамийн дай-наной, йижарий, зударий, бераш дац-те? Йа царна ца деза-те шайн бераш? Йа, шайна бен, доьзал безац моьтту-те царна?
1616 Йа оцу паччахьан, инарлийн, эпсарийн кийрахь дегнийн метта т1улгаш ду-те? Х1унда белхабо цара нохчийн наной? И ойланаш дуьххьара йеш йац Варас Лаххара а шовзткъа шо ду цо и ойланаш йен а, оцу хаттаршна жоп ца карадо а Варас халла хаалуш урх озайо
1617 Беречух кхетта дин, 1ад санна, булалой, д1аэккха кечло. Хьеречу Органна чу а баьлла, шуьйрачу некхаца и пурх хедош, дехьа берда т1е а болий, шийла хи охьадожош, бегало и. Меллашчу боларахь йуьрта воьду Вара. Амма ойла йуха а, хьаьвззий, доьзална т1ейоьду.
1618 Цхьа масех минот йаьлча, зуда а, бераш а гур ду цунна. Ткъа цхьана пхеа баттахь сатоьхча, чекхдер ду цара хьоьгу 1азап а. Б1аьсте йаьлча туркойн махка баха кечлуш бу нохчий. Уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вер ву Вара шен доьзалца.
1619 Цхьана хенахь ши доттаг1 вара и шиъ. Т1аьххьарчу ткъа шарахь, цкъа а вовшех ца къаьсташ, паччахьан эскарех летта. Воккха наиб хилира Сайдуллех. Х1инца паччахьан эпсар ву. Шемалан цхьаболу наибаш, молланаш паччахьан 1едало шена гергаозийна.
1620 Церан шортта алапаш, даьхний, мохк а бу. Доцца аьлча, нийсо йац-кх кху дуьненахь. Туркойн махкахь мукъана а карор бац-те синтем, сискал а? Дийца-м дуьйцу, бусалба паччахь волчохь Дала лур ду-м боху Дахана, хьовсур ду-кх Шайн даймахкахь б1арзбелла хьийза х1орш
1621 Кхузахьчул хала хир дац хир ду цигахь. Хила декхар дац. Оцу ойланашца Вагин Пашин керта воьллачу Варина ца хаьара кхана схьакхета малх шена гур боцийла... 9 корта. Бал чекхбаьлча. ... Х1етахь бохо безара вайна зуламе болчу ламанхойн шайн даймахке безам, дезара царна йуккъе девнаш, питанаш тийса.
1622 ... Х1етахь цаьргара т1еман шпионство а, йамартло а оьшура вайна... Н. А. Добролюбов. Дезчу денна кечйелча санна йара тахана Владикавказ. Петербургера йухавирзина Карцов ган баьхкинера уьш. Х1оранна а лаьара цунна билгалвала.
1623 Инарла маг1арчу т1еман начальникех вацара. Кавказехь г1уллакх дан вале Александр 11-ний, цуьнан вешиний т1еман тактикех лекцеш йоьшуш хиллачу цуьнан х1инца императоро догъоьцура. Кхин ца хилча а, Коьртачу штабан начальник-х вай иза.
1624 Доттаг1чун сийнна сийсара Лорис-Меликовс х1оттийначу банкете баьхкина хьеший тахана д1асаоьхура. Карцовн лаамца кхузахь биснера отделенийн, округийн начальникаш, полкийн командираш. Кхузахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа, правительствос цхьамог1а сацамаш т1еэцна.
1625 Петербургехь волуш оцу хьокъехь сан къамел хилла цуьнан локхаллица Милютинца, Цуьнан Императорски Воккхалло къобалдо кавказски 1едалийн д1адолор. Г1уллакх зиэн-зулам доцуш дерзаран жоьпалла уггар хьалха шуна т1ехь дуьсу. Цундела суна хаа луур ду Нохчийчохь тахана долу хьал.
1626 Областан начальникан запискех йукъара хьал хаьа тхуна. Округан начальникашка сан дехар ду, шайна хууш дерг, цхьа жиманиг а буха ца дуьтуш, схьадийцар. Амма уггар хьалха суна ладог1а луур ду йуккъерчу Отделан начальнике. Аннин орден а нисйина, йайн йовхарш туьйхира цо.
1627 Кхузарчу хьолах лаьцна айса регулярно областан эскарийн командующега, цуьнан локхалле инарла-лейтенанте Лорис-Меликовга донесенеш йеллехь а, амма хьан локхаллин лаамна жоп луш, к1еззиг дерг а к1ел ца дуьтуш, дуьйцур ду ас...
1628 Инарла-майорна Кундуховна уллохь 1ен 77-чу Тенгински полкан къона командир, флигель-адъютант полковник эла Николай Иванович Святополк-Мирский резавоцуш д1асахьаьвзира. Цунна дика бевзара къамелна т1ера гуьржий. Мундирна т1ера схьайетталора цунах йисина дезачу 1ат1арийн хьожа.
1629 Ткъа йоь1ан нана Нина Ивановна резахилла хьоьжура цушинга... Охх1ай, кху Кавказе веачхьана, цуьнан самукъадаьлла буьйса и цхьаъ йара-кх. Кхин йог1ур йуй-те иза? Амма иза дан вайн ницкъ кхочур бац, нагахь санна, 1едало сацам т1еэцна ма-хиллара, царах цхьа дакъа кху махкара д1а ца даьккхича
1630 Нагахь санна уьш нуьцкъала махках баха вай г1ортахь, г1уллакх вайна инзаре зиэн ца хуьлуш доьрзур дац. Стенна оьшу, шозза шиъ диъ хилар ч1аг1деш, оццул деха хабар?» Амма элан хьажар дехха сецира цхьана маь11ехь леррина йиллинчу танг1алкха10 корта разбаьккхина кхозучу ламанхочунна т1ехь
1631 «Чов йина, йийсаре а лаьцна, ша Хаси-Юьртарчу килсан майданахь ирхъоьллинчу Бойсаг1аран сурт-м дац хир ду цо диллинарг? Цига кхалха шайна лаар схьахьединарш тахана цкъа дуккха а бу Дийнна йарташ, тайпанаш Вайна оьшучел а сов
1632 Амма, д1абаха кечбелла, новкъа бевлла белахь а, шайн сацамах уьш бохо тарло Турце кхелхинчу кубански ламанхошкарчу хьолах лаьцна деанчу хабарой, цига кхалхаза буьсучийн г1уллакх жимма а толур дуйла хаарой. Хьалха ас ц1е тоьхначу новкъарлонех-м графо Игнатьевс 1алашдийр дара вай.
1633 Коьртаниг х1ун ду аьлча, нохчий кхалхор долийнарг вайн правительство хилар дукха йоккхачу къайлехь латтор ду. Нагахь, правительствон берриг нохчий Турце кхалхо ойла йу аьлла, шайна хеталахь, берриш цига д1аг1оьртур бу уьш йа, цхьа а ца воьдуш, дуьхьалбевр бу, шаьш нуьцкъала махках ца бахахь.
1634 Цуьнан локхалло Лорис-Меликовс сайна т1едиллинарг кхочуш а деш, сайн лазутчикашкахула ас леррина терго латтайо нохчийн ойланна т1ехь. Цара т1екхоьхьучу хаамашка ладоьг1ча, цхьа дакъа нохчий кхалха кийча бу. Кхалха массарна а лаьа, амма вай шаьш д1а ца хецарна а кхоьру.
1635 Ткъа ас, аш т1е ма-диллара, оцу г1уллакхна йукъахь вай дакъалоцуш хилар ца хаийта, кхалхорна вай дуьхьал долчуха, амма кхалхарх церан дог ца доккхуш, ларлуш, политика д1ахьо царна йуккъехь. Шен хан т1ех1отталц, церан ойла ч1аг1йан йеза.
1636 Кхин а ду цхьаъ суна ала лууш. Кхалхо беза хан т1ех1оьттича, кхелхачаьрца д1аваха кечвина цхьа наха лоруш болчех, нах т1аьхьах1уьтту болчех кхелхачийн коьрте а ваьккхина уггар хьалха новкъа ваккха вешан масех стаг хила веза вайн.
1637 Цкъа-делахь, и г1уллакх дийриг, царна, уьш резабеш, ахча дала дезар ду вайн, шолг1а-делахь, вай т1елаца деза, нагахь и масех стаг, д1акхаьчча, цигахь виса реза ца хилахь, царна йухаберза бакъо йала. Суна хетарехь, Александр Георгиевича иза г1уллакхна дойъуш ду.
1638 Йукъахваьккхинчу Тумановс, ойла ца гуллуш, маситтаза йайн йовхарш туьйхира. Шолг1ачарна, ах бахархой кхузара д1абевлча, шайн аьтто хир буйла хууш, бухахь совца лаьа. Баккхийчара догдиллина шаьш тоьлург хиларх. Карзахбевлларш кегийрхой а, зуькархой а бу.
1639 Шаьш вовшах а тоьхна, шайн коьрте х1отта цхьа т1еман баьчча хилча, тахана а г1аттам бийр бара цара. Шеко йац, арахьарчу мехкашца вайн т1ом болабелча йа чоьхьа муьлхха а цхьа хьовр-з1овр хилча, и баьчча гучувериг хиларан а, вайн аьтто бацарх цо пайдаоьцург хиларан а.
1640 Сан агенташ мукъа 1аш бац. Вайна дуьхьал аьлла дош а, д1атесна ког а сихха суна т1екхачабо цара. Г1аттамна кечлуш бу боху хаамаш саццаза т1екхоьхьу. И эладитанаш б1аьсте йолуш даим а хуьлу нохчашлахь. Цкъацкъа вайна зуламе довлу уьш, цкъацкъа хабар хуьлий дуьсу.
1641 Амма, адам кхалхо долийча, цара сацамболлуш дуьхьало йийриг хиларан шеко йац. Хьехориг мархин бутт чекхбаьлча бохуш ду. Цундела Нохчийчохь вай кийча хила деза муьлхха а г1аттам йуьххьехь хьаьшна д1абаккха. Цунна ницкъ оьшу. Оцу г1уллакхна кху областехь болу вайн т1еман ницкъ к1езиг хета суна.
1642 Нагахь нохчий нуьцкъала махках баха дезахь йа муьлххачу г1аттамна хьалхе йаккхархьама, цкъа-делахь, и регулярни эскарийн дакъош Воздвиженский, Ханкалехьа Грознина уллой, Бердак1еллий уоза деза. И г1уллакх дан дезар ду апрель бутт йуккъе балале.
1643 Т1аьххьара а суна ала лаьа, инарла Кундухов дуьхьал воллучуьра, майоран Оспановн а, майоран Ипполитовн а галморзахаллаш къасто йезар... Майоро Ипполитовс сайга йазйинчу донесенин копи ас Мусса Алхазовиче йелла, цо суна кхоччуш жоп а делла.
1644 И эладитанаш Сайдуллера схьадуьйлуш ма дац. Хууш ду, цуьнан мостаг1ий, арахьа хьовха, цуьнан шен бартахошлахь а хилар. Церан болх бу иза берриг а. Делахь а, массарна а кхеташ хилийта, Мусса Алхазовича шен къамелехь доцца аьр цунах лаьцна.
1645 Цуьнан йехачу йуьхьа т1ера нелачух терачу кегийчу б1аьргаша а, т1ехабийначу дуткъачу балдаша а цунна дагатосура къиза стаг. Баккъал а, дукха хан йоццуш Нохчмахкахь а, Органца а хилла г1аттам хьошуш цо а гайтира шегара массарчул т1ех къизалла.
1646 Х1инца нийсса шийтта шо даьлча, Мазлакна уллохь цуьнан безамна боккха барз беш, иза Петербурге д1а а хьажийна, цо Лорис-Меликовн меттиг д1алоцур бу, оццу шарахь цо къиза хьошур бу Нохчамахкахь хилла нохчийн т1аьххьара боккха г1аттам.
1647 Стенна делахь а, мекарчу Беллике к1оршаме хьоьжуш, шен туьран макъарх тесна хьесан к1ужал ловзош 1ен Кундухов каде хьалаиккхира. Шуьйта г1опе хиъна, зударийн эладитанашка ладег1ар бен, цо деш х1ума дац. Суна хаац, аш оцу цхьогална эзар десятин сов латта х1ун динчунна делла.
1648 Массарна а хьестало! Нохчо а йалийна, вуьшта а къечу ламанхошкара схьа а дохуш, латта шен стунцахошна д1адекъна И ша ву Аргунски округехь нах карзахбийларна бехке Шен донесени т1ехь цо йаздийраш дуьхь-дуьхьал ду Ша х1уьттаренна ца лелахьара, цо йаздинарш цхьа бух болуш, нийса хир дара
1649 Ткъа Сайдуллех дерг аьлча, ас сайн декхар лору майорах Сайдуллех дерг шуьга нийсса д1аалар. Со ма11арел шек вац цо д1ахьош болу некъ нийса хиларх. Цул сов, нагахь вай долийна доккхачу маь1не г1уллакх кхиамца чекхдалахь, оцу кхиамна правительство уггар хьалха декхарийлахь хир йу майорна Сайдуллина.
1650 Цул сов, со цуьрриг шек вац, шена т1ехь и харц эладитанаш кхоьллина шен мостаг1ий хьог1е, йаьсса туьтанаш хилар цо кестта бакъдийриг хиларх. Майоран Ипполитовн кехато сан дог дохийра. Амма, ас г1уллакх тешна дийцарх, ма мотталаш, вайна кхерам бац.
1651 Нохчийчоь шуна йевза. Б1е шарахь сов кху Кавказехь хьовр-з1овр латториг и йу. Вайна ма-хаъара, Нохчийчоь х1инца а къарйелла к1елсецна йац. Иза Россин уггар кхераме а, нуьцкъала а чоьхьара мостаг1 ву... Сурт ма-диллара кхераме а дац шайт1а!
1652 Т1ехула т1е, суна ирча хета, господаш эпсарш, Нохчийчоь оццул нуьцкъала, кхераме мостаг1 шуна хеталуш. Вай т1еман нах ду, господаш эпсарш. Вайх х1оранна а дика хаьа Россин истори. Дуй кху дуьненахь оьрсийн герзана к1ел соцур доцуш халкъ?
1653 Б1еннаш шерашкахь царна т1елетара золотоордински кочевникаш, немецки рыцарш, шведаш, полякаш, туркой, персаш. Х1ун хили царах? Россехь шина б1е шарахь сов олалла дина татаро-монголаш шайн йаьссачу аренашка д1алаьхкина Цхьа шо далале церан мохк Российски имперех схьатухур бу
1654 Шведаш, немцой меттахъхьа ца баьхьа. Польша вайн кога к1ел йу. Туркой а, персаш а, отуш, д1алоьхку... Чохьболчарна т1ехула курра б1аьрг тоьхна, охьахиира Экельн. Амма хьуна иза хьайна оьшшучул бен хаац. Ахча а, чинаш а, хастам а лоьхуш кху махка баьхкинчу нахана иза кхин хаа оьшуш а ма дац.
1655 Х1етте а, и хьан хаарш жимма к1аргдер ас. Оьрсийн турпалчу халкъо шена т1ера д1акхоьссира татаро-монголийн къиза олалла. Бетах х1ума туьйхира Россина чуг1оьртинчу тевтонашна, шведашна, шляхташна, французашна. Россина цхьа шо а, цхьак1еззиг эскарш а тоьира Казански а, Астрахански а ханстваш д1алеца.
1656 Г1алг1азкхийн жимачу отрядца йерриг Сибирь карайалийра Ермака. Кавказера д1алаьхкина туркой, персаш а. Дуьхьало йоцуш, триумфале хьалха оьху Туркестанехь а. Амма, нохчийн жима мохк д1алаца г1ерташ, вай хаддаза т1ом беш долу дезткъа шо кхечи.
1657 Х1етте а, тахана а вайн империна къарйелла к1ел сецна йац Нохчийчоь. Вай кхечу даккхийчу къаьмнашна, дийнначу пачхьалкхашна т1екхийсинчу хьалхалерчу дерриг а куйнаш к1ел совца тигац и «декъаза нохчий», цара уьш, иэт1ош, д1акхуьйсу.
1658 Массанхьа а толамаш баьхна вайн герз кхузахь, артделла, сецна, господин Экельн. Тахана уггар машаречу хенахь а шовзткъе йалх батальон г1ашлой, донски г1алг1азкхийн кхоъ, драгунски цхьа полк лаьтта цигахь йиллина. Кху некъехь Кубанера ши полк йалийна областе.
1659 И герзан ницкъаш бу хьуна Терски а, Сунженски а г1алг1азкхийн пхеа бригадал сов. Кхечу пачхьалкхашца т1ом иэккхахь, Нохчийчуьра нийсса ах эскарш д1адига дезар ду вайн. Т1аккха цигахь хиндерг, ас ца дийцича а, хаьа шуна. Ткъа господино Экельна Кавказски т1еман истори 1амо йезий-те, моьтту суна.
1660 Нагахь хьайна и йерриг 1амош къахьега ца лаахь, хьайн полкан истори мукъана а 1амайе. Иза Нохчийчоьнах тийсало нийсса б1е шовзткъа шо ду хьуна! Кхузахь стаг дахаро а, шатайпачу хьелаша а 1амаво Хьо а 1амор ву хьан бертаза Хьомсара Эдуард Филиппович, хьо дукха т1ехула хьоьжу мостаг1чун ницкъе
1661 Хьан б1аьргашца вай Нохчийчоьне хьийсахь, цо х1инца а дуккха а къахьоьгуьйтур ду вайга. Ипполитов бехке ван а, суна цхьаммо а иза бехказваха а ца вог1у. Иза хьекъал долуш, т1едиллинарг ц1ена кхочушдеш администратор ву. Бакъду, кху некъехь Сайдуллин хьокъехь г1алатваьлла иза.
1662 Цуьнан донесени, шалхо йоцуш, доггах йазйина йу. Ткъа аш, господаш окружни начальникаш, нохчашкара герз д1аэца а, уьш салт баха а, керста дине берзо а, царна т1е текхамаш бахка а, латта д1адаккха а, уьш нуьцкъала махкахбаха а вайн 1алашо йоцийла хаийта халкъе.
1663 Йарташка ас командировать винчу полковнико Муравьевс халкъе д1а ма-хьедарра, правительствос цхьа а нуьцкъала Турце кхалхор вац, амма воьдург сацор а вац. Луурш а бохуьйту бухабуьсучийн аьттонна. Лаххара а апрель бутт чекхболуш кхелхачийн хьалхара партеш новкъа йаха дезар ду вайн.
1664 Ас йуха а боху шуьга, берриг нохчий кху цхьана шарахь кхалхалур бац д1а. Кху шарахь вай д1ахьовсораш вайн 1едалца цкъа а машар хир боцурш бу. Бисинчаьрга шайна йалташ дерна г1айг1а байта беза. Михаил Тариэловича цкъа соьга ма-аллара, тахана Нохчийчоь иэккха йоллучу вулканах тера йу.
1665 Бакъду, хьалхалера бехачу, халачу т1емийн зама д1айаьлла цигахь. Х1етте а, к1еззигчу ханна, амма довхачу тийсадаларшна ницкъ оьшучул а т1ех бу нохчашкахь. Правительствон ч1ог1а сагатдо зуькархойн стамлучу тобано а, йарташкахь берашна вовшахдеттачу спартански ловзарша а.
1666 Нохчийчоь къарйала дагахь йац. Иза вайн кога к1ел соцур йац, вай кхин а б1е эзар г1алг1азкхи нохчашна йукъа охьа ца хаавахь, цигахь йолу т1еман г1аьпнаш ч1аг1 а йеш, кхин керланиш ца йог1ахь. Иза дан доьлча, дукха хан а, йоккха харж а йеза.
1667 Цига г1алг1азкхийн керла станицаш йахка доьлча а, ах нохчий, махках баьхна, Россин к1оргерчу губернешка кхалхо деза вайн. Амма нохчашкара дера дуьхьало йоцуш иза хир дац. Терски областехь машар х1отторна уггар аттаха болу некъ нохчий Турце кхалхор лору правительствос.
1668 Шуна ма-хаъара, кху итт баттахь къайлаха цунна кечам беш ду вай. Нагахь санна кхалхоран инициатива правительствера схьайаьллийла царна хаахь, г1уллакхан кхиаме догдохийла йац вайн. Иштта а, вуьшта а, цхьа дакъа нохчий махкахбахар правительствон хийца йишйоцуш сацам бу.
1669 Х1инца цкъа вай схьалаьцнарг бертахь некъ бу, амма, ца хуьлчу даьлча, герзан ницкъе кховдаза а девриг хир дац. Цундела, балхана йа тактически 1аморна алий, кху областера дерриг эскарш Нохчийчу лагершка х1иттаде. Уьш кийча хила деза муьлххачу а минотехь г1уллакхна.
1670 Цундела, хьомсара Христофор Егорович, сан дехар ду хьоьга, арахьарчу мехкашкара кхерам болу бахьана а х1оттадай, кхоалг1ачу запасан г1алг1азкхий, муьлххачу а меттигна кийча хилийта, тоьпана к1ел х1иттор. Соьгахьара мукъа ду шу.
1671 Эпсарш арабевлча, хьалаг1еттина, куьйгаш д1аса а тосуш, дег1 саттийна, меллаша чухула д1асаволавелира Карцов. Къайлабаьккхина инзаре боккха цабезам бу цуьнан Россига. Амма цуьнан бертаза цкъацкъа гучуболу иза. Со воккхаве иза кху махкара д1аволуш.
1672 Хьо реза вуй соьца, Михаил Тариэлович? Лорис-Меликов жоп ца луш хьевелира Суна цо цергаш гайтина дикка хан йу Амма цо х1инца дийриг, шена лаахь а, ца лаахь а, вайн правительствона доккха г1уллакх ду Делахь а, со тешна ву, мацца а цкъа иза вайна йамарт хирг хиларх
1673 ... Цаьршимма д1ахьуриг нийса некъ бу. Кху т1аьххьарчу хенахь Кундуховс башха лечкъа а ца бо вайга болу шен цабезам. Амма кестта, Дала мукъалахь, иза а, важа а шайн берзалойн ардангца гена вер ву кху махкана. Цунах г1оли хуьлуш, садетташ 1а со.
1674 Делкъал т1аьхье ц1евзина йеара. Малх ц1еххьана къайлабелира, дера корех бетталуш, ц1ийзара къилбаседехьара хьоькху шийла мох. Корах арахьаьжча, стигалахь 1аьржачу мархийн ж1омар гина, догдуьйхира Карцовн. Нагахь йочанаш йолалахь, кестта Кавказски ломан дукъах чомахь т1ехвалалур вац иза.
1675 Ткъа Петербургера цо дохьурш сихха д1акхача везаш г1уллакхаш ду. Ма хаза йара иза Петербургски Императорски т1еман академехь профессор волу хан! Цо т1еман тактика хьийхира паччахьна Николай 1-чунна, Михаил Николаевична а, Николай Александровична а
1676 Х1инца йалх шо кхочуш доллу иза Кавказехь волу. Кхуза иза кхачарна бехкениг цуьнан хьоме дешархо Михаил Николаевич ву. Бакъду, кхузахь Карцовна хиллачу къинхьегамна йал-м йелла цо. Шайн 1едал шордан, ч1аг1дан, вовшийн мехкаш д1алеца г1ерташ, вовшашца луьра къийсам лаьттара царна йукъахь.
1677 Оцу къийсамехь татолашца ц1ий 1енара х1уманна а бехке доцчу церан доларчу халкъийн. Массарначул а т1ех даккхий зиэнаш хуьлура царах массарех а бозуш болчу нохчашна. Оцу т1емашкахь тоьллачийн цхьаьнгара кхечунна дола бовлуш, 1азап тоькхура цара, цкъа а маршо ца хуьлуш.
1678 Т1ебаьхкинчу феодалашна дуьхьал церан г1овттамаш а кхиамза чекхбовлура. Царах х1оранна а лаьара х1окху исбаьхьчу 1аламан уггар а коьрта-стратегически мехкан да хила. Кхузара д1а Месопотаме, Инде, кхид1а Малхбале кхийсабала шатайпа аьттоне залк-мулк йара Кавказ.
1679 Оцу пачхьалкхийн хьеран т1улгашна йукъа нисделира кхузара халкъаш. Т1еман г1ирсаца а, политически а, дипломатически а мекарлонашца а, феодалийн лакхенаш къаьмнашца цхьаьна иэцарца а уьш шайгахьа даха г1ертара Иран а, Турци а.
1680 Оцу 1алашонца царал х1умма а т1аьхьа ца йисинера паччахьан Росси а. Къилбехьарчу х1ордашка йала ков доцуш лаьттачу цуьнан, Кавказ д1алаьцча, аьтто нислора шина х1ордан да хила. Малхбузерчу паччахьаша санна, цо а сатуьйсура малхбалерчу хьолечу рынкашка.
1681 Кавказехь шайн олалла х1отторехьа йаккхийчу пачхьалкхаша латточу къийсамехь толам баккха аьттонаш алсам бара Россин. Нагахь санна феодальни Иран а, Турци а чоьхьа цамгар кхетта, мартлуш, 1енаш хиллехь, ткъа Росси, х1етта ницкъ 1а1ош, кхуьуш йоккха, къона пачхьалкх йара.
1682 Россин г1оьнца шаьш г1алмакхойн, г1ебартойн, дагестанхойн феодалийн олаллех маьршабовларе догдохура нохчаша. Амма оьрсийн паччахьаша а Кавказ д1алаца г1ерташ колонизаторша мел лелийначу г1ирсех пайдаоьцура. Меттигерчу феодалашний, къаьмнашний, тайпанашний йукъа мостаг1алла туьйсура.
1683 Къаьмнаш шайн феодалашна дуьхьалдохура, т1аккха хьалхарчарна г1о дора уьш хьиэша. Цкъа шайн феодалех бевдда ахархой т1еоьцура, т1аккха, феодалашца барт а бой, йуха церан кара д1алора. К1езиг бацара оьрсийн паччахьан политикина резабоцу ламанан халкъийн феодалаш а.
1684 Доллучул а уьш карзахбохура церан коьрта хьал долу латта паччахьан 1едал шен тергам к1ел даккха г1ортар. Цундела, паччахьца бартах къаьхкина ца 1аш, цкъацкъа даррехь цунна дуьхьал а бовлура цхьаццаболу феодалаш. Ткъа паччахьан правительствона хаьара цаьрца ша лело дезарг.
1685 Шена муьт1ахь хила ца туьгучарна луьра та1зар дора, шена тешаме болчарна чинаш, орденаш, даккхий алапаш, оьмарна пенсеш лора. Г1ебартойн элашна а, цаьрца бертахьчу нохчийн тхьамданашна а дуьхьал ахархой г1евттича, хьалхарчара г1о доьхура Теркахь, Г1изларехь, Астраханехь болчу паччахьан воеводашка.
1686 Амма паччахьан воеводийн аьтто бацара даим д1а Нохчийчохь шен эскарш латто. И та1зархой кхузара д1а ма-бевлли, халкъ йуха а г1оттура шайн олаллахошна дуьхьал. Паччахьан 1едало дуьхьало йоцуш т1еоьцура уьш, паччахьна муьт1ахь, тешаме хила цара дуй биъча.
1687 Нохчашна дихкинера Терка т1ерачу шахьаршца махлелор. Йа царна, кхечу къаьмнех къастийна, лаккхара пошлина х1оттайора, Нохчийчу эчиг, туьха а дохкар гуттар а ч1ог1а дихкинера. Иштта бигначу дуьйцу цахезначу 1азапехь латточу амалтех йуьзна йара дозанца йолу паччахьан эскарийн г1аьпнаш.
1688 Меттигера бахархой к1ез-к1езиг лома к1ел лоьхкуш, церан латтанаш пачхьалкхан дола а дохуш, кхузахь т1еман г1аьпнаш йуг1ура. Нохчийн дуьххьарлера антифеодальни, антиколониальни боккха г1аттам хилира 1708-чу шарахь. Шозза кхузахь г1аттам хьаша даьхкира Донан г1алг1азкхийн а, г1алмакхойн а эскарш.
1689 Т1аьхьа цхьамог1а экспедицеш йира полковникаша: Кека, Рика, Коха, Пьерис; инарлаша: Теккелис, Бибиковс, Булгаковс, Розена, Гудовича, и. д1. кхечара а. Колонизаторски политико а, инарлийн къизалло а керл-керла г1овттамаш кхуллура.
1690 1785-чу шарахь алдахойн жа1у шайх Мансур коьртехь колонизаторшна дуьхьал г1еттира йерриг Нохчийчоь. И г1аттам сихонца баьржира 1аьржачу а, Каспийский а шина х1орда йуккъехь дехачу дерриг ламанан халкъашна йукъа. Шайх Мансур дуьххьарлера имам вара ламанхойн.
1691 Иза коьртехь волуш ворх1 шарахь йиначу дуьхьалоно болийра иттаннаш шерашкахь бахбелла Кавказски ламанхойн къоман маршонехьа къийсам. Йуьхьанца бартбоцуш хилла церан и болам, цхьа ткъе итт шо даьлча, буьрсачу ницкъе бирзира. Шлиссельбургски набахтехь веллачу шайх Мансуран метта г1еттира Бийболат.
1692 Т1аккха Г1еза-молла, Шемал. Шемала малхбузехьара ламанхой г1овтто а, царна т1ехь куьйгалла дан а вахийтина нохчо Мохьмад-Эмин а. Шо1ипа а, Т1елхага а дуьненан т1еман исторехь керла школа кхоьллира. Хьаннашкахь буьйсанна т1ом барехь керла тактика йукъайалийначу Шо1ипах 1емира оьрсийн инарлаш.
1693 Цо дуьххьара т1еман историна йукъайалийра эскар даьржина т1елета тактика. Т1елхага дуьххьара кхоьллира «кхалхош» йолу батарея. д1. кхин а. Амма оцу инарлех цхьа а вацара, нохчийн наибийн тохаршна к1ел букъ а берзийна, цкъа йа масазза а вадаза.
1694 Х1окху Нохчийчохь т1ом ца бина эпсар бакъволу эпсар-кавказхо ца лорура эскарехь. Цундела Кавказски т1еман шерашкахь кхуза г1ертара г1арабовла лаьа къона аристократаш, тайп-тайпана авантюристаш. Цхьана масех минотехь и дерриг коьртехула чекхделира Карцовна.
1695 Дерригенна а бехке правительство йу. Цунна лела хиънехь йа лиънехь, тоххара машар бина, Россина муьт1ахь хилла, севцца хир ма дара и 1аламан бераш. Дерриг галдаьккхина меттигерчу администрацис. Уьш бу массанхьа а. Паччахьан ц1а чуьра охьа провинцешкахь, эскаран дакъошкахь.
1696 ...». Лорис-Меликов чувог1уш хааделла, схьавирзира Карцов. Сиха а, гена а мел бехи, дикахо ду. Х1инца цкъа-м дика д1адоьдура г1уллакх. Делахь а, кхоьру-кх. Сацам хийца дукха х1ума ца оьшу царна. Молханах тера къам ду иза. Цхьа суй тоьу иза иэккхийта.
1697 Т1ехула т1е, Нохчийчохь даим а вайн аьтто бохориг цуьнан географически хьелаш ду. Кубански ламанхой махках баха-м х1ордо аьтто бира. Ткъа кхузахь нохчий Турце бига беккъа цхьа Гуьржийн Б1аьн некъ бен бац. Царна т1ехь гайтина хила йеза нохчий д1атарбан Портас гайтина меттигаш.
1698 Т1аьхьа иза-важа ца бахийта. Нохчий вайн дозанашкахь сецо г1ертар бу уьш шайн ма-хуьллу. Цкъа хьалха, цхьа тешамболлу эпсарш коьрте а х1иттийна, цхьа-ши парти д1а а хьажийна, церан лорах буьгур бу вай бисинарш а. 1аламат низам долуш, оьзда эпсар ву иза.
1699 Ткъа тобанийн эпсарш кхузара айхьа билгалбаха. Сайдуллина пхи эзар, ткъа Цугаевна ши эзар сом дала дош а делла ас. Кхалха аьтто боцчу къечу нахана сту-говр оьцуш дойъур ду Сайдуллина деллачух ах. Цугаев дог иккхина ц1еххьана кхалхаро г1еххьачул хало йина тхуна.
1700 Амма цуьнан меттана кхин стаг карийна. Цуьнан вешин к1ант Шамхалбек. Суна хетарехь, кхалхош хинйолу йерриг харж кхузткъе итт эзар соьмал т1ех йер йац. Цул сов, Александр Петрович, вай ссылке бахийтина зуькархой Одессехула Трапезунде бигарна сихо йайтахьа.
1701 Уьш Турце бигна аьлла, даржийна оха нохчашлахь. Цаьршиннан къамел йукъахдаьккхира, йайн не1 тухуш, дари декош чоьхьайаьллачу х1усамнанас. Хьайца охьахаа аьтто-м муххале а ца хилийтира ахь, т1е, соьгара майра а д1аваьккхина. Дийнахь-бусий шайн г1уллакхаш айъина.
1702 Декъаза адамаш ду-кх тхо, шун зударий! Валол ший а ц1а Сан мехкарий а бу шуна сагатдеш Бехке ву со! Тховсалера суьйре хьан йу-кх Вало, Михаил Тариэлович Ваьшшиннан хьомсара нохчий тховса парг1ат буьтур вайша! 10 корта Кечам Цкъа схьа карадуьйлал шу, Т1аккха сихха гойтур йу
1703 Дерригенах кхетор ду, шайн. Хьоме лаьмнаш схьа ма-делли... Т. Г. Шевченко. «Кавказ». Кхушара хьалххе йеара б1аьсте. Х1етта хьалакъеддачу буьйдачу бацо сенйинера маьлхан басеш. Хьаннийн йистошкахь гучудуьйлура к1айн, можий, сийний зезагаш.
1704 Сенарш даьхнера хьаьрсачу хьечаший, туьркаший. Цхьа бутт бара даьхний дажа лоьхку. Дежийлашкахь х1инца а буц йацара, амма, сарралц кхаш т1ера г1овда лехьайой, туьппалгаш санна а хуьлий, ц1а доьрзура уьш. Амма б1аьстенна аха араволуш Хорт1ий, кхин цхьа масех стаггий бен вацара Гати-Юьртахь.
1705 Хиндерг цахааро дог даьккхинера дерригенах а. Шаьш кху махкахь дуьсург хиларх тешам байъинера нехан. Шахьби коьртехь волуш цхьа иттех доьзал Турце кхалха кечлуш бара. Бисанчийн ойла йацара махках бовла. Амма йалташ дерна кечам бан г1ерташ вацара цхьа а.
1706 Х1ун до эрна къахьегна? М1аьчига бехк ца буьллура нахана Кху т1аьххьарчу ткъе итт шарахь масазза х1аллакдинера церан йалташ Т1аьххьара минот т1ех1отталц летий, дийна бисинарш орца к1егарбовлура уьш Т1аккха йолалора акха къизалла
1707 Уггар хьалха ц1е тосура йуьртарчу ц1енойх. Дагадора цара 1аьржачу денна хьежо йалтийн рицкъанаш, 1аьнна кечдина докъарш. Дагаршца хедош, охьадохкура хиллачу стоьмаша саттийна бошмашкара дитташ. Хьайбанаш шаьш ларочулла д1адуьгура, дуьсучарна тоьпаш йеттара.
1708 Ца дуьтура кхаш т1ера хилаза долу йалташ а. Мангалшца хьоькхуш, говрашца хьоьшуш, х1аллакдора. Дайшкахь дуьйна схьа масех б1е шарахь цара хьацарца 1а1ийна материале а, культуре а хьал цхьана дийнахь акхараллица х1аллакдора къацахетарша.
1709 Селхана шайн х1усамаш а, даа рицкъа а, кертахь даьхний а, кхаш т1ехь кхуьуш йалташ долуш хилла доьзал, шолг1ачу дийнахь уьш цхьа а доцуш, йерзинчу стигал к1ел буьсура. Бахам х1ун дара. Оцу дийно дийнна доьзалш х1аллакбора, ткъа йуккъера цхьаъ-шиъ ца хьош цхьа а доьзал ца буьтура.
1710 Ма дукха дог1ура иштта денош 1ай а, б1аьста а, гурахь а, аьхка а. Дуьззинчу ткъа шарахь Нохчийчоьнна т1ехь хаддаза лаьтташ 1аьржа к1ур бара. 1аьнан шелах а, б1аьстенан, гуьйренан йочанаш к1ел а. М1аьчигна цкъа а ца дицлора ишттачех цхьа де.
1711 Гати-Юрт талийна, йагийна, бошмаш хедийна охьа а йехкина, кхаш т1ейаьлла отряд, х1етта пхьаьрке баккха йоьлла хьаьжк1аш х1аллакйан йуьйлира. Салташа болх бора мангалшций, маьрсашций, таррашций, шаьлтанашций. Йуккъехула говраш хьийзош, отуш, охьадохкура сийна г1одмаш.
1712 Мукъа ца 1ара эпсарш а. Мукъа ца 1ийра оцу дийнахь инарла а. Йуккъерчу дег1ахь, горга йуьхь, лекха хьаж, 1аламат хаза дуькъа 1аьржа мекхаш долуш волчу куьцечу къоначу инарлас, салташна хьалха а ваьлла, тур детташ цхьа доггах хьоькхура М1аьчиган ирзо т1ера хьаьжк1аш.
1713 Салтийн дог-ойла г1атто, сих-сиха цаьрга мохь а тухуш забарш кхуьйсуш. К1айчу йовлакхца наггахь хьаж т1ера хьацар д1а а хьокхуш. М1аьчигна ца хаьара цуьнан ц1е. Иза инарла барон Ипполит Александрович Вревский вара... М1аьчига ша т1еоьцу сацам шортта ойла а йой оьцура.
1714 Цкъа биначу сацамна т1ера йуха а ца волура. Шахьбин г1оьнца кхелхачийн списки т1е а йазвелла, новкъа вала кечам бан вуьйлира иза. Дерриг а д1адоло дезара паспортна т1ера. Кхелхачарна паспорташ дахар шена т1елецира Хорт1ас. Иза шена оьцу-м, ца бохура цо.
1715 Пурстопана а, округан начальникна а шун х1оттой, Бурит1ахь хьаькамаш хьастий деза шена, бохура. Кхалха луурш дукха бу, ткъа 1едало уьш массо цхьана шарахь д1а ца хоьцу. Шен куьг хьаьстинчун г1уллакх до. Цигахь сардало ч1аг1бо.
1716 Х1етте а, паспорташ йаздечара г1уллакх ца до, шайна жим-т1ама х1ума ца йелча. Цул сов, Хорт1ас кхин г1уллакх а дира М1аьчигна. Сту иэца 1едалера кхо туьма даьккхира цунах ах шена лург. Т1аккха, паспорт хьайн карахь долуш санна, шеквоцуш новкъа вала кечамбе, элира цо М1аьчиге.
1717 Кхин йохка х1ума-м йацара М1аьчиган, шен йетт а, старг1а а дохка тахана Оьрза-Г1ала веанера иза. Йуххехьо, Шелахь а, дера, йара керла йиллина базар-м. Амма цига дукха адам листалора. Хьастаг1а цу базарахь де дайъира М1аьчига.
1718 Дагестанера, Х1ирийчуьра, Гуьржехара адамаш дара нахера даьхний эца цига таттаделла, и базар сийсош. Массарна а йорах йезара оьцург. Д1айухкучу х1уманан ах мах хедабора, цхьабарт бича санна. Хаьара, шаьш ца эцча, цаьргара уьш эца кхин воцийла.
1719 Узу хьелий дорах, д1адужу хьайбанаш деза дара. Нохчийчохь цхьаммо а ца духкура стерчий, буг1анаш. Кхелхачарна ворданашна, ткъа ц1ахь буьсучарна бахамехь оьшура уьш. Гонд1арчу къаьмнех болу нах, цунах пайда а эцна, санаш йохуш лелара.
1720 Шаьшкара даладой, стерчий, буг1анаш мехала духкура, ткъа кхузахь дорах эцна хьелий д1а а дуьгий, йоккха сайоккхура. Оцу мехашна реза а ца хилла, г1алг1азкхашлахь мукъана жимма мехехь шен даьхний духкийла а, стерчий оьцийла а хир дацара-те аьлла, веанера иза Оьрза-Г1ала.
1721 Сийсара Андриг1аьргахь буьйса а йаьккхина, 1уьйранна хьалххе базара ваьллера иза. Вуьшта а халла 1аьнах даьлла йеттий, старг1ий, бехачу некъо г1елдина, гуттар дакъаздаьллера. Селхана иза а, Коьра а кхуза кхаьчча, чожаш чу а кхетта, массо п1енда т1е а баьлла, настарш йегош, халла ирахь соьцура уьш.
1722 Сийсара Андрис сийна йол а, х1оъ а баийна, диларш мийлийна, дузийна и шиъ тахана жимма б1аьрла гора. Кху некъехь мел дикачу аттах а ца лора шина туьманал пхеа соьмал т1ех. Стерчийн мах хьалабаьллера. Базарахь даьхнина улло х1оьттина латтар бен, цхьаьнцце мах буьйцуш вацара М1аьчиг.
1723 Оцу дийнахь шен болх а, сада1ар а дитина цуьнан г1уллакхна араваьллачу Андрейс, цкъа хьалха М1аьчигца мах х1оттийна, йетт а, старг1а а дохкаран г1уллакх шен караийцира. М1аьчиган йетт, д1ора дикачу даьхнех а боцуш, амма хаза дег1 долуш, машанна дика йетт бара.
1724 Хьалха-м лаххара а кхо туьма лур дара цунах, амма тахана цхьа а пхийтта соьмал хьала ца волура. Цхьадика, старг1а 1уьйрре д1айоьхкира цара шина туьманах кхаа соьмах. Пхийтта сом бохург х1ун ду х1оккхул нисбеллачу аттах! Хьайн стунненера оьцур ахь
1725 Жимма 1ийча, и к1унзал вай бохучунна т1ебог1ур бу хьуна. И ца боьхкича, шен туркой болчу кхелхийла ма дац цуьнан. Ткъа вай ца эцча, цуьнгара иза эца кхин стаг вац... М1аьчиг ца кхетара цара дуьйцучух. Амма церан терсаро а, цабезамца къегачу б1аьргаша а иза кхиавора церан къамелах.
1726 Андрейс дов ца дора цаьрца. Дегнех т1улгаш хилла-кх шун! Ша деш х1умма а доцуш цига х1оьттина латта к1ордийна М1аьчиг, Андрейца Коьра а витина, ц1а воьдуш накъост карорга догдохуш, вевзарг гойла хьажа, базар йукъа велира Д1а мел хаьттинарг Теркйистера хуьлура
1727 Масех стаг вара Гуьмсера а, Борг1анера а, Устрада-Эвлара а. Амма царах цхьа а М1аьчигна вевзаш вацара. Нохчмахкара стаг карорах дог а диллина, йухавирзина иза ц1еххьана т1е1оттавелира шина шелахочунна. Цкъа-шозза Берсица цхьаьна Аьрзу волчу веана гинера цунна иза.
1728 Делера маршалла хуьлда хьуна! Хонкара кхалха кечамна араваьлла-кх Цецваьллачу М1аьчига д1а ца хоьцура Данч1ин куьг Данч1ин догдика йуьхь кхоьлира Цуьнан б1аьргаш чохь боккха сингаттам гора М1аьчигна Ас дукха корта биттира цаьрга, ц1ахь 1е бохуш
1729 Ладог1ац. Кунта-Хьаьжин вирдехь ма бу уьш. Шайн устаз цига вигна, цунна т1аьхьадоьлху шаьш, боху. Царах а къаьстина, ц1ахь муха 1ийр ву со? Сан лелар-м, дера, сан бертаза ма ду Цаваьллачу денна, йиша-вешех ваьлла ца 1ен 1овдал нохчий!
1730 ... Данч1ас резавоцуш корта хьовзийра. Кхозлаг1ниш тешна бу кхузахьчул цигахь шайн дахар дикахо хирг хиларх. Х1инца вай, цхьаммо когаш тоьхча, довда кечделла 1а. Йайна т1аьхье! Кхузахь мацалла ца бала Шайл т1аьхьа шайн берех керстанаш хиларна кхоьруш, шайн зударий сийсазбарна кхоьруш
1731 Шен са дадийна ца воьду цхьа а! Оцу стагаца 1алха дов деш а витина, Андрейний, Коьриний т1евахара М1аьчиг Амма йетт цара 1уьйранна д1атессинчохь лаьттара, чож чу а кхетта, настарш т1ехула охьа кхош ихна, кхузара д1аг1о вай бохуш санна, т1евог1учу М1аьчиге г1ийла хьоьжуш
1732 Ас-м берх1иттаннах луо, ма элира хьоьга. Даьхний дорах ма ду. Хьо санначу мискачу стагана, махках волуш а хилча, цхьа кепек дерг а дуккха ахча ма ду. Де суьйренгахьа лестича, ткъе пхиъ даларга догдохура ас. И шиъ безаш хьо гуонаха хьийзина ши сту х1етале цхьамма эцарна а кхоьру-кх.
1733 Дика мехехь, кегий дог1маш долуш, кхаба атта хир болуш ши сту бу и шиъ. М1аьчига г1ийла б1аьрг туьйхира дехьа кертах тесна лаьттачу тайшачу шина старе. Лоха, горга, кегий дог1маш долуш, каде хир болуш ши сту бара и шиъ. Дика-м, дера, даккхий стерчий ма дара.
1734 Амма, цкъа-делахь, М1аьчиган ницкъ бацара даккхий стерчий эца, шолг1а-делахь, хьанна хаьа, гена новкъахь лело хала хила а ма тарлора. Кхаба атта хир болуш, ламанан ши сту бара г1умкичо бухкург. 1уьйранна-м ворх1 туьма доцуш ца белира цо и шиъ.
1735 Оццул ахча М1аьчиган хуьлийла а дацара. М1аьчига, цхьана кога т1ера вукхунна т1е а вазвелла, к1есарк1аг чу м1араш хьаькхира. Х1инца даздина-кх уьш. Даьхний хьекхалуш, адамаш т1ехуьйшуш, т1етийжаш къагийначу йуьйцинчу кертах тевжина, цхьана ханна д1атийра Андрей.
1736 Шен сийна ши б1аьрг лаьттан б1аьра а боьг1на, стаммийчу п1елгашца месала 1аьржа маж а къажйеш, цхьана х1уманан-м ойла йора цо. Г1уллакх ца хуьлуш М1аьчиган ц1аверзар нисдаларна кхоьрура иза. Цхьана г1уллакхна йух-йуха а базара эхаро зиэн ма до.
1737 Т1ехула т1е, даьхний дено-дено дазлур ду. Миска, куьйгаш пхьуьйшашна чучча а доьхкина, корта белшаш чу а оьзна, махана букъ тоьхна, и бохбан г1ерташ, ша волччохь когаш бетташ воллу. Кху йуккъехула, цхьа х1ума кхосса дагахь, кхулуш йу стигал а.
1738 Сенбелла Коьрин мара а. Йуьхьа т1ера тхин чоьш ирах1иттина... Пхи туьма, пхи туьман пхи сом доцуш, хьала а, охьа а, лур бац-кх цо и шиъ... Нах т1ег1ерта боьлла цунна. М1аьчиг ца кхийтира. Селхана дуьйна цхьаьна ву и шиъ. Жимма 1ийча, базара ма-баьккхинехь, и ахча суна хьаъа а лур ду кхунах.
1739 Нагахь ас динчух хьуна г1уллакх хилахь, цул доккха хазахетар дац суна. Цхьана эха сохьтехь мах бийцинчул т1аьхьа г1умкичуьнгара пхеа туьманах пхеа соьмах эцна и ши стуй, Андрейс шена битина йеттий хьалха а лаьллина, Андрейг1аьрга д1авахара уьш кхоъ.
1740 Х1аваэхь лайн чимаш хьийза доьлча, шайн шийлачу духарх кхеравелла, ц1а ваха тохавелла Данч1ий, 1алхий урамехь ц1еххьана полковникна Белликна т1е1оттавелира. Нохчашца ч1ог1а т1екере стаг вара полковник. Марша дог1ийла шу! Ма воккхаве со шу гина!
1741 «Х1ара нохчий Турце кхалхаран г1уллакх т1аьхь-т1аьхьа тамашийна хуьлуш ма лаьтта. Х1окхара, иштта т1екхаьчча, схьадуьйцучуьнга ладоьг1ча, шеко йац аьлла, хетало. Амма дагахь ма-дарра муха дийцийталур дара-техьа?» Дуьлол со волчу хьошалг1а!
1742 ... Йуьрта веача, ас ма йоу шун сискал. Цхьаьний охьахевшина, цхьацца кад чаг1ар мер вай. 1алхин барзакъе хьаьжча, шийла дара и де. Цунна тегна хан а йицйеллачу чордачу чоаной, дерзинчу дег1а т1ейуьйхинчу г1овталой дуьхьало ца йора шелонна.
1743 Беллика чаг1ар хьахийча, т1аьхьах1отта лиира цунна. Цхьана сохьтана вайша т1аьхьависарх, галдала х1умма а дац. Хьеший шен кабинет чу бигира Беллика. Довхачу ц1а чу а ваьлла охьахиъначу 1алхин дог-ойла г1еттира. Уьш х1ун динчунна йелла цунна?
1744 ... Иза-м вайн массеран а да вай. Х1инца а цуьнан мидалшка хьоьжуш, хетало, царна т1ера ц1ий ледаш санна, уьш адамийн кортойх йича санна. Дукха адамаш дайъаран билгало йу-кх мидал? И жа1ар маса стаг вийча йелла хьуна? Цо аьлларг дар сан декхар ду
1745 Ткъа цо д1акхоьхьург Дала шена гайттина некъ бу. Хьан мидалш йац, амма ахь асчул дукха дайъина адамаш. Ас байъинарш-м сой, сан доьзаллий х1аллакбан, соьгара маршо д1айаккха, сан махка, сан ц1а чу г1ертарш бай. Ткъа аш х1ун леладо, суна хаац.
1746 Тхо а, шайн муьжгий а вовшахлоьтуьйтуш, х1аллакде, уьш а, тхо а 1азапехь дахкаде, боху цуьнга Дала? Даар-малар чохь шун карахь ц1а чу йалхо ваьлча, дагна там хилира 1алхина Шу шаьш ду бехке Шун лулахойн г1ебартойн, х1ирийн, г1умкийн, гуьржийн, шун вежарийн г1алг1айн ц1ий ма ца 1аний?
1747 Гой хьуна, аш карзахбехи тхуна къарбелла к1елсевцна дагестанхой а. Ткъа тхан муьжгийн дахар а дац ахь ма-дуьйццу вуон а. Царна маршо йеллийла ца хаьа шуна? Цул, уьш а дитий, вешан кад д1амалий вай! Шаьш Турце кхелха, бах аш?
1748 Х1ан, д1аэцал кедаш. Дала некъ нисбойла шун! 1алхас шен кад вист ца хуьлуш д1амелира Данч1ас шениг, бете а баьхьна, охьах1оттийра, амма 1алха т1е урх йиллина мала волавелира Тхоьца вуон ду шуна? Латта ца хилча, тхо муха дехар ду кхузахь?
1749 Тхан латта аш дерриг д1адаьккхина, цундела цхьаболчу нехан туркойн махка кхалха ойла йу. Х1инца хаьий хьуна, кхузахь дийна 1ен тхан йиш йоцийла? Полковнико Муравьевс ца дийцина шуна и хабарш цхьа а тайпа бух боцуш хилар? Паччахьо иштта эр дац, цунна шу дукхадеза
1750 Кху пачхьалкхера дерриг халкъаш, йукъара цхьаъ къасто йиш йоцуш, цхьа доьзал ма бу цуьнан. Ткъа полконако тхуна дийриг дуьххьалд1а масла1ат ду. Нохчийчохь ц1арна а ц1ейахана, Далла санна, паччахьна а муьт1ахь тхан наиб Сайдулла, 1алг1ула, Боташ, кхин масех молла а ву халкъе и д1акхайкхош.
1751 Тхо туркойн махка ца кхелхича девр дац. Цхьа таронаш йерш. Амма дукхахберш кхузахь совцур бу т1аьххьара минот т1ех1отталц, шайга, дала лаьа шуна йа даха лаьа шуна, аш аллалц. «Варраш-йа1, лергаш деха варраш! Со сайн махкахь ву, ткъа хьо хьан кхайкхина веана кхуза?
1752 Хьайн ц1а делахь, ц1ахь 1е! Цуьнан багара 1аь шен йуьхьа т1екхетча, важа д1ахьаьвзира Цул, со къаьркъа мала ма 1амийнехь! Шун къаьркъано, шун къизалло адамийн г1иллакхах, тешамах вохийна, адамалара ваьккхина лелош вац со?! Дера, бохку, вайн махкахь хаза ши ког хецна, шайна паргг1ат баха ховша!
1753 Хир дац шуна иза, хезий хьуна? Цигахь а йу 1ожалла тхоьга хьоьжуш, кхузахь а йу иза, бага а г1аттийна, т1ехула хьийзаш Ткъех шо хьалха хиллачун ах а ца дисина тхо, амма вай кхин цкъа а тарраш морзахдохур ду! «Эххар а схьа1еттий цо шайн дагахь дерг
1754 Кхин к1орге г1ерта а ца оьшу. Шовзткъалг1а шо йуха а карладаккха г1ерта х1орш. Иза дара-кх суна хаа луург...». Данч1ас бехкбоккхуш човхийна 1алха д1атийра. Т1аккха цхьана ханна тийналла х1оьттира чу. Доза дац Россин мехкан. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте шина шеран некъ бу.
1755 1едалан законаш къобалдина, к1ел ца совцахь, цкъа а кху махкахь парг1ато хир йац шуна. Тхо 1аддадита, оха а ца кхийдадо цхьаьнгге а тхешан г1иллакхаш! Х1етахь хиллачу оьрсийн паччахьо Иван Грозныйс нуьцкъала караберзийра церан мохк
1756 Шайгара герз д1аэца доьлча, х1инца шуна санна, шаьш лийр ду моьттура царна. Х1инца гой шуна, топ муха кхуссу а ца хууш бу уьш, амма, цхьа а х1ума ца оьшуш, шайна токхе беха. Аш х1ун до герзах? Мостаг1ех оха шу лардийр ду, ткъа шу, шайна маьрша къа а хьоьгуш, дехар ду
1757 Тхо зударий дац аш лардан! Кхин хабар ца дуьйцуш хьалаг1еттина Данч1а, 1алхица ара а ваьлла, иза халла говра а ваьккхина, Оьрза-Г1алех аравелира 11 корта Гати Сайн лаамехь йахара Цу пана махка, Тилайелла лийлира, Дакъазайаьлла
1758 ... Зударийн эшар. Йуьртахь уггар таро йолчу нахахь цхьаъ волчу Шахьбин долахь т1е оьрсийн гериг йиллина, тховх хьала уй тоьхна, корашка ангали диллина, лекха пурхе долуш даккхий ц1енош дара. Божалахь шиъ гомаш йара, йалтех дуьзна даккхий доьрчий лаьттара раздевлла, хаьн т1е г1ортораш х1иттийна.
1759 Йоккха ши буг1а а, маситта уьстаг1 а бара. Ша д1а куьг ца тухуш, нахе йукъахь йа йолах лецначу суьйлашка лелабойтуш масех урд мохк а бара цуьнан. Ларми чохь к1овделла лаьтташ масех гиба даьтта а, дукъделла, шекар хилла лаьтташ масех гуьмалк моз а хуьлура.
1760 Васхалахь кхозура дакъийна жижигаш, йоьхьаш, ц1ийделла дуьмеш. Бахам, де дийне мел дели, стамлора. Х1ун дара а хаац, ирс т1ехьажаделира цунна. Иза цунна т1едог1ура, нахе вуон деъча а, дика деъча а. Д1а ойла йича, цунна оьшуш х1ума дацара, цхьа Делан ун доцург.
1761 Х1етте а реза вацара иза шен кхолламна. Дахарна сутара иза кхоьрура, йа ц1е йаьлла, йа т1амо х1аллакдина, йа шена бу моьттучу шен дуккха а мостаг1аша талийна, и бахам цхьана дийнахь х1аллак а хилла, ша, нах санна, верзина висарна.
1762 Тешар-м х1унда хьехадора, и оьрсий а, церан 1едал а б1аьрга ган ца дезара цунна. Шахьби фанатик вара шен т1амарца. Дуьнен чохь цхьа а ницкъ бацара иза ша дешначу Къуръанан, жайнийн хьехамех шекваккха. Керстанаша махках ваьккхина пайхамар.
1763 Керстанашна дуьхьал г1азот кхайкхош, кху харц дуьненара д1авахана Ташу-Хьаьжа а, цара лаьцна вигна Кунта-Хьаьжа а. Керстанаша вийна Шахьбин воккхахволу ши к1ант а. И де Шахьбина т1ех1уттур дацарна йукъара хила ваьхьар волуш стаг вуй ткъа?
1764 Эз-эзар шарахь вахарх, керстанашца машар хир бац цуьнан. Цара, шайн паччахь вина, и д1ах1оттийча а. Т1ом чекх ма-беллинехь, ведда Турце ваханчу ткъех эзар стагаца цига вахар ца нисделира Шахьбин. Шен бахамна сутарваьлла висинера.
1765 Бахам бохкар-иэцар бохург хьехочохь а дацара х1етахь. Сийна ц1е йара гуобаьккхина кхерсташ. Х1инца дерг ша ду. Нах Турце кхелха аьлла хезча, боккха кхаъ хилира цунна. Оцу хабарх ца тешна, ша а вахара иза цкъа хьалха Сайдулла, т1аккха Алхазан Муса волчу.
1766 Х1ара д1а вист ма-хилли, шаьш лоьхург вуйла хиъначу цара, х1окхуьнца д1абахка луучу мискачарна г1оьнна аьлла, кисана итт туьма а та1ийна, ваийтира ц1а. Шахьбин Турце тоьттуш кхин а дара цхьа бахьана. Цо массарах лечкъош, къайлехь латтош.
1767 Атталла шен нанас дена винчу веше а ца дуьйцуш. Цхьа к1ант воцург, кхин доьзалхо вацара Шахьбин. Иза, башха дега хьаьжна воцуш, хьекъална ира, комаьрша стаг вара. Шена хуу 1илма дерриг цуьнга д1аделира Шахьбис. Цуьнан аьтто хиллера керстане болу шен цабезам берриг к1анте бала а.
1768 Деккъа цхьана оцу г1уллакх т1ехь амалш йуьззина цхьаьнайог1ура цаьршиннан, ткъа йисинчу амалшца и шиъ вовшашна ген-гена ши стаг вара. Шахьбин берриг дуьненан безам оцу к1антана т1ебирзинера. Цо сатуьйсура цунах наха лоруш, г1араваьлла, цхьа а иэшам боцуш, ирсе стаг хиларе.
1769 Шемалан оьмар цхьана иттех шарна йахйеллехь, шен дагахь дерг кхочушхиларе догдохуьйла йара цуьнан. Амма, кху оьрсийн 1едална к1ел мел ву, 1едална нийсса дуьхьалйолчу цуьнан шен а, к1ентан а амалшца иза даржехь лакхаваларе догдохуьйла йацара.
1770 Дин маьрша дисинехь, шен устазна Кунта-Хьаьжина улло а тесна, хьалаойъур вара цо иза. И догдохуьйла а хаьрцина т1ек1елйаьллера. 1едална дуьхьал йолчу тобанна йукъа к1ант 1отта ца лаьара. Хьекъалечу Шахьбина дика хаьара нах оьрсийн паччахьал тоьлург цахилар а.
1771 Цуьнан йерриг догдохуьйла Турце йирзинера. Шортта хьал эцна цига вахча, к1ант хьалхататта шен ницкъ кхочург хиларх тешна вара иза. Цигахь эпсарийн дешар а дешийтина, туркойн эскаре вахийтича, шен хьекъалца, майраллица к1ант сиха лакхавериг хиларх тешара иза.
1772 Хьанна хаьа, хенан йохалла паша хила а мега цунах. Мацца а цкъа, Делан г1оьнца доккхачу эскаран коьрте а х1оьттина, кху махка йуха а веана, кхузара керстанаш д1а а лаьхкина, Нохчийчохь а, Дагестанехь а имам хилла д1ах1отта а мегий иза-м.
1773 Шахьби кийча вара Турце кхалха. Шеца д1абига кху йуьртара итт доьзал а кечбинера цо. Царна паспорташ а даьхнера, цхьа кепек ца луш. Дерриг дохийнера цуьнца д1аван ца луучу цуьнан цхьаъ бен воцчу вашас Гатис. Оцу дийнахь хьалххе г1еттина Гати кха т1е ваха ветталуш воллура.
1774 Раг1у к1елхьара схьатакхийна дечган нох уьйт1а ара а даьккхина, воккхавеш, йуха а цуьнга хьежа х1оьттира иза. Д1адаханчу 1ай, леррина хьуьнха вахана, хаьржина хадийначу ножах г1ирс баьккхина, дийнна шарахь бакъийра цо иза. Аьчгах дича санна, ч1ог1а дара нох.
1775 1аьржа-сийна бос бетталора цкъа а лаьттах бахазчу хьонхалан а, пхатоьдин а. Айъина иза вордана а диллина, божала вахара иза. Цо оханна кхоош леррина кхобу боккха, лекха ма1аш йолу ц1ен-ч1амара ши сту, хьаьвди т1е а х1оьттина, сийна йол чухьерчош боллура.
1776 Г1ог1ашна т1елетта кхош элан горгамца д1а а даьхна, ц1анбина, цушиннах хьастамна ка-м1ара а хьаькхна, аравелира иза. Сихха дукъа валаре сатеснера цо. Кхо де хьалха дилхинчу доккхачу дог1ано к1алд йинера лаьттах. Кху кхаа дийнахь лакхайаьллера буц а.
1777 Охана кхин т1аьхьатоьттийла дацара. Х1инца а таьлсаш кечдина ца йаьллера Эсет. Мукъависина Гати, уча а х1оьттина, вехха лаьттира бес-бесарчу зазаша къарздинчу бешарчу дитташ т1ехь, «ч1ир-ч1ир» деш, гаьннаш т1ехь кхийсалуш, ловзуш лелачу хьозарчашка хьоьжуш.
1778 Хил дехьарчу рег1а т1ехула ах гучубаьллачу малхо садуура цуьнан. Х1инца кха т1ехь хила везара иза. Чувахана, Эсете чехка йала а аьлла, чохь йоькаш йолу кхийра кад эцна, араваьлла иза йуха а вордан гуонаха хьаьвзира. Стомара дуьйна ц1ийза йоьллера цуьнан чкъургаш.
1779 Дечиган семанна диттина зайлаш д1а а дохуш, йаккхий чкъургаш схьа а уьйзуш, милкашна йоькаш хьаькхира цо. И болх бина а ваьлла, стерчий арадаха д1аволавелча, лахара хьала шега вешин к1ант Хьабиб кхойкху хезира цунна... Гати, не1арх чоьхьа а ваьлла, дуьхехь сецира.
1780 Маьнги т1етесначу жимачу, к1едачу г1ажарийн куза т1ехь гора а хиъна, цхьа куьг лере лаьцна, ши б1аьрг хьаббина, мукъам беш вара Шахьби. Хьалха 1охкура схьадиллина жайна а, йаздиний, долийний ц1ена кехаташ а, чух1оттийна эрзан къолам болуш кхийран шекъадуттург а.
1781 Баьрчерчу терхи т1ехь т1ек1елдоьттина дара мажделла жайнаш. Ваша не1арх чуваьлча ца хиънехь а, йа хуъушехь 1ийнехь а, шен мукъам ца хадийра цо: ...Дег1 доцуш ц1е йу хьан дуьненахь йоккхуш. Масане да-нана дуьнено дийна... Назманна шовкъе хилла ваша йукъахваккха ца х1уттуш, ладоьг1уш лаьттара Гати.
1782 Аз кхин д1ора хаза а дацара вешин. Амма цуьнан к1еда-дуькъачу озо а, ц1ен бос бетталучу беснеша а, к1айн йехачу можо а, къаьсттина и назма олуш хьаббина хуьлучу б1аьргийн нег1аршна йуккъехула схьа1ийдалучу б1аьрхиша а дог к1аддора муьлххачу а стеган.
1783 Карлабохура хилла бохамаш, ойла йойтура х1оьттинчу хьолан, уггар тийна дог а шовкъе дора. ...Х1ара дуьне даим дуьсур ду, моьттуш, Дуьненах дин духкуш, эхартах буьйлуш, Ва кхана хиндолчун ойла йар доцуш, Мунепакъ соввели, йа Аллах1 Дела.
1784 ... Назма чекх а йаьккхина, б1аьргех г1овталан т1емиг хьаькхна, жимма хан йаллалц вист ца хуьлуш 1ийна, Гатигахьа вирзира иза... Гати, вист ца хуьлуш, корта а оллийна, 1асанна т1е а тевжина, лаьттара... Со кхоччуш стаг ма вац.
1785 Хьуна сайх мохь ца бан г1ерта, аьтто белахьара, меттара г1оттучохь а вацара. Цигахь хьох валахь, кхерста ж1аьла санна, цхьанхьа къен лийр ву... Кхузахь керста а хилла лечул, цигахь къен валар ца тоьлу? Дала оьмар лахь, и де т1ех1отталц вехар ву со, т1аккха
1786 ... сан герз х1инца а пенах кхозуш ду, хьакхар хьоькхуш. Могаш долуш айса ца кхоийна сайн дег1, и де т1ех1оьттича, цуьрриг кхоор дац. Со а витий, д1аг1о хьо, Шахьи. Ма кхералахь, кхузахьчул вуон хир дац вайн г1уллакх цигахь. 1еламстеган сий довр дац бусалба махкахь.
1787 Ас паспурт даьккхина хьуна. Хьан керт-ков Товсолтас оьцу. Ас мах бийцина цуьнца. Царах-м йоккха х1ума лур йацара хьуна. Ахча сан шортта ду. И тоьур ду вайшинна валлалц! Вашас х1ун олу хьоьжуш, д1атийра Шахьби Амма Гати вист ца хуьлура
1788 Кхунах къаьстинчу дийнахь сан дег1ах са къаьстар ду. Махкахваьлла велларг, мелхо а, г1азот хир ву. Кханалерчу дийнан ойла йан ма йеза. Даим а дуьйцург цхьаъ дара. К1ордийна хьех чекхдаьллера иза Гатина. Цо сацамбира тахана и т1аьххьара а хадийна чекхдаккха.
1789 Д1акхаьчначу дийнахь сайх Хонкаран паччахь вийр велахь а. Де дийне мел дели, хьег1аш, оьшуш, к1елвуьсуш ву со. Сайн х1усамехь 1ожалла хила а, дайн кешнашкахь каш хуьлийла а лаьа суна. Кхин суна оьшуш х1умма а дац. Ас мацалла лечух к1елхьардаьккхинчу Эсет бохучу оцу зуьдо сецаво хьо!
1790 Цунах ваьлча, хьо валарна кхоьруш! Иза хьайна хьан йалийна дицделла хьуна? Цуьнан кучан йух д1а ца хецалуш лела хьо! Йа цунах йеш х1ума а йелара! Боьрша йоцу т1аьнчакх! Гатис, шен буйнара 1аса т1ехьа а йаьхьна, астаг1 оьккхуш, цхьа г1улч хьалхайаьккхира
1791 Т1аккха, меллаша 1аса ц1енкъа а г1ортийна, вахьийча санна, сецна вог1авелира. Хорша йеача санна, дего доьлла ц1еххьана бос баьхьна к1айделлачу балдех бухарниг, цергашна йукъа1аьвдина, сацийра цо. Аьллачун мотт ас озийна схьа а боккхур бара.
1792 ... Со сакхат винарг герз ду... Ткъа хийла стаг ву, и... меже могаш йолуш, кийра пхьагалан дог доьллина къанвелла. Дика ду, Шахьи, со хьоьца д1авог1ур ву. Кхузахь ахь сан мел дола до вайшинний, Даллий дика хаьа. Хьо хьолана вукъвелла веха, ткъа со, мацалла ца вала г1ерташ, кадетташ воллу.
1793 Хьуна т1аьхьа а х1оьттина, д1авеъча, сайх хин дерг суна шера хаьа. Цхьанхьа кертан маь11ехь къен лийр ву. Х1умма а дац. Мухха велахь а, сан нанас сан дена вина ваша ву-кх хьо. Цхьана ц1ийх схьаваьлла. Хьуна аьлларг а, динарг а суна т1е дог1у.
1794 Со хьоьца д1авог1ур ву, амма хьуна ма-моьтту вог1ур вац... Ас д1ахоьцур дац сайн дех дисина кха а, цо кхиийна беш а... Нагахь хийрачу махкахь вала доьг1нехь, сапарг1ат лийр ву со. Цхьанхьа сайн даймохк, сайн ц1арах лаьттан коржам йуйла а хууш!
1795 ... Кхуьуш к1ентий бу хьан? Ч1ог1а тата доккхуш не1 т1е а тоьхна, араиккхина Гати, шен г1ог1 текхош, ц1ехьа вахара Иза ц1а кхаьчча, ворданна ши сту а боьжна, чохь кхача болу таьлсаш йалкханах тесна, майрачуьнга хьоьжуш лаьттара Эсет
1796 За1арехула чувог1у майра гича, кхерайелира иза. Цо, озийна ойъуш, даьхьна йуьстахтесна з1ар, йуккъехула ког кагбелла, шалха дахара. Цуьнан догдика, къинхетаме б1аьргаш, хьераваьллачу стеган санна, ц1ийбелла, схьалелха бохкура.
1797 Даим а беса хуьлу йуьхь 1аржйелла. Эсетна цкъа а ца гинера иза оцу суьртахь. Схьайаийта ворда! Шина вешина йуккъехь х1иттина галморзахаллаш и г1уллакх йукъадаьллачу буса дуьйна хаьара Эсетна Кхалхар хьахаделлачу дуьххьарлерчу буса ша ц1а ма-веъанехь, вешица шен хилла къамел зудчуьнга дийцира Гатис
1798 Цигара ц1а масазза вог1у, кхоьлина-м хуьлура иза, амма тахана санна карзахе цкъа а ца хиллера. Шина вешина йуккъе йоккха вас йоьжнийла хиъна Эсет, хеттарш ца деш, д1атийра. 1уьйранна хиллачу г1уллакхах къамел ца хилира цаьршиннан кха т1е д1акхаьчча а.
1799 Стерчийн йуьхь лаьцна лелачу Эсетна дагара ца волура вас хилла майра. Цхьана хенахь кху йуьртахь уггар каде, майра т1емало вара Гати. Дег1 куьце дара цуьнан, йуьхьа т1ехь а цавеззал ирча вацара. Т1ом чекхболучу шарахь хиллачу луьрачу чевно гуттаренна а заь1ап вина, к1елвитинера иза.
1800 Дег1 дара цуьнан чевнаша дерина, амма хенашка хиллачу чевно к1елвитинера. Цо дайъинера цуьнан куц а, дуьненан самукъа а. Ца телхаш цуьнца 1алашделларг цуьнан майра, къинхетаме дог дара. Гати, ала х1ума доцуш, дика вара Эсетна.
1801 Дика вара иза цуьнан нанна а, кегийчу вежаршна а, йижаршна а. Уьш мецачу 1ожаллех хьалхабахархьама йеанера иза заь1апчу цуьнга. Аьрзуга болу шен бовха безам, цуьнга йахча шен хиндолу ирс д1а а теттина. Эсетна хаьара майрачунна ша ч1ог1а йезийла.
1802 Хаьара, шайн доьзал мацаллин багара баьккхинарг иза вуйла а. Цундела цуьнца ша доккхучу деа-пхеа шарахь даим шен кийрахь цуьнга безам г1атто г1иртира Эсет. Амма иза ца хуьлура. Муха г1отту боцург? Цуьнан дуьххьарлера а, т1аьххьарлера а безам Аьрзуца кхерстара
1803 Цхьана минотана а цунна т1аьхьара ца болуш. Шаьшшинна йуккъе доьзалхо воьлча, доьзалхочуьнга болу безам дега баларе догдохуш, и дуьнена валаре са а тийсира цо. Амма Эсетах доьзалхо ца хьаьрчара. Гати дика кхетара зудчун дагах.
1804 Хаьара, иза шега х1унда йеана, шегахь х1унда 1а а. Цундела цо йовхо ца йоьхура Эсете. Цкъа а дов ца дора. Мелхо а, Гатин ч1ог1а б1аьрг буьзнера, шайн доьзалан ирсан дуьхьа шен ирс а доьхкина, шеца дуьне декъаза дуучу оцу зудчун къонахаллех.
1805 Цамгаро к1елвитина ша кестта лийриг хиларх тешна вацахьара, кхечуьнца хьайн ирс лаха аьлла, тоххара йитина а хир йара цо иза. Шен йехий, стаммий 1аьржа к1ажарш д1ахьерчош йоллу Эсет, ши куьг т1ехьа даьххьинчохь йог1а а йелла, къаьрззина майрачуьнга а хьаьжна, йисира.
1806 Шена хаа а хууш чехкаделира цуьнан деган деттадалар. Х1инца хили иза кхоьрург... Цунна иза гуш йацахь а, Гатих къайла ца делира зудчун кхерайалар. Иза шера гора цуьнан дегочу озаца. Дерриг хаьа. Хала ду дезарг дита а, цадезарг т1елаца а.
1807 Соьца цхьана тхов к1ел йуьжуш-г1оттуш, цхьаьна шуьне хуьйшуш, модайоьлла сан бедарш йуьттуш, этт1арш летош. Йиллина суна хьалха хьийзаш. Амма со т1улгал башха ца хеташ. Цул доккха 1азап дац адаме дан. Ший а дара вайша 1азапехь.
1808 Вайша и дерриг ловра. Майрачун х1иттина б1аьргаш кхуран дерзинчу гаьннаш йуккъехула йекхначу стигала хьуьйсура. Гаьннех чекхйийлинчу маьлхан з1аьнарша серлайаьккхинера 1ийшинчу халонаша аьхна, хеназа къежйелла оза, йеха йуьхь.
1809 Дег1ах ц1ийдина эчиг 1уьттуш санна, наггахь йегайора гуонаха нилхха чоьш дийлла боккха муо т1ехь болу аьтту аг1орхьара бесни. Хаьара, хьуний, Аьрзуний вовшийн дезийла. Хаьа, хьо сан х1усаме йеачахьана, цкъа а шуьшиъ вовшашка дист ца хиллехь а, ашшимма вовшех дог ца дуьллийла.
1810 Ас а 1аьвшина безаман къахьо. Сан къона безам лаьттах бахана барх1 шо хьалха. Шуьшинна санна, тхойшинна а дезара вовшийн. Охашиммо дукха сатийсира машаречу дийне, вовшех а кхетта, даллалц хаза цхьана х1усамехь даха. Амма иза 1ожалло хеназа йаьхьира.
1811 Оцу дийнахь сан кийра бина ша башо йовхо ца хили дуьненахь. Амма, ас иштта аьлча, хьуна ма мотталахь, суна хьо ца йеза. Йеза, амма хьоьга сан безам цхьа шатайпа бу. Муха эр дара иза... Гуттар дика, тешамечу доттаг1чуьнга санна.
1812 Мел со г1аттийта г1ертарх. Андийчу, лекхачу накхош т1ехь голатухуш охьайеана карахь гулйеллачу стоммачу шина к1ажаран йуьхьигаш къажйеш, леррина ладоьг1ура Эсета. Ша х1ун до а ца хууш, хедош, йуьстахтуьйсура цо 1аьржа чоьш. Довха хьацар тоьхнера логах а, букъан суртаца а.
1813 Араэккха санна, хьере детталора кийра гатбелла дог. Заь1ап со царна совваларна кхерарна. Ткъа суна кертахь зуда оьшура. Зуда аьлча а, сайна кхача кечбан, йоьхнарг лато, бехйелларг йитта. Лечкъийна х1ун до цунах, т1аьхьо со везаваларга дог а дохура ас.
1814 Хенан йохалла цунах а догдилла дийзира. Хьанна везар вара, чевнаша верина, к1елвитина, дено-дено худалуш, чекхволуш воллу заь1апхо? Х1аъ, хьуна со везийла лиира суна Сайн дуьхьа доцуш, хьан дуьхьа Хьоьгара 1азап дайдалийта И ца хуьлийла хиъча, хьо йита дага а деара
1815 Амма и дан а ца х1уттура. Къонахалла ца тоьура. Тахана-кхана бохуш, хан йуьйлуьйтура. Цхьа буьйса а сайца чохь адам долуш йаккха лууш. Сайн оьмар йеха йоцийла хууш. Сайл т1аьхьа со да волу х1ума хьуна а, хьан ц1ерачу доьзална а дита.
1816 ... Эсетан кийрахь гулло шад легашка г1ертара. Даккхийчу къурдаша йуханехьа кийра те1адора уьш. Цуьнан баккхий 1аьржа б1аьргаш, т1аьхь-т1аьхьа къегаш, сирлачу хих буьзира. Уьш ара ца хьалхийта г1ерташ, б1аьрнег1арш т1ете1адора цо.
1817 Амма царна йуккъехула схьа1ийдало уьш, нег1арийн дуькъачу, дехачу, 1аьржачу ц1оцкъамех тасаделла, чухьалха кхоьруш санна, гуллуш лаьттина, т1аккха, ц1еххьана охьахецаделла, нийсачу меран шина аг1ошца охьахьаьлхина, махо дакъийначу балдашлахь къайладевлира.
1818 Б1аьрхиша х1иттийначу мархашна йуккъехула цхьана минотана цунна хьалхахула чекхвелира итт шо хьалхалера Гати. Йуьртах болучу йа йуьрта боьрзучу б1оне хьовса арабевллачу мехкарийн б1аьрг т1ехь соьцура карзахечу хьарг1ачу динахь хуьлучу къоначу т1емалочунна.
1819 Х1етта маж-мекх даьлла оза, йеха йуьхь, лекха хьаж, седарчий санна, богу 1аьржа б1аьргаш. Шуьйра белшаш, йуткъа г1одайукъ т1екъуьйлуш дихкина кхелина герзаш а. Иза велавелча, гучудовлура, шагат1улгаш санна, к1айчу цергийн нийса мог1анаш, шерачу беснеш т1ехь к1аьгнаш х1уьттура.
1820 Х1етахь жимачу Эсетна гора мехкарша цунна туй туьйсуш, ирсе кхаж баьллачу Белитега уьш хьегарца хьуьйсуш. Ткъа х1инца... Со д1аволалучу дийнахь Маккхал а, 1ела а, Чора а схьа а кхайкхина, уьш тешаш а х1иттийна, и дерриг хьуна урдонна кхачош, йуьтур йу ас хьо.
1821 Шахьел т1аьхьа хьоьгара уьш д1аийзо стаг вац сан. Тхойша Хонкара д1авоьду. Со, д1а ма-кхеччи, лийр ву. Д1акхочий а хаац. Эсета сецочу йелхаран къурдийн дуьхьало хедира. Иза даг т1ера йаьлла минот йац сан. Хьан ойла йиллина д1а Аьрзуна т1ехь лаьттийла а хаьа суна.
1822 Могаш велахь а, со санна, декъаза стаг ву иза. Шуьшиъ ирсах хадийна ас, суо декъаза а висина. Амма Аьрзу къонах ву, шел т1ех дуьненахь кхин хир воцуш. Кхин хаац суна, паччахьан йо1 йахча а к1езиг дара цуьнга. Шуьшиъ цхьаьна ирсе хир ду.
1823 И д1адели. Х1инца, же, вайшиннан стерчий схьадаладе... Гатис меллаша д1атоьттура шен логах пхьаьрсаш хьарчийна, некха т1е корта та1ийна, дерриг дег1, хорша йеача санна, дегош, йоьлху зуда... 12 корта. Диванехь. Инарла Н. Н.
1824 Раевский. Нохчмахка. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу Кавказан къизачу т1еман историна йукъайахана иза «Ичкери» хилла. Г1еза-Махьмин заманахь кхузахула ц1арций, туьрций дуьххьара чекхваьлла инарла барон Розен 1-ниг. Шемалан имамаллин хьалхарчу шерашкахь цунах д1акхеттарг а йара Нохчмахка.
1825 Ахульгохь вохийна, Дагестано д1атесна, цигара ведда Шемал, ма-вагг1ара веана кхуза, Бена, хьошалг1а иккхира. Кхузахь 1842-чу шарахь цхьана дийнахь х1аллакьхилира инарла Граббен эзар ворх1 б1е салти. Кху Бенахь йара тахана кечбечу керлачу г1аттаман къайлаха центр.
1826 Яьссиний, Ямсуний йуккъехула охьадолчу дукъах малхбузехьа д1акъаьстинчу Т1ерг-Дукъан шина аг1он т1ехь къеначу хьаннашна йуккъехь йаьржина 1охкура бенойн к1отарш. Йуьртахь урам бацара. Хьуьн чохь маь1-маь11ера схьакъедара г1ийла серлонаш.
1827 Кхузахь тийна дара, йерриг йурт, ч1ог1а наб кхетта, йижина 1уьллуш санна. Наггахь маь1-маь11ехь хезара ж1аьлийн дера летарш. Буьйсанан шина беречо, йуьрта чувулуш, дой а совцийна, гуонаха б1аьрг туьйхира. Кхузара д1ахьаьжча, керайуккъехь санна, гора г1ордалойн а, зандакъойн а к1отарш.
1828 Жимма цигахь сецна, д1аволавелла ши бере, эвлан йистерчу ц1еношна т1екхочуш, 1ин чу воьссича, х1етта сенарш даха йоьллачу хьуьн чуьра схьа лохха аз деара... Шина беречо, доьхкарех йохку тапчанаш схьа а йаьхна, з1акарш к1егарх1иттийра.
1829 ... Хьалхалаьцна тоьпаш йолуш хьуьн чуьра араваьлла ши стаг, т1е а веана, леррина хьаьжира берешка... Готтачу г1ашнекъашкахула, беттасин серлонехь т1ера мехкадаьттанан б1аьргаш лепа тийна 1аннаш хедош веана, эххар а йуьртан дехьа йистехь цхьа лаьттачу ц1енна гергаг1оьртира ши бере.
1830 Шина 1ина йуккъехь лекхочу гу т1ехь лаьттачу оцу ц1а чуьра гуш серло йацара. 1инах чубиссича, дуьхьалваьллачу кхаа стага йуха а совцийра х1орш... Некъ маьрша бу шуна. Х1орш кет1а кхаьчча, кхеран говраш д1алецира герзаца кечвеллачу шина жимхас.
1831 Кертал арахь гуш адамаш а, йа говраш а йацара. Мотталора, х1усаман дай, ч1ог1а набарш кхетта, бийшина 1охку. Амма чуваьллачу кхушинна чоь йуьззина нах карийра. Салам делла, дуьхехь болчаьрга куьйгаш луш, маршалла а хаьттина, царна йуккъе охьахиира и шиъ.
1832 Терхи т1ехь к1ур туьйсуш богура чу 1аьржа мехкадаьтта доьттина, чу т1елхигаш йухкуш бина кхийра чиркх. Боданах б1аьргаш боьлча, цаьршинна гира к1уьро 1арждина, сег1аз хьаькхча санна, къиэга дерзина шога пенаш. Ледара хьаьхначу дуьйцинчу царах, дуьхьало йоцуш, маь1-маь11ехула чу мох хьоькхура.
1833 Ц1а чу воллучохь пенах тоьхначу дечиган стоммачу хьостамах хьала а тесна кхозура не1аран метта оьллина тиша палс. Махо чутоьттуш, араийзош, лоьлхуьйтура кегийчу корашка диттина стерчийн дуткъа ахкаргаш. Пенийн баьрчера ога лоцуш тоьхна доккха къорза истанг дуьзна морзахдохуш оьхкина кхелина герзаш.
1834 Товханахь стоммачу з1енах кхозучу боккхачу ц1естан йай чохь, 1аь туьйсуш т1ек1елдуьйлуш, кхехкара дерстинчу жижиган т1ассаш. Ц1енкъа даржийначу истангашний, кхекхашний т1ехь, настарш к1ел оьзна, хевшина 1ара нах. Баьрчера меттиг д1алаьцнера баккхийчу наха.
1835 Царна йуккъехь вара бенойн Солтамурд, рег1ат1ойн Болатха, зандакъойн Б1аг1ало, зумсойн Залма. Солтамурде лохха масех дош аьлла, ламаз кхайкхийра Болатхана... Дехха масех ламаз диначул т1аьхьа, п1елгашца а, п1елгийн голашца а дагардеш, къулханаш дешна, до1ина куьйгаш лецира Болатхана.
1836 Васаламу 1алал мурсалийн, валхьамду лиллах1и раббил1аламин... Массара до1анна куьйгаш хьалалецира. Элчанан а, асхьабийн а карахула и мела массо эвлайаашна а, устазашна а бели оха... Патихьа. Дукха хан йалале хьешашна хьалхах1иттийра даарх дуьзна шаннаш.
1837 Уьш цуьнан б1аьхаллин накъостий бара. Массарна резахилла, шен даккхийчу, хьаьрсачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, кхеташо йолийра цо. Кхин ладег1арх, буьйса йалар бен, т1екхета х1умма а дац. Кхеташо д1айолийча, бакъахьа хета суна.
1838 Аш х1ун олу? Махкахь тахана х1оьттинчу хьолах лаьцна доцца дийцар доьхур ду ас Барзин Рохьмадан Берсе Т1аккха кху чохь волчу х1ораммо а шена хетарг эр ду кху шина г1уллакхах лаьцна Хонкара кхелхачу нахана х1ун де вай? Къамелаш доцца хила деза
1839 Амма, Берсас къамел дололе, хаттар ду нахе. Вуй шуна йуккъехь даг чу йамартло, к1иллолла йоьлла, шалхонца ойла йолуш веана стаг? Дезткъа шо кхечи нохчийн лаьтта т1ехь 1оврашха хаддаза ц1ий 1ена Дезткъа шарахь лийтира вайнах шайн мохк, доьзалш, х1усамаш, дин лардеш
1840 Оцу т1амо ах х1аллакдина вайн жима халкъ. Цхьа а йурт йац Нохчийчохь масехазза йагоза, кхалхоза. Цхьа а доьзал ца бисина цо наной, йижарий белхоза. Х1инца а к1ур туьйсуш лаьтта йагийна вайн йарташ, бошмаш, хьаннаш. Церан ц1ийца хьандина, церан даь1ахкаша къарздина вайн мехкан латта.
1841 Вайн вежарийн даь1ахкаша дуьйдина Сибрехан латта. Йуьхьанца лоха доладелла Берсин аз, т1аьхь-т1аьхьа стамлуш, стелахаьштигах къекъа дуьйлира. Оза йеха йуьхь, йогучу ц1ар т1е хьовзийча санна, ц1иййелира, оьг1азлонах буьзна цуьнан эсала 1аьржа ши б1аьрг ткъесах къегара.
1842 Чохь болчу наха тийна ладоьг1ура цуьнан доккхачу къамеле. Вай к1елсевцира, паччахьан инарлас ваьшца бинчу машаран бартах тешна. Амма, шаьш вайн х1усамашка кхаьчча, цара стешха бохийра и барт. И 1азап, и харцо, и сийсазалла ца лайна, г1евттина вай ц1ийлахь лийчийра.
1843 Церан и 1алашо кхочушхилахь, вай пхеа декъе декъало, вовшех а, арахьарчу а орцанах а хеда... Оцу иэрчонах вай хьалхадаьхнарг цхьаболу нах Хонкара кхалхар йукъадалар ду. Шуна ма-хаъара, дуккха а адам ду цига кхалха кечлуш.
1844 Цигахь шайна йалсамани хир йу моьтту нах галбевлла. Цигарчу бусалба туркойн 1едал, оьрсийнчул башха, къинхетаме дац. Цига кхелхина эдагий мацалло а, цамгарша а х1аллакбина. Мацалла ца далийта, шайн бераш духку цара. Шаьш йолах туркойн эскаре х1уьтту уьш.
1845 Даймахках хаьдда, ц1а-ц1е доцуш, саг1адоьхургаш санна, буьйлабелла лела уьш. Изза дакъа ду цига бахча вайнахе кхочудерг а. Амма мацалло а, къоьлло а б1аьрзе биначу вайнаха д1аэцац шайна ло хьехар. Уьш кхелхачуьра совцо ницкъ бац вайн.
1846 Иштта ду, вежарий, тахана вайн махкахь х1оьттина хьал. Кхид1а ваьш ден долчух цхьа сацам бан беза вай тховса. Берса шен метте охьахиира. Цхьа хан йелира цхьа а вист ца хуьлуш. Оцу минотехь цуьнан йуьхьа т1ехь ца дисира хьалхалерчу буьрсаллех х1ума.
1847 Хеталора, цуьнан къеждала доьллачу дуькъачу мекхашна бухара стаммий балдаш хьовха, дукъ сеттина боккха мара а, дуьхьалдирзина даккхий лергаш а эсала доьлу. Майрачу б1аьргаш чохь гора къинхетаме йовхо. Цхьаъ ала ойла хилла, йовхарш йетташ, ша 1аччохь меттахъхьера Залма.
1848 Цициган букъа т1ехула д1ахьо куьг саца а дина, Залмега хьаьжира Солтамурд. Шолг1а-делахь, кху некъехь Нохчийчу керла эскарш далийна 1едало. Зингатийн туьйлиг санна, салташа сийсайо Нохчийчоь. Кхозлаг1а-делахь, вайн т1еман баьччанех нийсса ах д1адаханчу шарахь лецна, хилларг ца хууш, Сибрех бу.
1849 Нагахь ши-кхо шо хьалха толаме вайн догдохуьйла хиллехь, иза д1айаьлла. Польшера т1ом чекхбаьккхина, оьрсийн муьжгийн дуьхьало кагйина, уьш а д1атебна. Кхечу мехкашца йолу йукъаметтигаш 1аламат дика йу Россин. Цаьрца кесталг1а т1ом гуш бац.
1850 Цул сов, кхаьънаш, чинаш, совг1аташ луш, вайха нах шайгахьа а баьхна, вайна йуккъехь шена г1ортораш йина 1едало. Хьалхалера барт бац тахана вайлахь. Вайн г1аттам бутт балале чекхбер бу, вай хьаьшна д1а а дохуш. Кханнехь орца ала деза массо маь11е!
1851 Котам хилла вехачул, н1аьна а хилла валар г1оли йу! Царах зулам дер ду нахана Сихо дика йац Деш дерг, вовшех дага а девлла, дан деза Охьахаал Кхин вуй ала лууш? Вай х1ун дича бакъахьа хета шуна? Халкъ г1азотана г1атто деза! Г1азот!
1852 Шен карара суьлхьанаш к1оргге г1овталан кисана а та1ийна, доцца до1а а дина, к1айн йеха маж буйнах йаьккхина, нахана т1евирзира иза. Цига ваханарг йуха ца вог1у. Мацалла а леш ду вай. Дено-дено оьшуш, кхачалуш лаьтта вай. К1езиг мел диси, ницкъ алсам бийр бу вайна.
1853 Хьанна хаьа, вайн лулара х1ирий а, д1о х1уьнехдинчуьра г1езалой а санна, керста дине дерзо а мега. Латта а, маршо а д1айаьккхина вайгара. Х1инца Делах а довларна кхоьру со. Йа дерриш кхелхина Хонкара д1адаха деза, йа г1азотана г1овтта деза.
1854 Шиннах цхьаъ. Кхин некъ бац. Кунта-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ вара Болатха. Цуьнан ойла шайн 1алашонца цхьаьна ца йог1ийла хуъушехь, г1аттам кечбархоша шайн диванна йукъаозийнера иза, Кунта-Хьаьжин Нохчмахкарчу мурдашлахь иза ч1ог1а сий деш, лоруш стаг хиларна.
1855 Устазан векалех вацахь а, ма-хуьллу цунна гергаг1ерташ, даржехь лакхавала дагахь вара хьекъална генавоцу, амма хабарца даим а шена т1е адамийн тидам бахийта хууш волу Тоза. Маккхала къадийначух шера кхетара чохь болу нах. Къена Болатха шен амалшца тера вацара Тозех.
1856 Цуьнца дерг ларлуш дерзо дезара... Зандакъойн молла Б1аг1ало Нохчмахкахь г1араваьлла къамелна говза стаг вара. Йуьхьанца, ша а кхелха бохуш, нахана йуккъехь Турце кхалхарехьа эладита лелош хилла Нуркиша, г1уллакх баккъалена т1едаьлча, йухаваьллера.
1857 Мекарчу цунна дика хаьара 1едалца а, халкъаца а, тховса кху чу гулбеллачу тхьамданашца а тарвала. Нуркишин 1едалца йукъаметтиг нисйан аьтто бийриг цуьнан гергара зандакъойн наиб Шахьболат вара. Бакъду, тхьамданашна йуккъехь хьалхалера сий дацара Нуркишин.
1858 Ткъа т1аьххьарчу хенахь хаъал тешам а байнера цунах. И дара тховса дуьххьара Нуркиша диванехь вацар. Ткъа Б1аг1ало, шен дог-ойланца шалхо йоцуш, цуьнан амалшна нийсса дуьхьал вара. Б1аг1алона, гатийуьртахойн моллина Шахьбина санна, б1аьрга ган ца безара оьрсий а, церан 1едал а.
1859 Цо нах Турце кхойкхура. Ша а вара уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вала кечвелла. П1елгаш даьхна конжанах тера шен аьрру куьг мекхех а хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. Нагахь сан ойла баккхийчаьрца ца йаг1ахь, сайна бехкцабиллар доьху ас.
1860 Уггар хьалха эр ду ас нах Хонкара кхалхарх лаьцна. Махкахвалар к1езиг х1ума дац, к1ентий. Т1ехула т1е, дийнна халкъ. Со тешац цигахь вай цхьана гулахь дахаховшар ду бохучух. Вай иштта д1атардан парг1ат мохк бац Хонкарахь. Изза хир ду Россех кхалхадахь а.
1861 Хийцам цхьаъ бу. Россех кхалхийначийн т1аьхьенах керстанаш хир бу, ткъа Хонкара кхаьчнарш бусалба динехь буьсур бу. Амма, кху вешан махкара д1адовлахь, нохчийн къам боху ц1е йов вайн. Цул доккха вуон дац къоме дан. Цул сов, вайнахе лалур доцуш къиза ду туркойн 1едал.
1862 Цара ницкъ бо, сийсаздо шайн махкара кегий къаьмнаш. Вай санна болу бусалбанаш. Цхьаннан долахь воцуш маьрша стаг вац цигахь, цхьа хьалдерш бен. Изза хьал ду Россехь а. Шиннахьа а суна сайн б1аьргашна гина. Хонкара боьлхурш вайга совцалур бац.
1863 Цкъа-делахь, царна коьрте х1иттинарш, х1окху Нохчийчоьнах сийна ц1е йаьлча а, лерган дуьхьиг ухьур доцуш, таронаш йолуш нах бу, туркойн 1едалехьара цхьана дикане догдохуш боьлхуш. Цара 1ехийна т1аьхьах1иттина церан гергарниш.
1864 Хонкара кхалха хьовха, кху Бенара д1а Даьрг1а кхалха а таро йоцуш. Царах къахета. Амма дан х1ума дац. Уьш 1ехабелла бевлла. Уьш д1абахийтар бен, кхин молха дац. Со тешна ву, цига д1акхаьчча, уьш баллал дохкобевриг хиларх, уьш йуха ц1а г1ертарг хиларх.
1865 Цаьрга х1оьттинчу хьоло бен совцор бац цига кхалха ойла йолуш, амма кхушара 1едало д1а ца бохуьйтуш хьелурш. Цунах дерг Берсас аьлла. Амма Берсиний, Аьрзуний, суний лууш цхьаъ ду. Цхьаьнца т1ом болабелча, кхузара дукхахболу шен ницкъ цига д1аоза беза цо.
1866 Т1аккха вайна боккха аьтто хир бу цунах. Тхо кхаанна луург х1ун ду аьлча: керла г1аттам ишттачу аьттоне д1ататтар, х1етталц дерригенна а сатохар, амма оцу денна хаддаза кечамбар. Оцу г1азот бохучу дашо а машар хир боцуш мостаг1алла дожадо вайнаханий, керста къаьмнашний йуккъе.
1867 И ду шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа кху махкара керста къаьмнаш вайх херадаьхнарг, къийсамехь вай цхьалха дуьтург. Вай х1инца боло т1ом керстанашна дуьхьал боцуш, ткъа вешан маршонехьа хила беза. Цигара адамаш а ду вайга г1оьртташ 1азапехь, вайна санна, оьрсийн паччахьан 1едал ца дезаш.
1868 Хьалха вешан дайша дийлийтина г1алаташ гуш, уьш нисдеш хила деза вай. И дара суна ала луург... Собардан деза... Амма кхин а цхьаъ ду суна хеташ. Кечамбарх лаьцна. Паччахьийн т1ом болабаларан сахьт дац. Вайна дагахь а доцчохь, лап-олий т1ом, оьккху.
1869 Маккхала ма-аллара, вешан ницкъаца тоьлур дац вай... Шуна х1ун хета, нах? Аьтто лахарх зиэн дер дац Диканна дуьхьал дика дезар ду Ткъа вайн ницкъ бац и дан Цхьа меттиг иккхича, шайн мостаг1чун махкана чоьхьа шаьш т1етовжа г1ортораш х1итто хьовсу уьш хьалххе
1870 И лахаза 1ийр вац туркойн паччахь а. Цундела туркоша вайна г1оьнна цхьа хьостам а ца белира. Х1инца цара догдиллина кху аг1онах. Кхузахь оьрсий ч1ог1а ч1аг1белла. Массара а шайна хета-хетарг аьлча, Солтамурд, кхин хеттарш ца деш, нах вовшашка дара-дацара ала а битина, ойлане велира.
1871 Кху чу гулбеллачех, цхьа Болатха воцчул, массарел воккха вара иза. Кавказан т1амехь г1араваьлла майра т1емало, диъ шо хьалха Нохчмахкахь а, Органца а хиллачу г1аттаман баьччанех цхьаъ хиллачу цуьнан доккха сий дара тахана а.
1872 Х1етте а, цунна дика хаьара шен къоначу накъостийн хьекъал шечул цуьрриг оьшуш цахилар. Хаьара, хьалхалаьттачу къийсамехь коьрта меттиг д1алаца дезарг къона т1аьхье хилар а, цунна къона баьччанаш безийла а. Ткъа Берсий, Аьрзуй, Маккхаллий цо шел т1ех лорура.
1873 ... Россина чоьхьа г1уллакх галдаларе хьежахь, дехха 1ийр ду вай. Нагахь туркошца цхьа барт бан вайн ойла йелахь, цаьрца дийцарш дан цига цхьа-ши стаг а, Польшера хьал талла цхьа стаг а вахийтича, бакъахьа хета суна. Оцу нахана некъан харжаш йан вайн ахча а ду.
1874 Шуна х1ун хета? Нагахь шу резаделахь, цига бахийта нах билгалбан а лаьа суна Цига бахийта нах хьалхатоьттуш, цхьаццанен ц1ераш йохуш, г1овг1анаш йевлира Ц1ераш йохура чохь болчийн а, диванна йукъа ца бог1учу лахарчу шайн бартахойн а
1875 Польше вахийта-м сихха Берса билгалваьккхира цара. Турце вахийта шиъ ца къасталуш, г1уллакх дахдала доьлча, Аьрзус шена дош дийхира. Амма Хонкара вахана стаг шина-кхаа баттахь ц1а воьрзур вац. Йа воьрзур, ца воьрзур а хаац. Аш ц1ераш йаьхначу нехан ц1ахь ц1а дуьззина доьзалш бу.
1876 Дай ц1ера бевлча, йалташ денза, докъарш кечдаза буьсур бу уьш. Сан а, Маккхалан а ц1ахь диэлха а, диэка а дац. Т1ехула т1е, Маккхал 1еламстаг ву. Цунна шерра 1аьрбийн, туркойн меттанаш а, г1еххьа гуьржийн а, оьрсийн а меттанаш а хаьа.
1877 Цига вахийта цул бег1ийла стаг вац. Цунна накъост со а хир ву. Оцу т1ехь барт хилира массеран а. Ашшимма цигахь дан дезарг т1аьхьа паргг1ат дуьйцур вай. Х1ета, кху шарахь г1аттам болор ца хьехош, иза билгалйоцчу хене, вешан аьттоне д1атоттур вай.
1878 Кху некъехь Атин Атаби ц1а верзаро соьга догдохуьйту вайн бисина накъостий а ц1а берзаре. Цуьнца лаьцна вигна Дуин 1умма а вог1ур ву ц1а. Вай д1адохале цхьаъ ала лаьа суна. Тахана адам доьхна хьийза. Хиндерг ца хууш, йалташ дуьйш бац нах.
1879 Вай иштта 1ийча, нахе мацалла х1уттурий-техьа? Шаьш д1асадахча, йарташкарчу т1еман баьччанашна т1едилла адам кхетор Хонкара г1ур берш к1еззиг нах бен бац, бисинчаьрга шайн йалташ д1аде, ала Т1ом хир бу бохург аьттехьа доцийла хаийта
1880 1едало бохучунна дуьхьалонаш ма йе, цуьнцара йукъаметтиг марса ма йаккха, ала. Амма т1амна кечамбар ма сацаде. Керлачу т1амехь вайн г1ортор кегий нах хир бу. Уьш 1амор сацо мегар дац. Амма дерригенна т1ехь а йоккха къайле оьшу.
1881 Маккхал, вай д1адохале, дуйнаш бао беза кху чохь а, керта-арахь а мел волчунна. Диван чекхйаьлча, ц1а чуьра арадовлале, Къуръан т1ехь дуйнаш баийтар йукъадаьккхинера дуьххьара бартахой цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна. Дуьххьара вовшахкхеттачу дийнахь оцу т1ехула дикка галморзахаллаш хилира церан.
1882 Кунта-Хьаьжин вирдехь болчарна новкъа деара Болатха дуйна йукъавалор. Кунта-Хьаьжас шел т1аьхьа устаз хила хьакъвеш вагарвинчу масех стагана йуккъехь вара иза. Ишттачу стагах теша деза, бохура цара. Дагций, дег1аций айп доцуш стаг вац, Ша цхьа Дела воцург!
1883 ... Шега кховдийна атлазна йукъахьарчийна Къуръан схьа а эцна, уггар хьалха Солтамурд т1евийхира Маккхала. Солтамурд, шен меттера г1еттина, т1е а веана, Къуръанна т1е куьг а диллина, Маккхална т1аьххье дуйнан дешнаш ала кечвелира.
1884 Бисмиллах1и-рохьма-ни-рохьийм... Ас дуй боу, сайл лакхахь лаьттачу тхьамданийн омра дуьхьало йоцуш кхочушдан. Сайн дел-ненал а, йишел-вешел а, доьзалал а сийлахь а, лакхахь а сайн къоман маршо лара... Цхьацца т1ех1уттуш, оццу дешнашца дуй биира х1ораммо а.
1885 Т1аккха, доцца до1а а дина, д1асабахара... 13 корта. Гусарийн полкан капитан. «Оьрсийн царизмо халкъашлахь лело политика маршонна, халкъашна дуьхьал, демократина дуьхьал, белхалойн классана дуьхьал, адамашна дуьйцу а ца хезначу зуламийн, уггар боьхачу, сийдоцчу интригийн йеха цхьа з1е йу.
1886 ...». В. И. Ленин. Кешнашна йуккъехь айъаделла го т1улгах дина т1е к1айн эчиг тоьхна тхов болу деак1ов зерат. Хин аьрру аг1он т1ехь, лакхара схьа т1е а кхевдина, кхозу сазлаттан г1амаран стаммий чкъоьрнаш долу лекха берд. Сесана кхаччалц цхьаьна веара Болатха, Шо1ип, Берса, Маккхал, Аьрзу а.
1887 Тоба йина кхид1а ца вахархьама а долуш, Болатхий, ц1а кхача воллалц Берсин накъост хинволу Шо1иппий кхузахь сецира, шаьш-шиъ, зерате а х1уттуш, делккъалц собар а дина, т1аьхьавог1ур аьлла. Накъостех къаьстина, цхьа висича, ойланаша д1алецира Берса.
1888 Т1амо маситтаза йохийначул, йагийначул т1аьхьа, х1инцца, халла сауьйзуш, денйала г1ертачу цара, шаьлтанца асанаш йохуш, доруш охьадуьллуш санна, 1ийжадора цуьнан дог. Дег1а т1ехь гуш чов йацара цуьнан. Амма Берсин дагах а йара чов.
1889 Даьлла гуш ц1ий а, т1ехула хьаьвзина муо а боцуш. Оцу т1амо ца дийнера цуьнан да-нана. Нанас цуьнан дена бина йижарий а, вежарий а ца хилла Берсин. Жуг1урта кхоччуш Берса т1аьхьакхиира гихь дечган гаьннаш такхийна вог1учу, леррина вакъийча санна, векъаначу воккхачу стагана.
1890 Дела резахуьлда хьуна а! Г1олахь д1а Охьа а вуон воьссира хьо Ас ц1а кхетор ву хьо Берсас ша ца вуьтийла хиъча, гира мохь охьа а тесна, букъ нисбина, куй цо хьалатеттича, гучуйелира т1ехь цхьа а чо боцуш хьацаро къагийна лепа коьртан ах
1891 Дерзинчу дег1а т1е дуьйхинчу этт1ачу чои йуккъера схьакъедара йакъайелла меженаш. К1оргге хьех чубоьжна г1айг1ане ши б1аьрг баркалле хьоьжура Берсега. Воккха стаг говра а хаийна, цуьнан мохь шен белша т1е а биллина, т1аьхьаволавелира иза.
1892 ... Воккхачу стеган йуьхь ц1еххьана кхоьлира. Берса валлал дохковелира и хаттар ша дарх. Эвла йисте кхаьчча, Берса йухаверзо г1оьртира воккха стаг. Амма Берса, цо бохург ца деш, гихь мохь болуш йуьрта вуьйлира. И беркъа духар цунна дех дисина хилар гуш дара.
1893 Сан а, йоккхачу стеган а дуьненан дерриг самукъе х1арий, кхуьнан наний ду. Х1ан, валол, чоьхьавалал. Мала шурин чай хир ду, цуьнца 1овша сискалан йуьхк а карор йу. Баркалла! Белларш ирсе хетачу кхачийна-кх вайн г1уллакх Дала собар лойла шуна, Дала аьтто бойла шун!
1894 Марша 1ойла! Дала ирс ма дойъийла хьан! Марша г1ойла, аьтто хуьлда хьан ахь дагалаьцначу т1ехь! Говра ца хууш, цуьнан йуьхь лаьцна эвлах ваьллачу Берсина хьалха схьах1оьттира шера аре К1ез-к1езиг лахлуш, арен т1е х1уьттучу хьаннаша хьулйина йеха раьг1наш
1895 Йуьхьа т1е бетталучу мелачу махо дег1ана там бора. Хьаннашкахь декачу олхазарша лоькхура б1аьстенан ц1ена х1аваъ. Х1инцале а зазадаьккхинчу хьаьрса-хьечаша, йукъ-йукъа к1ац йиллича санна, к1аййинера хьаннаш. Ма хаза дара кху тийначу, къеначу хьаннашкахь!
1896 Хьалха санна, х1орш маьрша йелахьара, нах кху мехкан дай белахьара, 1едало лелхийна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелаш эзарнаш адамаш дацахьара, дерриг а халкъан дег1а т1ехь йиллина лаза йисина хала чов йацахьара. Амма и йерза тигац-кх, иза йерза йитац-кх.
1897 Цхьана минотана цхьана х1уманах 1ехавелла валлахь а, цунна йуххерчо гойту, дагатосу баккъал а ша йуккъехь воллу иэрчо. Дагавеара ша ц1ийх схьаваьлла да. Дагадаьхкира цкъа Данч1ас шега т1аьххьара аьлла дешнаш а: «Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса.
1898 ...». Берсин дахаре хьаьжначунна моьттур дара, цул ирсе стаг Нохчийчохь тахана ван а вац. Берсин дег1а т1ехь дац ша санначу боьршачу нехан дог1машна т1ера шеддаш хилла лаьтта чевнийн моьнаш. Амма цуьнан даг т1ера чов ч1ог1а йу царал.
1899 Цунна хетарехь, хир а вац и санна кийрахь боккха бала болуш стаг. Оцу дерригенна а бехке цуьнан да ву. Ткъе пхиъ шо хьалха, йерриг Нохчийчоь г1оттучу, цара имам Шемал шайна коьрте х1отта кхойкхучу, халкъан к1ентий шайн даймехкан маршо ларйан х1иттинчу деношкахь, ведда Соьлжа-Г1ала вахара цуьнан да.
1900 Х1аъ, вахара, шен жимачу туьканара ткъех туьманан меха баккхал стерчийн вордана а йоьттина, царна т1е зуда а, х1етта пхийтта шо кхаьчна Берса а хаийна. Берса ца кхетара дас лелочух. Цунах т1аьхьа кхийтира Берса. Соьлжа-Г1али уллохь, Рохьмад санна, бевдда баьхкинчу нохчийн кхин а масех ц1а дара.
1901 Уьш а бара, Рохьмад санна, хьал 1а1о г1ерташ, муьлххачу некъашца лелийна а, оьрсашца йолу шайн г1уллакхан з1енаш ца хадийта лууш нах. Дукха хан йара Рохьмада совдегаралла лело. Амма Берса х1умма а цец ца волура ден ахчанах. И кхета воьллера дас лелочу харц некъех.
1902 Оьрсашца совдегаралла лелор дихкинера Шемала. Россе ваха а, цигара товар дан а бакъо лора, нагахь оцу совдегаро дохка лам чохь къен долу эчиг дахьахь. Цундела Рохьмада Нохчийчу духкучу товарах коьртаниг эчиг дара. Цо лелочух йуьхьанца ца кхетара Берса.
1903 Масех шо даьлча, Берсина хиира, шен да, халкъана халачу дийнахь йуьстахъиккхина, ведда цуьнан мостаг1ашкахьа ваьлла, йамарт хилла ца 1аш, ткъа оьрсийн эскарийн командованина доггах г1уллакхдеш шпион а хилар. Цо йамартло йора ахчанах ша иэцначу паччахьан 1едална а.
1904 Цо ахчанах йухкура шина а аг1орчийн т1еман къайленаш. Амма наибашна цо йухку оьрсийн къайленаш цхьана а маь1не йоцурш йара. Берсин хьекъал ца кхочура дас бечу иэхьечу некъан бакъ мах хадо. Дас гулдинчу хьоло ирсан не1 йиллира цунна хьалха.
1905 Рохьмадан аьтто хилира шен цхьаъ бен воцу к1ант г1арайаьллачу Петербурге прапорщикийн школе вахийта. Мил-милла а ца кхочура оцу оьрсийн столице. Амма ахчано ца деш х1ун ду! Дуьненан к1езиг ойла йеш йаьккхира Берсас цигахь и шен дахаран уггар ирсе кийсак
1906 Шен халкъан ц1ийх доккхуш, дас цунна т1аьхьакхоьхьуйтура шортта ахча. Самукъане столица. Къоналла. Т1амах, мехкарех а бен къамел дацара. Къаьсттина дукха хьехайора карзахе Кавказ. Цигахь йара церан массеран а дог-ойла. Амма хийланна карадора цигахь шийла каш а.
1907 Великодержавни хоршано сацам байъинера школерчу къоначу нехан. Сатуьйсура кавказски романтике, турпалчу хьуьнаршка, хастамечу совг1аташка, чинашка. И ун кхетаза ца висира Берса а. Дерригенна а т1ехь толам боккхура даймахке, халкъе болчу бовхачу безамо.
1908 Доглозура цуьнгарчу инзаречу бохамаша б1арздинчу шен жимачу халкъах, куралла йора цуьнан турпалчу хьуьнарех, сатуьйсура сихха цига йухаверзаре. Ткъа хьуьнарш, хастам? Цунна уьш кхечанхьа а карор ду Цо, цкъа а синтем ца буьтуш, диллина шен дог огур дуйла
1909 ... Ткъа масех сахьт даьлча, хьоло а, къоьлло а сийсочу столицин к1орге вахча, и дерриг дицлой, дворянски империн даймехкан йийсаре воьдура Берса. Амма оццу шерашкахь малхбузехьа даьллачу революцин буьрсачу дорцала нисвелла иза цигара йуха Россе кхин стаг а хилла вирзира.
1910 Кхолламо, вигна, европейски революцин буьрсачу ц1еран куьрка кхоьссина Берса теш хилира 1849-чу шеран 13-чу августехь венгрин революцин эскарийн коьртакомандующис инарло Гергеяс оьрсийн-австрийски эскаршна хьалха Виллагошна уллохь герз охьадуьллучу иэхьечу дийнан.
1911 Цо г1алг1азкхийн дошлошца цхьаьна конвоировать бира австрийски императоран 1едале д1абала буьгу йийсаре баьхкина венгрийн эпсарш. Т1аьхьо цунна хиира оьрсийн паччахьо йамартлонца д1абеллачу оцу эпсарех исс инарла ирхъоллар, веанна тоьпаш тохар, кхо б1е шовзткъе йалхитта набахте кхоссар.
1912 Цунна хиира дуккха а оьрсийн эпсарш, салтий шайн паччахьо лелочу оцу къизаллина резацахилар, цара революцехь дакъалацархошкахьа даггара г1о доккхуш хилар. Х1аъ, дерриг адамаш дацара адамаллин дегнаш кийрахь доцуш, къиза. Цара нийсо лоьхура шайн даймахкахь а, кхузахь, нехан хийрачу махкахь а.
1913 Ткъа стенан дуьхьа? Шайн даймехкан сийн, шайн халкъан маршонан дуьхьа Масане вара царна йуккъехь, цуьнан дуьхьа шайн ирс, хьал дитина, йа харцонна т1ехь толам баккха, йа луьра 1ожалла т1еэца кечвелла, герз карахь араваьлла Цунна цкъа а ца дицло йехачу набарх ша самаваьккхина цхьа де
1914 Иза дара венгрийн революцехь дакъалаьцначу полякашна г1аттам хьаьшначул т1аьхьа шайн даймахка йухаберза къайллаха г1о дина гучубевлла оьрсийн эпсарш лоьцу де. Гусев лаца хьовсийначу эпсаршна йукъа нисвелира Берса. Капитан цуьрриг ца вуьйхира йа кхера а ца велира.
1915 Схьахетарехь, цунна хууш хиллера и де цкъа шена т1ех1уттург хилар. Амма со даймахкана йамарт ву бохург данне а дац иза. Со кийча ву сайн даймехкан дуьхьа муьлххачу а минотехь са д1адала. Баттара даьккхина шен тур, гоьл т1ехь саттийна каг а дина, полковнике д1акховдийра Гусевс.
1916 Цигахь цунна гуонаха ч1ог1а ха а х1оттаде! Шеца шиъ г1алг1азкхи а эцна, лаьцнарг хьалха а ваьккхина, г1опе д1авахара Берса Цигахь набахтин камера хилла лаьттачу ц1енойх цхьаннан не1аре кхаьчча, цуьнан т1ам а лаьцна, цхьана секундана соцунг1а хилира Гусев
1917 ... Берса д1асахьаьжира. Сени чухула хаддаза д1асалелаш гора штабан эпсарш... Берса воьхна хьаьвзира... Бакъо ма йац. Дукханна а хаьа вайшиннан йукъаметтиг дика хилар. Ойла йехьа т1аьхьа хин долчун... Гусевс, не1 схьа а йиллина, боданечу, т1уьначу камери чу ког тесира.
1918 Амма Берсас, катоьхна пхьарс а лаьцна, озийна йухаваьккхира иза. Ткъа цара шайна к1илло бу ала меттиг ца йитина дуьненна. Х1унда аьлча со даим шек ву хьан пхенашкахь кхехкарг нохчийн ц1ий хиларх. Вада лаьа хьуна, Алеша? Гой хьуна, со хьоьца ву-кх, сайн герз а, сайн са а хьан дола д1ало ас!
1919 ... Гусевс, къевллина мара а воьллина, бесни т1е бовха барт баьккхира Берсина. Иза оьшуш меттиг хьо виначу лаьмнашкахь йу, Берса. Майра к1ант ву хьо, Берса, амма сонта ву хьо йа йуххец къонах вац хьо... Ахь боху, хьо нохчо ву, амма мичахь ду цунна тоьшалла?
1920 Муьлххачу а халкъан тешаме к1ант, шен халкъана бохам хилча, цуьнца хуьлу. Ткъа хьо мичахь ву? Оцу дешнаша, дуьхьал ц1ийдина хи тоьхча санна, йагийра Берсин йухь Иза воккхавера шен йогу йуьхь бодашкахь Гусевна гуш йацарх Гой хьуна кху Европехь хуьлуш дерг?
1921 Халкъашна к1ордийна феодальни 1азап. Гой хьуна, цара герз буйнахь шайна маршо, нийсо лоьху. Адамашна адамаш хилла даха лаьа, ткъа иза паччахьашна дезалац. Оьрсийн император коьртехь цхьаьнакхеттачу монархаша хьаьшна французски, испански, неаполитански, немецки, итальянски революцеш.
1922 Д1адаханчу шарахь ц1ийла карчийна Париж, Вена, Итали, Германи. Хьуна гой паччахьашна дуьхьал цхьаьнакхетта халкъаш? Кхузахь, Венгрин эскарийн мог1арехь, церан салтийн белшах белш тоьхна лиэта полякаш, немцой, австрийцаш, французаш, итальянцаш гирий хьуна?
1923 Уьш бара хьуна къонахий, шен къоман тешаме к1ентий! Царна хаьара, венграша толам баьккхича, и толам шайн халкъийн а толам буйла Ткъа вай, б1е шовзткъа эзар оьрсийн салтий, церан чаьлтачаш хилла схьадаьхкина Уьш иэший вай Ма доккха хьуьнар ду иза!
1924 Вай, схьа а лецна, церан инарлаш, эпсарш австрийски императоран кара д1абелла. Цо уьш ирхъухкур бу. Шу, толам а баьккхина, ц1а доьрзу, чинаш, орденаш йаьхна. Хьанна оьшу и иэхье толам? Кхузахь оьрсийн эскарша баьккхина толам оьрсийн халкъан историн аг1он т1ехь иэхьан томмаг1а хилла буьсур бу
1925 ... Сени чохь когийн тата а, т1аккха комендантан девза аз а хезна, Гусев цхьана минотана соцунг1а хилира. Эзарнаш оьрсий, со санна, доглазарца хьуьйсу дуьненан халкъаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсаме. Шел лакхарчун омра кхочушдаза ца волу салти.
1926 Хьуна ма моттийла ас берриг эпсарш бехказбоху. Дукхахберш уьш акха дегнаш долуш, къиза адамаш ду. Сан хабар дахделла, Берса. Ас элира, хьо майра к1ант ву, амма къонах вац йа сонта ву аьлла. Оха-м цадевллачу денна г1уллакх дора тхешан императорна, ткъа хьо мича декхаро валийна цуьнан эскаре?
1927 Гой хьуна, европейски халкъашна хаьа венграша латто къийсам бакъ къийсам буйла. Цундела венграш, цхьаъ санна, берриш шайн даймохк ларбан д1ах1иттина. Царна г1оьнна баьхкина дуккха а халкъийн к1ентий. Ас хьуна бийца оьшуш бац гречески, польски, французски, итальянски халкъаша латто турпала къийсам.
1928 Кху г1уллакхо кавказски т1амера б1е шовзткъа эзар салт цхьана ханна схьаваьккхина. Хьан къомо шена т1е паччахьан дуккха а ницкъ уозоро оьмар йахйира европейски халкъийн революцин. Мила ву фельдмаршал Паскевич? Ермолов д1а а ваьккхина, паччахьо цуьнан метта Нохчийчу хьажийнарг ву-кх
1929 Ткъа Лиддерс? Хаддаза хьан халкъан ц1ий 1енийна, амма, Далла бу хастам, нохчаша масазза а йиттина г1ибаваьккхина инарла ву иза Ткъа хьо, кхин иэхь ца хеташ, ж1аьла санна, царна г1уллакхдеш лела Х1ан-х1а, Берса, хьо нохчо вац, велахьара, тахана хьайн халкъаца хир вара хьо!
1930 Хьайн халкъан ц1ийх прапорщик хилла хьо, венгрин ц1ий 1енийна, капитанан чин даьккхина ахь. Кисанара схьадаьккхина даточу г1утакхара схьаэцна цигаьрка а латийна, боккха баьккхина к1ур чутуьйхира Гусевс. Берса, мотт сецча санна, вист ца хуьлуш лаьттара.
1931 Цунна ца хаьара, х1ун аьлла жоп лур ду. Иза бехке вара. Цунна къера а хилла, к1елсецнера иза. Императорний, даймахканий йамарт хилла бохий-ца! Х1ан-х1а, Берса, иза иштта дац Уьш кхетац сох Даймохк! Иза бац сан даймохк Х1аъ, цкъа а цхьанне а дохкалуш а, иэцалуш а доцу, бодане, миска оьрсийн халкъ
1932 Дагарш, шаданаш, мангалш кара а эцна, татаро-монголаш, польски, немецки, французски мехкашд1алецархой Нана-Россин махка т1ера д1алихкина муьжгий. Со дворянин ву, амма со уггар хьалха сайн халкъан к1ант ву. Со цунна тешаме хилла.
1933 Цуьнан маршонан, цуьнан сийн дуьхьа, цуьнан ирсан дуьхьа со г1оттур ву, сайн императорна дуьхьал хьовха, сайн дена а дуьхьал. Со тешна ву сайна уггар луьра та1зар дийриг хиларх. Делахь а, со вада г1ертар вац, йа, къинхетам боьхуш, дехарш а дийр дац.
1934 Ткъа хьо, Берса, маьрша вуьсу. Дика г1уллакх де ахь Николайна Хьалхарчунна. Паскевича а, Лиддерса а аьлларг нийсса кхочушдеш, хьайн вежарий байъа г1о де. Кестта инарлин чине кхочур ву хьо. Хьанна хаьа, графски титул йала а мегий хьуна-м.
1935 Х1инца аравала. Гусевс шега кховдийна куьг къевллина шина куьйга схьа а лаьцна, ц1е санна богучу б1аьргашца цуьнга а хьаьжна, араиккхина Берса, цигахь лаьттачу г1алг1азкхашка не1аршна дог1а тоха а аьлла, д1авахара. Кхин ца гира Берсина Гусев.
1936 Амма, цул т1аьхьа цхьа хан йаьлча, цунна хезира, т1еман-аренан суьдан кхиэлаца Алексей Гусевний, цуьнан йалх накъостаний Мински набахтин кертахь тоьпаш тоьхна бохуш... Цо хаддаза дехарш дора, ша кавказски эскаршка ваккха бохуш.
1937 Мел дог ца даг1ахь а, цо гергарлонаш тийсира Кавказан т1амехь г1уллакхдинчу эпсаршца, ца к1ордош ладоьг1ура цара шен махкахойх лаьцна дуьйцучуьнга. Эпсарех наггахь волчо дуьйцура цигара хьал ма-дарра, хестайора ламанхойн майралла, резабоцуш луьйра цигахь акха къизалла х1итточу паччахьан инарлашна.
1938 Амма дукхахболчара йемалбора нохчий, дозаллица дуьйцура шайн иэхьечу хьуьнарех лаьцна. Ма ца 1ебаш йоьшура цо Кавказах лаьцна Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс йазйина произведенеш! Амма иза хуьлийла дацара Паччахьан харцоно уьш хеназа эгийра оццу Кавказан лаьмнашкахь
1939 Берса ша винчу махка йухавирзира шен халкъана уггар хала деанчу 1858-чу шарахь. Берсина шера хаьара толам паччахьан эскарийн карахь буйла, Нохчийчоьно т1аьххьара сауьзийла. «Х1ун де-те ас? Т1аккха йуханехьа некъ а суна хир бац
1940 Т1аккха йов т1еман карьера. Т1аккха, дуьненах хаьдда, таллархочо хьийзо экха санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула ваьлла лела дезар ду сан. Нагахь со сайн меттехь 1ахь, ахча а, чинаш а, самукъане дахар а хир ду...». Дерриг къастийра оцу дийнахь Гелдагана уллохь хиллачу т1амо.
1941 Берсина оцу дийнахь дуьххьара гира т1амехь леташ нохчий. Царна йуккъехь бара сирбелла баккхий нах а, маж-мекх далаза бераш а... Берсина хаьара паччахьо шен эскарш керла мехкаш д1алеца, кхидолу къаьмнаш тало, дворянийн хьал-бахам алсамбаккха т1аме лоьхкийла.
1942 Инарлаша, эпсарша салтий т1елоьхку, хьерабевлча санна. Ц1ийх ца 1еба церан сутара б1аьргаш, т1улган дегнаш. Тахана ц1ий1анорна царна чинаш, хьал лур ду. Цаьргахь герз ду, шортта т1едуха а, даа а ду церан. Ткъа царна дуьхьал летачу къоьжачу нехан, берийн?
1943 Х1ан-х1а, цара, дуьххьалд1а маршоней бен, кхин х1уммане а са ца туьйсу. Уьш, шайн даймохк, шайн доьзалш, шайн синош лардан г1ерташ, оьгу. «Уьш бац ткъа сан дай, сан вежарий? Ткъа иза йукъахь волу полк, цкъачунна т1амна йукъа ца йоьдуш, резервехь лаьттара
1944 Эххар а зурмано хаам кхайкхийра. Шен сотнина хьалха а ваьлла, хьалалаьцна тур а долуш, гух чу говр хийцира Берсас. Амма ойланаша цуьнан синтем байъинера: «Алешка Гусев вацара ткъа оьрсийн дворянин, эпсар? Цуьнга ца хьоьжура ткъа хьалхахьа ирсе дахар, чинаш, т1еман карьера?
1945 Шайна аттаниг лоьхуш эгна ткъа къийсамехь испански эпсарш Риего, Квирога, грекийн эла Ипсилантий, валах Тудор Владимиреску? Шен ойла йора ткъа Шегошварена уллохь оха вийначу Шандора Петефис?» Махо шок йеттара лерехь Молханан к1уьро б1аьргаш 1ийжабора
1946 Лергаш къардора йуьйлучу тоьпаша, вовшехдеттачу болато, хьоькхучу маьхьарша, дечу узарша. Берсина хьалхарниш х1инцале а лета боьллера. Х1ара х1инца а т1е ца кхаьчнера. Амма шера гора нохчийн къоьжа а, къона а, амма оьг1азе, майра, 1адийна а йаххьаш.
1947 «Дуьненан даьхний лаха, чинашкахь хьалабовла баьхкинера ткъа паччахьийн къизачу туьра к1ел ц1ий 1еночу Венгрина г1оьнна баьхкина полякаш, итальянцаш, австрийцаш, французаш, чехаш, сербаш? Горлера, венски студенташ, йа1! Ма дера лийтира уьш цигахь шайн императоран эскаршна дуьхьал
1948 Ма безачу мехах д1аделира цара шайн дахар! Цара массара а маршонан, нийсонан дуьхьа шайн дахар д1аделла, кхечу мехкашка а бахана, ткъа со» Оццу минотехь цунна гира шена хьалха волчу полковнико тур тоьхна воккхачу стеган сира корта дег1ах къастош
1949 ... Со шун ваша ву, со шуьгахьа волу! «Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса Да-нана Ма доккха, дагна гергара дешнаш ду уьш! Къаьсттина сий деш лоьру уьш нохчочо Мел оьздангалла йайначу, мел акха дог кийрахь долуш кхуьучу к1анта а сий до шен де-ненан
1950 Цо и шиъ цкъа а д1а ца тосу, дицдац, ша мел боккхачу бале вожарх, адаме цалайаллал йоккхачу халонга нисваларх. Берийн бераш а долуш, сирвелла воккха стаг хилла ша д1ах1оьттича, т1аккха а, шен дена-нанна хьалха нисвелча, х1инцца пхи шо кхаьчна бер санна хуьлу иза.
1951 Цаьршиннан дош цунна Дала аьлларг ду. Иштта ду дайшкара схьадог1у цуьнан халкъан г1иллакх. Х1инццалц схьа ваьлла вац и дохош к1ант. Амма Берсас дохийна иза. Кху т1аьххьарчу ткъе пхеа шарахь пхоьазза а ца гина цунна шен да. Иза къехка шен дех, цуьнан хьолах.
1952 Лаац цуьнан ц1е йоккхуш хаза а. «Бакъ вуй-те со? Т1аккха цунна хьалхах1утту полковнико тур тоьхна, къеначу дег1ах къастийна говрийн когаш к1ел боьжна воккхачу стеган сира корта, х1инцца ша керта х1оьттина йалх к1ант т1амо вийна цхьалха висина воккха стаг а
1953 Уьш эзарнаш бу цуьнан декъазчу даймахкахь. Цунна йамарт хиллачу стагана къиза 1ожалла йог1у!» Вежарий Йарташ йогу; орца дац царна Мостаг1чо байъина даймехкан к1ентий Ц1ерийн меттанаш метеорех догу, Б1аьрг кхеттарг 1адавеш, мархашкахь ловзу
1954 Дерачу экханха цхьамзанаш буйнахь. Машаре х1усамашка толамхо лелха, Къена нах, берашший цо къиза дойъу, Ткъа ц1еша ц1ийдинчу куьйгашца. Цо къона мехкарий, наной а хьоьсту... М. Ю. Лермонтов. «Измаил-бей». Аьрзу шех д1акъаьстича, ц1еххьана сингаттамо д1алецира Маккхал.
1955 Кестта махках ваьлла ваха дезар а дацара иза кхолийнарг. Махках ваьлла-м дикка леллера иза. Цкъа, Шемалан ц1арах туркошца дийцарш дан Стамбуле воьдучу Сапарчин Юсуп-Хьаьжица вахана, Турцехь бутт хан йаьккхира цо. Шарахь гергга оьрсийн йийсарехь а 1ийра.
1956 Махкахвалар-м дуьххьара т1е ца дог1ура цунна. Цкъацкъа де а бахьана доцуш, шен цхьалла санна, йеза ойланаш хьаьвзара цуьнан коьрте. Кху дукъа ваьлча, малхбузехьа аренах б1аьрг кхетча, мел иза къехко г1ертарх, карлайуьйлура бералла, вина йурт.
1957 Х1ара ша волччохь вуьтий, т1ома айъалой, цига д1адоьдура са. Маккхална халла дагабог1ура шен да а, кхо ваша а. Цуьнан йалх шо долуш цхьана дийнахь х1аллакьхилира уьш виъ. Нана-м хьалххе йеллера. Йижарий хилла а бацара. Шен схьавалар Гермачигара дара Маккхалан.
1958 Цуьнан да 1абдурахьма Нохчийчохь а г1араваьлла воккха молла вара. Цо йиллинчу Нохчийчохь дикачу масеханнах цхьаъ лоруш йолчу хьуьжарехь маьхза доьшуш дара къечу нехан бераш. Жима Маккхал теш хилира ден а, вежарийн а къизачу 1ожаллин.
1959 Оцу аьхкенан дийнахь шайн ц1енна генадоцчу 1инах лулахойн берашца луьйчуш вара иза. Йуьртана малхбузехьа ц1еххьана тоьпаш а, орцанан маьхьарий а девлира. Берашна шера хаьара царал т1аьхьа хуьлуш дерг. Тоьпаш карахь аралилхинчу божарша йуьртал ара сихдира зударий, бераш.
1960 Ц1уьх1арш хьалха а баьхна, цаьрца ведда т1ехвелира баккхийчех масех мута1елам. К1елхьарбовла уьдучу зударийн, берийн мог1а хадале, эвла йуккъе иэгадоьллачу йаккхийчу тоьпийн ц1ийделлачу х1оьънаша ц1ераш йехкира аьхкенан малха к1ел кхарзаделлачу ц1енойх, божалех, докъаран холанех.
1961 К1елхьарбовла ца кхиъначу зударийн, берийн маьхьарша къардира х1аваъ. Ловчкъа меттиг лоьхуш, маьхьарца т1ома уьдура котамаш. Эвлана гуо лаьцнийла хиъча, шеца кхузткъа стаг, цаьрца шен кхо к1ант а волуш, хьуьжар чу къовлавелира къена 1абдурахьма.
1962 Ц1еххьана диначу т1елатаро бохийначу нахера дукха дуьхьало йоцуш уггар хьалха йуьрта иккхира Московски г1ашлойн полк. Хьуьжаран ц1еношкахь къовлабелла нах буйла хиъначу майоро Филипповс не1 кагйан омра дира. Дуьххьара йиначу штурмехь синметта топ кхетта вуьйжира майор а.
1963 Г1азотехь 1ожалла т1еэца нигат дина, к1елсецнера и кхузткъе цхьаъ стаг. Карадуьйла аьлла, шолг1ачу эпсаро шайга мохь тоьхча, назманца жоп делира цара: Аллах1 Дела, тхо хьайн делахь, Хьайн г1азотан орца лолахь, Хьайна гергахь сийлахь делахь, Сийлахь дарже кхачаделахь.
1964 Велча г1азот лийчор ма вац, Цунна марчо хьарчор ма дац, Моллас за1ам доьшур ма дац, Лахьти чохь барт хоттур ма бац... И чалх х1оьттича, массарна а вицвелла висина жима Маккхал, кхеравелла, ша х1ун леладо ца хууш, эвла йуккъехула ведда а лелла, эххар а шайн керта нисвелира.
1965 Ц1енна гуо бина салтий а, чуьра араетташ тоьпаш а гина, лулахойн ц1ийнан маь11ехь сецира иза. Цигахь 1адийна вог1авелла лаьттачу цунна гира, масех салтичо т1ехьахула т1е а вахана, пенаца йол а йоьттина, цунах ц1е тосуш. Т1ехула поппар хьаьхна дуьйцина динчу ц1енойн пенаш дага ца туьгура.
1966 Верстина лекха эпсар, баттара даьккхина тур а лестош, шайн маттахь салтий чехош, мохь хьоькхуш, хьаьдда лелара. Дукха хан йалале, йеа говраца такхийна йалийна, лекхачу чкъургаш т1ехь йоккха топ х1оттийра ц1енна дуьхьал а йерзийна.
1967 Цуьнан 1аьржа бага х1оъ-молханах а йуьзна, к1ур туьйсуш йогу милт лерга 1оьттира салтичо. Чуьйнан стоммачу бирг1ано, к1егаръоьккхуш, ц1е тосуш даьккхинчу татано лерга поттанаш х1иттийна Маккхал ша лаьттачохь голаш т1е лахвелира.
1968 Цхьа хан йаьлча ши б1аьрг биллинчу цунна хьуьжаран не1арний, кораний йуккъехь доккха 1уьрг гира. Йух-йуха а йузуш, масазза а туьйхира цара йоккха топ. Амма ц1а чуьра арайетта тоьпаш, назманан мукъам ца соцура. Дуккха дараш хилла эпсар воьхна, дарвелла хьийзаш, цига кхечира инарла-майор Волхонский.
1969 Эпсаран рапорте ла а доьг1на, цо омра дира, ц1е а латайай, туьнкалгехула чу йол, дечигаш кхийса аьлла. Д1асахьаьлхинчу салташа оцу минотехь кхочушдира инарлин омра. Алах кегий ц1евнаш дина, ц1е а туьйсуш, уьш цкъа хьалха чу а кхийсина, т1е декъа дечигаш тийсира цара.
1970 Ц1ийнан корашкахула а, йоккхачу тоьпо даьхначу 1уьргашкахула а сийна к1ур тийса буьйлира. К1ез-к1езиг лаг1луш, севцира чуьра арайетта тоьпаш. Оцу к1уьра йуккъера схьа иллин буьрса аз хезара: ...Болатан шаьлтанаш. Баттара йаха вай.
1971 Къизачу мостаг1ийн. Дог1маш т1ехь кегйе вай! Делерчу орцанца Кхолха гуо хадабай, Мостаг1ийн декъаш т1ехь Ваьшна некъ билла вай! Йа Аллах1! Амма, шекбоцуш лаьттачу салташкарчу тоьпаш буьххьера деха, ира цхьамзанаш пханарш йуккъехула чекх а дуьйлуш, шалхаоьхура уьш
1972 Чуьра аралилхинчаьрца вацара Маккхалан къена да а, кхо ваша а. Церан декъех чим хилира... Оцу дийнахь байлахь висина Маккхал Нохчмахкарчу цуьнан ден доттаг1чо ша волчу д1авигира. 1абдурахьманна къаьсттина дукхавезара жимахволу к1ант.
1973 Цунах йара ден йерриг дегайовхо. Шена хуу 1илма цуьнга д1адала сацам хиллера цуьнан. Доттаг1чун ойла кхочушйархьама, къеначу Чербис Нохчмахкара уггар тоьллачу хьуьжарехь дешийтира Маккхале. Масех шо далале иза 1илманца лакхавелира шена хьоьхучу молланел а.
1974 Цо ца 1ебаш доьшура кара мел деана жайна. Шерра карадерзийра 1аьрбийн, туркойн меттанаш. Амма Маккхалх молла ца хилира. Шен ден, вежарийн а 1ожалло диллина дог огу иза ц1ейаханчу нойбоьрахойн Эскин б1аьн маг1аре х1оьттира. Маккхала дуй биънера церан ч1ир йекха.
1975 Шен дуьххьарлера б1аьнча, къона Аьрзу, гиначу хьалхарчу дийнахь везавелира Маккхална. Даим тийна, ойлане, амма майра, тешаме, къинхетаме. Аьрзуна а везавелира къона 1еламча. Цунна иза оьшура д1а ког мел баьккхинчохь. Леш воллучуьнга а, веллачуьнга а хьажа.
1976 Наибашка кехат йаздан а, цаьргара деанарг деша а. Цхьа шо далале Маккхала 1амийра Аьрзу 1аьрба йозанна. Цаьршинна йуккъехь тасаделла доттаг1алла ч1аг1дора т1еман ц1аро. Аьрзу дуй биъна ваша вара Маккхалан. Аьрзус валийра иза оьрсийн йийсарера ц1а а.
1977 Нийсса кхойтта шо хьалха, Шемална йамартло а йина, наиб Хьаьжа-Мурд ведда оьрсашкахьа ваьлча, цунна виэн кхиэл йан Эвтара гулбира берриг наибаш а, 1еламчаш а. Жимма а нохчашлахь ц1ейоккхуш болу нах шайн йийсаре нисбелча, лорий 1алашбора паччахьан инарлаша.
1978 Цкъа-делахь, шайн именешкахь маьхза бацо леш бара царна уьш. Шолг1а-делахь, къаьсттина кху Нохчийчохь ца хуьлуш х1ун дуьсу, т1амехь шайн веза-гергарниг нохчийн йийсаре нисвелча, цуьнца хийцархьама. Иштта меттиг т1екхачаре веха хьежа ца дийзира Вревскийн.
1979 Дуй биъна ваша доь доцуш вайна, б1аьрга сара кхетча санна, хьийзара Аьрзу. Цхьана баттахь лийлира иза цунах хилларг ца хууш, кхин цхьа бутт а белира, и мичахь ву ца хууш а. Эххар а цунна хиира инарло Вревскийс иза Россе д1авигийтина хилар.
1980 Т1аккха ойланаш к1езиг йира Аьрзус. Хийла йоьхна буьйса йадийра цо инарла йа цуьнан герггарчу доттаг1ех цхьаъ йийсаре лаца г1ерташ, 1елий, Чорий, Васаллий йуххе а ваьккхина. Эххар а цуьнан аьтто белира Вревскийн уггар гергара доттаг1, цхьа полковник, йийсаре вало.
1981 Иза а валош шаьш Гати-Юьрта дирзинчу буса цу полковникан куьйга бароне доцца кехат йаздира цо: «Инарла Вревский! 14-чу ноябрехь Эвтарара вог1у сан доттаг1, дуй биъна ваша, хьан отрядна т1енисвелча, луьра чов йина вожа а вина, йийсаре а лаьцна, хьайн махка д1ахьажийна ахь
1982 Цуьнан ц1е Маккхал йу. Аьрру куьйган п1елгаш дац цуьнан, йийсаре лоцучу дийнахь дагна лаккха некхах чов хилла а, боху, цунна. Йийсархой хуьйцур бу вайша ахь сан доттаг1 ваьххьинчохь, Мичка йистехь. Гати-Юьртарчу Абубакаран Аьрзу».
1983 Цунна к1ел полковнико шен масех мог1а а йазбира: «Хьомсара доттаг1 Ипполит Александрович! Со йийсаре валийнарг кху Ичкерехь лоруш т1емало, кхааб1енан командир ву Сан дика дола а до х1окхо, оьшуш х1ума а дац, вайша цхьаьна вацар бен
1984 Ша эрна хабарш дуьйцур доций х1окхо хаийтина вайна. Сан са хьан буйнахь ду. Кхид1а дийцар совнаха хета. Коша верззалц хьан Саша». Аьрзус йиллинчу меттехь ши бутт балале полковникца хийцина Маккхал йуха Гати-Юьрта вирзира. Цара «мунепакъ» олий йоккхура цуьнан ц1е.
1985 Шен ваша Аьрзу воцург, кхин шена т1етевжаш стаг воцуш, йеххачу хенахь оцу шен идейца цхьа висира Маккхал. Малбелира имаме болу цуьнан тешам а. Мацах цкъа къона волуш, Шемалан ц1е бусалба динехьа, маршонехьа къийсамах ца къастайора Маккхала, иза суждане оьхура цуьнан ц1арна хьалха.
1986 Амма т1еман т1аьхьарчу итт шарахь, къаьсттина Мохьмад-къеда а, Сулиман-молла а, Джамалдин а имамна дуьхьалбевлча, Шемалах тешам байра Маккхалан. Дуккха а кхетара имамо лелочух, амма тийна 1ара. Бакъду, цунах ца кхоьрурш а бовлура.
1987 Амма ишттаниш кхоъ бен вацара: акхашойн къеда Мохьмад, нохчийн молла Сулиман а, Шемалан стунда Джемал-Эддин а. Амма, хьан хьехамаша адамаш адамаллех дохуш делахь, церан дегнаш чу оьг1азло йоссош йелахь, цара зуламе т1аьхье йуьтуш йелахь, иштта хьехамаш ма бе, шен кхоллам халкъан кара ло.
1988 Дег1астанара доьхна хьелаш, т1емаш, мостаг1аллаш а хьан зуламечу хьехамийн а, хьан харцхьарчу некъийн а жам1 ду. Маккхална х1инца а шена хезаш санна хетара Сулимин майра, ц1ена аз. Цо 1орайохура, динан, шари1атан некъаш шена а, шен 1едалан а аьттонехьа хьийзош, Шемала лело харцонаш, къизаллаш.
1989 Ша т1арикъатан некъа т1ехь нийса ву, боху Шемала, ткъа адамашна т1ехь шен 1едал герзаций, къизачу та1заршций латтадо цо. Шена новкъа верг х1аллакво, шеггара кхиэл а кхайкхайой. Шена т1ебеана мотт бух болуш бу-бац ца хьожу, бехкевечу стеган бехк бу-бац къасто ца г1оьрта.
1990 Адам кхерорца шен 1едал ч1аг1дархьама, бехкебоцчу бусалба нехан кортош доху. Ткъа Къуръан т1ехь аьлла ду, бохура Сулиман-моллас, гамонца, хьог1аца бехкбоцу стаг вийнарг абаде абадаллалц жоьжахатин ц1ергахь вогур ву. Ткъа имамо х1ун до?
1991 Зуламхо ведда к1елхьарваьлча, цуьнан гергара нах бойъу. Иза нийсса дуьхьал ду шари1атна. Байн, жоьра зударийн хьакъ, мулк ма лачкъайе, шен дола ма йаккха, боху Къуръано. Иза динчу стагехь эз-эзар шерашкахь Ша жоьжахатин ц1ергахь 1азап даллор ду, боху Дала.
1992 Керстанашна дуьхьало йан ницкъ ца кхаьчна, йа кхерабелла, йа адамийн ц1ий 1ано ца лиъна, йа оцу т1амал машар безна, керстанашна муьт1ахь хилла севццачу бусалбанийн йарташ йагайо, божарий бойъу, зударий, бераш йийсаре кхуьйлу Шемала, церан бахам талабо цо.
1993 Иза дукхе дукха ч1ог1а доьхку Къуръано. Оьрсашца машаре хила дуй биъна халкъ шен 1едална к1ел нисделча, и дуй къарбойтуш, нуьцкъаха оьрсашна дуьхьал а доккхий, бохаме дожадо цо. Шинхьарчара а йарташ йагайо церан, бахамаш талабо, адамаш дойъу, йийсаре дуьгу.
1994 Шовзткъе цхьоллаг1а шарера хьала масазза а нохчийн наибаш, динадай а иэца г1оьртира паччахьан инарлаш. 1едало шен ницкъ кхочург дерриг дира иза шегахьа ваккха г1ерташ, амма г1уллакх ца хилира. Шаьшшиннан йукъаметтигаш галйевлла, ша цунах д1акъаста герга ву.
1995 Иштта шаьш цунна резадацар шега хаийтина шен доттаг1аша Шемалан герггарчу 1еламчаша Джемал-Эддина а, Г1азг1умкан къедано Мохьмада а. Шена и шиъ ганза дукха хан йу, цаьршиннан дагахь дерг х1ун ду хаац шена, бохура. Шех дерг а шина даггахь дерзийра.
1996 Шена-м, дера, Макка д1аваха ма лаьара, амма цига воьдучу даьлча, ша вайгахьа вала веза, ткъа иза кху некъехь шен дан йиш йац. Дийцарехь, Шемала цунна т1е доккха жоьпаллин г1уллакх диллина. И чекх ца доккхуш, д1авахча, цо а, наха а ша веддарг, к1илло, йамартхо лорур ву, бохура.
1997 Т1аккха ас хаьттира, х1етталц нохчех а, Шемалх а лаьцна вайна къайлаха хаамаш бала резахир варий хьо аьлла. Сулейман-Эфендис иза аьттехьа а ца дитира. Ша цкъа а айкх, йамартхо хилла вац, хила ойла а йац, элира цо...». Сулиман-молла а, Мохьмад а имамна дуьхьалбовларх цецволийла а йацара.
1998 Уьш-м кхечу къомах нах бара. Тамашийна дерг кхин дара. Т1арикъатан вирдан бухбиллархойх цхьаъ волу Шемалан стунда Джемал-Эддин а ваьллера шен невцана дуьхьал. Айхьа-хьайна ор доккхуш хила тарло хьо. Сацабе т1ом. Иза дан ца лаьа-кх хьуна?
1999 Х1ета, сан т1аьххьарчу дешнашка ладог1ал. Делан а, пайхамаран а не1алтах ма волуьйла хьо, нагахь ахь йа хьан мурдаша оьрсашна муьт1ахь хилла севцинчу бусалба нахана зулам дахь! Делан не1алт хуьлда хьуна, т1арикъат дагца къобалдина а доцуш, дуьне лоьхуш, 1едал дезаш хьох имам хиллехь!
2000 Делан не1алт хуьлда, т1арикъатан некъ къобал ца беш, дог ц1ена доцуш, дуьненан бахаман, дуьненан 1едалан дуьхьа зуламан некъ лаьцна, ахь аьлларг деш хьуна т1аьхьах1иттинчу мурдашна а... Калугехь Шемалан г1уллакхаш вуон дац бохуш хезна Маккхална.
2001 Шемална а, цуьнан доьзална а шарахь пхийтта эзар сом ахча ло, боху, паччахьо. Имамна дешица кхелина тур а делла, тов. Эло Барятинскийс, Шемал шен ваша ву аьлла, кхайкхийна, боху. Шемалан к1ант Мохьмад-Шепа паччахьан г1аролехь г1уллакх деш ву.
2002 Имамна а, цуьнан т1аьхьарчу т1аьхьенна а дворянийн дарж делла паччахьо. Шемалца иштта къинхетаме, комаьрша х1унда ву-те оьрсийн паччахь? Цул хьалха ламанхойн дуьххьара хилла имам шайх Мансур, оьрсийн махка а вигна, набахтехь вийна
2003 Таймин Бийболат йамартлонца вейтина. Шемалал т1аьхьа Нохчийчохь г1аттаман коьртехь хилла Бойсаг1ар ирхъоьллина. Ткъа и Шемал, кара а эцна, куьйгаш т1ехь вазвина лелаво. Х1унда? Гунибехь халкъана т1е уггар хала киртиг х1оьттича, ша нохчашна биъна дуй а къарбеш, мостаг1чунна т1е х1унда вахана Шемал?
2004 ... Мухха делахь а, тахана карладуьйлура Маккхална ша хаъал хилчахьана хилларш а, лелларш а. Халкъана хиллачу бохамийн бахьанаш лоьхура. Йуха а хьовззий т1евоьдура ша йийсарехь йаьккхинчу ханна. Цигахь адамийн дегнаш чу ламанхошка цабезаман д1овш дуттура диллина д1а.
2005 Дависарг, халкъашна т1ехь 1азап латтораш цхьана дийнахь х1аллакбан ницкъ белара! Т1аккха маьршша садо1ур дара халкъаша Машаре дехар дара Т1ом боцуш, ц1ий ца 1енош Амма хьан хоьтту оьрсийн а, ламанан а халкъашка царна х1ун лаьа?
2006 ... Х1аъа ткъа, ламанхошна ца лиира паччахьан 1едална к1елдаха. Мелла а йахь йолчу стага, йахь йолчу халкъо дуьхьало йоцуш коча оьцур ма дац олаллин дукъ. Цундела шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йира ламанхоша. Мансуран а, Бийболатан а заманахь уьш тешара шайн ницкъах, шайн маршо шайга ларлург хиларх.
2007 Амма, Шемалан заманахь и т1ом бахбала боьлча, хиира шайн дуьхьалонча мел нуьцкъала ву. Х1еттахье къера а хилла севццехь, иэхье х1умма а ма дацара. Оьрсашца т1ом а бина, машар а бина, совцур бара-кх. Хьалха санна, машаре бехар бара-кх.
2008 Хьанна хаьа, хенан йохалла 1едална дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхета а мегара. Х1инца а дац т1аьхьа. Шен дагахь Маккхал тешна, 1азапехь далло халкъаш мацца а цкъа, цхьаьна а кхетта, 1едална дуьхьал летарг хиларх. Цунах теша Берса а, Аьрзу а.
2009 Х1окхарна дика ма хаьа кхечу динехь болу дуккха а нах шайгахьа бевлла турпала лиэтар. Халкъаш тешо деза и маршо церан массеран а йукъара г1уллакх хиларх. Ламанхой тешийна ца 1аш, оьрсий а. Дуккха а шераш хьалха и идея д1ахьейира Маккхала.
2010 Амма цунна гуонаха болчу 1еламнаха и аьттехьа а ца йитира. Х1ун дийр ду ткъа? Х1инца Шемал а, цуьнан г1оьнчий а бац Кхин зама а, кхин адамаш а ду Цара г1азотан байракхан метта йукъарчу маршонан байракх ойъур йу Урх мела йитина Маккхалан говр меллашчу боларахь йуьрта йуьйлира
2011 Тахана къаьсттина йаьсса хийтира цунна Гати-Юрт. Наггахь кет1ахь гуьйригаш т1е а хевшина, лохха вовшашка къамелаш деш йа, лаьттан б1аьра а бог1абелла, лелаш нах гора. Сингаттамо д1алаьцнера массо а. Д1абоьлхурш а, бухахь буьсурш а.
2012 Т1ехволучунна олуш г1алх а доцуш, кевнашкахь к1егархевшина 1ара кенах довла доьлла ж1аьлеш. Йеккъа цхьа котамаш йара х1уманнан а бала боцуш, урамехь м1арашца кхелли кегош, шайна таро йан г1ерташ. Йиша-ваша хьовха, атталла сайн доьзал, х1усам а йац.
2013 Аьрзуг1ар вежарел а дика бу суна, гатийуьртахоша сий до сан. Амма къаналла йу-кх гергаг1ерташ. Х1ун хир ду-те кхунах?» 1аьрчхен к1оргачу боьранан т1улгийн бердех, д1а ког мел баьккхинчохь, бухдуьйлуш, ша санна, шийла, сирла шовданаш ду
2014 Шал-Дукъан коьртехь зоьрталчу попан орамашна йуккъехула к1еззиг гучудолу 1аьрчхи, лаха мел дели, стамлуш, хьеран ши т1улг хьовззол хуьлий, муттанечу Мичках д1акхета. 1ина чу буссучу готтачу, гомачу г1ашнекъана т1екхаьчча, динара а воьссина, урх нуьйран х1оьах тесна, чуволавелира Аьрзу.
2015 Дато луьйтанаш а декош, безза ког буьллуш, наггахь Аьрзун букъа10 корта а 1уттуш т1аьхьайог1ура хьаж т1ехь сет а, когаш к1айн а болу цуьнан расха говр. Цуьнан букъ буьззина охьахецна йеха, 1аьржа месаш гича, шена а хууш йуьхь ц1иййелла, воьхна, настарш лехча санна, ког д1а ца тасалуш сецира иза.
2016 Гуобаьккхина лаьтта къена, йуькъа, йоккха хьун. Милла а ма йац иза, Эсет йу-кх! Йерриг Гати-Юьртана хаьа цуьнан а, Аьрзун а йукъаметтиг Аьрзу, шагат1улг хилча санна, вог1авелла лаьттара Хьалха д1авахча а, цунна уллохула т1ехвала дезара
2017 Ша ца гойтуш т1ехволийла дац. Йухавирзича? Т1аккха цунна гахь? Х1окху минотехь веана цхьаъ т1екхачахь? И дерриг б1аьрнег1ар тухучу йукъана коьрте хьаьвзира Аьрзуна Меллаша, йухаверза дагахь, говран урха т1е куьг кховдийра цо
2018 Даим а тешаме доттаг1 хилла схьайог1учу говро оцу минотехь тешнабехк бира цунна. Говро тоьхначу хьоршамо кхерийначу Эсета, коч сихха охьа а хецна, дерзина пхьаьрсаш букъа т1ехьа ловчкъийра. Х1етта шийлачу хица йилина ц1ен бос беттало цуьнан горга беснеш гуттар а йогура.
2019 Чуоза х1аваъ ца тоьуш санна, ийъалора лекха накха. Тахана дагахь а доцчохь йаьхкира кху т1аьххьарчу деношкахь къаьсттина цо сатуьйсу миноташ. Хазахетар т1ехдаьлла Эсет, мотт сецча санна, йист ца хилалуш йисинера. Ахь хьайн г1уллакх де, со кхечахьа волу.
2020 Йежаш лаьттачу говран йуххера урх лаьцна, Эсетна уллохула т1ехвелира иза. Ма г1охьа! Саца а сецна, йухахьаьжира Аьрзу Эсет, корта охьа а бахийтина, йист ца хуьлуш сецира Цкъа а кхерам х1ун йу ца хиъна майрачу т1емалочун дахчаделла дог, тахана оцу къоначу зудчуьнца цхьа висча, к1илло тохаделира
2021 ... Хала дара Аьрзуна йезачу йо1ах къаста. Шен коьртан чоьш Эсет маре йаханчу буса къежделла хетара цунна. Оцу шарахь йуьртахь ца сацалуш, шен ницкъ ма-кхоччу цунна генахь дагна хилла чов йерзо г1ерташ, нехан йарташкахула волавелла лелаш хан йаьккхира цо.
2022 Оцу пхеа шарахь цкъа а Эсете вист ца хиллера иза, цуьнан эсала аз ца хезнера цунна. Аьрзус масех шарахь садетташ хала баьккхина толам херцош, йуха а меттахъхьайра безам, цунна хаа а хууш ов деттара х1етта йирзинчу деган чевнна.
2023 Моьттура, Эсетан б1аьргех оьхучу сирлачу, дуьрачу хиша 1ийжайора и чов. Уьш д1адевлла. Хьо нехан зуда йу... Цхьаъ дакъазвоккхуш бен ца хуьлу кхечунна ирс. Амма шайн доьзалера хьал соьга цахаийтарна, бехке йу хьо... Ас цайаьллачу денна дира иза.
2024 ... Цавеза майра, диллина хьоьга туьйсу са... Х1инца д1адели хьо гур ву бохург а. Кхин хьо ца гуш, лийр йу-кх со... Кхузара д1адала вайша бохуш санна, т1е а йеана, Аьрзун белша10 корта хьоькхура говро. Диллина дуьхьаллаьттара заь1апчу Гатин г1ийла йуьхь-сибат.
2025 ... Иштта хила доьг1на хилла-кх вайн кхоллам. Гати тахана заь1ап хилар цуьнан бехк бац. Цхьа иттех шо хьалха кху Яьссин тог1ица цхьа а йо1 йацара цуьнан зуда хила дуьхьало йийр йолуш. Тахана цуьнан дег1 ца лела. Йуьхь иэрчайаьлла.
2026 Амма цуьнан кийрахь долу майра, къинхетаме, тешаме дог делара х1ораннан а кийрахь... Ваьшшимма х1инццалц лардина Гатин сий х1окху къамелца дойъур дац вайша. Гатина чохь са мел ду, цунна тешам ларбе... Эсетан б1аьргаш ц1еххьана ткъесах къегира.
2027 Сайн майрачунна ас йамартло йийр йара аьлла, дагадеана-те хьуна? Иза-м хир дац, со сийначу ц1арах йагийча а Кху махкара т1аьххьара а д1айолуш, хьоьга йистхилаза ца 1айелла лела Сайна хьо дика вевза дела, хьох со тешарна, хьо сайх а теша моьттуш
2028 Дег1 сацо-м хала дацара, амма дог сецалац-кх. Марша 1ойла хьо, Аьрзу. Дала эхартахь мукъа а цхьаьнатухийла вайша! Б1аьргаш т1е охьайеана т1еда к1ужал кортали к1ел а та1ийна, ц1еххьана йуха а хьаьвзина, берзинчу когашца жаг1а а бекош, д1айолайелира Эсет
2029 Г1арг1а санна, цуьнан нийса дег1 оцу минотехь букар хьаьвзина хетаделира Аьрзуна. Нехан меттанех кхоьру-кх. Йоха ма йохалахь! Со хьоьца хир ву хьуна Оьг1азе шок йетташ, къилбаседехьара схьахьекхна шийла мох эцна д1адахара 1а
2030 Дешна, хи а хилла д1аделира лаьмнашца 1иллина ло. Х1ор а шарахь шаьш 1еминчу к1оргийчу хершнашкахула, шайна хьалха нисйелла х1уманаш текхош, шерачу ара хьаьлхира 1оврийн татолаш. Шийлачу, безачу мохьах парг1атдаьлла 1алам, сийна духар духуш, кечделла д1ах1оьттира.
2031 Б1аьстенан бовхачу малха к1ел мелачу махо тулг1енашца техкайора сийначу дитташий, бес-бесарчу зезагаший къарзйина раьг1наш. Мотталора, самадевлла зезагаш, шайн д1асатехкарца, вовшашка кортош лестош, вовшийн хьоьстуш, къамеле девлла.
2032 Оцу хазачу 1аламе хьажа, цунах марзо иэца г1ерташ санна, гуобаьккхина дашо з1аьнарш а йаржийна хьоьжу малх эсала белакъиэжара. Массо х1ума самадоккхуш, безамах дузуш, оцу хазачу 1аламца 1ехош йеана б1аьсте 1елин дагах ца кхеттера.
2033 Гуьйренан дохк санна, кхоьлина, 1аьнан мархашла хьарчийча санна, шийла, г1айг1ане дара иза. Массаьрга а ирс, безам кхийдочу оцу самукъанечу 1аламо цуьнан даг чу сингаттам, къаьхьа бала буьттура. Шуьйра гаьннаш даржийна лаьттачу зоьрталчу попа к1ел хиъна 1ара иза.
2034 Цуьнан андийчу орамашна йуккъехула схьакхийсалора, ша санна, шийла, сирла шовда. Акхароша бехдарх 1алашдан, цхьаннан мелечу куьйгаша гуонаха керт а йина, хьокханна т1е кхийра зока оьллина. Нийсса ткъе дейтта шо хьалха кхузахь, х1окху попа к1ел, ваьлла иза ненан кийрара.
2035 Кхузара д1адоладелла цуьнан декъазчу дахаран хьалхара де. Ма-дарра аьлча, цуьнан дахаран ах денош хьуьнхахь д1аихна. Амма х1етахь дуьнена валазчу 1елина ца доьг1нера шен да а йа иза чохь ваьхна ц1енош а ган. Цунна ца хаьара х1умма а.
2036 Иза оцу дийнахь ненан кийрахь вара, ткъа нана, кхечу зударшца, берашца цхьаьна оцу къемат-дийнах йедда, орцахь, кху 1аьрчхехь лечкъина 1ара. Берзан к1еза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьн чохь, йоьхначу буса хилар. Дагийначу ц1енойн метта керла ц1енош дуьйг1ира цара.
2037 Цул т1аьхьа дейтта шо даьлча, уьш лардеш, шен къона дахар д1адала дийзира 1елаг1арна ден метта висинчу Лоьмин. Оцу дийнахь паччахьан эскарша ц1еххьана диначу т1елатаро х1оттийначу инзаречу суьртан теш ша а хилира 1ела. И де гуттаренна даг чохь дисина цунна.
2038 Оцу дийнахь байъинчийн декъий наха д1адухкуш иза а вара кешнашкахь. Декъий бармашкахь ца кхоьхьура кешнашка. Цунна боьрша нах ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура цига. Х1етталц баьсса лаьттинчу сийначу бай т1ехь оцу цхьана дийнахь цхьа б1е сов кошан барз, х1олламийн хьун х1оьттира.
2039 Иза т1аьххьара де дацара буьрсачу т1еман. Дуьнен чохь а нуьцкъала, йоккха пачхьалкх, дуьнен чохь къизачарлахь а къиза паччахь шен берриг ницкъаца церан жимачу, маьршачу махка г1ертара. Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура.
2040 Вийначу ден метта к1ант х1уттура, вийначу вешин метта ваша х1уттура. Лоьмин метта Аьрзуна улло д1ах1оьттира 1ела а. Оцу дийнахь дуьйна, йукъахдихкинчуьра герз ца достуш, нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов к1ел к1едачу метта охьавижа аьтто ца нислуш, д1айахара цуьнан къона хан.
2041 Уьш а дара адамаш. Церан кийрахь а бара маршоне, дуьнене безам. Амма уьш дера летара шайн а, шайх летачийн а ц1ий 1енош. Гора-йа1, ма лаьара царна цкъа а адамна топ ца йолийла, тур-шаьлта ца ойъийла, цхьаннен а нана, йиша ца йоьлхийла!
2042 Пайда бацара цхьа царна и лаарх! Шайн доьзалш, шайн дог1маш, шайн ц1енош, шайн даймохк ларбан дезара церан, царна ца лаьара шайн махка эскарш лоьхкучу генарчу оьрсийн паччахьо шаьш хьийзадойла, дуьненах хьегадойла 1елин кийрахь а догура бовхачу безамах дуьзна дог
2043 Цунах ц1е йиллира цуьнан йуьртахочо Айзас. Цаьршимма сатийсира т1ом чекхбаларе, цхьаьна а кхетта, безамах марзо а оьцуш, маьрша дахаре. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечиган нахарца дукъара ирзо охуш, цхьа йеттий, тоьлий долуш даха а хиъна, доьзал болоре.
2044 Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, т1еман чаккхе гуш йацара. Йартех чим беш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх доккхуш, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт дуьтуш, чекхбелира и бахбелла буьрса т1ом.
2045 Маситта шарахь лаьттинчу т1амо лаьхкина лелийна г1елбелла нах шайн йохийна йарташ меттах1итто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул т1аьхьа 1елин а, Айзин а аьтто нисбелира цхьаьнакхета. Йетт а, дужуш хьайба а дацара цаьршиннан кертахь.
2046 Уьш хьехочохь а дацара. Амма и шиъ хьага кхин тоьлла бахам болуш доьзалш йерриг Нохчийчохь а к1езиг бара. И шиъ цхьаьнакхетча, йа ловзар а, йа синкъерам а ца хилира. Ца ихира керта совг1аташца зударий а. И г1иллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллица мах а бина, тийна д1адирзира нускал далор.
2047 Сингаттаме дара керла даха хиъначу цаьршиннан ц1енойн дерзина пенаш. Оьшург бен х1ума дацара, х1етте а шаьшшиннал ирсе адам дуьненахь ца лорура цаьршимма. Дахар хала мел хили, оьшург алсам мел дели, ч1аг1лора йуккъера безам.
2048 Вовшийн дезаро оьшург ца гойтура, безамах дуьзна ши дог йух-йуххехь долуш атта дара денна т1ете1а халонаш лан. Амма иза боца, к1езиг мур бара. Гора-йа1, ма атта дара гуш волчу мостаг1чуьнца герз буйнахь къийсам латто! Ма атта дара иза
2049 Амма муха къийса деза т1амал а буьрсачу мацаллица, къоьллица? Муха лан деза ийза ца 1емина олаллин дукъ? Ткъа х1инца стенга сатуьйсуш, стенах 1ехалуш ваха веза? 1елин б1аьргашна хьалха х1уьттуш чекхдуьйлура цуьнан дахаран буьрса денош
2050 Цунна х1инца а дагахь дара бераллин шерашкахь синкхетамехь дисина машаре масех шо. Сийначу хьаннаша хьулйина б1ешерийн къена раьг1наш. Т1улгаш йуккъехула схьакхийсало, зурманах к1ар-к1ар деш, шайна 1индаг1 деш т1екхозаделлачу дитташна хастам беш, эшарца уьду шийла, сирла шовданаш.
2051 Сийначу стигалахь бамбин соьмалкхех терачу мархашна бухахула т1ам хьоькхуш лела ламанан леча. Чехкачу Яьссин къора г1овг1а, цуьнан бердашца хьийзачу маьрсалдагийн ц1ог1ане маьхьарий. Эвларчу мехкарийн самукъане эшарш, парг1ате, ирсе, маьрша дахар.
2052 Оцу исбаьхьчу 1аламах даккхийдеш лелачу берийн тобанаш... Хедош, йагош, йерзина йехира сийна хьаннаш, бошмаш. Овкъаран чим беш йагийра йарташ. Ц1ен бос ийцира сирлачу Яьссис. Молханан, ц1еран к1уьро малх къайлабоккхуш, кхолийра сийна стигал.
2053 Лаьттах дохказа дисина декъий лоьхуш, т1ехула хьийзара 1аьржа хьарг1анаш. Сискал йоьхуш доьлхучу берийн, мацалла 1оьхучу дохнан, байъинчийн декъашна т1ехь тийжачу зударийн маьхьарий. Шайн дайн махкахь дуьне гатделла хьийза адамаш.
2054 ... Х1инца ца хеза йаккхийчу тоьпийн дур а, зударийн, берийн белхаран маьхьарий а. Гуонаха машаре ду. Зурманах диэкаш, т1улгаш т1е 1ена, ша санна, шийла шовда. Мелачу махо эсала хьоьсту попан г1аш кхерайеллачу йо1стагах тера дегадо.
2055 Цуьнан лекхачу бохь т1ехь, «кхур-р-кхур-р» деш, бека машаран къоркхокха. Дахарх воккхавеш, исбаьхьчу 1аламах марзо оьцуш, ваха везара. Амма 1ела цуьрриг воккхавец. Йалта ден лаац цхьанне а. Цхьаберш Хонкара кхалха кечбелла. Шайга, Сибрех доьлху шу йа паччахьан эскарех летта ле шу аларе ладоьг1уш.
2056 Цундела йа охуш а, йа дуьйш а вац цхьа а. Ирх-пурх а, д1адийнарг т1едаллалц шаьш кхузахь дуьсур дац, боху цара. Дехьа басахь цхьамма-м, дог доруш, цхьа сингаттаме мукъам болийра: Дависа хьан дела1, х1ай мерза ва дуьне, Хьо диънарг мила ву, бохуриг ва хилла?
2057 ... Давала хьан дела1, кийрара дилхан дог, Хьайна там ва хилча, лом санна айалой, Йишин бер ва хуьлий, мел коча качло хьо, Хьайна там ца хилча, дера ча ва санна, Мел дера дарло хьо, кийрара дилхан дог... 1елина хаац, х1ун дан деза.
2058 Цунна-м Хонкара ваха лаьара шен доьзал а эцна, амма Аьрзус и аьттехьа а ца дуьту. Нуьцкъала уьш а совцалур бац. «Нагахь Сибрех дигахь? Ванах, цуьнан 1умарх а, 1усманах а керста хир ву-техьа? Х1ай веза Дела, Хьайн бусалба дин тхайца 1алашдан ницкъ лолахь тхуна!
2059 Ма дика ду-кх, сан ши бер к1ентий болуш. Уьш йо1арий белхьара, х1ун дан дезара? Сибрехахь сол т1аьхьа царах» Бевзачу маьхьаро ойланаш йукъахйехира цуьнан «Аьрзу ву-кх иза!» Д1авог1у со! Хьала а иккхина, дуьхьалхьаьддачу 1елас цуьнан карара топ а, тур а схьаийцира
2060 Аьрзус, вист ца хуьлуш шовданна т1е а вахана, голаш т1е а лахвелла, сих ца луш шен онда ши куьг а дилина, канаш чохь схьа а оьцуш, хих цхьа масех къурд бира. Т1аккха, йуьхьах шийла хи а тоьхна, чоин т1ам а хьаькхна, д1аса а хьаьжна, п1енда санна горгачу попан орамна т1е охьахиира иза.
2061 1елас хеттарш ца дора. Вешин худайеллачу йуьхье, г1айг1анах буьзначу хьекъалечу б1аьргашка хьоьжура иза. Дагардира цуьнан лекхачу хьаж т1ера хебарийн хершнаш а. Аьрзу а ца хуьлура вист. Шен 1аьржачу, хазачу можа т1ехула куьг а хьаькхна, дуькъачу мекхийн йуьхьигаш хьовзийра цо.
2062 Шуьста, ца бужуш, д1ахийцира ас-м. Б1ал бохор бара-кх. Дакъаделла, куьзга санна, лепаш 1охку б1аьллаш. Айзех х1ун хили? Хеттарш совцийна, гуонаха б1аьрг а тоьхна, хьала а г1еттина, вахана дехьа лаьттачу жимачу, сийначу бай т1е аркъалвелира иза
2063 Адам дистхуьлу а ца хеза. Схьавог1уш, некъашца б1аьрг беттара ас. Цхьа а са-м, дера, дац. Х1ара-х б1аьсте йу. Ахархочунна уггар сиха хан. Дийнахь а, буса а кха т1ехь 1ан везаш. Х1инца д1адийнарг бен карор доцуш. Х1етте а, кхаш т1ехь цхьа а вац.
2064 Делхьа, ма пайда бер бац нахана кху г1уллакхах, бала ткъа. Х1инццалц гинарш йицйеш, ирча мацалла ма х1оттахьара. Цунах кхоьру-кх. Хонкара кхелха, Сибрех дуьгу бохуш даьржинчу оцу эладитанаша, массо г1уллакх карара а даьккхина, бохийна, баржийна нах.
2065 Маситта шарахь оццул йаккхийчу халонашка ца иэшабелла нах х1инца к1елбаха. Минотана даг чу боьссинчу кхерамо пана бехи. Латта ма дац церан. Вайн рицкъа дерриг лаьттаца ду. Иштта а, вуьшта а лийр ду адам... Цигахь дуьйш а, дерзош а дац, боху.
2066 Даим а шийла 1а. Хьалха со-суо а хуьлура мехах мохк лаца Теркал дехьа боьлхучех кхаьрдаш. Х1инца цхьаннех а и бехк баккха меттиг бац. Ша х1ун дийр ду ца хууш, доьхна хьийза адам... Нагахь ирх-пурх а валанза ца валахь, маьрша валар тоьлу.
2067 Даймохк а, ц1а-ц1е а доцуш, саг1адоьхург хилла, хийрачу махкахь нехан не1аре х1уьттуш лелачул, кхузахь летта велла д1аверзар г1оли йу. Амма наха ла ца дуг1у тхо цхьадолчара лучу хьехаре. Иза цкъа марах ма далахьара царна. Горлера, 1ела, йа1, х1уманнах а кхета тигац-кх сан корта.
2068 Кегаделла, худар хилла-кх кху дуьненах. Йагийначу йартех туьйсучуьра к1ур х1инца а ца сецна, оьланаш хилла ц1енойн херцарш. Х1инца а лозучуьра ца тийна шира чевнаш. Царна моьнаш а ца хьаьвзина, ткъа кхара уьш к1аргйо, керл-керла кхин т1е йо.
2069 ... Ши ваша, ойланашка ваьлла, цхьана ханна д1атийра. Дерриг хьалха санна ду. Солтамурддий, Берсий вара хьо хоьттуш. Маршалла даийтира. Хьо ц1а ма хьалхе веа? Сой, Маккхаллий Хонкара воьду 1ела цецваьлла веше хьаьжира Баьччанийн дивано цхьа г1уллакх т1едиллина вохуьйту
2070 ... Тхаьшшинна пашпорташ даха кхана Соьлжа-Г1ала воьду тхойшиъ. Х1унда, стенна вохуьйту, ца хоттура 1елас. Хаьара, иза т1еман къайле йуйла... Со витина ваха-м ца воллура хьо? Со-м сихха ц1а воьрзур вай Цхьаьна бакъахьа ву вайша
2071 Со йуххехь воцуш, цхьа ког д1а-м тосур бац ахь... Х1инца хьо вара суна бале вала висинарг. Хьан доттаг1чунна а ца лаьа хьо-хьуо цигашха д1ахьажо, ткъа ахь веше ц1ахь 1е, боху, хьо цхьана пана махка д1а а хьажавай. Х1ан-х1а, Аьрзу, со вог1ур ву хьоьца.
2072 Ахь царна 1уналла де. Т1ехула т1е, цхьана минотана а ма дицде вайн йерриг дегайовхо хьайн шина к1антана т1ехь хилар. И шиъ кхиа веза, вайн ц1ийнан к1ур ца байта. Иэхь-бехк Дала лоьрийла, нагахь тахана со хьоьца Хонкара д1авеача, кхана сайн доьзал сийначу ц1арах богург хиларх, вог1ур вара со.
2073 ... Чорин а ду бераш! Бераш кхин а хир ду, ткъа хьо виначу нанас суна кхин ваша вийр вац Бакъдерг алахьа, Аьрзу, гена цабевзачу, хийрачу махка со д1а а хьажийна, кху ц1ахь сацалур варий хьо? Со ц1ахь висарх даймахкана хила пайда бац!
2074 ... Соьгара пурба дац хьуна! Хьо мила ву, суна некъ бехка? Т1ом чекхбаьлла, х1инца хьо сан б1аьнча а вац Т1ехула т1е, суна новкъа ду, вешехчул б1о доттаг1чух а боьлла, ахь иза къастор Иза чекхбер бац, вай вешан маршо йухаерзайаллалц!
2075 Цул сов, хьо б1аьхо хилар а, со хьайн б1аьнча хилар а ма дицде цхьана а минотана. Баьччанийн кхеташонан омра кхочушдар суна т1ехь хилча, сан омра кхочушдар хьуна т1е а дужу! Ас дешначу Делан Къуръанора воллу хьо соьга хьайна г1аж йеттийта!
2076 ... Х1етталц Аьрзус аьл-аьлларг забарехьа а дохуш, цуьнца къуьйсуш 1ийначу 1елина, х1инца д1ахьажавелча, вешин б1аьргаш чохь оьг1азе ц1е гира. Тевжинчуьра к1егар а хиъна, ши куьг лаьттах а г1ортийна, т1екхета воллуш санна, схьа а кхевдина 1ара иза.
2077 Аьрзу цкъа а ца вахана цунна оьг1аз. Иза оцу хьола т1е ваккха боккха бехк бала безара. Т1евахана, ваша мара а къевлина, шен корта цуьнан кара биллира 1елас... Хьо-м сан ваша хилла ца 1ай... Ден а, ненан а, йижарийн а метта вай хьо-м.
2078 Со а витина, ваха воллу хьо? Хьох къаьстина цхьана дийнахь а сатохалур дац-кх соьга Буьйсанна наб ца кхеташ, дийнахь саца меттиг боцуш, синтем байна хьийзар ву-кх со Эххар а, оцу цабевзачу махка суо хьуна т1аьхьаг1оьртур ву-кх со
2079 Хьуна цигахь цхьаъ хилахь, ас са муха тоха деза, Аьрзу? Т1аккха-х со хьеравер ву Дуьнен чу ваьлчхьана, цкъа а хьан дош ца кагдинера-кх ас, ма теттахьа со оцу т1е, Аьрзу Вайшиннан марзонах пайдаэца х1унда г1ерта хьо? Дика дац!
2080 Хьо доьзалца ц1ахь виса веза. Ц1ахь боьрша стаг оьшу! Аьрзу, воуьйтур вуй ахь со? Пурба лохьа суна Аьрзун дог к1аддира вешин безамо Иза леррина хьаьжира дехар деш лахара хьала шега хьоьжучу 1елин чу хиш х1иттинчу г1айг1анечу б1аьргашка
2081 Дукха хан йара цаьрга иштта леррина иза хьажаза. Х1аъ, бераллехь дуьйна ца хьаьжнера. Дуьххьалд1а, хьажа хан ца хиллера... Мух. 1. ажарш. Шен 1ожаллица цунна ша пайда лур буйла хиъча, валаран ойла йина соцур варий ткъа муьлхха а оьзда стаг?
2082 ... Цицерон. Хьалха а, т1ехьа а ц1ена доьрчий а дехкина, пхонан стаммийчу серех х1азарш деш йалкханаш а къуьйлуш, т1е тиша-киша истангаш тоьхна тхов биллина, сал-палах йоьттина ворда лаьттара М1аьчиган кертахь... Гушбоцчу бохамах дог кхиъначу жимахволчу к1ентан велхар иккхира.
2083 Учахь лаьтта зударий меллаша кет1а бевлира. Дассаделлачу ц1енойн дерзинчу пенашка т1аьххьара б1аьрг а тоьхна, билхина ши б1аьрг а ц1ийбина, кийрара араг1ерта къаьхьа мохь шен ницкъ ма-кхоччу сацо г1ерташ, к1аййелла, докъан баса а йахана, арайелира Зазу.
2084 Йист ца хуьлуш корта а та1ийна, шаьш новкъа даха баьхкинчу зударех уггар къеначу Кебиратна маракхийтира Зазу. Даго диканиг ца хьоьху-кх суна, дистина эккха доллу-кх иза... Х1етталц тийна, кийрахь боьлхуш лаьттинчу зударша шайн дегнашна маршо йелира.
2085 Цара тайп-тайпанчу аьзнашца хьоькхучу маьхьарша къардира х1аваъ. Хуьлуш долчух ца кхета бераш, 1адийча санна, тийна 1ара. Вуьшта а кийрара дог эккха доллучу М1аьчигна болчу т1е а хорам бира цара. Васели, амин... Зударий кех бовллалц кет1ахь а сецна, т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига.
2086 Т1ера хьахарш охьа а эгна, йуккъера з1араш гучу а дийлла, т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а г1ийла хьоьжура цуьнга. Дуьхьалара х1уманаш д1айаьхна 1аьржа кораш. И ц1а йакъайеллачу коьртан туьтанах, ткъа и кораш оцу туьтанан б1аьргийн кедех тарделира М1аьчигна.
2087 Цуьнан хьажар бешахула кхерстира. Йукъ-йукъа г1аддийн аг1ошца наггахь марг1алш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза гаьннаш, баххьаш тедда, дагарш диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, йакъайелла адамийн чархаш санна.
2088 Кхузахь баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржам т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена. Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан даймохк. Эвла йистехь, гу т1ехь, ду цуьнан ден, ненан, вежарийн, кхечийн а кешнаш. Тахана са ма-тессинехь вахана, т1аьххьара 1одика йеш, царна т1ех1оьттина иза.
2089 Кхузахь дог дуьтуш воьду иза гена цабевзачу, хийрачу махка... Баттара йаьккхина шаьлта 1оьттина, кет1арчу утарми уллора цхьа буй латта а даьккхина, иза шен чоин бустамаш чу а доьхкина, шен тиша месала куй б1аьргашна т1е а теттина, новкъавелира иза.
2090 Дуьнен чохь цхьаннахьа а йан а йуй-техьа маршой, нийсой? Сох х1ун хуьлу хаъалц, х1окху цхьана шарахь дола делахь кху ков-кертан Т1аккха хьайна луъург дан пурба ду хьуна Х1ан, схьало хьайн куьг Зударшна т1е а вахана, цхьана маь11ера дуьйна мара а лелхаш, церан 1одика йан вуьйлира М1аьчиг
2091 Жимма делалой, декхалой д1ахьовсадел аш тхо. Маьрша 1ойла! Цигахь цхьа рицкъанаш йазделла хир ду-кх Маьрша гойла вайна! Урамо голатухучхула схьа гучуйелира дошлойн колл Цунна т1аьхьа кхо г1улч йукъ йуьтуш бог1ура Аьрзуй, Маккхаллий, Чорий, 1елий
2092 Царна т1аьхьа беха мог1а бара кхелхарш новкъа баха бог1учу нехан. Дошлойн кол т1ехйаьлча, гучуйелира кхелхачийн къепал. Массарна хьалха йог1ура йаккхий ма1аш йолуш боккха тайша ши сту а боьжна, т1ехула г1ажарийн куз тухуш тхов бина Шахьбин ворда.
2093 Говрахь улло ваьлла, стерчий лоьхкуш вог1ура церан цхьаъ бен воцу к1ант Хьабиб. Боьлхуш т1аьхьаг1оьртинчу шен кегийчу йижарийн а, вежарийн а марара халла схьайаьлла Эсет, билхина бистина ши б1аьрг ц1ийбелла, белшаш т1ехула месаш йаьржина, сауьйзуш, х1инцца т1аьхьакхиира майрачунна.
2094 Ткъа мелачу махо охьа чуьра схьа хаддаза т1аьхьакхоьхьура зударийн тийжар. Ковран т1аьхье йерзош, лергаш къардеш дечиган сема а ц1ийзош, меллаша т1аьхьатиэкхара М1аьчиган ворда. Стерчийн дуьхьлоцу а лаьцна, корта а оллийна, кхоьлина хьалха вог1ура Коьра.
2095 Ворданна т1ехь, кхераделлачу берашна йуккъехь, ши б1аьрг ц1ийбина хиъна 1ара Зазу. Куьйгаш букъа т1ехьа а дехкина, меллаша г1улчаш йохуш, т1аьхьавог1ура М1аьчиг а, Васал а. Йух-йуха а ма дийцахьа... Дала аьтто болда шун! Дика доттаг1 ву хьо
2096 Догц1ена. Хала делахь а, атта делахь а, шен ц1а тоьлу. Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу, олуш ду оьрсийн. Нийса дешнаш ду уьш. Дерриг хаьа суна, Васал. Амма муха ваха веза кхузахь? Ас дийца ца оьшуш, хьуна хьайна а гина оьрсаша кхузахь динарг, деш дерг а го хьуна
2097 Ас буьйцурш Андри, Корни, Яьшка саннарш бац. Уьш инзаре дика адамаш ду. Берриг бац дика, амма берриг бохург санна бу дика. Хьуна муьлш гина? Салтий, эпсарш гина Хьаькамаш гина Ткъа баккъал болу оьрсий гина бац Уьш хьайл аттачу хьолехь бу моьтту хьуна?
2098 Йа Яшкас дийцинарг дицделла хьуна? Сайн кхолламах лаьцна ас дийцинарг дицделла хьуна? Хьолахой массанхьа а цхьатера бу Оьрсийниш, нохчийниш, гуьржийниш Массерниш а Сутара, къиза Царна бен вац шайниг а, неханиг а Турцехь а хир ду изза
2099 Цхьа масех минотехь вист ца хуьлуш вахара и шиъ... Йаздийр ду ас. Цигахь хьо дукха 1ийр вац бохуш, хьоьху суна даго. Хьалха йоьлху ворданаш рег1ан дукъа т1е йевлира. Цигара йухаберза безара х1орш новкъабохурш. Х1ор а минотехь гергаг1ертара къаста деза хан.
2100 Лакхо ваьлча, некъана йуьстахъх1оьттина лаьтташ ши говр йужу г1удалкх гира Васална. Андрей а, Корней а вара цигахь лаьттарг. Селхана Оьрза-Г1ала веанчу Данч1ехула хиънера царна Гати-Юьртара шайн доттаг1ий Турце д1акхелхаш хилар.
2101 Сийсара т1аьххьа ц1ера арабевлла уьш, мел сихбаларх а, х1орш йуьртах бовлале ца кхиира кхуза. Уггар хьалха 1елина бевзира уьш... Цхьамма омра дича санна, говраш хьалхахьа хийцира наха. Дукха хан йалале доттаг1ийн мара бахара уьш.
2102 ... Къайлаха д1адаха дохкурий-ц! Доьзалш могаш буй? Со тешац-кх х1инца а Баккъал а, д1адоьлху шу, Маккхал? Зударий ц1ахь буьсу Д1акхаьчча, турко йалор йу ас Хьерваьллачу стаге санна, 1елега хьаьжира Корней Цул, дуьхьал схьаалал, сан йиша ц1ахь йитина х1унда воьду хьо?
2103 ... 1ела к1ажвахана велавелира. Хьекъале зуда йу. 1овдал хиллехь, ц1ийнах йаьлла, шуьца д1айог1уш хир йара. Ма даахьа сан са, х1унда йисина иза? Цхьацца-шишша вог1уш, т1егулбелира гатийуьртахой Царна массарна а дика вевзара Андрей а, Яшка а
2104 Д1адаханчу шарахь шозза веанера и шиъ болх бан Гати-Юьрта. Нийсса ах болх маьхза бира. Къоьлла къикъбоьллачу наха а х1ун лур йара? Кхелхачеран ворданаш, марс-мангал, бел-шада, диг, кхийерш а цаьршиннан куьйгаша йина йа тойина йара
2105 ... Большой испасиба... Т1евеанчу Васала а, М1аьчига а маршаллаш хаьттира. Боьрша вац хьо? боьрша-м Хьо-м вац воьдуш? Кхузара бухвер вац со, кешнашка д1авиггалц Цхьа даймохк байна сан, шолг1ачух къаста лаац суна Х1орш новкъа баха веана-кх
2106 ... Т1аьхьадоьлху вай. Мовла а ву! Даьсса пхьош доьхкарх а доьллина, царна т1евог1ура Мовла Доттаг1 гича, йуьхь йекхайелира цуьнан Дуьненна дерг ловзар ду олуш, кица ду тхан Кхин мила ву шун эвлара? Шен андий цергаш гучу а йаьхна, г1овг1а йоцуш воьлура Мовла
2107 ... Д1авола, Мовла, боху, ша саг1адоьхургийн паччахь вийр ву хьох. Баккъал а, со тешийна ваьллера-кх хьо! Халахета, хьо накъост а воцуш со воьдуш хилар Корнейс резавоцуш корта хьовзийра Дан дагалаьцна дуккха а г1уллакхаш дара сан
2108 Мел дукха хьолахой бу станицашкахь. Церан хьал дара диэкъа дезаш. Цкъа цхьамма д1акъовкъор ву. Йа Сибрех лоллур ву. Къоланна т1ехь валарал, лаьцна Сибрех вахийтарал доккха иэхь дац. Сила йоккхачу Оьрза-Г1алахь пхи-йалх бен къонах вац.
2109 Бисинарш дехкий ду, цицигах а кхоьруш. Сан дендас бийцира суна хьалхалера г1алг1азкхий. Уьш хилла хьуна къонахий! Даим а нохчашца цхьаьна Диканехь, вуонехь а Цхьаьний т1аме а боьлхуш Хьеший а, вежарий а хилла уьш Х1инцалерчаьрга хьажал?
2110 Церан да паччахь ву. Шайн лулахошна, вежаршна т1е т1амца бог1у. Паччахьах кхоьруш. Х1ан-х1а, ишттачу лулахошна генавалар г1оли йу. Йуьххьехь дуьйна шун г1алг1азкхий тхоьца бертахь хиллехьара, паччахьан эскаршка Терка т1е ког буьллуьйтур бацара вай.
2111 Лаьхкина Петарбухе д1абуьгур бара. Тахана тхо махках доху. Гора, Корней, йа1, ма т1аьхьа ваьлла вайша дуьнен чу! Цхьа б1е шо хьалха вина хиллехьара Инарлашна йетташ Х1инца бац хьалхалера нохчий а, г1алг1азкхий а Къот1алг1а йина х1уманаш йисина
2112 Цундела воьду со Хонкара. Цигахь карор ду ас сайна г1уллакх. Корнейс леррина ладоьг1ура. Доттаг1чун дешнаша дог 1овжийра цуьнан. Цкъа а ца динера цо иштта къамел. Бакълоь иза. Х1инца бац станицашкахь хьалхалерниш санна г1алг1азкхий.
2113 Паччахьо шен йолахой бина уьш... Амма паччахьан уггар тоьлла инарлаш г1ибабохура цо. Султана латта ца лахь, обарг вер ву со. Туркой тало. Хьой, Аьрзуй, 1елий а вацарий сонтачех... Царах 1ехабелла нах. Бакъдерг аьлча, со тешац и кехаташ туркойн паччахьера ду бохучух.
2114 Кхузахь тешнабехк бу. Нах кхето, совцо г1ерташ, оха ца деш х1ун дитина? Ладог1ац Оцу кехатах теша Баккъал а туркойн паччахьо шаьш сий деш, лоьруш т1еоьцур ду, шайна Дала долуьйтур ду, моьтту Цхьаболчарна хаьа, хийрачу махкахь шайн дахар къаьхьа хир дуйла
2115 Х1етте а боьлху. Х1окху паччахьан къизаллех, харцонах бевдда. Дийна бисинарш, кхолламна къера а хилла, севцца. Тхан мохк, дин, г1иллакхаш лардан дош деллера паччахьо а, сардало а. Цара а 1ехий. Къоьлла-м, лайча, ловр йара, амма харцо, сийсазалла лан ду хала.
2116 Оьрсашца мукъане а тхан бакъонаш нисйахьара. Тхуна тхаьшна шатайпа 1едал х1оттийна. Цундела кхелха нах Хонкара. Мацаллех, къизаллех бевдда. Амма оьрсийн а, туркойн а паччахьашна йуккъехь башхо йац. Цхьа вов-шов ду. Массанхьа а вайн вежарий охьате1або.
2117 Амма шаьш дечуьнан ойла йейша. Даймохк битина ма доьлху шу. Кхечахьа карор ма бац шуна иза. К1елх1итта тхов-м карор бу, амма даймохк карор бац. Стеган цхьаъ бен ма ца хуьлу даймохк. Цигахь х1окху нехан г1уллакхаш муха нисло а хьаьвсина.
2118 Къаста деза сахьт т1екхечира. Кхузара д1а некъаш Мичка т1е а, Шела а доьлхура. Андрей йуьстахваьккхира 1елас. Маккхал а, Чора а ву тхоьца. Амма тхо виъ ц1а вог1ур ву. Айза а, бераш а ц1ахь дуьсу. Айзин да-нана къена ду. Кхин гергара нах бац цуьнан.
2119 Наха тесна-м йуьтур йацара иза. Х1етте а, хьайн хан хилахь, наггахь хьажа-х1отта вог1ур хьо. Керт-ковхь цунна х1ун оьшу хьажа... Къоланаш а дитийта цуьнга. Кхин весет дац сан. Кисанара схьабаьккхина йовлакхан шад 1елега кховдийра Андрейс.
2120 Ас а, Яшкас а вовшахтоьхна иза. Дешин массанхьа а мах бу. Д1аэца. Мегар дац! Оха цхьа таро йийр йу М1аьчигна цхьа пхи сом ло Д1аэца, суна хала а ца хоьтуьйтуш Корта а хьовзийна, схьаэцна, шад г1овталан кисана тесира 1елас Корней а воллура цхьа х1ума-м Мовле д1акхийдош
2121 Мовла йуха ца г1иртира 1ела санна... Даа бепиг ду шортта. Х1окху ахчанна са ма гатде ахь. Ши-кхо де далале ас меттах1оттор ду. Дакъаза ма вала хьо, Чолакх Шайт1а, хьо д1авахча, сан г1уллакх ма галдолу! Сайн товар ас мича дахьа деза?
2122 ... Далха волчу. Х1ан, обарг, схьавоьл сан мара. Марша 1ойла хьо. Суна са ма гатделахь. Ас сайн дакъа нахе доуьйтур дац хьуна, мичча махка вахча а! Г1айг1ане миноташ т1ех1иттира Ц1еххьана аз хаьдда, балдаш дегийра цуьнан Цуьнан букъах куьг туьйхира Маккхала
2123 Велхар товш дац боьршачу стагехь. Даймахках довлуш ма ду шу... Х1етте а дийна ву. Яшкас корта ластийра. Кхузахь массанхьа а оьрсий бу, мухха делахь а, оьрсийн 1едал а ма ду. Ткъа шу хийрачу махка доьлху. Цигахь нохчий ма бац.
2124 Хийра мохк, хийра адамаш... Марша г1ойла! Дядя Аьрзу, дядя М1аьчиг, марша г1ойла Тхо диканна дагалацалаш Д1а а вирзина, къайлаха б1аьрхиш д1ахьаькхира Яковс Аьрзу говрана т1ехиъча, берриг а говрашна т1ехевшира Цига гуллуш бу кхелхарш берриш а
2125 Вайна мел цалаарх, къастаза ца довлу вай. Х1орш йалх тхоьца Бурит1а кхаччалц д1авог1у. Х1окхара тхох лаьцна хабар дохьур ду шуна. Тхуна са ма гатде. Цу т1е, Хонкара башха гена меттиг а йац. Вай а 1ийр дац вовшашна т1е ца кхочуш.
2126 Амма, тхох х1ун хуьлу хаъалц, цхьа а доьзал кхузара меттах ма балийта. Дохий ма хьийза. Вайгахь товш дац иза. Вешан турпалчу дайн бакъ к1ентий хилла, лийр ду вай ц1ахь а, арахь а. Цхьанне а корта ца та1ош, цхьанненна а хьалха гора ца оьгуш.
2127 Амма маршонах догдиллина 1ийр дац. Маккхал, ахь х1умма а олий буьсучаьрга? Шен динна чоьже к1ажаш та1ийна, гуонна йуккъе ваьлла, п1елгаш доцу аьрру куьг лере лецира Маккхала Хьаннашкахь кхолхадуьйлуш, генна д1адахара цуьнан к1еда, дуькъа аз: 1а-а-а-а!
2128 ... Бераллин къаьхьа кад. Мийлина тхоьца, Цу т1еман сийна ц1е. Кегийна тхоьца, Бохамехь, халонгахь. Хьийзина тхоьца, Хьомсара йуьртахой, Шу марша 1ойла! Шен догц1ена сийна ши б1аьрг а хьаббина, месалчу ц1оцкъамаш йуккъе шад гулбина, иллин мукъаме терра корта а лестош, иллин йийсаре вахара иза
2129 ... Ц1а доцуш тхо дисча, Дохдина латта! Мацалло б1арздича, Дузийна латта! Тхан ц1ийца хьандина, Лардина латта! Хьо марша дуьсийла, Дай баьхна латта! 1а-а-а-а! Буьрсачу къийсамехь Тхан дегнаш дахчош, Тхо майра кхиийна Хьомсара лаьмнаш, Доьхначу кху дийнахь
2130 Бертаза къастарх, Тхуна шу дицлур дац. Хийрачу махкахь... Доха ма дохалаш! Вайга хьуьйсуш бу шуна оцу х1олламаш к1ел 1охку вайн дай, вежарий! Баккхийчарна т1ехьа а х1оьттина, тийна ладоьг1уш лаьттачу Коьрас г1ийла б1аьрг беттара шена т1аьххьара гучу даймехкан 1аламе
2131 Кху шарахь къаьсттина хаза кечделла и 1алам тахана кхоьлина хетара цунна. Йукъ-йукъахь акха кхиъначу стоьмийн к1айн а, можа а, ц1ен а, сийна а зазаша къарзйина и беркате къена хьаннаш б1аьрго ма-лоццу даржийначу, хаза хьийзинчу, бес-бесар бос бетталучу инзаре доккхачу холхазах тера йара.
2132 Амма хеталора, и хьаннаш, кху нехан г1айг1анечу мукъаме терра, хезаш аз доцуш, кийрахь йоьлхуш, техкаш санна. Шех къаьстачу берех дог 1аьвжина, б1аьрхиш къайладаха санна, ира кортош к1айчу мархашна йукъа а доьхкина, д1атийнера нохчийн къоьжа лаьмнаш а.
2133 Генна охьа чуьра схьахезара б1аьстенна дистинчу чехкачу Яьссино ден къора къурдаш. Коьрин доьхна дог хьаста г1ерташ санна, кортош лестош, когаш к1ел эсала техкара бес-бесара зезагаш. Т1аьххьара вовшашна мара а лилхина, д1асакъаьстира кхелхина боьлхурш, бухабуьсурш.
2134 Шина а аг1орчийн дегнаш доьлхура, амма церан буьрсачу йаххьаш т1ехь и ца хаалора. Некъ хьуьн чохь къайлаболлучохь дой йуха а хьовзийна, йуьртахошка т1аьххьара б1аьрг тоха цхьана минотана севцира д1абоьлху береш... «Х1ун дохьуш бог1у-те уьш?
2135 Уьш гергаг1оьртича, нахана уггар хьалха шайн эвлара дой, т1аккха царна т1ера береш а бевзира. Амма Коьрий, Чорий воцчунна цхьанне а ца бевзира берешна кхан доххала хьалхабог1у сира дин а, цунна т1ехь 1ийриг а. Иза Коьрин доттаг1 Симсарарчу Олдаман 1аьлбаг вара.
2136 Йухавирзича, некъ эг1ар бу бохург дицделла, шен карара сараг охьа а тесна, доттаг1чунна дуьхьалхьаьдира Коьра. Мох санна, чехка бог1учу динара, иза лаг1 ца беш, каде охьа а иккхина, цунна т1ехьаьдира бере... Сайн даг чохь ас хьо д1ахьуш вуйла ца хаьа хьуна?
2137 ... Бераш шайн доттаг1чун некъ дика бан даьхканийла хиъча, уьш шайн дар-дацар ала а дитина, д1абуьйлабелира нах. Шаьш бисинчу кегийрхойн къамел доладелира. Шу эвлах девлча, веана 1аьлбаг кхечира. Х1окхуьнца г1аш дукъа довлуш дохкуш, йухабирзинчарна т1е1оттаделира тхо.
2138 Х1ара 1аьлбаг бахьана долуш, цара говраш йелла, т1аьхьакхии-кха. Амма даймахках къастарал доккха вуон дац стаге дан. Ши б1аьрг бекъа белахь а, дагах ц1ий 1ийдало сан. Шу гича, сан даг т1ера ах бала айъабели. Дела реза хуьлда шуна!
2139 1аьлбаг, йаханчу аьхка лам чохь цхьана буса вай биъна дуй ас цкъа а бицбийр бац. Шу маршонна г1евттинчу дийнахь шуна улло д1ах1отта! Нах, Мичкал дехьа а бевлла, цунна йистерчу эвла буьйлира Доттаг1чун сибат гуттаренна а шен даг чу дижо санна, леррина Коьрега хьоьжура 1аьлбаг
2140 Тахана дуьххьара тидам хилира цуьнан Коьрин беркъачу барзакъан. Зарзделла, летийна тиша чоа, цхарбоьлла кхакханан куй. Гоьлаш т1е йомеш йиттина, чордачу ж1аймашин хеча. Йакъайелла, салазан м1аьчигаш санна, буьхьигаш ирхъхьаьвзина не1армачаш.
2141 Йукъахйихкина соврах мерцхагаш дийлина тиша шаьлта. Стохка лома а веанера иза нехан говрахь... Цкъа дуьнен чухула гуо тасий, ц1а вола хьо. Амма нохчочун къонахаллех, оьздангаллех ма вохалахь, хьо шаьлтанца воруш, кескаш йеш охьавиллича а.
2142 Кхин а ду цхьаъ, Коьра. Туркоша шайн эскаре дика д1аоьцу, боху, вайн мехкан нах. Церан эскаре х1отта. Со тешна ву царна йуккъехь хьо сихха лакхавериг хиларх. Вайн баккхийчара догдиллина маршонах. Герз охьа а диллина, до1ина куьйгаш леца боьлла уьш.
2143 Амма до1анаш дарх маршо хир йац. Иза туьрца йаккха йеза. И аьлча-м, цара аьттехьа а ца дуьту. Т1екхуьучу чкъурах ца беша. Йайна т1аьхье йу, олу. Царна моьттург бакъдоцийла хоуьйтур ду вай, ваьш даккхий хилча. Цхьа масех шо даьлча.
2144 И дерриг дийцина вай. Нагахь хьайн аьтто хилахь, цигахь эпсарийн дешар дешалахь. Шемалан наиб хилла Алдара Сапарчин Юсуп-Хьаьжа вуьйцу хезний хьуна? Вай санна, жима волуш Хонкара а вахана, цигахь дешна а ваьлла, ц1а веана нохчо вара иза
2145 Иза вара Шемална йерриг г1аьпнаш йоьг1нарг, цуьнан 1едал, эскарш цхьана низаме далийнарг. Иттех шарахь Шемалан аьтту куьг хилла лийлира, оьрсийн махкахь эпсарийн дешар дешна, церан эскарехь лаьттина веана Шаммурзин Бота. Вайна оьшурш Юсуп-Хьаьжа а, Берса а санна эпсарш бу.
2146 Вайн халкъан, вайн мехкан дуьхьа шайн синош, б1аьрнег1ар ца тухуш, д1алур дерш. Х1инца хьо кхин сецор вац оха. Вайна мел ца лаахь а, къаста деза. 1аьлбага, шок тоьхна, т1ейийхира некъана йуьстаха йежаш йолу шен говр. Цецваьлла Коьра къаьрззина доттаг1чуьнга хьаьжжинчохь висира.
2147 Цецбевллера гуонаха лаьттарш а. 1аьлбага хьовха, цара массара а хьоме лелайора и тамашийна говр. Уьш стохка лам чу бахча, цкъа 1аьлбага, чехка дог1учу ламанан хи чу а иккхина, бердах йоллучу куллах а тасавелла, бекъа т1ейийхира.
2148 Йедда берда йистте а йеана, чухьаьжча, чохь кхозавелла мохь хьоькхуш 1аьлбаг гина, 1адийча санна, и ч1ажаш декош, терсаш уьдура иза. Мел чехка йедда йоьдуш хиларх, 1аьлбаган омранца ц1еххьана соцура... Ахь хала кхиийна иза.
2149 Амма дика йиъ говр йу. Хьан цхьа а йац. Массарна а хаьа, шуьшинна вовшийн мел дукхадеза. Иштта, ши куьг ластийна вахча, туркошна йуккъехь сий хир дац хьан. 1аьлбаг дегабааме велира. Суна чам бойуш воллу-кх хьо... Ма алахьа иштта!
2150 ... Шен йукъах схьадаьстина детица кхелина шаьлтий, доьхкий делира Къайсара. Дела реза хуьлда шуна! Массарна рогг1ана мара а иккхина, кхоссавелла говра велира Коьра Амма, т1елатийча санна, нуьйрахь 1ачу Коьрас, к1адйаллалц хецна а йитина, т1аккха урх йуха а оьзна, хьовззийна йухайалийра иза
2151 Дарйелла говр, мера1уьргаш йекош, бехкбоккхуш санна 1аьлбаге хьоьжура. Амма сатоха деза. Вайн ц1ахьлерниг хир дац шуьшинне а. 1аьлбаг шен говра а хаийна, цунна т1ехьа хиира Къайсар. Амма вайн ойланаш а, ч1е1амаш а цхьаьнадог1ур дац.
2152 Къайсар, д1аалал вайн дайн илли! Къайсара, йайн йовхарш тоьхна йиш тойина, илли долийра Х1етта ч1аг1дала доьллачу г1орг1ачу аьзнашца т1аьхьара г1иг1 бира бераша: Тхо цкъа а цхьанненна Шиннах цхьаъ йоккхур йу Б1аьстенга тхаьш довлахь, Цу кхахьпа элашка
2153 Хьот1ца ц1ий тийсийта. Делах дуй биъна ду! Къайсарна т1аьхьара ойъуш волчу 1аьлбаган болатан басахь горга йуьхь воккхачун санна буьрса йара, оцу къоначу аьрзунан 1аьржа б1аьргаш ткъесах лепара: Мокхазан ламанаш Даш хилла лаларах, Мостаг1ийн арданго
2154 Тхо гора иэгор дац! Бос 1аьржа ва латта Молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, Тхо лаьтте доьрзур дац! Мацалло хьовзадахь, Орамаш дуур ду, Хьогалло тхаьш б1арздахь, Бецан тхи мийра ду! Цу лаьмнийн хьехнашкахь Шах ц1ераш летор йу, Тхайн таррийн йуьхьгашца
2155 Уьш марсайохур йу! Х1оьънаша зарзйина Тхайн чорда башлакхаш Къоначу во1арийн Белшаш т1е туьйсур йу! Мостаг1ех лиэтачохь 1ожалло тхаьш лецахь, Тхайн метта д1ах1иттар Царна т1едуьллур ду! Буьйсанна борз йехкаш Дуьнен чу девлла тхо, 1уьйранна лом уг1уш
2156 Тхан ц1ераш техкина. Аьрзунийн баннашкахь. Наноша дакхийна, Тархаш т1ехь дой хьийзо. Дайша тхо 1амийна... Илли ца сецира уьш Мичка т1е кхаьчча а. Халкъана, махкана. Наноша тхо дина, Цаьршинна иэшначохь. Майрра д1ах1иттина. Маршонехь кхиийна.
2157 Ламанан лечарчий. Халонех, бохамех. Курра чекхдийлина. Мехкарша тхан чевнаш. Эшаршца йерзайо, 1аьржачу б1аьргаша. Хьуьнаршна г1иттадо. Буьйсанна борз йехкаш. Дуьнен чу девлла тхо, 1уьйранна лом уг1уш. Тхан ц1ераш техкина...
2158 . Ткъа берийн х1инца а ч1аг1далазчу аьзнашца нохчийн б1аьхаллин иллин аз декара Мичкан лохачу бердашца кхалхадуьйлуш. Оцу иллица г1иттинера церан дай, дендай, церан а дай. Масех т1аьхье. Б1е шовзткъа шарахь. И илли шен рог1ехь х1инца кху берашка кхаьчнера.
2159 Массарел а хьалха лаьттачу 1аьлбаган аз Коьра гучуьра волуш, ц1еххьана, доьхна, дегийра. Дегийра б1аьрнег1арш а, беран ховха балдаш а. Б1аьрнег1аршна йуккъехула схьа1овдабелла боккха ши т1адам, ц1енчу беснеш т1ехула керчина охьа а беана, настарш т1е буьйжира.
2160 ... И ца хаьара 1аьлбагна шена а. Ткъа муттане Мичка, церан иллигий, цара йечу кхийсаршкий ла а доьг1уш, шекдоцуш охьаоьхура. Цунна дукха хезнера и иллеш. Цунна т1ехь дукха къийкъинера буьрса герзаш. Цунна чу дукха 1еннера адамийн ц1ий.
2161 Татолашца. Иза цецдаккха иэрчо ца йисинера дуьненахь... Дуккха а, буьрса хиш хедош, со лелла, 1аьрбийн мохк бевзина, туркошлахь хилла. Массанхьа мисканиг къен-миска воллу, Нуьцкъалчо мисканиг, сийсазвеш, лоьллу... Кязим Мечиев.
2162 Кхоалг. 1. а дакъа. 1аьржа денош. 1 корта. Пхоьалг1а кавказски суьйре (Дешхьалхенан метта). 1едалхойн зуламаллина цара 1едал т1ехь латтораш бехке бан мегар дац: правительствош цкъацкъа бандиташ хуьлу, амма халкъаш цкъа а ца хуьлу бандиташ.
2163 В. Гюго. Парадни не1арехь маг1арш дина лаьттачу пайтонашна, кареташна гуонаха, месалчу кетарийн пхьуьйшаш чу куьйгаш а доьхкина, шодмаш пхьаьрсаш к1ел а йоьхкина, шел ца бала г1ерташ, шаьш лаьттачохь ирхлелхаш, когаш бетташ, вовшашка къамелаш деш бара долахьчу экипажийн кучерш.
2164 Массо кор серладаьллера инарлин ц1енойн. Хьеший т1еоьцуш, не1аршкахь х1иттина лаьттара ливрейшца кечбелла йалхой. Хьеший гулбеллачу зала чохь тховх а, пенех а дашо варкъ даьккхинчу канделябраш чохь догура б1еннаш ч1урамаш. Хьурмате миноташ т1ех1иттира.
2165 Суьйренаш дуьххьара вовшахтохаран инициатор а, церан виллина председатель а волчу г1араваьллачу йаздархочо графо Владимир Александрович Соллогуба, ша 1ачуьра везза хьала а г1еттина, ц1ий санна, ц1ен чаг1ар чохь лепа хрусталан бокал хьала а лаьцна, йайн йовхарш туьйхира.
2166 Нийсса ши шо хьалха вайн гуламан сий хилира паччахьаллин наместник кху ц1а чуьра хастамечу хьуьнаршка д1ахьажо. Оцу суьйранна вай массо а тешна вара баьччина хастам а, Кавказна машар а хирг хиларх.» Баьччас кхочушбина вайн тешам!
2167 Вай тешна дерг хилла! Декхар кхочушхилла! Кавказан т1ом чекхбаьлла! Хьалхалера вайн сатийсамаш дагалецамашка бирзина! Амма мел безачу мехаца! Кавказан тог1ешкий, ч1ажашкий йоьдда оьрсийн даь1ахкаш Х1инца т1екхаьчна йалта гулдо хан, вай дукха хенахь дуьйна сатийсина хан
2168 Х1инца цига воьдург маьршачу махка воьду. Тхо хьегарца хьуьйсу и вайн оьрсийн Итали йуха а гун йолчаьрга. Вайн Кавказ хьоле йу хастамечу г1уллакхашца. Цигахь цхьа а меттиг йац, цхьа а маь1иг йац оьрсийн т1емалочо шен ц1ийца майраллин, муьт1ахьаллин урок йазйанза.
2169 Цициановн, Котляровскийн, Ермоловн, Паскевичан, Воронцовн, Барятинскийн сийлахьчу ц1ераша вайна дуьйцу т1еман а, граждански а дицлур доцу хьуьнарш. Цхьа тамашийна, ца кхеташ ду-кх и ши дош. Х1ун ду а хаац, даккхийдерца дагахьбаллам бу-кх вайна.
2170 Вешан толам базбо вай, ткъа оцу йуккъехула, цхьа везачух, дагна хьомечух, къоналлех къаьсташ санна, дагахьбаллам бу. Хьекъал доккхаде. Дог доьлху. Дагна хаьа кху машаречу хено шегара майраллин, хьуьнарийн хан д1айоккхийла. Кавказан лаьмнаш д1алецна!
2171 Кавказехь машар бу! Хьан д1алаьцна Кавказ? Баркалла хьанна ала деза? Хьанна кхайкхо беза хастам? Уггар хьалха, хьомсара государаш, хьомсара государынаш, хастам бала беза сийлахь-доккхачу оьрсийн муьт1ахьаллина Иза ду шуна Кавказ схьалаьцнарг!
2172 ... Тоьхначу т1араша йекийра хрусталан пхьег1аш. Оцу дийнахь дуьйна схьа Кавказан тог1ешкахь, ч1ажашкахь саццаза 1енара оьрсийн ц1ий. Цигахула чекхйевлла оьрсийн турпалхойн дийнна т1аьхьенаш, цигахь хилла туьйранара т1емаш.
2173 Цигахь кхоллайелла турпалчу хьуьнарийн летопись, шен илланчашка хьоьжуш лаьтта оьрсийн барта «Илиада». Вайна ца хууш, мел дукха хьуьнарш д1адоьхкина цигахь, ламанан тийналлехь, мел дукха адамаш дайна, шайн хьуьнарш а, ц1ераш а цхьана Далла бен ца хууш!
2174 Уьш массо а, т1аьххьарчу салтичунна т1ера хьала Ерригроссийски Престолан наследникан биста кхаччалц, кхераман ойла ца йеш, хьалха оьхура. Хьалха байракх йара, т1аьхьа т1ехьоьжуш Росси йара. Оцу хьелашкахь вайн иэшам а, толам а бара оьг1азечу мостаг1чунна т1ехь, инзаре ч1ог1ачу 1аламна т1ехь.
2175 Цундела буьсу вайна кавказски т1ом чекхбаларна дагахьбаллам. Шун дегнашкахь кавказски лекха ойланаш йисина. Уьш йу къарйинчу Кавказна т1ехь тахана оьрсийн толаман байракх маьрша техкораш! Иза ду кавказски т1ом вайга толамца чекхбаккхийтинарг
2176 Кавказски т1амо весет дитина вайна а, вайн т1аьхьенашна а. Лаа ца аьлла поэто: ... Цамзанашца йазйина лаьмнех! Кавказски т1ом д1атийна дукха хан йоццуш, амма и лаьмнаш оьрсийн шайн г1уллакхна муьт1ахьаллина гуттаренна а дагалецамийн х1оллам хилла дисина
2177 Цигашха т1ехволучу некъахочо эр ду: «Кхузахь баьхна, кхузахь лиэтта, кхузахь шайн кортош охьадехкина шайн декхар сийлаллица кхочушдинчу б1е эзарнаш оьрсаша». Оцу х1олламна геннара суждане а оьхуш, некъахочунна т1аьххье йерриг Россино эр ду: «Даим а хастам хуьлда тхан хьехамчашна!
2178 Даим а хастам хуьлда оьрсийн лаьттан къоьнгашна, г1арабевллачарна. Паччахьан дош кхочушдарна, оьрсийн ц1арна иэхь цадарна! Даим а бехийла Кавказски т1еман безам!» Ц1ен морса чохь лаьтта бокал схьа а эцна, цхьа къурд бина, шен легаш т1ундира Соллогуба
2179 Амма кху чуьра цхьацца накъосташкара хезначу цхьацца хабарша кхин а дийцарна т1етоьтту со. Цхьаццамма олуш хезира суна, кавказски т1ом чекхбаьлла, х1ара суьйренаш кхид1а гулйан оьшурий-те бохург. Х1ан-х1а, хьомсара государаш, оцу ойланашна дуьхьал аз цаайъар зуламалла хета суна.
2180 Кавказски т1ом чекхбаьлла. Амма чекх ца даьлла вайн декхар. Вай, кавказски крестоносцаш, д1асадоха ца деза, мелхо а, ваьштата1а деза, керлачу походе, кавказски лаьмнаш кхетамца карадерзо. Хьанна ца хаьа вайх Азин т1аьхьабисина синкхетам, Азин даь1наш Россин лоьралле, Россин серлоне хьоьжуш хилар?
2181 Керста дино ваьшна йелла серло малхбалехьа йаржо йеза вай. Оцу сийлахьчу декхарна хьалха, т1ехиндолчунна хьалха, д1аса а девдда, тхо кхин кавказцаш дац, эр ду-те вай? Х1ан-х1а, и хила йиш йац! Декъала хуьлда, б1еннаш шерашкахь хастам а хуьлда Кавказна!
2182 ... Вовшахтоьхначу хрусталан зов дийкира. «Дела, паччахь 1алашвелахь!» имперски гимн йолийра оркестро Цунна т1аьххье деха къамелаш, т1аккха хелхарш а доладелира Бакълоьра шен т1амарца дворянски йаздархо волу граф Соллогуб Баккъал а безачу мехах иэцнера Кавказера машар
2183 Соллогуба шен хастаме дешнаш кхайкхочу оцу господашна цигахь машаре, маьрша дахар хилийтархьама, биначу лаьмнашкара д1а а баьхна, хийрачу Турце д1ахьовсийра ах миллион ламанхой, бухахь бисинарш ши корта болчу аьрзунан м1арашна йукъакъевлира.
2184 Цхьа ламанхой хилла ца 1ара махкахбохурш а, бовлурш а. Б1ешерийн дохалла шайн адамаллин бакъонашкахьа паччахьан 1едална дуьхьал нуьцкъалчу тулг1енашца г1уьттура оьрсийн ахархой, империна чоьхьара кхидолу халкъаш а. 2 корта.
2185 Б. 1. е цхьолг1а буьйса. Ма 1аьржа, ма къайле, Мел хала бу хьо, некъ! Настарийн садаьлла, Со-м хьалха д1атекха Ас мичахь сада1а, Со мича верза-те, Беха некъ соцучохь Соьга х1ун хьоьжу-те? О Туманян Мух1ажаран илли Кхоъ охьа а ца лахвелира
2186 Амма Аьрзус жоп ца делира йа охьа а ца хиира. Охьа ца хоура Чора а. Цкъа а воккхавер, ирс х1ун ду ца хиъна, амма, куьзганна чохь санна, къегина къонахалла а, болатан ч1аг1о а шайна чохь гуш цаьршиннан кхоьлина б1аьргаш хин тог1и чу хьуьйсура.
2187 Уьш ца хьуьйсура генайоццуш серлонаш къегаш йаьржина лаьттачу Муш-шахьаре а, йа цунна сехьа ламанан басех летта йохкучу туркойн, эрмалойн йарташка а, маь1-маь11ехь лаьмнашкахь даьржинчу курдойн четаршна хьалха йогучу ц1ерашка а.
2188 Ца хьуьйсура, схьа а оьцуш буйнахь д1асакхийсича санна, сийначу стигалахь даьржина лепачу седарчашка а, йа дехьарчу лома т1ехула х1етта гучубаьлла, к1айчу мархаш йуккъехула парг1ат некъ беш боьдучу батте а. Царна кхин, генара аз хезара.
2189 Хезара охьа тог1и чохь б1аьрго ма-лоццу д1а йолчу акъари т1ехь ц1ераш йолчуьра г1ийла аз. Цу чуьра лаккха х1аваэ хьалаоьхура оцу мехкан боцчу маттахь иллин аз. Цуьнан маттах ца кхетачунна а хуур дара иза х1умма а г1уллакх тоделла, дуьненах самукъадаьлла тесна иллин к1еж йоцийла.
2190 Мурат-хин къорачу г1овг1анах ийна, х1аваэхь дека и аз, дог 1овжош, лайн чимаш санна, шийла аьрцнаш т1е охьадоьлхура: Ва Делан суьйре хьо, ма г1айг1ане йеа хьо, Ва Делан суьйре хьо, ма г1айг1ане йеа хьо, Масане да-нана доьзалах къастош йеа хьо, Ма г1айг1ане йеа хьо, Делан суьйре, хьо.
2191 ... Денна х1аваэ хьийзачу оцу иллин мукъамо мерцина, дагийча санна хетара къилбан аьхкенан йовхоно чахчийна, дерзинадаьхна и лаьмнаш. Оцу дешнаша, г1ийлачу мукъамо кхорзура цаьршиннан бохамаший, халонаший, шаьш дина мокхазан лаьмнаш санна, ч1аг1дина дегнаш.
2192 Тог1и чохь йерзинчу стигала к1ел, аьхкенан бовхачу малхо боттуш, дог1анаша 1уьйдуш, хан токхура паччахьаша 1ехийна даймахках баьккхинчу нохчийн пхи эзар доьзало. Кхо бутт кхочуш боллура, шаьш биначу лаьмнех къаьстина, оцу хийрачу махкахь массеран а къинхетамах хаьдда, массара а д1атийсина уьш болу.
2193 Ткъе барх1 тоба а йина, гуонаха салтий, эпсарш х1иттийна, Нохчийчуьра г1аш кхуза схьабалийра уьш. Оцу ткъе барх1 тобанах май беттан ткъе кхоалг1ачу дийнахь Буру-г1алара д1а уггар хьалха Турце хьажийначу тобанца нисбеллера Аьрзуг1ар.
2194 Доьхна, ирча де дара иза. Махках бовлучу божаршлахь цхьа а стаг вацара Нана-Даймехкан хьоме латта шен ц1ийца хьандаза. Вацара иттанаш шерашкахь халкъан маршонехьа латтийначу турпалчу къийсамехь шена тешаме хиларан билгалонан мух1ар даймахко дег1а т1е тохаза стаг.
2195 Амма оцу дийнахь уьш, даймахкана, дайн кешнашна букъ тоьхна, къилбехьа Кавказан сиртал т1ехьа бевлира. Хьомечу лаьттах къаьстинехь а, дегнаш ца духуш хилира уьш. Керста динехь белахь а, шаьш санначу ламанхошна йуккъехула баьхкира уьш туркойн дозане кхаччалц.
2196 Амма июнь беттан вуьрх1итталг1ачу дийнахь Хазапински заставехь шаьш туркойн салташка д1а а делла, оьрсий йухабирзича, г1еххьачул дуьне кхоьлира царна. Хонкара... Цабевза хийра мохк, дуьххьара го къам, цадевза церан г1иллакхаш, мотт.
2197 ... Кхузахь хийра дара дерриг а. Иттанаш шерашкахь лаьттинчу т1амо талийна, бохийна, ч1анабаьхначу кхалхийначара, шайн миска къелгаш ворданашна т1е а йоьттина, царна т1ехула т1е берашший, къенанашший ховшийна, г1аш бира и гена шина беттан некъ.
2198 Сийна бошмаш, хьийкъина йалташ, сирла хиш долчу кхаьчча, х1инца мукъана а д1а ца кхаьчна-те олий, совца г1оьртура уьш. Амма туркойн 1едало мехкан к1орге д1алоьхкура, ткъа мича, х1унда кхарна ца хаьара. Х1етахь дуьйна цигахь бара Аьрзуг1ар.
2199 Ткъа т1аьхьайог1у тобанаш, кхарна т1екхаьчча, кхин д1абаха дуьхьало а йой, кхузахь совцура. Махках ваьккхинчу ткъе кхоъ эзар нохчочух берх1итта эзар оцу тог1ехь вара, вукху пхеа эзармо а оццу хьолехь хан токхура Эрзерумна уллохь.
2200 Кхузара меттах а довлий, малхбузехьа Диарбекиран виллаете д1аг1о бохуш, денна туьпа хьийзара каймаканаш. Махках бевлла, г1елбелла, къийбелла, дарбелла нах нуьцкъала цигара д1абаха кхоьрура а хаацара, йа ц1ий 1ано ца лаьара а хаацара, амма, мухха делахь а, дерриг а машаре дуьйцура цара.
2201 Бохура, Диарбекирна къилба-малхбузехьа нохчашна къастийна дика латта а, кийча х1усамаш а йу, цига д1аг1о. Изза дара даймахкахь цаьрга дукха дийцинарг а. Ткъа меттигерчу эрмалоша дийцарехь, цигара латта хи доцуш, йерзина, йаьсса меттиг йара.
2202 Б1ешерийн дохаллехь цхьаьнггера а дикий, къинхетаммий ца хилла, массарех тешам байна нах, и мохк цкъа хьалха шайн б1аьрга ца гича, цига ца боьлхура. Оцу махке хьажа вахана вог1ура и итт стаг. Цара дохьу долчу хабарх бозура махках баьккхинчу пхи эзар доьзалан кхоллам.
2203 Амма некъахоша царна шийла кхаъ бохьура. Эрмалоша ма-йийццара, йаьсса, йекъа аре карийра царна цигахь. Оцу аренан малхбале йистехь йаьржина 1уьллура Диарбекир. Хьанна хаьара, оцу набахтина гергахьа лоьхкурий а цара нохчийн к1ентий.
2204 Кхузахь а ца каро йоллу-те цара иттанаш шерашкахь къийсамца лехна маршо а, синтеме а? Оцу хеттаршна т1ехь ойла йора шина доттаг1чо, ткъа жоп дала ца хаьара Чекхболуш лаьттара аьхкенан т1аьххьара бутт Чорас доккха садаьккхира
2205 Цунна хаьара, Аьрзус шега ца дийцахь а, шен дагахь цо цхьа сацам бинийла. Ткъа х1ун башхо йу Диарбекирехь делча а, кхузахь делча а? Вайн халкъе х1ара къемат-де х1оттийначех бекхам а оьцуш, къийсамехь лийр ву Суна х1инцца бен ца хиъна керста паччахьан мел ницкъ бу
2206 Дикачу динахь дийнахь сарале цхьана маь11ера вукху маь11е кхочура нохчийн махкана. Доза дац паччахьан мехкан, са йац цуьнан эскарийн. Ткъа вайн х1ун йу? Амма х1умма а йорах-м ца йели цунна вай вешан маршо К1езиг ду вай, вешан ницкъаца мостаг1 иэшалур вац
2207 Т1ехула т1е, цкъа а вовшашлахь барт бац... Амма кху т1аьххьарчу шина-кхаа батто дуккха а х1уманаш довзийти суна. Х1ара кхидолу къаьмнаш йуххера девзичхьана, со йехха кхеттачу набарх ваьлча санна, х1инцалц сайна къайле хилла лаьттина дуьне довза доьлча санна, хетаделла суна.
2208 Хьажал хьо, Чора, дика хьоьгуш бу ткъа вайна гина гуьржий, кхузара туркой, эрмалой, курдой? Уьш баккхийбе ткъа шайн дахарх? Цхьа гуш боцчу Делан ницкъо та1ийна кхобу уьш Эзарнах итт хьалдолуш ву, бисинарш царна беца Маккхала ма-аллара, берриг оьрсий а ма бац вайгарчу 1азапна бехке
2209 Азаллехь вай кхуллуш Дала ваьшна хьаькхначу сиза т1ехула бен д1аг1ойла дац вайн. Д1а ойла йича, дерриг шеконе долу-кх. Ткъа х1унда ца йелла Цо Ша синош кхуллуш адамашна нийсо? Х1унда йац вайна кху ворх1 стигланаш к1ел охьаховша меттиг?
2210 Даймахкахь а вай хьийзий, махках девлла кхузахь а, мозий санна, леш кхачалуш лаьтта. Цхьанне а новкъа ца г1ерташ, вешан лаьмнашкахь машаре 1аш ма дара вай дуьне кхоьлличхьана, ткъа и маьрша дахар дохий-кха генарчу оьрсийн паччахьо.
2211 Мича бехкенна хьийзадо? Со а 1есавоккху ахь Остог1пираллах1, субхьоналлах1, Дела, Хьо Цхьаъ ву, элча, хьо бакъ ву Аш динчунна реза ду-кх тхо Шайн эвлайааш тхуна орцах бахийша Наггахь доккха са а доккхуш, цо аз стамдича хезара Нана-Нохчийчу, дай баьхначу махка йухадерзор Деле доьхуш, цо ден до1анаш
2212 Амма Аьрзу цуьнан до1анах д1а ца кхийтира, амин аларан метта, цуьнга ла а доьг1уш, хин тог1ин дехьа рег1аца б1аьрг беттара. Хьалха цуьнан ойла а, хьежар а оцу тог1и чохь йогучу ц1ераш т1ехь хиллехь, х1инца иза рег1ан когашкахь 1уьллучу туркойн йуьрта т1ехь сецира ц1еххьана.
2213 Цхьана к1еззигчу йукъана цунна вицвелира тог1и чуьра берх1итта эзар нохчо, дицделира ша хьегна вуон а, хьалха лаьтта 1азап а, иэрчонаш а. Мухха делахь а, х1уманан бала боцуш, набаро йатийна 1уьллучу туркойн маьршачу йуьрто цунна карлайаьккхира шен къона хан, дуьххьарлера безам.
2214 Цигахь йу Эсет. Дийна вуй-техьа Гати? Амма йах ца йелира и хан дагалоьцуш цо йен мерза ойла Дуьхьалх1итта дуьйлира цул хьалха а, т1аьхьа а, з1енан ч1агарш санна, вовшех дозаделла бохамийн денош Ирча г1ан гуш набарха ваьллачу стагах тера ц1еххьана хьалаиккхира иза
2215 1ан йиш йац. Вай диканиг дохьуш кхачаре сатуьйсуш 1аш хир бу и пекъарш. Шина доттаг1чо, чехкка волавелла шайн накъосташна т1е а вахана, цомгашниг т1ехь 1уьллу лами лаьттара хьалаайъира. Цомгашниг халла хезаш вистхилира... Кхин вовшашка бист ца хуьлуш, тог1и чу охьабуьйлабелира некъахой.
2216 Беттан серлоно къегадора церан этт1ачу чоэш т1ехула йукъах кхозу детица кхелина герзаш. Тата доцуш т1улган некъ хьоьшура ахберзинчу когаша. Хезара цомгашчо наггахь бен г1ийла узам. Ц1ераш йогура хин тог1ица йолчу нийсачу экъанна т1ехь а, ирх раьг1наш аьхначу боьранашкахь а.
2217 Шаьш диначу, дехачу х1усамашкахь, йарташкахь цхьана дийнахь баьхча, шолг1ачу дийнахь 1ойла доцуш леллера и нах дуьззинчу ткъа шарахь. Ткъа масане хилира инзаре ирчаниг. Т1еман ц1аро дагийначу ц1енойн пенаш, кхарзаделла, ц1ийделла, к1уьро 1арждина, товханан кхерчах тарлой д1ах1уьттура.
2218 Са д1адала ца лууш дахарехьа къуьйсуш санна, масех дийнахь ирахь догуш лаьттара стоьмийн дитташ. Оцу халачу шераша дагахь йоцу говзалла 1амийначу зударший, бераший цхьана ханна шайн кхерч х1оттабора декъазчу шайна къинхетаман т1ам хиллачу йуькъачу хьаннашкахь.
2219 Амма дегнаш д1аг1ертара шаьш дина х1усамаш хиллачу, безарш лаьттах боьхкинчу оцу лаьттан кийсак т1е. Йукъах герз, карахь дагарш долуш божарий, гихь бераш, карахь поппаран карчолгаш йолуш зударий а сихлора къинхетамза дохийна шайн баннаш йухаметтах1итто.
2220 Иштта д1аихира и буьрса шераш. Цара 1амийначу наха кхузахь а, туркойн хийрачу стигала к1ел, сихалха х1иттийра и чолхе йоцу х1усамаш. Буьйса т1аьхьайахана хан йелахь а, адам дижаза дара. Г1ийла йогучу ц1ерашна гуонаха х1оз бина хевшина адамаш гора.
2221 Йеха к1айн мажош йолу баккхий нах, замано дукха белхорна хьела эгначу г1айг1анечу б1аьргашца, баланаша деттинчу дегнаша хебийначу беснешца зударий, дег1ан даь1ахкаш т1е а йевлла, севсинчу сийначу гайшца, дуьне девзичхьана ирсан де ганза декъаза бераш а.
2222 Туьпа т1екхоччушехь лаьтта ворданах йина х1усам. Цунна хьалха йаржийначу истанган б1ег1аг т1ехь д1атаь1на 1а къоьжа Жонса. Карахь хьийзош ду цо ша дина шога суьлхьанаш. Т1ета1ийна тиллинчу месалчу куйна к1елхула хьуьйсу б1аьргаш цхьана х1уманна т1ебог1абелла севцца.
2223 Ворданан 1аьрчаш хьалаойъуш к1елх1оттийначу гажарх оьхкина йу 1аьржа совра долчу батта чохь пийлан к1омсаран к1айн мукъ болу йоккха шаьлта, йеха г1ирмин мажар, хаза кечйина тапча. Жонсин йоккха стаг кхелхина цхьа к1ира хьалха.
2224 Ткъа ши к1ант т1амехь воьжна-м дуккха а хан йу. Церан кешнаш Мичка хи йистехь цхьана гу т1ехь лекха ши х1оллам коьртехь дисина. Цигахь д1абоьхкина дай, дендай. Кхин гур йац цунна 1аларой-Эвла, гур дац жима Мичка, сийна, йуькъа хьаннаш.
2225 ... Х1инца иза гена ву даймахкана. Цуьнан берриг бахам х1ара ворда йу. Дуккха а дуьне девзинчу оцу вордано а догдиллина шена боьжна лелийначу шина тайшех. Къоьнгий мацалла ца балийта, царна бао цхьаъ жижигна бийна Жонсас, мазала хьаьжк1ех важа туркошна боьхкина.
2226 Х1инца, кхин чкъург ца карча сецна, х1усаме йирзина кхуьнан ворда. Амма къена Жонса ч1е1ац. Къен ву, къена а ву, х1етте а цхьаъ вац. И хьалакхозу герзаш цуьнан тешаме доттаг1ий бу. Жонса ша къена велахь а, и герзаш муьт1ахь ду цуьнан куьйгашна.
2227 Цахуьлучу далахь, уьш йукъах а дихкина, аравер ву иза... Ткъа ламанан басенца лаьттах йаьккхинчу цхьана тоьли чохь тховса дезде ду. Пхеа беро цхьатерра сихдина дохучу нахарийн г1овг1а хеза цу чуьра бодашкара схьа. Берийн дас Мовлас оцу буса цхьанхьара лачкъийна мукх беана.
2228 Ц1естан йай чохь цхьа кад мукх а кхаьрзина, нанас х1оранна а цхьацца буй бекъна царна. Амма цхьа йалхалг1аниг дац меттахъхьовш а. Иза, цамгаро к1елхьарчийна, мотт сецна 1уьллу. Изза хьал ду царна т1ехьа, лакхахьо, кхечу тоьли чохь а.
2229 Оцу чохь хан токхуш бу Данч1ин доьзал. Лулахошна к1ез-к1езиг мукх боькъуш, царна алсам белла Мовлас. Церан тоьли хьалха а йогу йай к1ел ц1е. Йай чу боккха дечиган 1айг а хьийзош, голаш т1е лахйелла 1а шовзткъа шо хенара зуда.
2230 Т1ехьаьжна шен хенал йоккха хета иза. Ц1еран серло ловзу цуьнан мокхачу йуьхьа т1ехь. Муьлхачу к1адех йина хаа хала ду т1елетийнчу бес-бесарчу йоманаша къарзйина цуьнан коч. Лелхаш, йай чуьра аракхийсало мекхан буьртигаш схьа а лехьош, гуонаха хиъна 1а к1ант а, йо1 а.
2231 Болата шен карабеана буьртиг, ша ца кхоллуш, жимачу йише ло. Кхаьрзина ц1ийбелла мукх 1айгаца кеда а хьаькхна, кегош шелбинчул т1аьхьа берашна д1а а бекъна, биснарш шен буйна а эцна, берашка а хьоьжуш, сих ца луш мукх 1ийша йолало зуда.
2232 Бераш дийшича а ца йуьжуш, алу кегош, йехха хуий 1а иза. Туьпахь д1асалелачу божаршна йуккъехь Данч1а гучу ца волу-те, цуьнан аз ца хеза-те бохуш, б1аьрг бетташ, сема ладоьг1у цо. Мисканна, цунна хаац, иза, 1ожалло кадетташ, накъосташа айъина валавойла.
2233 Ладоьг1уш к1адйелла зуда, тоьли чу а йолий, берашна улло охьайуьжу... Туьпан малхбале аг1онца хи йистехь разйаьлла лаьтта серех йуьйцина, т1ехула поппаран дуткъачу чкъураца хьаьхна бун. Цуьнан бертехь, ши гола мере а оьзна, сема наб йеш 1уьллу шийтта шо хенара к1ант Соип.
2234 Т1ег1ертачу чуьркех ларйан, т1ехула бецан хьардаш тийсина, д1акъевлина цо шен йерзина настарш. Халла го дех бисинчу б1ег1аган боккхачу куйна к1ел къайлайаьллачу йуьхьа т1ера цуьнан буткъачу меран ира буьхьиг. Амма чуьркашна цуьнан озачу дег1а т1е доьлхуш кевнаш карадо этт1ачу бедарех чекх.
2235 К1анта сих-сиха катуху ц1ий мала дег1а т1е хиъначу чуьркана. Цигара бедар цо ваьштаоьзча, кхечахьара д1аса а йоьдий, кхин а масех ков долу. Чуьркаша бен са ца гатдахьара, х1ун дара. Уьш-м, ц1еран к1ур бина, къахко а хала дацара.
2236 Амма къахко ницкъ боцуш кхин бала бу цуьнан жима кийра буьзна. Кхуза кхаьчначул т1аьхьа да а, шел жима ши йиша а делла цуьнан. Ткъа х1инца, Соипан г1оьнца бен к1егар ца хаалуш, буьнахь нана 1уьллу. Иза-м чу а вахана охьавуьжур вара хазахета а.
2237 Нанас наггахь дечу узарший, кхетамах йаьлла дечу башхачу къамелой, ткъа къаьсттина, садо1у а ца хезаш, цуьнан д1атерой наб кхета ца вуьту-кх. Соипехь шегахь а дацара дика хьал. Мацалла букъах летта чож, мел доккха садаккхарх, хьала ца севса.
2238 Ткъа оцу суьйранна цаваьллачу денна цо йиъначу татеша, хиэдо санна, хьийзадо йоьхьаш. Луларчу туркойн йуьртарчу бошмашкара хилла, 1аьржачу буьртигашца лаьтта кхийдина кхозу кемсийн хорханаш, ц1ен 1ежаш, можа хьорматаш дагайаьхкича, х1инца а цергех хи долу цунна.
2239 Ткъа мел дагна там беш а, догдохош а йара цхьаннан кертахь тандара чохь доттучу керлачу бепиган чоме хьожа! Уьш дерриг тахана гина, амма гучул цагар дуккха г1оли йу Керта а вахана, йеха иэхь хетара Соипна Нохчочунна иэхь ма ду саг1адехар
2240 Иштта такха деза-те т1едог1у денош а? Жима велахь а, Соипа ша-м сатухур дара, ткъа йала йижинчу мецачу нанна х1ун дер хаац-кх Къаьхьачу ойланаша лаьцначу цунна хаа а ца ло, цициго санна, байн ког буьллуш, веана шена т1ех1оьттина Болат
2241 Цо муьшка йича, ц1еххьана саметтавог1у Соип. Вист ца хуьлуш, цуьнан кара шен буй та1або Болата. Шен карахь довха буьртигаш хаало Соипна... Бето куьг т1еийзадо Соипан. Гергахь ижу хаайелла чуьйраш, хьерайевлча санна, къиэкъа.
2242 Цергех теза хиш долало. Амма Соипа цхьа буьртиг а ца кхоллу. Соип вист ца хуьлу. Б1аьргех г1ийла хиш леда. Ц1оцкъамаш дашадой, церан йуьхьигашна т1ехь гуллой, т1адамашка а доьрзий, чуэгначу беснеш т1ехула охьахьолху уьш. Х1аъ, дика доттаг1 ву цуьнан.
2243 Изий бен вац байлахь висинчу Соипах къахеташ, дог лозуш. Сайна кхаьчначух ах беана ас... Соипа шен озачу пхьаьрсашца маракъовлу доттаг1... Нана йу ч1ог1а... Меца... Мацалло к1елйитина... Иза-м, дера, Болатна а ма хаьа. Амма г1о дан ницкъ бац-кх.
2244 Вист ца хуьлуш вехха хиъна а 1ийна, д1авахара Болат. Буьнан маь11ехула доттаг1чун букъ къайла ма-беллинехь, хьала а г1еттина, мукх бадарна кхоьруш санна, буй къуьйлуш, буьн чу вахара Соип. Буьнахь 1аьржа йара, б1аьрга 1оьттина п1елг гур боцуш.
2245 Ткъа Соипна бевза кху чуьра массо к1аг, бог а, тховх охкайелла чамхалгаш, г1аш а. Гуш санна хета ненан азйелла мокха йуьхь, буткъа мара, хьех чуэгна б1аьргаш, сирделла гиччош, дакъаделла балдаш. Цо садо1у а ца хезий, дог шелло к1ентан.
2246 ... Хазахетар т1ехдаьлла, Соипан дог хьере тохало... Кхерзина бу. Хьацаро т1унбина мукх шен буйнара ненан керайуккъе боьхкира цо... цул а дукха... Нанас буьртигаш 1уьйшу хезча, цергех хи доладелла Соип аравелира. Жимма 1ийна чувеача, йуха а чохь тийналла карийра цунна.
2247 Иштта йаа х1ума йелахьара, толур йара со. Дависарг, кемсаш йелара, цхьа кан... Уьш дагайаьхкина суна... ...Туьпа йуккъехьо йогучу ц1арна гуонаха къаьсттина дукха адам ду. Цунна гуонаха хиъна 1а ткъех сов стаг. Ц1еран серло т1екхетехь волчу иттех стеган бен йаххьаш къастац.
2248 Бисинарш бодаша къайлабаьхна. Буьйса йовха йоллушехь, ц1арна гуонаха г1ерта нах. Цкъа-делахь, къечу стеган самукъе ц1арца ду. Цо йохйо йерриг мискалла, йоькъу г1айг1ане ойланаш. Ц1ар т1е ши куьг лаьцна, хиъна 1а хьаьрса Къосам.
2249 Цуьнан мацах цкъа безамехь хилла йуьхь эрчайаьккхина ира герз тухуш бесни т1ехь йинчу чевно. Беснин чкъор т1ехебба, цхьаъ бен боцу аьрру б1аьрг, забарна санна, даим а къаьрзина лаьтта. Ткъа Мовлин чоин пхьош даьсса кхозу. Шен накъостел ирс долуш ваьлла иза оцу буьрсачу т1амах.
2250 Цуьнан п1елгаш д1атедда аьтту куьг, ц1еххьана хьаьжча, конжех тарло. Т1ейуьйхина бедарш цхьатера йу массеран а. Этт1а, тиша г1овталш, чоэш, чордачу машин хечеш, коьртахь кхакханан йа б1ег1аган куйнаш, когахь йакъайелла лилхина не1армачаш.
2251 Х1ораннан а голаш йуккъе лаьцна йа улло охьайиллина топ, йукъах шаьлтанаш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш. Йиталац иттанаш шерашкахь церан шайн бертаза ч1аг1йелла амал. Герз церан тешаме накъост ву. Кхузахь тешам бац цхьана а куллах.
2252 Хьанна хаьа, х1ун хир? 3 корта Ц 1 еран гуонаха Церан амалшца, г1иллакхашца ца дог1у, цара цхьаммо а т1е ца лоцу законаш коча ма 1иттийша кхузахь дехачу халкъашна А С Грибоедов Сингаттаме а, дог доруш а йу туьпара тийналла
2253 Х1етте а шайн забарш йитац наха. Цхьамма дийцинчух бийлабелла нах йуха а берзале, кхечо доладо. Б1о бог1у аьлча, зударшций, берашций орца а волий, цигахь цаьрца лечкъий а 1ай, ц1а вог1ура иза даим а. Маьрк1ажал т1аьхьа. «Йа Аллах1!
2254 «Ой, хьуна х1ун хили, Бут1у? «Топ кхийти, со вели! «Ой, дакъаза ма вала хьо, оццул ахь идорах, к1елхьара ца дели-кх и хьан са! Цхьа нана-йоккха бумбари! Х1инца кхузахь кхо де-буьйса а даьккхина ц1а вахча, ц1ерачара, вайн тайпанан нах байрий аьлча, царна дала жоп хир дац-кх сан
2255 Уьш бовзийтахьа суна». Дуьхьалвог1уш хилла гуттар таь1аш цхьа астаг1 т1аьнчакх. Цуьнга б1аьрг тоьхна, резавоцуш т1ехваьлла хьаша. Дехьо ваьлча, дуьхьалкхетта, эмкалан санна, букъ хьаьвзина кхин. «Х1ара а ву хьуна шун тайпанах».
2256 Х1инца суна сайна а бевзар бу тхайниш». Дуккха а забарш йиначул т1аьхьа халкъан турпалхой, шайн накъостий, т1еман хьуьнарш, къонахаллаш а йийца буьйлира нах. Долийра Адин Сурхона т1ера. Дийцира Таймин Бийболатан хьуьнарех, майраллех, къонахаллех, цуьнан декъазчу 1ожаллех лаьцна а.
2257 Х1ораммо а йуьйцура оцу б1ешеран т1амо шайн йарташ т1ехь йина иэрчонаш, оьрсийн инарлийн къизаллаш. Эххар а къамел тахана цаьрга х1оьттинчу хьола т1е деара. Цаьрга ладоьг1уш, тийна 1ийначу Къосама доккха садаьккхира. Масане кхелхи, масане доьза вай, масане бен боцуш виси.
2258 Шен дуьхьа оццул ц1ий 1енийна Нана-Нохчийчоь а вай хьега йиси. Схьакхаьчначул т1аьхьа зуда а, кхоъ бер а делла сан. Дисина шиъ 1уьллу, к1езий санна, мацалла уг1уш. Х1ун дан деза царна? Мацалла а, г1ело а вешан махкахь гина вайна, ца гуш х1ума а ца дисина, амма цигахь к1елхьарвала некъ карабора
2259 Ткъа кхузахь? Мича ваха веза а, х1ун дан деза а хаац Доьзал мацалла ца балийта, мел ца лаахь а, лачкъой, нуьцкъала йаккхий дийзи Шаьш йоцуш бисина а хаац, йа вай кхаба к1ордийна а хаац, уьш а йухабевлла Шайн ницкъ кхачахь, цара вайгара а йаккха, вешан кайаьлларг вай а схьайадор йу
2260 Йиначун йац г1ала, йаьккхинчун йу! Мовлас аьллачунна резавоцуш корта а хьовзийна, вистхилира х1етталц тийна 1ийна 1ела Вай-м къуй даций, т1емалой ду Вайн къомана т1е иэхь доуьйту талораш дечу наха Иэхь, йахь, йуьхь йолуш адамаш вай хьанна хета?
2261 ... Мацалла дала-м ца деза вай? Дукха садитти, тоьур ду х1инца Ц1ахь оьрсийн 1едало хьийзий, кхузахь туркойн 1едало хьийзадо Дависарг-йа1, сайна кхузашха схьаван хаздина нах шаьлтанца боруш охьабахкарх 1ебар вацара со! Делора, карий царна шайн ирс кхуза баьхкича а
2262 Молла Шахьби го суна наггахь туркойн йуьртахь. 1аж санна, йогу беснеш, т1ехула буг1анийн ворда хьовзайалла стомма ворта, иссалг1а бутт бохьуш йог1учу пхора зудчун санна, гай. Вай-м хьехор дацара, т1е, шен сакхат ваша а д1а ма тесна цо.
2263 ... Къуръан т1ера ши элп а 1амийна, шаьш молланаш ду, оха бохург Дала аьлла ду бохуш, цара 1ехош, дехи вай-м кху хьола т1е. Ахь дегабаам ма белахь. Нийса ала ца хаахь а, цхьаъ ала г1ерта иза. Г1ийлачу стагана зуламдар ца магадо йа шар1о а, йа вайн г1иллакхо а.
2264 Талораша вайна херадоккху кхузара адам. Шу Мушана т1елатталц, кхузахь бехачу наха, къаьсттина эрмалоша, дика г1о лоцура вайнехан. Х1инца уьш а г1акхбевлла. Шайн карайеанарг тоххара кхаьллина девлла шу, оцу дийннахьехь... Шаьш т1енисбелла х1ума схьаоьцу вайнаха, иза шен ворх1е а дех йисича санна.
2265 Кхин х1умма а ца хилча, кхуза вайн гулдалар тоьур дара уьш собарх баха. Собар ца хили шуьгахь. Сатоха дезара, собар хила дезара. Аьрзуг1ар ц1а берзийта, т1аккха хуур вайна дан дезарг. Вешан къомах чекх са ма гайта вай, оьздангаллех ма доха вай, бехира.
2266 Ла ца дуьйг1и-кх. Мацалло дохадо дерриг. Мацалла лечул-м, летта валар г1оли йай. Маккхале ладоьг1уш 1ийначу Къосаман аьрру бесни йего йуьйлира, чу ц1ий доьссина, ц1ийбелира б1аьрг. Цунна мохайаран йа халахетаран билгало йара иза.
2267 Г1аж санна, хьайн дег1аца цхьалха волчу хьуний, 1елиний атта ду оьзда лела. Сан санна, мацалла багош г1аттийна, кийрара 1аь ца йолуш, 1охкуш йалх ч1евне йац шун. Делахь, дерриш мацалла ле вай? Ваьш 1ехийначарна хастам кхайкхабей вай?
2268 Вай-м кхоччуш 1ехийний! Вай х1аллакдан а, махкахдаха а, мацалла дайъа а мега, ткъа ас, диъ делча, дисина сайн ши бер мацалла ца далийта, сискалан йуьхк йаккха ца мега? Со виэн г1ертарш оьзда бу, ткъа ца вала г1ерташ дуьхьало йен со оьздангаллех воьхна!
2269 ... Пхьаьрсан гола лаьттах г1ортийна тевжина 1ен Маккхал, нис а велла, леррина Къосаман б1аьргаш чу хьаьжира. И пекъарш-м хьол дукха г1уллакх тоделла а баций, халла хене бовла г1ерташ бохку. Схьавалийна, кхуза охьакхоссалц, хьо дуьненахь вуй а ца хиъна царна.
2270 Церан х1ун бехк бу? Вайн Делан вазаллора, кхузарчу адамаша дика г1иллакх ма лелий вайца Х1инца вайн харцхьадовлар а лов Со хазахета веана кхуза? Хьан баьккхина сан б1аьрг, Мовлин пхьарс, кхечуьнан ност? Хьан даьхна вай дайх, вежарех, йижарех, къоьнгех?
2271 Х1унда веана со кху нехан хийрачу махка? Со, 1елам цахиларх, сонта вац хьуна Суна хаьара ткъа, герз буйнахь сайн не1ар т1е х1итталц, оьрсий дуьнен чохь буйла? Амма, уьш бевзичхьана, ц1ийн 1овраш 1ена нохчийн лаьмнашкахь Вай х1ун дина царна, х1унда ца дитира цара вай вешан лаьмнашкахь даха?
2272 Со-м хазахета ца веаний кхуза, ткъа цигахь цара сайна т1ехь х1оттийначу къиззалех ведда, кхузахь мукъане а сайна синтем карорга догдохуш веана! Веана, б1аьргех хи ца долуш дог доьлхуш, Нана-Даймохк битина Х1инца вайга х1оьттинчуьнга хьаьжча, йалсамани хилла и сийна Сибаре-м
2273 Х1ун де-те, муьлхачу новкъа дахча к1елхьардевр дара-те бохуш, ойланаш йеш, буьйсанаш тоькху ас-м. Ахь бакъ боху, хазахеташ цхьа а ца веана кхуза. Амма аш тидам биний кхечу адамийн дахаран? И беха кхаа беттан некъ беш, вайна гиначу къаьмнийн дахар дара ткъа атта?
2274 Ткъа х1орш? Хьо д1а т1е мел кхаьчначу йуьртахь дуккха а лаппаг1ашна йуккъехь кхо-диъ ц1а карадо хьолаца къаьсташ Хьенан ду и кхо-диъ ц1а? Моллин, къеданан, йуьртден, совдегаран Ткъа лакхахь мел дукха бу уьш, дехьа мел вели, баккхий, сутара а болуш
2275 Уьш д1акъастийча, дисина адам вайга г1оьрттуш г1ело хьоьгуш ду. Вайгарчу а, цаьргарчу а 1азапна бехке паччахьаш, элий, эпсарш, уьш къих ц1анбеш лела и цхьа тайпа динадай а бай. Уьш талабехьа, хьо Дала дукхавахаварг, уьш байъахьа.
2276 Голаш т1е охьата1ийна корта шина куьйга къевллина схьа а лаьцна, лаьттан б1аьра вог1авелира Къосам. Паччахьаш, элий, динадай лоьхуш, царах бекхам иэца г1ерташ лела хан а ма йац. Мозий санна, х1аллакьхуьлуш ду вай. Суна ца лаьа саг1адоьхург хилла лела, лай хилла ваха йа мацалла вала а.
2277 ... Къосама дуьйцург массеран а дагахь дерг дуйла хуучу Маккхална лаьара, х1уъу аьлла а, церан догъэца, амма царна синтемна дешнаш ца карадора. Кху хьолехь ши бутт хан йалахь, дерриг делла д1адевр ду вай, г1уллакх дено-дено оьшуш лаьтта.
2278 Аьрзуг1ар а кхочур ц1а, хуур ду вайна дан дезарг а, карор бу к1елхьардовла некъ а... Лийр йуйла хиънехь, шен нанаша туьханах йухкур йара, баьхна аьккхичо... Кхуза дог1учул-м, вайна Сибрех дахар дуккха а г1оли хиллера. Цигара-м цкъа даймахка дерзаре сатуьйсийла а йара, кхузахь иза а йац.
2279 Шу стенна ч1е1а? Дуьненан массо паччахьашка шарбалш йашайойтуш волу оьрсийн паччахь шовзткъе итт шарахь лестийна нохчийн к1ентий дац вай? 1ожаллех кхоьруш вай маца хилла? Оьздангаллех вухучул, сий дайна лелачул, нехан лай хилла вехачул, дийнахь-бусий эзарза валар г1оли йу, Мовла
2280 Цунах кхоьрий тхо-м. Оцу хьола т1е ваьш довла долахь, летта лер вай. 1ожалла-м гена йац. Д1огахь, бодашкара схьа а къерзаш, 1а. Тховса вайх муьлха д1авига-те ша бохуш, хоьржуш... Маккхалан горга йуьхь а, сийна ши б1аьрг а бекхабелира.
2281 Шен шуьйра белшаш хьала а тоьхна, хьаьрсачу мекхех куьг а хьаькхна, вела а къежна, охьахиира иза. Токхо йацахь а, мукъа хан вайчул шорта йолуш адамаш дуьненахь а хир дац, цундела жоп ло ас хьуна. Ткъа иза маца воьду цига? Ткъа оцу керстанел дуккха а сийдоцуш къиза нах бу бусалбанашна йуккъехь
2282 Уьш байъича хуьлий г1азот? Мовлас, чам байна, корта хьовзийра Оцу дешнех самукъаделира кхоьлинчу Къосаман а Кханалерчу эхартахь Дала церан меттигаш хуьйцур йу аьлла ду жайнахь Маккхал бакълоь шуна И вайх летта салтий шайн лаамехь летара, моьтту шуна?
2283 Ма бакъ дацара-кх иза! Суна санна, церан хьал хаахьара шуна Со йийсаре муха вигира-м, ас дийцина шуна Йийсарехь волуш Рангал-инарлин долахь болчу муьжгашца шина шарахь гергга болх бира ас Далла дуьхьал йуьхь1аьржа г1ойла со, шуна цхьа хьаьрк харц дуьйцу делахь
2284 Х1инца вайгарчуьнга г1оьрттуш 1азапехь бара цигара муьжгий. Б1аьрго ма-лоццу йолу и шера аренаш, йуькъа хьаннаш йерриш элийн долахь йара, ткъа муьжгичун долахь х1уп аьлча б1аьрга эккха х1ума дацара. Иза хьовха, шайн дог1мийн дай бацара уьш.
2285 Хьайбанаш санна, бухкуш, оьцуш, бацош лелабора элаша. Дуьхьал масех муьжги лой, толлу цхьа ж1аьла оьцура. К1еззиг бехкбаьлча, верзина а воккхий, шед йетташ, бехкечу метте аьрснаш х1иттадора. Элан ц1ийнах болчу божарша шайна луъург леладора муьжгийн зударшца, мехкаршца.
2286 Суна сайна ца гинера, амма муьжгаша дийцира, цхьана эло-м шен иэрийн к1езий муьжгийн зударшка дакхадойтуш хиллера бохуш. Адамаша лело х1ума ду ткъа, зударех к1езий дакхадо бохург? И муьжгий куьйгаш лехна-м бацара? Паччахь а, цуьнан эскарш а хьалдолчаьргахьа ду
2287 Цара к1уьраза бойъу дуьхьало йийраш... Изза дац ткъа кхузахь? Ягор ц1е йолуш цхьа муьжги вара сан доттаг1 Воккха стаг вара иза Къона волуш даггара дукхайезаш йо1 хиллера цуьнан Элан пурба доцуш зуда йало а, йо1 маре йахийта а бакъо йацара муьжгийн
2288 Элан пурбане хьоьжуш х1ара шиъ 1аш, Ягор салт ваьккхина. Салт ваьлла шо а кхачале, ц1ера кехат кхаьчна кхуьнга, элан к1анта лела а йина, хьо т1ехьийзина йо1, ша-шех ц1е а тесна, йаьгна аьлла. Салт лелаш ткъе пхиъ шо а даьккхина, ц1а веана иза кхин зуда ца йалош къанвеллера.
2289 Цуьнан г1оьнца ведира со йийсарера. Хьуьнхахь тхойша вовшахкъаьсташ: «Хьо Кавказе кхаьчча, тхан баринан корта баккхалахь. Хьайн ницкъ ма-кхоччу дашо пагонаш йерш байъалахь, ж1аьлеш ду уьш. Г1еххьачул церан мотт 1еминера-кх суна.
2290 Тхан эла Рангал вевзий хьуна бохург ду иза. Висе залатой пагон эпсар соббак. Салти, муьжги один биднак». Цуьнан корта а, дашо хьесан к1ужалш йолчу эпсарийн кортош а даха, уьш ж1аьлеш ду, ткъа салтий, тхо санна, цхьа пекъарш бу бохург ду иза.
2291 Шена хуучу оьрсийн маттах дозалла деш, курра нахе а хьаьжна, луьлла йуза х1оьттира Мовла... Делан г1оьнца, зиэн-зулам доцуш, вайн махка вирзира со. И дагадеача, сиха къастабора ас эпсаран горга корта шен белшах. Цундела воллу-кхи со, Шахьби велча, цуьнан коша хьажа.
2292 Хьанна хаьа, Шахьбин кошахь Ягор каравой а. Т1етуьйсучуьра ж1олмаш хаьдда ц1е, йукъа г1аж хьийзайарх, ца къегаш, йайнера. Бутт чубуьзча гуонаха х1оьттинчу бодано йуха а хьалхах1оттийра цхьана йукъана царна дицделла ирча хьал.
2293 Бода бара церан дегнаш чохь а. Цунна цхьаммо а жоп ца делира... Дуьхьал жоп дацара... Ас 1уьйранна, хьалххе г1еттина, йохьур йу вайна... Хьестарх г1уллакх ца хилла, човхийна сацийра нанас мацалла б1арзделла бер. Жимма 1ийча, тоьли чуьра схьахезира беро уьйзу са а, ненан къора йелхар а.
2294 ... Йукъал т1ехйаьллера буьйса. Цахаалуш т1едуьллучу тхино т1унйинера т1ера беркъа бедарш, этт1ачу царна йуккъехула схьакъеда малхо йеттина 1аржйина меженаш. Дийнахь сарралц д1асалелаш, хевшина 1аш, ойланаш йеш к1адделлачу церан дог1машна сада1а лаьара.
2295 Амма муьлхха хало а атта хетара царна, дагна 1еткъа, дог морцу мецачу берийн, цомгашчийн узарш хезаш, цаьрга ладоьг1уш, баннаш чохь сема буьйса токхучул. Амма ведда вала некъ бацара. Туп д1атийра. Нохчочун нана. Кхерамо, иэшамо.
2296 Мух1ажар д1алоьллу, Кху къизчу дуьненахь. Цуьнга х1ун далур ду? О Туманян Мух1ажаран илли Туьпахь тийна делахь а, дийшаза адамаш дара дуккха а Кху т1аьххьарчу деношкахь наб йайна Тарам вара, меллаша шен тоьлехьа схьаг1ертачу адамашка а хьоьжуш, х1оьттина лаьтташ
2297 Масазза а, шен тоьли чу а вахана, д1атевжира иза тховса. Амма наб ца кхетара. Бодашкахь хаддаза хьалха лаьттара кху цхьана баттахь хьаьвзина т1ек1ел деллачу шен зудчун а, деа беран а г1аларташ. Бодашкара схьа цуьнга хьуьйсура чуьра синош д1адевлла, х1иттина, севцца, кхоьлина б1аьргаш.
2298 Хезаш санна хеталора цара сихдина йа халла хаалуш тийна доь1у синош. Диллина д1а лерехь декара экамчу йоь1ан йишхаьлла аз... сискал... сискал... Тараман догдаьллера шен тоьланах хьовха, кху дуьненах а. Мацалло дарйинчу барзах тарвеллера иза.
2299 Т1еман т1аьххьарчу пхийтта шарахь дуккха а адамийн синош даьхнера цо. Т1еман арахь. Ша вуьйриг, ша виэн, шен доьзал х1аллакбан веана мостаг1 велахь а, дог къуьйлуш, цергаш та1айой, воьра цо. Шен карах салти масазза лиэн, Деле дехар дора: «Веза Дела, гечделахь суна.
2300 Ткъа х1инца цо ц1ий лоьхура. Хьацаро т1унбинера цо буйнахь къуьйлучу шаьлтанан маь1ан мукъ. Т1ебог1учу нахе хьоьжуш 1ачу цунна уьш герга ма-г1оьрттинехь вевзира хьалхавог1у Аьрзу а, цунна т1аьхьара Чора а. «Мила ву-те кхарах велларг?
2301 Мила ву къизачу 1ожалло шух къастийнарг? Данч1а ч1ог1а цомгаш хилла-кх Чора ца сецча, кхин хеттарш ца деш, царна т1аьхьах1оьттира Тарам Данч1ин буьна хьалха, йоьг1ча санна, х1оьттина лаьттара йуткъа, лекха зуда Хийрачу махкахь гена новкъа ваханчу майрачунна сагатлучу Хедина к1езиг наб кхетара буса
2302 Тховса къаьсттина синтем байна, ладоьг1уш 1уьллуш, арара когийн тата а, Данч1ин ц1е йоху а хезна, араиккхича, шайн х1усаме айъина вохьуш стаг гина, коьрте хьаьлхинчу тайп-тайпанчу ойланаша 1адийна лаьттачу цуьнан са метта ца деара Данч1а ша вистхуьлу хаззалц.
2303 Данч1ина хаьара, оцу хьолехь ша гича, доьзалан мел дог духур ду. Церан сингаттам кхин т1е а алсамбаккха ца луу иза, шена г1о дан г1оьртинчу накъостийн куьйгаш д1а а теттина, берриг ницкъ гулбеш, хьала а г1еттина, тоьли чу а ваьлла, охьахиира.
2304 Бодаша ца гойтура цуьнан йаьлла мокха йуьхь, т1е к1омарш тийсина дакъаделла балдаш, чуьрчу чоьшна т1ехь детта ц1ий сецна буткъбелла мара а, кхоьлина б1аьргаш а. Накъостий, жимачу тоьли чу а бевлла, охьаховшур бу бохург хьехадойла а йацара.
2305 Цу чу нуьцкъаша тарбелла боллура Данч1ин доьзал. Хедин дог хьаош, доцца къамел а дина, и шиъ шаьш дитархьама, д1асабахара вуьш. Нах гено бевлча, тийналла х1оьттира буьнахь. Т1ехула тесначу зарзделлачу истангех чекх хьалахьаьжча, гора седарчаша серлайаьккхина стигал.
2306 Къора терсара Мурат-чай а. Оцу буса биъначу мекхо мацаллина жимма г1оли йина бераш, халла хезаш са а доь1уш, дийшина 1охкура. Лелха санна лозура Данч1ин дег1ан меженаш. Богучу кийрара йуьйлучу йовхоно кхерзинера бага. Цо хала садоь1ура.
2307 Амма ч1икъ ца боккхура. Кхеттарг вуон цамгар йу. Охьавижа меттиг тойехьа суна. Наб кхетта 1уьллу йо1, меллаша схьаэцна, Болатна улло а йиллина, йо1 1иллинчу хьардаш т1е истанг а тесна, Данч1ина мотт тобира Хедас. Метта ма-веллинехь д1атийра цомгаш дег1 бехачу некъо гуттар дожийна Данч1а.
2308 Иза вистхиларе ладоьг1уш, йехха 1ийра Хеда. Цунна ца хаьара, ша х1ун дан деза. «Йуург кхоллур йарий-те х1окхо? Цо, ца йеза аьлла, жоп лахь, иза гуттар к1елвисаран хаам бара, ткъа Хедина ца лаьара цунах теша Хедина дагабеара цхьа к1ира хьалха лула йуьртарчу туркойн зудчо шена беана к1олдан ши мижарг
2309 Данч1а ц1а варе хьежош, берашна а ца луш, латтош бара цуьнан и шиъ. Некъо дег1 г1елдина сан. Данч1а д1атийра. Иза шен дег1ера бала мел лечкъо г1ертарх, Хедех къайла ца белира... Х1етталц, цунна хазарна кхоьруш, къайлаха йелха г1иртинчу Хедас шен сина маршо йелира.
2310 Цамгаро а, биначу некъо а г1елвина, со д1атерах, иштта к1елвисина моьтту хьуна? 1оьттина дег1ах чекх цамза баьккхина со валийча а, биъ п1енда аьтта, кхетамчохь воцуш валийча а ца йилхина хьо тахана х1унда йоьлху? Ма йелхахьа, самадовлахь, берийн а догдухур ду
2311 ... Вайн махкахь хилла бохам атта лало... Цигахь сатоха а, и д1алиста а атта дара... ткъа кхузахь ненан некхера даьхна бераш санна ма ду вай... Уггар хьалха дехар ду хьоьга суна хезаш а, ца хезаш а кхин цайелхар. Вай делхаро х1умма а нисдийр дац.
2312 Кху ткъех шарахь шайн дайшна, вежаршна йуххе а х1иттина, герз карахь, б1аьрнег1ар ца тухуш, мостаг1ех леттачу шун, кху махка кхаьчча, б1аьргех оьхучуьра хиш ца совцу. Хьалха-м зударех тера а дацара шу, амма х1инца ч1ог1а береш боьхна-кх шун.
2313 Баланаш, халонаш 1ийша кхоьллина вайн декъаза къам. Нохчочун нана, нохчочун зуда шегахь доккха собар а, доьналла а, къонахчалла а долуш хила йеза. Царах цхьаъ йу хьо, Хеда. Тховса жимма ледарйаьллехь а. Оццул дукха 1ожалла т1ех1иттарх, х1инцца бен сайх догдиллина хилла вац со.
2314 Дала г1оли ца йахь, суна кхетта цамгар ч1ог1а йу. Ткъа 1ожалла даим а т1аьхьа а йаьлла лела. К1ажаш хьоьшуш. Хьанна хаьа, х1ун хир. Цундела, хьоьга весет дан лаьа суна... Иэккха доллу дог а къуьйлуш, леррина ладуьйг1ира Хедас.
2315 Цунна хаьара Данч1ас эриг цаваьллачу денна дуйла. Со-суо а шек вара хиндолчух. Даго хьоьхура. Дог кхиънера. Х1етте а, баккхийчара аьлларг а дина, йиша-вешех къаьстина, ц1ахь 1ан ца терира, схьавеара. Дог доьлхуш. Амма хилларг хилла даьлла.
2316 Дагахьбаллам буьсу, валар хилахь, шен дуьхьа оццул ас дукха ц1ий 1енийначу даймахкана генахь валар а, лаьттах вахар а. Иза а дицдо шу кхузахь дисаро. Со д1аваьлча, шун 1уналла дан гергарчех стаг ца вуьсу вайн. Со а валош кхуза баьхкина вайн гергарниш белла кхачалуш лаьтта.
2317 Дийна бисинарш а шайн синошкахьа бевлла. Нагахь шаьш дийна дисахь, варийлаш, варийлаш, Хеда, кхузахь ма совцалаш. Нах йуханехьа г1оьртур бу хьуна, шина бераца царна т1аьхьах1отталахь. Суна ца лаьа, даймахках а хаьдда, ненан мотт а бицбелла, сайн бераш кхузахь кхуьийла.
2318 Кхузахь бисча, царах элий хир белахь а. Хьал а, дуьне а, дахар а стенна оьшу шен даймахках хаьддачу стагана? Дешилахь луьйчуш велахь а, къен ву иза, мел нуьцкъала велахь а, лай ву иза Данч1а йукъ-йукъа соьцура Гуттар сахаьддачу цунна хала дара къамел дан
2319 Амма цо, доккха са а доккхий, берриг ницкъ т1е а гулбой, йуха а доладора. Уьш дозанал дехьа ма-девллинехь бу. Керста динехь делахь а, буьйцу мотт кхин белахь а, вайца г1иллакх, амалш йог1уш, вайца цхьана ц1ийх къам ду иза. Шу цига кхаьчча а, вайн махка кхаьчна хетар дара суна.
2320 Кхузахь дуьсучул, сийначу Сибаре дахар г1оли йу вайна... Дика к1ант ца хиллера со, Хеда... Цунах ваьлча, ас х1ун дора сайн сих? Нохчийчохь ц1ейаханчу къонахоша дуьйцучу хабарех 1ехабелира нах Шайна гина т1еман эрчонаш царна ца гайта лиъна, царна мукъана ирсе дахар карор дацара-те аьлла
2321 Уьш т1аьхьадисна. Амма цунна хаац ша дуьнена валале ас а, сол хьалха тхан дайша а хьегна бала. Даймахка дерзар ца доьг1на, кхузахь висахь а, цунах дог ма дилла, алалахь цуьнга. Ахь дийцинарг, шена гинарг шен т1аьхьене д1ало, ала.
2322 Жима делахь а, амма турпалчу къомах шаьш схьадевлла хилар цкъа а цадицдар т1едуьллуш, цаьрга весет де, ала цуьнга. Шайн дай санна, майра, оьзда, тешаме, маьрша кхиа 1амабе, ала... Шайн дайн сий дайъина, эхартахь тхуна дуьхьалх1итта пурба дац царна.
2323 ... Ткъа х1инца парг1атйала, охьайижа. Болх Делан кара лур вай. Майрачо аьлларг а дина, д1атийра Хеда. Амма д1атен ца туьгура кийра хьийза бала. Данч1а цомгаш ца хилийта иттазза йала реза йара иза. Да д1аваьллачул т1аьхьа цхьа а т1етовжийла йоцуш буьсура церан доьзал.
2324 «Х1ун де ас? Дагавеара цхьаъ бен воцу шен шича Берса: «Докку, нанас ца йина йиша лайла хьан, мичахула лела-те хьо?» Оцу хаттарна жоп лоьхург и цхьаъ йацара туьпахь Х1окху т1аьххьарчу баттахьчул къа ша дуьнен чохь йаьккхинчу йерриг хенахь а ца хьегнера Маккхала
2325 Декъий лийчийна куьйгаш хуьлура, сарралц хи чохь латтийча санна, мажардоьлла. Суьйранна иза ц1а вирзича, дег1, г1аж йиттича санна, лозура. Х1етте а, буьйса йуккъе йаха йоллалц охьа ца вуьжура иза. Ладоьг1ура Аьрзуг1ар ц1а берзаре.
2326 Бутт кхочуш боллу уьш кхузара д1абевлла, ткъа цунна иза ганза ши бутт бу. Бенахь хиллачу дивано шений, Аьрзуний т1едиллина декхар кхочушдан ши бутт хьалха Уьстамала вахана Маккхал ши к1ира хьалха вирзинера Муше. Уьстамала цхьаьна г1ойла ца хилира цаьршиннан.
2327 Схьакхаьчначул т1аьхьа цаьршинна цамоьттучу тайпана чолхе х1оьттира кхелхинчийн хьал. Шиннах цхьаннан Мушехь саца дийзира, туьпахь цхьа низам а, нахана 1уналла а латто. Маккхал кхузахь а сецна, Аьрзу Уьстамала ца вахийта ши бахьана дара.
2328 Цкъа-делахь, д1акхаьчча туркойн паччахьца а йа цуьнан визирца а дийцарш дан Аьрзуна мотт ца хаьара. Шолг1а-делахь, мацаллой, баларший б1арзбина акхабевллачу нахана т1ехь куьйгалла дан собар, доьналла, лаам а болуш стаг ца вуьсура кхузахь, Аьрзу туьпара ваьлча.
2329 Маккхал хабарна говза а, масех мотт хууш 1еламча а, майра стаг велахь а, амма Аьрзугахь цхьа шатайпа гушбоцу ницкъ бара адам т1едерзош. Цул сов, Маккхал хьалха цкъа Уьстамалахь а хиллера. Дуккха а ойла йиначул т1аьхьа, Маккхала сацамбира Аьрзуй, 1елий туьпахь а витина, Чорица Уьстамала ваха.
2330 Амма Аьрзус бохийра и сацам. Ша кхузахь вуьсучу даьлча, цуьнца 1ела хила лиира цунна. Шина вешин дуй биъна ваша вара Маккхал. Чора шен доттаг1 велахь а, 1ела шена уллохь а сацийна, Маккхал Чорица вахийта ца лиира цунна. Маккхална дага х1ума дарна кхийрира.
2331 Маккхал Уьстамалара ц1а кхачале цхьа-ши де хьалха Аьрзу коьртехь итт стаг вахара туркоша нохчашна къастийнчу махке хьажа. Бутт кхоччуш боллура уьш цига бахана. Тховса т1аьххьалц Аьрзуг1аьрга ла а дег1на, тоьли чохь ул-улло охьавижира Маккхаллий, 1елий.
2332 Д1а ма-тевжжинехь, набарш кхийтира к1адделлачу дог1машна. Бус-буса шена гуш долу г1ан гора Маккхална тховса а. Генахь бисина даймохк, шаьш махках девлла де. Мухха делахь а, тховса а, йеха з1е хилла, цунна дуьхьалх1уьттуш чекхдевлира цуьнан дахарехь даьхкина уггар хала денош.
2333 Да а, вежарий а байъина ирча де. Чов хилла ша йийсаре вигар, гена къилбаседехь, хийрачу махкахь, даймахка сатуьйсуш текхна хан. Шемал йийсаре воьду де, къена Бойсаг1ар, са д1адала г1ерта Жабраил... Арахь девллачу когийн татанаший, лиэраший оцу ирчачу г1енера ваьккхира иза.
2334 Араиккхинчу Маккхала т1екхетта маравоьллира ша дукха хьегна доттаг1. Х1умма а хиллий вайна? Кхин хилла х1ума-м дац Г1овг1анаш йевлча самаваьлла 1ела, ара а ваьлла, Чорина мараиккхира Х1орш кхоъ чоьхьавелира Тараммий, 1елий тоьлин не1аре охьахиира
2335 Цара х1ун деана ца хууш сак1амделла Тарам г1овталан кисанара схьайаьккхина дукха дуьне девзина б1аран дечиган 1аржйелла луьлла томкех йуза х1оьттира. Мокхазна т1е к1ожаман хьаса а биллина, шаьлтанан йуьхьигах йина ц1етуху цо тоьхча, б1аьрса д1аоьцуш бодашкахь суйнаш 1енира.
2336 Сийна долуш дакъийначу томкин тамехь хьожа йаьржира буьнахь. Аьрзус сихха жоп ца делира. Шаьш беана шийла кхаъ цаьрга д1акхайкхо ца лаьара а хаацара, йа к1адделлачу дег1о д1атевинера а хаацара, амма вист ца хуьлуш дикка хан йалийтира цо.
2337 Доцца аьлча, вайна къастийначу махкахь хи ца диллича йалта а ца хуьлу... Аьрзун дешнаша дегнаш дохийра кхааннен а. Мискачу адамийн т1аьххьара догдохуьйла а хаьрцира... Курдой бу цигахь дукхахберш. Уьш башха дуьйш-дерзош бехаш бац.
2338 Цхьадолу тайпанаш, маь1-маь11е четарш детташ, шайн жашца кхелхаш лела. Эшират олу курдойн цхьа тайпа ду цигахь ша т1е кхаьч-кхаьчнарг, къаьсттина эрмалой, талош лелаш. Наггахь бен йурт йац. Схьанехьа, малхбузехьа, лаьтташ, и мохк санна, йерзина Диарбекир ц1е йолуш шахьар йу.
2339 Тхуна некъ буьйцуш хьалхаваьллачу эрмалочо, иза а гайтина, элира тхоьга: «Х1ара туркойн Сибре йу». Дуккха а кегий къаьмнаш ду, бохура цо, туркойн олалли к1ел. Итт, ткъа шарахь дуьненан серло ца гуш, цу чохь бахкабо, боху, нах.
2340 Цхьаццаверг шен йерриг оьмарна чувуллу. Хан йаьккхина араваьлларг хьалхалерчу кхетамехь ца хуьлу, боху. Суна хетарехь, вай оцу жоьжахатина гергахьа тоьтту. Ц1а чохь тийналла х1оьттира. Х1ор а вара Аьрзус дийцинчун ойла йеш. Когех буржалш делахь а, дуьнене б1аьрг тоха таро-х хиларий цигахь.
2341 Вада аьтто ца болуш а ца вуьсура. Шемалан зинданах тера набахте йара эрмалочо йийцинарг. Нахана х1ун лаьа, хьовсур вай. Цига шу доьлхуш дуьйна а хаьара суна аш хьоьгург эрна къа дуйла. И латта гича, адам цига цадахарна кхоьруш, Нуьрсет-паша дукха г1иртира цигахьа вайн векалш ца бовлийта.
2342 Вайна ло мега латта? Нахана-м, уггар хьалха суна а, кхузахь шаьш дустор ду моьттура Эх1ей, дела хила шун ворх1е а дена не1алт! Ткъа Эрзерумехь болчу вайнехан хабар дуй? Вайна санна, Диарбекире хьийсош, ницкъ бо царна Диарбекире боьлху уьш Чубукчурехь дуьхьалкхийтира тхуна
2343 Тхоьгара бакъдерг хиъча, йуха а бирзина, Эрзеруме к1егар ца боьлхуш, тхуна т1аьхьа кхуза схьаоьхуш бу. Суна хетарехь, кху иттех дийнахь схьакхочур бу уьш... Мацалла, цамгарш, баларш. Цигахь хало долчух тера ду. Эрзерумехь ву сардал Нусрет-паша.
2344 Цига гулдина ду кху аг1орхьара дукхахдолу эскарш а. Ткъа вайнах к1езиг бу. Ницкъ бо царна... Х1инца санна, цхьанхьа гулделла 1ийча, кхузахь массарна а рицкъа ца карош, х1аллакьхуьлу. Луьйш лаьтташехь наб озийра Аьрзуний, Чориний.
2345 Чуьра томка кхачийна йовш лаьтта луьлла, т1аьххьара к1ур баьккхина, чимах ц1анйан х1оьттира Тарам. Иэхь ду-кх, нанас дена вичхьана цхьаъ мукъа а ирсе де ца гина бохург. Вайнахехь даллочу 1азапан ойла йича, уггар къизачу экханчух тарло-кх сан дог.
2346 Нах оцу Муш-шахьарна т1елатар ахь къобал ца до, Маккхал. Цаьрга мацалла лиэ, боху ахь? Амма х1инца, бахий ахь, сеца-м муххале а бийр бацара ас уьш, мелхо а, суо хьалха а ваьлла, бусалбий, керстий ца къестош, дуьхьал мел нисвелларг талош, кху туркойн махкахула волалур ву-кх
2347 Дуьхьало йийриг шен ворх1е а дена т1аьхьа а вохуьйтуш. Вайх къахеташ ца ваьллий цхьа а! Тарам т1аьхь-т1аьхьа карзахвуьйлура Бодашкахь цуьнан б1аьргаш берзачех лепаш хетара 1елина 1едало, кхуза эскарш оьзна, лаг лоцур ду вайн
2348 Нах кхеро ма г1ерта... Оьрсийн салташа когаш тоьхча а уьду туркой х1ун йу вайна! Цигахь хьо оьрсел толориг, хьуна ницкъ лург хьан даймохк бара Кхузахь зударший, бераший куьйгаш дихкина вайн Туркойн 1едал мел къиза ду хиъна вайна х1инцале
2349 Цо къинхетам бийр бац зударех, берех. Кхузахь дог1аней, малхей хевшина, мацалла к1ез-к1езиг лечул, жимма йуьхьа т1ехь бос болччуьра, цхьана дийнахь делла д1адовлар тоьлу. Мацалла мажделла, массо п1енда т1е а баьлла шайна дуьхьал даьхкича, вукху дуьненахь вайн дайшна-м вай девзар дац.
2350 Царна ца вовзарх-м, сатуху дарий, х1уьрла1анан мехкарийн дог дог1ур дац-кх вай йакъазаршка хьовса. Нийса бохий ас, Маккхал? Делахь а, вешан йахь йухкийла ца лаьара-кх суна Аш Муша т1ехь диначо г1еххьачул сий лахдина вайн Аьрзуга айса х1ун аьр хаац
2351 Кхаш т1ера йалташ чудерзош бу туркой, эрмалой. Ловзуш лела кегий бераш. Цара чудерзо йалташ, дажо жаш оцу къахьоьгучийн ца хила а мега. И нах ахь буьйцучу элашна бецаш хила а мега. Х1етте а, ма хьогаме хьийжира со цаьрга. Къизачу 1азапан дукъ коча а дуллуш, чекхбели и бахбелла т1ом.
2352 И дукъ текхош, лай санна вехачул, мичча махка ваьлла а, маьрша вахар г1оли хетта, кхузашха схьавеа. Хьалха хьегнарг г1ан хетачу дели х1инца г1уллакх. Кхузара къаьмнаш мел 1азапехь дахкахь а, царах хьоьгу со. Шайн дай баьхначу махкахь бу-кх уьш.
2353 Алийша, х1ун бехк баьлла вайгара? Уггар ирчаниг хоьржуш, къиза г1уллакхаш дийр ду-кх ас кху махкахь кхана дуьйна Дала диканца цхьаьнатухийла вай! Ваьш дийриг цхьабарт болуш дан деза Х1ор а шена хетарг лело воьлча, х1аллакьхир ду
2354 Тарама йаьккхинчу г1овг1ано самаваьккхина Аьрзу охьахиира. Маккхала к1оргга садаьккхира. Д1акхаьчначул т1аьхьа дийнна к1ира делира сан, 1абдул-Межедна хьовха, 1ела-Пашина а т1е ца кхачалуш. Эххар 1ела-Пашина т1е а кхаьчна, цуьнца къамел хиллачул т1аьхьа, паччахьна т1евахара тхойша.
2355 Вай бахьанехь оьрсашца т1ом боло реза бац уьш. Кху сохьта шайн йукъаметтиг цкъа а ца хиллачу тайпана машаре йу, боху. Амма мацца а цкъа шайний, оьрсашний йуккъехь т1ом болалахь, шу а г1овтта, бах вайга. Х1етталц кечамбе. Берсина хьалххе дуьйна гуш хилларг дара-кх цара дуьйцург.
2356 Шайл нуьцкъала пачхьалкх дуьненахь а йац, шаьш бен вайн дола дан стаг а вац моттуьйтуш, хабарш-м дуьйцура цара. Амма пайда буй ткъа, ц1ога гуш хилча? Ткъа 1едал, бахий ахь, кхин хилча цамаггал къиза ду Цхьаннахьа а низам дац
2357 Пашанаша, мусассираша, каймакамаша шаьш бол-болчохь шайна луъург до. Адам талийна, ч1анадаьккхина. Чоьхьара хьал инзаре вуон ду. Туркойн олаллина к1ел долу къаьмнаш карзахдевлла, 1едална дуьхьало йо малхбузехьарчу керста къаьмнаша.
2358 Х1окхарна дуьхьалбевлла Баг1дадера схьа Алеппо кхаччалц болу 1аьрбий. И г1аттам Мисара баржарна кхерам бу. Туркошна дуьхьало йеш ду, боху, кхин дуккха а къаьмнаш. Мелхо а, шайн чоьхьара г1уллакхаш ваьштадало вайх пайдаэца 1алашо йолуш бу.
2359 Вайл хьалха кхуза баьхкина эдагий, х1инца вайгахь долчу хьоле а эгна, кхин к1елхьарбовла некъ ца карийна, салт бевлла. Царах вовшахтоьхна эскарш ду туркошна дуьхьало йен къаьмнаш хьоьшуш. Вуьшта, Делах а иэхь ду, боху, цара оцу малхбузерчу керста къаьмнашна т1ехь бен ницкъаш.
2360 Изза вайга а дайта ойла йу кхеран. Цхьана ханна тоьли чохь тийналла х1оьттира, наб йечу Чорас мерах йетта шок йоцург, кхин г1ара-тата йоцуш. Цхьа а б1аьстенга вер вац. Мусий, Сайдуллий гирий хьуна? Мусех паша вина, дошлойн б1аьн коьрте а х1оттош
2361 Сайдуллехь х1инца цкъа цхьа а г1уллакх дац, амма дика д1атарвелла... Кхуза кхаьчначу берх1итта эзар стагах ши эзар д1аваьлла. Дийнахь-бусий, йуккъерчу хьесапехь, б1е ле. Де дийне мел дели, совдуьйлу баларш... Хьалхалерра мацалла, махкалла, йолу цамгарш, хоршанаш.
2362 Амма адам уггар дукха хьоькхург чуьйнан цамгар йу. Кхехка а йеш, йараш йоу наха, цара ши-кхо де далале вожаво... Царах жарж а боккхуш, кегийчу берашний, цомгашчарний кочо чорпанаш ло, ткъа бисинчаьрга, шайна г1айг1а бе, аьлла ас.
2363 Лаьмнашца хьаьрса хьечаш, б1араш, кхин цхьацца эрна кхиъна стоьмаш карабо. Мехкадайн йалхошна т1е ца нислуш висинчунна х1ума карайо. «Цара х1ун дийр ду ткъа? И ший а дан ца лаахь, мацалла дала деза» Доккхахдолу к1анттий, йо11ий бен ца дисина цуьнан
2364 Ибрах1им а кхелхина. Церан ц1ийнах ца висина цхьа а... Аьрзу д1атийра. Цунна наб озийна моьттуш, охьавижа кечвелира Маккхал а, 1ела а. Амма Аьрзун наб йайнера. Йа г1енах дара а, хаац, иза. Маккхал кхийрина минот т1ех1оьттира.
2365 Вай ц1ахь доцчу йуккъехь шозза Мушана т1елетта вайнах. Цхьадика, ц1ий1анар доцуш дирзина шоззе а. Шахьарна гонахарчу лекхачу пено совцийна. Х1орш бог1ий хиъначу шахьарарчу бахархоша г1аьпнаш т1екъевлина дог1анаш тухуш. Амма пенал арахьа бехарш, талийна, ч1анабаьхна.
2366 Вер-ваккхар доцуш д1адирзина, бухарниш собаре а хилла. Цул сов, дуьхьало йан башха герз а ца хилла церан, оцу пенаш т1ехь лаьтта масех шира йоккха топ йоцург. Х1инца муха йу кхузарчу бахархошца вайн йукъаметтиг? Хьалха шаьш дечу г1оьнах а йухабевлла
2367 ... Кхузахь дахар бохург хир дац, мозий санна, леш, кхачалуш лаьтта, вешан хирг деш, леташ дала деза вай бохуш, нахе кхайкхамаш бора цхьана наха. Адам карзахдаьлча, Тарам а, Довта а царна хьалхаваьлла. Цара галдаьккхина г1уллакх.
2368 Кхузарчу 1едалан а, къаьмнийн а шайх безам баьккхина-кх. Х1инццалц догдохуьйла йара вайн цхьа мегочу лаьтта т1е ваьш охьаховшоре. Д1адели иза а. Къуй шайна йукъа ховшийла луур ма дац нахана. Делахь-дацахь а, х1инца къуй ма ду вай царна гергахь.
2369 Тешам байъина. Оьг1азвахана Аьрзу вехьаш д1атийра. Новкъа бевлларш а бу... 1аьнах девр дац. Сибрех шо даккхар г1оли йу, кхузахь де-буьйса доккхучул... Кхана суьйранна йартийн тхьамданаш а, б1аьнчаш а гулбайта... Дагадевр вай.
2370 ... Шабаршца и дешнаш а олуш, наб кхийтира Аьрзуна. Кханенан ойла йан тховса кхин ницкъ бацара цуьнгахь. Амма халла кхеттачу набарх бехира уьш тоьли чу иккхинчу жимачу к1анта. Маккхал! Дада леш воллу, довдийша Данч 1 а Мостаг1ий цистина
2371 Сан каде ва куьйгаш. Болатан буржалша. Къуьйлуш ду ва шуна. Хелхарна бохь боьг1на. Сан каде ва когаш. Болатан з1енашца. Бихкина бу шуна... Нохчийн илли. Маржа, буьйса, йа1! Ма мерза ду хьо винчу неней, винчу махкей сатийсар Лаьа иштта г1ан дахлойла
2372 Самаваьлча, мерза сатуьйсуш, цо дагахь сецадо г1енах гина и хьоме сурт. Ткъа даймохк? Уггар шена дукхайезначу хенахь 1ожалло шех къастийна нана а йицло стагана, амма бицлац Нана-Даймохк, кхолламо цунах ша мел гена ваккхарх Бицлац, дуьненахь мел дукха вахарх
2373 Маржа, даймохк, йа1! Дайн а, нанойн а нана! Хьох хаьдда, генара хьоьга сатуьйсучунна бен хаац хьан марзо Амма ма йеха, ма 1аьржа йу-кх хьо, гуьйренан буьйса, йиша-вешех а, халкъах а, махках а ваьллачунна, 1ожалло къиза кадетта доьлча
2374 ... Арахь сатосуш лаьтта, амма Данч1ина наб ца кхета. Цунна тховса цхьа тамашийна наб йог1у. Хьалха чевнаш хиллачу хенахь а 1иллира иза, тховсачух тера тамашийна ойланаш коьрте хьийзаш. Йурт йогу. Ц1еран меттанаш хьерча Данч1ин дег1ах.
2375 Т1аьхь-т1аьхьа хала хуьлу сада1а. Салташа болар хуьйцу, уьш х1инца бевдда бог1у. Данч1ас, уьш совцо г1ерташ, тур лестадо. Иза цхьаъ бен вац т1еман арахь дийна. Делла 1охкучу адамийн дог1мех ихначу ц1ийх х1иттина 1аьмнаш ду. Ц1ий т1аьхь-т1аьхьа айъало, цунна т1ехула хьийза берийн декъий.
2376 Стигала хьалахьажавеллачу цунна го, сирчу дина а хиъна, мархашлахь хьийза Аьрзу. Данч1а цуьнга кхайкха г1оьрта, амма кийрара аз ца долу. Х1оьттина ц1ий логе кхочуш лаьтта цунна. Амма салтий, шекбоцуш, т1ег1ерта. Данч1ас лесто тур кхетац цхьанне а.
2377 Аьрзу... леш воллу-кх со... Ц1еххьана цамгар ч1аг1йеллачу Данч1ина гуонаха хьийзара Хеда. Дег1ах къаста г1ертачу сино ницкъбиначу цо д1асатуьйсу меженаш сецо г1ерта иза. Маккхале чехка схьавола ала. Цкъа а цамгар х1ун йу ца хууш, могаш кхиъначу Данч1ин зоьрталчу дег1о къуьйсура 1ожаллица.
2378 Иза кхо бутт хьалхалерниг дацара. Х1етте а, цо т1аьххьара минот т1ех1отталц къийсира дахарехьа. Веттавалар лаг1делира. Маккхалг1ар чукхаьчначу хенахь иза тийна 1уьллура. Доь1учу сих Данч1а мича хьолехь ву хиъначу цушимма сихха къилбехьа верзийра иза.
2379 Маккхала, коьрте а хиъна, меллаша йеса долийра. Шу д1адаханчул т1аьхьа, к1егар хиъна, соьга весет дина, т1аккха охьавижира х1ара. Ц1еххьана веттавала вуьйли, соьга сеца а ца луш, т1аккха хар-хир долий, йуха, цкъа-шозза хьоьга а кхайкхина, д1атий-кх.
2380 ... Гена некъо ницкъ бина кхунна. Сатосуш лаьттара. Цхьацца-шишша довш, д1адайра йекхначу стигалара седарчий. Серлайаьллачу арахь гора, мархех чек10 корта а баьккхина, ирхбахана Циранкатар ломан бохь. Наггахь серлонаш къегара Муш-шахьарахь а.
2381 Дукха ца 1аш Далла г1уллакх дан керстанашка кхойкхуш декар ду килсашкара горгалеш. Амма цхьаннен а дагахь хир вац леш воллу Данч1а а, б1арзбелла гуонаха хьийза цуьнан доьзал а... Иштта дог1ур ду кханалера де а, цул т1аьхьа дог1у денош а.
2382 Данч1ас т1аьххьара а са д1алуш, бераш арадаха г1оьртира Хеда. Амма Аьрзус сацийра иза. Х1ара де ца дицден шена цо. Шайн дайн санна, декъаза дуьне доладелла берийн а. Вуолийта ахь иза. Халонаш х1инца а хьалха йу... дог1ий... хьуна.
2383 ... вайша... Оьрза-Г1ала базарахь... цхьаьнакхетар... 1алхас... дина дов... Ша ала г1ертарг чекх ца даккхаделира Данч1ега. Т1аьххьарчу дешан ах матта т1ехь йуьсуш, са д1аделира цо. Аьрзус б1аьрнег1арш т1ехьабдешшехь, Маккхала шен кисанара даьккхинчу йовлакхца ч1ениг д1айихкира цуьнан.
2384 Т1аккха, докъана т1е верта а тесна, арабевлира уьш... Чора схьаваийта. Хьой, М1аьчиггий, кешнашка а г1ой, цигахь кечам муха бу хьажа. Диъ-пхиъ дакъа цхьана коша мегар дацара-те, Маккхал? Зударий, божарий къастош Кху буьн чохь-м д1асахьовза а, хи д1адада а меттиг ма бац
2385 Айъина т1ехьа варша а даьхьна, цигахь лийчор ду вай. Хедега сихха хи дохдайта. Ишттачу денна хьажадой саба а, марчонна киса а ма хуьлура. Хаттахьа цуьнга. Доьзалехь дуьххьара веллачунна-м саба а, марчо а нисло, амма вукху мисканашна хьарчо ур-атталла морса истанг а ца кхочу чомахь.
2386 Ас, варша а валий, вешан г1уллакх дан жимма бег1ийла меттиг карайе. Берриг кечам хилла баьлча, Данч1а сийсара дийна ц1а валийначу лами т1ехь айъина варша даьхьира дакъа. Кхузахь иза сийначу г1ашца даржийначу ножан гаьннаш т1е а диллина, цунна т1ера бедарш д1айаха х1иттира уьш.
2387 Ц1ахь биначу чордачу машин тишйелла, йоманаш техкина коч-хеча т1ера д1адаьккхича, дерзина делира ткъех шеран дохалла хиллачу чевнийн моьнаша эрчадаьккхина к1айн дег1. Озачу дег1ана т1ехевшинчу п1ендарех шера къаьстара бойна биъ.
2388 Х1етахь 1оьттина дег1ах чекхбаьккхинчу цамзанан чевнийн моьнаш дара гай т1ехь а, букъа т1ехь а. Амма цунна т1ехьийза кхо стаг х1умма а цец ца вуьйлура шайна хьалха 1уьллучу чевнаша деринчу дег1ах. Дала иза къина ма лорийла сан, цхьаццаверг мезаша вийна олий, хетало.
2389 Дег1ах кортош а духкий, т1е йуьхьарх1уьттий хуьлу уьш. Ткъа можах, коьртах, пхьаьрсаш к1ел, кхечахьа хирг дайча, къина доьлхур дара шу. Зингатийн туьйлиг санна, сийсош. Цкъа цхьана стеган дег1а т1е летта уьш урс хьоькхуш охьаэгийра ас.
2390 Иштта цхьаъ лийча а вина, ц1а вирзича, йуучух а, дуьненах а догдолу. Кхин дийцахьа... Хьуна дуьйцуш а ца товриг ас муха лело деза? Сатоха ахь, 1ама хьо Тахана дуьйна хьо а хир ву суна уллохь Кхузара нах сан ненан вежарий бу-м, ца моьтту хьуна?
2391 Хьайн дог къовла ахь, Хеда, адамашна ца гуш а, т1е ца дог1уш а х1ун дуьсу?! Масане кхул ирчаниш дайна адамашна Ас масла1ат дан ца оьшу хьуна Хьо дуьнен т1е йаьлчахьана хьуна гинарш тоьур ма ду б1аьрхиш лакъо Х1ун дийр ду ткъа, Данч1а, валлах1 вара хьо дика къонах а, дика стаг а, тешаме доттаг1 а
2392 Тхуна хьалхха велла хьо-м ирс долуш вара. Тхох х1ун хир-те... Дукха къа ца хьоьгуш кечвина Данч1а цхьа сахьт хан йалале иттех стаг а, Болат а гуонаха бармахь т1аьххьарчу новкъа велира. Шаьш кешнашкара ц1а дирзича, туьпан майданахь лаьтташ масех турко а, эрмало а карийра Аьрзуг1арна.
2393 Кхелхинарш кхуза кхаьчначу хьалхарчу шина баттахь-м гонд1арчу йарташкара адамаш денна бохург санна хьошалг1ахь лаьттира туьпахь. Дуккха а доьзалшца гергарло тасаделла, вовшийн чу-каре а йара. Амма кху т1аьххьарчу баттахь йуххехула хеддера и йукъаметтигаш.
2394 Мушехь хиллачу г1уллакхах Аьрзу ц1а верзале дуьйна а вогучу Довтина ца безабелира и хьеший. Б1аьрг ма-кхийтти дог кхиира уьш стенна баьхкина. Довтина хетарг бакъдира хьешашца лаьттачуьра схьакъаьстина т1евеанчу Мовлас... Уьш х1ун дохьуш баьхкина?
2395 ... Цхьа пайда боцчу х1уманна баьхкина хир бу. Т1ебахана, салам делла, куьйгаш лоьцуш хьешашка маршалла, хьал-де хаьттира нохчаша... Аьрзу, гонд1а б1аьрг тухуш, д1асахьаьжира. Ткъа х1инца, дуург-мерг хьовха, шу к1ел даха тхов а бац-кх тхан.
2396 Кхуза бай т1е охьа ца хевшича девр дац вай. Хьешашна сийночуьра бай гайтина, уьш д1атарбелча, дуьхьал охьахевшира х1орш. Дийцал аш, бехк ца лоьцуш. Оха сема ладуг1ур ду. Туркочо, даг т1е куьг диллина, баркалле корта та1ийра.
2397 Ша азаллехь йаздинарг кхочушдан оьрсийн паччахь а хаьржина, цуьнан куьйга махках даьхна, Дала кхуза далийна шу. Йа цхьана та1зарна хир иза, йа цхьана йолана хир иза, и Далла Шена дика хуур ду. Къа ду даймахках хьоьгучун. Цундела шу кхуза кхаьчначу йуьххьехь тхешан ницкъ кхочу г1о дора оха.
2398 Ас дуьйцург 1едал дац, ткъа цхьа тхо тайпа миска нах бу. Тхаьш схьа а оьхура, шу д1а а дуьгура. Тхаьш мел къен делахь а, тхешан йолчух йоькъий, шуна йохьуш дог1ура, д1адаьхкича, кара лой а дерзадора. Тхоьгарчу бохаман дакъалеци аш.
2399 Баркалла шуна! Х1ара ши куьг гой шуна? Дера, ца дакъаделла х1орш тхешан бахамехь оха къахьегна Тхан долахь-м буйнахь схьаэца а латта дац Мехкадайн йалхой ду-кх тхо Суьйранна берашна дао пхьор хир дацара-те бохуш, дийнахь сарралц йолах деца
2400 1едало хьийзадо. Дехаш а дац, делла д1адовлуш а дац. Оцу хьолехь тхаьш доллушехь, шуьгара бала байбан а г1иртира. Турко и шен къамел мича т1е дало г1ерта хьалххе дуьйна гучу нохчийн б1аьргийн хьажар, к1ез-к1езиг охьадоьрзуш, лаьттан б1аьра дог1аделира.
2401 Веккъа цхьа Аьрзу вара, дерриг а лан сецна, церан йуьхь-дуьхьал хьоьжуш. 1едало тхуна ч1ог1а дихкина, шуна г1о дар хьовха, ур-атталла шуьца цхьа а тайпа йукъаметтиг лелор а. Кху туьпа а ма г1уо, кхузара вог1ург йарташка а ма вита, боху тхоьга.
2402 Оха и дахь, шу кхузара меттах а девлла, шайна билгалбинчу махка т1е, малхбузехьа, д1аг1ур ду, боху. Х1ор а йуьртахь биллина лаьтташ мударш бу. Йуьрта веанчу нохчочунна оха х1ума лой а, уьш чубуьгий а, тхо кхуза дог1ий а хьуьйсу.
2403 1едалан омра талхийначунна луьра та1зар до. Йетташ, г1уданаш дохуш, набахте кхуьйсуш меттигаш йина дуккха а. Х1инца хаьий шуна, тхо шайх херадовларан бахьанаш? Амма Маккхала гочдира Тараман хаттар Йа шайн карахь 1едал дерш, йа 1едалца г1уллакх дог1урш
2404 Шайн зулам гучудаккха г1оьртинарг цара доьза войур ву. Доцца аьлча, г1ийла адамаш ду-кх тхо, диканиг. Дин башх-башха хиларх, дерриг цхьана Дала кхоьллина адамаш ма ду вай. Тхо а ма дац шул т1ехдевлла дика хьоьгуш. Тхешан ницкъ кхочу г1о динера оха, х1инца а дийр дара, 1едалх дахьахьара.
2405 Тхо мисканаш ма хьийзадейша... Аьрзус парг1ат ладоьг1ура хьешийн аьрзнашка. Цаьрга хеттарш ца дора йа церан дешнаш а ца кегдора. Цара дуьйцург дерриг бакъ а, кхеташ а дара. Амма мелла а царна бехкбилла луу Тарам сих-сиха Маккхалан лере те1ара, цара дуьйцург шена гочдойтуш.
2406 Делахь а, наггахь меттиг нисло шу тайпа г1ийлачу стагана бохам беш а. Цо дуьхьало йича. Мацалла ца дала г1ерташ лела тхо. Оьрсийн паччахьо а, шун паччахьо а 1ехийна схьадалийна, кху пана махка охьатийсина, мацалла леш долчу адамашна, йолчуьнгара йаьккхина а ца йиъча, кхин некъ бац.
2407 Йа тхо кху тог1ехь, къилбехьа дирзина, охьа а дийшина, дала лаьара шуна? Маккхал, иштта д1аалал ахь цаьрга Нагахь тхан 1едалх шу латахь, шуна улло д1ах1итта реза ду тхо Къоьлла йацахь, кхин къийса х1ума дац вайн Ткъа иза, къийса а ца оьшуш, шортта йу вайн шинхьарчарна а
2408 Ахь х1уъу дийцахь а, хьолахо талийча а, тхох, мискачарах, кхета, иза вийча а, тхуна зулам долу. Нийсса аьлча, аш талораш тхо ду-кх. Мушана шу т1елетча, зулам хьанна делира? Йистошкахь бехачу къехошна Шахьара йуккъехь беха хьолахой хьабаза бисира
2409 Ткъа шаьш т1е мел кхаьчначо, дуьхьало ца йеш, шайн карарниг д1ацайаларх оьг1азло йан ца оьшу. Ша къиза къахьегна йаьккхина доьзална йохьу баьпкан йуьхк д1айаккха г1оьртича, дуьхьало йийр йу. Вайна массарна а деза-кх шен-шен бераш.
2410 Туркочун къамел чекхдаьлча, тийналла х1оьттира. Схьахетарехь, и векалш шаьш дохьуш баьхкинарг дийцина бевлира. Тхуна шух къа а хета, тхешан ницкъ кхаьчча, шуьгара бохам-балий байбан кийча а дара тхо. Амма тхан лаам, ницкъ цхьаьна баг1ац-кх.
2411 Тхан хьолахой а, 1едалан нах а шайна ма-луъу талабе, байъа. Аш динарг, лачкъадахь бен, оха 1орадоккхур дац. Тхо мисканаш ма хьийзадейша. Аьрзу хьалаг1еттира. Тхуна иэхь хоьтуьйтуш г1иллакх ма лелий. Тхо д1адаьхкича, кара а ма лора, шаьш йохьуш а ма дог1ура.
2412 Т1ех ч1ог1а г1иллакх лелий, 1едало шайна и дехккалц. Тоьур ду, баттахь, шина баттахь г1о дича, кхузара берх1итта эзар шуна кхаба т1евоьжна ма вац йа ницкъ а бац шун. Баркалла, Дела реза хуьлда шуна! Тхоьгара г1иллакхе доцурш дийлина меттигаш йу
2413 Махках даьхна, мацалло б1арздина, кхузахь лаьттачу адамашна йуккъехь собар кхачийнарш, дегнаш дарделларш бовлаза ца биси. Тхоьца лелийначу г1иллакхна баркалла ала шайн туркошна, эрмалошна, курдошна. Тхоьгара х1инццалц дийлинчу зуламашна къинт1ерадовла, ала.
2414 И т1аьххьарлера даккхий талораш тхо цхьадерш ц1ахь доцуш лилхина. Таханчул т1аьхьа уьш а совцур ду. Кху цхьана иттех дийнахь кхузара д1адовла хьовсур ду. Ойла иштта йу, амма Дела х1ун кечдина 1аш ву хаац. Х1ан, шу чудига х1усамаш а, хьошалла дан ницкъ а бац тхан.
2415 Схьало шайн куьйгаш. Дан шайна луъург де. Дала аьтто бойла шун! Тахана 1уьйранна Мовлица уьйт1а веанчу цхьана ц1онтарочо кехат кховдийра М1аьчиге Кхид1а динчу хеттарех М1аьчигна хиира и ц1онтаро кхелхачех т1аьххьара кхуза кхаьчначу тобанца веанийла
2416 Цаьршиннах д1а ма-къаьсттинехь, Маккхал волчу д1ахьаьдира М1аьчиг, амма велла 1уьллучу Данч1ина гуонаха хьийза уьш х1окхуьнан кехат деша кхуьучохь бацара. Кешнашкара шаьш ц1а дог1уш Маккхал цхьа масех минотана т1аь-хьасацийра М1аьчига.
2417 Деалха тоьхна кехат даржийна, хозуьйтуш деша вуьйлира Маккхал: «Делера шапа1ат хуьлда хьуна, тхоьгара салам-маршалла ду хьоьга, сан хьомсара ваша М1аьчиг. Тхоьгара салам-маршалла, до1а-весет ду вежаршка Аьрзуга, Маккхале, Чоре, 1еле, йише Зазуга, вайн берашка.
2418 ... Ва амма, шуьгара кхочуш кост дац, шу дели а, диси а хаац тхуна. Шух х1ун хили-те, могаш-маьрша д1акхечин шу, д1адахале кхузахь шуьга ма-дуьйццу дика нисделин-те шун г1уллакх? Т1аккха, дукха сагатдой Зазус, Зарус, Коьрас? Ибрах1иман доьзалш мича хьолехь бу?
2419 Шуьгара хьал хиъча, боккха синтем хир бара тхуна...». Кхузахь лаьттах йаханчу х1усамненан а, берийн а ц1ераш йаьхча, хорам хилла къурдаш биначу М1аьчиган логан бакъабелла шад шозза-кхузза хьала-охьа бахара ваьштта. «Кхузара хьал шуна хаа лаахь, кху беа баттахь хийцаделла х1ума дац.
2420 Дено-дено ницкъ бар бен, 1едало йеш парг1ато йац тхуна. Лакханехьара масех йурт т1аьхьа а х1оьттина, имам ваьллера Хорачуьра Акхмирзин Тоза. Цхьа масех дийнахь бохий уьш, дикка нах лецна д1абигна. Берриг нах, хьалха санна, цхьа а г1уллакх кара ца дог1уш 1аш бу.
2421 Цигахь шу дика д1атарделлийла хиъча, т1аьхьа а г1оьртур болуш, шун г1уллакх галдаьллехь, кхузара меттах ца бовла лийр а болуш. Ткъа сох дерг аьлча, сан ойла йац кху йуьртара д1авала. Царна хьалхара асар даьккхина ас. Керт-кевнна са ма гатде, гонахара керташ къевлина ас.
2422 Денна воьдуш, кертахула хьаьвза. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла хьо ц1а верзахь, и дерриг хьуна оьшур ду. Гурале ц1а ца ваг1ахь, хьаьжк1аш доьрчаш чу д1айерзор йу ас. Чорин а, 1елин а доьзалш могаш бу, цомгаш к1елвиснарг вац. Кхин дийца керла х1ума дац.
2423 Шайгара хьал-де йазде. Тхоьгара а, кху махкера а салам-маршалла луо вайн бевза-безаршка, йуьртахошка. Шу гаре сатуьйсуш, шуна воьлхуш вуьсу. Гати-Юьртара Лапин Васал». Дешна чекхдаьккхина кехат йуха деалха а тоьхна, М1аьчиге д1акховдийра Маккхала.
2424 Кхузахь дерг хаахьара-м, иза дог иккхина лийр вара. М1аьчиг вист ца хуьлура. Сихбелла хьала-охьа лела цуьнан логан шад тергалбелира Маккхална...». Аш ла ца дуьйг1ира-кх, М1аьчиг. Амма хилла даьлларг нислур дац, вай ч1е1арх. Вало!
2425 ... М1аьчига корта ластийра. Со жимма сада1а соцу. Маккхал д1авахча, хин тог1ин лекхачу бердан йисте а вахана, охьахиира М1аьчиг. Кхузахь паргг1ат ойла йан. Д1адахнарш дагалеца. Кханенан ойла йан. Четара схьадаьккхина кехат даржа а дина, вехха хьийжира иза оцу т1ерачу ч1агаречу йозанашка, хьаьркашка.
2426 Ков къевлина даьсса лаьтта шен ков-керт. Хезара Васалан аз а. Цхьацца аьзнаш нийса ца алалахь а, цо шерачу нохчийн маттахь ден хьехаме, доглазаме, бехкаме къамел. Цхьа хан йаьлча, М1аьчиган ойланаш, хьаьвззина йаьхкина, Данч1ина т1ехь севцира.
2427 Цо т1аьххьара аьллачу дешнашна т1ехь. Чекхдовллалц ца аладеллачу. «М1аьчиг, дагадог1ий хьуна...». М1аьчиган кхоьлина б1аьргаш Муш-шахьарна т1ехула д1а Сэв-Саран раьг1нийн баххьашна т1ебоьг1на дара. Х1аъ, дагадог1у, дера-кх. М1аьчиг-х веанерий, шен лаамехь хьовха, доьзалан а бертаза.
2428 Цо нуьцкъала баьккхинера шен доьзал ц1ийнах а, махках а. Кхуза жоьжахате... Йелла цуьнан йоккха стаг а, диъ бер а. Шаьш кертара довлучу хенахь Зазун къаьхьа йелхар, жимачу йоь1ан баьлла шийла мохь хаддаза лерехь бу М1аьчигна.
2429 Амма доллучул а цуьнан дог огу тийна чекхйолуш йоллучу Зарус а, массарех а къехкаш, даим ойлане, дог1анна йазйелла марха санна, кхоьлина лелачу Коьрас а. Цаьршимма схьа ца алахь а, М1аьчигна ма хаьа церан дагара. Бакъ ма ду и шиъ: М1аьчиг ву дерригена а бехке.
2430 Цуьнан омранца баьхкина уьш кхуза. 1аьнан оцу шийлачу буса, чохь т1уьна гуьйриг сийсачу товхи хьалха гоьл т1е ког баьккхина, цо аьллачу цхьана дашо кху хийрачу мехкан лаьттах доьллина и пхи адам. Дийна дисинчу кхааннах х1ун хир а хаац.
2431 ... Мискачу М1аьчигна шаьш кхааннах хиндерг ца хаьара, амма кхелхинчу пхи эзар доьзалан кхолламах дерг х1инца а къастоза йара ший а правительство. «Эрзерумски велига, Императорски комиссаре инарле Нусрет-пашега. Господин комиссар!
2432 ... Суна хиъна, эмиграце баьхкинчу нохчех цхьа дакъа Ванехь а, Мушехь а, Джиджехь а совцо шун ойла хилар. Нохчий цига баха ховшор нийсса дуьхьал ду лоьруш йолчу вайн правительствоша биначу бартан статьяна. Эрзеруме кхаьчначу партех цхьа а цигара меттах ца йаьллийла а хоуьйту ас Хьан Сийлалле.
2433 Дехар ду Хьайга сан даггара лерам д1аэцар. Оьрсийн комиссар. Капитан Зеленый. 24 июль 1865 шо. Карс». «Цуьнан Воккхаллин Йерриг Россин Императорски комиссаре, Штабан капитане Александр Зеленыйга. Господин комиссар! Хьан пурбанца ас ц1ераш йоху церан: Батум, Шильдир, Карс, Баязет
2434 Оцу барта т1ехь цхьа а дош дац Оттоманан Империна чоьхьарчу Азиатски декъа т1ера кхин провинцеш хьахош аьлла, цундела хьо цецвийла ца оьшу айса деллачу омранна т1ехь со сецарх. Карти т1е хьаьжча, Хьо тешар ву сан инструкци т1ехь нохчашна билгалйина меттигаш Кавказан дозанна вуно гена хиларх.
2435 Со тешна ву, господин комиссар, ас йина билгалонаш доггах т1е а эцна, царах лаьцна хаийта деззачу ахь д1ахоуьйтург хиларх. Императорски комиссар, инарла Нусрет. 25 июль 1865 шо. Карс». «Кавказски Эскарийн инарла-квартимейстеран декхарш кхочушдечу полковнике Богусловскийга.
2436 Вайн векалний, 1ела-Пашиний йуккъехь хилла барт ларбаран дуьхьа, ас цуьнга дийхира цуьнгарчу инструкцица нохчий мичахь ховшо ойла йу дийцар. Суна д1ахаийта лаьа цо барта дуьйцург а, официальни жоп а цхьаьнадог1уш цахилар...».
2437 Б. 1. е шолг1а буьйса. Масане к1ант лиэла. Кху лаьмнийн ч1ажашца, Мацалло б1арзвина, Шелоно гатвина. Х1ун бала бу-техьа. Ва цаьрга боьссинарг? Х1ун г1айг1а йу-техьа Уьш б1аьрза б1арзбинарг? Нохчийн илли Туьпа йуккъехь йитина цхьа урд хиллал майда йара т1ехь сийна бай болуш
2438 Кхузахь йацара цхьа а тоьла а, бун а. Кхузахула д1аса адам ца долура йа дийнахь а, йа буса а. Ламазна х1уттуш, схьадоккхий чоа, г1овтал тосура к1ел, уьш йоцург беккъа бай т1е х1уттура. Кхуза гуллора туьпан тхьамданаш кхеташоне а, кхиэле а.
2439 Маьрк1ажан ламазаш дина, оцу майдана гулбелира нах тховса. Царал сов, кхуза веана хьалхарчу маг1аршка охьахиъна вара кхин а пхийтта. Турцех кхаьчначу хьалхарчу баттахь Аьрзуна хиира, адам цхьана низаме ца далийча, бажа санна, хецна дитича, цара шайна а, меттигерчу бахархошна а зуламаш дийр дуйла.
2440 Иза хилла а 1ийр дацара. Цхьа барт, цхьа 1едал ца хилча, кхузахь даьржина лелар дара адам. Т1ете1ачу ницкъана дуьхьалбаккха ницкъ оьшура. Цул сов, оцу берх1итта эзар адамах дег1ехь ницкъ 1алашбеллачу божарех эскар кхоьллира цо.
2441 Уьш пхи эзар ву. Цаьргахула латтадора цо туьпахь низам. Тховса тайпанийн тхьамданашца цо кхуза кхайкхинера шен эзарчаш а, пхиб1енчаш а. Хевшина1ачийн йаххьаш халла къаьстара х1етта лома т1ехула г1еттинчу беттан серлонехь. Хьаьрсий, 1аьржий, сирий.
2442 Оьг1азе, кхоьлина, ойлане. Царах х1оранна а хаьа баьччано шаьш кхуза х1унда гулдина. Х1ор а веана ц1ахь буьсучех дага а ваьлла, цунна жоп кечдина. Амма веккъа цхьа Тарам ву царах синтем байна хьийзарг. Кхузарчу 1едало вайна къастийна мохк стага диэзар иэца мегаш бац.
2443 Хи а дац, хьаннаш а йац. Мокха, даьсса, йокъане гунаш. Дийна йалта а цигахь кхуьур дац. Даьхний лело дежийлаш а цигахь йац. Цхьа а ц1а дац цигахь, вайна хьовха, атталла шайна дина а. Вешан токхечу махкахь даьхначу вайн мохк бац иза.
2444 Мацаллой, махкаллой х1аллакдийр ду. Аш х1ун олу? Нахана йуккъера хьалг1еттира Шелара Довта Вай-м оцу Диарбекирера даьсса гунаш хьехадо, кхузахь уггар тоьллачу махка т1е шаьш ховшийча а, совца резабоцурш а бу Иза ду тхуна массарна а луург
2445 Шина а куьйга корта а лаьцна, ладоьг1ура Аьрзус наха дуьйцучуьнга. Дерриг цо биначу сацамна т1едог1ура. Амма... Амма туркоша вай д1а а хоьцур дац, йа оьрсаша йуха дозанал дехьа а довлуьйтур дац. Изза де вайна т1е а х1уттур ду.
2446 Моьттур дац, иза Муьше хиъна 1аш ву. Вай йаздина, камсарна т1едаьхьча, цо Уьстамаларчу шен векале а делла, иза Петарбухе дахьийтина, цигара жоп дале, шо дер ду. Цул сов, со тешна вац, оьрсийн паччахьо вайна ц1ехьа дерза бакъо лург хиларх.
2447 Шуна ма-хаъара, схьакхалха пашпурт караэцнарг а ц1ахь ца витира цара. Лаахь а, ца лаахь а махках вала, элира. Оцу аг1онах догдилла деза. Вай дича ден дерг х1ун ду аьлча, оцу оьрсийн камсаре а, Нусрет-паше а кху меттигашка д1атарде, ца тардахь, тхо тхайн ц1а доьлху, алар ду.
2448 Шуна х1ун аьлла хета? Нахана ц1а берза лаьа Кхузахь шаьш делла кхачадалале Амма сихо йан йеза Х1инца новкъа девлча, валаза виснарг 1а долале даймахка д1акхочур ву Амма новкъадовлар а, ц1адерзар а цхьана дийнахь нислур дац вайн
2449 Схьадог1уш санна, тобанашка а декъаделла, новкъа довла дезар ду. Сийсара ц1а ма-кхеччинехь, суна хезначу цхьана хабаро дог дохийна сан. Хьалха 1ачу нехан кортош охьадахара. Вайн къомах ца ваьлла лай. Шен гайн т1ингар йузорхьама, къоман сий духку стаг нажжаз вина вай.
2450 Дикане кхаьчча, кура а ца бийлла вайн дай, бохам т1ебеъча, ч1е1аш а ца хилла. Мацалла а лайна, 1ожаллина хьалха нисбелча а, б1аьрнег1ар а ца тоьхна. Наха Мушахь диначу талораша иэхь дина вайн къомана. Кху туьпарчара шаьш, шайн кхоллам кара а белла, шайн баьчча вина хьалхатеттина со.
2451 Туьпахь низам ца латтийча, адам шайн лаамехь хецна дитича, х1аллакьхир ду. Низам талхо бакъо йац вайх цхьаннен а. Мушехь вайнаха диначунна уггар хьалха бехке бу эзарнчаш. Ас цаьрга жоп доьху. Кхеташхой тийна 1ара оцу пхеа стаге ладоьг1на.
2452 Ткъа уьш, бист ца хуьлуш, къайллаха вовшашка хьуьйсура. Веаннен а хьажар Тарамна т1ехь соьцура. Ткъа Тарам шек а вацара. Цкъацкъа велавала догдог1ура, т1аккха ц1еххьана оьг1азалла йуссура. Низам а хьехадо. Г1иллакх, оьздангалла а хьехайо.
2453 Уьш хуьлуш ма дац буьзна хьерабевллачу а, мацалла леш бохкучу а нахана йуккъехь. Уллохь лаьттачу буьнахь г1овг1анаш йевлира. Оцу чуьра арадевлла бераш, доьлхуш, г1ийла узарш деш, буьна хьалха севцира. Царалахь воккхахволу к1ант кегийчарна масла1ат дан г1ертара.
2454 Цхьа-ши де дара церан да ч1ог1а волу. Схьахетарехь, иза д1аваьллера х1инцца. Тарам хьалаг1еттира. И барт оха кхеташонехь бина... Да велла, цуьнан докъаца 1ен ца даьхьна, арадевлла, доьлхуш лаьтта уьш. Иштта байш б1еннаш ду кху туьпахь.
2455 Адам мацалла леш ду. Дийнахь-бусий б1е ле. Д1адохка ца кхиош, доьрчий санна, дестий, декъий шина-кхаа дийне довлуш меттигаш а хуьлу. Делан а, нехан а г1оьнах хаьддачу адамийн дегнаш дарделла. Адамаш мацалла ца дала г1ерта. Уьш шайн дегнаш 1або г1ерта.
2456 Х1аъ, уьш Мушана т1елетта, цара цигахь талораш а дина. Цара талораш до гонд1арчу йарташкахь а, некъашкахь а. Шайна дуьхьалойинарг цара а воь, шайн аьтто баьлча, кхузарчу бахархоша уьш а бойъу. Адам карзахдаьлла, Аьрзу. Уьш низаме дало боккха ницкъ оьшу.
2457 Нах тхайн бертаза Мушана т1ебоьлхучу даьлча, вовшех дага а девлла, хуьлуш дерг цхьана низаме мукъана а дерзаде вай аьлла, царна хьалхадевлла тхо. Тхан бехк бу аьлла хьайна хетахь, луъу та1зар тхуна дан бакъо йу-кх хьан! Тараме ала х1умма а дацара Аьрзун
2458 Иза бакълоьра. Амма адам хецна дита йиш йац-кх. Бажа санна. Къаьсттина кху халчу муьрехь ч1ог1а 1едал деза царна т1ехь. Кху кийсакехь къаьсттина барт, низам оьшу вайна. Талорашдар дитийта деза. Туьпахь низам х1оттаде. Йуханехьа новкъа ца довлахь, кхин некъ бац вайна к1елхьардовла.
2459 И некъ хала хир бу. Цомгаш к1елдисина адамаш дукха ду вайн. Уьш д1атуьйсийла йац. Оцу бехачу новкъахь нахана даа рицкъа оьшу. Иза дац вайн. Нах талораш дан г1ертар бу. Уьш совцо беза вай. Туркоша д1ахоьцур дац вай, оьрсаша а дозанал дехьадовлуьйтур дац.
2460 Оцу шинахьарчаьрца машар лаха а, цахуьлучу далахь, ц1ий 1ано а дезар ду вайн. Т1ехула т1е, дерриг адам цхьана дийнахь новкъа доккхуьйла а хир йац. Масех тобане а декъаделла, новкъа довла деза. Х1ор а тобанца пхиппа б1е т1емало а, царна коьртехь собаре, майра, т1амна говза къонахий а хила беза.
2461 Нахана луучунна т1е а тайна, хьалхавуьйлучех баьчча хир вац. Дерриг ца тору нахана луург а. Аш динарг уггар луьра та1зар дог1уш зулам ду. Х1оьттина хьал а, шун хилла барт а тидаме а эцна, оцу та1зарх хьалхадуьту ас шу. Маккхал, хьоьга ло ас Тараман эзар т1емало.
2462 Чора, хьо Довтин метта х1оттаво. Ц1а дерза сацам т1еэцна девлла вай. Кхид1а дан дезачу т1ехь шух дагавийлар к1езиг хир ду сан. Соьгара пурба доцуш шен лаамехь г1уллакх диначу стагана сайн куьйга та1зар дийр ду ас. Туьпахь низам латто суна б1е т1емало оьшу.
2463 Чора, хьайн эзарнах и б1е стаг а, царна коьрте х1отто цхьа тешаме б1енча а къаставе суна. Бен боьхна арадевлла бераш, йоккхахйолчу йо1ана гуонаха хьаьрчина, д1атийра. К1ант вацара гуш. Схьахетарехь, иза ден докъана уллохь буьйса йаккха чуваханера.
2464 Геннахь говрийи бергийн тата делира. Т1аьхь-т1аьхьа гергаг1ертара иза. Дукха хан йалале майданахь гучуваьлла бере, говр ца сацош охьа а иккхина, урх нуьйран х1оьах тесна, чехка т1евеана, салам делла, Аьрзуна хьалха х1оьттира.
2465 Цуьнца кхо эзар дошло ву. Кхана туьпа ван ойла йу цуьнан... Нах Диарбекире д1ахьовсо... Хьайн накъосташна т1е д1аг1о. Б1аьрг сирла, лерг сема хила. Ха стамдийр ду тховса. Ишар хуьйцу вай. «Лаьмнаш кхойкху». Кхерам хаабелла кхеташонера нах, Аьрзун даше ладоьг1на, севцира.
2466 Аьрзу, хьала а г1еттина, нахана хьалхахула д1асаволавелира. Нагахь уьш нуьцкъала вай д1адаха г1ортахь? Х1ун дан лаьа шуна? Тхо цхьадерш-м летар ду Йа, сайца цхьа масех стаг лехна, обарг вер ву Йуккъера г1еттина Довта цхьа-ши г1улч хьалхавелира
2467 Ша галдаьлла г1уллакх ду вайниг. Цкъа кога к1ел г1ахь, х1окху туркоша, корта айъа ца дуьтуш, делла д1адовллалц хьийзор ду вай. Вай-м хьовха, нагахь дийна йисахь, вайн т1аьхьенаш а. Суна хетарехь, ваьш дийна а долуш, туркошна хьалха а девлла, цига доьлхучул, летта далар г1оли хета суна.
2468 ... Дахдина х1ун до. Хьайн сацам схьабийца, Аьрзу. Волавелла лела Аьрзу, саца а сецна, нахана т1евог1авелира. Т1аьххьара минот т1ех1отталц, г1уллакх машаре дуьйцур вай. Амма, вайн дехарш йуха а тоьхна, и туркой нуьцкъаха вай кхузара д1адаха г1ортахь, дуьхьало йан лаьа-кх шуна?
2469 ... Хина тиллинчу доккхачу т1айх сехьабаьлла некъ шина лома йуккъехула схьабог1у. Шина а аг1ор хьаннаш йу. Хьун йу т1айл дехьахь рег1аца а. Нагахь вели шен эскарца схьаваг1ахь, иза туьпахь т1еэца гатте йу. Зударий, бераш, цомгашниш а кхерамна к1ел буьсу.
2470 Суна хетарехь, вели а, цуьнан эскарш а кешнашна дехьа, лома к1ел, шерачу арахь т1еэца беза. Г1айракх, маса говр йу туьпахь? Г1ийланиш цхьаьна йагарйича Дикка белла, цомгашниш а бу Х1етте а, кегийраш а йукъаозийча, пхи эзар б1аьхо тарлур ву
2471 Цхьана к1иранах т1ом бан х1оъ-молха а ду вайн. Аьрзус жимма ойла йира. Вели вай т1еоьцу волчу ара, пхиппа б1е нисвеш, цхьаъ-ах эзар дошло д1ах1оттаве. Уггар тоьлла говраш, андий дошлой хьалха а, аг1онашца а х1иттош. Ледара говраш, г1ийло б1аьхой йуккъе а, т1ехьа а нисбеш.
2472 Царна т1е хьо х1оттаво, Чора. Оцу ара, хьуьнан йистаца, пхи б1е г1ашло а х1оттаве. Царна т1ехь куьйгалла хьуна т1е дуьллу, Мовла. Хьо, Довта, уггар дикачу говрашкахь уггар говза кхо б1е дошло эций, кешнашна сехьарчу хьуьн чохь к1елонна хаа.
2473 Т1айл сехьа ма-велли болу боьра пхи б1е дошлочуьнца ахь д1алаца, Г1айракх. Хьайн б1аьхошца, Тарам, т1ай т1ера схьа некъан ший а аг1о ахь д1алаца. Къосам, бисинчу нахаца туп хьох тешийна йуьту. Зударий, бераш арадахий, ц1ано йайта.
2474 Х1ораммо а, вайна йуккъехь з1е латто, шишша стаг а къаставе суна. Нагахь туркоша цхьана стагана муьшка йахь, йуханехьа тоха. Т1ом болало-кх, уггар хьалха церан йаккхий тоьпаш схьа а лаций, царна шайна т1ейерзайе. 1уьйранна ас айса толлур ду аш эскарш д1а муха нисдина.
2475 Дийцаршдар Маккхална т1едуьллу. Варийлаш, доха ма дохалаш. Далар бен, кхин хила х1ума дац... Туркойн йуьрта воьлла Соип, готтачу гомачу урамехула хьала а ваьлла, йоккхачу беша маь11е кхаьчча, сихха йуьстаха а иккхина, цициг санна, керта улло д1атебира.
2476 Тахана суьйранна талламе веанчу цо билгалйинера и беш а, цунна гуонахара т1ехула к1охцалийн коьллаш тоьхна т1улгийн лекха барол а. Оцу баролал чоьхьа йара кемсийн беш. Кхузахь, Соип сецначохь, барола т1ехула йехкина коьллаш ледаро йара.
2477 Соипа сема ладоьг1ура. Йижаза йара йурт х1инца а. Наггахь цунна уллохула т1ехволура коьрта тиллина к1ужал йолу ц1ен пес а, йеха коч а, шуьйра когаш болу шарбал а т1ехь стаг, йуьхь къовлуш коьртах хьарчийна 1аьржа, даккхий корталеш долу зударий.
2478 Г1аш а, варрашца а. Серло йогура беш йолчун ц1еношкахь. Схьахетарехь, царна чохь вехарг хьалдолуш стаг вара. Цуьнан санна, дика а, даккхий а ц1енош дацара оцу йуьртахь. Кемсаш-м кхечу бошмашкахь а йара, амма, ц1а чуьра арахьаьжча, массо маь1иг гур йолуш а, кегий а.
2479 Уллохула цхьаъ т1ех масазза вели, беша эккха кечлора Соип. Амма т1аьххье кхин тата долура. Сагатдора луларчу кертахь летачу ж1аьло а. Чиркх санна, серлабаьлла т1ехьоьжура бутт. Бацала боьжна маха а карор болуш. Цхьа хан йаьхьира Соипа цуьнга хьоьжуш.
2480 Шелахь кхетачунна санна, г1аж буйнахь жа1у вара цунна т1ехь а. Т1аьхь-т1аьхьа серлайуьйлура Чухчахьера а. Дала шайт1анна кхоьссина седа а, дехачу ц1оганца къага а къегина, т1епаза байра. Йуха а хьаьвззина хьалхах1оьттира ненан сурт.
2481 Цуьнан оза йуьхь, чуэгна б1аьргаш, буткъбелла мара, дакъаделла, т1ехь ц1еллех х1ума доцу балдаш, сихдинна доь1у са... И дош дара Соипна т1аьххьара хезнарг. Уьш ца кхоллуш иза йаларна кхоьрура Соип. Т1аккха ша велла д1аваллалц дагахьбаллам хир бу цунна.
2482 ... Тахана кху йуьртах чекхвелира иза, цхьамма кемсийн хорха кховдоре догдохуш. Цхьаммо а ца кховдийра. Биэха иэхь хетара Соипна, ткъа х1окхо х1ун леладо кхузарчу адамашна а ца хаьара. Соипа сема ладуьйг1ира гуонаха. Летачуьра сеццера лулара ж1аьла.
2483 Тата дацара новкъахь. Шен йукъахара ден шаьлта хецна схьайолий хьажа, баттара хьала а озийна, йуха чу а теттина, хьалаг1еттира иза. Цициг санна, кхоссавелла готтачу некъах дехьа а иккхина, цхьана минотехь ладуьйг1ира цо. Тийна дара.
2484 Т1аккха каде баролах хьалатасавелира иза. Ницкъ иэшначу пхьаьрсаша ца лара дег1. Халла барола т1е а ваьлла, йуха а ладуьйг1ира цо. Амма хезаш х1умма а дацара, сахьто санна, цуьнан жимачу даго детталуш ден татанаш бен. Цхьа минот йалале беша тилира Соип.
2485 Сийна тхов бина лаьттачу дитташ к1ел 1аьржа бода бара, б1аьрга 1оьттина п1елг гур боцуш. Боданах шен б1аьргаш боллалц а 1ийна, баттара йаьккхина шаьлта аьтту буйна а лаьцна, хьалхахьа д1аволавелира иза. Бешахь хехо-м вара. Иштта-м ца хила а мегара иза.
2486 Ткъа церан майралла, б1арзбеллачу цаьрга йоьссина оьг1азалла! Бехк, дера, бац воккхачу стеган-м кхераваларх Шайна дуьхьалойинарг, тухий, охьавуьллу цара Иза бешан цхьана маь11ера вукху маь11е кхачале, шайна луъург дийр ду къуйша
2487 Бакъду, и къолаш цхьа Нияз-бей санначу таронаш йолчарна до цара дукха хьолахь. Шозза къола дича, кхеравеллачу Нияз-бейс кхин цхьа хехо а х1оттийра. Туька 1алашйан. Шингге тиша тоьпаш а йелира. Мацах оьрсашца т1ом болуш карайаьхкина, деш дезар доцуш хьешан ц1а чохь пенах кхазош йолу.
2488 Туьканан хехо Юсуф-боба, шен топ пхьаьрса к1ел лаьцна, волавелла лелаш карийна, йуха керта веана Нияз-бей, дихкинчуьра жен-ж1аьла схьа а даьстина, цуьнан коча тесна бахтар буйна а лаьцна, беша велира. Ж1аьла д1а а хецна, кемсашна г1ортийна хьокха катоьхна схьа а баьккхина, т1ехьаьдира Нияз-бей.
2489 Х1етта ша баьккхина ши кан дерзинчу дег1а т1е дуьйхинчу чоин чета а та1ийна, кхозлаг1чунна т1е куьг хьош воллучу Соипна шена ткъех г1улч генахь стаг гира хьалхадаьккхина, борз санна, ж1аьла а долуш. Царах б1аьрг ма-кхийттинехь д1аиккхина Соип ша сехьаваьллачу кевнехьа д1ахьаьдира.
2490 Д1аводдушехь цхьана г1орторах йуьхь кхеттачу цуьнан б1аьргех суйнаш тесира. Атайеллачу кемсийн мутт дег1а т1ехула охьадоладелира. Амма Соип д1ауьдура. Г1орторех тийсалуш. Са масазза до1у, гергаг1ертара т1аьхьауьдучу ж1аьлин дера г1овг1а.
2491 Соип, баролна т1екхаьчна, хьалатасавелча т1екхеттачу ж1аьло, пхьид йолччуьра ност лаьцна, охьавожийра. Ност д1а а хецна, ж1аьла шуьйра бага а г1аттийна, къамкъарг лаца чукхоссаделча, шен берриг ницкъ гулбина, деган 1айге шаьлта йахийтира цо.
2492 Ж1аьла, г1ийла 1анц1 дина, охьа а доьжна, мийраш а хьаькхна, д1атийра. Сихха схьайаьккхина шаьлта батта а йоьллина, чирах хьалатасавелира Соип. Амма ж1аьлин к1омсарш йаханчу настаро аьллар ца дора. Ша тилавеллийла хиъна Соип, йуха а ваьлла, д1асахьаьжира.
2493 Ков аьтту аг1орхьа дара. Г1ог1 текхош, цигахьа д1ахьаьдда иза цхьана ч1ог1ачу куьйго вортанна т1ера д1алецира. Хаьара, х1инца виэн ца вехь а, лечу хьола т1е валлалц шена йеттар йуйла. Иштта лецна бераш дойъий йа, йеттий, эрчадохий карадора.
2494 Валарх а, йеттарх-м а ца кхоьрура Соип. Цул т1аьхьа нанас х1ун дийр ду? Иза-х йалла йоллу Метта к1егар ца хаало Цунна хи дала а, ц1ано йайта а стаг ма хир вац Ц1еххьана тохавелла, туркочун карара а ваьлла, акха цициг санна, дера шаьлтанца чукхоссавала кийчча, баролах букъ тоьхна, д1ах1оьттира Соип
2495 Нияз-бейс шена тоха хьокха айъича, шаьлта ластийра кхуо. Амма иза цо дуьхьаллаьцначу хьокханах кхийтира, Соипан пхьаьрсе зуз хьодуьйтуш. Йуха шаьлта ласто кхиале, коьртах кхеттачу хьокхано вожийра... Оццул нисделла ж1аьла. Не1алт хиларан карах дели-кх.
2496 У, атабсыз ит оглы! Узун-бобина х1инцца бен ца гира иза Узун-боба, ларлуш т1е а вахана, шен беха букъ саттийна, к1антана т1е охьатаь1ира К1ант меттах ца хьара Д1а1оьттина куьг т1уьначу чоьшна йукъа дахара Кагйинчу коьртан туьтанах чу куьг диллал йоккха чов йара
2497 Узун-бобас меллаша карчийна аркъалваьккхира к1ант. Озачу йуьхьа т1ера цуьнга хьуьйсура, ангали санна, х1иттина кегий б1аьргаш. Некха т1е лерг диллина, лазийначо садо1ийла хьаьжира Узун-боба. Ца до1ура. Д1а меттахъхьадича, дег1а чуьра са д1адаьллийла хиира цунна.
2498 Узун-бобин къамкъарге шад х1оьттира. Къеначу б1аьргаш чохь гулделла хиш, лешаш, халонаша аьхначу йуьхьа т1ехула охьадуьйладелира. Оцу минотехь цунна хьалхах1оьттира цуьнан хенара шен к1ентан к1ант. И санна, жима, оза. Хьенан, стенан дуьхьа?
2499 Къеначу Узун-бобина-м ца оьшура и т1ом. Цунна-м б1аьрга а ма ца гинера и оьрсий. Йа Узун-бобин а, йа цуьнан к1ентан а ма дацара цаьрца декъа а, даккха а х1ума. Соьга мохь х1унда ца тохара ахь, Узун-боба, кемсаш лохьа суна аьлла?
2500 Ас лун йарий хьуна уьш, кху хьакханах лачкъийна. Ши куьг лехна вуьсийла хьуна тоьхнарг...»... Мел дика хир дара, уьш массо а иштта велла 1иллахьара. Вало, чехкка г1ой, Юсуфе схьакхайкхал! Къена Узун-боба, шен дагахь кхунна не1алт а кхайкхош, букархьаьвзина, бодашкахь къайлавелира
2501 Ша барта х1уъу дийцахь а, кхеравеллачу Нияз-бейн дог а дара к1илло детталуш. Масаннех цара бекхам иэцна меттигаш йу. Цхьа сацам т1еэца ойла йеш, схьавеанчу шина воккхачу стаге вист ца хуьлуш, вехха лаьттира иза. 1уьйранна сан ж1аьла лаьттах а долла.
2502 ... Баккхий нах бист ца хуьлуш лаьттара. Вай санна, бусалба адам ма ду и миска... Д1акхуссучул, тховса, цхьанне а ца хоуьйтуш, бусалба динехь лаьттах воьллича... Суна-м бен дац, к1елхьарвала некъ бу. Сан бахам 1алашбеш ши хехо ву, суна х1умма ца хаьа аьлчахьана волу.
2503 Ткъа ашшимма х1ун эр ду? Х1уъу аьлча а, шуьшиннах мила тешар ву? Къена ши вир! Суна х1умма ца хаьа, со, наб кхетта, меттахь 1уьллуш вара! Нияз-бей д1авахча, лохха къамел долийра баккхийчу наха Хьуна х1ун хета? Буьйса йоца ма йу
2504 Ас, вахана, бел, з1окберг йохьу, ткъа ахь лами ба. Кху бешахь стоьмаш к1ел х1оттош жима лами ма хуьлура шун. Т1аккха, Соипна т1е а вахана, голаш т1е охьалахвелира иза... Х1усамдай чохь 1ен ц1а нохчеха кечдина дара. Пенех диттина кузаш, царна т1ехула оьхкина герзаш.
2505 Поппаран маьнгин цхьана маь11ехь пенаца хьалабоьттина мотт-г1айба. Не1арехь лаьттачу дехачу г1анта т1е х1оттийна шиъ ц1естан к1удал, царна т1ехула пенах оьллина кхо ког болу ц1естан горга шун... Къоначу зудчо, хьала а г1еттина, схьа а эцна, хедар шена хьалха деара.
2506 Воккхачу стагехьа букъ берзийна, г1ийла нох дохуш, ши дакъа а диъна, бертал т1е кад биллина, хедар терхи т1е х1оттийра цо. Вайшиъ доцург, иза даа стаг а вац. Хьайна деззарг даа, хьайна деззарг т1едуха. Эсет цецйуьйлура кху т1аьххьарчу хенахь марвешин шеца йолу йукъаметтиг ц1еххьана хийцайаларх.
2507 Цунна вевзичхьана, виллина, лом санна, дера вара иза. Шен доьзалца а, йуьртарчу адамашца а. Ткъа х1инца, чуьха санна, эсала ву. Хьанна хаьа, зуда а йелла, к1ант туркойн эскаре а вахана, йуьртахойх а къаьстина, кху туркойн йуьртахь цхьа висча, къена дог к1адделла хир ду-кх цуьнан.
2508 Кхуза схьакхаьчча, цхьана к1иранах бен ца 1ийра Шахьби туьпахь. Цуьнца гергарло мичхьахула, маца тасаделлера ца хаьара Эсетна. Амма х1иричун г1оьнца, дукха хан йалале, Хьабиб, эпсаран чин долуш туркойн эскаре х1оьттира. Мусехула кху йуьртан къеда а х1оьттира Шахьби.
2509 Доцца аьлча, маситта шарахь цо 1а1ийна ахча дара кхузахь цунна некъ боккхуш. Шахьбис х1оттийначу новкъа нийса д1адоьдура дерриг. Шел ирсе стаг ца хетара цунна. Иза ша йуьртан къеда ву. Цунна тоьур ду и г1уллакх. К1ентан чин лакхара дац.
2510 Юзбаши. Амма иза а цкъачунна тоьур ду. Чинна лакхавоккхучу ламин хьалхара т1ег1а ду иза. Ткъа Хьабиб къона а, онда а, куьце а жима стаг ву. Иза майра, хьуьнаре хиларан-м шеко йац. Хьанна хаьа, цхьа масех шо хьовзале, паша хила а ма мега цунах.
2511 Масех эзар эскархо т1аьхьа а волуш. Иншааллах1, оцу Делан пурбанца, мацца а цкъа, шена т1аьхьа доккха эскар долуш Нохчийчу а воьссина, цигахь имам хила мега цунах. Алхазан Мусин 1алашо а изза йу. Кхузахь оццул хаза д1адоладеллачу цуьнан ирсах кевнаш дийла дуьйлира.
2512 Цкъа хьалха Бежу кхелхира. Дукха йукъ йолале кхелхира Гати а. Амма и шиъ даларх г1айг1ане воьжна ца хьийзира Шахьби. Шинне а Къуръанаш дешна, атталла саг1ина цхьа кепек ца луш, д1адерзийра. Х1ума йиъначул т1аьхьа пхьуьйран ламаз а дина, ши ког к1ел буьллуш, голаш т1е хиира Шахьби.
2513 Пенах кхозучу атлазан г1овталан кисанара схьаэцна йантарах дина суьлхьанаш марвеше д1акховдийра Эсета. Сихдина суьлхьанаш дохуш, леррина Эсете хьоьжура Шахьби. Къоьжачу, буьрсачу ц1оцкъамашна бухара цуьнан ц1ен ши б1аьрг сутара кхерстара несан хазачу йуьхьаний, дуьзначу дег1аний т1ехула.
2514 Дерриг этт1а. Т1аккха, некха т1ехула охьа а веана, Эсетан кара гулйелла цуьнан дашо стомма к1ажар схьалецира... «Муха ца хуьлу? Цул сов, шен дег1ана там лаха дог хьенан дог1у Со хьанна кечлур йара» Хьайна хьалхара г1уллакхаш дан цхьа г1арбаш лаха
2515 Доьххург диллий, схьайалайе. Шиъ йалайе. Важа керт-ковра г1уллакхаш цаьрга дайта. Хьайн дег1, могашаллий 1алашйе. Ненах къаьстичхьана шен догъоьцуш, шех къахеташ дош ца хезначу Эсетан логе шад г1оьртира, б1аьргаш чу хиш гулделира.
2516 Марвешин буйнара куьг схьа а даьккхина, корталин т1емагца б1аьрхиш д1ахьекха х1оьттира иза. Х1инццалц ахь хьегна къа-бала бицбеш, хьо ирсе йан ницкъ бу сан, нагахь хьо резахилахь... Эсет йист ца хуьлура. Цунна ца хезара марвешин къамел.
2517 Дуьхьалх1уьттура ша Гати-Юьртах йолуш йоьлхуш йисина нана. Боьлхуш, ша д1ахеца ца туьгуш, шех хьирчина кегий йижарий, вежарий. Даймахках къастаран балано хеназа вийна Гати. Генадоццуш, туьпахь, леш болу шен махкахой. Кхин гур йац-кх цунна Гати-Юрт, ден миска х1усам, нана, кегий йижарий, вежарий.
2518 Д1авели Гати а... Заь1ап велахь а, цуьнан мар вара иза. Майра, къинхетаме, тешаме. Йиша-вешех а, даймахках а хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь йала а, лаьттах йаха а дезар ду-кх. Веккъа цхьа Аьрзу воцург, т1етовжа стаг вац-кх.
2519 ... Шен т1аьххьарчу дешнашна дуьхьало ца хилча, майравелира Шахьби. Цхьана метта ши бохам хили суна. Кхетта х1усамнана а, цхьаъ бен воцу ваша а вели. К1ант а воцу хьесап ду. Наггахь бен гур вац. Цхьа таро йолчу туркочун йо1 а йалийна, шена воккхур ву иза.
2520 Х1окхарах зуда а йалийна, мотт-г1иллакхаш т1е а эцна, д1а ца волавелча, хала хир ду цунна хьаькамаллехь лакхавала. Доцца аьлча, цуьнга-м шена амал йалур йара. Бен боьхнарг вайша ду. Къанвелча бен, х1усамнана дукха оьшуш ца хиллера стагана.
2521 Къаьсттина со мегар вац и йоцуш цхьана дийнахь а. Ц1енош ду, йоккха беш йу. Кхин кепек т1е ца кхетарх, ткъех шарахь хецна дайъа ахча ду. Ас х1ун до цунах, кертахь х1усамнана ца хилча? Амма со резаверш кхузахь айса мичахь лохур хаац
2522 Д1ога туьпа ваьлча-м, эзар а карор йара уьш. Шайна йаа сискалан йуьхк хир йуйла хиъча, хаза а хеташ бог1ур бара. Амма хьенан, х1ун йу а ца хуу и саг1адоьхургаш керта йало а ца лаьа. Делхьа, хаац суна-м, Эсет, белларш денлур бац, вай дахаза а довлац.
2523 Иштта цхьаьна 1ен хала хир ду вайшинна. Суна зуда йезар йу, хьуна мар оьшур ву. Суна зуда каро-м хала хир дацара, хьуна мар атта нислой хаац. Туьпара вайнах моццул хир бу а хаац, цамгарший, мацаллой хьоькху адам. Т1ехула т1е, дийна биснарш цигахь буьтур болуш бац.
2524 Царна йукъа кхетча а, цаьрца мацалла лийр йу хьо. Саметтайеанчу Эсета леррина ладуьйг1ира марвешин къамеле. Шар1о магош ду вешех йисинарг марвеше йерзар. Хьо резахилахь, цхьа а тайпа иэша х1ума доцуш, йехар йу хьо... Кхин некъ бац йа суна а, йа хьуна а.
2525 ... Лаьхьанах къаьхкича санна, к1егаръиккхина Эсет, 1адийна, Шахьбега хьаьжжинчохь йисира. Лар йоцуш байра цуьнан йуьхьа т1ера ц1ен бос. Иза, кхехкийча санна, к1аййелира. Дег1е хорша хьаьдча санна, йегайора ч1ениг. Х1инца кхийтира иза дерригенах а.
2526 Оццул дера шен марваша кху т1аьххьарчу хенахь шеца эсала, къинхетаме хиларх а, сел комаьрша иза валарх а Эсета бен тамаша х1инца кхачийра. Дера, ву. Даим а санна, ц1ен ши б1аьрг. Амма сутараллех буьзна и шиъ. Шера шарйина шуьйра, йеха сира маж.
2527 1аж санна, йогу дилхе беснеш. Доьттича санна, зоьртала дег1... ахь баккъал а бохий? Сан майра хьан ваша Дийна висинарг вахаза ца волу иэхь Нах цигара д1абевр бу кестта Вайшинна к1езиг гур бу уьш И хир дац, Шахьби! Цхьа к1ира далале, цигахь лийр йу хьо мацалла
2528 ... Эмин-паша. Турцех д1акхета шайн йолчу перспективо, схьагарехь, х1умма а самукъа ца доккху ламанхойн. К. Маркс, Ф. Энгельс. Эрзеруман виллаетан керла вели Мухлис Эмин-паша лоьруш т1еийцира мушахоша. Х1инца-м маьрша бевр бара уьш оцу кхайкхаза баьхкинчу лулахойх.
2529 Кхо бутт бу мушахой буьйсанна маьрша охьа ца буьйшу. Массо не1арна, г1опана дог1анаш тоьхча а, зайлаш доьхкича а, синтем хилац. Урамехь говрийн бергийн тата даьлча йа бешахь шах-ших хезча, дег1е зуз хьоду, к1ажийн пхенаш чу доьду са.
2530 Баттара йаьккхина шаьлта а буйнахь, не1 йа кор кагдина, х1инций-х1инций чу нохчо оьккху бохуш 1а. Цхьа буьйса ца йоьду цара цхьаъ, талийна, ч1ана ца воккхуш. Жимма а дуьхьало йан г1оьртинарг воьжна каравойту. Амма, дерриг талорашна уьш бехке бац бохуш а дуьйцу.
2531 Цаьргара эцна бедарш т1ехь къолах оьху, боху, меттигера нах. Ткъа хилларг нохчашна т1етотту. Талораш-м х1ун дара. Оцу туьпара схьа ун даржарна кхоьру. Цигахь доцуш дац цхьа а Делан ун: 1аьржа-ун, морзгалш, чуьйна, хоршанаш. Х1инца Эмин-паша веана мушахой царах к1елхьарбаха.
2532 Шеца кхо эзар дошло а волуш. Х1етталц шайн шахьара б1о беача б1аьрга ц1ий хьаьвзачу мушахоша маралелхаш т1еийцира уьш. Ткъа жимма а таронаш йолчара шайгий-шайгий хьошалг1а кхойкхура. Цхьа буьйса мукъана а маьрша йаккхар стенан мах бу?
2533 ! Исбаьхьа йу эрмалоша йиллина шира шахьар Муш Цунна т1ехула лаьттачу Сэв-Сар ломара охьахьаьжча, керайуккъехь санна, йаьржина го Мушан аре Иза йоькъуш, йуккъехула чекхдаьлла д1аоьху Меграгэт-хи Къилбехьа, малхбузехьара малхбалехьа йахйелла Эрмалойн Тавран йеха з1е
2534 Малхбалехьара Немрут, Гргура аьрцнаш т1ехула кхуза схьаоьху Ван-1оман эсаран мох. Аренна йуккъе когаш хецна соцу Сев-Сар. Кхид1а говран ленах тера Канасар лам бу Муш-шахьар марайоьллина лаьтташ. Лома т1ехь айъайелла го шахьар йиллинчу стеган Мушеги Мамикоянан аххирцина лекха б1ов.
2535 Шахьарна т1ехула стигала хьала муц1арш кхийдийна лаьтта килсийн горгий, ира момсарш. Моттало, дукха хан йоццуш кхузахь динчу 1алаудди-беян маьждиган йуткъа-лекхачу момсаре уьш хьаг1ца хьуьйсуш санна. Тахана къаьсттина хьалхе самайаьлла шахьар.
2536 Х1ан-х1а, тахана п1ераска а йа к1иранде а дац. Х1етте а, 1уьйренца хьалххе дека дуьйлира Сев-Аветарана, Шек-Аветарана, Сурб-Маринэ, Сурб-Киракосан, кхин а килсийн горгалеш. Уьш д1атийча, 1алаудди-беян маьждиган момсар т1ера схьахезира моллин сингаттаме деха аз.
2537 Х1инццалц базарахь салти гича, Делан ун дог1уш хета мушахой тахана белабелла-бекхабелла дуьхьалкхетара царна. Мушана гонахарчу йарташкара баьхкина ахархой а. Мерза хьорматаш! Мушахойн кишмиш! Сэв-Сарера газпа! Базарахула буьйлабелла лелачу дошлошна маьхза лора стоьмаш, хасстоьмаш
2538 Лелаш лаьтташехь цара чухьерчадора тандырашна чохь деттина, т1е моз хьаькхна, кишмиш тесна чоме хьокхамаш. Килсийн горгалийн г1овг1аной, мозг1арийн а, молланийн а до1анаший Деле воьхуш де делкъенга долучу хенахь, цхьа эзар дошлочуьнца шахьарара аравелира Эмин-паша.
2539 Важа дошлой а, шена г1оьнна кечвелла эзар мушахо а цкъачунна шахьарахь витира цо. Оьшуш меттиг хилахь, шок ма-туьйххи т1аьхьабахка кийчча. Пашина уллохь хьарг1ачу динахь вог1ура 1успанан Сайдулла. Цаьршинна иттех г1улч т1аьхьавог1учу масех эпсарца вара Шамхалбек а, Хьабиб а.
2540 Кхоьлина гора Сайдуллин вуьшта а буьрса йуьхь. Цунна моьттург ца хили кху г1уллакхах. Баккъал аьлча, цунна моьттург хили, амма Алхазан Мусас ма-дийццара ца нисдели. Шайл хьалха кхуза баьхкинчу малхбузехьарчу ламанхойн новкъа д1аоьху х1орш а.
2541 Цара санна, туркошна бераш-м ца духку х1окхара. Уьш санна, йолах салт-м ца буьйлу х1орш. Х1инца цкъа. Т1аьхьа хиндерг хаац. Изза ца дер олийла-м йац кхара а. Мацалло иэхь, йахь, йуьхь а ма йойъу стеган. Кхуза схьакхаьчча, Эрзерумехь д1атарвелла Сайдулла.
2542 Туркойн цхьана хьолахочуьнгара шахьарна йисттехь йоккхачу бешаца хаза ц1енош эцна цо. Нахерчу халонга хьаьжча, бехаш бу, ала мегар долуш, д1атарбина цо шен гергарниш а. Амма цуьрриг воккхаве меттиг бац. Карахь дерг дууш воллу, ткъа т1ебог1у пайда к1езиг бу.
2543 Моьттура, схьакхаьчча туркойн 1едалхоша, дуьхьалбаьхкина, мара а лелхаш, вадийна вигна, султанна улло кхузахь ша охьахаор ву. Ша хаза д1атарвелла Муса. Пашин чин делла, туркойн эскаран коьртехь ву иза. Цхьа пхи-йалх эзар нохчо салт валахь, пашин чин делла, церан коьрте х1оттор ву, боху.
2544 Амма Эрзерумехь болчара-м хьеха а ца дайти иза. Х1инца хуур ду-кх кхузарчара х1ун олу. Йуьйлинчу тоьпана т1еваха атта дара Сайдуллина ша 1ехийна схьабалийна, б1арзбелла хьийзачу оцу нахана т1евоьдучул. Оцу дег1а валлалц т1еман ц1ергахь кхиъначу цунна дукха гинера ирча 1ожалла.
2545 Массо а суьртахь. Амма кхузахь хуьлуш дерш иэрчонашлахь а йоккха иэрчо йара. Хиънехь, иза вог1ур а вацара. Ша веача а, нах балор бацара. Дерригенна а бехке ву Алхазан Муса. Цо а боху, ша 1ехийна, шена а ца хаьара... Декъала да ву-кх Цугин 1елаха.
2546 Шен хеннахь д1акхелхи. Даймехкан лаьттах воллу. Цхьаннен а не1алт к1ел вац. «Ткъа со вуьйжи-кх Делан а, нехан а не1алт к1ел. 1елаха-м, дера, дукха доггах а ма вацара. Цо-м элира, нехан йалсаманел вешан жоьжахати тоьлу вайна.
2547 Ас ца вуьтуш лелара-кх миска. Шен цамгарца...». Ойланаша д1алаьцначу Сайдуллин тидам а ца хилира хина тиллинчу дечиган доккхачу т1айх шаьш довлуш. Ца хезира аннаш т1ехь говрийн бергаша ден къора татанаш, ца гира лаха к1елхула, буркъаш туьйсуш, карзахе г1овг1а йеш доьду Мурат-чай а.
2548 «Со х1унда х1оьттина, Мусех тешна, цунна т1аьхьа? Нийса дерг аьлча, со бен ма вацара оьрсашна доггах г1уллакхдинарг Доггах делахь а, дацахь а, цара боххург дора-кх ас» Т1ех а девлла, готта некъ лекхачу шина берда йукъа боьлча, шен дине чабол эцийтира Эмин-пашас
2549 Готтачу новкъахь улло волийла доцу Сайдулла т1аьхьасецира цунна. Пашин шалхаихна стомма лаг, аьтту аг1ор та1ош тиллина ц1ен пес, говран йортаца кхийсало песан к1ужал, маьлхан з1аьнарша шуьйрачу белшаш т1ехь ловзо хьесан к1ужалш йайча, ц1еххьана дуьненах догделира Сайдуллин.
2550 «Мила ву со кхузахь? Оцу хьакхин лай ву-кх Ванах, иштта даха деза-те тхо абаде абаделлац? Мухха делахь а, ц1ахь тоьлура» Уьш туьпа т1е кхочуш, говрахь дуьхьалвеара къона нохчо Пашас жоп ца делира цо хаьттинчу маршаллина Туьпа боьлча, къамелаш тийра т1аьхьабог1учу эпсаршний, салташний йуккъера
2551 Уьш акъбевлла д1асахьуьйсура. Б1аьргашна хьалхахула чекхйуьйлура тоьланаш, лаппаг1наш, отеш, баннаш. Махой, малхой, йочанаший басайаьхнера царна т1ейиттина х1уманаш: истангаш, хьардаш, диттийн г1аш. Баьлла корта, дукха хенахь дуьйна шарйаза, модаша йуьзна маж.
2552 Бовха малх хьаьжна гуьйренан декхна де делахь а, кетарх хьаьрчина 1а иза. Кхиверг тевжина ву йа ламаз деш воллу, йа и декъаза шен х1усам тойан г1ерта. Зударий бу т1елхигаш летош, берийн бедарех, кортойх хьуьйсуш, шайн-шайн х1усамашна хьалха девзигаш хьоькхуш.
2553 Диканехь а, бохамехь а шайниг ца дуьту бераш ду кхузахь а ловзуш лелаш. Ирахь леларш хьовха, хевшина а муха 1ало-те аьлла, г1ийла ду и адамаш. Можий йаххьаш, чекх са а гуш, буьхьигаш ирбелла марош, хьех чуэгна б1аьргаш, баккъашна т1ехевшина пханарш, ч1ораш санна, йуткъайелла настарш, пхьаьрсаш.
2554 ... Х1етте а, дахарх тийсалуш бохку. Ц1ена ду туьпахь. Йац нехаш, ца йог1у хьожа. Эмин-паша реза ву. Тийна ду туьпахь. Цо 1уьйранна каймакам хьажа ваийтинера кхуза, ша кхачале низам х1отто, адам гулдан. Мичахь бу уьш? Сайдуллина го пашина цагург
2555 Хаьа, и къена нах, зударий арахь хевшина а, г1уллакхаш деш а х1унда 1а. И мацалла мажделла бераш ловзуш х1унда лела. Хаьа, Эмин-паша шен дошлошца Муш-шахьаре ма-воьссинехь, кху туьпа хабар кхаьчнийла, герз каралаца ницкъ болу массо стаг, зуда, бер лата кечделлийла.
2556 Хаьа, шайн баннашна хьалха хевшина г1уллакхаш деш 1ачу баккхийчу нехан, зударийн, ловзуш лелачу берийн б1аьрг шайна т1ебоьг1на буйла а, оцу туьпахь, хьаннаша букъийначу оцу ломан орцаца къайлабаьккхина т1еман ницкъ хир буйла а.
2557 Цунна дика вевзара Аьрзуй, Маккхаллий. Уьш т1ехбевлира ломан когашкахь жаг1анечу гух долчу нохчийн кешнашна. Даккхий а, кегий а баьрзнаш. Масех б1е. Коьрте х1иттийна кегий т1улгаш, дечигаш. Цхьа а кечдина чурт дац... Цаьрга веха ца хьийжира Сайдулла.
2558 Гуш санна хетара мацаллой, махкаллой, даймахке сатийсарой дагна биначу балано хеназа кхалхийначу оцу адамийн г1аларташ. Иза ву церан 1ожаллина бехке. Иза. 1успанан Сайдулла. Цо бира Алхазан Мусица барт. Цуьнгахула ахча а ийцира.
2559 Оцу ахчанах бартахой а ийцира. Цаьргахула эладита а даржийра. И дерриг нахана хууш хилча... Нагахь мацца а цкъа иза гучудалахь... Иза гучудер ду. Цхьанна дина дика а, зулам а цуьнца ле. Амма дийнначу халкъана динарг дицлац. Эзарнаш шерашкахь деха.
2560 Х1унда аьлча халкъ леш дац. Сайдуллина ца хаьара шен ши б1аьрг мича хьур бу. Х1етта сирйала йоьлла 1аьржа маж некха т1ехь шалха а кагйеш, охьабахара цуьнан корта. Говран кхеса т1е бог1абелира б1аьргаш. Амма, мичча хьаьжча а, дуьхьалх1уьттура и адамаш, хезара цара кийрахь къайладаьхна узарш.
2561 ... Гух д1ахьаьвзича, Эмин-пашина хьалха инзаре сурт х1оьттира. Йуькъачу хьаннаша хьулбинчу ломан когашкахь шуьйра аре д1алаьцна лаьтташ дошлойн эскар дара. Деак1ов мог1анашца д1ах1оьттина пхи полк. Х1ор а б1еннашка а йекъна, хьалхаваьлла б1енча а, полкана хьалха пхиб1енча а.
2562 Хеталора, и говраш а, царна т1ера дошлой а т1улгах боьттина... Нагахь ас гулло аьлла нах белахь, уьш соьга ладог1а ца гулбелла, т1амна вовшахкхетта. Д1аса а баьржина, чухахкабала кийчча. Х1ан-х1а, Сайдулла-эфенди, со иштта т1е ца воьду царна.
2563 Хьо эскаршца вог1ийла хиъначу оха, хьан хьурматна тхешан ницкъ кхочург вовшахтоьхна. Туркойн отряд гергаг1оьртича, меллашчу боларахь царна дуьхьалволавелира эскарна хьалха лаьтта ши дошло. Сайдуллина б1аьрг ма-кхийтти вевзира сирачу динара Аьрзу а, расхачу динара Маккхал а.
2564 Царна т1екхочуш Эмин-пашин ойлано масазза а ха хаьрцира. Ца хаьара, ша цаьрца муха хила веза. Шена дуьхьалбог1урш цхьана чинехь нах хилча-м, хуур дара цунна динара восса везахь а, куьг дала дезахь а йа тергал ца беш бита безахь а.
2565 И саг1адоьхургаш лера воьлча, эпсаршна хьалха шен сий лахдаларна а кхоьруш, ткъа куралла ларйан воьлча, оцу ламанхошна вас хиларна а кхоьруш, шина даггахь вог1ура иза. Сирачу динахь вог1у бере гича, куралла бохург д1атеттира цо.
2566 Расхачу динарниг ч1ог1а безамехь стаг ву. Горга йуьхь-марш, хьаьрса дуькъа мекхаш, йоца маж, партала дег1. Герга мел г1оьрти, шуьйра йелало цуьнан догдика йуьхь, адам дезаран йовхо го сийначу б1аьргаш чохь. Ткъа важа, сирачу динахь верг, шен арахьарчу куьцаца нийсса дуьхьал ву цунна.
2567 Х1орш шайна т1екхочуш, говрашкара каде охьа а иккхина, ши дошло, говрийн йуьхь а лаьцна, т1еволавелира. Динара воьссира Сайдулла а, Шамхалбек а, Хьабиб а. Эмин-пашас х1инца а сацам ца бинера ша дан дезачун. Дагахь къуьйсура цуьнан кураллой, декхарой.
2568 ... Оцу декъазчу ойлано салам дала а вицвинера. Сайдуллас делира иза. Эмин-пашас дуьххьалд1а шега кховдийна куьйгаш, мелла схьа а лецна, д1ахийцира. Тхуна хезнера, шу, мацаллой, цамгарший х1аллакдеш, кхачош дохку бохуш. Адам леш ду.
2569 Дийнахь-бусий б1е сов стаг ле. Даа х1ума дац. Мелла а мах болу х1ума йуучух йоьхкина бевлла нах. Эмин-пашас, цавешаш, мерах шок туьйхира. Шуьгахь х1инца а масех эзар говр, шортта герз а ду. Шайн махкахь-м керстанаша хьийзош ца дуьтура шу.
2570 Х1инца д1абаьлла цаьргахьара кхерам. Царал сов, эзар мушахо а ву, боху, хьуна г1оьнна кечвелла. Эмин-пашас жоп ца делира. Говрашкара охьабиссинарш йуха а говраш т1е бевлира. Вовшашкара хьал-де хоьттура Аьрзус а, Сайдуллас а.
2571 И гу д1алаьцначу баьрзнех х1оранна а к1ел д1авоьллина масех стаг ву. Белларш д1абохка ца кхиадо. Кхузахь адам дукха 1аь1на. Гатто йу. Даа рицкъа дац. Мацалла, цамгарш. Кху доьхначу хьола т1е схьаг1ерташ Эрзерумера нах а бу. Шу х1ун ойла йолуш даьхкина?
2572 Сайдуллас корта ластийра... Дикачех бацахь а, вуон бац, боху, иза. Нахана лаац цига баха. Оьрсийн векало х1орш битац, кхузара шу малхбузехьа д1адига бохуш. Иштта бу, боху, вайна схьакхалха бакъо луш шина паччахьан хилла барт.
2573 Уггар тоьллачу махка т1ехь даха ховшор ду, кхузахь нахана йиллина лаьтташ йалсаманин не1арш йу бохуш. Уьш шайн кисанахь шортта деши долуш боьлху, цигахь церан г1уллакх вуон хир дац, ткъа шу, саг1адоьхургаш санна, лелар ду. Схьакхаьчна а валале, пашин чин делла Мусина.
2574 Хьо а, Эрзерумехь г1аланаш а эцна, ваха хиъна. Шеца баьхкина гатийуьртахой д1а а кхийсина, туркойн йуьртахь д1атарвелла Шахьби а. Г1еххьа болх хили... Д1ах1иттинчу полкашна б1е г1улч гергакхаьчча, говраш совцийра Аьрзуссий, Маккхалий.
2575 Севцира хьеший а. Х1инца Эмин-пашина шера гора нохчийн дошлой. Дика дой, т1едуьйхина тоъал ц1ена чоэш, белшаш т1ехь башлакхаш, коьртахь холхазан куйнаш. Дог1машна т1еоьзнна дихкина деза герзаш. Йаьлла йаххьаш, оьг1азе б1аьргаш.
2576 Амма цунна ца тосаделира т1ехьа-т1ехьара дошлой эг1аза, берашха нах хилар. Леррина шозза-кхузза цаьрга б1аьрг а тоьхна, Маккхална т1евирзира иза. Шена иза дуьххьара гуш санна, коьртера когашка охьа б1аьрг а тоьхна, йуха а Маккхалан йуьхь-дуьхьал хьаьжира Эмин-паша.
2577 Маккхала, вист ца хуьлуш, корта та1ийра. Цунах а ца 1аьбначу цара сацамбира, шу, махках даьхна, лаьхккина Сибрех д1адига, цигахь милла, мацалла дайъа, дийна бисинарш керста дине берзо. Пашина т1етовш делахь а, йа ша ладуг1уш ву бохург делахь а, шозза-кхузза корта та1ийра Маккхала.
2578 Амма оьрсашна лаац шу Россин дозанашна гергахьа совцийла. Цаьрца шен йукъаметтиг ца йохо, цуьнан возалло султано шуна Диарбекирна дехьа кхин мохк къастийна. Бутт сов хан йу тхан 1едало, цига д1аг1о бохуш, шуьга дехарш ден. Амма шу х1инца а кхузара меттах ца девлла.
2579 Цул сов, аш талораш до кху гонд1а. Шозза т1елатарш дина аш Муш-шахьарна. Шу кхуза кхаьччахьана, буьйсанна маьршша охьабийша йишйоцуш бу кху шина виллаетера нах. Цул сов, кхуза цхьана меттехь ткъех эзар адам гулделча, царна йукъа цамгар атта йаьржа, адамаш ле.
2580 Шуьгара ун даржарна кхерам бу махка. Шайн аьтто боьхначу дийнахь, х1аллакьхила йа керста дине дерза шайн кхаж баьллачу дийнахь, шаьш к1елхьардаьхначу цуьнан возаллин султанан беш хама бац шун, шаьш т1е а лаьцна, шайца рицкъа доькъучу кхузарчу нахана аш олу баркалла уьш талор, байъар ду.
2581 Кху махкахь шу д1атардаран г1уллакх суна т1едиллина цуьнан возалло султано. Ас жоп дала деза шун синойх а, аш диначу диканах, зуламах а. Эмин-паша вист ца хуьлуш д1атийча, хаттар деш цуьнга хьаьжира Маккхал... Оьрсашца бехха лаьттинчу т1амо ах х1аллакдина тхан къам.
2582 Дийна биснарш халачу хьолехь бу. Царна керста 1едална к1елсовца лаац. Кхоьру, шайн махкара д1адаьхна, Сибрех а дигна, керстанашна йукъа а даржийна, бусалба динах хаьдда, даймохк, къам доцуш шаьш дарна. 1абдул-Межидера ду бохуш, нах кхуза схьабоьхуш, кехаташ цо даржийра тхан нахана йуккъе.
2583 Оцу кехат т1ехь дара, кхузахь тхуна къастийна уггар тоьлла мохк бу, деш ц1енош ду, дуьйчу х1уна, дуу-молучунна сагатдан ца оьшу, оха, тхешан вежарий санна, дезаш т1еоьцур ду шу бохуш. Цхьаболу нах, оцу кехатех тешна, схьабаьхкира.
2584 Кхузахь мукъа а шайна маршо, синтем карор бацара-те аьлла. Амма, схьакхаьчча, нахана хиира шаьш г1алатдевлла хилар. Тхоьга мостаг1аллица хьуьйсу кхузахь. Тхуна хьехийна йалсамани де дийне мел дели жоьжахате йоьрзуш йу. Тоххара чекхдаьлла оха тхайца схьадеана рицкъа.
2585 Адам х1аллакьхуьлуш ду. Аш б1е стагана лерина ло рицкъа царах эханна саласттал а ца хуьлу. Мацаллой, цамгарой к1елдитина адам дарделла. Дегнаш акхадевлла. Цара бекхам лоьху. Дерриг дуьне бехке до шайгарчу балина. Ткъа кху 1азапан гуш йист йац.
2586 Муха? Токхечу лаьтта т1ехь кхиъна тхан нах цигахь лийр бу Цуьнан возалло султано дийцарш оьрсийн паччахьца дина Цхьа а кехат ца йаздина цо нохчашка Шуна йуккъе даржийна кехаташ харц ду Оьрсийн хьаькамаша, султанан ц1арах йаз а дина, шуна йукъадаржийна
2587 Маккхаллий, Аьрзуй цецваьлла Сайдуллега хьаьжира... Хилла оьрсийн паччахьца а. Цигара шайн лаамехь схьавеанарг кхузахь т1еэца. Амма оьрсаша тхоьгара дош даьккхина церан дозанна шу генадаха. Цхьацца эзарнах тобанаш йина, новкъа довла деза шу.
2588 Маккхал хаттаре Аьрзуга хьаьжира. Нусрет-пашас санна, ас ловзор дац шу. Сан кхо эзар дошло ву Мушехь лаьтташ. Шайн т1елхигаш схьаэца ца кхуьуьйтуш. Церан комиссар ву Эрзерумехь. Дийна йа дайъий, шу кхузара д1адаха, боху цо. Далаза ца довлахь, хаза, дала а хууш, лийр ду тхо.
2589 Нагахь ца дитахь, тхо кийча ду лата. Т1аьххьарчу стагана т1ех1итталц. Схьахьаьжначу Эмин-пашина х1умма а диканиг ца гира Аьрзун б1аьргаш чохь. Эмин-пашина моьттура шен дешнаша иза кагвина. Амма иза гена дара. Эмин-пашина х1умма а диканиг ца хьоьхура цуьнан богучу б1аьргаша.
2590 Аьрзун ира хьажар лан ца делла, Эмин-паша цхьа б1е г1улч шена гена лаьттачу эскаре хьежа х1оьттира. Дера йаххьаш. Шайна т1ехь х1оттийначу харцоно, 1азапо б1арздина, дегнаш дарделла оцу нехан. Эмин-паша дуй баа ваьхьар вара уьш лата куьйгаш к1амделла хиларх.
2591 Летта балар г1оли йу царна, мацалла лечул. Х1ан-х1а, кху сохьта цаьрца забарш ца оьшу. Лаххара а, кхо эзар дошло хир ву уьш. Цул сов, дуьйцуш ма ду, церан зударий а, бераш а лета бохуш. Цхьа иттех эзар дошло ца хилча, х1окхарна т1ег1ертар кхераме ду.
2592 Цаьрга хьоьжуш 1ожалла йу цигахь. Дукха хьоме йу хьан иза. Ши кепек мах цуьнан боццушехь! Со мила ву дицделла хьуна? Оццул са сиха Сайдулла д1атийра, кхин дош аьлла вистхилча, ша нахала вер вуйла хууш Аьрзус тергал ца веш витира иза, цкъа а шен цуьнца х1умма а ца деача санна
2593 Ойла йан а, вовшех дагадовла а де-буьйса ду шуна... Кхузара латта цхьаццаннан долахь ду... Иза цуьрриг хьийзаш бац, шайга бохучу д1аг1ахь. И лаьтта дошлой цуьнан возаллин султанан байракх к1ел х1иттабахь, дуьне а декъала хир ду шун.
2594 Цуьнан возалло султано шен къинхетамечу т1ома к1ел кхобур ду шу. Ткъа майра ши т1емало а, цхьаъ 1еламча а волу шуьша даржехь лакхавер ву. И сан дош ду шуна... Йуханехьа, ц1а даха сацамбина оха. Тхан бу иза. Шуна а, йа оьрсашна а хир боцуш.
2595 Аш а, цара а мичча лехкарх, хьаьвззина тхешан даймахка доьрзур ду тхо... Аш дегазбохий а уьш? Эмин-пашин горга йуьхь ц1еххьана йекхайелира Нийсачу мера к1елхьара 1аьржа ши мекх айъира делаозийначу стаммийчу балдаша Аттачу балхах ца даьхкина вай нехан хийрачу махка
2596 Мухха делахь а, нехан хийрачу махкахь ду вай. К1елх1итта тхов бац шун, охьаховша лаьттан коржам йац шун. Карара рицкъа кхачийна шун, кхин т1е и дан меттиг а бац. Мацалло, уьно хьоькхуш, кхачош лаьтта шу. Вайнехан 1овдалчу куралло х1аллакдеш лаьтта шу.
2597 Кху гонд1арчу бахархойн ницкъ бац шу кхаба. Цул сов, аш, талораш деш, нах бойъуш, шайца гамбина уьш. Шайга аьлларг, г1иллакхе даьккхича, шаьш дан дог1ург аш ца даро шен хьаькамаллех вохий Нусрет-паша. Бертахь д1адовла кхузара, ца довлахь, де а бехк-гуьнахь доцчу зударийн, берийн ц1ий 1енар ду.
2598 Шун ц1арах жоп деллачу Аьрзуссий, Маккхалий, кхузара д1адовла шу реза дац, боху. Бакъ дуй иза? Хаттар деш, нехан йаххьаш т1ехула б1аьрг кхарстийра Шамхалбека Амма цхьа а вист ца хилира Мотт сецча санна, лаьттара адам Эмин-пашас шеца далийна эскар ду кхо эзар дошло
2599 Цунна г1оьнна кечдина ду Мушан виллаетера эскарш а. Кхузара меттах а даьхна, Диарбекирехьа шу д1адигар хилла баьлла сацам бу. Иза боху паччахьо 1абдул-Межида. Цхьа к1ира далале кхузара шу д1а ца довлахь, ша эскаршка омра дийр ду, боху Эмин-пашас.
2600 Эрна х1аллак ма хила, нах. Шу летта лийр ду, ткъа шул т1аьхьадисина шун бераш, зударий, дола дан дай боцуш, мацалла лийр бу. Шайн коьртера и 1овдал ойла д1а а йаккхий, шайга бохург диэ. Диарбекиран виллаете д1акхалха. Шуьга ма-буьйццу, вуон бац цигара мохк.
2601 Мохк хоьржучохь дац шун г1уллакх. Цул сов, аш массара лаьттаца болх бойла аьлла а дац. Луучунна таронаш йу, цкъа а нахаран баьлча а ца лоцуш, эла санна, ваха. Къурайшин ц1ийнах схьаваьллачу, Дала бусалба къаьмнийн паччахь вина ваийтинчу 1абдул-Межида шен байракх к1ел х1итта, боху шуьга.
2602 Цунна хаьа, Дег1астанахь ислам ч1аг1деш, ислам лардеш, вай майра летар. Цунна хаьа, керста паччахьо вай къиза хьийзор, вай, х1аллакдеш, кхачош хилар. Цундела лаьцна цо вай шена т1е... Хабарна хьасарта вахана Шамхалбек йуккъерчу полкана хьалхахула боларахь д1асаволавелира.
2603 Масех б1о бу царах вовшахтоьхна. Х1оранна а маьхза говр, т1едуха барзакъ, герз делла царна. Маьхза ду царна дуург-мерг а. Цул сов, йал йу царна шарна х1оттийна. Вайна ц1ахь г1енах а ца гина ахча. Т1амехь гоьваьллачунна чин, совг1аташ хир ду.
2604 Кху сохьта дан дезарш а ду цхьа пайдабоццу г1уллакхаш. Х1окху туркойн 1едална дуьхьалонаш йен керстанаш д1атебар. Уьстамалхула, х1ордал дехьара керстанаш хьоьшуш лелаш эдагий а, чергазой а бу. Царах ма бара вайна т1ехь уггар ирча къизалла латтийна инарлаш!
2605 Ткъа х1онс мел карайог1ур йу! Цул сов, мацца а цкъа оьрсашца туркойн т1ом болабелча, вешан мохк гаурех маьршабаккха аьтто а хир бу вайн Оцу т1ехь вайна г1о дан дош делла 1абдул-Межида! Эскаре х1отта резаверг схьакъаста! Х1ун до ахь, къуьрдиг санна, йиэкаш!
2606 Кхин хьо суна улло нислахь, ас, тоьхна, ши дакъа дийр ду хьох! Цуьнан дешнаша, бетах т1ара кхетча санна, вагийна Шамхалбек, говр т1аьхьарчу когаш т1ехь йуха а хьовзош, доьхкарх йоллучу тапчин макъарх ка а тухуш, Чорегахьа вирзира
2607 Важа-м шеквацара. Ца гора йуьхьа т1ехь оьг1азалла а. Шен хьаьрсачу мекхех дайн куьг хьоькхуш, велакъежира иза. Амма оцу веларо цуьрриг диканиг ца хьоьхура. Бухара балда цергаш йуккъехь 1аьвдина, ц1ий тасийтира Шамхалбека. Дош дац-кх и хьаьрса мунда тоьхна йожо ницкъ цахилар.
2608 Бац-кх. Тахана тоьлур вац иза. Гена дац и де. Х1етталц сатухур цо. Гома Чорега а хьаьжна, шен говр човхийна, хьалхахьа д1авахара Шамхалбек. Иза мел г1ертарх а, йуха къамел ца долалора цуьнан. Ткъа дошлой лаьттара бист ца хуьлуш.
2609 Моьттур дара, уьш т1улгах боьттина. Т1ейог1учу йеарехь малх г1ушлакхе баьллачу хенахь, шу кхузара д1адевлла аьлла, суна хабар ца кхачахь, къамел кхечу кепара дан дезар ду сан. Марша 1ойла шу! Урх буйна а къевлина, д1аваха кечвелла Эмин-паша сацийра Маккхала
2610 Хьуна атта ду оьг1азваха. Х1унда аьлча ахь кхочушдийриг хьайн паччахьан омра ду. Ткъа тхойшиъ кху декъазчу наха векалвина шайн лаам хьоьга д1ахьебан. Тхойшиннан бакъо йац, царах дага ца волуш, тхайггара жоп дала. Тхойшинна лаъане ца лаьа оцу мисканийн ц1ий 1енийла.
2611 Ткъа жимма а хьо собаре ца хилахь, г1уллакх оцу т1е долуш лаьтта. Оцу адамийн дегнаш дарделла, уьш карзахбаха цхьа цуьрг бахьана тоьур ду. Цхьа итт де хан лохьа тхуна ойла йан. Т1аккха тхо йа аш хьийсочу Диарбекирехьа д1аг1ур ду, йа кхузахь дала совцур ду, йа тхешан махка йуханехьа г1оьртур ду.
2612 Со ладоьг1уш хир ву. Амма, хаалаш, ас ловзор дац шу, Нусрет-пашас йа Исма1ал-пашас санна. Пашин отряд йортахь кешнийн барзехула д1ахьаьвзича, Чорин полка йуккъера схьаиккхина, говр хаьхкина Аьрзуна т1евеара Коьра. М1аьчига х1ун боху?
2613 ... Нагахь Шамхалбека соьга эпсарна дешийта дош лахь, со д1айазве ала воллу со. Тхан доьзалх тхо кхоъ бен ца дисна: сой, дадий, йоккхахйолу йиший. Ас царна беш пайда ма бац, кху туьпахь сецарх. Хьанна хаьа, эпсар хилла, вайн махка верзахь, сох пайда бала а мега вайн къомана.
2614 ... Бенара Габа... И Шамхалбек саьхьара стаг ву хьуна. Варлахь, цуьнга хьуо 1еха ма вайталахь. Эпсарийн дешар деша хьо охьахааваллац, цхьана а кехат т1е куьг ма та1аделахь. Д1аг1о, Дала аьтто бойла хьан! Даймахкара косташ О Туманян
2615 Мух1ажарийн илли. Туьпа вог1у туркойн паша т1еэца кечамбеш, Болатна ч1ог1а лиира Коьрица цхьаьна Чорин дошлойн б1аьна йукъах1отта. Амма Болатан дин бацара. Туьпахь ха дан витина иза догдаьтт1а вала-м ца велира. Цигахь-м цул баккхийниш а, г1арабевлла т1емалой а бисинера.
2616 Болатан ден Данч1ин санна, говраш йелларш а бара царна йуккъехь, ц1ера схьадог1уш цахилларш а бара. Шен дагахь дерг Аьрзуга д1а-м хаийтира цо. Ткъа вукхо, вела а велла, букъа т1е дайн куьг тоьхна, витира. Жима ву хьо, бохура.
2617 Х1етте а, баккхийчех а тоьхна, туьпахь ха дан витарх воккхавеш 1е. Болатна шера гира туьпа вог1у туркойн паша. Болатна уллохула т1ехбевлира уьш. Пашех цуьрриг цец ца велира Болат. Амма цунна т1аьхьабог1учу дошлошна йуккъехь Шахьбин к1ант Хьабиб гича, шен декхар а дицделла, акъваьлла висира иза.
2618 И дерриг а дицдира йухайирзина цунна уллохула т1ехйаьллачу туркойн отрядна т1аьхьа ма-йоьлхху хецна говраш хаьхкина, т1аьхьаваханчу Коьрас а, бенойн Габас а. Шу стенга доьлху аьлла, царна т1аьхьа мохь туьйхира Болата, ткъа важа шиъ кхуьнан мохь хезехь а вацара.
2619 Пхиппа цхьаьна х1уттуш, нийсачу маг1аршца, назманашца туьпа бирзира нах. Массарел хьалха туьпа вуьйлира Аьрзуй, Маккхаллий. Цаьршинна ткъех г1улч т1аьхьавог1ура Чорин пхиб1е. Чорина т1аьхьавог1учу 1елин каралаьцна йара т1ехь седа а, бутт а болуш баьццара байракх.
2620 Лаилах1, иллаллах1, Лаилах1, иллаллах1... Цхьана эшшарехь д1асатехкара дошлойн кортош. Ца гора церан йаххьаш т1ехь зуькар олучу хенахь хуьлу шовкъ. Дорцана 1аржйелла стигал санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Шайн дахарехь маса б1озза бирзинера и нах т1амера ц1а.
2621 Толам боккхий а, шаьш оьший а боьрзура. Баккъал аьлча, т1амехь цхьа а ма ца тоьлу. Массо а оьшу-кх. Т1амера ц1а боьрзура шайн безачийн, гергарчийн, йуьртахойн декъий а дохьуш. И дийна бисинарш санна, могаш, самукъане, дуьне дезаш йуьртах бевллачу нехан декъий.
2622 Эвлахь да-нана, йижарий йа зудий, берашший, йа йезар йитина арабевллачу нехан декъий. Йа шаьш генахь долуш мостаг1чо йагийна чим биначу йуьрта боьрзура. Шайн доьзалеххий, безачеххий хилларг цахааро кийра шийла ша а буьллий. Кхана, йа цхьа сахьт даьлча а, шайх х1ун хир ду а ца хууш.
2623 Х1етте а, тахана санна, дегнаш духий ца хуьлура уьш. Дера-м хуьлура, лоьмаш санна, амма дегнаш духий ца хуьлура. Х1ор а бекхам иэца лаарх вуьзна. Даймехкан лаьтто ницкъ лора царна. Тахана церан йурт йагийча, оцу овкъарш т1ехь кхана йуха а ц1енош дуг1ура цара.
2624 И йуькъа хьаннаш, сийна раьг1наш, лекха лаьмнаш, и токхе латта церан ма дара. Церан дай ма бара уьш. Царна цигахь ма вевзара шайн мостаг1 а, доттаг1 а. Муха ца хуьлу, цкъа кхалла рицкъа а доцуш, оцу туьпахь церан бераш, зударий, дай, наной, йижарий хилча.
2625 Цомгаш, 1ожаллина эгна 1охкуш. Х1орш т1ерабевллачу масех сахьтехь са д1адаьлларг маса хир ву. Герз ду, дой ду т1амехь бахчабеллачу оцу б1аьхойн. Х1етте а, ницкъ бац-кх церан и шайна безарш а, шаьш а оцу мецачу 1ожаллех к1елхьарбаха.
2626 Кхузара ког биллал а латта, цхьа а дитт дац цхьа да воцуш. Йа нехан, йа пачхьалкхан доцуш. Бехк буй ткъа церан талорашдарх, Мушана т1елетарх, кхузара д1абовла цалаарх, даймахке сатийсарх? Дошлошка, шайн-шайн доьзалшка дерзий, парг1ат хила а аьлла, шайн тоьла йолчухьа д1авахара Аьрзуй, Маккхаллий
2627 Цкъа ойла хилира Болатан, царна т1аьхьа а вахана, туркойн пашица хилла къамел хаа. Цаьршиннан йаххьаш, стенна делахь а, цхьана х1уманна кхоьлина а гина, т1аккхахула хоттур ша аьлла, шайн буьне вахара иза. Т1уьна баннаш. Цецах санна, чекхдуьйлура дог1а, мох, хьожа.
2628 Тап ша кешнашкара хьожа. Мел г1ертарх а, ницкъ ца кхочура кхузахь ц1ано латто. Туьпана йуьстаха хьаштана ца эхалора бераш, цомгашниш. Довхачу дийнахь къаьсттина ч1ог1а хуьлура хьожа. Мезаша а лаьттара дойъуш. Д1асадовла, самукъадала меттиг бац.
2629 Дуьненах а догдаьккхина х1окху туьпо. Велла д1авалар г1оли хетара, амма ойла ца соцура цу т1ехь а. Та11ийна цхьанхьа лаьттах а воьллина, т1ехь жима барз бийр бу, цхьа шо далале и шарлур бу, ткъа хьо каш доцуш вовр ву. Цул сов, ц1а сатуьйсу.
2630 Даймахке. Наний, йиший тоьлин бертехь карийра цунна. Данч1ин хечин когаш хадийна, уьш дерзош йоллура Хеда. Де довха доллушехь, доккхачу корталех хьаьрчина, цунна йуххехь 1ара Човка. Вист ца хуьлуш Човкина улло охьахиира Болат.
2631 Болат йишега хьаьжира... Суна цхьаъ ца делира цо. Ахь вайна деача, ас а лур дац цунна... Йиша шена т1е а озийна, цуьнан жима корта шен некха т1е а та1ийна, коьртах куьг хьаькхира Болата. Т1аккха, меллаша и д1а а хилийна, г1еттина, тоьли чу вахара.
2632 Шен йукъах жима шаьлта а йихкина, цуьнан ворх1 шо дуьзча, дас совг1атана йелла, чоин массо бустам х1оъ-молханах буьзна, мацах цкъа Аьрзус шена йелла, ша хьоме 1алашйен тапча доьхкарх йоьллина, кара жима ч1ижалг лаьцна, аравелира иза.
2633 Къоланна т1ехь лаьцнарг х1окхара шайн кайаьллачохь, къайлавер вуйла хиъча, тухий, воьй, цхьанхьа д1ата1аво хьуна. Нехан хьарам х1ума ца оьшу вайна. Нагахь хьуна х1ума хилахь, т1аьхье йоцуш вов хьан да, пана йуьсу тхойша... Ма кхералахь, со г1оьртар вац хьуна нехан керта.
2634 Эцца хьаннашкахь йиса-йоьжна акха стом-х1ума йуйла хьаьжна, вог1у. Суна са ма гатделахь. Оцу хьаннашкахь черчий хуьлу, боху... Вайн лаьмнашкахь оха масане йийна иза! Кхузарчал дераниш! Со могаш-дийна ц1а воьрзур ву хьуна Нагахь со хьелахь, са ма гатделахь!
2635 ... Воккхачу стага санна, йезза г1улч йоккхуш, тоьланаш йуккъехула д1авоьдучу к1антана т1аьхьахьаьжжинчохь йисира Хеди. Дац-кх сан и доцург х1ума. Веза Дела, хьан кара, пайхамарийн, устазийн кара вели-кх ас иза. Шу орцах довлалаш цунна.
2636 ... Оцу т1аьххьарчу баттахь, мацалло лоьллуш, дукха кхирстинера Болат кху ламанца. Амма цкъа а, тахана санна, некъ ца тайнера цунна. Кху суьйранна дуьххьара дайделира цуьнан дог. Цхьа хаза там бора цунна йазйеллачу керарчу ч1ижалго а, четахь диэкачу ткъех б1аро а.
2637 Ма хазахетар ду-кх Човкина...». Да д1а а воьллина, ц1а вирзинчул т1аьхьа ц1еххьана, шена а хаалуш, хийцавелира Болат. Х1етталц цунна цкъа а дага ца дог1ура шайн доьзалан а, кхуза гулделлачу адамийн а кхолламан ойла йан. Дерригенан ойла йийриг а, г1айг1а бийриг а да вара.
2638 Дел т1аьхьа синтем байра цуьнан. Х1етталц цуьнан терго ца хиллера ненан коьртан къежйеллачу месийн, чуэгначу беснийн а, дуткъаделлачу логан а, букархьаьвзинчу букъан а. Х1етталц цуьнан терго ца хиллера жимачу йишин г1айг1анах буьзна т1ехтуьйсучу 1аьржачу б1аьргийн.
2639 Да веллачул т1аьхьа делакъажар дицделлера Болатан балдашна. Ца йогура б1аьргаш чохь хьалхалера жималлин ц1е а. Жима дог доруш, доттуш шегахь бала белахь а, нийсарошна тамана хабар дийца а г1ертара. Вуон дара Болатан г1уллакх.
2640 Цуьнан йуьртахой, гергарниш берриг бохург санна беллера. Биснарш башха х1окхуьнца г1уллакх дерш бацара. Хилча а, х1ун дара иза. Ткъа Болат мел къонах хила г1ертарх, ницкъ бац цуьнгахь шен наний, йиший кхаба. Г1елйелла к1елйисина йолуш лаьтта нана а, йиша а.
2641 Нагахь мухха кхаьчна а д1акхачахь, цигахь х1усамаш а муха йан йеза, латта лахь, иза дуьйш-дерзош муха лело деза? Нагахь наний, йиший лахь? Аьрзуй, Маккхаллий кхузахь мел ву-м, г1ортор йара цуьнан Нагахь цаьршинна цхьаъ хилахь?
2642 ... Малх д1абуза рег1а т1е лахбелира. Деха 1индаг1аш дийшинера ломан когашка. Ломара йуьрта охьалоьхкура бежанаш, уьстаг1ий, гезарий... Ц1ехьа мел г1оьрти, 1оьхура уьш. Царна дуьхьал 1оьхура эсий, буьхьигаш, 1ахарий. Оцу г1овг1ано Болатна дагатесира генахь бисина даймохк, вина йурт.
2643 ... Туркойн йуьртахула чекх ца вала, шена хьаьвзаш доллушехь, гатесна д1ахьаьвзира Болат. Йуьртан лахахула бехачу берда к1елхула г1ашлойн новкъа воьдучу цунна хьалха к1охцал-коьллийн боьлакна т1ехула хьийза хьарг1анаш гира. Герга мел г1оьрти, ж1аьлийн летар, йетта к1омсарш а хезира.
2644 Болатна хаьара, меттигерчу бахархоша цомгаш хилла къен делла шайн бежана эвлал ара д1акхуссийла. Къей, цомгаш даларрий хьехочохь боцчу наха иштта д1акхоьссина карийнарг, шаьш т1екхаьчча, къайлаха туьпа а йохьий, йуура. И хьарг1анаш йайча, ж1аьлеш лета хезча, хазахийтира Болатна.
2645 Хьанна хаьа, селхана-тахана д1акхоьссина бежана-газа хила а мегий иза-м. Дукха вуон хилаза делахь, к1едочуьра даьккхина жижиг хьур дара-кх. Наха санна, лачкъийна. Бода боллалц кхузахь а 1ийна. Цхьанна гича, хаза хир дац. Хьенехан к1ант къиэйелла х1уманаш йууш ву, бохур ду.
2646 Ж1аьлийн г1овг1а дукха дера а хетта, элхьамчан г1аж йаьккхина, тапчин лергара молха а теллина, берда к1ел хьалаг1оьртира Болат. Иза гергакхаьчча, «пхьакх-пхьакх» аьлла айъайелла, хьуьнехьа д1айахара хьарг1анаш. Лахо ваьлча, Болатна гира шайн х1онсана гена-гена хиъна 1ен масех ж1аьла.
2647 Лаьттах, диттах г1аж тоьхна, царна хичаш йира Болата. Ж1аьлеш дегаза д1адевлира. Коьллаш д1аса а тоьттуш, масех г1улч хьалха тесначу Болатан дег1е зуз хьаьдира, коьрта т1ера массо чо, к1охцал санна, ирах1оьттира. Цунна хьалха ж1аьлеша даьстина керла даьккхина гомха каш дара.
2648 Х1етта ж1аьлеша араийзийначу докъан кегий когаш а, т1ейуьйхина чордачу машин этт1а хеча а, чоин т1емгаш а гира цунна. Цкъа ойла хилира Болатан, г1ад ма-дду ведда, оцу меттигна генавала. Амма б1аьрнег1ар тухучу йукъана хийцайелира и ойла.
2649 Дагадаьхкира, шен да кхелхинчу буса нана ша чуьра араваккха г1оьртича, Аьрзус аьлла дешнаш: «Волийта ахь иза. Халонаш х1инца а хьалха йу». Дагадеара, мел йаккхий халонаш, мел инзаре эрчонаш т1е1иттайаларх, воха а, йухавала а йиш йоцуш ша ден метта висина доьзалан да хилар.
2650 Т1ехула т1е, к1езиг гина цунна и декъий, ша хаъал хилчахьана? Цхьана-шина шарахь денна гина цунна байъинарш, ткъа кхуза кхаьчча цунна гинчу беллачийн хьесап дина а вер вац Бакъду, цаьрга и хьожучу хенахь цкъа а ша ца хилла иза, х1инца санна
2651 Шен дог ирах1отто г1ертара иза. Ма кхера, Данч1ин Болат, т1ег1о! Кхин а цхьа масех г1улч хьалха! Хьо-м нохчо вай, муьлххачу а кхерамна б1аьрнег1ар ца тухуш дуьхьалхьажа, муьлххачу халонца къовса, муьлхха а бала лан кхоьллина!
2652 Хьан къоман ваша бен хуьлийла дац хьуна и шалхавахана 1уьллург. Этт1а машин хеча, берзина когаш... Х1аъ, ву-кхий ткъа хьан декъаза ваша. Кхин мила хир вара иза?! Шайн белларш бердаш к1ел, коьллашла д1а ма ца бухку кхузарчу наха
2653 Цхьа-ши г1улч гергаг1оьртича, докъан йукъах дихкина шаьлтий, доьхкий гина, Болатан коьрте ирча ойла хьаьвзира. Сийсара дуьйна Соип ца гина цунна. 1уьйранна цаьргахьа вала ца кхиира Болат, Аьрзус т1едехкина г1уллакхаш кхочушдеш, хьаьдда лийлира.
2654 Чохь вацара. Соипан нана 1уьллура, пенехьа а йирзина. Иза самайаккха а ца лиъна, йитира кхуо. Даим а санна, кхалла х1ума лаха хьаннашка вахана хир ву-кх, цхьанхьа т1енислур вац-те цунна дагахь, схьавеара... Оцу ойланаша вагийна Болат, шен ч1ижалг охьа а х1оттийна, тасавелла докъана т1евеара.
2655 Ц1еша буьзначу коьртан туьтанна т1ера йоьзачу мозийн дийнна вай г1еттира. Чов сийсайора к1айчу кегийчу н1аьнаша. Цхьаннах тера бу и к1есарк1аг. Коьртан т1ехье ц1еша йуьзна йелахь а, туьта кагйинехь а, Болатна девзира шен доттаг1чун аматаш.
2656 Болата, охьа а таь1на, меллаша корта аркъалсаттийча, цуьнга хьаьжира эрчоно бахьийна, къаьрзина, ангали санна х1иттина Соипан баккхий жуг1ар б1аьргаш... Цара 1адийначу Болатан настарш, лехна, хорша хьаьдча санна, йегайора. Ирахь ца сацавелла, ша лаьттачу охьалахвелира иза.
2657 Йуьхьанцара кхеравалар д1адаьлча, ша дан дезачун ойлане велира Болат. Д1авахьалур ву бохург хьехочохь а дацара. Кхайкхарх, кхача орца а дац. Маьрк1ажан хан хилла йаьллера. Иза туьпа кхачале, пхьуьйре хир йу. Х1ара уллора д1аваьлча, ж1аьлеша дакъа дуур ду, ткъа кхузахь буьйса йоккхуш 1айла дац.
2658 Хилча а, муха 1ийр ву арахь? Мел ца кхера г1ертахь а, дог 1ац детталуш бен Эххар а хедира цо хала сецо къонахалла Бералла ца 1ийра толам баккхаза Логе хьалаг1ерта шад, къурдаш деш, йуханехьа чуте1ийра цо, амма хецабеллачу цунна т1аьххье мохь белира кхуьнан кийрара
2659 ... Вайша Бассан бердашца ловзуш лелаш хир вара... Мел вуон хьегахь а, цигахь мацалла лийр дацара вай, к1елх1итта тхов боцуш лелар дацара вай... Соип, мила ву-техьа, хьан цомгаш нана байлахь йуьтуш, хьо къиза вийнарг, ас муха эца-те цунах бекхам?
2660 ... Йа х1арра де х1уттур ду-те суна т1е а? Хьуна санна, т1екхача доттаг1 воцуш, мецачу ж1аьлеша йожур йу-те сан голаш, 1аьржачу хьарг1анаша мийр бу-те сан б1аьргаш? Иштта хиъна 1ерах г1уллакх хир дацара Хьарг1анаш къайлайевллера цхьанхьа буьйса такха
2661 Амма ж1аьлеша генадоццуш гуотуьйсура... Туркой д1абаханчул т1аьхьа оцу дийнан йисина хан а чекхйелира, даим а санна, белларш д1абухкуш. Маьрк1ажан ламазаш динчул т1аьхьа туьпахь кхеташо гулйира Аьрзус. Тхьамданашка цо д1акхайкхийра туркойн инарлица шайн хилла дийцарш.
2662 Цхьаъ санна, массо а дуьхьал вара Диарбекиран виллаетан махка кхалха. Нагахь дитахь, кхузахь 1ийр ду вай, ца дитахь, йуханехьа к1егар г1ур ду, бохура цара. Сацам хилира нохчийн г1уллакх караделла ваийтина Эрзерумехь волчу оьрсийн эпсарна т1е дехаре нах хьовсо.
2663 Билгалвира Аьрзуй, Маккхаллий, кхин шайца цара къасториг а. Оцу дехачу дийнахь цхьана а минотана охьахевшина садо1ийла ца хуьлуш, к1адбелла, г1елбелла, пхьуьйрал т1аьхьа ц1а бирзира Аьрзуг1ар. 1елий, Чорий, чукхоччушехь, ц1енкъара хьардаш самса а йаьхна, к1ел верта а даржийна, охьавижира.
2664 Аьрзу, ши куьг чуччадоккхуш коьрта к1ел диллина, аркъал д1атевжира. Цунна хаьара Маккхалан охьавижа ойла йоцийла. Тховса ца хьадира цо иза... Чорий, 1елий вуьгур ву-кх. Стенна оьшу цигахь 1алаг1ожа? Оцу т1ехь сецира цаьршиннан къамел
2665 Маккхал шен йозанна т1евуьйлира. Ткъа Аьрзу, ши б1аьрг тоьланан лохачу тховх боьг1на, ойлане велира. Ойла йора кханенан а, ламенан а... Дуьненан паччахьийн а, адамийн а къинхетамах, г1оьнах хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь х1аллакьхуьлучу шен къоман вежарийн, йижарийн а.
2666 Ойла йора генахь бисинчу, дукха баланаш хьоьгучу шен даймехкан, б1арзделла хьийзачу шен къоман. Амма, мел ойланаш йарх, ца карабора к1елхьарвала некъ. Уггар нийсаниг, уггар тешамениг аьлла цара къастийначу новкъа бевлла схьабаьхкинчу кху мисканех хирг дара гуш.
2667 Х1ор а буса охьаьвуьжу иза цу ойланашца. Мегар дац ткъа, буьйсанна охьавижча, набарха мукъана а парг1атвала, г1енаха мукъана а ирсе минот ган? Х1ан-х1а, синтем бац набарх а Дахарехь ша теш хилла цхьаъ кхечул ирча эз-эзар и инзаре эрчонаш г1енах а дуьхьалара ца йовлу кхунна
2668 К1еззиг царна йуучуьнца хенебовларна-м г1оли дара цигахь. Цул сов, массанхьа санна, ницкъ бора царна 1едало а, цаьрца йукъаметтиг галйаьллачохь бахархоша а. Эрзинганехьа д1айоьду тоба а, д1акхачале йуха а йирзина, Эрзеруме д1айахнера.
2669 Кхуза бог1учийн йуьхь схьакхаьчна тховса... Маккхала, шен карара къолам охьа а биллина, ша йаздина кехат караийцира... Маккхала, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира. «...Нах кхалхоран г1уллакх шина а паччахьан бертахь ду бохуш, дийцинчу инарло Кундуховс тхаьш хаза кхоччуш 1ехийнийла хиъна тхуна.
2670 Цо дийцинчух а тешна, шайн даймахках бевлла кхуза схьабаьхкина нах, амма цигахь тхоьга дийцинарг кхузахь ца карий тхуна. Тхуна мохк къастийна кху Хонкарахь, амма иза йокъане, жаг1ане, дийнарг ца кхуьуш, цхьа йекха гунаш ду. Цига а дахана охьаховшахь, цхьа а б1аьстенга вер вац тхох.
2671 Кундуховна, тхо массо велла а, ша ваха лаьа, цунна г1ерта хир ву иза бисина нохчий а схьакхалхо... Х1окху туркойн Сибрех 1ачул, оьрсийн Сибрех дахар г1оли хета тхуна... Аш тхаьш ц1а дахийтахь, кхузара хьал а дийцина, схьакхелхачуьра совцорца оха 1ожаллех к1елхьарбохур бу цигара схьабахка г1ертарш.
2672 Мел лахара а, кхоалг1а дакъа х1аллакьхилла тхо кхузахь х1инцале а. Туркоша боху, тхо Диарбекирал дехьа кхалхадо шаьш. Бертахь ца г1ахь, нуьцкъала цига д1адига ойла йолуш, шеца кхо эзар дошло а волуш Муше веана охьахиъна Эрзеруман вели Эми-паша.
2673 Стенна оьшу т1аккха и гена некъ бойтуш цомгашниш, къенаниш, бераш хьийзо? Оха, кара куйнаш детташ, доьху хьоьга ц1а дерза тхайна бакъо йалар» Маккхал йукъахваьккхира арахь йевллачу г1овг1анаша Дукха хан йалале говран когийн тата сецира тоьлина хьалха
2674 Меттара хьалаиккхина 1ела аравелира. Охьа а таь1на, нийсса ах не1арх чоьхьаваьлла, салам делира лекхачу стага... Марша а вог1ийла! Хьешан куьг лаьцна, шаьш барч лоьручу соне охьахаийра цара иза Дерриг вайн къомана берг бен, сингаттам бац
2675 Шу а деца могаш? Хьал-де хаьттина бевлча, цхьана ханна къамел сецира Чиркхан г1ийлачу серлонгахь ма-къасттало вовшийн йуьхь-сибате хьаьвсира хьаша а, х1усамдай а Т1ера духар х1инца а тишдалаза Иштта вара веана хьаша Диванан сацамца шуна т1аьхьавеана со кхелхина бог1учу нехан т1аьххьарчу тобанца
2676 Аьрзун а, Маккхалан а само ирйелира. Айхьа лоьхурш тхо ду-дац, хаьий хьуна? Суна дукха гина шуьша Хьан дашах тешна, къамел дан ваьхьар вуй тхойша? Шеко йоцуш Хьо диканна воуьйтийла майрачу Солтамурда! Ц1е х1ун йу хьан? Делера къинхьетам а, Элчанера шапа1ат а хуьлда шуна
2677 Уггар хьалха ас д1ахоуьйту шуьга тхаьш дерриш могаш-таза хилар, вай вовшахкъастар а, махках бевллачу муъма вежаршна сагатдар бен, сингаттам боцуш тхаьш хилар а. Амма оцу сингаттамо дегнаш огу тхан, дог1машкара г1ора эшийна тхан, кортош хьередина.
2678 Махках буьйлучу нехан т1аьхье а ца хеда, мацах лоьман хьеха чу ихначу акхаройчул башха, д1аваханарг йухавог1уш а, кхочуш хабар а дац. Цхьа а тайпа хабар доцуш вайна шуьшиъ а. Оцу бахьанашца тхаьш х1ун дан деза а, х1ун дита деза а ца хууш, б1аьрзе ду тхо.
2679 Шу д1а муха кхаьчна, шуна т1едиллинчух х1ун хилла, адам мича хьоле нисделла-те?» «Кхузара хьал-де шуна хаа лаахь, вайна пайдаберг цхьа а дац Берса ц1а вирзина Къилбаседехьара дарц тийна, оцу аг1оне догдохуьйла а д1айели вайн
2680 Адам, хьалха санна, халонгахь ду. Хьалхахьежарх, гуш парг1ато йац. Шу новкъа девллачул т1аьхьа цхьа хьовр-з1овр хилла кхузахь. Хорачуьрчу Акхмирзин Тозас вай кхийрринарг лелий. Тхоьгара пурба доцуш, тхан бертаза, шен лаамехь, ша имам ву аьлла, кхайкхийра цо.
2681 Кехаташ йаздинера гонд1арчу йарташка. Цо сайга даийтина кехат ма-дарра йаздо ас, шу дика кхетийта: «Тхан муъма вешега Солтамурде, бусалба вежаршка имамера Тозера салам-маршалла. Вайн махкара керстанаш д1абаха т1амна кечло. Х1ара д1ахаийта гонд1арчу йарташка, Яьссица, Ямсуца охьа йолчу йарташка.
2682 Дала а, Пайхамара а вайна весет бина г1азотан т1ом д1аболо беза де т1екхаьчна. Вайца барт берш кхана Хорача улло Кхеташ-Коьрта гулло. Делан лай, Нохчийчоьнан имам Тоза». Оцу кехато цецдаьхна тхо меттадахка а кхиале, кхин хабар кхечи, иза шен Хорачуьра араваларца 1едало лаьцна виги аьлла».
2683 ... «...Доцца дийцича, Тоза шайн Хорачуьра араваларца 1едало лаьцна. Делан г1оьнца вайх цхьа а стаг ца нисвелла лецначаьрца, амма Тозас доккха ков эккхийтина вайн г1уллакхна. ... Тозас йинчу хьовр-з1овро кхерийначу Веданарчу полконако шена г1оьнна Чехкарара эскарш дийхира.
2684 Амма цхьа-ши де далале иза кхийтира шена уьш оьшуш цахиларх. Полконакна хиира нохчашка шаьш вовшийн байъийтарал атта х1ума дуьнен чохь цхьа а цахилар. Изза дан а дира цо. И хьовр-з1овр аренга йаржарна кхераделлачу 1едало Нохчмахкара арадуьйлу дерриг некъаш д1акъевлира.
2685 Г1ойл дехьара вайнах т1аьхьа а х1иттийна полконак Мураев веара, Ч1ебарлара нах шеца болуш веара цигара наиб, вайнехан зуда йигна и оьрсийн эпсар. Цаьршимма д1алийцира малхбузехьара схьа Хорача дог1у некъаш. Ч1ебарлара веанчу Жукин Дубас д1алийцира Органна т1едог1у некъаш.
2686 Нагахь Тоза Бенахула Яьссица, Ямсоца охьаг1ортахь а аьлла, аьккхийн дехарца Кешане далийра Хаси-Юьртара эскарш. Эрсанарчу г1опе балийра Бердак1елхьара б1о. Доцца аьлча, цхьа меттиг т1ех1оттахь, ваьшна кхерам муьлхачу аг1орхьара схьа бу а, вешан мостаг1 ваьшна йуккъехь вуй а хии вайна.
2687 ...». Амма оццул дукха вуйла ца хаьара. Ткъа иза дебаш хилла-кх. «Цо и хьовр-з1овр йичахьана, 1едал гуттар ч1аг1делла, марсадаьлла вайца. Цхьажимма а шаьш шекдолу стаг чувуллу. Тозина цкъа ирхъолла кхиэл кхайкхийра, йуха а берриш Сибрех хьовсий уьш.
2688 Хорачошкара х1ор а к1уьран ц1арах цхьацца туьма г1уда даьккхи, элистанжой Теркйисте кхалхий. Тозас вовшахтоьхнарг т1аьхьало йолуш х1ума доццушехь, кхераделлачу 1едало Хорачу дукха эскар теттира. Х1инца а йерриг Нохчийчуьра даххаш шена т1е а гулдина, церан куьйга Тозин тоба йохийра 1едало.
2689 Кхузахь х1инца а каде хьаьвзира Мустапан Девлатмирза, Жукин Дуба, Шаммирзин Бота, гендарганойн Момин Хьоту, г1ордалойн Ойшин Чомакх, молланаш: Кужин Бача, Хадун Арсункъа...». «...Хьоту а, Чомакх а, Бача а, Арсункъа а чинехь лакхаваккха, совг1ат дала Петербухе хьалавелла, боху.
2690 ...»... «...Кхин керла х1ун ду аьлча, кху шарахь т1аьххьара кхелха нах новкъа бевллачу буса инзаре ч1ог1а мохк бегийра вайн кхузахь. Уггар ч1ог1а иза бегийра Веданна гуонаха. Хилла зиэнаш даккхий дац. 1еламнаха шина тайпана дуьйцу.
2691 Цхьаболчара боху, ша д1а а тесна нах махкахбийлар ца лайна, бегийна иза, вукхара боху, х1окху лаьтта т1ехь керстанан 1едална к1ел севццачу нехан къина бегийна иза, цаьрга, кхузара д1а а довлий, бусалба дин маьрша долчу Хонкара д1адаха дезар хоуьйтуш.
2692 Суна хаьа, шуьшиъ цигахь цхьаъ галдаьлла 1ойла. Нах цига д1аг1ерта, ткъа тхуна хаац царна х1ун дан деза. Х1унда вог1у-м хаац, Калакахь волу паччахьан ваша Нохчийчу вог1у бохуш, хабар ду. Иза т1еэца кечлуш бу кхузара хьаькамаш.
2693 Цхьаболчара дикане догдоху, амма, суна хетарехь, и варо тодан х1ума дац, галдаккхар бен. Тхоьгара массаьргара маршалла ду Чоре, 1еле, даймахках бевллачу вайн декъазчу муъма вежаршка а. Вайн везачу Дала къинхетам бойла царах а, вай массарех а.
2694 Эххар д1а-м хервира цо иза, амма т1аьхьа дара-кх. Когаш чучча а боьхкина 1ен Деналха, дехха къамел дан ойла хилла, ши ког Аьрзуна т1ехьахула д1а а хецна, парг1атвелира. Уьш цига кхочуш, х1етта д1акхаьчна со а вара бухахь. Цигахь йерг х1ун чалх йу а хьажий, хабар дан аьлла Солтамурда вахийтина.
2695 Саметтахь хилча, ахь дуьйцур дацара и сонта хабарш. Соьга сайн белш т1ехь и лам айъалуш а, айхьа дагалаьцнарг кхочушдан хьан ницкъ кхочур бац. Цул и сонталла а йитий, хьаькамаша бохург деш 1е. Цо гечдийр ду хьуна ахь лелийнарг.
2696 ... Делан а, Пайхамаран а омра кхочушдан деза ас. Ткъа ахь соьга, керста хьаькамашна хьалха йухавала, боху! Ткъа пурхахь а, корашкахь а лаьттачу наха маьхьарий деттара, Тоза шайн имам ву бохуш Ц1а чуьра арайаьккхина байракх кертахь д1атуьйхира
2697 Шолг1ачу дийнахь цига кхо б1е гергга стаг гулвелира герзах воьттина. Оццул адам шен кертахь гича, Тоза, ара а ваьлла, говра хиира. Массарна а моьттура иза Ведана полковникна т1еваха воллу. Адам дуьхьалделира цунна. Карзахбевллачу наха тоьпаш йеттара Чомакхца баьхкинчарна т1ехула.
2698 Тозин вашас Кебас Тозе элира, ша и Ведана вохуьйтур вац, цигахь и верна кхерам бу. Нахалахь г1овг1анаш йевлира. «Хьо мича воьду? Цара вуьйр ву хьо! Царах кхеравелла Чомакх, шен нах эцна, ведда д1авахара Чомакх д1авахча, эскарш дог1ур дуйла хиъна, Тоза йурт ч1аг1йан вуьйлира
2699 Гуонаха ха х1оттийра, некъашка к1елонаш тийсира, шен мурд веш виъ стаг шена улло х1оттийра. Т1аккха, к1айн чоа а дуьйхина, коьртах чалба а хьарчийна, кара суьлхьанаш а лаьцна, шайн ц1енош т1е а ваьлла, нахе къамел дира цо. Цхьаберш шина даггахь буй а хаьа суна.
2700 Делан ницкъаца, церан г1оьнца сох имам хир ву, т1аккха ас хьукма дийр ду тахана сайна т1аьхьа ца х1иттинчу нахана. И къамел диначул т1аьхьа Хорачуьра араваьлла Тоза Кхеташ-Коьртехьа д1аволавелира. Цунна т1аьхьа масех б1е стаг вара хьалха лаьцна баьццара байракх а йолуш.
2701 Генабовлале царах д1акхийтира Эластанжарий, Хойрарий охьабог1у ши б1о. Амма Кхеташ-Коьртехь х1окхарна к1елхиъна 1аш Чомакх вара, гонахарчу йарташкара таронаш йол-йолу нах т1е а озийна, шен б1о а стамбина. Амма цунна т1аьхьаболчу Кебаг1ар, Эбетаг1ар, Элаг1ар дуьхьало йира йухадовла.
2702 Баккъал дерг аьлча, цара ца витина ваьллера иза имам. Т1аккха Чомакхан б1аьно тоьпаш туьйхира. Уггар хьалха молла Арсункъас кхоьссинчу тоьпо чов йира Хорачуьрчу Мит1ина. Тозин б1о хьалхара бедда, Чомакхниг т1аьхьабаьлла, Гуьмса т1е кхочуш, шаьш лелориг эрна дуйла а хиъна, д1асабаьржира нах.
2703 Тоза лецира. Оцу т1ехь чекхбелира цара бина г1урт... Тозин аг1онах цхьа масеханна чов йира, ткъа Чомакхг1арах цхьанна а ц1ий ца делира. Лазийна ши говр ца лерича. Керла эскарш-м ца оьзна Нохчийчу? Дег1астанарий, Г1ебартарий масех б1о балийна
2704 Эцца цхьана эпсаро, цхьа сом а гайтина, "х1уьсс" алахь, чухьалха кийчча нах дукха бу. Иза шайга хаза вистхилча а тоуьйту. Вай 1овдалш ца лиэдеш стаг вац. Деналха, кхин, барта ала аьлла, т1едиллина х1ума-м дац? Кхузара хабар эций, сихха ц1а верза аьлла соьга
2705 Наб хьег1а Маккхал бага г1етто вуьйлира. Шен г1овталан некха т1ерачу жимачу кисанара дато сахьт схьа а даьккхина, нег1ар хьала а тоьхна, т1ехьаьжира Аьрзу. Цамза шийттана т1ехъиккхинера. Баьгна кхачийна болуш боллура Маккхалан хьакхаран чиркх а.
2706 Цагинарш а, хазазниш а т1едуьйцур ду. Наха йуханехьа вайн махка берза сацамбина. Иза муха хир, хаац. Кхана-лама сой, Маккхаллий оцу хьокъехь оьрсийн векал волчу Эрзеруме воьду. Тхойша цигара ц1а вирзича, цхьана дашца хьо ц1а хьажор ву вай.
2707 Ткъа х1инца садо1ур вай. 1ела, Деналханан говре а хьожуш, хьо арахь вижахьа. Чиркх байъина охьабийшинчу х1окхарна набарш кхетале, тоьлин не1 д1акъевлира жимачу г1аларто. Хедий, Човкий х1ун деш йу? Хьан вийна? Аьрзуй, Маккхаллий, вагийча санна, ц1еххьана к1егархиира
2708 Болата дийцира шена гинарг дерриг а... Хьуна х1ун лаьара, Болат? Хьалххе ц1а кхаьчнехь-м, накъостий эцна вахана, ц1а вохьур вара иза Новкъахь тилавелла лелла, х1инцца кхечи со Далаза сахуьланга довлахь, иза ц1а а веана, нана а, иза а д1адуллур ду-кх вай
2709 Х1инца, чуг1ой, парг1атвала хьо. 110 корта. Императоран комиссар. Х1ун ду тхуна дан ца хууш? Седарчий дагардо, борц а боь, Французашна а лоь Бухку йа кехатех ловзабо Керста адамаш Тхо плантаторш ма дац, Лачкъийнарг эца ТГ Шевченко
2710 «Кавказ». Нохчий Турце кхалхоран хьокъехь шина правительствона йуккъехь барт хиллачул т1аьхьа, туркоша барт нийса кхочушбарна т1ехь тергам латтор т1е а диллина, Кавказан 1едало кхуза ваийтина генеральни штабан капитан Александр Семенович Зеленый Эрзерумехь волу пхоьалг1а бутт бара.
2711 Кавказехь ша йоккху хан, маршонах хаьддачу тутмакхо санна, хала йоккхура цо. Синкъераме а, дера, дара цигахь. Къилбаседехьа бехачу наха даим а шега сатуьйсу кавказски экзотика, бес-бесара къаьмнаш, меттанаш, г1иллакхаш. Ваха а хала дацара кхузахь.
2712 Россехь ц1е а, сий а доцуш, аддамна мичахь ву а ца хууш, къикъвоьлла муьлхха а дворянчик кхузахь воккха хьаькам хуьлий д1ах1уттура. Административни йа эскаран иерархин ламин уггар лахарчу т1ег1анна т1е ког биллабелчхьана, лакхенга хьала-м, дера, воьдура, оцу лакхенгара чухьаьжча б1агор хьовззалц.
2713 И карьера йан башха хьекъал а, корматалла а, 1илма а ца оьшура. Цул сов, хаддаза мотт хьекха безара хьайл лакхарчунна. Цу корматаллех цхьа а тайпа шеца йоцу Александр Семенович, дуьххьалд1а дика штабс-капитан хилла, кхин лакха ца волуш, сецира.
2714 Х1аъ, иза дика эпсар вара. Цунна резавара воккха эла Михаил а, берриг кавказски хьаькамаш а. Шена т1едиллина муьлхха а г1уллакх цо, иза шен даго къобалдеш делахь а, дацахь а, нийса кхочушдеш хиларна. Х1ун дийр ду ткъа, Александр Семенович г1орасиз стаг ву.
2715 Цуьнан гергара нах пачхьалкхан лаккхарчу г1уллакхашкахь белахь а, нехан когаш к1ел хила дийзи-кх цуьнан. Къиза хьоьшу халкъийн маршо, даймахках боху, бевлча а ца буьту, таллархочо экханна т1аьхьа хецна ж1аьла санна, лакхарчара царна т1аьхьа схьахецна иза.
2716 ... «Х1ун дийр ду ткъа?) Дийцина х1ун до цунах, сийдоцуш ду тхан 1едал» Ойланаша д1алаьцна Александр Семенович, ша йаздан долийна кехат йукъахдитина, карара къолам стоьла т1е а кхоьссина, г1еттина, коре вахара Амма ара б1аьргтохаро х1умма а са ца дийкъира цуьнан
2717 Мелхо а, гуьйренан кху хьалхарчу баттахь йиллина г1алина т1екхозайелла лаьттачу т1уьначу дахкаро дог кхин т1е а г1айг1ане хьарчийра. Диллина садуура цуьнан нохчийн эмигранташа а. Эмигранташ аьлча-м, к1еда хетара цунна, нийса аьлча, 1ехийна махках баьхначу оцу декъазчу наха.
2718 Амма нохчий д1атарбаларан г1уллакхан а чаккхе йац гуш. Иза девне долуш доллий-те, моьтту цунна. Кхелхачу нохчийн дуьххьарлера партеш схьакхаьчначу хьалхарчу деношкахь дуьйна туркойн 1едалца йолу йукъаметтиг галйелира цуьнан.
2719 Трапезундехь а, Эрзерумехь а болчу оьрсийн консулийн агенташкахула цунна хиира, схьакхаьчна нохчий, шина правительствона йуккъехь хилла барт а бохош, Ванан пашалыкерчу меттигашка д1атарбан туркойн 1едалан ойла хилар. Амма Нусрет-паша цуьрриг шек ца велира.
2720 Цундела ас сацамболлуш дуьхьало йо ахь лелочунна! Оцу меттигашкарчу 1едална ас т1едиллина цхьаъ ах эзар доьзална латта къастор Ванан пашалыкехь х1усамаш а кечйина оха царна Важа бисинарш Карпуте, Эрзингане хьовсор бу Хьуна ма хаьа, господин комиссар, ламанхой Диарбекире хьовсо йиш йоцийла
2721 Амма, вайшиннан дика йукъаметтиг ца йохо, хьан протестан хьокъехь ас Стамбуле телеграмма лур йу. Т1ейог1у йолу партеш, Муше, Ване а ца хьийсош, Карпуте йахийта. Цига д1атарбелла нохчий меттахбахий, баха беззачу д1абахийта аьлча, хьалххе х1унда ца элира аш шуьга ца алийта, ду хьуна иза.
2722 Стамбулера керла инструкци кхаччалц, ас цхьа а парти хьажор йац Муше а, Ване а. Шаьшшиннан и къамел хиллачу шолг1ачу дийнахь Нусрет-пашин кара йозанца протест делира Зеленыйс. Амма цунна дуьхьал инарлера деанчу кехато цецваьккхира иза.
2723 Нохчий Карпуте бахийтар а, Портера керла инструкци а хьеха ца йора. Дуьххьал схьабохура, Диарбекире бахийтича, нохчий ц1ена х1аллакьхир бу. Кхузахь Зеленыйна гучуделира инарла Кундуховн х1илла. Диарбекире ховшабахь, уьш ах шо далале белла д1абевр бу.
2724 Йокъане, йекха цигара мохк, зуламе 1алам. Суна луур дац масех эзар адаман къа сайна т1елаца. Ас уьш Ванан пашалыкехула, Муша уллохула д1а Назче буьгур бу. Уьш 1ехо йиш йац сан. Кундуховн схьахьедаро вохийра иза. Оцу хьокъехь цхьа а тайпа инструкци йацара цунна йелла.
2725 Цундела сан бакъо йац иза дан. Амма Кундуховс иза аьттехьа а ца дитира. Со тешна ву, Ванна а, Мушана а гуонаха нохчий д1атарбарна Кавказски 1едал дуьхьал хирг цахиларх. Нохчий цигахь совцорна иза дуьхьал хилахь, кхалхоран г1уллакх йукъахдер ду, ткъа иза шун правительствона лаъане а цалуург ду.
2726 Цундела ахь, кхузахь х1оьттина хьал дуьйцуш, Тифлисе хаамбе, цигара хьуна жоп кхаччалц ас нохчий оцу меттигашкахь сецор бу. Цигара сайна керла инструкци кхачале а хаьа суна, нохчашна къастийначу меттигашна йукъара Ванан пашалык, Муш, Битлис а д1айолийла.
2727 Цул а и нах царна билгалбинчу махка т1е д1абахийтахьа. Хаа ду хьуна, схьакхаьч-кхаьчна партеш вай д1а ца тарйахь, и пхи эзар доьзал цхьанхьа гуллахь, уьш д1атарбан хала хилла ца 1аш, ницкъ а кхочур бац вайн. Ткъа царна даа рицкъа а, чубаха х1усамаш а оьшу.
2728 Хьан бийр бу церан г1айг1а? Нагахь царна йукъа ун даржахь йа мацалла уьш бала болахь, хьаьнга х1ун далур ду? Кундуховс жоп сиха ца делира Оцу т1ехь чекхделира цуьнан Кундуховца къамел Цунах хиира Зеленыйна нохчий Диарбекирехьа цабохуьйтург инарла Кундухов вуйла
2729 Мухха делахь а, цхьана 1алашонца уьш цхьана гулахь, Россин дозанашна гергахьа сецо г1ертара иза. Х1етахь дуьйна ши бутт баьлла. Амма нохчий д1атарбаран г1уллакх ша долччохь лаьтта. Александр Семенович кхийринарг хилира цунах.
2730 Россера схьайаьхкинчу кхелхачийн ткъе барх1 партех барх1 Эрзерумехь, ткъа парти Мушана уллохь, Мурат-чайн тог1ехь, севцира. Шайн политически 1алашонаш кхочушйар лоьхучу туркойн 1едало, уьш цигара д1а малхбалехьа ца кхалхо г1ерташ, дукха мекарлонаш лелийра.
2731 Йуьхьанца 1едало сецийра уьш Диарбекирал, Эрзинджанал дехьа кхалхор, ткъа х1инца нохчий шаьш дуьхьалбевлла цига кхалхарна. Александр Семенович дика кхетара туркойн политикех. Чергазий оцу некъахь х1инцале а гоьбевлла... Цигахь боккха т1еман ницкъ латто дезара правительствон.
2732 Цул сов, д1адаханчу шарахь дуьйна карзахдевллера, керста къаьмнаш хьовха, царал цуьрриг парг1атехь доцу бусалба къаьмнаш а. Г1евттина Багдадний, Алеппоний йуккъера къаьмнаш. Д1адахана шо чекхдолуш царна дуьхьал хьовсийначу туркойн эскаршна баккхий иэшамаш хиллера.
2733 Албанехь Махметан куьйгалли к1ел г1евттинчу арнаутийн тоба т1аьхь-т1аьхьа стамлуш йара. Туркойн 1едалан интригашца чергазошний, болгарашний йуккъехь хаддаза дов лаьттара. Нохчий д1атарбар шен планаца чекхдаккха ойла йолу туркойн 1едал йуьхьанца дукха г1иртира уьш малхбузехьа д1а ца бига.
2734 Шаьш бохург шайна хир доцийла хиъча, эххар а меттахъхьайра. Амма т1аьхьа дара. Султанан воккхачу везирера сацамболлуш омра кхаьчначу нохчий д1атарбаран г1уллакхан комиссаро Нусрет-пашас шегахьара хьокъалла долу омра дира Эрзеруман велига Исмаь1ал-пашега.
2735 Амма Исмаь1ал-паша цуьнан омра кхочушдан г1иртира, цунах цкъа а г1уллакх ма хилахьара бохуш. Г1уллакх хецна дитарна бехкевина Исмаь1ал-паша шен балхах мукъаваьккхира, ткъа иза ваьштадало ницкъ боцчу Нусрет-пашин а дийзира шена т1ерачу декхарх ша мукъавитар деха.
2736 Исмаь1ал-пашин метта Эрзеруман вели х1оттийначу Эмин Мухлис-пашина т1едиллира нохчий д1атарбаран г1уллакх. Керлачу комиссаро доггах а, шех т1ех тешна а долийра шен декхар кхочушдаран г1уллакх. Курачу пашин йухавала дийзира. Б1аьсте йаьлча, царна цигара д1абовла лаац аьлла, битахь?
2737 Х1окхеран дош а, г1уллакх а цхьаьна ма ца дог1у...». Мацах цкъа шен Нусрет-пашиций, Кундуховций хиллачу къамелах лаьцна шиъ кехат дахьийтинера цо Тифлисе: Нусрет-пашас шега йаздина кехат а, ша цунна йаздина жоп а буха а дуьллуш.
2738 Александр Семеновична хезнера, х1уманах ларлуш волчу инарло Карцевс, шеггара жоп ца луш, и кехаташ, Лорис-Меликовх дагавала, Владикавказе дахьийтина бохуш. Х1етахь дуьйна бутт сов хан йаьлла, ткъа оццул оьшу жоп х1инца а кхачаза ду!
2739 «Декъаза нохчий-йа1, ма боккха болх бу-кх шуьга х1оттийна 1азап! Кху аг1орхьа шу дита суна бакъо лац, шаьш хьийсочу д1адаха ницкъ шуьгахь а бац Ой, д1акхаьчча, х1ун дан деза? Уьш-х бутт балале белла кхачалур бу цигахь! Ткъа Кундуховс дийцарехь, т1едог1учу шарахь кхин т1е а кхалхо ойла а йу
2740 Кху жоьжахате бог1учул, шайн махкахь летта, мацалла белла д1абовлар г1оли ма йу царна...». Нохчий Диарбекиран виллаете хьийсорна т1ег1ертар кхин хилча цамаггал йоккха къизалла йара оьрсийн правительствон аг1онгахьара. «Адамалла х1ун йу хаьа Россехь?
2741 Маршо дагайеънарг йа танг1алкхаш т1е хьалаозаво, йа Сибиран жоьжахате хьажаво, йа ша-шен вуьйчу хьола т1е воккху. Петрана т1ера хьала Александр 11-чунна т1екхаччалц йолчу йехачу заманахь. Дийна биснарш махках боху. Шайн дайх ц1анйина малхбузе Кавказ а.
2742 Шен ц1ела карчий Польша а. Х1инца тхан цамзанийн цивилизаци йуккъерчу Азин г1амаршка шерша...». Оцу сингаттамечу ойланех иза йукъахваьккхира эткаш ц1ийзош чоьхьаваьллачу даим ц1ена вухавелла, даим шена т1е кахьоькхуш, маре йаха кечлучу йо1стагал хала лелачу цуьнан г1оьнчас поручико Шелковниковс.
2743 Зеленыйна б1аьрг ма-кхийтти девзира и казенни конверт. Йеа маь11е а, йуккъе а хьаьхьамчан мух1арш диттина долу иза, цигара ца хилла, мичара хир дара. Кху варварийн махкахь массара а вицвина вайша. Не1алт хуьлда со кхуза хьажо дагадеанчунна!
2744 Тифлисан мехкаршлахь, йалсамане дахана хьоза санна, воллуш ма вара со. Моз лехьо накхармоза санна, цхьанхьара вукхузхьа а вуьйлуш, массарех а дургал оьцуш лелара. Х1инца 1ан веза-кх, г1ан санна, и хан дага а лоьцуш. Хьожуш хилалахь, т1емаш даьгна вуьсурий хьо!
2745 ... Сох хьакхаделла т1емаш даьгнарш бу, сан нуьро 1адийна, т1ег1ерта ца баьхьнарш бу. Хаьий хьуна, Александр Семенович, селхана цхьана турчанкица гергарло тасаделла сан. Пашин йо1аца. Цуьнан ши б1аьрг хьайна гинехь! 1аьржа агат санна
2746 Ткъа ц1оцкъамаш! Х1ан-х1а, йийцарх хуур дац Цкъа ас гойтур йу хьуна иза Жабох х1ун до ахь? Тахана ас дан дезаш сиха г1уллакх-м дац вайн? Х1унда хоьтту ахь? Дала аьтто бойла хьан! Ц1а чохь 1ат1аран хьожа а йитина, д1авахара поручик
2747 «Тамашийна стаг ву. Дозалла дезаш. Амма ша ледара эпсар а вац. Х1ун боху-те Тифлисо? Сан боьхначу аьттонна жоп дац-те?» Схьаэцна пакет тукарца хадош схьа а йиллина, чуьра кехаташ схьадехира Зеленыйс «Эрзерум Оьрсийн консульстве
2748 Генеральни штабан капитане А.С. Зеленыйга. Господин капитан! Нохчий Турцехь д1атарбаран г1уллакх т1ехь инарла-лейтенантан Лорис-Меликовн гайтамашца куьйгалладар т1едуьллу хьуна Полковник Богуславский» Цунах доллу кхалхор оцу хьелашкахь х1инццалц схьа машаре д1адахаран бахьана
2749 ...». Шайна луъург дойца оцу мискачу къомана т1ехь! «» Амма, мацца а цкъа лучу далахь, кху адамашка х1оттийначу 1азапах жоп-м шиммо а лур ду ашшимма Цул а дика хир дара, х1инццехь шуьшиъ танг1алкхаш т1е хьалаоьзча» Шен дагахь барт беттарца жимма дог хьаийна, кехаташ цхьана папки йукъа д1атийгира цо
2750 Эмин-паша шен дошлошца Муше а, дера, вахана, герз йукъадаккха везире цо пурба а, дера, дехна, цуьнан д1аволавалар доггах долчух тера а, дера, ду. Амма атта тоьшийла йац-кх кху басурманех. Цхьаъ дуьйцу йа дан г1ерта, д1аладоьг1ча, кхин дой карадойту.
2751 ...». Даим а санна, не1 ца тухуш чувелира цуьнан денщик, салти Ефрем Чеботарев. Капитанах б1аьрг ма-кхийтти, хиира салтичунна иза цхьана х1уманна т1ехь вас хилла воллийла. Цундела, цуьнан тидам шена т1еберззалц, вистхилла новкъарло йан кхоьруш, не1арехь вулавелла сецира иза.
2752 Х1ун дара а хаац, оццул майра салти, и капитан шега вистхилча, йо1 санна, ц1ийлой, багах дош ца долуш вуьсура цхьа хан йаллалц... Х1ан, х1ун ду хилларг? Ткъа вайша, дахка санна, казенни ахчанах леташ ву Мича дахана? Нохчийн берашна, г1аддайначарна д1адекъна
2753 ... Хаьа суна, къинхетаме а, догдика а хиларал сов, оцу нохчашка ч1ог1а безам болуш хьо хилар, амма луъ-луург дан ма ца тарло. И нохчий, шаьш басурманаш, вайн мостаг1ий белахь а, майра, тешаме, оьзда нах ма бу. Цул сов аьлча, бакъдерг цаьргахьа ма ду.
2754 Стенна г1ертара вай церан махка? Вешан, оьрсийн, латта к1езиг дара вайна? Уьш вайн линешна т1елетара, олу вай Ткъа хьенан лаьтта т1ехь йара и линеш? Нохчийн лаьтта т1ехь йара-кх Вай церан йарташ, йалташ, бераш, зударий х1аллакбора, цара дуьхьало йора
2755 Х1ан, ницкъ иэшна, г1елбелла к1елбиссалц, вайх лийти уьш, вай туьйли оцу цхьа кана турпалхойл. Х1ан, мохк а схьабаьккхи вай. Сатуьйхи цара. Маршо а схьайаьккхи цаьргара. Сатуьйхи цара. Хьуна новкъа ма хета, Александр Семенич, тхо, ахархой, адамийн хьесапехь ма дацара Россехь.
2756 Духкура, оьцура ж1аьлех, говрех хуьйцура. Йеттара, Сибрех хьийсадора. И иэхье крепостни лолла шайн коча тетта доьлча, шайн г1иллакхашца, амалшца, динца ца дог1у вайн 1едал, г1уллакхаш шайна т1ете1о доьлча, кхин х1ун дийр ду а ца хиъна, махкахбевлла уьш.
2757 Бевлла аьлча а, вай нуьцкъала баьхна-кх. Цигахь б1арзбелла, шаьш х1ун дийр ду а ца хиъна, схьабаьхкина-кх. Кхузахь хуьлуш дерг гуш ду-кх хьуна. Мацаллой, махкаллой, цамгарший хьоькхуш, кхачош бу. Муха ца лозу царах дог? Бераш, зударий
2758 ... Александр Семенич, хьуна ма хаьа вайн 1едалан бехкенна уьш х1аллакьхуьлийла. Мел вайна ца лаахь а, правительствос дина дика а, вуон а оьрсийн халкъана т1е ма дог1у. Оцу нохчашка 1азап х1оттийначийн декъехь церан г1оьнча ма ву вайша.
2759 Ваьшшиннан бертаза, Александр Семенич... Зеленыйс леррина ладоьг1ура шен денщико бехкевеш дечу къамеле. Шен нийсачу букъа т1ехьа ши куьг диллина, кегийра г1улчаш йохуш, меллаша чухула д1аса а лелаш. Ша дуьйцуш лаьтташехь цо леррина тергалйора штабс-капитанан горга йуьхь.
2760 Цхьа халла хаалуш таь1ана мара, сийна б1аьргаш, хьаьрса корта, доцца хьовзийна мекхаш. Х1етта ткъе итт шо кхочуш, 1аламат безамехь эпсар вара иза. Биъ бутт гергга хан йара Чеботарев цуьнца волу, оцу йоццачу хенахь цунна ч1ог1а везавеллера Зеленый.
2761 Дуьххьара б1аьрг ма-кхийтти хиира цунна шен керла эпсар догц1ена, къинхетаме стаг хилар. Хенан йохалла цуьнан леларехь, къамелехь, цо наггахь кхуссучу дешнашца хиира паччахьан правительствос лелочу политикина иза резавацар, мелла велахь, иза «шайн» стаг хилар.
2762 И тешам бара Ефрем Анисимовиче иштта эвхьаза и къамел дойтург. Салтичун йуьхь-дуьхьал ца хьожуш, ши б1аьрг ц1енкъа а боьг1на, д1асалелара Зеленый. Х1аъ, бакълоь и къена салти. Лаахь а, ца лаахь а, и шиъ декъашхо ву оьрсийн правительствон чоьхьарчу а, арахьарчу а къизачу политикин.
2763 Венгре интервенци йарна, польски г1аттам хьашарна, Къилбаседа Кавказера дуккха а аборигенаш т1аьххьарчу стаган т1е х1отталц схьакхалхорна. Х1етте а, ша якобинцийн, декабристийн идейни т1аьхьенах а лоьру. Нагахь ахь цхьажимма а дуьхьало йахь, цара, т1е м1ара а та1ийна, ткъарш-аьлла йор йолуш.
2764 Цул даре де, хьайн дагахь дерг кхочушдан г1орта хьовха, атталла бакъдерг бакъ ду а, харцдерг харц ду а ала ца ваьхьаш, хьуо к1илло хиларан. Стенах кхоьру хьо? Х1аъай ткъа, карьера йукъахйаларна Ши йуьхь йолу Янус!» Ас хьуна дийца ма дийцина тхаьш цигахь ц1ий1енор
2765 ... Цхьана минотана воьхна салти йуха, х1умма а ца хилча санна, меттавеара. Дерриг чекхдаьлла... Т1ом, т1ом, т1ом. Оьрсийн салтийн кхаа т1аьхьено. Оцу нохчаша-м шайн даймохк, маршой ларйора, ткъа оха? Тхуна стенна оьшура тхаьш санначу оцу мисканийн ц1ий 1енор?
2766 Оха кхузахь мел даккхий хьуьнарш гайтарх, ца вуьйш ткъе пхиъ шо а даьлла, Россе вирзича, йуха а помещикан дукъа к1ел ворта йолла ма йеза. Тхан ц1ий 1енош схьалецна латтанаш хьолахошна совг1атана лора. Ц1ахь а, кхузахь а тхан ц1ий 1уьйду, ткъа тхо дацочийн хьал 1аь1а.
2767 Доцца аьлча, Александр Семенич, ц1а а бирзина, йуха а 1азапе оьгучул, нохчашкахьа бовла лаьара дукханна а. Мухха делахь а, цара латториг бакъонца къийсам бара. Цигахь маршо йара. Чеботаревс белш саттийра. Лам чу веддачо дин хийца дезара, шен даймахках гуттаренна догдилла дезара.
2768 Суна ма ца лаьара иза. 1едал мел къиза делахь а, Росси сан даймохк ма бу. Ца го хьуна, и б1арзбелла хьийза нохчий? Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу Капитано, т1е а веана, резахилла, белшах куьг туьйхира салтичун Дика белахь а, вуон белахь а, вайн даймохк бу-кх иза
2769 Дика хир дара цигахь 1едал жимма адамалле хилча. Кхечу мехкашкахьчул къизо ду вайн 1едал. Х1ун дийр ду, вайшинга хийцалур дац-кх иза. Дан х1ума дац, Анисимич. Мацца а цкъа цхьа зама йог1ург хир йу массарна а маршо йолуш. Х1ун дийр ду, Анисимич, ницкъ бац.
2770 Сан алапех вайшинга кхабалур ма вац мацалла леш воллу масех эзар стаг. Амма Чеботарев х1оьттина лаьттара. Уьш герзаца кечбелла, дикачу дойшкахь береш бу. Эпсарна сий делла, цхьана кога т1ехь д1а а хьаьвзина, аравелира салти.
2771 Цхьа масех минот йаьлча, шеца шиъ нохчо а валош йухавеара Чеботарев. Шиннах хьалхарчо, горга йуьхь-марш а, сийна б1аьргаш а болчу безамехьчу нохчочо, оьрсийн маттахь маршалла делира. Х1орш д1абаха арабевлча, кухне бигий, йуург ло веанне а.
2772 ... Араиккхинчу Чеботаревс, х1орш вовшашка хьал-де хаьттина бовлале, стоьла т1е к1айн бепиг, шекаран чай, хурманаш, ши шиша цинандальски чаг1ар х1оттийра. Чу чаг1ар а доьттина, хьешашна хьалха стаканаш х1иттийра капитано. Шениг кара а лаьцна, хьалаг1еттира иза.
2773 Ши хьаша а хьалаг1еттира... Хьешаша стаканаш д1а ца оьцура. Тхан дино тхуна дихкина иза. Баркалла хьуна. Кхача д1ора токхе бацахь а, д1аэцал шайна. Ши хьаша, багахь цхьа шабар-шибар дина, цхьацца баьпкан йуьхк схьа а эцна, п1елгашца к1ез-к1езиг йоккхуш бага а туьйсуш, меллаша 1ийша велира.
2774 Зеленыйс леррина тергалдора цаьршиннан аматаш. Сийна б1аьргаш болчун аьрру куьйган п1елгаш дацара. Цуьнан къамеле ладоьг1ча, б1аьргаш чу хьаьжча, хаьара Зеленыйна и стаг т1емалочул т1ех политик а, догц1ена, адамалла долуш стаг а хилар.
2775 Ткъа важа, шолг1аниг, вист ца хуьлура. Векъана, шуьйра белшаш, андий пхьарс-ност, йуткъа г1одайукх, курра саттийна ворта. Х1етта къеждала доьлла кортий, мажжий. Йуург йиъна, цхьацца стака чай а мелла, шаьшшиъ парг1атваьлча, х1усамдена баркалла а аьлла, шайн г1уллакх дийца вуьйлира ши хьаша.
2776 ... Сийна б1аьргаш болчо корта хьовзийра. Бохамо арадаьхна тхо, господин эпсар. Бохамаша б1арздина, махках девлла тхо, х1инца кхузахь иза эз-эзарза садаьлла. Оха дийца ца оьшуш, хьуна гуш ду-кх тхоьга х1оьттинарг. Тхан жайнаша дуьйцу, мацца а цкъа цхьана эхартан заманахь къемат-де х1уттур ду бохуш.
2777 И къемат-де тхуна х1оьттина-кх. Нохчочо дуьйцучунна т1етовш, корта те1абора капитано. Т1аккха тхан лула, Теркан раьг1нашка, баьхкина, баха охьахевшира г1азкхий. Вежарий санна, бертахь бехара уьш а, тхан дай а. Х1етахь дуьйна мостаг1алла доллу тхан махкахь.
2778 К1ез-к1езиг йулуш, херо йуьйлира, т1аккха мостаг1алла дуьйлира тхуний, г1азкхашний йуккъе. Тхешан мохк, доьзалш, синош лардан тхо г1ерташ, уьш тхоьгара д1адаха шу г1ерташ, кху т1аьххьарчу дезткъа шарахь хаддаза вовшийн ц1ий 1енийра шун а, тхан а къаьмнаша.
2779 Хьуна баккъал дерг хаа лаахь, шуьниг а ду декъаза къам. Россехь йийсарехь к1еззиг хан йоккхуш суна хиъна иза мел доккхачу 1азапехь, харцонехь доллу, цунна т1ом ца оьшийла. Мухха делахь а, ц1ий 1ена-кх. Бехкеверг Далла го. Къам доккха, ницкъ алсам хиларна, шу туьйли.
2780 К1езиг, г1орасиз долу тхо иэшна. Шаьлтанан макъара т1е ка а диллина, т1улгах воьттича санна, вист ца хуьлуш хиъна 1ачу вукху нохчочун кийрара узам болуш санна хийтира капитанна. Латта доцуш дисина тхан къам ирчачу хьоле дуьйжира.
2781 Нагахь хьо Нохчийчохь хиллехь, хьуна гина хир ду дерзина тхан бераш, т1елхигаш кхоьхкина лела баккхийниш. Цу т1е, аш тхан коча 1иттира шайн 1едал, г1иллакхаш, хьоьшура тхан дин. Оцу йуккъехула эладита даьржира, кестта нохчашкара герз д1аоьцу, керста дине берзабо, Сибрех кхалхабо уьш аьлла.
2782 Кхечара эладита айъира, туркойн паччахьо тхо д1а а доьху, цигахь тхуна къастийна дика мохк а бу, Дала а делла, цига д1аваха луучунна оьрсийн паччахьо бакъо а ло, Кундухин Алхазан Мусий, 1успанан Сайдуллий шайца бог1урш эцна, цига кхелхаш ву аьлла.
2783 Оцу шина стага а бохура, и дерриг бакъ ду. Нахана хьалха кхо некъ х1уьттура: йа даймахкахь мацалла хьегар, эххар а керстанаш хуьлуш; йа оьрсийн 1едалх летта х1аллакьхилар; йа кхуза, туркойн махка, схьакхалхар. Цхьаберш т1аьххьарчу новкъа бевлира.
2784 Кхузахь мукъа а маршой, сискаллий карор йацара-те аьлла. Ткъа уьш мел ч1ог1а г1алатбевлла гуш ду-кх. Кундуховс а, Сайдуллас а 1ехийна тхо. Туркоша тхуна къастийна боху мохк йекха, даьсса, дерзина гунаш ду. Цига дахча, тхо делла д1адевриг хиларан шеко йац.
2785 Нахана лаац цига баха... Шен къамел сацийна, дакъаделлачу балдех мотт хьаькхна, д1асахьаьжира нохчо. Схьахетарехь, хала дара цунна шаьш хьегна 1азап далхо, шайн иэшамна къера хила. Стоьла т1ехь бошхепахь лаьттачу графинара доьттина стаки чохь хи д1акховдийра цуьнга Александра Семеновича.
2786 Уьш х1инца кхетта махкахдовларца шаьш далийтинчу г1алатах. Нагахь Диарбекирна дехьа къастийначу махка д1аг1ахь, цигахь а лийр ду тхо. Мушехь дисахь а, лийр ду. Малхо доттуш, дог1анаша лийчош, тхо цигахь лаьтта масех бутт бу.
2787 Х1инца т1ег1ерташ йочане гуьйре йу, цунна т1аьххье, борз санна, 1а дог1у. Ткъа тхан к1елх1итта х1усамаш йац, кийра бузо х1ума дац. Шайна йолах эскаре х1итта, боху тхоьга туркоша, шайн лолле дерза. Иза дан тхуна лаац. Тхо цигахь совцийта дуьхьал ву, боху, шун паччахь.
2788 Цхьа к1ира хьалха шеца кхо эзар дошло волуш Муше веара инарла Эмин-паша. Бертахь цигара д1адовла, ца довлахь, ша нуьцкъала дохур ду, боху цо. Ойла йан итт де хан а йелла, вахана. Ткъа нехан сацам хилла, цигара д1а малхбузехьа ца баха, зударшций, берашций цхьаьна летта бала.
2789 Инарло тоьхна хан кхана-лама чекхйолуш йу. Тахана ца 1анахь а, кхана-лама ц1ий 1енар ду. Хьан карахь ду церан синош. Чоина чухуларчу г1овталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна ши кехат кховдийра цо Зеленыйга. Цуьнгара и схьаэцна, даржа а дина, т1ехьаьжира капитан.
2790 Чехкачу хот1аца, кегийра 1аьрбийн элпашца йаздина дара ший а кехат. Карахь д1аса а хьовзийна, х1уманах ца кхетта, шина хьеше хьаьжира иза... Тхешан бохам, тхаьшкара 1азап, бала. Шиннах цхьаъ. Цхьа а вист ца хуьлуш ши-кхо минот йелира.
2791 Ц1енкъа тесначу г1еххьа тишачу куза т1ехула ц1ийзара капитанан когара ц1ена эткаш. Цуьнан нийса букъ, цхьа беза мохь т1ебиллича санна, оцу минотехь хаъал сеттира. Кура корта таь1нера. Шун дехар а бакъонца ду. Цхьа сиз ца талхош.
2792 Доцца аьлча, цигарчу хьаькамийн карахь тайниг йу-кх со. Тхоьгара къа-бала хиъча, тхуна орцах бевр бара-кх уьш. Шозза йаздина ас цамгарший, мацаллой шу хьоькхуш хилар, туркоша къастийначу махка т1е ховшадахь, шо далале шу делла д1адевриг хилар.
2793 ... Шина паччахьан хилла барт, цаьршиммо вовшашна делла дош дохо йиш йац, боху. Дош духура бохуш, сила долу адам х1аллак муха дийр ду? Х1ан-х1а, эпсар, туркоший, аший билгалйинчу оцу меттиге д1а ца кхелхаш, бала сацамбина наха
2794 Шиннах цхьаъ. И тхан дехар Тифлисерчу оцу сардале д1адахьийта. Дала тхох къинхетамбар даг чу тосур дац-те цунна. Дукха къахьегна, к1адвелла х1оьттича санна, везза кресло чу охьа а хиъна, п1елгийн йуьхьигашца стоьла т1ехь йайн вота туьйхира капитано.
2795 Т1аккха, стоьла т1ехь 1уьллу нохчийн дехаран кехат схьа а эцна, вехха цуьнга хьийжира. Ас дича ден дерг, сан ницкъ кхочу дерг шун букъа т1ехьа къайлаха лелочу, хуьлуш долчу г1уллакхех шу кхиор ду. Амма иза ас шуьга дуьйцур ду, дийца сайн бакъо йоццушехь.
2796 Х1етте а 1ад1ийр вара со, шуьшиннах со ца тешахьара. Цундела дуьйцу ас. Тхан правительствос шу йуханехьа ц1а доьрзуьйтур ду бохург хьехочохь а дац шуна. Цуьнга дог ма даха. Аш шайна мохк боьхучу Мушаний, Ванний гуонаха шаьш дитарга дог а ма дахалаш.
2797 Цкъа-делахь, тхан 1едало туркошна бакъо лур йац шу цигахь совцийта, шолг1а-делахь, оха бакъо йелча а, цигахь шуна бала мукъа мохк а бац. Цигара латта нехан долахь ду. Диарбекирна дехьара мохк пачхьалкхан долахь бу, цундела хьийсадо шу цига.
2798 Нагахь бертахь шу цига ца г1ахь, туркоша нуьцкъала дуьгур ду шу. Шуна ма хаьа, Эмин Мухлис-паша кхо эзар дошло валош шаьш долчу сакъера ца веанийла. Шу ц1ера девллачул т1аьхьа телеграфца воккхачу везире шена кхин т1е эскарш а, нохчашна дуьхьал герз даккха бакъо а йехна цо.
2799 Воккхачу везиро кхочушдина цуьнан ший а дехар. Хаалаш, бертахь цигара шу д1а ца довлахь, ц1ий 1енарг хилар. Иза-м шина хьешана а хаьара. Хьалхара кисанара схьа а даьккхина, пуржин та1ийна, дато нег1ар диллина, сахьте хьаьжира х1усамда.
2800 Лаамаза арахьажавелира Аьрзу а. Х1етта йекхначу стигалахь гучубаьлла малх чубуьзна болуш боллура. Шайн дийцарш чекхдаьллий-те хетта Маккхал, кхуо х1ун олу-те аьлла, Аьрзуга хьаьжира. Амма Аьрзу, жоп даларан меттана доккха са а даьккхина, голаш т1е ши куьг дуьллуш, хьалаг1еттира.
2801 Ма-хуьллу сиха. Хьанна хаьа, мухха кхаьчна а дозане кхаьчча, къинхетам бина, сардало ц1а дита а мегий тхо-м. Т1улгах дина-х даций цуьнан дог. Ас сайна хетарг аьлла, аш шайна хуург де. Муьлххачу новкъа довлахь а, Дала аьтто бойла-кх шун!
2802 Ашшимма х1ун до? Шуна хьешан ц1а-м дац сан Амма божал ду чохь сийна йол йолуш Анисимича, хаза дуза а дина, цу чохь парг1атдохур ду шу 1уьйрре г1евттина, новкъадевр шу Ши хьаша вовшашка хьаьжира Тумановга Хьомсара Государь Александр Георгиевич!
2803 ... Сох тешийначу областера кхелхина Турце боьлхучу туземцийн т1аьххьара парти 17-чу августехь кхузара д1айахарца а, кху шарахь кхин т1е кхалхор сацорца а доьзна хьан сийлаллина т1едуьллу ас хьайх тешийначу Отделера цхьа а доьзал х1инцачул т1аьхьа Турце д1ацахецар.
2804 Ткъа кхелхинчу ламанхойх сан Канцелярера билет доцуш шен даймахка ц1а бирзина нах, нагахь церан карахь вайн консулато визировать дина паспорташ делахь, гуонаха ха а х1оттадай, Владикавказе схьахьовсабе. Инарла-лейтенант Лорис-Меликов».
2805 «Аргунски Округан начальнике майоре Ипполитовга: Хьан оьздалла! Инарла-майор эла А Г Туманов» 10 корта Т 1 аьххьара буьйсанаш Х1ай Дела, хьайн олхазаршна Ахь цхьацца бен белла Ткъа сан бен бохийна, Дег1ера ницкъ иэшна, Бодашкахь тилавелла
2806 ... О. Туманян. Мух1ажаран илли. Даккхийра делха доьллачу дог1ано, йуьхьанца к1еда татанаш лоьлхуйтуш, чан г1аттийра туьпахь. Амма оцу дог1анна дуьхьало ца йалора туьпарчу х1усамашка. Уггар дикачех лоруш йолчу М1аьчиган тоьланан тховх а, цецах санна, чекхдуьйлура иза.
2807 Йуьхьанца йукъ-йукъа ладарш гучудевлча, царна к1ел пхьег1аш х1итто вуьйлира М1аьчиг. Жимма 1ийна, массо маь11ехула уьш т1е1ена доьлча, пхьег1ех дог а диллина, куьйга корта а лаьцна, ойлане ваьлла охьахиира иза. Цомгаш-м йара иза, амма йаллал к1елйисина йацара.
2808 Нана а, шел кегий бераш а делчахьана, дено-дено худалуш, мажлуш, йеккъа цхьа даь1ахкаш бен ца йисинера иза. Миччахьара а шайн карайеана кхалла х1ума цунна кхоайой йуьтура дас а, вашас а. Амма цо ца йуура. Хьистича а, бехкаш даьхча а, човхийча а.
2809 Атталла дуьхьал йист а хуьлурий ткъа? Гуонаш 1аржйелла, к1оргге хьех чуэгначу, чохь садоцуш санна кхоьлинчу жуг1ар б1аьргех къорра хиш лешара, мерах седа оллалора, кхуьйсу левси санна, хьазхьизе ийъалора дакъаделла некхау Т1аьххьара шен б1аьргех хи даьлла хан халла дагайог1ура М1аьчигна
2810 Мацах-мацах цкъа беран хенахь дара иза. Бийболатан заманахь. Ярмол-сардалан хьерабевллачу инарлаша оцу гонахарчу йарташкара кхо б1е стаг Гезлойн-г1опехь къиза вийначу дийнахь. Оцу дийнахь вилхира М1аьчиг. Оцу дийнахь и къиза ши инарла вийра Майртуьпарчу Оччархьаьжас.
2811 Амма цаьршимма вийна кхо б1е ден ца велира. Охх1ай, уьш кхо б1е вийча, севци белира. Веанчу Ярмол-инарлас сийначу ц1арах йагийра йарташ. Х1етахь дуьйна шовзткъа шо даьлла. Ткъа оцу шовзткъа шарахь цкъа а б1аьргех хи ца даьлла М1аьчиган.
2812 Амма тховса дуьхьалара вал хаьдда-кх царна. Оцу шовзткъа шарахь 1аь1на иза, тховса, и арахь серашха детта шийла дог1а санна, охьахецаделла-кх. Ткъа мел дукха хилла и декъаза денош... Дуьззина шовзткъа шо. Маса де хуьлу уьш? Хьанна хаьа
2813 М1аьчигна хаац оццул шерийн денош лара. Ткъа ойланаш кхерста. Кхерста уьш нохчийн лаьмнашца, аренашца. Кхерста уьш буьрсачу Теркаца, аьрхачу Яьссица. Беркатечу хьаннашкахула. И къена хьаннаш йуьзна акха кхуьуш стоьмаш, ораматаш, акхарой, олхазарш хуьлура.
2814 Ахь лаьттах буьртиг 1оьттинчохь йалта кхуьура. Йалта аьлла х1ума дацара, цхьа хьийкъина хуьлура иза. Йокъано йа т1амо йалта х1аллакдинчу шарахь а хене довлура. Б1аьсте йаллалц хьаннашкахь гуттар баа тобелла кхораш, хьаьмцаш, хьорамаш, маситта тайпа стоьмаш хуьлура.
2815 Кхузахь дац х1умма а. Ког биллал латта а, цхьа колл а йац цхьаннан долахь йоцуш... Мохк-м иштта бара кхузахь, ткъа адамаш? Уьш а ду хийра Цигахь, Даймахкахь, дерриг дара дагна гергара Мотт башх-башха белахь а, г1иллакхаш цхьаьнадог1уш цхьа ламанхой бара уьш
2816 Биллина т1ом хиллехь а, оьрсашца тарлора. Баккъал дерг аьлча, ц1еначу оьрсичул догдика, къинхетаме, тешаме адам хила йиш йацара. 1аж санна, ц1ен бос беттало йелайелла, йекхайелла к1айн йуьхь, цхьа а тайпа шалхо йоцуш к1орга, хьанала б1аьргаш, партала, амма зоьртала дог1маш.
2817 Царах ца тешийла, уьш ца безийла, цаьрца гергарло, доттаг1алла ца леладойла дацара. Шайн дайшкахь дуьйна и ший а зиэделлера нохчашна. Ткъа гуьржий, шайн мотт кхин белахь а, лаамехь а, лаамза а оьрсийн паччахьехьа бевлла, шайх летахь а, цхьа вежарий лорура цара.
2818 Кхузахь кхин хьал ду. Кхузара эрмалой а, гуьржий а тера а бац дозанал дехьарчех. Дика адамаш-м, дера, ду уьш. Амма кхузара адамаш туркойн б1ешерийн 1азапо те1ийна, кхерийна, шайн лаам байна, лолле дирзина. Х1окхарна дош ца хета цхьаъ дийцар, кхин дар.
2819 Х1ораннан б1аьргаш чохь йа мекарло, йа дуьненах догдиллар, йа муьт1ахьалла го. Х1аъ, Васала цуьнга ала-м элира, маршой, нийсой лоьхуш, йиша-ваша а, халкъ а дитина, ша цкъа даймахках ваьлла, ткъа и харцой, къизаллий шена т1аьххье кху лаьмнашка йеана.
2820 Маршо а, нийсо а лаьтта т1ехь йоцуш йу, ц1ахь 1ехьа, М1аьчиг, ма бехира цо. Амма М1аьчига ла ца дуьйг1ира цуьнга. Ла ца дуьйг1ира Маккхале, Аьрзуга. Ла ца дуьйг1ира зудчуьнга, берашка. Диъ лаьттах доьллина, пхоьалг1аниг делла 1уьллу.
2821 Коьрех хилларг хаац. М1аьчигна иза гучуьра д1адаьлла. Йат1а санна, къекъара стигал. Дато серий санна, охьадоьлхура дог1а. Амма М1аьчигна х1умма а ца гора, х1умма а ца хезара. Шен кочах чу, букъа т1ехула а 1ийдало ладар ца хаалора.
2822 Ткъес масазза туху цунна хьалхах1уьттура Зазун а, шен йалх беран а г1аларташ. Церан озий, можий йаххьаш, ч1ораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, настарш, п1ендарш. Севсина, чуэгна геш, букъа т1е хийшина пханарш, хеда йохку вортанаш, баккхий кортош.
2823 И бахьана долуш х1аллакьхилла бераш... М1аьчиг воьлхура. Шовзткъа шарахь ша, къурдаш деш, кийрахь сецийна бала кхид1а сецо собар ца хилла, арахийцира цо. М1аьчиг воьлхура. Шина а куьйга корта а лаьцна, зуькарлахь санна, шовкъе дег1 техкош.
2824 Цхьа а тайпа г1овг1а, узам боцуш. Кийрахь... Тахана шаьш Эрзерумера ц1а ма-кхеччинехь, суьйранна кхеташо кхайкхийра Аьрзуг1ара. Бакъду, дийцарш, х1инццалц санна, дах ца делира тховса. Цкъа-делахь, т1ейелха кечйелла, т1аьхь-т1аьхьа йазлуш, 1аржлуш, стигалахь гуллуш дог1анан мархаш йара.
2825 Шолг1а-делахь, дийца, къийса х1ума дацара. Цунах лаьцна хьалха цкъа а дийцинера. Т1аьххьара сацамбира йухадерзар т1еман низамехь д1адахьа. Нах пхеа тобане а бекъна, и тобанаш, цхьацца хьовсош, дозанашка д1ахьийсо. Х1ор а тобанца пхиппа б1е т1емало хир ву, ах дошлой, ах г1ашлой болуш.
2826 Оцу тобанах жоп лур ду пхиб1енчо. Царах жоп б1енчо лур ду. Уггар хьалха д1айахана тоба дозанал дехьайаллалц, йисинарш кхузара меттахйевр йац. Иза дехьайаьлча, йуккъехь цхьана-шина дийнан некъ а буьтуш, кхузара иттех дийнахь д1айевр йу йисинарш а.
2827 Сацам т1еэцначул т1аьхьа кхузахь доккху цхьа де а эрна хуьлу. Цундела кху кхаа дийнахь хьалхара тоба новкъа йала йеза. Сацам хилира оцу тобанан коьрте шен б1оца Чора х1отто. Аьрзун ойланаш, цхьанхьара кхечахьа йуьйлуш, кхерстара.
2828 Х1орш виъ-м вертанех хьаьрчина 1аш ву. Вий а могаш-таза ву. Цомгаш-меца 1охкуш бераш а дац. Ткъа йисинчу х1усамашкахь кху сохьта х1оьттина хьал шера гора Аьрзуна. И дерриг дог1а къиза т1едоьлху царна чохь долчу адамашна. Зударшна, берашна, къеначарна.
2829 Шайна т1е1еначу ладаршна к1елхьара д1ахила хьовха, атталла ха харца а ницкъ боцчу цамгарой, мацаллой к1елбитинчарна. Ткъа масане хир ву уьш, т1едоьлху и дог1а биэн ца хеташ, велла 1уьллуш. Кху харц дуьненара д1авахана, маьршаваьлла.
2830 ... Кху дуьненахь цкъа а хир йац маршо а, нийсо а. Х1ор а 1уьйранна уггар хьалха дан деза г1уллакх белларш д1абохкар дара. Оцу т1ера д1адолалур ду кхана а де. Хир ду-кх и декъий, т1адийна муст а делла, хьожане... Иза-м и дара, ма атта хир бац-кх йуханехьа некъ а.
2831 Схьадог1уш говраш, стерчий, ворданаш, даа рицкъа а дара цаьргахь. Шаьш могаш а, г1елбалаза а бара. Цул сов, шина паччахьан 1едалша 1уналла а дора. Ткъа х1инца х1ун хир-те? Некъан г1ирсаш а д1абевлла церан Нийсса ах адам делла д1адаьлла
2832 Даа рицкъа дац. Уьш хилла а ца 1а халонаш. Туркоша бакъо ца ло царна йуханехьа д1абаха. Йуханехьа некъ хала хир бу. Нуьцкъашха дозанашка кхаьчча, дехьа ца довлийтахь? Оцу зилал дехьадевлча-м, шайн ц1а, Нохчийчу, кхаьчча санна, парг1атбевр бара х1орш
2833 Цигахь гуьржий бу. Нохчийн лулахой. Паччахьо йукъа мел питанаш тийсахь а, церан цкъа а дац вовшашца мостаг1алла. Уьш вежарий хилла буьсур бу даим а. Аьрзун ойла даймахкахула хьаьвззина йеана дехьарчу туркойн йуьрта йоьссира.
2834 Дуьхьалх1оьттира Эсетан сурт. Б1аьстенан йуьххьехь 1аьрчхехь шена ма-гарра. Схьадог1уш новкъахь наггахь цунах б1аьрг кхетара Аьрзун. Амма дагахь дисинарг, даим а цунна дуьхьалх1уьттург 1аьрчхехь гина сурт дара. «Х1ун хилла-те цунах?
2835 Миска Гати а кхелхина, боху. Шахьби, молла велахь а, сутара, къиза стаг ву...». Вайшиннах цхьаъ хьалха йоьдучу тобанца ваха веза. Йа ший д1аваха веза, йа, т1аьххьара тоба новкъа йаллалц, ший а кхузахь саца веза. Къаста дезар ду вайн.
2836 Ший а д1авахча, кхузара адамаш листа стаг хир вац. Ший а кхузахь сецча, хьалха йоьду тоба корта боцуш йуьсу. Ткъа буьсучийн йерриг дегайовхо оцу хьалхарчу тобанах йоллу. Нагахь иза дозанал дехьайалалахь, т1аьхьайог1у йиъ а чекхйер йу.
2837 Аьрзу дагахь т1етайра Маккхала далочу бахьанашна. Амма цаьршиннах кхузахь муьлха виса веза, хьалхарчу тобанца новкъа муьлха вала веза? Иза Маккхала къастор шена Со-суо вуьсур ву кхузахь Сой, 1елий х1умма а вац Ц1етоьхна ваша д1а а тесна, нанас винарг эцна ц1а веана, бохур ду!
2838 Сой, 1елий соцу, хьой, Чорий д1аг1о. Ас ойла йина дерригенан а. Шу кхоь а д1аг1о. Нагахь бухахь висар кхераме ду хьуна моттахь, и бакъ дац. Кхерам хьалхарчу тобанна бу. Шаьш дийриг цунна дийр ду туркоша а, оьрсаша а. Цундела хьо Чорица а, хьоьца 1ела а хуьлийла лаьа суна.
2839 Цул сов, къаьстина дукха а 1ийр ма дац вай. Нагахь дерриг дика д1аг1ахь, иттех дийнахь шуна т1аьхьа д1авог1ур ву со а. Ахь аьллачуьнга ла дика дуг1у. Цундела хьо хила ма веза коьртехь. 1ожалла ма йу когаш к1ел. Маккхала куьг ластийра.
2840 Вайн дегнаш гуш Дела а ву. Уьш дуьтур вай. Амма, х1орш д1а а тийсина, д1адаха а йа д1абоьлхучарна т1аьхьасовца а бакъо йац вайн. Йа Далла гергахь а, йа нахана гергахь а. Т1ехула т1е, Аьрзу, хьуна дицделла ткъа вайша къоман, мехкан г1уллакх айъина араваьлла хилар?
2841 Г1уллакх къоманий, махканий т1ех1оьттича, ша а, йиша-ваша а, йурт а т1аьхьататта йеза. Оьг1азваханчу Аьрзун виэхьар, лаг1луш, сецира. Цкъа-делахь, Маккхал вер вац ша аьллачунна т1ера. Шолг1а-делахь, иза бакъ ву. Т1етан дийзира цуьнан.
2842 Хьалха мила лер а, т1аьхьа мила вуьсур а хаац. Нанас дена дина йиша-ваша дацара сан. Шичой а бацара. Уьш белла, цхьа висча, ден доттаг1чо дола деш кхиийра. Амма вина йурт, йуьртахой, и сайн верасаш битина, Аьрзу, хьуна т1етевжира со.
2843 Берахь горга буо хилла ша цхьалха висар дагадарна дара а хаац, йа доттаг1чух къаста дезаран хало х1инцале кийра хьаьвзинера а хаац, Маккхалан аз дегийра. Цхьана минотана соцунг1а а хилла, йуха а, хьалха санна, паргг1ат вистхилира иза.
2844 Суна дика вежарий хилла шу, 1ела, Чора. Гатийуьртахоша дика дола а дина сан. Нанас дена бина вежарий беллачу дийнахь хилларг хаа, бохаман къахьо 1овша кхетам боцуш, жима вара со. Иза атта лайна ас... Уьш дийца оьшуш дац... Дела ву вайн дегнаш гуш.
2845 Цундела уггар хьалха вовшашна къинт1ера девр ду вай. Со санна, и вай кхоьллина Дела а реза хуьлда шуна. Аьрзу шеквелира Маккхала биначу сацамах. Кхузахь сацар кхерамаза хилча, и хабар х1унда дуьйцу цо? Хьо лахь, вешех довлу тхо
2846 Хьо висахь, дика ваша ву тхан. Амма Делан 1ожалла сацаелла йац цхьаьнгге а. Мухха делахь а, Маккхал, шу кхоъ новкъа а ваьккхина, буха саца лаьа суна. Хьуна ма-хаъара, кху ткъех шарахь вовшийн дош кхачийна дацара вайша, луург лардинера.
2847 Гуттар ахь аьлларг динера ас, цкъа мукъана а сан даге хьажахьа. Амма Маккхала бистхила ца битира уьш... Оцу т1ехь сацам хилла баьлла. Кхин дуьйцур вай. Хьалхарчу тобанан некъ хала хир бу. Цуьнан некъ тахь, кхиамца чекхдер ду вай йухадерзар.
2848 Варий, собаре хилалаш. Некъаца йолчу йарташкарчу, шахьаршкарчу бахархошца г1иллакхе хилалаш. Талораш ма делаш. Цул а, йиэхар тоьлур ду шуна. Цхьа ткъех стаг говрашкахь цхьана дийнан новкъа хьалха д1аэхийта. Йартийн, шахьарийн коьртехь 1едал ду.
2849 Нагахь 1едало хамталла йахь, дика нах боцуш йац шуна уьш. Шу йухадерзо т1аьхьа эскарш даха тарло. Дозанехь оьрсийн эскарша дуьхьало йан тарло. Варийлаш, шаьш довлуш герз ма айъалаш. Шайн оьг1азло сацайелаш, Деле собар дехалаш, шайца зударий, бераш, цомгашниш хилар ма дицделаш.
2850 Ма-хуьллу машаре, ма-хуьллу г1иллакхе чекхдовла г1орта. Мухха довлий а, дозанах дехьадовла, т1аккха хала дац. Цигахь вайн лулахой гуьржий бу вайца г1иллакхаш дог1уш. Кхузара жоьжахати д1акхайкхайе нахе. Кхин схьаг1ертар хьеха а ма дайта.
2851 ... Вай веаннах цхьаъ мукъа а, Делан лаамца, ц1а кхачахь, адамех д1атоха дезарш дуьйций ас-м. Х1инццалц вайн йерриг дегайовхо кху бусалба туркойн паччахьах йара. Х1инца иза а хаьрци. Ванах, гуттаренна а дуьсур ду-те вай оцу оьрсийн паччахьан 1азапна к1ел?
2852 ... Цхьаммо а жоп ца делира Чорин хаттарна. Цара муха ло, шайна а хууш ца хилча. Шаьш а цунах догуш хилча. Чорин хаттаро ойлане эгийра уьш. Ц1еххьана ткъес тоьхна, аре серлайаьлча, Аьрзуг1еран буьнан не1арехь адаман г1аларт х1оьттира.
2853 ... Х1етта набаран тар тесна 1ела, шен белшаш т1ера верта а дожош, букар таь1на, не1аре вахара... Эсет... Дог1а ц1еххьана тийра. Хезара цхьанхьа геннахь лаьмнашкахь къорра стигал къиэкъаш. Чуйаьлла Эсет, Чорас шега деллачу вертанах а хьаьрчина, цхьана сонехь д1атийра.
2854 Хи 1ийдалора кучах а, корталех а. Т1адийна месаш логах, беснех а летара. Иза мел къийлайаларх, ца сацалора дего дег1, йеттало цергаш. Амма йуьхь йогура, ц1е летча санна. Деган к1оргехь иэхь г1уьттура, ша цхьа йоккха йуьхь1аьржо йича санна.
2855 Генара хезаш хетара шега хеттарш дечу Маккхалан аз. Эсет т1аьхьа кхийтира цо хоьттучух... сан... т1ейаха меттиг бац кхин... Т1аккха, сауьйзуш йелхаран къурдаш а деш, дийцира шений, Шахьбиний йуккъехь хилларг. Хезначо 1адийна виъ стаг вехха лаьттира вист ца хуьлуш, оьг1азалла сецош.
2856 Хьо йаьлча, тхо чукхойкхур ахь. Дог1анан марханх ц1анйала йоьлла стигал к1ез-к1езиг серлайуьйлура. Туьпахь, д1а мел хьаьжначохь, къегара х1иттина дог1анан 1аьмнаш, к1ез-к1езиг лаг1луш, амма т1аьхье ца хедаш охьаоьху 1овраш а.
2857 Эсет бен боьхна лела. Хьанна т1етевжар йу и цхьалха йисина декъаза зуда? Амма вайца хан йаккха хало хирий-те цунна? Цунний, Аьрзуний вовшийн дезар вайна хууш ма ду Йа со оьздангаллех воьхна меттиг хиъна хьуна? Суна дика ма хаьа хьан дог
2858 Амма хьан деган к1оргехь важа безам бехар бу, денна марсабуьйлуш. Шиннен а... Ашшимма 1азап хьоьгур ду. Йа х1инццалц а ца хиъна иза. Аьрзун йуьхь, дуьхьал алу тоьхча санна, чахчийра... Оьг1азвахана вехьачу Аьрзун багах дош ца долура.
2859 Ахь-м со Шахьбел а лахаваьккхи. Баркалла хьуна, Маккхал! Мел-мухха делахь а, кху гаттехь вайца цхьаьна 1ен а, некъ бан а аьрха хир ду Эсетна Ойла йел ахь, Аьрзу Шуьшинна вовшийн дезийла, дуьненна а бохург санна, хаьа Дала цхьана кхолламна схьахьажийна иза
2860 Хьуна х1усамнана а, тхуна нус а хир цунах. Маккхала долийнарг даггара къобал а деш, ша дош ала там ца хеташ, ладоьг1уш лаьттара 1ела. Цунна со везийла а хаьа. Охашимма вовшашка сатуьйсу шийтта-кхойтта шо ду. Амма цуьнан аьтто боьхначу йукъах пайдаэцнарг хирий-те со?
2861 Цу т1е, х1инцца кхо бутт бен ца кхаьчна Гати кхелхина а... Шолг1ачу дийнахь, шаьш новкъа довлале, Тарам а, М1аьчиг а тешаш х1иттош, Эсет Аьрзун ц1ар т1е йаьккхира Маккхала... «...Кхалхар доладале хьалха Портас биначу т1елацамца, вайн дозанашна гергайолчу пашалыкашка нохчий д1атарбойла йацара.
2862 Ас ла ма-дегг1ара, туркойн 1едалан ша бина т1елацамаш кхочуш ца бан ойла хилла, вайн дозанашна гергахьа соьцу нохчий цигара д1абаха цхьа а тайпа г1улч ца йаьккхира. Цунах пайда а эцна, нийсса ах гергга нохчий Мушана гуонаха гулбелира, ткъа т1аьхьа т1еоьху партеш Эрзерумски аренашкахь севцира.
2863 Константинополера и омра а кхачале, капитанан Зеленыйн д1ахьедаршца, Нусрет-пашас хьалха Эрзерумски вели хиллачу Исмаь1ал-пашина т1едиллира, Эрзерумехь севцца нохчий Карпуте д1ахьовсабе аьлла. Т1аккха кхечира лакхахь дийцина Мушера нохчий Диарбекире хьовсабе боху Портан омра.
2864 ... ... Туркойн администрацин к1едалла бахьана долуш, х1умма а дан ницкъ ца тоьъначу Нусрет-пашас дийхира ша комиссаран декхарех мукъавитар. Иза мукъа а воккхуш, цуьнан декхарш дерриш а Эрзерумски керлачу велина Эмин-Мухлис-пашина т1едехкира.
2865 Йерзинчу стигала к1ел шелонехь бисина нохчий дохкобевлира шаьш даймохк битарна. Оцу хьоле эгначу царах цхьаберш, вайн аг1онгахьа берза 1алашо йолуш, Александрополе боьдучу новкъа бевлира. Т1ехула т1е, цара къоланаш, талораш дора, нах бойъура, керстанийн йарташ йохайора.
2866 Оцу дерригенал сов, Мушана шозза атака йан г1оьртира, дуьххьалд1а меттигерчу эскарийн начальник жигара хилар бахьана долуш бисира Мушан бахархошний, нохчашний йуккъехь боккха т1ом ца хуьлуш. Иштта чекхбелира сентябрь. Капитана Зеленыйс дуьхьало йора уьш Ванехь, Карсехь, Чильдирехь а битарна.
2867 ...». 11 корта. Алхазан Муса. Хьуна йелха нана йац. Мостаг1ийн кху махкахь, Хьуна тийжа йиша йац. Мостаг1ийн кху махкахь. Хийла к1ант воьжначу. Мостаг1ийн кху махкахь, Хьо цхьалха хеталой, Воха ма вохалахь. Мостаг1ийн кху махкахь.
2868 Хьо хилар ма дицде... Нохчийн илли. Шолг1а бутт бара йуханехьа новкъа бевлла нах дозанашка г1ерта. Къилбаседехьа мел г1оьрти, де дийне мел дели, нилхайуьйлура церан тобанаш. Уьш хьоькхура къизачу мацалло. Говран жижиг даац нохчочо.
2869 Дино ца дихкина цунна иза. Дуьххьалд1а говр муьлххачу цуьнан бохамехь тешаме доттаг1 ву. Шен дин к1елхьарбаккха, ша 1ожалла т1еоьцийла йог1у. Амма х1инца йайъа дийзи говраш. Церан жижиг даа дийзи. Бераш, зударий, къенаниш мацалла ца балийта.
2870 Ткъа уьш хьоькхура къизачу 1ожалло. Эрзерумерий, Мушерий схьа Александрополе бог1учу оцу бехачу некъаца цара дуьтура кегий а, даккхий а кешнийн керла баьрзнаш. Мацахлера иллеш, эшарш х1инца йесанан сингаттамечу мукъаме йирзинера.
2871 Некъашкахь сих-сиха совцура велларг д1аволла. Ца хезара веллачунна т1ехь зударийн белхарш. Ца гора тезета х1иттина тхьамданаш. Велларг д1аволла йуьстахбовлура дег1ехь мелла а ницкъ болу наххий, моллий. Сихха т1е латта а хьокхий, лохха барз а бой, г1евланга дечиг йуг1ура.
2872 Т1аккха сингаттаме долалора моллин аз: «Йасин валкъуранил хьаким, инна каламинал мурсалийн...». Моллас ца хоттура велларг муха стаг вара, ца доьхура цунна къинт1ердовлар, цуьнан дикаллина тоьшалладар. Д1авуллучун, дукха хьолахь, гергара хьовха, йуьртара а ца хуьлура стаг.
2873 Амма, накъосташна т1аьхьакхиа сихбелла, коша йуххера д1абовлуш, церан лерехь декара весет. Х1ан-х1а, веллачун весет шел т1аьхьабуьсучу бахамах, хьолах, т1аьхьенах лоций ца хуьлура... Чилдарна сехьабевлча, доккха дог1а а дилхина, некъ боьхначу цара цхьанаметтехь ши де текхира.
2874 Шолг1ачу дийнахь цигара гена довлале, некъахошна хезира шайна т1аьхьадог1у говрийн тата. Уьш йухахьовса а кхиале, царна гуобира марсадаьхначу дойшкахь т1екхиъначу дошлойн отрядо. Шодмаш а уьйъуш, зударшний, берашний т1е говраш туьйсура дошлоша.
2875 Наха, сиха кочара схьаэцна, тоьпаш дошлошна т1елецира. Зударийн карахь къегира, г1алакхаш санна, шуьйра, йеха шаьлтанаш. Цунна ца лаьара ц1ий 1ано. Уьш тоьлур ма бац туркойн пачхьалкхан эскарал. Ткъа балла бохкучу х1окху пекъаршна ца оьшу цхьаьнцце а дов.
2876 Шайн новкъа къилбаседехьа д1адаха шаьш дитичхьана, церан цхьаьнцце а 1оттбаккхам бац. Амма туркойн дошлойн оьг1азечу йаххьаш т1ехь гуш бац къинхетаман хьаса. Ванах, лата деза-те? Ванах, кхин даймохк ца гуш, кхузахь дала деза-те?
2877 1елина гира, з1ок санна, хьаьвзина мара а болуш, йоккха бага а йолуш волчу озачу туркочо цхьана зудчун букъах шед тухуш а, зудчунна т1ехьа лаьттачу жимачу стага дошлочунна топ йожош а, уллорчу Аьрзус, к1ел куьг а тоьхна, тоьпан йуьхьиг хьалатосуш а.
2878 ... Ирхйаьллачу тоьпан тата, шалхадолуш, ламанца кхерстина дижа а кхиале, гучувелира кхин а цхьа бере. Цо тоьхначу маьхьаро йухабехира туркой. Дукха хан йалале гучуйелира чаболахь новкъа дог1учу коьртачу эскаран йуьхь. Хьалха сирачу динахь вог1ура зоьрталчу дег1ахь ч1ог1а тамехь паша.
2879 Туркойха вухавелла и велахь а, б1аьрг ма-кхийтти хаьара иза кавказан ламанхо вуйла. Мила ву шун коьртаниг? Паша леррина хьоьжура Аьрзуга Шен ц1е йаьккхича, цецваьллачу Кундуховс когашкара коьрте, т1аккха йуханехьа б1аьрг кхерстабора хьалха лаьттачу лекхачу дег1ара озачу стаге
2880 Ша мел г1елвеллехь а, цо курра аг1ор тесна латтабора баьлла корта, дег1ах ц1е йилла санна, цуьнан йуьхьа т1ера схьахьоьжура майра ши б1аьрг. «Ванах, мичахь гина-те суна х1ара стаг? Хьанна хаьа, х1ара суна хьалха лаьттарг мацах цкъа со лиллина йа ас лиллина наиб хила а тарло»
2881 Мел ша кура, къиза велахь а, и г1елделла, г1аддайна, ахдийна адамаш гича, ламаст меттахъхьайра Алхазан Мусин. «Амма мисканийн кхо бутт хьалхалерчу элдар дог1мех, шайн майра дегнаш доцург, х1умма а ца дисна-кх х1инца. Гечдийр дуй-те суна Дала?
2882 Цо гечдича а, кхеран т1аьхьено?» Тахана цхьанне а ца лаьа тхо довза Тхоьгара кхета дика дац Тхо йухадерзийнарг, тхо къиза х1аллакдинарг чинехь, даржехь лакха-м воккхур ву Ткъа чаьлтачанна шен шаьлтанна к1ел корта буьллург вовза ца лаьа
2883 Дагадог1ий хьуна, диъ шо хьалха ахьий, Чермин Орцассий бенойн йарташ а йагийна, карахь мел долчух баьхна, цигара бахархой 1аьнан шелехь берашца хьаннашкахь, таллархоша акхарой санна, лоьхкуш лелийна? Цаьршинца йуьстахволуш кхозлаг1ниг гина, 1ела царна т1аьхьах1оьттира
2884 ... Аш, элаша, оьрсийн паччахьна доьхкира шайн халкъаш. Дешех. Тхан бацара тхо дохка элий. Тхо маьрша дара. Тхуна ца лаьара цхьаннен а лайш хила. Кхетий хьо, цхьаннен а?! Цундела летара тхо Йа цуьрриг дохко а ца девлла Маршонан дуьхьа вала-м, и маршо х1ун йу хаа дезий
2885 Хьуна и хаац йа хуур а дац, Алхазан Муса. Нах бохка, иэца, йамартло йан, сийдоцург лело бен, шу элашний, инарлашний кхин хууш х1ума дац. Шу г1орасизчаьрца майра ду. Шаьш маьрша делахьара, шу г1ертар а дацара маьрша нах лолле берзо.
2886 Маьршачу стага цкъа а стаг лолле ца верзаво, цунна дика хаьа маршонан мах. И шуна хаац. Диъ шо хьалха цхьана буса бенойн хьаннашкахь ахь цхьак1еззиг нахана дош делира кхин нохчашна дуьхьал герз ца айъа а, зулам ца дан а. Оцу ахь дош деллачу нахах цхьаъ ву со.
2887 Ас дош ло шуна, тховсачул т1аьхьа цкъа а шуна зуламна куьг ца айъа, ког ца баккха, дош ца ала». Амма, хьо хьайн дашах воьхнийла хиъна, хьуна и карладаккха д1адаханчу 1ай хьан йуьрта веанчу шина стагах цхьаъ ву со... Амма, ца вийцича, вевзар вацара.
2888 Хийцавелла хьо. Со сихха д1авахара шун махкара. Цул т1аьхьа ас цкъа а дакъа ца лецира 1едало шуна дуьхьал дечу г1уллакхашкахь. Нах тешара хьох, ахь деллачу дашах. Ламанан к1енташа дош лардо. Иштта схьадог1уш г1иллакх ду вайн дайшкара.
2889 Нахана хьо къонах ву моьттура, ткъа иза бакъ ца хиллера. «Хьажахьа х1окху писан хецайалар! Х1окху туркойн жоьжахатино а ца йожийна-кх кхеран 1овдал куралла Схьа а лаьцна, ваьхьна Диарбекиран набахте таса веза! Х1ан-х1а, и дан ца тарло
2890 Цо зулам дийр ду сан 1алашонна. Х1окхарна дуьхьал ас ницкъ баккхахь, х1уй-пака хуьлу ас даим а дагахь латтийна, шен дуьхьа ас оццул хан а, ницкъ а байъина сан мерза сатийсамаш. Ас кхарна дуьхьал герз айъахь, бисинчу нохчашна йуккъехь сий довр ду сан.
2891 Х1уъу хилча а, дохор дац! Т1ехула т1е, кху эскаро кхерор а буй ткъа уьш? Шаьш т1аьххьара сауьйзуш белахь а, летта бала кечбелла Суна-х йевза кхеран хьере майралла Хазачу дашо бен берта балор бац Х1умма а дац, мел сайн сий дахь а, нийсачо нийсачуьнца санна, къамел дер ас кхуьнца
2892 Дехаре ваьлча а дац х1умма а. Парижан дуьхьа-м ламаз дан а мегар ду, аьлла-кх Генрих Навварскийс...». Шун йартийн тхьамданаш сайх дагабовла со волчу баьхкича, ас сайна хетарг аьлла. Суна ца моьттура айса долийначун т1аьхье иштта декъаза хир йу.
2893 Шуна дика болх бан г1иртира со. Мегаш долу латта д1а а даьккхина, лаьмнийн к1ажа дерзийначу шуьгахь ирча хьал дара. Оцу г1елонах хьалхадовла шуна кхоъ бен некъ бацара: йа мацалла далар, йа саг1а деха арадовлар, йа шайгара д1адаьккхина латта герзаца йухадерзор.
2894 Суна хаьара аш т1аьххьара некъ харжар. Йуха а цкъа ц1ий 1аназа ца долура, Аьрзу. Оцу хьолехь шу дисича, цкъа а цигахь синтем хир боцийла хуучу оьрсийн 1едало сацамбинера ах нохчий Г1ебартий, Теркал дехьий, г1алг1азкхашна йукъий биэкъа, шун махка керла станицаш йахка.
2895 ... 1едало шу дуьтур дацара. Кийчча т1ом бара иза. Суна шера ма хаьа хьо х1унда веана. Амма оьрсашца и керла т1ом чекхбер бара шух нийсса ах х1аллакбеш, бисинарш махках а бохуш. Цул а суна бакъахьа хийтира, шуна йукъара цхьа масех эзар доьзал бусалба Турце а кхалхийна, бисинарш маьрша бахийтар.
2896 ... Харц лийча, иэхь ду къонахчунна. Д1адаханчу 1ай хьо волчу а веана, ас а, Макхалла а элира хьоьга, Хонкара кхалхар къобалдеш хабарш ма дийцахьара ахь хьайна т1ебаьхкинчаьрца, цигахь Дала делла бохуш, тхан нахана йукъа эладитанаш а ма даржадахьара ахь.
2897 Бехирий? Къайлаха цхьа 1алашо хилла хьан Кхузахь туркошца йа д1огахь оьрсашца бина барт бу хьан Ца хилча, берриг хьан бахам безачу мехах д1а а эцна, цара хьо схьа а хоьцур вацара, кхуза схьа ма-кхеччи, туркоша хьуна пашин чин а лур дацара!
2898 ... Шун дуьхьа, шу х1аллак ца хилийта.! Нохчийчоь а, Дег1аста а д1алаьцча, цигахь т1ом чекхбаьлча, кхид1а хьо ца оьшура оьрсийн паччахьна Хьо мел дукха вахарх, чинехь кхин лакхаваларе догдохийла йацара хьан Т1ехула т1е, оьрсийн 1едало мукъа бохура, Муса-эла, шун йалхой а
2899 Цигахь хьайн г1уллакх галдала доллийла хиъна, хьо, кхузахь иза тодан, нохчий а эцна, схьавеана. Тхан нехан ц1ий 1енош, цигахь инарлин чине кхечира хьо, и ца тоуьйтуш, кхуза а далийна, йуха а цкъа тхо х1аллакдарца паша хили хьох.
2900 Хьан дагахь кхин а дикка х1уманаш ду, амма кхин тхо 1ехалур дац. Бойсаг1ар имам ваьллачу шарахь айхьа х1аллакдинчул иттаза сов адам х1аллакди ахь, кхузахьа схьа а далийна. Махках а даьккхина, мацалла, къиза. Амма со дуьнен чохь ца хиллехь а, шуна хилларг, хиндерг а ду-кх ахь суна т1ете1ориг.
2901 Со ца хиллехь, кхин инарла хир вара диъ шо хьалха шун г1аттам хьаша. Иза сол къиза, дера хила а мегара. Шу кхузахьа схьадало а вер вара кхин. Сох а, хьох а дозуш дац х1орш. Ницкъболчо г1орасизниг иэшош, вацош, схьадог1у дуьне.
2902 Оьрсийн къам а, мохк а дукха ду, ницкъ болуш ву церан паччахь. Дукха хан йара дуьненан нуьцкъалчу паччахьаша вайн исбаьхьчу лаьмнашка сутара б1аьргаш хьийсабо. Вайн ницкъ бацара цаьрца къийса. Царах цхьанна к1ел совцаза ца довлура.
2903 Девнехь иэшна к1ел совцучул, бертахь т1едерзар тоьлуш лерина, дина тхан дайша шаьш динарг. Деллера, дера, царна-м чинаш, даржаш, совг1аташ. Дуьхьало йинехь? Шу санна, х1аллакьхир бара Сий, пусар хир дацара Царна оьшурш-м шуй, тхой даций, вайн исбаьхьа лаьмнаш, 1алам а ду
2904 Уьш бертахь шайга д1а ца делла халкъ паччахьо х1аллакдийр ду. Иштта дара шен инарлашка цо диэнна ден омра. Шу ловзош 1ийр вацара. Цигахь гаттехь шу дита йиш йацара. Латта ца тоьура. Шуьгара д1адаьккхинарг элашний, эпсаршний совг1атана декъна.
2905 Дукхахдолчунна т1е г1алг1азкхийн станицаш йехкина. Диснарг пачхьалкхан дола даьккхина. Шу массо мацалла леш хиларх, паччахьо цигара г1алг1азкхий д1абохур бац, йа эпсаршний, элашний декънарш шуна йуха а дерзор дац. Иза ма хаьа хи чуьрчу пхьидашна а.
2906 Цул шу цхьадерш Россин к1орге, вуьш Г1ебарта, дисинарш Теркал дехьа кхалхийча? Оьрсашна йуккъе даржийча, уьстаг1ий санна хир ма дара шу Церан дине, матте, г1иллакхе дерза а мегара Бертахь шу девр дацара шайн махках Кийчча керла т1ом бара иза
2907 Гой хьуна, Аьрзу, со дуьненахь ца хиллехь а, хир долуш х1уманаш дара уьш. Ткъа цигахь а, кхузахь а шун аьтто бан со мел г1ирти хууш вай кхоьллина Дела ву. Амма паччахьан инарла Алхазан Муса диъ шо хьалха тхоьца бертавалийнарг, цигахь а, кхузахь а тхан бала кхаьчна лоьлуьйтург х1ун ду хаац-кх.
2908 Х1инца д1а ойла йича, хетало, и дерриг ахь паччахьан 1едалан бертахь лелийна. Нагахь тхо шекдерг бакъ хилла карадахь, ларлолахь, Алхазан Муса. Лаьттах воларх, стигала валарх, тхуна карор ву хьуна хьо! Кундухов вист ца хуьлуш сецира
2909 Ц1еххьана чу г1айг1а йоьссина цуьнан майра ши б1аьрг т1уьначу лаьттан некъан йистонца хевшиний, эгний 1охкучу адамашна т1ехь сецира. Цуьнан омране ладоьг1уш, кийчча лаьттара туркойн дошлой. Цуьнгара дош даьлча, уьш, ж1аьлеш санна, т1екхийсалур бу оцу балла бохкучу нахана.
2910 Ткъа маса кхачалур ву царах Муше йухак1егар? Иттех Бисинарш лийр бу Х1етахь кхеран г1аттам хьошуш-м командованин приказ кхочушдира цо Йагош, х1аллакйира дийнна йарташ, таллархочо экха санна, хьаннашкахь адамаш хьийзийра Х1инца а, велин приказ кхочушдахь, царна хьалха дерригенна а бехке хир ву
2911 Цунна уггар коьртаниг нохчий шех тешор ду. Ткъа кхеран ц1ий туркоша шаьш 1анор... Хевшина 1ачу нехан цхьана тобано ц1еххьана г1ийла назма йолийра: ... Оцу назманан х1ор а дош, буроха лерга хьаьвзий, дег1ах лазар тухуш, массо а пхонах чекхдолура Кундуховна.
2912 Цкъацкъа ойла хуьлура цуьнан лерга п1елгаш дохка йа, дина а хиъна, цхьана аг1ор къайлавала. Амма уьш ший а дойла йацара. Цергаш а та1ийна, цо сатуьйхира назма чекхйаллалц. Суна хаьа, шун т1аьхьено сайна и кхайкхор дуйла. Кхин х1умма а дац.
2913 Йуха а боху ас, сох, со санначу иттех, б1е стагах новкъа дала а, к1елдиса а х1ума дац. Тхо ца хиллехь, кхин хир бара. Со вина мохк ца безаш ца веана со кхуза. Шу-м ц1а дерза а мега. Доьрзур а ду, Дала мукъалахь. Амма суна иза йуха гур бац.
2914 Сой, Сайдуллий, кхин а масех стаг йуха Россе вуьтур вац паччахьо. Дерриг дуьйцур дац ас. Цунна хан дукха йеза. Амма сайн цхьа къайле хьуна йийца лаьа. Цундела оха, цхьана пхеа стага, барт бира оьрсийн олалла вайн махкара д1адаккха.
2915 Уьш пхиъ: сой, 1успин Сайдуллий, Цугин 1елахий, Уцмин Мусий, Атажукинний вара. Тхан 1алашо кхочушйан боккха ницкъ оьшура. Ткъа цунна хан йезара. Амма оха хьалхара г1улч тоссушехь дуьйхира дерриг а: Атажук-эло мотт бира тхуна.
2916 Эла Уцмин Муса Россех кхалхийра. Ткъа тхо висина кхоъ лацаза висира. Со цецвуьйлура цу балхах. Суна ма хаьара, бартан коьртехь со ву аьлла, Атажукина мотт бинийла. Къаьсттина цецвуьйлура со витарх. Ас дуй ма биънера оьрсийн паччахьна муьт1ахь хила.
2917 Со цуьнан эскаран инарла вара. Ткъа ас, и сайн дуй а къарбеш, пачхьалкхна йамартло йинера. Х1етте а ца лоцура, чинах ца вохавора. Амма суна кечдина кхин луьра та1зар хиллера церан дагахь... Кийра цхьа бала хьаьвзина, ша 1аччохь меттахъхьеш, синтем байна Аьрзу ц1еххьана хьалаиккхира.
2918 Шен кхоьлина б1аьргаш х1етталц биэндоцуш дехьа ломан баса боьг1на г1ийла къамел деш 1ачу Кундуховс, г1улч таса кхиале, катоьхна пхьарс лаьцна, лаьтта охьаозийра Аьрзу... Аьрзу, тоьхна шен куьг Мусин карара а даьккхина, б1аьрнег1ар ца тухуш, цунна т1е а вог1авелла, сецира.
2919 1елина дика йевзара вешин амалш. Т1ехьашха хьаьжча а хаьара цунна иза г1ийла хилча, самукъе хилча, оьг1азе хилча а. Ткъа х1инца Аьрзун йуьхьа т1ера к1еззиг йисина ц1елла а йайнера, к1айделла лахара балда цергаца а лаьцна, цо буйна къуьйлура шаьлтанан к1айн маь1ан мукъ.
2920 Цуьнгара цхьа доьхнарг даларна кхеравелла 1ела дерригенна а кечвеллера. Амма Аьрзус, г1елбелла, хевшиний, эгний 1ачу зударшкий, берашкий, кхерамна кийчча ирахь хьийзачу накъосташкий б1аьрг а тоьхна, доккха садаьккхира. Дика ж1аьла тешаме хуьлу шен дений, ц1енний.
2921 Х1ан-х1а, Муса, ж1аьла аларх, йуьззина ца йолу хьан бакъ ц1е. И миска адамаш дацахьара, хьо ларвеш дерриг туркойн эскарш хиларх, ас са доккхур дара хьан. Хьоьца кху хьан вешин а! Аьрзу, вагийча санна, ц1еххьана Афокина т1евирзира
2922 Амма тешам, оьздангаллий хьехо иэхь хета дезара хьуна. Шуьшиннан йамартлоно пхи эзар доьзал мацалла х1аллакби кхузахь. Нохчийчохь тхан ц1ий 1анош инарлин чин даьккхира хьан вашас, ткъа кхузахь схьакхачарца паша хили цунах. Х1етте а, тешаммий, оьздангаллий хьехайо ахь!
2923 Хьайна Деле собар дехий, со дийцина валлалц ладог1ахьа. Х1аъ, Аьрзу, сан даг чу йамарт ойланаш лилхина хила а тарло. Айса бохург цигахь ца хуьлийла хиъча, шун бохамах пайдаэца дагадеара суна. Ас ойла йира. Оцу ломан к1ажа хьовзийначу нохчашна, царах итт дакъа дича, исс декъана а латта ца тоьу.
2924 Оцу хьолехь уьш совцур бац. Оьрсашна и хаьа. Амма нохчашкара д1адаьккхина латта 1едало къемата а царна йухадерзор дац. Лаххара а, нийсса ах нохчий шайн даймахкара д1абаха деза 1едалан. Амма уьш бертахь махках бевр бац. Йуха а х1аллакьхир бу уьш.
2925 Т1аккха суна бакъахьа хийтира инарло Лорис-Меликовс сайна хьалхах1оттийначу шиннах хьалхарчу новкъа валар. Цундела ас сацамбира, сайца кхалха резаболчу нохчашца Турце кхалха. Сайдулле а, 1елахане а дийцира ас сайн дагара. Ас цаьршинга ца хаийтира айса лелориг оьрсийн 1едалца бертахь хилар.
2926 Кху хьоле шу х1уьттур дуйла ца хаьара суна, Аьрзу. Бакъду, шул хьалха кхуза баьхкина чергазой, абазеш, убыхаш, шапсугаш суна кхин а ирчачу хьолехь гинера. Амма туркойн паччахьо со тешийра нохчийн дола шаьш дийриг хиларх. Ткъа шайна къастийначу лаьтта т1е д1адаха шуна а ца лаьа.
2927 Бехк бац шун. Дуьйш-дерзош доцчу оцу йекхачу махкахь дукха стаг хене вер вац. Цундела туркойн а, оьрсийн а бертаза со дуккха а г1иртира шу кхузахь совцо. Ницкъ кхачац. Муса цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира. Со а 1ехавелира, шу а 1ехаделира.
2928 Бехке ву. Сох бекхам иэца луучо суна эзар шо оьмар йеха. 1ела ца тешара Кундуховс дуьйцучу дукханнах. Амма цхьадолчех тийшира. Къаьсттина цуьнан т1аьххьарчу дешнех. 1елина хиънера даймахках валаран, цуьнга сатийсаран къаьхьа чам.
2929 Доккха садоккхуш, г1айг1ане велакъежна, 1еле хьаьжира Муса. Туркошна со кхузахь оьшу, оьрсашна со цигахь а йа кхузахь а хьашт вац. Туркоша со д1а а хьажор вац, оьрсаша дозанал чоьхьа а волуьйтур вац. Ткъа со? Со къайлавер вац цигахь
2930 Билгал ву. Даймахке сатуьйсуш, валлалц кхузахь къиза ваха деза сан. Туркоша со лору, царна ч1ог1а оьшу шайн мостаг1ийн эскаршший, т1еман 1илмий девзаш волу инарла. Цигахь сайна г1енах а гундоцчу дарже кхача мега со кхузахь. Амма х1ун до цунах?
2931 Кхузахь паччахь хилла вехачул, суна-м лаьмнашкахь къоьлла валар тоьлий. Амма т1аьхьа кхетта-кх. Вало, 1ела. Шу йухадерзо хьажийний со-м! Йуха ца дерза, лийр ду тхо Оьрсийн паччахьан омра ду, кхуза кхелхинчу нохчех цхьа а йуха Россин дозанал чоьхьа ца валийта
2932 Амма, дозане а хевшина, оха йуха а дехар дийр ду... Шун зударий цигахь шарбалш йоцуш гаурашца лелар бу! Шун берийн берашна нохчийн мотт, г1иллакхаш, дин дицлур ду! Оха, мухха 1алашдина а, тхаьш а, тхешан дин а 1алашдийр ду Цул а, Алхазан Муса, хилаза цадериг д1адоладе вай?
2933 Декъий ца хьахь, дийна тхо йухадуьгур дац аш. «Ванах, х1ун де-те ас? Х1ан-х1а, х1ан-х1а Цул а, д1абохуьйтур ас х1орш Х1окхарна гергахь со ламанхо, х1окхеран дуьхьа махкахваьлларг, х1окхеран г1айг1а бан г1ертарг хилла виса веза
2934 ...». Ас-м шу д1адохуьйтур дара, туркоша дозане дуьтур дац. Цара дитахь а, оьрсаша шайн дозанал чоьхьадовлуьйтур дац. Суна хууш ду шуна дуьхьал шина а аг1оно цига инзаре дукха эскарш оьзнийла. Ас аьлларг дай, йухадерзийша, Аьрзу.
2935 Суна лаац оцу пекъаршна дуьхьал герз даккха. Амма дозанехь шух къинхетам бийр бац кхара а йа вукхара а. Цул а, кхузахь а совций, кхара бохург дейша... Хьуна а, хьан керлачу дайшна а моьтту хир ду, шайн мохк, доьзалш, синош лардеш, дезткъа шарахь ц1ий 1енийна тхан нах ц1ийга марзделла акхарой ду?
2936 Х1ан-х1а, Алхазан Муса, тхо хир дац цхьаннен а лайш, цхьаннен а йолахой. Иштта д1аала ахь туркойн паччахье. Марша 1ойла хьо! Меллаша къилбаседехьа буьйлабеллачу наха цхьа чаккхарма некъ бале, царна т1аьхьакхиира йуххеваьлла бере а волуш ши г1удалкх
2937 Генара б1аьрг ма-кхийтти вевзира 1елина Мусин ваша Афока. Йуха а дийхира цо, ас а доьху шуьга, тхойша вуонна дагацалецар. Диканиг дечуха лийлира-кх тхо. Шун дегнаша лоьхург лойла шуна Дала! Дала шен къинхетамах ма дохийла шу а, вай дерриш а!
2938 ... Г1удалкхаш цаьрга д1а а йелла, йухахьовзийна говр ма-йоьдду лаьллина, некъо голатухучохь къайлавелира Афока... 12 корта. Сцилланий, Харибданий йуккъехь. Султан а, цунна уллорниш а бусалбанаш бу моьтту хьуна? Уьш-х гаурел а оьшу
2939 Дависарг-йа1, сайн кара нисбелча, султан хьалха а воруш, ас, ткъе диъ дакъа деш, борур бара уьш. Имам Шемал. Эривански областан т1еман губернаторан инарлин Астафьевн кехат. «Кавказски Эскарийн Коьртачу Штабан Начальнике, Цуьнан Локхалле инарла-лейтенанте Карцовга.
2940 Къинхетаме Государь Александр Петрович! Ши к1ира хьалха Александропольна улло вайн дозанашка кхаьчначу нохчийн 98 стагий, зудчой соьга дийхира шайн дай баьхначу махка йухадерза шайна бакъо йалар» Ши к1ира дара хьалхара тоба Арпачайна уллохь туркойн эскарша сацийна латто
2941 Цул бутт хьалха кхаьчна нохчийн к1еззиг доьзалш а бара бухахь. Х1инцале г1еххьачул шайн кешнийн ков-керт лаца а кхиънера уьш. Уьш реза хилчахьана, ца сецадо. Ткъа оьрсийн инарло боху, шу дозанах сехьадовлийта шен бакъо йац. Г1уллакх ца хилира.
2942 Х1ета, шайн махка ца дахийтахь, мичча а цхьанхьа Россех дитахьара шаьш, бехира. Реза ца хилира инарла. Сибрех даха реза хир дара шаьш, бехира. Гуттар собар кхачийначара элира, ахь ц1а дерзийтахь, керста дине дерза реза а ду шаьш.
2943 Оцу хьола т1е нисбеллера 1елаг1ар. Дозанца волчу оцу шина инарлица дийцар эрна хир ду аьлла, царна т1ех а ваьккхина, Тифлисе, сардална т1е, Аьрзу коьрте а х1оттийна, виъ стаг хьажийра цара. Амма сардало йухатуьйхира церан дехар.
2944 Аш йаздина, Турцехь волчу шен эпсаре делла дехар хьалххе шега схьакхаьчна, ша иза Петарбухе д1адахьийтинера, нохчий йуханехьа ц1аберзар бохург хьеха а ма дайта аьлла, шен вешера жоп деана шега, элира цо. И дерриг кхеран шайн «лаамехь» хилларг лери.
2945 Ма атта хета-кх царна нехан бохам! Сардал волчуьра селхана схьакхаьчна Аьрзуг1ар Цара деанчу хабаро дегнаш дохийна нехан Ма къинхетамза ду-кх сардалан дог! Т1улгах дича санна Т1улг а ма беша, т1е дуккха а хиш 1енча Цунна дехьа, къилбаседехьа, лаьмнашна т1ехьа лаьттачу церан даймахко т1еийзабо уьш
2946 Иза бу оцу адамийн дог1машна ницкъ лург, уьш къилбаседехьа д1абуьгург. Йалх бутт хьалха, шена букъ тоьхна, тилла дахана шен бераш т1едоьху цо. Даим церан лерехь дека царний бен цахуучу маттахь цо бечу кхайкхаман аз. И царна го маьлхан а, беттан а серлонца.
2947 Иза царна хеза механ эсалчу тулг1ешца, шовданийн декарца, олхазарийн шакаршца, шайн сингаттамечу иллешца тийжаш техкачу хьаннашца. Х1инца и к1айн-1аьржа мохане б1ог1ам мокхазан берд хилла лаьтта царний, церан даймахканий йуккъехь.
2948 Амма, буйнахь шийла герз а къуьйлуш, т1улгийн йолуш санна, къинхетамзачу йаххьашца оцу б1ог1амна дехьа а, сехьа а эскарш лаьтта. Иштта ду шина а мехкан паччахьийн омра. Иза дика хаьа оцу ши эзар йалх б1енна. Дерриг а хилира 1ела ойла йан а кхиале.
2949 Хьалхарчу буса хан йаллалц кхеташонашкахь къийсинчул т1аьхьа массеран а цхьана бартаца сацам хилира, нагахь бертахь ца довлийтахь, бертаза дозанах дехьадовла. Дуьхьало йахь а, герзаца йийр йац. Герз дуьхьалдаккхахь? Х1умма а дац, доккхунда шайна
2950 Кху дозанехь уьш а буьтур бац, йухаберзийча а, уьш лийр бу. Оцу мехкан 1аламо а ца бора царах къинхетам. Х1ор а де а дог1ура йуькъа дохк т1ете1аш йа гуттар а серсаш, йа, серий санна, дог1а детташ. Амма таханлера де хаза деанера.
2951 Ламанан дукъа т1ехула хьалабаьллачу малхо дог1маш а, дегнаш а дохдора адамийн. Х1ор а ч1ог1а тешна вара сийсара шайн хилла сацам Дала къобалбина хиларх. ... Тахана октябран вуьрх1итталг1а де ду. Нийсса биъ бутт хьалха цхьана жоьжахатера кху жоьжахати чу-м атта битира уьш, х1инца йуханехьа битац-кх.
2952 Йа, массо а велла, кхузахь вожа, йа, дозанал дехьа а девлла, Нана-Нохчийчу кхача сацамбина, меллаша дозанна т1едоладелира ши эзар йалх б1е адам. Къений, къоний, зударий, берашший... Оцу йоккхачу тобанна цхьа чаккхарма хьалха вог1ура каралаьцна к1айн байракх йолуш итт стаг.
2953 Церан карахь, дег1аца цхьа а тайпа герз дац. Йаьстина, зударийн санна, хецна йу г1одайаккъаш. Уьш йуха а цкъа машарна хьалхабаьхна векалш бу. Говрашкахь а, г1аш а. Хьалхарчу оцу иттанца вара Аьрзу, 1ела, Чора а. Массарна хьалха воьдучу Аьрзун к1ажаш хьоьшуш, т1аьхьауьдура 1ела.
2954 1елина геннара дуьйна гора гу т1ехь некъана т1ейерзийна лаьтта йаккхий тоьпаш. Царна уллохь а, т1ехьа а, зингатийн туьйлиг санна, и гу сийсош, туркойн г1ашсалт, дошлой.». Д1а мел боккхучу когаца туркойн эскарна гергаг1ертара уьш.
2955 Царах схьакъаьстина цхьа ахб1е дошло, 1елаг1арна дуьхьал а веана, х1окхарна т1екхачале сецира. Х1инца шера къаьстара церан сутара йаххьаш. Дозанал дехьара схьа кхара лелочуьнга хьуьйсура оьрсийн салтий. Хьалхахьа лаьттара герзах доьттина, лата кийча шина паччахьан эскарш.
2956 Йуккъерчу къонахийн карахь а дац герз. Машаре сатуьйсуш, шайн карара герз зударшка а делла, уьш т1ехьалоьцуш, хьалха а бевлла, шаьш санна, г1елйеллачу говрийн урхаш лаьцна, г1аш оцу буьрсачу ницкъана т1еоьху божарий. 1уьйренан мелачу махо т1екхоьхьура т1аьхьарчийн г1ийла мукъам: .
2957 ...Т1ам чехка олхазар, Нохчийчу хьо додахь, Маршалла луш, ала тхан муъма вежаршка, Даа рицкъа ва доцуш, дийша мотт ва боцуш. Тхо лелаш ду, алий, кху пана ва махкахь... Шен сих ца кхоьру 1ела, ткъа хьалха вог1учу вешина Аьрзуна цхьаъ хиларна кхоьру.
2958 Аьрзух хадахь, дерриг йиша-вешех ваьлла, г1аж санна, цхьалха вуьсу иза доккхачу дуьненахь. Амма тахана х1унда боьссина цуьнан даг чу и к1илло кхерам? Дуьззина йалхитта шеран х1ор а дийнахь, х1ор а сахьтехь, х1ор а минотехь бара кхул а луьра кхерам
2959 Амма б1аьрнег1ар тухучу йукъана 1елин даг чу к1иллоллий, кхераваларрий ца доьссинера. Х1етахь цунна хаьара шайна хьалха верг шайх лата, шаьш дайъа, шайн мохк д1алаца, шаьш лолле дерзо, шайна 1азап дохьуш веана мостаг1 вуйла.
2960 Цундела иза массо а минотехь кийча хуьлура дерригенна а. И Нана-Даймохк бара оцу дезткъа шарахь цуьнан халкъо ницкъ оьцу кхачалун доцу хьоста. Цунах хаьдда уьш тера бу ненан некхера даьккхинчу берах, г1одах хадийначу марг1алх, хи чуьра аратесначу ч1ерах.
2961 ... Амма муьлш бу-техьа царна хьалха лаьтта и туркой? Доттаг1ий йа мостаг1ий? Доттаг1ий боцийла-м хиънера, мостаг1ий ма хилахьара! Х1ун ду а хаац, тахана, эккха санна, детталора дог готтачу кийрахь Цкъацкъа ойла хуьлура, Аьрзу т1ехьа а лоцуш, хьалхавала
2962 Амма воккхахволчу вешина хьалхавалар г1иллакхехь ца дог1ура. Воккхахволу ваша хиларал совнаха, кху махкахь Дала а, наха а д1атеттинчу пхи эзар доьзало баьчча вина хьалхаваьккхина ву Аьрзу. 1елас т1ера б1аьрг ца боккхура вешина.
2963 Шуьйра белшаш, йуткъа г1одайукъ, деха пхьаьрсаш, буто хенан маь1игаш, хебаршка ихна оза к1есарк1аг, месалчу куйна к1елхьара схьакъиэда дуккха хенахь дуьйна башазчу коьртан сира чоьш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, 1елел дийнна пхи шо воккха ву.
2964 Йалх бутт хьалха бацара оцу коьрта т1ехь цхьа а къоьжа чо. Ткъа х1инца йис йиллича санна бу. Къежвелла. Халонаша аьхна цуьнан майра йуьхь, лекха хьаж. Амма дег1 ду, ч1у санна, нийса, элдара... Векалийн некъ лаьцна лаьттара, хьалхаваьлла кхо эпсар а волуш, даьхначу таррашца ахб1е гергга дошло.
2965 ... Оцу батта чохь масех б1е стаг велла тхан. Кхааннах ши эпсар г1адвахана велавелира. Кхозлаг1ниг, къонаниг, резавоцуш хьоьжура цаьрга. Дийна бисинарш а буй ткъа дийна? Шуна го-кх х1орш Даймахках, шен халкъах хаьдда стаг велла ву, цо мел дика хьегахь а
2966 Тхо сингаттамой, мацаллой, цамгарший х1аллакдо кхузахь. Тхан цхьана йовсарийн г1оьнца шун а, оьрсийн а 1едалша 1ехийна тхо. Цунах кхетта нах. Кхид1а аш ког баккхахь, шуна т1етоха дина омра ду цаьрга. Царна т1ехьа пхи эзар дошло лаьтта, шуна т1ехахка кийчча.
2967 Церан декъашна т1ехулий бен, тхан дозанал дехьа а девлла, гаурийн махка ког буьллур бац аш. 1ела цуьрриг шеквацара эпсаро дуьйцург цара дендерг хиларх. Т1ехдика йевзинера цунна церан къиза амалш. Ца го хьуна, тхох цхьаннен а йукъах атталла шаьлта а йац.
2968 Т1ехула т1е, кху дуьненахь мел долу герз кара делла, т1ехецча а, цуьнца шуна дуьхьало йан ницкъ ца бисина тхан дог1машкахь. И нах йа кхузахь лийр бу, йа белла кхачабаллалц къилбаседехьа д1аоьхур бу. Йуханехьа ког боккхур бац, эпсар.
2969 Оцу наха кху дозанехь бала, йа, дехьа а бевлла, къилбаседехьа д1абаха сацамбина... Оцу мискачу зударийн, берийн, баккхийчу нехан ц1ий 1ано ойла йу шун? Аш тоьхча, дан ц1ий дац церан дог1машца Уьш, халла синош доь1уш, чархаш йу
2970 Д1адахийта тхо... Йуха шу цига хьан дуьту? Гаурийн паччахьна шайниш, шайн динехь берш, бен ца беза И хаьий шуна? Кхузарий, Г1ажарехарий маситта эзар эрмалойн доьзал д1абигна цо Х1ордал дехьара тхан керста йалхой а кхалхийна шен махка
2971 Шен керстанаш д1абуьгу, бусалбанаш схьалоьхку. Цо д1абигна керстанаш йуха ца г1ерта, ткъа шу, бага са а кхаьчна, д1аг1ерта! Цул а, меллаша йухадерзийша, тхо къила а ца духкуш Х1ун ду шуна цигахь оццул марзделларг? Д1адахча а, ду-кх шу оьрсийн паччахьо Сибрех лохкур
2972 Цигахь шелонна лийр ду. Дийна бисинарш, керста дине а берзийна, хьакхарчий а йууш лелар бу. Т1аккха дуьненах а, эхартах а довлу шу. Суна къахета шух, х1аллакьхила дохку-кх шу. Къаьсттина хаза хуьлу церан зударий. И зурма тхуна лоькху дукха хан йу.
2973 Тхо схьакхаьчначу шолг1ачу дийнахь дуьйна! Д1адаханчу дезткъа шарахь-м дага ца даьхкира шуна тхо, итт-цхьайтта шо хьалха оьрсашца шайн т1ом болабаллалц, цара шайга шарбалш йашайайтталц! Баккъал аьлча, кху махка кхаччалц, тхуна моьттура шун бусалба дегнаш ду, шуьгахь ницкъ бу, аш дуьйцург дош ду
2974 Шу девзинчул т1аьхьа оха сатесна, ц1а а дирзина, керста оьрсашца цхьаьна лулахь, машаре дахаре. Д1адовла новкъара, тхешан махка д1адахийта тхо! Т1аьххьара минот т1ех1отталц машар бийца беза кхаьрца Чорас корта хьовзийра И суначул дика хьайна хуъушехь, лела хьо
2975 Ца го хьуна тарраш а даьхна, чухахка кийчча лаьтта дошлой? Ца го хьуна йаккхийчу тоьпашна уллохь к1ур туьйсу милташ? Х1етталц шен вешина а, кхаа эпсарна а т1ера б1аьрг ца баьккхинчу 1елина, хьалха д1ахьаьжча, гира цхьаннан омране ладоьг1у герз карахь туркойн эскарш
2976 Совцаде и ж1аьлеш! 1ела т1ехьахьаьжира Х1орш машар бан г1ертташехь, т1екхиира т1аьхьабог1у нах Чов хилла, дала шен тунгари чу текхачу экханах тарделира 1елина и адамийн татол Ши эзар йалх б1е адам Зударий, бераш, къенаниш Чуэгна б1аьргаш, озий, йакъайелла йаххьаш
2977 Хьокханна т1еоьхкича санна хетара церан ирйеллачу белшех кхозу мацах цкъа хиллачу бедарийн т1елхигаш. Хала дара и т1елхигаш цхьана хенахь чоэш, г1овталш, вертанаш, башлакхаш хилла бохучух теша. Чохь са доцуш санна, севцца, кхоьлина б1аьргаш, йевлла йаххьаш, кенах тарделла кортойн чоьш.
2978 Мацалла г1елделла, т1ехь дерзина, мажделла, п1ендарш, пханарш т1е а девлла, куьйгаш лаьцна йуххедаьхний, гехь-мараххьий бераш. Дакъа кешнашка иэцна боьлхуш санна, г1елйеллачу говрашкара чу а биссина, церан архаш лаьцна, тийна, кхоьлина, меллаша т1еоьхура уьш.
2979 Схьагарехь, хийлазза шен куьйга къиза кхиэл йина векъана 1аьржа эпсар а лаьттара бохамаша эрчадаьхначу оцу адамех цецваьлла, шен карара йуьйлина тапча а йицйелла. 1ела дозанехьа д1ахьаьжира. Царна аьтту а, аьрру а аг1онашца, т1ехьа а дикачу дойшна т1ехь чухахкавала кийчча лаьттара масех эзар дошло.
2980 Т1аьххьара а хотту шуьга: йухадоьрзу вай йа хьалхахьа д1аг1оьрту вай? Шена т1е а йалийна, д1ах1оттийначу говрана т1ехиира Аьрзу Шайн-шайн говрашна т1ехевшира б1енчаш а Г1уллакх девне дала доллийла хиъна туркойн кхо эпсар, шайн дойшна шодмаш тоьхна, хаьхкина йухавахара
2981 Д1адаханчу 1ай Шелахь, Сту бийначу арахь, хилларг ма хилахьара вайх тахана. Нагахь туркоша вайна т1е т1ом болабахь, зударшкара герз схьа а эцца, дуьхьало йан пурба ду шуна. Болх Даллий, пайхамаршний, эвлайаашний т1е билла, амма герз а, дой а кийча латтаде!
2982 ... Тобанна хьалха лаьттачу Къосама илли долийра. Цунна т1ехьара схьа Аьрзуна т1ебоьг1на бара Эсетан 1адийна б1аьргаш. Баттара йахий вай, Къизачу мостаг1ийн. Дог1маш т1ехь кегйе вай. Делерчу орцанца. Кхалха гуо хадабай, Мостаг1ийн декъаш т1ехь.
2983 Ваьшна некъ биллий вай! Масех минот йалале, кхо б1е гергга дошло, дойшна т1е а ваьлла, б1аьхаллин низаме х1оьттина, Аьрзун омране ладоьг1на сецира Меллаша, амма низамехь, хьуьн чуй, боьрий д1асабовла буьйлира зударий, бераш, къенаниш
2984 Хезара б1аьнчийн омранаш. 1елас б1аьрг туху шайн ницкъе. Кхо б1е дошло. Б1еннашка а нисвелла, тоьпаш карахь лаьтта пхи б1еннал алссам г1аш т1емало. Ткъа царна т1еоьху буьзна, берстина, хьербевлла туркойн салтий... Т1емалой Шо1ипах д1асабаржабе!
2985 Чора! Дошлошца Аьрзун омра хадийра х1аваъ къардеш йевллачу йаккхийчу тоьпийн а, туркойн г1ашлоша тоьхначу тоьпийн а татанаша 1елина гира вешин йуьхь ч1ечкъашка йоьдуш, цо шен некха т1е куьг хьуш, шен дошлошна хьалхаваьлла воьду Чора, цкъа аркъал а сеттина, т1аккха, разваьлла, говрара чувужуш
2986 Т1еман девза аз хезна, цкъа марсабаьлла Аьрзун дин, шен дена бохам хиллий хиъна, саца а сецна, терсира. Говрара чуиккхина т1ехьаьддачу 1елас д1алецира нуьйра т1ехь шалхавахана ваша. Мичара йели а ца хууш 1елина улло х1оьттира баттара йаьккхина шаьлта а карахь Эсет а.
2987 Шиммо, меллаша говрара охьа а ваьккхина, лаьтта виллира Аьрзу. Стигал къекъайора йуьйлучу йаккхийчу тоьпаша. Канашца 1енош санна, гуобаьккхина охьаоьгура цара схьайетта чаччамаш. Х1аваэхь шакарш йетташ, ц1ийзаш т1ехлелхара д1аьндаргаш.
2988 ... Цхьанхьа-м йуьстахлаьттачу къеначу наха шайн ницкъ ма-кхоччу ч1ог1а нохчийн б1аьхаллин илли бохура: ...Делерчу орцанца. Кхалха гуо хадабай, Мостаг1ийн декъаш т1ехь. Ваьшна некъ биллий вай... И гонд1а хуьлуш дерг г1енах долуш санна, стигал къекъаш, гуонаха дохк х1уьттуш хийтира цаьршинна.
2989 ... Дозанехь хиллачу оцу г1уллакхах лаьцна Александр Петровича шега делла рапорт а дешна, цунна т1е сихачу хот1аца йоцца резолюци йазйира Воккхачу Эло Михаила: «Суна 1аламат халахета цигахь ц1ий1анор, новкъа ду и ца 1анийта сайн ницкъцакхачар.
2990 Сайна даго хьоьххург дан сайн бакъо хиллехьара, и декъаза нохчий, цхьана минотана а ца сецош, вайн махка буьтур бара ас...». Шалго бара Михаил Николаевичан мотт. Лаьхьанан санна. Цуьнан цхьана генаца моз дуттура цо, вукхуьнца д1овш деттара.
2991 Т1аьхьо т1еман министре Милютине шен рапорт т1ехь йаздира цо: «...Оцу йуккъехула, д1абаханчу октябран 17-чу дийнахь Александропола улло, Арпачай, вайн дозане кхечира кхелхина баханчу нохчех 200 стаг. Вай бохург х1уъу дан реза хир дара, махка дерзийтахьара шаьш бохуш.
2992 Царна т1аьххье Арпачай оьхучийн барам 2600 хьалабелира. Нохчий вайн дозане буьйлабеллийла хиъначу эрзерумски велис, кхелхинарш йухаберзабе аьлла, дошлошца Муса Кундухов царна т1аьхьавахийтира, амма цуьнга уьш ца совцабелира.
2993 Нохчийн тобанаш вайн дозанашка иэхар шена ма-хеззинехь, капитано Зеленыйс эрзерумски велига д1ахьедира к1ира далале вайн доза нохчех ц1андина хила дезар; и д1ахьедар диначул т1аьхьа туркойн 1едало эскарш дахийтира Арпачайра нохчий д1абаха.
2994 Цара, т1е йаккхий тоьпаш а тоьхна, цигара йухабаьхна нохчий, гуонах туркойн эскарийн ха а х1оттийна, Къарсе д1абигира...». 13 корта. Вешин весет. Шайх Мансур (Ушурма). 1елина хиллачу бохаман дакъакхаьчна, г1елделча санна, кхоьлина, сингаттаме деара шолг1а де.
2995 Гуобаьккхина массо х1ума къайладоккхуш, даьржира, лаьттах хьаладуьйлуш санна, маь1-маь11ехь боьранашца, хица ийъало дуькъа т1уьна дохк. Х1аваэхь ловзуш, пелдуьйлуш, меллаша, тата доцуш лаьтта охьаоьгура аьхкенан духар т1аьххьара охьатосуш ц1анлучу дитташ т1ера мажделла г1аш.
2996 Лаьтта бухара санна, лаха чуьра, дахкара к1елхьара, цхьанхьа-м йуьртара схьахезара ж1аьлеш леташ, 1уьйренна н1аьнеш кхойкхуш. 1аламо шекдоцуш д1ахьора шен раж. Оцу дахкарна к1елхьарчу йуьртахь а, дисинчу дерриг дуьненахь а 1уьйранна д1адолалуш ду дахар.
2997 Кху сохьта цхьаберш шайн х1усамашкахь ховха набарш йеш 1охку. Вуьш къинхьегаман денна кечлуш бу... Дахарехьа латто и буьрса къийсам буьйсанна цхьана йоццачу ханна д1атоь, ткъа 1уьйранна кхин а карзахе йухаболало. Адам дуьнена даьлчахьана, х1ор а де иштта т1едог1у, иштта д1а а доьду.
2998 Уьш хийцаделла, муха, маца дог1ур, 1елина хаац. Ломан басахь, т1ехь лаьттал дукха хиллачу т1улгех ц1андеш даьккхинчу цхьана жимачу ирзехь, къанделлачу б1ара к1ел сийсара буьйса йоккхуш севцира уьш. Стомма чкъор деш йаржийначу хьардаш т1е виллинчу Аьрзуна к1ел тесна ду цуьнан чоа.
2999 Вешин чевнна хьерчош, эт1ийна 1елин коч. Асанаш йаьхна г1овталх а. Гуобаьккхина д1асакхийсина 1охку ц1ийша йуьзна т1елхигаш. Цаьршинна гуш, хезаш, хаалуш цхьа а х1ума дац, веккъа цхьа Аьрзу воцург. Ткъа иза 1уьллу верриг ц1ий ихна, халла хаалуш садоь1уш.
3000 Оцу цхьана буьйсано буткъбина, чорха т1е лаьцча санна, ирбина Аьрзун мара. Кегий сурхаш тоьхна бета гуонаха. Детта ц1ий ду сирделла дог1учу месалчу мекхаш т1ехь. Эсета сихдинна хи хьоьккхушехь, дакъало лилхина балдаш. 1елас маракъуьйлу вешин базбелла корта.
3001 Ши-кхо г1улч дехьахь, вертанна к1ел, когаш гуш 1уьллу Чорин дакъа. Йоьхначу не1армачаш чуьра аракъиэда когийн 1аьржа, этт1а п1елгаш. Вертанна к1елхьара чевнех 1ийдаделла ц1ий, жима 1ам х1оттийна, детта. Селхана суьйранна садаьлла цуьнан.
3002 Д1аволла а ца кхиъна, буьйса т1ехь йаьккхина. «Аьрзу, дела йала хьан хьо везарг, къаста доллу-те вайша?» Куьрк санна, батталучу шен кийрара, цхьа башха хеталуш, кхагаран хьожа йог1ура цунна Хаьдда иза доьзалх а, йиначу йуьртах а, даймахках а
3003 Берриг бевза-безарех. Шена везачух а йолуш йоллу х1инца... «Ванах, вала воллу-те Аьрзу? Аьрзуна хиллачу луьрачу чевно са а даьхьна, селхана дуьйна дуьххьара къонахалло д1атесна, вешин корта шен кара а биллина 1ара иза Т1аккха шиммо а бартий, куьйга-эшарий къамел долийра
3004 Дохк долуш шийла йу. Дархо мегар вац арахь. Йуьртахь табиб карор ву. Г1оьнна орцахбевлла, 1уьйрре дуьйна хаддаза кхуза оьхура гонахарчу йарташкара туркойн, эрмалойн, курдойн, гуьржийн ахархой. Тахана, изза г1ирс айъина, изза аьлла баьхкинарш х1орш пхоьалг1аниш бара.
3005 Чевнаш хилларш шайн йарташка д1акхоьхьура цара, ткъа байъинарш лаха чу гулбора. Уьш д1абохка кешнаш долийнера. Хьалха баьхкинчех ши турко М1аьчигах а, Къосамах а тоьхна, Чорина каш даккха хьовсийнера 1елас. Чов хилларг цкъа кхузахь вуьтур ву оха.
3006 Кхечаьрга хьовса шу. Дела реза хуьлда шуна! Ши стаг, шаьшшиъ оьший хьажа йуха а схьакхетар ву аьлла, шайн лами а айъина, д1авахара Цкъа узарш а долийна, т1аккха жимма 1ийча, сийсара санна, харцлен вуьйлира Аьрзу Маккхале, Берсега, Солтамурде, 1умме, Атабига, Шо1ипе кхойкхура
3007 Оьг1азе дов дора Мусина, Сайдуллина, Эмин-пашина. Доь1учу сица кийрара схьа тов детталора. Дедаьллачу хенахь, ц1еххьана дагар а сецна, сада1ар а тоделла, ши б1аьрг беллабелира Аьрзун. 1елега а хьаьжна, хи дийхира цо. Амма 1елас жоп ца лора.
3008 Мелхо а, иза кхоьрура, кхетаме веана, самаваьллачу Аьрзуна селханлерчу дийнан эрчо хаарна. Амма и ца хууш дуьсийла йацара... д1аваха? 1ела воьхна хьаьвзира Чора дийна вац, боху сан даго Д1аволлаза ву иза? Даим санна, иза сайна йуххехь хета-кх
3009 ... 1ела вист ца хилира, ткъа Эсет йелха х1оьттира. Со вохарна кхоьру хьо? Вайна ганза вай 1овшаза х1ума ма ца дисна Дуьне доладелчахьана адамашна гина, дуьне доххалц царна ган бисина берриг баланаш, бохамаш, иэрчонаш вайна гина, вайн шерашца д1аихна
3010 ... Вай цецдаха, вай стогаллех дохо х1ума хир ду ца моьтту суна... къемата адам махьшаре лоьхкучу дийнахь а... Къонахаллех, собарх ма вохалахь, 1ела, сайн ницкъ тоахь, хьоьга дан весет ду сан. Чора... д1авоьллиний аш? Легашка г1ерта шад а сецош, корта ластийра 1елас
3011 ... Вайн накъостех... К1елхьарвала кхин некъ ца хилча, д1аса а ца хьийзош, ма-дарра д1адийцира 1елас. Цхьаберш хьаннашца баржийна, дукхахберш, лиэцна, гуонаха ха а х1оттийна, к1егарбигна. Аьрзун кийрара узам белира... Х1етте а, теша ца лиира.
3012 Мухха делахь а... Доцца аьлча... нахана луург дина... хьалхавелира-кх... Кхузахь 1аьна к1ел баханехь а... лийр бара... Байъинарш дукха буй? Дикка-м бу уьш Зударий, бераш, къенаниш Чевнаш хилларш бу дуккха а х1ун деш ду? Туркой, гуьржий, курдой, эрмалой
3013 Чевнаш хилларш йарташка д1акхоьхьу цара... ц1ахь а, арахь а... Мичча махка вахча а, ша санна, г1ийланиг... ваша караво-кх стагана... Цхьана къомах хьовха, цхьана нанас вина велахь а... хьалдерг накъост вац г1ийлачун... Мисканаш, шаьш санна.
3014 ... мискачарна, г1ийлачарна... орцахбевлла-кх... Дала дуьненахь а, эхартахь а... декъалбойла уьш. Вайн беллачарна Дала гечдойла, эхарт мукъана а... декъала дойла церан... 1ела, цуьнга хьажийтахьа со... Кху харц дуьненара д1авалале, цуьнга доггах цкъа б1аьрг тоха ас.
3015 ... Шена г1оьнна М1аьчиггий, Къосаммий вало вахара 1ела... ца йоьхна хьо? чекхдели вайшиннан ирс Х1умма а дац Цкъа нислург хир хьан ирс а Даим хьо йоьлхуш а Эсетан б1аьргех мела хиш хьаьлхира Вайшиннан беран дуьхьа а, Дала вахор вай хьо-м
3016 ... Аьрзус шен корта хьалаайъира. Ахь баккъал... Б1аьрхишна йуккъехула йелакъежна, Аьрзуна т1е охьа а таь1на, цуьнан догучу балдашна барт белира Эсета... Цуьнан дуьхьа ца 1ийнехь, со-м, селхана оцу туркойн тарраш к1ел а иккхина, лийр йарий.
3017 ... Х1инца... хала дац-кх... вала... Схьабаьхкинчу Къосамг1ара, ларвеш охьа а хаийна, доттаг1чуьнга хьажийтира иза... к1ант-м ца ваха Далла дуьхьал... Вуьшта, 1ожалла... декъаза хили-кх... вайшиннан... Ткъех шо дара... цо вайшиннах кадетта, иза иэшош вайша схьаоьху.
3018 Амма х1инца атта схьалеци, уггар вайшиннан г1аддайна сахьт а лехна... Т1еман арахь эзарза шена дуьхьалваьлча г1орасиз хиллачу цо х1окху зударийн 1ожалле вилли-кх вайша... Дала гечдойла хьуна... Къаьстина дукха 1ийр вац вайша.
3019 ... новкъа цхьаьна вала а мега... Шаьш иза хьалхалеррачу д1анисвича, дукхахдерг воьхна хьийзачу 1елина а долуш, Аьрзун ойла айъа г1оьртира М1аьчиг. Делан къинхетам боккха бу. Сан дег1а т1ехь ши п1елг биллал меттиг йац муо боцуш.
3020 Хьо а толур ву. Ахь иштта аьлча, 1елин а, Эсетан а б1о ма буху. Церан дегнаш ма дохаде... 1елина жимма аьрхо хета иштта. Цхьа вуьсу ша бохург дагатосу. Хьо-м талур вай. Халла хаалуш, г1ийла велакъежира Аьрзу... Вай маца кхийрина 1ожаллех?
3021 Бакъду, шена везарг вала ца лаьа... Эццахь дуьне даьсса хетало... Вайн дай-наной а белла, вай а лийр ду... Дерриг йиша-ваша цхьана дийнахь ца ле, цхьаъ массарал т1аьхьавуьсу... Царах уггар декъазниг. Хьой, Къосаммий санна. Церан 1ожаллин къахьо 1овша.
3022 ... И декъазниг хила воллу хьо, 1ела. Амма хьо ма вохалахь... Вайн доха йиш йац... Хало, бохам т1ебеача, бухуш хиллехь... нохчий тоххара, х1аллакьхилла, кхачийна хир бара... Х1инца соьга дика ладог1алахь, 1ела... Цхьа хан йаллалц вист ца хуьлуш, ши б1аьрг хьаббина сецира Аьрзу.
3023 ... Х1умма а стаг хьаьгар воцуш, декъаза кхаж баьлла хьан... Йерриг дегайовхо 1умарх а, 1усманах а йу... Цаьршиннах вайн ц1ийнан т1аьхье хиларе, сайл т1аьхьавуьсу хьо цаьршиннах 1ехаваларе догдоху... Делахь а, х1ун гур хаац. Амма, х1уъу а хьайна т1едарах, собарх, къонахаллех ма вохалахь.
3024 Нагахь вохахь, кху къизачу дуьнено къинхетамза к1елхьарчор ву... Дайша вайна хьехначу оьздачу новкъа, цхьаннахьа а корта ца та1ош, майрра г1улч йоккхуш, хьалха д1аг1ой, воссалахь коша. Ког шершаш, охьакхеташ меттигаш а йог1ур йу.
3025 ... Хьо иэшна меттигаш а нислур йу. Амма воьжначохь 1илла ма сацалахь, тоьллачу мостаг1чуьнга къинхетам ма бехалахь... Маршонах догдиллий, нехан лай хилий, ма вахалахь. Мостаг1ашна йахь ца луш, верзалахь вайн дайшна, тхуна а дуьхьал.
3026 ... Хьо ц1а верза, мухха верзий а. Жимма са ца даь1ча... дийцалац соьга... Къилбаседехьара схьахьаькхначу махо даржийра дохк. Ломан дехьа басахь гучудевлира курдойн четарш. Генадоцуш дежара церан жа. Тахана ца хезара жа1уьно шедагца лоькху башха йиш, вовшашка бетта маьхьарий.
3027 Ч1ожаца кхалхадуьйлуш, кхерстара лаха охьа чохь упханашна дечигаш хедош деттачу дагарийн татанаш. Амма Аьрзус сацийра иза... ас кхид1а эриг шу кхаанга хир ду... Нийса аьлча, иза х1инца а чекх ца баьлла. Къийсам бахлур бу..
3028 . Цо соьга дика ойла йайтина вай х1инццалц схьабинчу некъан... Суна хетарехь, оцу новкъа вай б1аьрзе даьхкина... Оцу бехачу т1амо ваьшна бина ницкъаш, бохамаш, ваьшка хьегийтина баланаш, халонаш ерриг а керстанех окхура вай..
3029 . Уггар хьалха оьрсийн къам бехке дора... Вайн молланаша вайна хьоьхура, и т1ом бусалбанашний, керстанашний йуккъехь бу бохуш... Вайга г1азоте кхойкхура... Вай ваьш а олура, г1азотана г1евттина... Амма иза харц дара... Цхьанне а ца лаьара, г1азотехь а велла йалсамане ваха.
3030 ... Цул, шен тхов к1ел, шен йиша-ваша т1е а хьийзаш, Делан цамгарх воьжна, 1ожалла т1еэца лаьара х1оранна а... Амма оьрсийн паччахьо вайна т1е салтий лоьхкура... вай, вешан синош, доьзалш, даймохк ларбан г1ерташ, лиэтара... Ма нийса ду-кх ахь бохург.
3031 Г1азот даккха воьду ша аьлла, керстанан махка а вахана, царах летта велла нохчо суна-м ца хаавелла. Г1азот! Хьанна оьшура иза? Хьанна дагадог1ура иза? И керстанаш вайн махка ца г1иртинехь, ца хинболу т1ом бара вай бинарг Да-нана а, кхоъ ваша а, кхиъна вог1уш к1ант а хилла сан
3032 Х1инца цхьа а вац царах. Т1амехь байъина берриш а. Баклан-инарлин дошлоша йуьртах ц1е тесначу дийнахь ц1еношца йаьгна тхайн къена нана йицлац суна... Да хьалххе вийнера. Веа вешех со цхьаъ висинера... Х1етта чукхерстинчу ц1аро йукъахьарчийна, ц1енкъахь 1уьллура нана.
3033 Катоьхна схьаэцна иза мара а къевлина, со араиккхича, мохехь кхин а марсайелира цунах летта ц1е. И йайъа г1ерташ, воьхна хьийза со т1екхаьчначу шина г1алг1азкхичо йукъавоьллира. «Къосам, нана йаларг, со а йитий, к1елхьарвала хьажа!
3034 Тапча тоьхна шиннах цхьаъ а вожийна, д1ахьаьжначу суна иза йаьгна йаьлла гира. Цо ластийначу туьрах сан корта ларбира ас каде дуьхьалтесначу тоьпо. Шозлаг1а а тоха дагахь цо тур айъича, цхьамма бешара схьатоьхна вожийра иза.
3035 Со йуьрта вахана аьлла хезна, т1аьхьавеанчу сан к1анта, вуьрх1итта шо долчу Лечас, тоьхнера цунна. Тхойша йуьртах волуш Леча а вийра. Цхьаъ бен воцу к1ант, со к1елхьара а воккхуш, ша вуьйжира. Цунах куьг масазза хьаькхи, карладуьйлу и де.
3036 Х1етахь, 1ела, цхьа висира со. Аьрзус аьллачунна бохий ас-м. Г1азот даккха хьаьддера со йогучу йуьрта, мостаг1ашна йукъа? Х1ан-х1а, вина нана к1елхьарйаккха вахара Г1азот даккха веанера сан Леча йуьрта? Х1ан-х1а, иза шен дена орцахваьллера
3037 Охх1ай, ма г1азот дага ца дог1ура суна цу дийнахь! Ма дицделира суна дуьне, эхарт, дерриг а Суна гург, сан дагахь дерг сайн доьзал, сайн х1усам, сайн йурт мостаг1ех ларйар дара Иза-м дийца а ца оьшура Бехк ма биллалахь, Аьрзу, ахь садо11ушехь, цхьа-ши дош ала воларх вахвели со
3038 ... Суна ала луург, амма ала суна ницкъ цатоьург дерриг эли ахь... Берриш керстанаш вешан мостаг1ий бу, бусалбанаш доттаг1ий бу моьттура вайна... Селханлера де дукха тера дара д1адаханчу 1ай Шелахь, Сту бийначу арахь... вайна т1ех1оьттинчух.
3039 ... Х1етахь карахь герз доцуш шайна т1ебог1учу вайнахана йаккхий тоьпаш йиттира паччахьан эскаро... Оцу салташца цхьа оьрсий... цхьа керстанаш хилла ца 1ара... Селхана вайна йаккхий тоьпаш йиттинарш а бу бусалбанаш. Дерриг Маккхала бохучунна т1едог1у.
3040 ... Дин, къам олу вай, амма дерриг цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ду... Вайга г1оьрттуш 1азапехь, балехь, халонаш 1уьйшуш бу и... вайна гина оьрсий, гуьржий, эрмалой, туркой, г1ажарий, курдой... Тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь бу уьш.
3041 ... амма кхоллам цхьаъ бу. Тахана дуьненахь, кхана эхартахь а вайх къасталур боцуш, цхьа мисканаш бу... Цунна тоьшалла ду селханлерий, таханлерий ши де. Туркойн инарлаша вайна йаккхий тоьпаш йеттийти, ткъа тахана кху гонд1ара бусалба а, керста а, вай санна, г1ийла нах.
3042 ... вайна орцах баьхки. Г1ийланиг, мисканиг... иза мичча къомах велахь а... вайн цигахь а ваша вара вайна, кхузахь а уьш карий... вайна орцахбовлуш... Цундела суна нийса ца хета, вайгарчу бохамна муьлхха а цхьа къам дийнна схьалаьцна бехкедар.
3043 ... Мухха дерзий а, ц1а дерза шу... Хьанна хаьа... Маккхала буьйцу... и оьрсийн, гуьржийн... къен муьжгий вайгахьа бовла а мега... г1ийлачийн мостаг1ех бекхам ца оьцуш, кхоа а велла... суна дуьхьал эхарта ван. Маршо йа 1ожалла.
3044 ... Шиннах цхьаъ... Изза весет делахь хьайн т1аьхьене а... Кхин д1адийца... ницкъ бац, к1ентий... 1ела... сан настарш шелло... Даг т1е хьалаг1ерта шело... Хуьлуш дерг-м хаьара суна... амма хьо ч1аг1лолахь... Кхул доьхна денош дукха дог1ур ду.
3045 ... хьуна... Чора а, со а цхьана коша виллалаш... Цуьнан доьзалан... дола делахь... Сан чоин бустам чохь... вайн Гати-Юьртара... латта ду... Иза сан... бесни к1ел додалаш... Маккхале... Берсега а ала... 1адийначу акхарочух 1аннашца кхерстира Эсетан йелхаран къора мохь.
3046 Цуьнга терра тийжаш хетара мелачу махо техкайо, мажлуш, йерзина йуьйлу хьун. Т1екхозайелла 1аьржа стигал б1аьрмециг йелха йуьйлира. «Лечунна йеса деша молла а вац. Къен леш ду тхо... Дийна вуьсучу гергарчун догъэца хаза дешнаш ду уьш.
3047 Т1амехь денна лечу царна деша молланаш, хьерчо марчонаш мичахь лаьтта! Тхан-м къанделла божабераш а лелара дерзина, иэхье меттигаш д1ахьулйан йома а йоцуш Амма керстанан карах воьжнарг бен г1азот хуьлий-техьа? Цхьаммо а цунна жоп луш ца хезнера
3048 Х1орш бусалбанаша ма байъина. Дуккха а ойла йиначул т1аьхьа, М1аьчига эххар а сацийра, адамаш дойъурш, уьш муьлххачу къомах белахь а, берриш а Делан мостаг1ий бу аьлла. Башхо-м йоккха йу! Масала, оьрсийн салти, паччахьо нуьцкъаха валийна, цаваьллачу денна лета нохчех
3049 Хазахета ца лелара иза-м. И йамарт ж1аьлеш дайъинарг хир ву г1азот! Ткъа х1ун хийцам бу керстанийн а, бусалбанийн а эскаршна йуккъехь? Цхьа герз ду-кх цара тхуна деттарг Шиннахьарчара а 1енадо тхан ц1ий Х1ан-х1а, кхузахь белларш г1азот бу
3050 Т1ехула т1е, шайн махкана генахь а белла х1орш. Иза дилла дог1у цхьана йоле». Кхузахь байъинарш ша г1азот леринехь а, зиэне хир дац-кх аьлла, Аьрзун коьрте а хилла, шабаршца шена хуу масех айат деша вуьйлира М1аьчиг... Массо чо ирах1оьттинера.
3051 Кан санна, хьирчина дара маж, корта а. «Х1ун до ас дуьненахь ваьхна? Иштта веллачун эхарте даха дог хилийтац Ийманах ваьллачой бен лелор дац ишттаниг Къа Ийман Мичахь ду и шиъ? Харцой, бакъой, хьарам, хьанала, тешам, йамартло хоьржуш, мила лела кху дуьненахь!
3052 Ас х1инццалц лайна баланаш тоьур ма бу х1инца ас латочу къих хьалхавала. Суна ма ца оьшу Аьрзух ваьлла дуу дуьне. Дуу дуьне? Хьоьшу латта, хьоьгу 1азап! Амма, муха вала веза? Д1огара лекхачу тарха т1ера чу а иккхина» 1ела дуьххьалд1а тарха т1е волавелира
3053 К1аг чу ког нислой, охьакхеташ, т1аккха г1оттуш, к1охцалан кулла т1е 1отталой, йухаоьккхуш, тарха т1е боьг1начуьра ши б1аьрг д1а ца боккхуш, хьалхахьа д1аоьхура иза. Ши накъост а 1ара, иза стенга воьду, цо х1ун леладо ца хууш, хатта там ца хеташ, т1аьхьахьоьжуш.
3054 Амма эзар шарахь ойла йарх цаьршинна хуур дацара 1елас дагалаьцнарг. Б1е, ши б1е шо долура нохчашна йуккъехь стага ша-шен виэр ца хуьлуш. Ша-шен виэр стеган осалалла, к1иллолла, оьздавацар лорура цара массо хенахь. Цул доккха иэхь дацара, доьзална хьовха, тайпанна, йуьртана а т1едан.
3055 Мацах, цхьана хенахь, шун цхьамма ша-шен вийна хиллера бохуш, т1аьхьарчу т1аьхьенна а т1ехбеттамаш бора. 1ела ломан басах хьалавоьдура. Д1а мел тосучу г1улчаца цунна дуьхьалх1уьттура шен дахаран д1адаханчу буьрсачу шерийн 1аьржа денош.
3056 Жимачохь хилларш, баккхийчийн дийцарех дагадог1урш. Т1еман кхехкар. Малхехь ткъесах лепа тарраш, цхьамзанаш. Йогу йарташ, стигалахь соьцу 1аьржачу к1уьран мархаш. Зударийн, берийн маьхьарий. Хьайбанийн 1иэхар, ж1аьлийн уг1ар.
3057 Б1еннаш, эзарнаш кешнийн керл-керла баьрзнаш, х1олламийн хьаннаш. Декъий, ц1ий, ц1ий. Татолашца. Иттаннаш шерашкахь саццаза. Маршонехьа къуьйсуш, б1арзделла хьийза адам. Мацалла, цамгарш. Паччахьан 1едалан къизалла. Х1ара туркойн жоьжахати.
3058 ... Дерриш а карладуьйлура... Дерриг а дуьхьалх1уьттура. Да, нана, йижарий, вежарий, доттаг1ий, нийсарой, б1аьхаллин накъостий. Т1амой, мацаллой х1аллакбина зударий, бераш. Царах х1ораннан а г1аларто 1елех бехкбоккхура. Дуьненахь мел долу догдика адамаш дерриш цуьнан йиша-ваша ду.
3059 Кхетий хьо, 1ела? Йухаверза!» «Тхан ч1ир йекха къонахалла а ца тоьъна, воьду хьо? Мостаг1ех бекхам иэца, къийсаман некъ чекхбаккха къонах веза К1илло! К1илло!» «Хьажал схьа, оха 1ожалла т1е муха эцна?»» «1ели, сан жима 1ела, хьо мича вог1у?
3060 ! Ца го хьуна шуна болчу сингаттамо къиза йийна со? Тхан ч1ир йекха къонахалла-м ца тоьира хьан, вайн ц1енна иэхь мукъа ма дехьа Айхьа дагалаьцнарг ахь чекхдаккхахь, ас баийна накха хьарам бу-кх хьуна! Йухаверза, 1ела, йухаверза
3061 ...». «Вийна со ц1а валийначу дийнахь сан вуьрх1итта шо а ца дуьзнера. Хьан ткъе дейтта ду. Х1етте а, воьхна, кхеравелла, хьаьдда вог1у хьо. Х1ан-х1а, 1ела, сан ваша вац хьо! «Ас 1ийшинчу халонийн эзарлаг1а дакъа а ца гина хьуна!
3062 Хьо шолг1ачу чевнах велла, суна т1ехь уьш исс йу! Хьо вайн дена т1аьххье велла, ткъа ас шу массеран а 1ожаллин къахьо мелла Со-м адам дай, кхид1а садетта ницкъ бац, хьере хилла!» «Саца, мича воьду хьо?! Хезий хьуна, 1ела? Маршо йа 1ожалла!
3063 Вайгарчу бохамна бехкечех бекхам ца оьцуш, суна дуьхьалван пурба дац хьуна, ца аьллера ас хьоьга? Ткъа хьо атталла со лаьтте а ца кховдош, суна т1аьхьа сихвелла» Ц1еххьана саметтавеана, сецначу 1елина ша цхьа б1е аьрша лекхачу бердан йистана кхо г1улч генахь карийра
3064 Чухьаьжначу цунна кешнашна аьхкина гу а, лахо 1ина йисте охьадехкина декъий а гира. Цига хьийзаш бара бес-бесара духаршца, амма цхьатерра беркъа масех къомах божарий а, зударий а. Х1инца д1атийнера зударий. Ца хезара тийжарш, ц1ог1ане маьхьарий а.
3065 Г1ара-г1овг1а йоцуш, тийна байъинчийн декъий лаьтте луш дара адамаш. Х1ан-х1а, 1ела цхьаъ вацара оцу дийнахь, везачух къаьстина, б1арзвелла хьийзаш. Аьрзус ма-аллара, и дуьххьара йа т1аьххьара а вацара вешех къаьстина... Масане хир ву царалахь т1аьххьара висина ваша, йиша, доьзалхо д1авуллуш.
3066 Амма тарха т1е хьалаваьлларг цхьа 1ела бен вац. Х1инца иза ша а ца тешара ша дагалаьцначух. Кхо г1улч теснехь, бердах оьккхура иза, т1аккха иза, лахьо даь1ахк йоцуш, ваьржар вара. Эзарза 1ожалла иэшийна, дийна воллушехь жоьжахате веана, маьхьшаре гина, сиртан т1ех ваьлла 1ела ле, бердах а иккхина?
3067 Ой, иза зуда-х йаций? Зуда х1унда хьехайо? Зудчо а мичара дийр ду ишттаниг! Иштта лечу стеган ц1е йан а йац! Со йухавог1у хьуна! 1ела гучуваьлча, ши куьг хьалха а кховдийна, дуьхьалхьаьдда иза, цуьнан настарех хьаьрчира Цуьнан баьллачу, модаша буьзначу коьртах куьг а хьаькхна, йо1 хьаьстира 1елас
3068 Т1аккха, т1евахана, 1адийна, къаьрззинчохь севцца зудчун б1аьргаш д1ахьулбеш цуьнан йуьхьа т1е кортали а тесна, йо1 мара а йоьллина, шен беллачарна декхар д1адала вахара. Дозанал дехьахь Воккхачу Эло Михаил Николаевича кхид1а а йаздора шен веше Александре 11-чуьнга: «.
3069 ...Кху сохьта и кхелхинарш Саганлугехула к1егарбуьгуш бу. Вайн комиссаран бертахь, йовхо т1екхаччалц аьлла, Карсан а, Ольтински а пашалыкашкахь цомгаш, г1елбелла цхьа б1е везткъа доьзал битна... ... Кавказски Эскарийн Коьртакомандующи.
3070 Оццу хенахь Турцехь кхечахьа шайга х1оьттинчу бохамах лаьцна т1аьхьо Тарама шен йуьртахошка йаздора: «...1а гергаг1ортарна, Мушехь тхайх нийсса ах адамаш х1аллакьхиларна, дерриг ца леш к1елхьардовладаларга дог даьхна, Моско-паччахьан мехкан дозанашка дуьйладелира тхо.
3071 Цигахь туркойн эскарш дуьхьалдевлира тхуна, шина а аг1орчех дикка адамаш дайъира. Эххар а, тхуна дуьхьалваьллачу Эскар-пашас, меттигера бахархой тхох кхоьру аьлла, бахьана а х1оттийна, Мушехь а, Гасан-Г1алахь а герз д1аийцира тхоьгара.
3072 Тхайгара герз д1аоьцурш бусалбанаш ца хиллехь, царах лата дино тхаьшна бакъо луш хиллехь, оха иза д1алур дацара, тхаьш дерриг делла д1адовллалц...». Цул т1аьхьа йалх шо даьлча, лечкъина даймахка ц1а вирзинчу Маккхала Бенахь шен б1аьхаллин накъосташка дуьйцура: «.
3073 ...Тхо Хонкара кхаьчна дукха хан йалале, докъар а, дажо мохк а ца хилла, мацалла делира тхан даьхний, бераш мацалла ца далийта г1ерташ, тхешан сал-пал йоьхкина кхачийра оха. Хьалхарчу деа шарахь туркойн 1едало дама а, цкъацкъа дуга а лора тхуна, амма иза тхуна логах тоххал а ца хуьлура.
3074 Халла луш долу иза а сацийра т1аьххьарчу шерашкахь. Мангало буц санна, хьоькхура тхо мацаллой, уьной, махкаллой. Туркойн 1едалан омрица эзар стаг волуш Диарбекирерчу нохчех дошлойн б1о вовшахтуьйхира. Оцу хенахь 1аьрбийн махкахь хилла г1аттам хьошуш дакъалоцуш бара Диарбекирерчу нохчийн и б1о а.
3075 ...». Нийсса б1е шарахь ша мерза сатийсинарг, к1езиг хиллехь а, кхочушхилира Оттоманан Портин! Амма иза, к1езиг хилла ца 1аш, дуьххьарлера а, т1аьххьарлера а кхиам бара цуьнан Хьалхарчу книгин чаккхе Нагахь керстанаш шайн зударий сийсазбан г1ортахь, т1аккха айъа герз а, т1аккха 1анаде церан ц1ий а
3076 Шемалан з1енехь болчу динадайша кхечу динахь долчу адамашна дуьхьал т1аме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас массо динехь, массо къомах долчу адамашна, хьолахошна, къехошна йукъахь машар, 1едална муьт1ахьалла кхойкхура. Х1етте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан г1ертара.
3077 Оцу т1ехь йоккха меттиг д1алоцура церан лулахь шина б1е шарахь бехачу Теркан г1алг1азкхаша. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна т1ехь олалла латточу г1ебартойн а, г1умкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн г1овттамаш. Оцу веаннан ц1енош чохь бен ца догура ангалин шиша долу мехкадаьтта даго чиркхаш.
3078 Амма, тховса санна, шаьш кхоъ цхьаьнакхеттачохь йуучунна т1екхевдаш, иза хьалхара д1аоьцуш бен, цкъа а Делан ц1е ца йоккхура цо. Х1окху къанйеллачу бажах цуьрриг самукъа ца долу жимахйерг даим а тхоьга б1аьргаш къерзош бен ма ца 1ара.
3079 Молла ц1ахь воций хаьара суна, амма, со чохь волуш и ц1а ваг1ахь а аьлла, бехказлонна сайн карадеана цхьа жайна даьхьира ас. Воьхна хьийза ши хьаша к1елхьарваьккхира, хьерадовла санна, арахь лета девллачу 1осин жен-ж1аьлеша.
3080 Лепачу баьццарчу атлазан г1овталций, хечиций шур-шур деш, чучча ши ког боьллина, охьахиира Хорт1а. Цо коьртара месала куй д1абаьккхича чиркхан серлонехь къегира к1есарк1аг чохь а, лергаш т1ехула а цхьа масех чо бен ца буьсуш тилла, йоьзан тас санна, къегина боккха корта.
3081 Кхо-диъ де хьалха йарташка напха деха бахана бог1у мута1еламаш Гуьмсений, Борг1анений йуккъерчу т1ай т1ехь ч1ерий леца вахана вог1учу 1умхан-Юьртарчу шина г1алг1азкхичунна дуьхьалнисбелла хилла. Воккхачу мута1еламо куьйгаэшара, оцу берана х1унда тоьхна ахь, хьайна лата лаахь, шех лата аьлла.
3082 Вуьшта а вовшашка безам боцчу нохчийн а, г1алг1азкхийн а вовшашца дов ца долуш цхьа а базаран де ца туьлура. Д1айаханчу гурахь Соьлжа-Г1ала базара ваханчу Шахьбина хьалхха ишттачех цхьа дов доладелира, даим а санна, цхьа пайда боцчу х1уманна т1ехула.
3083 Суна лууш ца хилча-м, х1уьттаренна а вохуьйтур вара цо иза, амма, суна лаьий хиъча, цига ца вахийта, цунна урс хьокхур дара цо! Хьийзош йуккъедевлла деза суьлхьанаш хьарччийна буйна а доьхкина, к1егархиира Шахьби Т1ай т1е г1ортийначу буг1ичух ц1ийбелла ши б1аьрг, схьаэккха санна, къаьрзинера
3084 Паччахьан 1едал мел дика делахь а, цунна гергахь иза керстанан 1едал ду, ткъа керстанаш цкъа а шайца машар хила йиш йоцу бусалба динан мостаг1ий бу, боху цо. Малхбале Нохчийчуьра цхьак1еззиг йарташ бен йацара, Ташу-Хьаьжина т1аьхьа а х1иттина, Шемална г1о дийраш.
3085 Оцу т1аьххьарчу шерашкахь Ташу-Хьаьжина дуьхьалбуьйлура 1оса тайпа халкъан бала боцу нах. Цхьана дийнахь 1осина хезира, Гати-Юьрта уллохь, Ахьмат-Толле олучу меттехь долчу шен кха т1ехь Ташу-Хьаьжа г1ап йуг1уш ву аьлла. Европейски дипломатийн аьтто хилира х1орда т1ехь пхийтта денна карантин х1отто.
3086 Трапезундан инарла-губернаторо Эмин Мухлис-пашас ша эцна б1е ткъе итт йо1 совг1атна йийкъира Константинополерчу лакхарчу хьаькамашна. Тхо лагерна гергакхаьчча, куьйгаш лаьцна бераш далош, тхуна дуьхьалбаьхкира зударий а, божарий а, шайн бераш иэцар доьхуш.
3087 Суна хетарехь, оцу мецачу, дерзинчу берашна, шайна кхача а, к1елх1итта тхов а хилчахьана, шайна а лаьара дайх-нанойх д1акъаста. Оцу мехкашкахь, къаьсттина Балканерчу провинцешкахь, ламанхойх эскарийн дакъош а кхуллуш, т1еман колонеш йехкира, Россехь г1алг1азкхийн станицех тера.
3088 Доьзалх бозабелла боцуш, маьрша б1аьхой, йа, вуьшта аьлча, чаьлтачаш оьшура 1едална. Ткъа шайга х1оьттинчу инзаре халачу хьолах к1елхьарбовла кхин некъ боцуш б1арзбелла ламанхой, шайн зударий, бераш а духкуш, шаьш салт бовлура.
3089 Адамийн исторехь цкъа а йуьйцу ца хезначу тайпанара Кавказан ламанхойн и йоккха трагеди чекхйелира кхелхинчех ах тайп-тайпанчу цамгарех а, мацалла а, шелонна а х1аллакьхуьлуш. Х1инца, и маршо шайгара д1а а йаьккхина, эчиган з1арашна чубохка болийча, схьакхалха резахилла.
3090 Иттаннаш шерашкахь биначу т1емашкахь вахчавелла пхи эзар майра т1емало, церан коьртехь оьрсийн эскарийн тоьллачу инарлех цхьаъ волу Муса-паша а, ц1арна а ц1ейахана Шемалан наиб Сайдулла а! Тахана кхоалг1а де дара цушимма т1ом бен, амма цхьа а цхьа ког а хьалха ца ваханера
3091 Цхьанхьа лакхенгара шен коьрта т1е т1улг боьжча санна, оцу дешнаша хазачу ойланах йукъахваьккхина, саметта валийра 1ела-Паша. Иза ша волччехь кхоссавелча, Николай Павлович а кхийтира, ша т1аьхьалонна йитина козар, ша нийса лаьцна дина тохар цуьнан дага йуккъе кхетта хиларх.
3092 Уьш баха ховшо меттиг гайтарца, шаьш тхан империн чоьхьарчу г1уллакхашна йукъаг1ерташ хилар дага а дог1ий хьуна? Йуккъерчу б1ешерашкахь дуьйна схьа европейцаша хьийзош, б1арзбина, махках баьхна керстанаш, иудейш, бусалбанаш, мунепакъаш цхьана оха т1елаца безаш хили-кх!
3093 Россера йухабог1у керстанаш оха дуьхьало йоцуш т1еоьцу, ткъа кхузахь совца реза ца хилла, Россе д1аг1ерта ламанхой аш шайгахьа дозанал дехьабовлийтац. Шина дипломато, хьала а г1еттина, дуьхь-дуьхьал а х1оьттина, лохха кортош а та1ош, вовшийн 1одика йира.
3094 Оццу дийнахь, Лондонехь, Грин-стрит урамерчу № 14 йолу шозза т1ек1елдинчу ц1еношкахь, оццу оьрсийн паччахьан чоьхьарчуй, арахьарчуй политикех а, Кавказан ламанхойн кхолламах а лаьцна кхечу тайпанара къамел хилира. Х1етахь, Герценан х1усамехь Бакунина жимма хан йоккхуш, иза гойла ца хилира Марксан.
3095 Бакунин мел анархистски амалш йолуш велахь а, Марксана хазахийтира тахана шена иза гар. Ткъа ахь кхайкхо славянски федераци кхолларан лозунг, буххенца б1аьрзе хилла ца 1аш, зуламе йу. Германис дакъалоцуш, цуьнан цамзанийн, танг1алкхийн, набахтийн г1оьнца хьоьшу Италехь мел хуьлу маршонехьа болам.
3096 Масала, французийн монархина дуьххьара тохар цо 1азапехь баллочу ахархоша ца дира, ткъа оцу монархин г1ортор хилла лаьттинчу дворянаша дира. Хьалаайъайала а кхиале махо, йаржайой, т1епаза йойъу царна чуьра г1уьтту 1аь. Этт1ачу кетарх, чоэх, цецах санна, чекхбуьйлу шийла мох, кочах чухьийзадо дарц.
3097 Моданечу кучамийн баккъаш т1ехь цкъа хьалха п1елг биллал хьоькх х1утту, т1аккха, цхьа масех гуо баьхьча, йерриг коч, хи чу 1оьттича санна, т1адайо. Зуькаран ч1агарехь дакъалаца меттиг боцуш, сени чохь, арахь, корашкахь лаьттарш шаьш болччохь д1асатехка.
3098 Амма М1аьчиган сапарг1ат ца делира, накъостий, «алхьамдулиллах1, Дала ма эшадойла хьо бусалбанна а, керстанна а» аьлла, шуьна т1ера д1ахиллалц. Т1аккха текхахь йисина сискалан кхо йуьхк цхьацца йуллуш къайлаха чета йоьллира цо.
3099 Тховса кхузахь ву хабарна говзалла Нохчмахкахь ц1ейахана молла билтойн Нуркиша а. Цуьнан аз цкъацкъа, лахлой, шабаре долура, т1аккха к1ез-к1езиг, кхерамаш туьйсуш, къекъара. И ца дича, кханалерчу дийнахь Дала тхоьга жоп доьхур ду, тхайна т1едиллина декхар оха кхочушцадарх.
3100 Шуна ма-хаъара, шайн доьзалшца цига кхелхаш бу Гихт1ара 1успанан Сайдулла а, аьрстхойн Цугин 1елаха а, шуна буьйцу хезна Г1ойл дехьара Боташ, Жанар-1ели, Хьаьдаз, кхин дуккха а. Т1ехула т1е, стохка цига кхелхина эдагий, берриш бохург санна, мацаллой, уьной х1аллакбина бохуш а дуьйцу.
3101 Лайлахь некъ буьллуш, гуттар а хьалха баха шина старана хала хуьлу дела, салазаш рогг1ана хьалха а йохуш, бог1ура уьш. Кешанера хьала Бена а, Майртуьпара д1а Г1оьрдала а керла некъаш дохуьйтуш дара 1едал кху 1ай. Йерриг йурт чулоцуш йина йуьйцина керт йара, т1ехула к1охцалийн коьллаш а лаьцна.
3102 Цунах чекхбевлла 1елаг1ар станици чубоьлча, цхьацца-шишша гуллуш, берийн йоккха тоба х1оьттира х1окхарна т1аьхьа. Царна уллохь кхозучу вечин горгалина гонаха мукъалла гулбелла пхьоьханахь лаьттачу г1алг1азкхаша, т1е а баьхкина, гуо бира майданахь сецначу 1елин ворданна.
3103 Цуьнга гома хьоьжучех хьаьрсаниг, пхьуьйшаш хьала а керчош, стаммий пхьаьрсаш гучу а дохуш, стомма ворта а саттийна, буг1а санна, меллаша 1елина т1евог1авелира. Вайн станицина хьовха, берриг Теркан г1алг1азкхашна иэхь ма ду иза, ваьшка веанчу стагана йеттар.
3104 Шегара сараг схьаэцна, ворданна хьалха а хиъна стерчий лоьхкуш вог1у Корней, майданна гена мел вели, г1еллуш гора 1елина. Корнейн дуькъачу, сирдала доьллачу 1аьржачу ц1оцкъамашна бухарчу 1аьржачу б1аьргаш чохь а, хебарийн шеддаш х1иттинчу лекхачу хьажа т1ехь а цхьа йоккха г1айг1а йара.
3105 Б1аран дечигах йинчу куьйго а, к1уьро а 1аржйинчу луьлли чуьра схьауьйзу к1ур сихбинна чу а бетташ, цхьана х1уманан ойла йора цо. Тахана дуьххьара мачашна чуваьлла иза, к1егашна т1ейаьлла н1аьна санна, когаш лаккха хьала а уьйъуш, ларлуш охьа а бохкуш, цхьа тамашийна, беламе волавелира.
3106 Дечиган, наггахь эчиган а г1оьнаш т1е, 1аддарг1а санна, хьовзош тоьхна лекха х1азарш схьа а лоций, нийсса ира а х1уьттий, хоьхкура цара уьш. Царна генабоццуш, рег1ара охьа эвла бог1у некъ шина тарха йуккъехула араболучухула, оцу минотехь гучубевлира говраш хаьхкина бог1у дошлой.
3107 Уггар хьалха шайн дой, т1аккха бераш а девзинчу наха, ч1аг1онаш т1ехьара схьа а буьйлуш, гуо бира царна. Оцу минотехь момсарна буьххье ваьллачу цхьамма, йуьртана кхерам цахилар хоуьйтуш, билгалйина йукъ йолуьйтуш, кхузза топ кхоьссира.
3108 Береш ломара ц1а бирзинийла хиъча, уьш декъалбеш, тоьпаш йийлира массо маь11ехь. Йуьртара уггар хьуьнаре, хьекъале, каде, майра т1емало коьрте а х1оттавой, рог1ехь массо бер аьхка цхьана баттана, 1ай а цхьана баттана лаьмнашка дохуьйту.
3109 Цигахь цо уьш нийса топ тоха а, говрахь лела а, тур-шаьлтанца лата а, кхечу хьуьнаршна а 1амабо. Цигарчу хьалдолчу г1алг1азкхийн даьхний цара, нохчашка а даладой, Васале а, Мескатарчу Мовле а д1ало. Цунах уггар хьалха жоп доьхура зулам хиллачу меттигна уллохь йолчу ламанхойн йарташка.
3110 Йа бехкениг 1едале д1авала везара цара, иза д1авеллехь а, нагахь зулам меттах1отто цуьнан ницкъ бацахь, йуьрто бан безара такхам. Амма европейски цивилизацин паччахьаша лелийна а, тахана лелош йолу а къизаллаш оцу боданечу ламанхочо лелайарх, цунна билла бехк бац.
3111 Цигахь оха сацам т1еийцира, помещикийн бахам, латта а муьжгашна биэкъа, нагахь дуьхьало йахь, х1етталц тхайн ц1ий мийлина и ц1убдарш дайъина д1а а даьхна, йарташкахь тхешан, муьжгийн, 1едал х1отто. Оцу дийнахь дуьххьара а, т1аьххьара а гира суна иза: ткъе шийтта шо хенара, оза, жима, макхвелла.
3112 Доцца аьлча, вийна а, чевнаш хилла а кхоъ ах б1е стаг майданахь а вуьсуш, д1абирзира тхан бакъонгахьа къийсам. Г1ийла, миска стаг вара Кунта-Хьаьжа, ша санначу мискачу адамийн догъиэца а г1ертара. Зандакъана къилба-малхбалехьа Дагестанца дозанехь ломан когашкахь 1уьллучу жимачу Симсарара веана.
3113 Шовзткъа шо хьалха цхьак1еззиг оьрсийн эпсарша барт бира паччахь а, цуьнан бартахой а д1а а баьхна, халкъ маьрша а даьккхина, паччахь воцуш 1едал х1отто. Хьанна хаьа, и г1алкхазкхий вайн махка т1ехь бацахьара, хенан йохалла ахь ма-бохху хила а тарлора.
3114 Ламазна тосу кхакха товханна хьалха а баржийна, коьрта к1ел кенийн г1айба а биллина, гоьла т1е ког баьккхина, аркъал 1уьллура М1аьчиг. Т1ехаа говр, божа шуьстий-м хьехор бацара ас, шуна йаа сискал, дог1маш хьулдан т1елхигаш ца леталуш, хала воллучу сан ойла йан а ца йо ахь?
3115 Шен къоьллиний, церан хьоланий йуккъехь лаьтташ ворх1 лам, исс корта болу саьрмак а хилар. Хьеший стоьла гуонаха ховшуш, чукхечира цара шайна талмажаллина кхайкхина Г1ачалкхан дукъаца йолчу йартийн наиб милицин майор Шамурзин Бота.
3116 1812-чу шарахь хиллачу т1амехь оьрсийн эскарша баьхначу толамашкахь Александр Хьалхарчун мел дакъа хилла, хаьий хьуна? Юсуп-Хьаьжа, европейцийн маттахь аьлча, Шемалан генеральни штабан начальник а, премьер-министр а вара Илли ца сацош, доттаг1чун 1одика йеш, х1аваэ лаьцна, тапчанаш туьйхира цара
3117 Стоьлаш т1ехь баьрзнаш дина бес-бесара даарш, царна йуккъехь, б1аьвнаш санна, лаьттара тайп-тайпана маларш чохь лекхий, горгий, ч1апий шишанаш, графинаш. Хьешашна т1ехьахула лаьттара, пхьаьрсех к1айн гатанаш а тийсина, муьлхха а омра кхочушдан кийча йалхой.
3118 Йукъ-йукъа хийшина 1ара шуьйрий, йехий кучамаш йуьйхина, безачу механ жовх1арш, цхьацца к1ал-к1овсарш кочахь, пхьаьрсех, п1елгех а йохку куралла д1асахьовса а ца беша хантоьхна зударий а, мехкарий а. Цигахь вайна дуьхьал лаьтташ мел инзаре боккха ницкъ хиллехь а, и тамашийна дерг хилла-кх!
3119 Шен хастам б1еннаш шерашкахь беха болчу кхузткъа шеран кавказски т1амо вайна, оьрсашна, хьовха, дерриг адамаллина йелла пайдехь, к1орггера хьекъале урок ца гойла дац вайн, хьомсара государаш. Эххар, кхин д1аг1ерта ницкъ ца тоьъна, Муш-шахьарна генадоццуш, Мурат-хин тог1ехь, туп тоьхна севцира уьш.
3120 Генара хьаьжча а, гора цу г1алара т1ехь хаддаза сема ха лаьтташ т1улган лекхачу, стаммийчу пенаший, горгачу б1аьвнаший гуобина, арахьахула эчиган ч1орех дина з1араш диттина гаттий, кегий кораш долу Диарбекиран набахте. Кху цхьана баттахь йетт а, т1ехуу дика говр а дигнера кхуьнан чуьрадаьккхина.
3121 Хехочунна наб кхетта хиллера а, йа иза, къуйх кхеравелла, меттах ца хьайнера а хаац, амма Нияз-бей дикачу динах а, аттах а ваьллера. Къеначу Узун-Бобас дуьнен т1ехь мел болу дуй биира, шена наб ца кхеттера, йа оцу шина буса х1ума тоса а ма ца делира аьлла.
3122 Кемсийн таьллангашна т1екхочуш, ши лерг дуьйлина ла а доьг1на, цкъа-шозза г1алх аьлла, хьалха д1аг1оьртира ж1аьла. Д1ахьажавеллачу Нияз-бейна кемсийн таьллангашна к1ел беттасан серлонехь баролехьа д1адедда жима г1аларт гира.
3123 Кхузахь г1овг1анаш йевлча, хьаьдда схьавеана Узун-боба Нияз-бейна т1енисвелира, шаьлта карахь иза шен ж1аьлина гуонаха хьийзаш. Т1аьххьара оьрсашца хиллачу т1амехь веллачу шен цхьаъ бен воцчу к1ентан висина цхьа к1ант. Жима бер долуш Ярмол-инарлас ша Дади-Юрт йохош цигара йийсаре вигна хиллера иза.
3124 Ша итт шарахь вайнахана диначу г1уллакхал б1озза сов зиэн дира цо, ведда йуханехьа оьрсашкахьа а ваьлла, вукху итт шарахь. Ден шок хезна иза, ши лерг дуьйлина, хьала а таь1на, йайн тарса а терсина, йедда т1ейеара. Цхьанхьа дукха генадоццуш мажар йаьлла, ткъа кху божин некха т1е цхьа х1ума кхетта.
3125 Дийцира шайх Мансур имам валар, ламанан халкъаш дуьххьара цхьаьна а тоьхна, цо паччахьна дуьхьало йар, паччахьна дуьхьал нохчий г1иттар. И ас буьйцу Нуркиший, Шахьболаттий, тхан лерехь и зурма лоькхуш, тхуна схьадахка а хаздина, шаьш ц1ахь ма севци!
3126 Молланийн, наибийн г1уллакх Шемал волуш а дацара вуон, ткъа паччахь веача, кхин а тоделира. Оцу дайл а боккхачу коьртах исс дол йеха чалба а хьарчийна, пхи б1е суьлхьа кара а лаьцна, бекана улло волий лелаш хуьлу иза. Кху т1аьххьарчу хенахь Тозас эладита даржийнера ша эвлайаийн дакъа долуш волчуха.
3127 Цунах тешаш белахь а йа цунах пайдаэца 1алашо йолуш лелахь а, Хорачуьра а, гонд1арчу йарташкара а дикка нах т1аьхьах1иттинера цунна. Маккхала и г1уллакх хьахийча, цаьршиннан дов дер дуйла хууш, гена ца долуьйтуш, Тоза охьахаийра Солтамурда.
3128 Цига кхелхина вайнах, борц санна, маь1-маь11е баржа а бина, хенан йохалла ненан мотт бицбелла, къоман йуьхь йайна, бовр бу. Нагахь берриг нохчий цига г1ахь, цхьа-ши т1аьхье хийцайелча, нохчийн къам боху ц1е дуьненара д1айер йу.
3129 Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца т1ом ца болабелча, шена дуьхьал ма-г1евттинехь, цо шен берриг ницкъ вайна т1етоттур бу. Оцу берда т1ера д1а малхбузехьа доьду ткъа шо хьалха г1арабевллачу нохчийн наибаша инарла-адъютант Воронцов вохийна Коьжалка-Дукъ.
3130 Дукъан къилбехьарчу аг1онца боьрахула хьала малхбузехьа боьду некъ Шоьнахула, Ялхой-Махкахула, Жуг1уртахула д1а Б1аьчи-Юьртехьа арен т1е болу. Берсин нийсарой кху хьаннашкахь мостаг1ийн д1аьндаргаша эгочу буьрсачу шерашкахь виначу лаьмнашна генахь хилла иза 1алашвеллера оцу иэрчонех.
3131 Берса кхуза кхечира, т1амехь, лиэтта, ницкъ иэшна, лен чов хилла йоьжна Нохчийчоь сийначу ц1арах йогуш, тоьлла мостаг1, цуьнан т1аьххьарлера дуьхьалонаш кегйеш, кху 1аьржачу ломан к1орге воьлча. Къоначу дворянаша сатуьйсура, школа чекх а йаьккхина, сихха къилбехьа акхачу ламанхошца т1аме баха.
3132 Цига оьхура, Россера хьовха, йерриг малхбузе Европера а къийбелла, шайн бахам кехатех ловзийна йа зударех хийцина тайп-тайпанчу къаьмнех дворянчикаш. Къоначу цунна ца хаьара, муьлххачу а халкъан 1енийна ц1ий шена т1ехь, иэхьан томмаг1а хилла, гуттаренна дуьсур дуйла.
3133 Кхерам гергахь хилар тосадалаза волу Гусев шен накъосташца цхьаьна паргг1ат кехатех ловзуш 1аш, т1ех1иттира х1орш цунна. Не1саг1и т1ехь ах йуха а вирзина лаьтта Гусев чу а теттина, цунна т1аьххье чоьхьа а ваьлла, не1 т1еч1ег1ира Берсас.
3134 Оьрсийн империна дуьхьал кхузткъа шарахь турпала къийсам латточу хьан халкъана а моьтту хир ду шена т1ерачу къизаллина дерриг оьрсийн халкъ бехке ду. Ойла йел хьайна, кхузахь революционни эскарех летча а, хьайн халкъах лета хьо, Россехь ахархойн г1аттам хьаьшча а, хьайн халкъан аьтто бохабо ахь.
3135 Ма лаьара цунна и доггах нийса мог1анаш йаздина, оцу халачу шерашкахь шен декъазчу халкъах дог лезна и оьрсийн бакъ к1ентий шен маракъовла. Ткъа Гарибальди стенан дуьхьа лела дуьненахь маршонан байракх мел айъинчохь герз буйнахь г1ийлачийн маг1аре х1уьттуш?
3136 Дукъаца лома боьдучу новкъа охьавог1у Аьрзу, 1аьрчхил дехьа басахь шайн ирзохь дежаш 1елин а, Чорин а стерчий а гина, Маккхал ц1а а хьажийна, цигахь 1ела х1ун деш ву хьажа дагахь, дукъан аьрру аг1онца чухьаьвзира. Бежана санна, схьа а лаьцна, хьалха а ваьккхина вигна, т1амехь вийра цуьнан к1ант.
3137 Туьпана генайоццуш, Мурат-хил дехьарчу шерачу экъан т1ехь, йаьржина лаьттачу туркойн йуьртахь уггар дикачу масех ц1ийнах цхьанна чохь ши кор къагийна сирла чиркх богура Соипан садолучу хенахь. Эцца, нохчашна т1ехьожуш ву боху ц1е а тиллина, саг1ина ло х1ума санна, хене валлал алапа х1оттийна.
3138 Кхуза-м х1инца шозлаг1а бен ца вог1ура иза, ткъа Эрзерумна уллехь лаьттачарна т1ех1уьттийла дукха нислора. Цхьана хенахь цхьатерра къонахий дара тхо, цара шайн ц1ераш 1алашйи, сайниг х1инца цкъа-м йожаза йу иза, амма ас ахча иэцар нахана хаахь.

Связаться
Выделить
Выделите фрагменты страницы, относящиеся к вашему сообщению
Скрыть сведения
Скрыть всю личную информацию
Отмена